Ахмадов 1умар ахмадович воккха дада краткое содержание

Обновлено: 02.07.2024

ВОККХА ДАДА Стаг дукхох шен дагалецамашкахь веха. Хьуна безнарш, хьо везнарш, хьан марзонаш, хIинцца хьан бIаьрахьалха хьийзинарг, хьан юьхь тIера бос хено дIахьо. Ахь дукхахьолахь тидам ца бо хIумана. "Нисса цхьана эха сохьтана эхаерзо йиш елара и хан. " Ас иштта ойла дуьххьара йинарг со ву аьлча, дукхачу нехан сох дог кхаьрдар дара. Цундела, хIума дицдича бен леш дац ала бакъо ю сан. Дикка хан ю Воккха Дада дуьненах дIакъаьстина. Амма Воккха Дада сох дIа ца къаьста, хан мел йолу а со цунах дикох кхета дела, суна иза дикох вевза дела. Воккха Дада со велла дIаваллалц соьца ваха везаш ву. "Къу таьIча охьатаIа хьо, къу айвелча айло хьо, къу хир ву хьо" олуш Iедал дара цуьнан кест-кеста, хьуна цкъа а диц ца далийта санна. Дош меттара, дош хьекъале долуш, хьуна цкъа а кIордор воцуш, эрна дош эр доцуш, шен маттаца дерг дегIаца а долуш, хьуна цкъа а вицлур воцуш, хIумнаш хаза долуш стаг вара Воккха Дада. Цуьнан амал а, цуьнан куьг хьадар а, ког ловзар а, цуьнан лелар а дара доккха хьехар. Сан модех юьзна бедарш а, даим сан харцахь йоьхна хуьлуш хилла йолу ши мача а, ас хихкина ког-салазаш эцна дIаяхана хан Воккха Дадин туьйранашкахь йисна. "Ламанан басе дIа а лаьцна, цхьа буьрса бахбелла бижина Iуьллуш хилла кхо корта болу саьрмак. "- олий, доладора Воккха Дадас даим шен туьйра. Юха цхьана турпалхочо тур детташ и саьрмак бен а боьй, цо нахана дихкина некъаш достура. И саьрмак ша бийча санна дуьйцура Дадас. Юха и бийча ас доккха са доккхуш хаалой, "нахана лерина зулам шега кхочу стаге. Хьекъал доцу корта дегIан мостагIа бу."- олура. Юха дерзадора, вела а лой "ладоьгIначунна - моз Iайг, цадоьгIначунна туьханан Iайг ", - олий. Воккха Дадин хIора туьйра а хуьлура дикано вуон эшош, къинхетамо къизалла эшош. Туьйра дIа а доладалале хаьара хьуна цуьнан дерзар муха хир ду. Турпалхо догдика, эсала стаг хила везаш вара, зулмана бен зулам ца деш. махкана хьалхара махина шен сих-дегIах сагIа дина а, гIийлачуьнан дог эшош, нах бацош, нах балехь бахкош, эла тIехIоьттича элана гIатта а ца веша кура эла, къиза эла шен олаллах а вохийна, паргIато яккха араваьлла. Дала чу са кхоьллина долчу цхьана а маьршачу дегIана зулмана куьг айъа хьо ца вахьийта, хьуна и турпалхой дагахь бисийта, цаьргара ма дер дацара хIара хIума бохуш цаьрга а дуьллуш, царех эхь хеташ, хьайн дегI ца къарлахь хьоьга мила къарлур ву бохуш айхьа хьайх бехкаш дохуш, хьо осалчух ларвалийта, беран хенахь дуьйна хьоьца синцIеналла, дегадикалла, доьналла, къинхетам кхиош хиллера Воккха Дада. ТIаьхьа-тIаьхьа кхета хьо цунах. P.S. Ницкъ болчо ницкъ эшначунна гIело еш яйча сайн хуьлуш йолу дог-ойла сайн ваша вийначу мостагIчуьнан а хуьлуьйтур яцара ас. Суо кху дуьненчу сайн дегI эшо веана вуйла хиинчу дийнахь дуьйна кхетта со беро мача нийса йоьхча дуьне духур ду хIунда олуш хилла. Дуьненан кийрахь адамо дуьххьара дийна адам - вашас вийна ваша вуйла хиинчу дийнахь дуьйна кху дуьненах а кхоьру со. Воккха Дада баккъалла а Делах кхоьруш, дуьненан гIиллакхаш дика девзаш къонах хиллера. Воккха Дадин туьйранаш - туьйранаш а ца хиллера. /Хабаев Исмаил/

Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Хьайбахехь дагийначу адамийн сина, Сибрехахь г1орийначу адамийн къина. Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Хьайх хьоьгуш кхелхинчу цу къанойн сина, Даймахкахь каш доцчу нохчичун къина. Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Мацалла эгначу берийн ва сина, Уьш мара къийлинчу нанойн ва къина. Бе

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Описание презентации по отдельным слайдам:

Де беркате дог1ийла! Шуьга ду маршалла Хьомсара дешархой. Дехийла,ирс хуьлда.

Де беркате дог1ийла! Шуьга ду маршалла Хьомсара дешархой. Дехийла,ирс хуьлда, Ховшалаш шу охьа Могуш-маьрша шу гар- Дийнан беркат ду. 1илмане шу кхийдар- Мах боцу совг1ат.

тест 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара.

тест 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара г1араваьлла … а)пулеметчик б)б1аьхо в)иччархо 3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг … а)Максим б)Митя в)Толя 4.Сайханан хьуламе меттиг яра …. а)кхура т1ехь б)акхтарг т1ехь в) попа т1ехь 5.Муьлхачу хи йистехь яра т1еман аре? а)Дон б)Терек в)Днепр 1.Муьлхачу т1амехь дакъа лоцуш вара Сайхан? а)Граждански б) Сийлахьа Даймехкан т1ом 2.Митин лазийнарг …. а) ког бара б) куьг дара в) белш яра 3.Сайханаца палати чохь вара … а)Андрей б)Рашид в)Анатолий 4.Коьллаш юккъехь Сайханна хааелларг… а)цициг б)пхьагал в)бер 5)Муха к1ант ву Сайхан? а) к1илло б)майра в) ямарт

кеп 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара.

кеп 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара г1араваьлла … а)пулеметчик б)б1аьхо в)иччархо 3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг … а)Максим б)Митя в)Толя 4.Сайханан хьуламе меттиг яра …. а)кхура т1ехь б)акхтарг т1ехь в) попа т1ехь 5.Муьлхачу хи йистехь яра т1еман аре? а)Терк б)Днепр в)Дон 1.Муьлхачу т1амехь дакъа лоцуш вара Сайхан? а)Граждански б) Сийлахьа Даймехкан т1ом 2.Митин лазийнарг …. а) ког бара б) куьг дара в) белш яра 3.Сайханаца палати чохь вара … а)Андрей б)Рашид в)Анатолий 4.Коьллаш юккъехь Сайханна хааелларг… а)цициг б)пхьагал в)бер 5)Муха к1ант ву Сайхан? а) к1илло б)майра в) ямарт

Т1еман аре

Йийсаре лаьцна салтий

Йийсаре лаьцна салтий

Доттаг1а


Баьпкан юьхк

Б1аьхо

обоз

Синонимаш Антонимаш доттаг1а-накъост, хама-пусар,ларам, бепиг-кхаллар, майра-.

Синонимаш Антонимаш доттаг1а-накъост, хама-пусар,ларам, бепиг-кхаллар, майра-кхерамбоцуш, оьзда -г1иллакхе, топ-мажар. т1ом-машар, йоккха-жима, майра-к1илло, ц1ена дог-дог1аьржа.

Тобанашкахь болх 1 тоба- « Шек а ма вала хьо,1ожалла-м вайшиммо эшор ю хьуна.

Алсам дешнаш кхолла Доттаг1алла -(да,г1а,г1ала,ло,г1атта,дог1а,латта,лата,олл.

Алсам дешнаш кхолла Доттаг1алла -(да,г1а,г1ала,ло,г1атта,дог1а,латта,лата,олла,аг1о, атта,ата,до,талла) Комаьрша -(ка,маьрша,маршо,шар,шок,орам,кор,ша,мор)

Литературни паспорт Ц1е___________________________________________ Кхоьллинар.

Литературни паспорт Ц1е___________________________________________ Кхоьллинарг____________________________________ Турпалхо _____________________________________ Веха меттиг_________________________________________ Куц-кеп_________________________________________ ______________________ _______________________________________________ _______________________ _______________________________________________ Амалш(дика а,вон а)_________________________ _______________________________________________ _ _________________________________________________

Рефлекси Суна хии… Суна девзи… Суна халахийти… Ас дозалла до…

Рефлекси Суна хии… Суна девзи… Суна халахийти… Ас дозалла до…

Ц1ера болх: аг1о 127-128,еша, сурт дилла шайна дагах кхеттачу дийцаран кийсак.

Кицанаш. Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу. Доттаг1а д1атеснарг ша-шен мостаг1.

Кицанаш. Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу. Доттаг1а д1атеснарг ша-шен мостаг1 ву. Доттаг1алло къаьмнаш ца къестадо . Генара хиларх ,тешаме доттаг1 ,б1ов санна ч1ог1а ву. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац. Эзар доттаг1а верг ваьлла ,эзир сту-етт берг велла.

Конспект урока по чеченской литературе 6 класс

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
До 500 000 руб. ежемесячно и 10 документов.

Конспект урока по чеченской литературе для шестого класса Халид Ошаевн дахар а кхолларалла а, дийцар "Чайра". Урок был предоставлен на конкурс "Учитель года -2018". Урок разработан с учетом ФГОС, содержит всю структуру современного урока. Тип урока: Урок открытия новых знаний, обретения новых умений и навыков

Читайте также: