План урока элп ь яздар

Обновлено: 07.07.2024

Открытый урок родного (чеченского) языка. Изучение буквы и звука Т. В ходе урока используется презентация, эпиграфы, стихи. в течении урока создаются различные проблемные ситуации, используются здоровьесберегающие технологии.

Оценить 1571 0

Урок №16 Мукъаза аз а, элп а Тт довзийтар, яздар

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.

Тахана вай на девзар ду керла аз, элп Тт.

Иштта и элп яздан а Iамор ду вай.

Хьо бека бисалахь

Тахконза дисинчу аганна;

Хьо хезчохь бисалахь

Нана мел езачу беранна.

Хьо баха бисалахь,

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

Ненан, тахконза, дисинчу, аганна, нана,беранна, нохчийн, цуьнца.

Бераш, хIетал-металш дагадахкуьйтур ду вай:

Слайд: (суьрташ гайта)

Даима стигала хьалахьоьжург? (туьнкалг)

Мукх ца баабо, шед ца етта,

амма охуш ворхI нох такхадо? (трактор)

Цхьа дог долу ши ваша? (тукар)

- Цу дешнийн юьххьехь вайна хеза аз т.

- ХIинца тукар боху дош дешдакъошка доькъур ду вай.

Слайд: ТУ-КАР

- Цу дашехь ши дешдакъа ду;

- Хьалхара дешдакъа ту ду;

ШолгIа дешдакъа кар ду.

Хьалхарчу дешдекъехь хьалхара аз т ду;

Эр ду вай массара аз тттт.

Т аз олуш багахула арадолучу хIаваана новкъарло хуьлу, цундела т мукъаза аз ду.

Т - хIара доккха зорбанан Т ду;

т - хIара зорбанан жима элп т ду.

ХIинца хьовсур ду вай зорбанан Т элп стенах тера ду.

Тхов тIехь лаьтташ ю антенна.

Гуш ю иза xlopa денна.

Т – элп хилла хьаладаьлла,

Девзи тхуна иза халла. (Антенна)

- ХIинца вай доьшур ду т элп юкъахь дешдакъош.

- ХIинца вай доьшур ду т элп юкъахь дешнаш.

Тептар тукар тешам таллархо

туьха тарсал тата турмал

тур топ тача тидам

ХIинца вай хьовсур ду кху суьрте. Кху сурта тIехь вайна го телевизор, телефон, торт, тюльпан - (алцIезам)?

Вай Iамийна аз т вайна хеза хIокху дешнийн юьххьехь.

Бераш, вайна девзи керла элп ТТ, и элп юкъахь дешдакъош, дешнаш а дийши вай.

- Элпаш хуьлу даккхий а, могIанан а.

Слайд: (гойту доккха а, могIанан а элпаш Тт элп яздаран кеп.)

Т - хIара йозанан доккха Т элп ду;

т - хIара могIанан элп т ду.

ХIинца вай яздийр ду могIанан элп т.

МогIанан элп т яздо белхан могIан чохь. Лакхара охьанехьа сизанна тIекхаччалц охьахьакха еза гIаж, тIаккха аьрру агIор цхьажимма хьалахьокху, юха юккъера сиз хьокху лакхара дуьйна лахарчу сиза тIе охьакхаччалц, кхин дIа кхоалгIа сиз хьокху лакхара лахара сиза тIе охьакхаччалц, аьтту агIор цхьажимма хьалахьокху, иштта кхаа гIожа тIехула жимма хьовзадеш сиз хьокху Iасанах тера долуш, раз яьккхинчу Iасанах терахуьлу и сиз, иштта йозанан доккха элп Т яздо.

- Цкъа хьалха кепа тIаьххье хIаваэхь яздан хьовсий вай элп т.

- Цул тIаьхьа тетрадаш тIе язде.

Т - элп доккха а, жима а хуьлу.

- Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.

Т - хIара йозанан доккха Т элп ду; Доккха элп Т еа меженах лаьтта: нийса кхо гIаж, тIехула тхов.

- Цкъа хьалха кепа тIаьххье хIаваэхь яздан хьовса элп т.

- Цул тIаьхьа тетрадаш тIе дIаязде.

Йозанан доккха элп Т яздар.

- ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна гIоьнан могIанна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш техкарг юьллу аьрру агIор, цу тIера дIа тасалург. ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна гIоьнан могIанна юккъе. ОхьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна гIоьнан могIанна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш техкарг юьллу аьтту агIор, цу тIера дIа тасалург. ТIехула белхан а, гIонан а могIанашна юккъехула дIа сиз хьо аьрру агIор маьIиг юьллуш.

Т Т Т

- ХIинца вай яздийр ду т элп долу дешдакъош:

Та то ту ти те; ат от ут ит ет.

- Вай Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:

Схьаяздийр ду вай т элп хьалха долу дешнаш, дешдакъошка а доькъуш.

Трактор, ахча,туьха, мача, тача, тапча, бохча,

тукар, Таиса, Тоита.

Нийса жоп:

Трак-тор, туь-ха, та-ча, тап-ча,

ту-кар, Та-иса, То-ита,.

- ХIинца т элп юккъехь долу дешнаш, яздийр ду вай дешдакъошка а доькъуш.

Иту, синтар, Султан, Сату, ет, итт .

И-ту, син-тар, Сул-тан, Са-ту.

Лакхахь вай яздина дешнаш юкъахь а долуш цхьа предложени язъе.

Султана синтар дуьйгIира.

Вайн предложенехь кхо дош ду:

Хьалхара дош - Султана;

ШолгIа дош - синтар;

кхоалгIа дош - дуьйгIира.

Шайна юкъахь т элп долу дешнашна буха сиз хьакха.

Султана синтар дуьйгIира.

Вайна девзи мукъаза аз а, элп а Тт, иштта и элп яздан а Iеми вайна.

- Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

- Шун Iодика йойла. Марша Iойла!

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Автор программы понятие "Этикет" рассматривает в самом широком смысле, ставит очень актуальные задач. Подробнее.

Особенно ценно, что именно учитель, совместно с психологом, является автором программы адаптации реб. Подробнее.

Соглашусь с мыслью учителя о необыкновенной важности духовно-нравственного воспитания у детей в млад. Подробнее.

Замечательно, что воспитатель ставит задачу развивать коммуникативные навыки у учащихся младших клас. Подробнее.

Прекрасное раскрытие темы, очень полезные приемы и стратегии, которые используются на уроках. Думает. Подробнее.

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

1алашо: йозанан элп ъ довзийтар. Элп ъ дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан элп ъ . 1емар ду и нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо . Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан. Берашна хуур ду

Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна хуур ду ъ элпошиъ некъ лелош хилар: мукъа аз билгалдо, къасторан хьаьркан маь1нехь лела. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина д1адахьа.

У рок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо терахьаш.

-Д1адеша терахьаш. Ала ШИЪЪ. Муьлха аз хеза дешан чаккхенгахь? (Аз (Ъ)).

-Ала КХОЪЪ. Муьлха аз хеза чаккхенгахь? (Ъ).

-Ала ДИЪЪ. Муьлха аз хеза чаккхенгахь? (Ъ).

-Ала ПХИЪЪ. Муьлха аз хеза чаккхенгахь? (Ъ).

-Аз (Ъ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

-Хьанна хаьа аз (Ъ) муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь? (Берийн жоьпаш).

-Бераш , йозанехь аз (Ъ) билгалдо ъ элпаца.

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн дешар тахана д1адоладели терахьашна т1ера. Цундела таханлера т1едахкарш терахьаш т1ехь ду. Шайна эзачу оценке а хьахий схьаэца терахьашца. Билгалбаккха тахана шаьш бен болу болх. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

Бераш , вайна тахана девзар ду йозанан элп ъ . 1емар ду нийса а , хаза а элп ъ ша цхьаъ а , дешнашкахь а яздан.

4. Йозанан элп ъ довзийтар , яздар.

Элп ъ довзийтар.

-Бераш , яханчу урокехь муьлха элп девзира вайна? (ъ).

-Гайта массара зорбанан элп ъ . (Бераша гойту).

-Хьанна карор дара шуна йозанан элп ъ ? (Хьехархочо д1аделла хила деза тайп –тайпана элпаш. Бераша д1агойту).

- Х1ара йозанан элп ъ ю.

-Стенах тер аду элп ъ ? (Ь элпах тера ду ).

Элп ъ д1аяздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо элп ъ яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале. Билгалонна деллачу сизе терра хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь техкарг юьллу. Охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь аьрру аг1ор воьдуш , д1акъовлу элп.

-Д1аязде элпаш тептарш т1е.

ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъ ъъ ъ

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

ШИЪ дешан схема х1оттор.

Бахбелла 1ийсана некъ:

Кхаьрдаш ву тахана шех.

Меллаша боккху цо ког.

Сихделла деттало дог

Кхуо нанас аьлларг ца ди,

Цундела кхо даьккхи шиъ.

«1амаде - бехира цо, -

Буьркане бахийта гуо.

Цундела деана вон.

Бахбелла 1ийсана некъ,

Г1айг1а ю д1аеллар не1.

-Муха к1ант ву 1ийса? (Ледара).

-Х1унда? (Цовон доьшу , нанас аьллар ца до).

- Муьлха оценка яьккхина цо? (Шиъ).

-Маса дешдакъа ду ШИЪ дешан? (Цхьаъ).

-Ала ШШИЪ. Муьлханиг ду хьалхара аз? (Ш).

-Аз (Ш) мукъа ду я мукъаза ? (Мукъаза).

-Ала ШИИЪ . Муьлханиг ду шолг1а аз? (И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ? (Мукъа).

Ала ШИЪЪ. Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Ъ).

-Аз (Ъ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп ду ШИЪ дашехь? Аз? Йилла схема.

-Абатан 79-г1а аг1о д1аелла. Тидам бе шаьш йиллинчун , цу т1ехь гайтинчун. Нийса йиний аша?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Бераш тобанашка доькъу. Xlopa тобано ша билгалдечу олхазарх я дийнатах аз тардеш моттарг1анаш йо. Масала:

Хьехархочо ша т1ех мел йолучу тобанна хьалхарчу парта т1е куьг тухуш, хотту: «Мила ву х1окху ц1аьлга чохь 1аш? Бераша жоп ло.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешнашкахь элп ъ яздар.

Уьн т1е д1аяздо.

Шиъ , диъ , диъна , 1айнаъ , Залпаъ , 1айнаъ.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Предложени язъяр.

Залпаъ а, Салман а деша дахара.

-Д1аеша предложени. Стенга дахара Залпаъ а , Салман а? Маса дашах лаьтта и предложени? Муьлхачу элпаца йолайо предложени? Х1ун юьллу чаккхенгахь?

-Д1аязъе предложени. Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Муьлха элп девзи шуна? Муьлха аз билгалдо цо? Мукъа ду и аз я мукъаза ду?.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан даьккхи пхиъ?

1алашо: йозанан элп ъ довзийтар. Элп ъ дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан элп ъ . 1емар ду и нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо . Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан. Берашна хуур ду

Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна хуур ду ъ элпошиъ некъ лелош хилар: мукъа аз билгалдо, къасторан хьаьркан маь1нехь лела. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина д1адахьа.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Пхиъ , шиъ , кхоъ , шелъелла , диъ.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дош ду совнаха? (Шелъелла).

-Х1унда? (Дисинчу дешнийн цхьаъ бен дешдакъа дац, ШЕЛЪЕЛЛА дешан кхоъ дешдакъа ду).

ШЕЛЪЕЛЛА дешан схема х1оттор.

-ШЕЛЪЕЛЛА дешан масса дешдакъа ду? Муьлханаш ду уьш?

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Ш)

-Аз (Ш) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (Э)

-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Л)

-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

Муьлханиг доьалг1а аз? (Л)

-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

Муьлханиг пхоьалг1а аз? (А)

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Маса аз ду ШЕЛЪЕЛЛА дашехь? (Пхиъ).

-Маса элп ду? (Ялх).

-Х1унда ду пхиъ аз , ялх элп ? (Берийн жоьпаш).

-ШЕЛЪЕЛЛА дашехь ъ элпо цхьа а аз билгал ца до, кхузахь и къасторан хьаьркан маь1нехь лела. Схьакараде абатан 80 –аг1он т1ехь элп ъ къасторан хьаьркан маь1нехь лела дешнаш. Д1адеша уьш.

-Муьлхачу элпана техьа ду элп ъ ? (Мукъаза ).

-Муьлхачу элпашна хьалхахь ду? (Мукъа элпашна Е , Я).

-Мича меттехь хилча лела элп ъ къасторан хьаьркан маь1нехь? (Берийн жоьпаш).

-Хьалхара дешдакъа мукъаза элпаца чакхдолуш делахь (къевлина), шолг1а дешдакъа Е, Я элпаца долош делахь , царна юккъе къасторан хьаьрк юьллу.

3. 1алашо йовзийтар.

- Бераш , таханлера т1едахкарш ду Лайн-бабанаш чохь. Х1ора Лайн баба схьа а оьцуш ,шайн белхан план х1отта е. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду

-Бераш , вай тахана а , 1амор ду элп ъ яздан. Шуна 1емар ду и цхьаъ ша а , дешнашкахь кхечу элпашца хоьттина а яздан.

4. Элп ъ цхьаъ ша а , дешнашкахь а яздар.

Элп ъ цхьаъ ша яздар.

(Берийн тептарш т1ехь д1аязбина хила беза моганаш).

-Д1аязде и элпаш. Уггара хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адам билла.

Элп ъ дешнашкахь яхдар . Къасторан (ь , ъ) хьаьркийн тидам бар .

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Шелъелла , хазъелла , малъелла, з1окьеттарг, шокьеттарг.

-Д1адеша и дешнаш. Шина тобане декъа уьш. Муьлха дешнаш далийна аша хьлхарчу тобане? (Шелъелла , хазъелла , малъелла).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш хьалхарчу тобане? (Цаьргахь къасторан ъ хьаьрк ю).

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (З1окьеттарг, шокьеттарг).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш хьалхарчу тобане? (Цаьргахь къасторан ь хьаьрк ю).

-Маца язйо къасторан ь хьаьрк? (К элпана т1ехьа).

-Д1аязде и дешнаш. Къасторан хьаьркана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Предложенеш язъяр.

Уьн т1е д1аяздо.

Ло деана . Бераш ловзу . Цара Лайн баба йо.

-Д1аеша предложенеш. Стенах лаьтта предложени? (Дешнех).

-Маса дош ду хьалхарчу предложенехь? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Ло).

-Муьлхачу элпаца йолайо предложени? Х1ун юьллу чаккхенга?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Бераш аса дешнаш эр ду къасторан хьарк йолуш , аз (Ъ) долуш. Къасторан хьаьрк йолу дош аьлча шу самадовлу, аз (Ъ) долу дош аьлча –д1адуьйшу.

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

1алашо: йозанан элп ь довзийтар. Элп ь дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан элп ь . 1емар ду и нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо . Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна хуур ду ь элпо цхьа аз билгал деш ца хилар. Элп ь оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен лелаш ца хилар.Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берийн лаам хир бу 1алам довза , иза 1алашдан.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Больница , тетрадь , конькеш , токарь, слесарь.

-Д1адеша и дешнаш. Х1ун ду цера цхьатера? (Моссо а дашехь ду элп ь).

-Х1ора дош ша-ша эр вай? (БоЛЬница, тетраДЬ, коНЬкеш ,токаРЬ, слесаРЬ).

-Муьлха аьзнаш хеза к1еда? (Л , Д , Н, Р).

-Х1унда ду уьш к1еда? (Царна т1ехьа к1еда хьаьрк ю. К1едачу хьаьрко шена хьалхара мукъаза аз к1аддо)

-Х1ун 1амор ду вай тахана?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едахкарш ду вай лайн чимаш т1ехь. Гулде лайн чимаш. Вай кечйийр ю класс Керлачу шарна. Схьакъастаде шайна кхочушдалун долу т1едахкарш. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вай тахана яздийр ду элп ь. Шуна 1емар ду и ша , дешнашкахь а яздан.

4. Йозанан элп ь довзийтар , яздар.

Элп ь довзийтар.

-Бераш , яханчу урокехь муьлха элп девзира вайна? (ь).

-Гайта массара зорбанан элп ь. (Бераша гойту).

-Хьанна карор дара шуна йозанан элп ь? (Хьехархочо д1аделла хила деза тайп –тайпана элпаш. Бераша д1агойту).

- Х1ара йозанан элп ь ю.

-Стенах тер аду элп ь? (Терахь 6 ).

Элп ь д1аяздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп ь яздан.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор воьрзуш , хьавзина мог1анна юккъе воьду . Кхузахь аьтту аг1ор воьрзуш д1акъовлу элп ь .

Х1аваэхь яздо элп ь.

Тептарш т1е яздо элп ь .

ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ь ль ль ль ль ль ль

дь дь дь дь дь дь

нь нь нь нь нь нь

рь рь рь рь рь рь

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан дехи лайн чимаш?

АЛЬБОМ дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Суьрташ дахка ч1ог1а оьшу,

Берашан а дукха еза ,

Ала соьга ,хьоме доттаг1

Х1ун ю аса юьйцуш ерг? (Альбом).

-Маса дешдакъа ду АЛЬБОМ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (АЛЬ).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (А).

-Аз (А ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Ц1ен).

-Муьлханиг ду шолг1а аз ? (Л).

-Аз (Л ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Ч1ог1а ду я к1еда ду? (К1еда).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Сийна).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ? (Б).

-Аз (Б ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Сийна).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (О).

-Аз (О ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Ц1ен).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а аз ? (М).

-Аз (М ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Сийна).

-Маса элп ду АЛЬБОМ дашехь? (Ялх).

-Маса аз ду? (Пхиъ).

-Х1унда ? (ь элпо цхьа аз билгал ца до).

-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? Х1отта е схема.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелаш ю шу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллаша шу юьйлало,

Юха хьала кхоссало.

(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешнашкахь элп ь яздар.

(Хьехархочо хоуьйту элп ь кхечу элпех муха хотта деза).

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Альбом , тетрадь , конькеш , токарь, слесарь.

-Д1адеша дешнаш. Маса дешадакъа ду АЛЬБОМ дешан? ТЕТРАДЬ дешан?

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Берийн жоьпаш).

-Элп ь оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен лелаш дац.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Предложенеш язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложени.

Дас Аптина тетрадь а , альбом а ийциара.

-Д1аеша предложени. Маса дашах лаьтта и предложени? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1аниг? Кхоалг1аниг? Доьалг1аниг? Пхоьалг1аниг?Йолхалг1аниг? Ворх1алг1аниг?

-Дахаран массо а дийнах пайда а оьцуш, вайн нагахь санна дешар т1ехь кхиамаш хилахь, вай сий долуш дехар ду кху лаьтта т1ехь.

-Вай д1айолайо рог1ера нохчийн меттан урок.

-Вайна хуур ду долара ц1ераш даккхийчу элпашца язйой, юкъара ц1ераш кегийчу элпашца язйой.

-Яханчу урокехь вай дийцира х1уманаш билгалъен дешнех лаьцна, х1инца уьш карладохур ду вай.

-Суьрташка а хьовсе, х1ора суьртана хаттар а х1оттош жоп ло.

Слайд:

Х1ун? борз Х1ун? ча Х1ун? цхьогал

Мила? дада Мила? йо1 Муьлш? бераш

-Х1уманаш билгалъечу дешнаша х1ун? бохучу хаттаршна жоп ло.

Х1ун? борз, ча, цхьогал.

—Ткъа адам билгалдеш долчу дешнаша мила? муьлш? бохучу хаттаршна жоьпаш ло: Мила? дада, йо1; Муьлш? бераш.

-Тахана вай 1амор ду доккха элп яздаран бакъонех лаьцна:

-Д1адеша цкъа хьалха аьрру б1ог1амалгахь долу дешнаш, юха аьтту б1ог1амалгахь дерш.

Слайд:

белхало Соьлжа-Г1ала, Гуьмсе

г1ала Муса, Анзор, Ахьма,

дешархо Хьалха- Марта, Шела

хи Терк, Соьлжа, Бас, Марта

—Тидам а бай ала, муьлхачу б1ог1амалгара ц1ердешнаш яздо доккхачу элпаца. Х1унда?

-Нийса боху, шолг1ачу б1ог1амалгара дешнаш яздина доккхачу элпаца, уьш долахь ц1ераш ю.

-Хьалхарчу б1ог1амалгара дешнаш яздина жимачу элпаца- уьш юкъара ц1ерш ю.

-Суьрташка а хьовсий, д1адеша царна к1ел яздинарг.

Слайд:

кхокха аьрзу Кхокха Аьрзу

-Хьанна хуур дара х1унда яздина и дешнаш тайп-тайпана.

-Дагахь латтаде:

Слайд:

Доккхачу элпаца язйо:

Адамийн ц1ерш, фамилеш (Салман, Луиза Исмаилова, Жумин Акхтула); дийнаташна техкина ц1ерш (эса Мимша, ж1аьла Гудри, говр Бокъша); г1аланийн, яртийн, урамийн, хин ц1ерш( Шела, Г1ойт1а, А.Идрисовн ц1арах урам, Гих).

-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай:

-Дешнаш шина б1ог1амалге д1аязде:

1-ра б1ог1амалге -долара ц1ерш;

2-г1а б1ог1амалге -юкъара ц1ерш.

Слайд:

Ваша, Ахьмад, к1ант, доттаг1, Ваха, Шарипов, Халикова, нана

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Ахьмад, ваша

Ваха, к1ант

Шарипов нана

Халикова доттаг1

-Кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Лахарчу дешнех пайда а оьцуш предложенеш х1иттае:

-Доларчу ц1ершна к1ел сиз хьакха.

Слайд:

1.Чарх, дас, тамарина, ийцира.

2.Яздина, салмана а, 1. гайсултановс, лукъмана а, туьйранаш, дийшира.

3.Лор ю, жарман шаипова, дика.

Слайд: ( нийса иштта хир ду)

1. Дас Тамарийна чарх ийцира.

2. Салмана а, Лукъмана а 1. Гайсултановс яздина туьйранаш дийшира.

3.Жарман Шаипова дика лор ю.

-Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Текст лерина д1а а еший, хин ц1ерш схьаязъе.

Слайд:

Хьийза, хутал санна, Терк,

Охьауьду чехка 1ас,

Соьлжах кхета тийна Жалкх,

Коьртехь жима дог1у Марта,

Ламанах бухдуьйлу Орга.

Слайд: ( нийса жоп)

Терк, 1ас, Жалкх, Марта, Орга.

-Бераш, тахана вай дийцира долара ц1ераш даккхийчу элпашца язъярх а, юкъара ц1ераш кегийчу элпашца язъярх а лаьцна.

Читайте также: