План урока латтам 5 класс

Обновлено: 03.07.2024

Открытый урок по родному (чеченскому) языку. Урок по теме ДХандешнийн латтаман кепаш. В ходе урока использовалась презентация, игровые моменты, стихи, эпиграфы. В течении урока использовались здоровьесберегающие технологии, создавались проблемные ситуации.

Оценить 740 0

Урок №21 Хандешнийн латтаман кепаш

Хандешнийн латтамийн кепаш. Церан билгалонаш хаар.

Вай тахана хандашах лаьцна кхин а керланиг 1амор ду.

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хандешнийн латтамийн кепех а, церан билгалонех а лаьцна.

Шуна 1емар ду: уьш предложенехь схьакъасто, царна хаттарш х1итто, уьш муха кхоллало, предложенин муьлха меже хуьлий лела а.

Дар я хилар мича хьолехь,

Маца, муха, муьлха меттехь,

Х1унда, мича 1алашонца

Кхочушхуьлу гойту ас.

Шаьш цатешахь, де аш хаттар –

Гучубер бу т1аккха….(Латтам)

Хандешан а, латтаман а билгалонашца йоьзна ю вайн таханлера урокан тема.

Хандешан латтамийн йиъ кеп ю: хенан, меттиган, 1алашонан, бехкаман.

Хандешан хенан, латтаман кепо жоп ло маца? мацале? маццалц? маца дуьйна? – бохучу хаттаршна.

Хьо тхоьга веача вайша лийча г1ур ву. (г1ур ву маца? – веача).

Дог1а т1екховсале докъар д1адилла деза. (д1адилла деза мацале? – т1екховсале)

Малх схьакхетталц туьйранаш дийцира оха. (дийцира маццалц? –схьакхетталц).

Нус ялийчахьана г1уллакхаш тоделира марненан. (тоделира маца дуьйна? – ялийчахьана).

Хандешан хенан латтаман кеп хандешан орамера мукъаза аз шалха а долуш, цунна хьалха дакъалг -ма я т1ехьа суффикс – ехь кхетарца кхоллало.

Автобус ма – сеццинехь чуьра нах аралилхира.(ма-сеццинехь- хенан латтам)

Меттиган латтаман кепан хандешнаша жоп ло мича? мичахь? мичара? бохучу хаттаршна.

Иза кхоллало карарчуй, яхана яьллачуй хенийн хандешнашна т1е - чу, - чохь, - чуьра, суффиксаш кхетарца.

Масала: Хьаша ца вог1учу беркат ца дог1у. (ца дог1у-мича? – хьаша ца вог1учу).

Вовше ларам бечохь сий хуьлу. (мичахь?)–бечохь.

Селхана сецначуьра д1адолийра хьехархочо дийцар. (мичара?) – сецначуьра.

-1алашонан латтаман кеп кхоллало билгалзачу кепан хандашна т1е –хьама суффикс кхетарца.

Бераш ишколе даьхкина дешархьама.

Кхаъ баккхархьама хьалххе кхечира Тимур.

Хандешан орам т1е –ахь, -ехь суффиксаш кхетарца хандешан бехкаман кеп кхоллало.

Масала: Ахь кхайкхахь сихха схьавог1ур ву со.

Стаг шен маттаца вехаш велахь мохк цуьнан бу.

Ахь аьллехь хуур дара суна.

-Х1инца тахана дийцинарг т1еч1аг1дийр ду вай, х1ара т1едахкарш кхочушдеш.

-Х1ара т1едиллар цхьаьна кхочушдан хьовсур ду вай.

Хандешнийн латтамийн кепашбилгалъяха.

Куьпчичо шен пхьег1ийн т1ам шена луъучу буьллу. (луъучу-меттиган латтаман кеп)

Со воьду къеначу инарлас кхайкхинчу. (кхайкхинчу – меттиган латтаман кеп)

Йо1 д1а ма-яхханехь к1ентан чоэх болу маха схьабаьккхина накъоста.

(ма-яхханехь –хенан латтаман кеп)

Тхо а даьхкинера шу гархьама. (гархьама -1алашонан латтаман кеп)

Ма харц хир ву хьо, хьуна и моттахь.(моттахь – бехкаман латтаман кеп)

Ша лаьттачохь сецира иза. (лаьттачохь – меттиган латтам)

- Х1окху хандешнех кхолла хуур дарий шуна– чу, - чохь, - чуьра суффиксийн г1оьнца меттиг гойту латтаман кепаш?

Гулбала, дийца, д1ахьажа.

Кеп: совца - совцучу, совцучохь, сецначохь, сецначуьра.

Т1едиллар нийсаишттахир ду:

гулбала – гулбеллачу - гулбеллачохь – гулбеллачуьра

дийца – дуьйцучу – дуьйцучохь – дуьйцучуьра

д1ахьажа –д1ахьаьжначу – д1ахьаьжначохь – д1ахьаьжначуьра

1амийнарг т1еч1аг1деш лахахь ялийначу предложенешкара латтамаш шайн тайпанашка хьаьжжина къасто хьовсур ду вай.

Тохара ша сехьа ваьллачохь, д1анехьо гира цунна цхьа яьсса г1ота.

Шина балдах арадаллалц, хьан лай ду дош, арадаьлча – хьо цуьнан лай ву.

Къахетта, дог лезна ахь витахь, 1аьржа латта санна, тешаме к1ант ву со.

Хьоьга са ца гатдайтархьама доцца аьр ас.

Хенан латтам -ардаллалц

1алашонан латтам - цагайтархьама

Х1окху урокехь вай 1амийра хандешнийн латтамийн кепаш. 1амийнарг т1еч1аг1деш кхочушдира масех т1едиллар. Цул совнаха керла дешнаш а девзира вайна, уьш дага доуьйтур ду вай:

Куьпчи – эчигах пхьег1а йийриг (оьрсийн маттахь - гончар)

Инарла – (оьрсийн маттахь – генерал )

Чоа – г1овтал (оьрсийн маттахь – шинель, черкеска)

Г1ота – жа кхобу меттиг (оьрсийн маттахь – место для овец)

Ц1ахь хандешнийн латтаман тайп-тайпана кепаш юкъа а ялош, предложенеш х1иттае.

Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.

1одика йойла шун, марша 1ойла.

Пайдаэцна литература:

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Автор программы понятие "Этикет" рассматривает в самом широком смысле, ставит очень актуальные задач. Подробнее.

Особенно ценно, что именно учитель, совместно с психологом, является автором программы адаптации реб. Подробнее.

Соглашусь с мыслью учителя о необыкновенной важности духовно-нравственного воспитания у детей в млад. Подробнее.

Замечательно, что воспитатель ставит задачу развивать коммуникативные навыки у учащихся младших клас. Подробнее.

Прекрасное раскрытие темы, очень полезные приемы и стратегии, которые используются на уроках. Думает. Подробнее.

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Техкаш чувирзира Бер карахь дада, Поднар т1е меллаша Йиллира йо1.

И т1едиллар кхочушдале хьалха карладоккхур вай:

1.латтамаш стенах олу; 2) муьлхачу хаттаршна жоп ло цара; 3) муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало уьш; 4) уьш сказуемих бозуш хилар; 5) царний, сказуеминий юккъехь т1етовжар я урхалла хилар.

Латтамаша гойту дар я хилар муьлхачу хьолехь кхочушхулу. Маца? Мичахь? Х1ун 1алашо йолуш? Х1унда? Муха? бохучу хаттаршна жоп ло латтамаша. Предложенехь латтамаш хуьлу ц1ердашах, масдарх, куцдашах, деепричастих, хандешан билгалзачу кепах, ц1ерметдашах.

Чувирзира муха? техкаш –даран-суьртан латтам

Йиллира муха? меллаша-даран-суьртан латам

б) Ваша д1авахара муха?-г1аш

мича 1алашонца?-гергарчаьрга хаам бан

  1. Латтамех лаьцна болу кхетам вайн болуш бу, ткъа х1инца вай дуьйцур ду шакъастиначу латтамех лаьцна. Интонацица, маь1ница, соцунг1ица предложенин дешнех д1акъастош ялочу меженех шакъаьстина меженаш олу.

Масала: Корана хьалхахь, ц1енкъахь , 1уьллура говраш лохку шед. (Ц1енкъахь-шакъаьстина меттиган латтам).

Деепричастех а, деепричастин карчамах а кхоллабелла шакъаьстина латтамаш предложенехь запятойца билгалбоху, масала: Малх а, гучубаьлла, маршалла хоьттуш, боьлура. (Маршалла хоьттуш-деепричастин карчамах кхоллабелла латтам).

Нагахь санна деепричасти сказуемина уллохьа лаьтташ, маь1ница цунна герга елахь, запятой ца х1оттайо, масала: Сирчу т1улгашна юккъехула хи детталуш дог1ура. Деепричастих кхоллабелла шакъаьстина латтам –детталуш.

Нагахь санна деепричастии сказуемина юкъаяг1ахь, запятойш ца х1оттайо, масала: Цхьа стаг хилла генара новкъа вог1уш. (С.Б.) Генара новкъа-деепричасти

Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу.

Ладарийн ши тача, Беснеш а т1адош, Меллаша ч1енгехьа Д1ашершаш го. Вехха и лаьттира, Меттах ца волуш, Шегарчу бохамна Хьере а хилла, Г1аьттира бекхамна, Ца хьелуш кхин.

Билгалбохур вай шакъаьстина латтамаш, церан бакъонаш карла а йохуш.

Х1инца вай 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу, учебниках пайда а оьцуш

  1. Майданна т1ехула, хьаьвзаш шуьйра го а баьккхина, ловзуш пел бог1ура цхьа исбаьхьа к1айн кхокха. (Н.М) 2. Цкъацкъа, ойлане йолий, сан гипс тоьхна долчу куьйге а хьожий, доккха са доккхура йо1а. 3. Стохкалера мажъелла яраш д1айохуш, дитташ т1ера дакъаделла, кеглелла генаш д1ахедош, гонахара латта охкуш, белхаш бора ас бешахь. (Ш.М.) Шен готтачу х1усамна дан г1о доцуш г1овг1анца ха хоьрцу дерачу Органо. (Н.Ф.)

Билгалбохур бу деепричастех кхоллабелла шакъаьстина латтамаш. Хьалхарчу предложенехь хьаьвзаш шуьйра го а баьккхина - деепричастех кхоллабелла шакъаьстина латтамаш бу. Шолг1ачу предложенехь ойлане йолий, сан гипс тоьхна долчу куьйге а хьожий-шакъаьстина латтамаш бу.

Х1окху урокехь 1амийнарг т1еч1аг1деш кхин цкъа карладоккхур ду вай:

-Билгалбохур бу вай латтамаш, шакъаьстина латтамаш.

«Черкасийн и юткъа черт яржош т1етесна,

Цу т1е даржош к1айн истанг диллина,

Суьйранна лампа латийна, чоь серлаяьккхина,

Ша шена сакъера багахь узам ва беш,

Нахаца йолчу йоьхьана, куьйга тираш ва еш,

Х1окху урокехь вай шуьца карлабехира латтамаш, деепричастех хилла болу шакъаьстина латтамаш. Дийцира вай уьш предложенехь запятойца билгалбахар, нагахь санна деепричасти сказуемина уллохь лаьтташ, маь1ница цунна герга елахь, запятой ца х1оттаяр а.

Ткъа х1инца, вайн урок ерзаяле, хьовсур ду вай муха кхийтира иллин кийсакан чулацамах.

Х1окху кийсака т1ера черкасийн, черт, к1айн истанг, узам ва беш, тираш еш, хьомсара - дешнаш оьрсийн матте дохур ду вай.

Иштта хир ду уьш:

Черт - рогожа, циновка, плетенка;

К1айн истанг - войлок белый, ковер - в устаревшее время;

Узам ва беш –напевая;

Тираш еш –вышивая;

Хьомсара -любимая, возвышенная.

Муьлхачу маттера даьхкина х1ара дешнаш нохчийн матта юкъа: хан, т1оьрмиг, чоа, терза, йовлакх, г1уллакх, куьзга, ахча, тапча, совг1ат, жоп, хьекъал, хьаькам, та1зар, собар, 1алам, х1аваъ, эскар, сахьт,сибат.

Иштта хир ду уьш:

Йовлакх, г1уллакх, куьзга, ахча, тапча, совг1ат, хан, т1оьрмиг, чоа, терза-туркойн маттера;

Жоп, хьекъал, хьаькам, та1зар, собар, 1алам, х1аваъ, эскар, сахьт,сибат-1аьрбойн матера.

Вайн мотт хаза а, исбаьхьа а мотт бу. Вайн мотт хьалдолуш а, аьхна мотт бу, уггаре а хала а, к1рггера а дог-ойланаш ма-ярра ц1ена а, нийса а, юьззина д1айийца а, билгалъяха а йиш йолуш.

Дала ненан мотт безаран т1ехь ч1аг1дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда ма дойла цхьанна а нохчочунна! И 1омо, талла Дала хьуьнар лойла вайна массарна.

Цу т1ехь вай урок ерзор ю. Т1ейог1учу урокашкахь шун кхиамаш кхин а совбохур бу вай. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

Посмотрите также:

Наверх Бесплатные презентации по различным предметам, 2016—2019
Все права на материалы, находящиеся на сайте, принадлежат их авторам. Все презентации были собраны из открытых источников.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Цель: обобщение и развитие знаний обучающихся о свойствах сложения и умножения, формирование навыка применения полученных знаний в жизненных ситуациях.

Задачи:

развивающая: обеспечить возможности управления познавательной и учебной деятельностью, развивать умение анализировать, сравнивать, обобщать, делать выводы, самостоятельно ставить цели, развивать внимание, формировать коммуникативную компетенцию учащихся; выбирать способы решения задач в зависимости от конкретных условий; рефлексия способов и условий действия, контроль и оценка процесса результатов деятельности.

воспитательная: создать возможность сотрудничества: умение слышать, слушать и делать выводы, планировать и согласованно выполнять совместную деятельность, взаимно контролировать действия друг друга, уметь договариваться, вести диалог, правильно выражать свои мысли, оказывать поддержку друг другу, эффективно сотрудничать как с учителем, так и со сверстниками;

Тип урока: усвоение новых знаний

Формы работы учащихся педагогика сотрудничества, групповая технология, информационно-коммутативная технология

Необходимое техническое оборудование: карточки с заданиями, компьютер, презентация.


5-г1а классан нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.

Содержимое разработки

5-г1а классан нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.

Нохчийн меттан белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:

– дешархойн хаарийн т1ег1а;

– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.

Дешаран предметан юкъара характеристика

Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггаре мехала гIирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь ша-тайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу. Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гlo до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гlo до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхи долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а. Цу шина матго дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь бокхха аьтто бо.

Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча цаторуш ду.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Цуьнца цхьана ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг – нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографи, пунктуаци, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо: аьзнийн а,элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош кьесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.

Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, предложенеш фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а талларций, орфограммаш, пунктограммаш бакъонца кьасто а, йовзийта а 1аморций.

Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса яздан 1амор а, карадерзор а.

Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел, цара тайп-тайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин башхаллаш ган а, йовза а еза.

Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетош-кхиор доккха маь1на долуш ду.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал 1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически (говзаллин) г1ирсех). Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан а, литературин а – шина а предметан юкъара дакъа ду.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь, цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а ю.

Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.

Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.

5-чу классехь нохчийн мотт к1иранах 1 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

Белхан программин чулацам

Мотт - адамийн уьйран уггар мехала г1ирс.

Юьхьанцарчу классашкахь 1амийнарг карладаккхар.(2 сахьт)

Къамелан дакъош.(6 сахьт)

Къамелан дакъош къасто хаар. Ц1ердош, цуьнан терахь, дожарш легар

Билгалдош, цуьнан легар. Билгалдош кхечу къамелан дакъойх схьакъасто хаар.

Синтаксис а, пунктуаци а.(7 сахьт)

Синтаксисах лаьцна юьхьанцара кхетам.

Дешнийн цхьаьнакхетар. Предложенехь коьрта а, дозуш долу а дешнаш вовшех кьасто хаар. Предложени. Предложенийн тайпанаш. Дийцаран предложени. Предложенийн тайпанаш. Хаттаран, айдаран предложенеш.Предложенийн тайпанаш. Хаттаран, айдаран предложенеш.

Предложенин коьрта меженаш.(4 сахьт)

Предложенин коьрта меженаш. Предложенин коьрта меженаш. Сказуеми.

Предложенин коьртаза меженаш.(14 сахьт)

Предложенин коьртаза меженаш. Кхачам, цуьнан синтак-сически билгалонаш. Предложенин коьртаза меженаш. Къастам, цуьнан синтаксически билгалонаш. Предложенин коьртаза меженаш. Латтам, цуьнан синтаксически билгалонаш. Яржаза а, яьржина а предложенеш. Уьш вовшех къасто хаар. Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна кхетам балар, цаьрца йолу хуттургаш. Цхьанатайпанарчу меженашкахь юкъара дешнаш. Юкъарчу дашна т1ехьа ши т1адам биллар. Цхьанатайпанарчу меженашца хуттургаш. Т1едерзар. Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш.

Цхьалхе а, чолхе а предложенеш.

Хуттургаш йолу чолхе предложенеш. Чолхечу предложенешна схемаш х1иттор. Авторан дешнел т1ехьа а, царна хьалха а ма -дарра къамел. Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш. Диалог. Диалоган репликашна хьалха йозанехь тире. Диалог схьакъасто а, диалогехь репликаш муьлхарш ю а хаар.

Фонетика. Графика. Орфографи.(16 сахьт)

Йозанехь къамелан аьзнаш билгалдахар. Нохчийн алфавит (элпаш, аьзнаш, абат). Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Зевне а, къора а мукъаза аьзнаш. Зевне а, къора а, легашна т1ера аьзнаш кхолладалар.

Шала мукъаза элпаш. Шалха элпаш. Церан нийсаяздаран бакъонаш. Я, яь, ю, юь, е, ё элпийн маь1на а, церан яздар а. Й элпан маь1на а, нийсаяздар а. Деха а, доца а мукъа аьзнаш. Доца шеконан мукъа аьзнаш

(А, У, И), церан нийсаяздар. Дифтонгаш. Йиш хадоран хьаьрк. Мукъачу аьзнийн мерах алар.

Лексика.(11 сахьт)

Лексиках юьхьанцара кхетам. Дешан грамматически а, лексически а маь1нех кхетар. Дошамех пайдаэца хаар. Дешнийн маь1наш. Дешнийн масех маь1на хилар; тардинчу маь1нехь а лелар, уьш вовшах къасто хаар. Омонимаш. Къамелехь омонимаша деш долу г1уллакх. Синонимаш. Къамелехь синонимаша деш долу г1уллакх. Антонимаш. Къамелехь антонимаша деш долу г1уллакх. Дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш. Лексиках 1амийнарг карладаккхар.

Морфологи. Дошкхолладалар а, орфографи а.(10 сахьт)

Дошкхолладаларх, орфографех кхетам балар. Дешнийн хийцадаларан а, кхолладаларан а некъаш. Дешнийн кхолладалар, церан некъаш а, нийсаяздар а. Дешан лард а, чаккхе а. Чаккхенийн грамматически маь1на. Орам а, гергара дешнаш а. Дешхьалхе а, цо дашна луш долу маь1на а. Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш. Суффикс. Цуьнан тайпанаш. Суффиксийн маь1на.

Ц1ердош.(29 сахьт)

Ц1ердош, цуьнан грамматически билгалонаш. Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш. Ц1ердешнийн терахьаш. Ц1ердешнийн грамматически классаш. Ц1ердешнийн дожарш, церан маь1на, рог1алла, хаттарш. Ц1ердешнийн легарш. Ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр. Дукхаллин терахьан ц1ердешнийн легар. Оьрсийн маттера т1еэцна т1еэцна дешнаш нийсаяздар. Ц1ердешнийн кхолладаларан некъаш. Дацаран дакъалг ца ц1ердешнашца нийсаяздар. Ц1ердешнийн суффиксаш. Цхьана дешдекъах лаьттачу ц1ердешнийн нийсаяздар. Ц1ердош морфологически къастор. Ц1ердашах 1амийнарг карладаккхар.

Пхоьалг1ачу классехь 1амийнарг карладаккхар.(5 сахьт)

Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш. Предложенин цхьанатайпанара меженаш. Лексика. Дешнийн маь1наш, омонимаш, синонимаш, антонимаш. Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс. Ц1ердош, цуьнан терахь, классаш, легар.

Карладаккхар (2 сахьт)

Къамелан дакъош. (6 сахьт)

Синтаксис а, пунктуаци а. (7 сахьт)

Предложенин коьрта меженаш. (4 сахьт)

Предложенин коьртаза меженаш. (14 сахьт)

Фонетика. Графика. Орфографи. (16 сахьт)

Лексика. (11 сахьт)

Морфологи. Дошкхолладалар а, орфографи а. (10 сахьт)

Ц1ердош. (29 сахьт)

Пхоьалг1ачу классехь 1амийнарг карладаккхар. (5 сахьт)

Дерриге (136 сахьт)

5-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг

Нохчийн мотт 1амийначу дешархочуьнгахь хила деза хаарш:

– нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

– нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар;

– къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

– шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.

– барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

– тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

– билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

– тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

Дешаран-методикин кхачаман ларам


-75%

Читайте также: