Сочинение мухтар на чеченском

Обновлено: 30.06.2024

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ

на заседании педагогического

Протокол № ___ от__________ г

Приказ от ______ .20__ г. № ___

ОЦЕНОЧНЫХ СРЕДСТВ

Учитель: Заурбекова Мадина Умаровна

Перечень оценочных средств

Контрольная работа

Средство проверки умений применять полученные знания для решения задач определенного типа по теме или разделу

Контрольная работа с грамматическим заданием

Система стандартизированных заданий, позволяющая автоматизировать процедуру измерения уровня знаний и умений обучающегося.

Комплект тестовых заданий

Творческое задание

Средство, позволяющее оценить умение обучающегося письменно излагать суть поставленной проблемы, самостоятельно проводить анализ этой проблемы с использованием концепций и аналитического инструментария соответствующей дисциплины, делать выводы, обобщающие авторскую позицию по поставленной проблеме.

П аспорт фонда оценочных средств

по учебному предмету чеченский язык

Класс: 6 класс

Меттан декъахула йолу теманаш

Белхан тайпа

Талламан болх

М1аьчиг маьждиган майдана кхаьчча, кхузахь гулбелла бара берриг гатиюьртахой. Беак1ов цостуш тобинчу г1амаран можачу т1улгах боьттинчу маьждиган лекхачу пенаца диллинчу дукъо т1ехь 1ара юьртан тхьамданаш.

Вокх- воккхачо царна уллохьа шен-шен меттиг д1алоцуш, юккъехь беса гуо буьтуш, д1ах1иттира нах. Царна юккъехь бара хено тишбина , шуьйра накхош хьулдина к1айн мажош йолу баккхий нах, г1еметта х1иттина къонахий, х1инцца маж- мекх даладоьлла кегийраш. Даима санна, х1ора веанера герзах воьттина: беркъачу барзакъна т1ехула йихкина шаьлтанаш, коча тийсина тарраш, доьхкарех йоьхкина тапчанаш.

Наггахь волчун букъа т1ехьа вертанан беттанаш чохь- барх1 са болу мажарш. Кхоьлина яра къонахойн яххьаш. Уьш синтемза хьуьйсура полковникаша къамел долоре. Ткъа вуьйш шекбоцуш лаьттара. Малхехь лепара белшаш т1ера дашо варкъ диллина погонаш. Лергашна лаха довллалц дуькъа, хьийна гиччойн кандуьтуш, ц1ена яьшна мажош, юьхьигаш ирхъхьийза мекхаш.

(124 дош) (А. Айдамиров).

1.Кабехий,Бикатуй хьуьнах яхар.

2.Бикатуна карийна кхораш.

3.Церан чанах кхерабалар.

Кабехий,Бикатуй яхара хьуьнах хи чу бохка кхораш лахьо.Лекха а, буьрса а яра хьун. Ширчу некъашкахула, хьуьнан кхораш лоьхуш, генна д1аяхара и шиъ. Ирзу тайпа цхьана майдана кхаьчча,саттийна охьабан боллуш кхор карийра цу шинна.Маьлхан серлонгахь, лоппаргаш санна, лепара ношбелла кхораш.Кхуран к1ело хьешна яра. Наггахь а кхор ца битинера охьаэгначех. Лохо кондарш д1а а, схьа а кегош, леррина лехча ши кхоъ ношбелла кхор карийра Бикатуна.Церг а тоьхна хьаьжча, чам тайра цунна.

-Эх1 , х1орш ч1ог1а дика чам болуш кхораш бу! - кхура т1е хьалахьаьжира Кабеха.

-Х1ара х1ун ду? Цхьа адамаш леллачух тера ма ду кху к1елхула. Т1ехь саттийна кхораш а бу.

-Же,шимма а т1е яьлла,массо а га ластош, кхораш охьаэго беза вайшимма,-аьлла, хьалаелира и ши зуда.

К1ело юьззина кхораш охьаэгийра цу шиммо.

Ши зуда охьа а йоьссина, кхораш лахьо йолаелча, юьстах хьуьн чохь татанаш хезира цу шинна.Ладуьйг1ира шина зудчо.Я ча, я нал , я бежна- цхьаъ хила еза-кх и татанаш дийриг аьлла хеттачу хенахь, т1аьхьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, чуьхьаьдда йог1ура ча.

-Ва-а, орца дала. -маьхьарий а хьоькхуш, кхин х1ун чохь ца соцуш,едда ц1а еара и ши зуда.

Едда ши зуда кхин тергал а ца еш, адамо санна, меллаша схьа а лехьош, кхораш баа охьахиира ча.

Талламан болх

Бераш а доцуш, шаьшшиъ 1аш дара доккха ши стаг: Бисолтий, Салехьаттий.

Дечке ваха тохавеллера воккха стаг Бисолта. Цуьнан лулахочун Дудин Хьамзат ц1е йолуш к1ант вара 6-чу классехь доьшуш. Хьамзат а вахара Бисолтица хьуьнах.

Доккхачу хи йисте д1акхечира и шиъ. Башха кхерам боцуш дехьавелира Бисолтий, Хьамзаттий. Бисолтас дечкийн баххьаш ц1андора. Ткъа Хьамзата ц1андина генаш цхьана метте т1ек1ел дохкура.

Дашаза дисинчу лайн майданаш т1ехь йолу олхазарийн ларш къестайора Хьамзата.

Х1ара хьаьжой байинчу ч1ег1аган ю, х1ара къоьзачу ч1ег1аган ю, х1ара мошанан ю, - бохуш, воккхачу стагана гойтура цо уьш.

-Хьуна стенах, муха евза уьш?

_Ас тидам бина церан, д1адаханчу экханан, олхазаран лоре а хьоьжуш. Ж1аьлин¸цхьогалан, берзан, кхидолчу акхаройн, олхазарийн а лараш къастало соьга. (Х-А.Берсанов)

Грамматически т1едиллар:

1. Синтаксически къастам бе пхоьалг1ачу предложенина.

2. Схьаязде мухаллин билгалдешнаш. Дийца церан терахь, дарж , дожар, класс, легар.

Шеран талламан болх

Иза дара ткъа шо хьалха. Шийла 1а дара лаьтташ. Юьрта ваханчуьра ц1а вог1уш вара со сайн деца. Доккха диллинчу лайх сакъералуш, лайла лелхаш вог1учу суна цкъа вулий дов деш, т1аккха велалуш, хьалха д1аоьхура дада. Г1алара жимма схьаваьлча, гуш хуьлура юрт. Иштта, жимма юьртара схьаваьлчяа, гуш хуьлура г1ала а. Дуьхьал вог1уш стаг хилча, иза геннара гора.

-Хьуьлла йог1у зуда гой хьуна? - хаьттира дадас. – Цо хьайна х1ун эр ду хаьий хьуна?

- Х1ун эр ду? – дена юххе х1оьттира со.

-Хьо вон лелаш ву эр ду, д1ахьажал хьайга, хьох верриг лайх вуьзна. Куьг тохий д1адаккха иза, вашор ву хьо, - реза воцуш корта ластийна, д1аволавелира да. ( I . Дадашев)

Талламан болх

Берахь дуьйна хилла со олхазарш дезаш. Х1инца воккха мел хили а, ч1аг1луш схьабог1у сан цаьрга болу безам. Царех вуно ч1ог1а самукъадолу а сан. Дала ма-кхоллара, ц1ена, исбаьхьа ду олхазарийн дуьне. И дуьне девза-черан синош даима а сирла, ц1ена хир ду , Дала азаллехь кхоьллина ма-хиллар.

Сан дов хилла олхазарийн бенаш дохош болчаьрца, уьш лазош, заь1апдеш болчаьрца. Уьш адамех теша, ткъа цхьадолу адамаш къиза хуьлу цаьрца, къинхетам бохург х1ун ду а ца хууш. Делах ца кхоьру хир бу-кх уьш.

Олхазарша, пайда бар бен, зен ца до.Уьш ца хилча сагалматаш дебар яра. Ораматийн дуьне г1ийла хир дара я хиллане а хир а дацара.

Олхазарш вайх тешна ду,-вай царех тешна ду. Дуьненахь Дала мел кхоьллина х1ума вовшашца йоьзна ю.

Т1е к1урз биллинчу тхевнах терачу стиглара бутт, иккхинчу кехат латийна, шиша т1ехь долу чиркх, мехкдаьтта кхачийча санна, д1абайра : ткъа седарчий-м тоххарехь гучуьра д1адевллера.

Буьйса т1етт1а 1аржлуш лаьттара : мохо схьалоьхку мархаш, лаьтта т1е буьззина бода х1оттош, 1аь1аш яра. Из яра нохчийн ярташкарчу ц1енош чохь, товхашна хьалха а хевшина, 1аьржа б1аьргаш долчу бараша, г1ийлачу ц1ергахь херца а хоьрцуш, хьажк1аш йотту зама. Теркаца г1ум г1аттош, хьекха болабелира цхьа ирча мох. Ткъес деттаран лепарехь гуш хуьлура лаьхьанах терачу, г1ашший, генашший д1аидочу, цу Теркан асанан масаллий, аьрхаллий, лаьтта т1ехула акхтаргашший, дог1ано етта тулг1енашший. Дохк санна юькъачуй, оцу буса инзаре акхачуй хьуьнхахь, дезачу а, дег1е зуз доуьйтучу а озанца, шен к1езех хаьдча санна, уг1уш борз а хезара лахахьуо хин йистехь. Цуьнан уг1ар, дог1анца дера хьоькхучу мохан уг1арх д1а а оьй, цхьаъ хуьлий д1адахлора цкъа, юха а къаьстара, д1аоьра т1аккха а. Оцу лерг г1елдчу, дог те1очу г1аранна юккъехула наг-наггахь, халла, къорра схьахедара .Теркал дехьарчу нохчийн юьртахь ж1аьлеш летар.

Буьйса йоьхна еанера.

1уьйранна школе воьдуш вара Мухтар. Маржанг1еран кет1а нислушшехь, берийн мохь хезира цунна. Саца а сецна, ладуьйг1ира Мухтара бакъонца тийшира иза кхераделлачу берийн аьзнаш хиларх. Кхин хьем ца беш, ведда ц1ийнан не1аре вахана, и схьаелла г1оьртира Мухтар, амма схьа ца еллаелира, чухула дог1а тоьхна хиллера цунна. Т1аккха ведда коре а вахна, корах чухьаьжира к1ант чохь буькъа к1ур, бара. Хиира Мухтарна чохь ц1е яьллий. Г1уллакх мало ян а, я т1аьхьататта йиш, йолуш дацара.

Талламан болх

Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан к1ожехь 1уьллура Мусин-К1отар.1аламан хазалло кхелинчу оцу жимачу юьрта юккъехула чекхдолура лекхачу лаьмнашкара охьадог1у г1овг1ане шовда. Инзаре хаза хуьлура кхузахь суьйре.

Шовданаш декар,олхазарийн эшарш,дежийлашкара ц1ехьа дирзинчу уьстаг1ашний , гезаршний дуьхьал уьдучу 1ахарийн буьхьгийн 1ехар, ловзуш лелачу кегийчу берийн аьзнаш.Уьш дерриге а вовшвех оьй, синкъераме г1ар кхоллалора.Иза лаьмнаша д1аузий,стамйой,1аннашкахула чекхйоккхура.

Гонахарчу ярташкарчу кегийчу нахана а хазахетара Мусин-К1отар.Цуьнан коьртачу бахьанех цхьаъ цхьаъ дара куц а,г1иллакх а оьздангалла а цхьанадог1уш болу мехкарий кхузахь дукха хилар. ( 80дош)

Читайте также: