Сочинение 1алам на чеченском

Обновлено: 05.07.2024

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урок д1аяхьар.

Мотиваци

Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?

Художник вовзийтар

Исбаьхьаллин сурт гайттар

Суьртан анализ яр

Сочиненина кечам бар

Словарни болх бар

Сочиненин план т1ех болх бар

Рефлекси

  1. Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.

Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.

-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?

4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?

Петр Захаров

1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.

Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.

1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.

1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.

Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.

1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.

Пейзаж- 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю. Пейзажист- 1аламан суртдиллархо ву.

Портрет- адаман сурт.

Портретист - адаман суртдиллархо ву.

Натюрмотр- чохь са доцучу х1уманийн сурт Зоьзан тайпанаш

Ель – база

Сосна – зез, бага.

Кедр-кедр

Пихта-пихта

- Х1ун го шуна суьрта т1ехь?

Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.

- Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.

Хенан х1оттам

Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?

Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.

Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?

- Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.

- Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?

- Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.

Диттех.

Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.

-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?

Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.

- 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.

- Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.

Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?

-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.

Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?

Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?

Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.

Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.

Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.

-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.

Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?

-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.

1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.

Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?

- Кхузахь а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.

Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?

Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.

  1. План х1оттор:
  1. Исбаьхьа де.
  2. Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
  3. Бос лепа ховха ло.
  4. 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
  1. Г1оьнна дешнаш

Бамба санна ховха ло

Т1емаш даржийна кхозу генаш

Буьрса хьун

Екхна стигал.

Инзаре-хаза хьун

Дашо малх

Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.

-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?

-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.

-Царах муьлха роль хазахийти шуна?

-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?

  1. Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.

Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.

Урок д1аяхьар.

Урокана кечам бар.

Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?

Урокан план :

Художник вовзийтар

Исбаьхьаллин сурт гайттар

Суьртан анализ яр

Сочиненина кечам бар

Словарни болх бар

Сочиненин план т1ех болх бар

Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.

Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.

-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?

4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?

Петр Захаров

1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.

Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.

1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.

1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.

Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.

1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.

Дешнех кхетам балар.

Пейзаж- 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист- 1аламан суртдиллархо ву.

Портрет- адаман сурт.

Портретист - адаман суртдиллархо ву.

Натюрмотр- чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш

Сосна – зез, бага.

Суьрта т1ехь болх.

Читайте также: