Х1уманаш билгалъен дешнаш 2 класс конспект урока

Обновлено: 02.07.2024

Презентация на тему Презентация к уроку родного языка Х1уманаш билгалъен дешнаш 2 класс, предмет презентации: Разное. Этот материал в формате pptx (PowerPoint) содержит 26 слайдов, для просмотра воспользуйтесь проигрывателем. Презентацию на заданную тему можно скачать внизу страницы, поделившись ссылкой в социальных сетях! Презентации взяты из открытого доступа или загружены их авторами, администрация сайта не отвечает за достоверность информации в них, все права принадлежат авторам презентаций и могут быть удалены по их требованию.

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашо: х1ун до? Хаттарна жоп луш долу дешнаш довзийтар, цара х1уманийн дар билгалдар хаийтар. Дозуш долу къамел кхиор.

Билгал баьхна кхиамаш: берашна хуур ду дар билгалден дешнаш на хаттарш х1итто, жоьпаш дала. берашан 1емар ду дар билгалден дешнаш предложенешкаьхь каро, уьш билгалдаха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро,цунах пайда эца.

1.Ц1ера болх таллар.

2.Ц1ена язъяр

К1оршаме хила мегар.дац —

К1он дош цкъа а товш. мадац! : .;.

К1еда-мерза даим велахь

-Муьлха элп яздийр ду вай тахана урокехь?(К1)

Даладе масалаш элп К1 юкъадог1уш.

К1 к1 К1 к1 К1 к1 К1 к1 К1 к1 К1 к1 К1 к1 К1 к1

3.1алашо йовзийтар.

Дог1а

Б1аьрхиш1енош, стигал йоьлху.

Корах ара бераш хьуьйсу,

Буьрка санна, кхиссало.

Бода эккхош, хаьштиг туьйхи,

Серла ели анайист.

Къинхетам бар Деле дийхи.

Шу махила цхьа а дист.

-Д1аеша байт.Х1ун до дог1ано?(доьлху,йоьлху)

-Х1ун до бераша?(Хьуьсу , къуьйсу)

-Х1ун до т1адамаша?(деттало, кхийсало)

-Хьаьштиго х1ун ди?(Туьйхи)

-Х1ун ди адамаша?(Дийхи)

-Д1адеша шаьш схьакъастийна дешнаш.Х1ун гойту цара?(Дар)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?(Вай дуьйцур ду х1уманийн дар билгалден дешнех лаьцна)

-Вай дуьйцур ду дар билгалден дешнаш, 1емар ду царна хаттарш х1итто, предложенешкахь уьш каро, билгалдахаь

4.Керла тема хьехар

А)Берийн дахарах лаьцна къамел дар.

-Ахьмад ахьа школехь х1ун до?(Аса школехь доьшу, яздо, сурт дуьллу, йиш локху, пример ашйо)

-Муьлхачу дешнаша гойту Ахьмада деш дерг? (Доьшу ,яздо. )

-Муьлха хаттар лур дара цу дешнашна?(Х1ун до?)

-Цара х1ун гойту?(Дар билгалдо цхьана х1умано я адамо)

-Кху предложенехь хьан кхочуш деш ду дар?(Ахьмада)

-Хаттармича т1ера х1отто деза?(Аса даша т1ера.Аса х1ун до? доьшу,х1ун до. )

-Рукъета переменехь х1ун до?(Рукъетапеременехь садо1у, ловзу)

-Муьлхачу дешнаша гойту дар?(Ловзу,садо1у)

-Цара муьлхачу хаттарна жоп ло?

-Хьан кхочуш до и дар?(Рукъета)

-Хаттар муьлхачу дашна т1ера лур дув ай?(Рукъета х1ун до?Ловзу…)

-Барзо х1ун до хьуьнхахь?(Борз хьуьнхахь уг1у)

-Муьлхачу дашо гойту барзо деш дерг?(Уг1у)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?(Х1ун до?)

-Стен кхочуш до дар?(барзо)

-Муьлхачу дашана т1ера д1ало хаттар?(Барзо х1ун до? уг1у)

-Д1аеша бакъо 106 аг1он т1ера.

-Муьлхачу хаттршна жоьпаш ло дар я хилар гойтучу дешнаша?

аь)берашка шайга болх байтар.

Шардар № 318 аг1о 106

-Муьлха дешнаш схьаяздина аша?(Д1асахьийза,д1ауьду, кхочу)

-Цара муьлхачу хаттарна жопло?Муьлхачу дашана т1ера лур дара аша и хаттарш?Х1ун ю д1асахьийзаш ерг?(Чимаша х1ун до?Д1асахьийза)

5.Сада1аран миноташ.

6.Керла тема кхин д1а хьехар.

А)Суьртех лаьцна предложенеш х1иттор.

Шардар № 317 аг1о 105-106

-Ц1ераш тахка берашна.Х1ун до Асхьаба?(Асхьаба книга йошу)

-Х1ун до Индарбис?(Индарби школе воду)

-Муьлхачу дешнаша билгалдо дар? Муьлхачу хаттршна жоп лоцара?

-Стенна т1ера д1адала деза и хаттр?(И дар кхочушдеш йолу х1уманна я адамна т1ера д1а)

КЕП: Асхьаба кхочушдо дар. Эрдувай :Асхьаба х1ун до?(Асхьаба книга йоьшу)

аь)Х1уманаш билгалъечу дешнашна к1ел цхьа сиз хьакхар дар билгалдечу дешнашна буха ши сиз хьакхар..

Х1уманийн дар билгалден дешнаш

Д1аеша текст. Ц1е тилла цунна.
Ц1а вог1ура со. Лег1анчу басехь 1охкура т1улгаш. Царах цхьанна т1е ког биллира аса. Цу к1елхьара олхазар д1ахьаьдира. К1еззиг астаг1а а, т1ам оллийна а дара иза. Цунах къахийтира суна. Дарба дан д1адахьа дагахь т1еведира со. Иза, кхос-кхоссалуш, генаделира. Эххар а, т1емадаьлла, д1анехьо охьахиира.

Со левира цо. Ша т1ам бойна ду моттуьйтуш, шен к1орнеш йолчуьра со генаваьккха х1илла динера цо.

Текст т1ера х1ун до? х1ун дина? х1ун дира? х1ун дора? бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш схьаязде. Х1ун билгалдо цара? Х1унда далийна уьш текстехь?

Олхазарийн х1илла
Х1ун дора? Вог1ура, 1охкура.

Х1ун дина? Т1емадаьлла.

Х1ун дира? Биллира, д1ахьаьдира, левира, къахийтира, т1еведира, генаделира, охьахиира.

Д1аеша. Дийца, муьлха хаттарш х1итто мегар дара билгалдаьхначу дешнашна.

Д1асахьийза лайн чимаш

Полларчел а атта.

Д1ауьду , к1ант левеш,

Уьш кхочу лаьтта.

Т1ера схьаязъе . Х1ун до бохучу хаттарна жоп луш долу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

Д1аеша. Т1ера схьаязъе . Х1ун до бохучу хаттарна жоп луш долу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

К1анта латта охку. Йо1а хи туху. Раисас йоза яздо. Мовладис книжка йоьшу.

Х1окху хаттаршна жоьпаш язде.

Трактористо х1ун до?_______________________.

Дешархочо х1ун до?_________________________.

Бераша х1ун дина?__________________________.

1ай пхьагало х1ун до?_______________________.

Билгалонна дешнаш: чо хуьйцу, левзина, книжка йоьшу, латта оху.

Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

Хьан х1ун до? бохучу хаттарна жоьпаш язде.

Хьехархочо, таллархочо, бераша, дешархоша.

Билгалонна дешнаш: толлу, доьшу, хьоьху, яздо.

Хьан? бохучу хаттарна жоп лучу дешнашна к1ел цхьа сиз хьакха, х1ун до? бохучу хаттарна жоп лучу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

Нагахь санна хаттар хьан х1ун дина? аьлла хилча, муха эр дара толлу, хьоьху, доьшу, яздо боху дешнаш?

Д1аеша. Т1адамийн метта х1ун до? бохучу хаттарна жоп лун дешнаш язде.

(Стен?) малхо (х1ун до?)…. .

(Х1ун?) мох (х1ун до?)…. .

(Х1ун?) хиш (х1ун до?)…. .

(Х1ун?) олхазарш (х1ун до?)…. .

Билгалонна дешнаш: хьоькху, вохво, схьадог1у, охьадог1у.

Кеп: Малхо (х1ун до?) вохво.

Д1аеша. Т1адамийн метта х1уманийн дар гойтуш долу дешнаш а дохкуш, д1аязъе предложенеш.

Со тахана хьалххе…. . Нанас етт …. . Цо суна шура … . Ас шура … . Шура хьена яра.

Билгалонна дешнаш: елира, мелира, г1аьттира, уьйзира.

Х1ун дира? бохучу хаттарна жоп лучу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

Д1аеша. Ц1е тилла дийцарна.

Х1аваэхь хьийза чимаш. Аренашний, хьаннашний, даккъашний т1е баьржира к1айн куз. Лецира г1ура. Хина бира ч1ог1а ша.

Куллах а тебна, набйо стешхачу пхьагало. 1уьргахь 1уьллу хьарса цхьогал. Хари чохь б1араш кегдо тарсало. Сира борз бен яц хьуьнахула кхерсташ. Ижу лоьху мецачу акхароша.

Дийца билгалдаьхначу элпийн нийсаяздарх лаций.

Т1ера схьаязде дийцаран хьалхара дакъа. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

Д1аеша. Т1ера схьаязъе. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

Х1ора 1уьйранна ас юьхь юьлу. Хьалха сабанца куьйгаш дуьлу. Т1аккха гата хьокху. цергаш ц1анйо.

Муьлхачу хаттарна жоп ло х1уманийн дар билгалдечу дешнаша?

Маь1ница дог1уш долу х1уманийн дар билгалден дешнаш а дохкуш, схьаязъе.

Олхазар хаза … . Говр … . Бераш лайн межаргех … . К1анта дечиг … . Арахь мох … . Б1аьста хиш … .

Билгалонна дешнаш: даьржа, хьоькху, йоду, дека, ловзу, даьккхира.

Нанас бедарш юьтту. Цициго дехкий лоьцу. Парти т1ехь книга 1уьллу. Атто шура ло. Бераш школе доьлху. Салмана дечиг доккху. Юсупо говр южу.

Т1ера схьаязъе. Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалдаьхначу дешнаша? Дийцал, цара х1ун билгалйо. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

Д1аеша. Т1ера схьаязъе. Х1уманаш билгалъечу дешнашна к1ел цхьа сиз хьакха, х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.

К1ант вижна 1уьллу. Етт беже боьду. Белхало балха воьду. Олхазарш бешахь дека. Арахь ло диллина. Иза сиха дешар ду. Б1аьста хаза хуьлу. Стиглахь аьрзу хьийза.

Сертификат за публикацию

Авторскими правами на размещенную информацию обладают её авторы (создатели презентаций), которые также несут ответственность за её достоверность. Редакция сайта не отвечает за качество авторских продуктов. Все материалы доступны по лицензии Creative Commons.

Копирование материалов каталога с целью размещения на своём сайте разрешается только при наличии ссылки на каталог Презентации.

© 2015—2022 Все права защищены. Презентации
Разработка сайта - Griban

Читайте также: