Конспект урока по чеченскому языку 7 класс

Обновлено: 02.07.2024

1. для хранения на вашем устройстве ваших результатов в игре Картинки и слова и для показа статистики тех результатов на странице Ваши результаты; эти результаты недоступны ишным пользователям, мы их не храним, не анализируем и не передаем другим лицам;

2. для показа реклам Google. Прочитайте следующую информацию о файлах Cookie Google для пользователей из ЕЭЗ и из-за пределов ЕЭЗ (прокрутите вниз).

Пользователи из Европейской экономической зоны

Рекламы Google, показываемые на нашем сайте, для пользователей с ЕЭЗ не персонализируются. В такой рекламе файлы cookie не используются для персонализации объявлений, но служат для ограничения частоты показов, подготовки сводных отчетов, а также для защиты от мошенничества и злоупотребления.
Подробно о файлах cookie Google

Пользователи из-за пределов Европейской экономической зоны

Для пользователей из-зе пределов ЕЭЗ файлы cookie Google используем для персонализации рекламы. Информацией о том, как вы пользуетесь нашим сайтом, мы делимся с Google.
Подробно о файлах cookie Google

Блокирование файлов Cookie

Если вы не согласны с нашим использованием файлов Cookie, вы должны исключить их обслуживание в настройках своего браузера или не пользоваться нашим сайтом.

Если обслуживание файлов cookie исключено, некоторые опции игры Картинки и слова будут недоступны.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош.

1алашо: Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар.

Х1инцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

а) хаттарш ло, 1амийнарг карла а доккхуш.

-Ненан маттах лаьцна муьлха стихотворенеш евза шуна?

-Д1аеша, хьан язйина уьш?

…Йист йоцу х1орд санна,

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

Нохчийн мотт гуттар ширчу меттанех цхьаъ бу.Масийтта б1еннаш,эзарнаш шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна,чарташна,б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина элпаш,дешнаш,кхин цхьаьнца йоза хиларан билгалонаш. Мотт юкъараллин г1ирс бу х1унда аьлча, вай юкъараллехь дехаш ду: цхьаьна доьзалехь а, куьпахь а, школехь доьшуш болу дешархой а, балхахь цхьаьна болх беш болу белхалой а,юьртахой, гергарнаш,бовза-безарш.

Мотт г1иллакхе а, оьзда а, къинхетаме тарлуш а бу.

Мотт-ойлана дег1 ду.

ΙΙΙ.Маттах лаьцна долу хаарш к1аргдар.

1)Дешархоша д1адоьшу 1-чу аг1он т1ера нохчийн маттах лаьцна яздинарг. Хаттаршна жоьпаш ло.Д1аязйо шайна дагайог1учех цхьа-ши байт,нохчийн маттахь йолчу масех книйгийн а,журналийн а,газетийн а ц1ераш.Юьйцу церан нийсаязъяран бакъонаш.

2)Кхочушдо 3-г1а шардар.

ΙV.Дозуш долу къамел кхиор.

Сочинени язъяран кечам .

1.Учебникан 2-чу аг1он т1ера хаттаршна жоп ло.

2.Дийцар д1аязйо тетрадаш т1е, ц1е а туьллу.

-Муха лору оьрсийн поэташа вайн нохчийн мотт?

-Вайн поэташа муха хестина нохчийн мотт?

-Маттах лаьцна кицанаш хьанна хаьа?

VΙ.Ц1ахь бан болх.

2)4-г1а шардар кхочуш яр

2-3- г1ий урокаш.

Урокан чулацам: Предложенин меженаш.

1алашо:Хаа деза,муха кхоллало предложенин бух, муьлхачу меженах лаьтта и.

Яьржина а,яржаза а предложенеш. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш муьлхарш ю. Подлежащина а, сказуемина а юкъара уьйр. Къастае предложенин х1ора меже:подлежащи,

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

а) Дешархоша дуьйцу ненан маттах лаьцна. Даладо кицанаш, байташ а йоьшу.

б) Г1иллакхе аларш юкъахь долуш диалогаш х1иттайо бераша. Д1аязйо диалогехь сацаран хьаьркаш дахкарх лаьцна.

-Йиънарг а, мелларг а Дала саг1а йойла, беркат шорта латтийла ,1одика йойла.

-Дела реза хуьйла, некъ дика хуьлда шун.

в) Масех дешархочуьнга ,,Хазчу дашо лам башийна” ц1е йолу жима дийцар доьшуьйту.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

а)текст ешар,цунна ц1е тиллар.

-Керлачу дешаран шарца декъал во ас хьо ! Т1аьхье беркате хуьлда! Дала аьтто бойла! Дела реза хуьлда хьуна. Дешархой самукъадаларца школе бахара.Аьхка цара дика са а даь1ира,дений-нанний г1о а дира,книгаш а йийшира. Тхайга хьехархочо ма-аллара, нохчийн маттахь кицанаш а, иллеш а, эшарш а д1язйира.Х1инца уьш пайде хир ю сочинени язъеш.

-Х1унда тиллина ю и ц1е цу текстан?

-Муха къастадо дешнийн цхьаьнакхетарш предложенехь?

-1-чуй,2-чуй предложенешна бе синтаксически къастам.

-Юй кхузахь коьрта меженаш? Уьш муьлхарш ю? Сизашца билгалъяха.

-Коьртаза меженаш юй х1окху предложенешкахь? Муьлхарш? Х1ун олу къастамах, латтамах, кхачамах?Нийса кхачам подлежащех къастош, муьлха бакъонаш хаа еза?

-Аларан 1алашоне хьаьжжина муха ю и предложенеш? Кхин муха хуьлу уьш?

-Шолг1чу предложенехь сацаран хьаьркаш дахкаран бакъонашйийца.

-Кхоалг1ачупредложенехь юй цхьанатайпанара меженаш? Билгалъяха уьш.Предложенин муьлха меженаш ю уьш? Иза муха къастий аша?

-Буха сизаш хьаькхначу дешнийн кхолладаларан некъаш билгалдаха.

-Тетрадаш т1е д1аязъе.

ΙV.Гайтаран диктант.

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а

Хьекъале цо йоьг1на лард,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.(М.Сулаев)

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муха мах хадабо воккхачу поэто нохчийн метан?Х1ун боху цо матах лаьцна?

-Маса предложении ю байт т1ехь? Муьлхарш ю уьш?

-Сацаран хьаьркаш х1унда дехкина?

Х1ора предложенина бе синтаксически къастам.

-Ч1ог1а(к1еда),хьекъале(1овдал,сонта),доккхо(жимо),къайленийн(нахаладаккха),барт(дов) бохучу дешнашна ялае антонимаш.

-Лард,дог1а,барт бохучу дешнашна ялае омонимаш.

-Цул т1аьхьа гайтаран диктант д1аязъе.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушде 4-г1а шардар.

Екхна аьхкенан буьйса Орган чуьра г1еттинчу т1уьначу дахкаро кхолий(туманная облачность) . Д1дай седарчий а, беттаса а. Лаьмнийн баххьаш ца го. Органан г1овг1а ю гуттар сана,дахкаран къаръян ницкъ боцуш,схьахезаш.(М.Ахмадов)

-Хьалхарчу предложенехь бе синтаксически къастам.

-Муха къастайо подлежащи нийсачу кхачамах?

-Хьалхарчу предложенехь буй нийса кхачам? Муха ду цуьнан хаттарш?

-Муьлхачу дашах бозуш бу иза?

-Шолг1а предложении яьржина ю я яржаза ю? Х1унда?

-Дахкаро, дахкаран бохучу дешнаша грамматически форма я лексически маь1на хуьйцу? Муха ю оцу дешан юьхьанцара кеп?

Шаьш аьлларг т1еч1аг1деш, язъе сочинении-ойлаяр (рассуждени).

VΙ.Урокан жам1 дар.

1)-Предложенехь коьрта меженаш муьлхарш ю?

-Коьрта маса меже ю? Коьртаза?

-Доьххьара муьлха меже лоху предложенехь?

2)Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)Предложенех а, коьртачу а, коьртазачу а меженех 1амийнарг карладаккха.

2)Кхочушде 5-г1а шардар

3)Учебникан 2-чу аг1он т1ера хаттаршна жоьпаш ло. Кечам бе сочинени язъян, х1окху ц1ерех цхьаъ харжа а харжий:

,,Нохчийн мотт-йист йоцу хазна

,,Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста”

,.Хазчу дашо лам башийна

Урокан ц1е: Нохчийн маттах лаьцна сочинени язъяр.

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Ненан матте болу безам лаккхабаккхар.

Предложени нийса х1отто хаар,пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Сочинени язъян кечам бар.

1)дешархошна тетрадаш декъар

2)уьн т1ехь д1аязйина сочиненин ц1ераш:

,,Нохчийн мотт-йист йоцу хазна

,,Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста”

,.Хазчу дашо лам башийна

Дешархоша шайна къастайо церех цхьаъ

ΙΙΙ.Хьехархочун дош.

-Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш, ира мотт бу. Дог-ойла ма-ярра ц1ена, нийса,юьззина д1айийца,билгалъяккха йиш ю вайн маттахь. Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах кхеташ боцу нах бу”,-аьлла воккхачу 1илманчас П.К.Услара.Дуьнен т1ехь 3000 ца кхоччуш мотт бу. Царех 3-4 хаа беза х1оранна. Нохчийн мотт хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а,дазалла а гайтана дукхах болу яздархоша шайн произведенешкахь,стихотворенешкахь. Нохчийн х1инцалера литературни мотт кхуьуш бу шерачу аренгарчу нохчийн диалектан буха т1ехь. Оцу диалектехь мотт буьйцуш берш бехаш бу Грозни-г1алахь а, цунна гонаха йолчу еа-пхеа районехь а.

-Х1инца, аша шайн тетрадаш т1ехь схьаязйийръю шаьш ц1ахь кечйина йолу сочинени.

ΙV.Дешархоша сочинении язъяр.

V. Тетрадаш схьалахьдар.

VΙ.Ц1ахь бан болх:

Урокан чулацам;Шалха элпаш а,церан нийсаяздар а.

1алашо:Шалха элпаш нийсаяздаран хаарш к1аргдар,шардар.

Урок д1аяхьар

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Дика язйина сочинени йоьшу хьехархочо.

ΙΙΙ.Шалха элпаш,церан нийсаяздар карладаккхар.

а) Хьехархочун дош.

Вайн йоза гуттара хилла дац оьрсийн алфавитан бух т1ехь.

б) -Маса шалха мукъа элп ду нохчийн маттахь?Мукъазниш?

-Тетрадашна а, уьна а т1е д1аязде уьш.

-Муха ду церан кхолладалар?

-Дешархочо х1окху дешнийн диктант т1ехь дина г1алаташ нисде:

Дуккха, аьккхийн, ашкал, б1ег1иг, дакъаш (даккъаш), делкъалц(делккъалц), опа(оьпа),алха, арга, баккхал (бакалея),бахьаш,ц1къоц1къам, юкъкъехь.

ΙV.Дозуш долу къамел кхиор.

Уьн т1ехь хьалххе язйина байташ ю. Церан чаккхе хьехархочо книги т1ера йоьшу:

Юрт хадош цхьа бере хаьхкина воьду,

Х1ораммо куьг ластош, иза чувоьху,

Амма, йорт ца малъеш,т1ехтуьлу и…

Еха к1айн цуьнан маж мохо юхатуьйсу,

Цецбевлла, ларарца нах т1аьхьа хьуьйсу.

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муьлха ц1е туьллур яра аша цунна?

-Шу цецдевлла х1умма а дуй церан чулацам т1ехь?

-Шаьш кегий хетий шуна иштта г1иллакхе хила?

-Цхьанна гуш хила дезий г1иллакх?Гуттара ларъян езий оьздангалла?

V.Дешархошка шаьшка болх байтар.

1.Кхочушде 6-г1а шардар.

-Муха хуьлу шалха элпаш?

-Маца кхолладелла йоза?

-Маса ду шалха элп?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Шалха элпийн нийсаяздар карладаккха.

2.Кхочушде 7-г1а шардар.

Урокан чулацам:Омонимаш,синонимаш,антонимаш.

Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс.

1алашо:Омонимех а,синонимех а, антонимех а долу хаарш т1еч1аг1дар,уьш

юкъахь йолуш предло-женеш х1итто хаар. Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс

билгалъяхаран хаарш карладахар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

ΙΙΙ.Хьалххе- хаийтаран диктант.

Т1екхечира гуьйре. Стенна делахь а,оьпано санна латта ахка йолаелира сурок(экха).Раг1у к1елахь лаьттачу сайри к1ел а, цунна жимма сехьа а аракхоьхьучу лаьттан боккха барз х1оттийра цо. Дукха хан ялале т1улг а, жаг1а а болийра аракхехьа.Уьйт1арчу жимчу ц1ийнан лард а яра цо охкуш.

Боккха т1улг нисбелча, тоьттуш хьалабоьхьура цо иза.К1оргга лаьтта буха яхана, 1аьнна д1айижа кечлуш яра сурок.(Х-А.Берсанов.)

-Оьшучу интонацица д1аеша дийцаран кийсак.

-Шайн дешнашца схьайийца.

-Билгалдаьхначу дешнашна ялае антонимаш.

-Муха ду антонимийн лексически маь1на?

-Вайн маттахь дукхахдолчу дешнашна ялалур ярий антонимаш?

-Лардбохучу дешан лексически маь1на нийса я т1едеана ду?Муьлхачу шина маь1нехь лела и дош? Х1оттае цунна дошаман статья.

Кеп: лард[лардан,лардана,лардо,ларде,й; дукх.тер. лардаш,й].

1)Ц1ийнан бух (фундамент). Лард йог1а вуьйлира х1усамда.

2)Грамматически лард. Дешан лард билгалъяьккхира дешархочо.

-Латта-лаьттан-лаьтта буха-х1окху ц1ердешнашна лексически маь1на я кеп хуьйцу?

-Хан бохучу дашна ялае синоним.Муха хуьлу церан алар а, лексически маь1на а ?

Кхин дешнаш дуй кийсак т1ехь синоним яло мегар долуш?(Т1улг-чхар)

-Билгалдаьхначу дешнашна бе дошкхолладаларан къастам.

ΙV.Карладаьккхинарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 11-г1ий,12-г1ий,14-г1ий шардаш кхаа кепехь, дешархой кхаа тобане а боькъий.

2)Дешархошка кхочушдайтина шардарш доьшуьйту,г1алаташ тодо.

3)Кхочушдо 15-г1а шардар.Дешархошка доьшуьйту,г1алаташ нисдо.

V.Дозуш долу къамел кхиор.

1)Нохчаша шайна юккъехь лелочу оьздангаллех лаьцна дуьйцу дешархоша,учебникан 11-чу аг1он т1ерачу плане а хьовсуш.

2)Муьлха эпиграф ялор яра аша иштта чулацам болчу сочиненина?

3)Оьздангалла ца хилча, сий хир дуй стеган?

4)Оьзда бохучу дашна х1оттае дошаман статья.

Кеп: оьзда (билгалдош)- г1иллакхе,к1еда-мерза,бакъахьара стаг.Тхан да г1иллакхе,к1еда-мерза, бакъахьара стаг ву.

5).Учебникан т1ехь йолчу планах пайда а оьцуш, цхьана кехат т1е язъе сочинени ,х1окхарах цхьа ц1е а харжий:

1),,Оьздангалла стеган сий ду”

2),,Хьо оьзда хилалахь, х1ай къона нохчо!”

3),,Уггаре хьалха оьздаверг х1унда лерина вайн дайша?”

4),,Оьзда мотт- оьзданчун г1иллакх”.

-Стенах олу омонимаш,синонимаш, антонимаш?

-Произведенешна юкъахь лелайой уьш?

-Дукха маь1наш хуьлий церан?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)15-г1а шардар кхочушдо
2)Бакъо дагахь 1амо.

Урокан ц1е:Ц1ердош легор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.

1алашо:Ц1ердешан грамматически билгалонех долу хаарш карладахар,к1аргдар.Ц1ердашо предложенехь до синтаксически г1уллакх къастор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам балар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Масийттамо ц1ахь язйина сочинени д1айоьшу.Дешархошка хаттарш а долуьйтуш, сочиненеш ешначарна оценкаш йохку.

2)Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:

а)17-чу шардарна бухахь долчу хаттаршна йозанца жоьпаш ло.Даладо масалш.

б) Кхочушдо 17-г1а шардар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Дешархоша жоьпаш ло учебникан 12-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна.Даладо масалш.

2) Х1окху мог1анашкара ца оьшу дешнаш д1адайа:

3)Кхочушде 19-г1а шардар.

4)Муьлха къамелан дакъош ду а хьажий,х1окху кепа нисде дешнаш:

г) х1ара, иза,со,тхо,вай,шу,массо а.

-Х1ора дашна х1оттаде хаттар,йийца грамматически билгалонаш.

5)Муха къастор дара х1окху дешнаийн цхьаьнакхетаршна юккъера къаелан дакъош?

Говран оьзда - оьзда стаг

Чехка болар-чехка вог1ура

Латта ахка-арахь латта

-Муьлха къамелан дакъа ду къасталуш ца хилча, хуур дуй шуна цуьнан грамматически билгалонаш а,синтаксически г1уллакх а билгалдаккха?

-Вайн талламо х1ун гайти? Муха хуур ду къамелан дакъа нийса билгалдаккха?

-Дешархошца цхьаьна х1окху предложенеш т1ера къамелан дакъош билгалдаккху:

Стагана говза пхьпр хила дуккха хан а, ницкъ а беза.Цуьнан 1еминчу куьйгаша говза юьйцира юткъа бой.

-Хьалхарчу предложенехь говза боху дош муьлха къамелан дакъа ду?Муьлхачу дашца уьйр ю цуьнан?

Говза боху дош ц1ердашца уьйр а йолуш, цунах лозуш хилча, муьлха къамелан дакъа хуьлий лела?(билгалдош).

-Шолг1ачу предложенехь долчу говза бохучу дашна иштта таллам а бой къастадо иза хандашах дозуш хилар а, иза куцдош хилар а.Куцдош х1инца а 1амош дацахь а, иштта кхетам оцу къамелан декъах белча, дешархоша предложенина синтакически къастам беш атта билгалдоккхур ду:говза боху дош ц1ердашца уьйр йолуш делахь-иза къастам бу,ткъа хандешнашца уьйр йолуш делахь-латтам бу(хаттар цхьаъ делахь а)

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 24-г1а шардар.Билгалдаха къамелан дакъош.

Асмарт Доккмал цхьа шой биъ бутт жима яра.Цхьайтталг1а шо дара цуьнан.Тойсам цул цхьа шой ах шой жима вара.Уггар жимачу Сацитин ши шо дара.Човка бераш дийшинчуьра г1овттале йоьдура балха.Сатоссуш оза доладора хьелий. Бажа д1абаханчул т1аьхьа ц1а а йог1ий,ц1ахь г1уллакх а дой, балха юхайоьдура иза.Ткъа шаьш дисинчу бераша чоь юха а кегайора.(Х-А.Берасанов)

-Долахь долчу ц1ердешнашна буха сизаш хьакха.

-Бераша бохучу дашна морфологически къастам бе.

-Кегайора бохучу дашна дешх1оттаман къастам бе.

-Жима,жимачу,бераш,бераша бохучу дешнаша лексически маь1на я грамматически кеп хийцина?


7-г1а классан нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.

Нохчийн меттан белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:

– дешархойн хаарийн т1ег1а;

– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.

Дешаран предметан юкъара характеристика

Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггаре мехала гIирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь ша-тайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу. Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гlo до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гlo до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхи долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а. Цу шина матго дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь бокхха аьтто бо.

Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча цаторуш ду.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Цуьнца цхьана ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг – нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографи, пунктуаци, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо: аьзнийн а,элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош кьесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.

Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, предложенеш фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а талларций, орфограммаш, пунктограммаш бакъонца кьасто а, йовзийта а 1аморций.

Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса яздан 1амор а, карадерзор а.

Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел, цара тайп-тайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин башхаллаш ган а, йовза а еза.

Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош-кхиор доккха маь1на долуш ду.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал 1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически (говзаллин) г1ирсех). Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан а, литературин а – шина а предметан юкъара дакъа ду.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь, цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а ю.

Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.

Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.

5-чу классехь нохчийн мотт к1иранах 1 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

Белхан программин чулацам

Нена маттах лаьцна дош. 5-6 классашкахь 1амийнарг карладаккхар (4 сахьт)

Хандош цуьнан кепаш а (23 сахьт)

Хандош,цуьнан билгалонаш Хандешан саттамаш Хандешан бехкаман саттам Билгала а,бехкаман а саттамаш Хандешан лааран саттам Хандешан т1едожоран саттам

Хандешан спряженеш.Хьалхара спряжении Хандешан шолг1а спряжении Хандешан кхоалг1а спряжении Хандешан йоьалг1а спряжении Хандешан йоьалг1а спряжении Хандешан пхоьалг1а спряжении Хандешан нийса йоцу спряжени. Хандешан билгалзачу кепан ораман мукъа аьзнаш карарчу хенан орамехь хийцадалар,церан нийсаяздар. Хандешнийн кхолладалар Хандешан хаттаран кепаш Хандешнашца дакъалгаш-ца,-ма нийсаяздар Хандешнийн латтамийн кепаш Хандош морфологически къастор.

Причасти (9 сахьт)

Причасти а, цуьнан грамматически бшилгалона Причасти хенашца хийцаялар Лаамаза а, лааме а причастеш Причастин карчамаш Причастин кхоллаялар Причастин нийсаязъяр. Причасти морфологически къастор Причастин легар Причастин кхоллаялар.

Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а. Деепричастин хенаш а, церан нийсаязъяр а.

Деепричастин карчам а,цуьнан синтаксически г1уллакх а. Деепричастех 1амийнарг карладаккхар

Масдар а,цуьнан грамматически билгалонаш а. Масдар классашца а, терахьашца а, хийцадалар Масдар легар Масдарца дакъалг -ца нийсаяздар Масдаран карчамаш а, церан синтаксически г1уллакх а.

Куцдош (10 сахьт)

Куцдош, цуьнан грамматически билгалонаш. Куцдешан тайпанаш, церан маь1наш

Куцдешан синтаксически билгалонаш Куцдешнийн даржаш Куцдешнийн кхолладалар Куцдешан нийсаязда Куцдешан морфологически таллар

Г1уллакхан къамела дакъош

Дешт1аьхье (4 сахьт)

Дешт1аьхьенийн тайпанаш Дешт1аьхьенийн нийсаязъяр Дешт1аьхье, цуьнан билгалонаш

Хуттург (6 сахьт)

Хуттургаш а, цуьнан тайпанаш а. Хуттургийн нийсаязъяр

Дакъалгаш (5 сахьт)

Дакъалгаш а,церан маь1на а. Дакъалгийн тайпанаш Дакъалгийн нийсаяздар.

Ненан маттах лаьцна дош. 5-6 кл. 1амийнарг карладаккхар (4 сахьт)

Причасти 9с.

Деепричастии 5с.

Куцдош 10 с.

Дешт1аьхье 4 с.

Дакъалгаш 5с.

Айдардош 3с.

7-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг

Нохчийн мотт 1амийначу дешархочуьнгахь хила деза хаарш:

– нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

– нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар;

– къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

– шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.

– барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

– тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

– билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

– тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

Дешаран-методикин кхачаман ларам


-75%

+

2 Смотреть ответы Добавь ответ +10 баллов


Ответы 2

+

п.п. о семидясети

+

Другие вопросы по Русскому языку

Категория

Категория

Категория

Определить связи между следующими предложениями: (1)хоть на первый взгляд вопрос о том,как вести себя в обществе,и может показаться сущим пустяком,он имеет весьма важное значение.(.

Категория

408 предсавте что вы жуоэрналист вам нужно взять интервью у фламинго с опорой на текст напишите вопросы к интервью​.

Читайте также: