Сочинение хьаша ларар 8 класс по чеченскому языку

Обновлено: 04.07.2024

Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт – вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.
Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.
Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.
Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!
А. Султанов

сочинени ненан мотт

Ответы:

ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
Я.С. Чемирзаева
Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох…
Билал Саидов
Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а, дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду ненан маттах ала. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш оьшу. Дукхахьолахь и хаарш, хаарех пайдаэцар, оьшучу барамехь лелор кхочушдо хьехаран а, 1аморан а маьхькамашкахь, ишколашкахь. Цу маьхькамашкахь и инзаре а, чолхе а хаарш, 1илманан баххаш т1ехь дешархошна д1алуш, хьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо. Заманан денна хийцалуш лаьттачу хьелашка хьаьжжина, Нохчийн Республикин Дешаран Минисерствос т1е а эцна, ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу ишколехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан, лакхарчу т1ег1ан т1е даха а. Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Ткъа таханлерачу дийнахь пачхьалкхан т1едахкаршца ламасталлин йолчу урокан кеп хийцина, керлачу лехамашца д1аяхьа еза. Методика хийца еза, цу юккъе керла технологиш ялош. Хьехархочо урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу коьчалх, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу цуьнан жам1аш а, 1аморан а, кхетош-кхиоран дикалла а.
Х1инцалера урокаш къаьсташ ю вовшахтохаран кепаш тайп-тайпана хиларца: семинараш, лекцеш, ловзарш, конференцеш и д1. кх. а. Кхузахь а цхьацца кхачамбацарш хила тарло: билгалйинчу темин 1алашоне кхачарехь долу хаарш къасто цахаар, урокийн цхьацца долчу дакъошка тидам тоъал цахилар, дешархой дешарна т1еберзон хьелаш цакхоллар, урокан кхетош-кхиоран дакъа тидаме цалацар. Ткъа таханалерачу дийнахь, х1ора дешархо тидаме а лоцуш, урокашна т1ехьажам хила беза. Х1инцалерачу урокан кеп билгалйийриг ду: хаарш даларан декъехь дан дезарг билгалдаккхар, дешархошна тоъал хаарш далар, тайп-тайпана болхбаран кепаш йовзийтар; 1амош долчуьнан чулацамца йог1у кепаш а, некъаш а харжар, дешрхошна кхачаме хаарш луш долу болх вовшахтохар, дагалаьцнарг кхиамца, дика жам1аш долуш чекхдериг хиларан тоьшалла а луш; ненан матте, 1амабаре лаам кхуллу 1аморан кепаш харжар.
Урокехь дешархоша дечун нийса мах хадо хаар, муьлхачу жам1ашка сатийса йиш ю урокан юьхьехь д1ахаийтар; болх бан дог доуьйту хьелаш хилийта хьовсар, кху кепара юкъаметтигаш шайца йолу – хьехархо-дешархо, дешархо-дешархо, дешархо-хьехархо. Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг. Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн, хьехархойн декхар – уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар. Цхьана низамехь теманашца нисйинчу урокаша таро ло, х1ора темина хаттар къасто, цу темина йог1учу урокийн тайпанаш харжа, уьш вовшашца йоза. Урок вовшах тухуш билгалдан деза: урокехь кхочушдан деза 1аморан а, кхетош-кхиоран а декхарш; дешархошна хаа деза, муьлхачу жам1ашка дог даха йиш ю, муьлхачу лакхене кхача йиш ю; керла тема йовзар халонга дерзон тарлуш хилар; йийцаре еш йолчу материалаца дог1у методически некъаш; 1аморехь оьшуш болу г1ирсаш; ц1ахь бечу белхан чулацам, барам, кхочушбаран кепаш. Урокан кеп хоржуш тидаме эца деза дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой саццаза тидамехь латторо аьтто бийр бу сатийсинчу жам1ашка кхачарехь. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о дийр ду эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца, дешархоша ц1ахь дечу дешаран барам харжа а.
Уьш хила тарло: урок-тобанашкахь болх бар; урок-1аморан дарс; урок-кхетор; урок-гайтам; урок-проектни хьесапаш кхочушдар; урок-талламаш бар. Иштта д1ахьош болчу балхо кхачаво х1инцалерачу лехамашка, кхиадо юкъара дешаран дараш а, хаарш а (УУД). Кху кепара болх баро г1о до хьехаран шайн зеделла ц1ераш, технологин кепаш юкъаяло: кхиош-1аморан, могашалла ларъяран, информационно-коммуникационни, 1оттабаккхаман-диалогин, дешаран проектированин, интерактивни технологеш и. кх. д1. Нохчийн меттан хьехархошна царех пайдаэца хало ду, х1унда аьлча т1ехьажа г1ирс бац, интернет чохь а нохчийн маттахь хаамаш к1еззиг бу. Делахь а, массо хьехархо лехамехь хила веза, массо аг1ор керлачунна т1екхиа г1ерташ. 1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гайтар. Масала: хьехархочо жима дийцар деша доладо дешархошна, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аш муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан автор. И тайпа болх д1абахьа мегар ду дешархой шина тобане бекъна, х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхь хьехархочо деригге а дийцар д1адоьшу. Кейс-технологин методаш дукхахьолахь хаарш сов дахарна т1ехьажийна йоцуш, дешархойн ладог1аран, дийцаран корматалла айъярна т1е тидам бахийтина ю. Урокашкахь таро хуьлу, хьехархочуьна дешархойн мотт бийцаран говзалла лакхаяккха. Проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, цу шина некъах пайдаэцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолг1а – дешархоша шаьш я хьехархочун г1оьнца бакъдо, т1еч1аг1деш цхьаьна бакъдо. Ненан мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна. Х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографически, пунктуационни къамелан хаамаш караберзорна г1о деш хиларна а, шозлаг1а делахь, 1амош йолу грамматически материалаш дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.
Хаарш талларан технологех ю тестови технологи. Цуьнан коьрта 1алашо ю, дешархойн хаарш толлуш, х1ораннан ша-шеца беш болу болх кхин д1а а тобар. Тестировани д1аяхьаро ч1ог1а г1о до дешархошнан 1амийнарг т1еч1аг1деш а, хьалха 1амийначунна таллам беш а, керла тема йовзуьйтуш а. Дукхахьолахь тесташца болх бечу хенахь гучудолу дешархойн хааршкахь долу кхачамбацарш. Критически ойлаяр кхиоран технологих ю синквейн. Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп ю. Стенна оьшу синквейн:
1. Дешнийн т1аьхьало хьалаюзу.
2. Боцца чулацам схьабийцарна кечво.
3. Коьртаниг каро 1амаво.
4. Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло.
5. Дукхахьолахь и кхочушхуьлу.
Кхузахь вайна го, синквейн язъешволчунна хаа деза, къамелан дакъош къасто, предложени х1отто, хьалхарчу дашца маь1ница дог1уш дош дало. Цу дерригено вайна таро ло, дешархойн дозуш долу къамел кхио, церан дешнийн х1онс мелла алссам яккха. Ткъа иза вай кхочушдан деза х1ора урокехь, муьлхха а тема 1амош. Коьртачарех ду, х1инцалерачу урокашкахь рефлексин муьрехь тайп-тайпана белхаш бар: йоццачу ханна дешархоша эссе язъяр, синквейн язъяр, шена хетарг алар, яцйина предложени т1еюзар, ша диллинчу суьртехь шен ойла гайтар. Иштта бечу белхаша, къасттина ненан мотт хьехарехь, дешархой вовшашца хьасене хуьлуьйту, шен накъостан ойла хийра ца хета, ша бинчу а, шен накъосташа бинчу а белхийн нийса мах хадо 1ема, шен ойла йийцаре йилла 1ема, кхечуьнга ладог1а 1ема. Цул сов, дешархой 1ема шаьш а, кхечара бечу белхан нийса хьесап дан а, информационни хаамаш язбан а, конспекташ х1итто а. Керлачу технологишца бан безаш болу болх х1инца а кхачо йолуш бац, цунах лаьцна дуккха а дийца дезар ду, 1ама дезар ду, шена хуург къоначу хьехархочуьнга д1адала дезар ду. Ненан мотт хьоьхучу муьлххачу хьехархочун болх т1ехьажийна бу т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна.
Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла хета суна: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьллачул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хила веза. И бийца хууш а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац, т1ахьене д1акховдо ненан мотт хир бац.
Вайн нохчийн мотт, яхь, г1иллакх, оьздангалла юха денъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгуш волчу Нохчийн Республикин куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, нохчийн меттан сий-пусар деш, и мотт безаш, шен ницкъ ца кхоош иза берашна 1амош волчу массо а хьехархочунна, даггара баркалла ала лаьа. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.
Источник:: журнал “Нана”

“Доьзал” дешан маь1 на дан г1 оьртича, гучудолу иза “доь” бохучу орамах хилар. “Доь шен маь1 ница “х1 у” дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1 окху тайпанчу аларшкахь: “доь доцуш вайна”, “доьза вайна”. И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1 аьхьадисина цхьа цуьрриг х1 ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (х1 у) хилар, доь долор ду.
Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1 адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1 аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1 адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1 а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1 елахь, я кертахь 1 аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу “цхьана ц1 ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.
Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1 ера да, я нана д1 аяьлла; я ший а д1 адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1 ийца гергарло хилла ца 1 аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.
Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1 ех1 уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1 унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1 ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух …) , цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1 езиг х1 ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.
Доьзал – иза шина аг1 ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1 адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1 адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1 ума а дац к1 езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1 уллакхе.
Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1 е тиллар т1 едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1 е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1 ехь винчу к1 антана ц1 ераш къестош ден доттаг1 ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:

+

2 Смотреть ответы Добавь ответ +10 баллов


Ответы 2

+

Обычаи и традиции

30.07.20150 комментариев Хасиев Саид-Магомед

Автор Хасиев Саид-Магомед

Хьаша вар, иза тIеэцар нохчаша массо а хенахь а деза лерина ду. Иза Дала валаво олуш ду. Цхьана хьалха заманчохь-м веънарг, иза ша, я Цо хьажийна цхьа дика стаг лоруш хилла. Масала, дагалаца Къозанахь хилларг. Гуш ду иза, нахехь дерг талла, уьш муха бехаш бу хьажа муьлххачу а сурт-сибатца вуссуш хилар. Цигахула гучудолу кхин цхьа хIума а: велавелла-векхавелла тIеэцар а, шен долчух дакъа дина, паргIат ваккхар а адаман декхар хилар. Духарца беркъа ву аьлла, цхьамма а тхов буха а ца вуьтуш, Къоьзана олучу юьртах чекх а ваьлла, юьртана йистерчу къен Iаш йолчу жерочун кетIа хIоьттина и Дала дика дина воккха стаг. Шен доьзална а дан хIума доцуш Iачу цо, шен еккъа цхьаъ бен йоцу котам а йийна, и хьалха а йиллина, хьошалла шена дина аьлла, и доьзал хIаллакьхинболчуьра кIелхьара баьккхина хьешо.

Цхьана хенахь-м, аьтто болчо, цIенойн цхьаьна тхевна кIелахь а доцуш чу-ара вала цуьнан аьтто хилийта, хьешана шена олий цIа дугIуш хилла. Оти олуш хилла цунах цу чохь текх-цаца ца лелоре терра.

Буьйса юккъе яххалц чиркх дIабайа йиш а ца хилла нохчочун, хьанна хаьа, дай меттах ца хьебер ша аьлла, вогIуш волу хьаша юха волий а. Хьешанна тIе цхьа а декхаран дукъ дожа а ца дужу моттар а дац вайна тахана моьттуш делахь а бакъ. Нагахь цхьа деза, доккха наша дохьуш веъна вацахь, буьйса юккъе яханчул тIаьхьа хIусамден доьзал меттах хьебан йиш ца хилла цуьнан. Хьешан цIа чу а вахана, даима цу чохь латтош йолу хIума а кхаьллина, буьйсанна паргIат волуш хилла иза. ХIусамехь Iуьйранна ламазана хьалха хьалагIаьттинарг, уггаре а хьалха хьешан цIа чу хьожуш хилла. Сакъера Iалашо йолуш, хан яьллачу хенахь веъначу хьешана шена леринчу цIийнан баьрччехь кхозуш пондар-вота ца гича, хIусамна тIе цхьа вон деъна хилар хууш хилла. Цу хьолехь хьаша (ша мила хиларе хьаьжжина) юха валарх бехкен лоруш ца хилла.

Вай лакхахь вуьйцург, дуьххьара вогIуш волу хьаша ву, амма иза кху кхерчахь цкъа мукъане а рицкъанах кхеттехь, кхечу хIусаме восса йиш ца хилла цуьнан. Нагахь иза кхечухьа сацахь, хьешан хьалха хиллачу хIусаман дена иза къинтIера воккхуш газа йигийта езаш хилла. ШолгIаниг (кIорггера маьIна долуш гIуллакх ду иза а). Бакъду, юьртарчу шен хьешан декхарна кIелхьара волуьйту тIевеънарг, нагахь санна иза цу юьрта цхьа вон кост дохьуш кхаьчнехь (масала, велларг валош). Цуьнан декхар, кхаа дийнахь-буса Iийна а, тезета оьхуш долу адам лахдаллалц а цигахь дакъалоцуш саца декхарийлахь ву иза.

Рицкъанах тоам хиллачул тIаьхьа, хIусамда тохало церан самукъадаьндерг кхочушдан, нагахь санна кегийра нах нислахь, лулара-кулара мехкарий кхойкхий. Малар-даарца церан самукъадолуш белахь, иза до; дешна нах нисбелча, церан къамел догIун долу юьртара Iелимнах кхойкху. Де-буьйса даьллачул тIаьхьа хьешаша шаьш арадаьккхина гIуллакх хьахийча, иза кхочушдан араволу хIусамда.

Чеченское гостеприимство

Хьаша вар, иза тIеэцар нохчаша массо а хенахь а деза лерина ду. Иза Дала валаво олуш ду. Цхьана хьалха заманчохь-м веънарг, иза ша, я Цо хьажийна цхьа дика стаг лоруш хилла. Масала, дагалаца Къозанахь хилларг. Гуш ду иза, нахехь дерг талла, уьш муха бехаш бу хьажа муьлххачу а сурт-сибатца вуссуш хилар. Цигахула гучудолу кхин цхьа хIума а: велавелла-векхавелла тIеэцар а, шен долчух дакъа дина, паргIат ваккхар а адаман декхар хилар. Духарца беркъа ву аьлла, цхьамма а тхов буха а ца вуьтуш, Къоьзана олучу юьртах чекх а ваьлла, юьртана йистерчу къен Iаш йолчу жерочун кетIа хIоьттина и Дала дика дина воккха стаг. Шен доьзална а дан хIума доцуш Iачу цо, шен еккъа цхьаъ бен йоцу котам а йийна, и хьалха а йиллина, хьошалла шена дина аьлла, и доьзал хIаллакьхинболчуьра кIелхьара баьккхина хьешо.

Цхьана хенахь-м, аьтто болчо, цIенойн цхьаьна тхевна кIелахь а доцуш чу-ара вала цуьнан аьтто хилийта, хьешана шена олий цIа дугIуш хилла. Оти олуш хилла цунах цу чохь текх-цаца ца лелоре терра.
Буьйса юккъе яххалц чиркх дIабайа йиш а ца хилла нохчочун, хьанна хаьа, дай меттах ца хьебер ша аьлла, вогIуш волу хьаша юха волий а. Хьешанна тIе цхьа а декхаран дукъ дожа а ца дужу моттар а дац вайна тахана моьттуш делахь а бакъ. Нагахь цхьа деза, доккха наша дохьуш веъна вацахь, буьйса юккъе яханчул тIаьхьа хIусамден доьзал меттах хьебан йиш ца хилла цуьнан. Хьешан цIа чу а вахана, даима цу чохь латтош йолу хIума а кхаьллина, буьйсанна паргIат волуш хилла иза. ХIусамехь Iуьйранна ламазана хьалха хьалагIаьттинарг, уггаре а хьалха хьешан цIа чу хьожуш хилла. Сакъера Iалашо йолуш, хан яьллачу хенахь веъначу хьешана шена леринчу цIийнан баьрччехь кхозуш пондар-вота ца гича, хIусамна тIе цхьа вон деъна хилар хууш хилла. Цу хьолехь хьаша (ша мила хиларе хьаьжжина) юха валарх бехкен лоруш ца хилла.

Рицкъанах тоам хиллачул тIаьхьа, хIусамда тохало церан самукъадаьндерг кхочушдан, нагахь санна кегийра нах нислахь, лулара-кулара мехкарий кхойкхий. Малар-даарца церан самукъадолуш белахь, иза до; дешна нах нисбелча, церан къамел догIун долу юьртара Iелимнах кхойкху. Де-буьйса даьллачул тIаьхьа хьешаша шаьш арадаьккхина гIуллакх хьахийча, иза кхочушдан араволу хIусамда.

Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьне нан Iилма а.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Диллина хьехарсахьт: открытый урок чеченской литературы в 8 классе Тема : Депортация чеченского народа.

Диллина хьехарсахьт

Нохчийн литература








Хьалха-Мартант1ерчу юккъерчу

юкъарадешаран хьукматан

нохчийн меттан, литературин хьехархо

Хьехарсахьтан коьчал: Нохчийн яздархочун Яшуркаев Султанан

Коьртачу турпалхочун1алсолтин Мадин дахар а, халачу хьелашкахь кхуьуш йолу цуьнан амал а кхоччуш йовзийтар, цуьнан

кхоллам халкъан кхолламах бозабелла хилар ч1аг1дар. Дийцаран чулацам бийцаребар: турпалхойн васташ хиламийн суьрташца дастар. Берийн къамел кхиор а, шаьш ешначу произведенин чулацам барта схьабийцар шардар а.

Дешархой Даймахке, нохчийн исбаьхьаллин литературе безам болуш кхетош-кхиор а, церан могашалла ларъяран т1ехь тидам латтор а.

«Школехь исбаьхьаллин произведении тал-

«Юккъерчу школийн лакхарчу классашкахь

«Борх1алг1ачу классехь нохчийн литератера

Яшуркаев Султанан сурт.

Дийцаран турпалхочун Жовзанан сурт.

Хьехарсахьтан некъ:

I. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор. 1. Маршалла хаттар. 2. Журнал кхочушдар. 3. Хьехарсахьтан 1алашо а, хьехарсахьтан декъашхошна хьалха х1иттош долу декхарш а довзийтар.

II. Дийцаран чулацам т1ехь болх бар. 1. Хьехархочо (доцца) бовзуьйту нохчийн яздархочун

Яшуркаев Султанан кхоллараллин некъ. Нохчийн яздархо, поэт Яшуркаев Султан вина Веданан к1оштарчу

2. Хьехархочо дешархошца бийцаребо яздархочун Яшуркаев Султанан

Дешархой шина тобане бекъна. Вовшашка хаттарш-жоьпаш лучу кепехь д1ахьо хьехарсахьт. Шина а тобанан декъашхоша дийцаран чулацамах вовшашка хаттарш а, царна жоьпаш а луш д1ахьо шина тобано бен болх.

Цул т1аьхьа д1аболало шина тобанан болх:

- Мила ву дийцаран коьрта турпалхо?

- Яздархочун Яшуркаев Султанан дийцаран коьрта турпалхо Саидов 1алсолтин к1ант Мада ву, цуьнца цхьаьна гайтина нохчийн халкъ ду?

- Авторо муха вовзуьйту ешархошна Мада?

- Казахстанера шен ден, ненан, доьзалан к1айчу к1адин кегийчу т1оьрмигаш чохь даь1ахкаш ц1а йохьуш вог1уш, Алма-Атахь некъахьовзам хиларца вевза вайна дуьххьара дийцаран коьрта турпалхо. Ша цигара ц1а беана пхи т1оьрмиг Шилхотерчу кешнашкахь д1абоьллира Мадас. Казахстанера ц1а веанчул т1аьхьа х1ора шарахь воьдура Мада шен гергарчийн кешнаш т1е х1отта. Ткъе ворх1азза вахара Мада Казахстане.

- Мадина чов маца йира?

- Мада госпиталера араваьлча Нохчийчу муха кхечира? Х1ун 1аткъам хилира цуьнан дагна шен ц1ахь стаг ца карийча? - Мотт кхуо дукха ца бийцарой, куча хьалха шина мог1арехь йолчу орденаший, мидалший валийра Мада ц1а. Шилхоте Мада буса хан яьллачу хенахь кхечира. Наг-наггахь летачу ж1аьлийн бен г1ар-тата дацара юьртахь… …Не1 ца йиллира. Девешин кертара д1а х1ара юьртах чекхвелира. Мада ма-воьдду Веданан милице вахара. Къамел, кхунна Нохчийчуьра д1авала ткъе диъ сахьт хан а луш, дирзира. Веданан базарахь суьйличуьнгара боккха бакъийна ши дума а эцна, новкъавелира Мада… Шен доьзал лоьхуш лелачу Мадина х1ун сурт го Казахстанехь? - Казахстанехь шен доьзал лоьхуш Мада масийтта юьрта кхочу: Долоне, Кононерке, Бурасе, Семеновке. Массанхьа а гинарг ирча хьал дара. Мацалла, цамгарш, баларш. Долонехь шена гинчу суьрто 1адийра, царна дан г1о доцуш, дагах меллаша чекхбуьйлура цхьа аьрта, дегабааме, дега1ийжаме синхаам.

- Х1ун хьехам бо Долонехь воккхачу стага Мадина?

- Мада! – аьлла, вистхилира воккхастаг. - Хьо новкъа воьдуш стаг ву.

Хьо тхуна т1е дуьххьара нисвелла. Семеновке кхаччалц новкъахь мел йолчу юьртахь вайн вежаршкахь, йижаршкахь ду х1ара хьал. Цигахь а ду бераш а, д1адохка декъий а, мацалла эгнарш а. Амма ахь хьайн новкъа нислун болчу нахе х1окху дуьмана т1е мотт хьакхийтахь а, хийла 1ожаллин буьйнара вер ву. Вайн дала йиш яц. Вай-м дийнна халкъ дай. Халкъ дала йиш яц! Дуьйр а дац, тутмакх а далур дац. Замано ша кхел йийр ю кху белхан. Вон а, дика а шен-шен меттах1оттоза 1ийр яц и.

- Канонеркехь хьаьнца гергарло тосу Мадас? - Казахаца Серикбайца гергарло тосу Мадас. Кхуо кхо к1ира даьккхира Канонеркехь, Закрих х1ун хуьлу хаъалц. Ши буьйса Мадас, Серикбайс вита а ца витина, и волчохь яьккхира. Кхаьршиннах гергара ши стаг хилира. Вохийна вацахь а, накъосталла оьшуш вара Серикбай. Осал а вацара…

Канонеркехь Мада ч1ог1а цецваьккхинарг х1ун дара? Цхьана пенаца, цу т1е тоьхна сурт сана, к1айн г1абали а юьйхина куц долуш, лекхачу дег1ахь, 1адийна, хаза аматаш долу йо1 лаьттара. Цуьнан хазаллел а, т1ерачу г1абалел а х1ара цецваьлларг цуьнан ц1ена хилар дара. Ло сана к1айн дара охьахецна ши куьг. Юьхьа т1ехь д1абуьзначу малхах йисна корех чу оьгу серло йогура, цхьа хьоькх, мода яцара цунна т1ерачу г1абали т1ехь. Г1ийло нур 1енош къегара г1абалин дато доьхка а, некха т1ера ветанаш а. Йо1ах ерригенах а схьаюьйлуш цхьа ц1ена серло яра. Оцу х1усаман, нехан, чохь мел йолчу х1уманан тишаллех, халкъе кхаьчначу къаьхьачу баланех оцу суьрто цец а воккхура, лаза а вора.

- Сада1а араваьлча х1ун сурт го Мадина? - Дехьо кертаца, маьрк1аж-бодан т1ехь лаьтташ цхьа к1айн хьоькх гира Мадина. Х1ара кхийтира. И Жовзан яра…Цхьа боккха ши берд т1етт1а таь1на, царшиммо юкъа1аьвдича сана, лазийра дог и гича. - Хьанах я стенах тера хетара Мадина Жовзан?

- Цхьаннах я цхьана х1уманах тера хетара кхунна йо1, амма и шена стенах тера хетта ца хаьара. Я и тера хетачу х1уманан сурт а ца х1уттура…

И нохчийн халкъах тера яра. Х1ан-х1а, тера яцара. И нохчийн халкъ дара: шен куц ца дохош, т1е эхь ца латош, юьхьк1айн йолуш, кура, лекха, доьналла, яхь д1а ца луш, шена т1ехь йинчу харцонна, къизаллина юккъехь гора ца доьдуш, нийсса ирахь лаьтташ. Ло санна к1айн, башломан тарх санна лаьтташ… Амма нохчийн халкъ и йо1 дара, кхунна хьалхха лаьтташ йолу Жовзан. Юьхь-сибатехь, дег1ан куьцехь. Оцу йоь1ан ц1еналлица доьзна лаьтташ дара халкъан хилларг, ловш дерг, кхана хиндерг.

- Мадас муха досту Жовзанан васт? - Жовзан доллучу нохчийн халкъан васт дара. Х1ара цуьнан к1ант, цуьнан меженех цхьа дакъа дара… - И сурт шена гича х1ун дагадог1у Мадина? - Мадина дагадеара Долонехь висинчу воккхачу стеган дешнаш: «… Вайна юккъера нах а лийр бу, мацалла а ю, г1ело а ю, амма вай халкъ ду. Халкъ лийр дац. Халкъ ден ницкъ бац. И чудоллал

набахта я ницкъ а бац мел доккхачу зуламан. Вон а, дика а, харц - бакъо а шен метте х1оттор ю заманан кхело. Халкъ –

-Цигахь (Канонеркехь) мила караво Мадина?

Оццул деэшна 1уьллург Закри вара! Борз лаьцна Закри! Биболтан к1ентк1ант Закри!

- Х1ун дара Мадина 1аткъаме даьлларг?

- Карахь дума а болуш х1ара т1евог1уш, шорлуш, шорлуш, болчу т1е а бакхий хила сецира Совнин ши б1аьрг, нег1арш ца тухуш. Цхьа шийла, аз доцуш, амма къораволлал ч1ог1а мохь бара оцу б1аьргаша хьоькхуш. И адамниг бу я кхечун мохь бу х1ара кхетале, и ша йолччохь, гуьйриг санна, д1ахаьрцира. И т1екхетта аннийн къора тата делира. Совна дуьме ч1ог1а хьажар а, цул т1аьхьа елла йожар а 1аткъаме даьллера Мадина, оцу балхана бехке ша хетта.

- Бурасехь болчу нохчашкахь х1ун хьал ду? Мадас х1ун г1о до Зайндин доьзална?

- Вочу хьолехь ду нохчийн 1ер - дахар, мацалла к1елбисна нах. Мада шен т1оьрмиг чуьра чухула духу салтийн коч-хеча ялтах хийца г1урту. Салтичух къахете, цхьа кад дама ло оьрсийн воккхачу стага. Зайндин доьзал болчу чувеана, дама охьадиллира цо. Шен т1оьрмиг чуьра шекаран б1елиг а, масех сухар а, баьккхина дума а биллира охьа. Кхин дан накъосталла дацара…

- Х1ун хеттарш дора нохчаша Мадега? - Канонеркехь хилларш дара хеттарш а, къамелаш а. Изза бара лазамаш а. Цхьана балано хьаьшна долчу адаман ойла а, къамел а, сатийсам а цхьаъ ца хуьлийла а яцара. Массеран а лозург цхьа чов яра - нана Дег1аста.

Воьлхург шегахь йолчу мацаллина, шен эшначу денна воьлхуш вацара - Дег1астанна воьлхуш вара.

Семеновке воьдуш мила т1екхочу Мадина?

- Селиман сту боьжначу ворданахь х1ара шиъ воьдуш, салам а луш, т1евог1у говрбере. И Дика вара. Ненехула кхуьнан маьхча а волуш, юьртахь а г1араваьлла забаре а волуш. Вовшийн мара а иккхина, дикка лаьттира и шиъ. Шаьшшиъ вовшахваьлча, цуьнан б1аьргаш чохь хи гира. Дикина а гина хила мегара…

- Мадина шен доьзалх дерг муха хиира? Цо муха т1еийцира и хаам?

-Хьаьнца вуьсу Мада Семеновкехь? Х1ун ойла кхоллаелла цуьнан?

- Шен шичица Хасмохьмадца кхоалг1ачу бригаде балха воьду Мада. Са цхьа парг1ат дара. Буьззина болчу кийрахь доллу х1ума а шен - шен метта нисделлера. Шилхотехь буса ден х1усаман не1 ца еллаелча х1оьттинчу шодах доккха цхьа дуьне хиллера. Оцу дуьнен т1е я чу д1атарбеллера цу буса болийна бина некъ, некъаца гинарг, мел лазийнарг, д1абоьхкинарш, ша коша т1е х1иттинарш… И доккха дуьне чутарделла ша цул а доккха дуьне хийтира. Кху лаьттаца, дег1аца доьзна ца 1аш, кхин а цхьана доккхачу

х1уманца доьзна… И ша шена тарделлачу дуьненахь Латта жима, г1орасиз дара. И гуттар а шеца кхехьа дезаш а дара, кхуьнан дуьне.

III. Дешнаш т1ехь болх бар.

Заразакъ ( подъемный рычаг ), салтийн кутум (солдатская фляжка ), ц1елеторг (зажигалка), патарман чкъуьриг (гильза), паднар (топчан, лежанка), хорам (удушение), шайт1ан мохь (смерчь, вихрь), зез (лиственница), анайист (горизонт), б1о (войско), макъара дуьллу урс (перочинный нож), тарх (скала), башлам (снеговая гора), ц1убдар (пиявка), куьйса (без волос на лице), б1ег1иган куй (войлочная шляпа), г1ера (шайка, банда), хумп1ар (кобура, футляр), сунк (неровность на дороге, маленький бугорок), зил (черта, граница, линия), йилбазмох (смерчь), черма (деревянная бочка), пхьор (ужин), тутмакх (арестант, заключенный), яйдакха дин (неоседланный конь), абаде (вечность без конца), иэс (память), уьшал (болотистое место, трясина, топь), йоьза (медный), ча такхийна тача (млечный путь) дешнаш, церан маь1наш йозанан уьн т1е д1аяздина ду. Дийцаран чулацам бийцаре бечу хенахь хьехархочо оцу дешнийн маь1наш довзийтаран болх д1ахьо.

IV. Хьехарсахьтан жам1 дар. 1. Х1ун ю дийцаран коьрта коьчал? 2. Баккхийчу нехан вайнах Даймахках бахарх дийцарш хезний шуна?

Дешархочо Абдулгириева Хьавас шена шен дедас Абзота шаьш Даймахках дахарх, цара кхойтта шарахь Г1ум-Азехь лайначу халонех дийцинарг довзуьйту. 3. Шуна хезначух тера дуй дийцарехь дерг? 4. Х1ун халонаш ю мух1ажаршкахь? 5. Цара уггаре ч1ог1а сатуьйсург х1ун ду? 6. Д1акхалхоран бахьанех муха кхета дийцаран турпалхой?

7. Кхечу къаьмнийн векалшца нохчийн хилла юкъаметтигаш муха гайтина дийцарехь? 8. Нохчийн муьлха г1иллакхаш девза вайна дийцаран турпалхошкахь?

10. Х1ун аьлла яздархочо шен дийцарца, х1ун маь1на ду цуьнан?

11. Хьехархочо хьехарсахьтан декъашхошна ша хьалха х1иттийна хилла декхарш а, 1алашо а кхочушхилла хилар довзийтар.

12. Шина а тобанан куьйгалхоша шайн накъосташа хьехарсахьтехь бинчу белхан мах хадор.

13. Хьехарсахьтехь жигара дакъалаьцнарш билгал а бохуш, хастаме дош олуш, церан хаарийн мах хадор. Уьш классан тептар т1е а, берийн денойн-тептарш т1е а х1иттор.

V. Ц1ахь бан болх балар.

3. Горгали бекарца жигара дакъалацарна дешархошна баркалла а аьлла, 1одика яр, уьш парг1ат битар.

Читайте также: