План урока яржаза а яьржина а предложенеш 5 класс

Обновлено: 02.07.2024

11кл Нохчийн моттУрокан чулацам. Цхьалхечу предложенин кепашУрокан 1алашо:Дешархой цхьалхечу предложенин кепах кхетор;дешнийн юкъара уьйр йовзар.Къамелан 1алашоне хьаьжжина предложенеш нийса еша хаар.

1.Класс урокана кечъяр2.1амийнарг карладаккхара)Хьалхарчу урокехь вай карлаехира предложенин коьрта меженаш.Уьш ю подлежащи,сказуеми,нийса кхачам.

Масала:Т1ееара 1аьржа буьйса.Асета дика доьшу ишколехь.

б)Фонетически къастам бе: Доьзалхо,дийцархо3.Нийсаяздаран бакъонаш карлаяхар Й,Ъ,Ь

4.Урокан чулацамах кхетам баларЦхьалхечу предложении кепаш xlорш ю:

юьхьан: Асет ишколе деша йоьду;

билгала-юьхьан: Бакъдерг алахъа соъга;

билгалза-юьхьан: Селхана туьканахь керла книгаш йоъхкира;

юкъара-юьхьан: Нехан динара хотталахъ вуссу (милла а );

юьхьза: Тахана арахь хаза ю;

ц1еран: Хаза буъйса;

яржаза: Дог1а doгly;

9) юьззина а, юьззина йоцу а:

Зина, хъо соьца ишколе йог1ий?

Йог1у. (юста: Со хьоьца ишколе йог1у.)Шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчу предложених юьхьан предложена олу. Хъалхарчу сентябрехь бераш ишколе деша дахара.

Юьхьан предложенеш яржаза а, яьржина а хуьлу. Говр ежа (яржаза предложени). Стоьмийн бешан йоккхачу кертахь, буи, йолчу йистехь, ежаш яра говр (яьржина предложени).

Шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица а, маьТница а иза билгалдечу предложених билгала-юьхьан предложени олу. Тховса тхоьга волахьа. Шайга вигахьа со.

Шена чохь подлежащи долуш а, юьхь билгал ца еш а йолчу предложених билгалза-юьхьан предложени олу. Селхана киоскехъ тетрадаш доьхкира.

Билгалзачу-юьхьан предложенехь коьрта лору дуьйцуш долу дар, ткъа и дар кхочушдийриг тидаме ца оьцу. И дар кхочушдийриг цу г1уллакхан говзанча я цуьнан декхар кхочушдийриг ву. М а с а л а: Тетрадаш доъхкинарг цу киоскехъ йохкархо ву. Газеташ деаний?

Шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених юкъара-юъхъан предложени олу. Охуш аьлларг оруш карийна. (Хъанна а.)

Коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложени халкъан хьекъалечу кицанах хуьлу. Къоламца яздинарг дагарца хадалур дац. (Цхъаънгга а.)

Шена чохь подлежащи доцуш а, хила оьшуш а йоцчу предложених юьхьза предложени олу. Х1инца арахь шелъелла.

Юьхьза предложени а хила тарло яьржина а, яржаза а. Шелъяла йоьлла (яржаза). Арахь шелъяла йоълла (яьржина).

Подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцчу предложених ц1еран предложени олу. Шийла буъйса. 1аьнан буьйса. Щеран предложенеш а хила тарло яьржина а, яржаза а.

Кхетаран оьшу меженаш шена чохь йолчу предложених юьззина предложени олу. Дешархоша кест-кеста керла книгаш йоъшу.

Коьрта я коьртаза меженаш юкъа ца ялош, эшош, амма уьш маь1ница атта схьакарош йолчу предложених юьззина йоцу предложени олу.

Доцца юкъара маь1на. Дешнаш ца эшош аьллачу предложених юьззина предложени олу, ткъа дешнаш эшош аьллачу предложених юьззина йоцу предложен иолу.

Кхочушдо шардар 77,къовларшна юкъахь цхьалхечу предложенин кепаш билгал а йохуш.

6.Урокан жам1 дар.

-Маса кеп ю цхьалхечу предложенин?

7.Ц1ахь бан болх: § 35,шардар78

Материалы этого сайта размещены для ознакомления, все права принадлежат их авторам.
Если Вы не согласны с тем, что Ваш материал размещён на этом сайте, пожалуйста, напишите нам, мы в течении 2-3 рабочих дней удалим его.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Цель: обобщение и развитие знаний обучающихся о свойствах сложения и умножения, формирование навыка применения полученных знаний в жизненных ситуациях.

Задачи:

развивающая: обеспечить возможности управления познавательной и учебной деятельностью, развивать умение анализировать, сравнивать, обобщать, делать выводы, самостоятельно ставить цели, развивать внимание, формировать коммуникативную компетенцию учащихся; выбирать способы решения задач в зависимости от конкретных условий; рефлексия способов и условий действия, контроль и оценка процесса результатов деятельности.

воспитательная: создать возможность сотрудничества: умение слышать, слушать и делать выводы, планировать и согласованно выполнять совместную деятельность, взаимно контролировать действия друг друга, уметь договариваться, вести диалог, правильно выражать свои мысли, оказывать поддержку друг другу, эффективно сотрудничать как с учителем, так и со сверстниками;

Тип урока: усвоение новых знаний

Формы работы учащихся педагогика сотрудничества, групповая технология, информационно-коммутативная технология

Необходимое техническое оборудование: карточки с заданиями, компьютер, презентация.

Дешаран :Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .

Кхетош-кхиоран. Винчу махке безам кхиор, , шайн г1алах дозалла дар д1адаханчуьнга ларам кхиор

Урокан г1ирс: Компьютер, мультимедийный проектор, дидактически материал, текст.

Дайн г1иллакх лардеш

1.Урокан ц1е ,1алашо д1ахьедар

Цхьанатайпанарчу меженийн билгалонаш.

Юкъара дешнаш х1ун ю ,церан маь1на.

Цхьанатайпанара меженаш схьакаро, Цхьанатайпанарчу меженаш йолу предложенеш нийсачу интонацица еша.сацаран хьаьркаш цхьанатайпанарчу меженашкахь яхкар дийцар.

Юкъара дешнаш схьакаро,сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш .

- Д1аязъе терахь,классера болх,урокан ц1е.

  • Вайн латта, бераш, хьа1 ду шайн хазаллех лаьцна лаккхара дешнаш дало.И хьа1 ду ,вайна хаа,доладан д1адахнарг,хилларг, Вайн дай.орамаш хаа. Оцу хаарша вай 1амор ду вайн мохк ларбан , цу т1ехь дай хила. Цундела вайн урокан ц1е тахана йоьзна ю вайн махкаца.. Слайд №6 (мукъамца).

Даймохк. Оцу дашца д1ах1уьтту г1аланаш,аренаш,безачеран а,цабевзачеран а яххьаш Ткъа муха боху поэташа?Ладог1а стихотворенин кийсаке Рашидов Ш..

…Х1ара бу сан Даймохк, б1аьрхишца лехнарг,

Ерриге сан деган йовхо ю хьоь.

Х1умма дац дуьнен чохь сийлахь, хьан меха,

Со х1инца хьоьца ву, сан Нохчичоь!

Дай-наной ,Даймохк–Цхьана ораман дешнаш.Х1окху дезчу дешнаша г1одо вайна беза а,бовза а н охчийн мотт,хьоме мукъам, къоман г1иллакхаш ,ламасташ къоман.

Даймехкан иллига шеен безам боцург

Ша винчу махкаца з1е йоцуш ву.

Геналлехь Даймехкан цхьа илли хезча,

Б1аьргех хи хьодура, лууш и ган.

Лекхачу лам т1ера Малхбузе хьежча,

И гур бу моьттура дог 1абош цкъа…

Ц1ахь аша Даймахках, лаьцна кицанаш лаха дезаш дара ..Толлур бу вай Ц1/Б.

-Ткъа х1инца ладог1а 1.Юсуповс муха гойту шайн 1аламе а,махке а болу безам.

Готуьйсуш лелачу хиэ а, хиэ кхуллучу махо а , махо техкочу г1а-бецо а, г1а-бецо кхобучу дийнато а хьекъале дуьйцур ду хьуна ,лаамийн х1азарх бихкинчу адаман матточул а.

- Синтаксический къастам бе оцу предложенина.

- Х1инца бакъонаш т1е девр ду вай.

Карладаккхар.. Блиц –Хаттар:

  • Цхьанатайпанара меженаш олу………………………… цхьана хаттарна жоп а луш ,цхьана дашах йозуш йолчарех.
  • Цхьанатайпанара меженаш йозуш хуьлу . цхьана дашах
  • Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш ю. кхаа тайпана:дозаран-а,къасторан –я,дуьхьалара-ткъа,амма
  • Цхьанатайпанара меженаш хуьлу. яьржина а ,яржаза а.
  • Цхьанатайпанарчу меженашна юккъехь юьллу. запятой

- Цхьаьнатайпанара меженийн билгалонаш схьайийца:

цхьана хаттарна жоп ло;

цхьана дашах дозуш хуьлу;

вовшахъхутту цхьаьнакхетаран хуттаргаша;

- Схьаязье предложенеш варианташкахь (ПО РЯДАМ).

3.Т1едиллар: Д1аязъе . Билгалъяха цхьанататайпанара меженаш, оьшуш доллу сиз хьакха.. Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

1.Суна лаьара винчу махка верза сайн берриге ницкъ къинхьегам д1алуш халкъана Даймахкана пайдехьа хила.

2. Оьздангалла г1иллакх дикалла комаьршалла и дерриге а шеца долуш вара иза. (ц,ц,ц,ц-ю]

3. 3. Массо а стеган декхар ду шен латта довза а деза а лардан а..

( уьн т1е вог1у цхьацца дешархо шайн тетрадашца ,х1иттайо схеманаш.дуьйцу сацаран хьаьркаш х1иттор.)

Дешнаш т1ехь болх:

Сийсаздан-сий дайъа,ц1е йожо,бехдан.

Оьзда –лаккхара г1иллакх долу

- Дийца юкъарчу дешнашкахь сацаран хьаьркаш х1итторех

Слайд №10 гайтар

Т1едиллар: сацаран хьаьркаш х1итторех дийца( барта)

а). Ша вина юрт хьоме Терк Кавказ вайн Даймохк безар уьш дерриге шеца долуш ю Мамакаев 1аьрбин поэзи

б). Г1иллакх долчохь ларам хуьлу ларам болчохь нийсо хуьлу.

5. Шаьш бан болх.

Т1едиллар: Д1аязъе . Х1иттаде сацаран хьаьркаш. Предложенин схемаш х1иттае.

в. Адамийн а дийнатийн а бецийн а хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац.

(1 дешархочо уьн т1ехь схема юьллу ,кхетадо.)

Нохчийн меттан тестови т1едахкарш.. Слайд № 15,16,17,18.

Цхьаьнатайпанарчу меженашца предложенеш

Дешархошна хаам (Т1едилларехь хила йиш ю 1.2 нийса жоп.)

№1 Билгалдаккха нийса доцург.

  • А.цхьанатайпанара меженаштайп-тайпанчу къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло.
  • Б.Уьш муьлхха а меже хила там бу.
  • В. Запятой ца юьллу хуттаргаш йолчу цхьанатайпанарчу меженашкахь
  • Г. Юкъара дешнаш цхьанатайпанарчу меженашна хьалха я т1ехьа хуьлу.

№2.Билгалъяха цхьанатайпанара меженаш къасторан хуттургаца вовшахкхетта предложенеш

А.Дикачу,оьздачу г1уллакхаша кхачаво стаг адамийн лараме .

Б. Куралла а,сонталла а шала йина ю.

В.Цунна ша стиглахь ю я лаьттахь ю ца хаьара.

Г.Хьуьн чохь дукха бу стоьмаш, ц1азамаш , ораматаш.

Д. Я шайн к1ант схьаваийта ,я хьо вола .

Е.Стихотворенеш, дийцарш, повесташ ,пьесаш –тайп-тайпана произведенеш язйина Бадуев С.

№3. Билгалъяха къасторан хуттургана хьалха запятой ца юьллу предложенеш.

А.Шовдана йисте хи мала беанера г1ала я стен сай.

Б.Б1аьрг кхарсторх хаалуш я хи а я колл а я дечиг а яцара.

В.Урамехула дог1уш гуш я луьйш хезаш адам дацара.

Г.Хазалла я комаьршалла яцара цуьнца.

№4. Билгалъяха юкъара дешнаш долу предложенеш.

(сацаран хьаьркаш х1иттийна яц).

А. Барт боцу юрт а барт боцу доьзал а х1аллакьхилла

Б.Тайп-тайпана стом карабора хьаннашкахь а хотешкахь а 1аж хьач кхор хьаьмц.

В.Аьхкенан йоца амма сирла тийна буьйсанаш.

Г.Кхузахь доцуш даарш дан а дацара жижиг далнаш хьокхамаш г1аймакхаш.

Д.Беха а чолхе а некъ бина вайнехан халкъо шен исторически кхиарехь

Жам1: Вайн къамелехь нисло предложенеш масийтта меже йолуш.,цхьана хаттарна жоп а луш,цхьана къамелан декъах йозуш а йолуш.

Предложенин оцу тайпанарчу меженех цхьанатайпанара меженаш олу..

Слайд №10 (с музыкой)

Нана санна Даймохк беза

Аьлла дита х1оттац со-м.

Дегабаам барна кхоьру

Цунна ша ца хетча сов.

Даймохк,Нана ,стенца лара ас сайн шуьга безам сайн

Цхьа а терза дац и оза ,хоьур бац и даг чу бен

Массо а стеган шен дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц ша винчу метте,шен дахаро юьхь йолинчу –ден ц1а,хомечу махке-безам буьсу.

Махкан а ,г1алан а д1адахнарг вай кхуллу. Вайн хьалха дуккха декхарш ду.. Оцу декхарша сатуьйсу хьекъалечу, къахьоьгучу, керланиг дохьучу дега.

Росси а, Нохчийн Республика и декхарш кхочушдаран новкъа т1ехь ю. Вай кхайкхориг- машаре политика, х1унда аьлча машаре мохк –ирсе дахаран закъалт

Цундела вай баркаалла ала деза вайн президентанна,1едална вай ишттачу маьршачу заманахь дахарна. Вайн аьтту бу деша ,болх бан. Машар хиларна вай ирсе ду.

Вайн ц1а–иза вай чохь 1ен цхьа квартира хила ца 1а ,амма урама,г1ала а, республика а .Вайн ц1а – иза вайн боккха мохк. Ц1а оганашца ч1ог1а хилла ца 1а. И ч1ог1а ду адамийн доттаг1аллица ,гергалонца.

Хьар бошмийн зазашлахь маьлхийн нур хьоьстуш.

Хьан лаьмнийн белшаш т1е хьаьрчина дохк.

Хьол хаза ,хьол хьоме х1умма ца хеташ,

Деттало ,шовкъ хьайна кийрара дог.

Кхайкхахьа соьга хьо ,сан орца эшча ,

Кхайкхахьа 1уьйранна малх г1аттале.

Сан деган иллин мерз хьайн сина безча

Сан Даймохк ,со хьайна ахь велхаве.

-Х1окху урокехь х1ун хазахийтира шуна?

- Керланиг х1ун дара шуна урокехь? Самукъанениг?

- Кху т1ехь вайн урок чекхйолу

_ Бераш д1аязбе ц1ахь бан болх дневникаш т1е.

Посмотрите также:

Наверх Бесплатные презентации по различным предметам, 2016—2019
Все права на материалы, находящиеся на сайте, принадлежат их авторам. Все презентации были собраны из открытых источников.

Дешан чаккхен гахь мукъаза шала элпаш лл,сс,тт бакъонца нийса дог1уш , яздар.

Шардар №6 аг1о 7 г1а

Къамелан дакъош. Ц1ердешан терахь,класс,дожарш,легар.

Хуучу хаарех пайда эцаран урок.

Къамелан дакъош къасто хаар.

Шардар №11 аг1о9г1а

Юкъара а, долара а ц1ердешнаш.

Хаар а ,шардалар а кхиоран урок.

Ц1ердашах лаьцна хаарш т1еч1аг1дар, карладахар.

Шардар №14. аг1о 10 г1а

Билгалдош, дожарш, легарш.

1амийнарг карлдаккхаран урок

Билгалдашах долу хаарш карладахар.

Шардар №17 аг1о 12

Оцу хазачу дийнахь Са1идан бешахь олхазарийн эшаршца цхьаьна декара берийн самукъане аьзнаш. Шуьйра д1аса гаьннаш а даржийна, ц1ечу зазаца кхелина лаьттачу боккхачу 1ожа к1ел сийначу бай т1е хиъна 1ара Кулсам. Зезаган курс ловзош яра цуьнан карара жима йо1. Дуткъа декачу озаца эшарш а лоькхуш, зезагаш лехьош лелара Нуржан. Цаьрга хьоьжучу Кулсаман юьхь йоьлура.

Дешархойн хаарш таллар.

Г1алаташ т1ехь бен болх. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Г1алаташ т1ехь болх бан 1амор

Синтаксис пунктуаци( 20)

Синтаксисах кхетам балар.

Синтаксис а,морфоло ги а вов шах къасто 1амор.

§ 1, шардар№20 аг1о15 г1а

Хуучу хаарех пайда эцаран урок

Дешнийн вовшаш ца йолчу уьйрах кхе тор, деш нашна юккъехь нийса хат тарш х1ит то хаар.

Дешнийн цхьаьнакхетарш т1еч1аг1дар.

Карладаккхаран, т1еч1аг1даран урок.

Коьрта а, дозуш долу дешнаш къасто 1амор.

Шардар №26 аг1о18 г1а

Хаар а, шардалар а кхиоран урок.

Предложених болу хаамаш к1аргбар.

§ 3. шардар №28, аг1о 19

Предложенин тайпанаш довзийтар.

§ 4. шардар №32, аг1о 21

Кхетам кхолларан урок.

Предложенеш аларца тобанашка нисъяр.

§ 5. шардар №35, аг1о23

Хаттаран предложени а, айдаран предложенеш а.

Кхетам кхолларан урок.

Интонацин маь1на довзийтар.

§§ 6,7 шардар№39, аг1о 25

Дозуш долу къамел кхиор.

Дешархойн хаарш таллар.

Предложенин коьрта меженаш

Дуьххьара довзийтаран урок.

Предложенин грамматически бух бовзийтар.

§ 8. шардар №51. аг1о31

Кхетам кхолларан урок.

Сказуеми хьалха лаха дезаран бакъо.

§9, шардар №54,аг1о 33

Предложенин коьрта меженаш т1еч1агъяр.

Коьрта ме женаш къас то хаар.

Преложенин коьртаза меженаш

Кхачамах кхетам ба лар.

Хаарш дешархойн таллар.

Бакъонаш карлаяха шардар 59

Хуучу хаа рех пайда эцаран урок.

Къастам бовзийтар, муьлхачу къамелан декъах хуь лу къастам

§ 11, шардар №61,аг1о37

Предложени юкъара къастам къасто хаар

Бакъо карлаяккха шардар 63

Хуучу хаарех пайда эцаран урок.

Хууш хила деза, лат там ханда шах бозуш хилар

§ 12, шардар №65, аг1о 39

Коьртаза меженаш т1еч1аг1ъяр.

Х1ора коьртаза меже муха билгалйок кху хаар

Кхо предло- жени язъе, уьш синтак- сически тал- ла

Яржазий, яьржиний предложенеш.

Хуучух хаарех пайдаэца ран урок.

Яьржина а, яржаза а предложенеш вовшех къастор.

§13, шардар №69, аг1о 41

Предложенин цхьанатайпа- нара меженаш.

Хуучу хаарех пайдаэцаран урок.

Цхьанатайпанара меженаш муьлхарш ю хаар,уьш юкъахь предложенеш х1ит тор.

§ 14, шрдар № 75 г1а, аг1о 44

Цхьанатайпанарчу меженашкахь юкъара дешнаш.

Карладаккхаран, т1еч1аг1даран урок.

Юкъара дош каро а, нийса х1отто хаар.

§ 15, шардар №77-г1а, аг1о 45 г1а

Цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш

1амийнарг т1еч1аг1даран урок.

а, амма ,ткъа бохучу хуттургашца йолу предложенеш х1итто хаар

§ 16, шардар №79-г1а, аг1о 46-г1а

Предложенин цхьанатайпа- нара меженаш т1еч1аг1ъяр

Цхьанатайпанара меженаш къасто хаар

Пхи предло жени язъе

Дуьххьара довзийтаран урок.

Т1едерзар кхайкхаран интонацехь дешар билгалдаккха деза

§ 17, шардар № 82-г1а

Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш

Хуучу хаарех пайда эцаран урок.

Т1едерзар долу предложенеш къасто хаар. цигахь сацаран хьаьркаш х1иттор

Цхьалхе а, чолхе а предложенеш.

Кхетам кхолларан урок.

Чолхе а, цхьалхе а предложенеш вовшах къасто а, уьш х1иттор

§ 19, шардар № 93-г1а, аг1о54-г1а

Чолхечу предложенешкахь хуттургаш.

Хуучу хаарех пайда эцаран урок.

а, амма, цундела, ткъа, бакъ ду, цхьа-бакъду,делахь а боху хуттаргаш.

§ 20, шардар №97 г1а,

Б1аьсте а яц х1умма а оьшуш! 1а чекхдаллалц са ца тохалуш, хьалакъеда къона буц, кегий г1аш .

Г1алаташ т1ехь бен болх

коьрта а, коьртаза а меженаш билгалъяха

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар .

Чолхе предложенеш цхьалхе чарах къас то хаар.

Похожие документы:

Рабочая программа по истории России 5-9 классы пояснительная записка

. Рабочая программа по истории России 5-9 классы ПОЯСНИТЕЛЬНАЯ ЗАПИСКА Рабочая программа по истории России предназначена для 6—9 классов . СОДЕРЖАНИЯ КУРСА Программа обеспечивает . кризис в Чеченской Республике. Результаты . на языке учебных действий) .

. с. Программа литературного образования. 5-11 классы под редакцией В. Я.Коровиной. М., Просвещение, 2007 г. Проектирование рабочей программы по учебному предмету .

Рабочая программа по русскому языку. Рабочая программа по литературному чтению

Читайте также: