Элп кх план урока

Обновлено: 06.07.2024

Загружайте презентации, разработки уроков и другие методические матеры. Сразу после добавления разработки вы можете скачать свидетельство о публикации в СМИ.

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Оценить 2238 0

Урокан ц1е ю: Шалха элпаш, церан нийсаяздар.

Х1окху урокехь вай карладоккхур ду муьлхачарех олу шалха элпаш а, церан нийсаяздар а.

Фонетика 1амош, вай дийцира нохчийн маттахь 49 элп ду аьлла.

Царех нохчийн алфавитехь шалха элп 15 ду. Уьш ду:

АЬ, Г1, КХ, КЪ, К1, ОЬ, П1, Т1, УЬ, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1, ЮЬ, ЯЬ.

Царех мукъанаш 5 ду:

АЬ, ОЬ, УЬ, ЮЬ, ЯЬ.

Дисина 10 мукъаза ду:

Г1, КХ, КЪ, К1, П1,Т1, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1.

Х1инца, вай дуьйцур ду, церан кхолладаларан некъах лаьцна.

Шалха элпаш кхоллалуш царна т1екхеташ диъ хьаьрк ду:

1, Ъ (ч1ог1а хьаьрк), Ь (к1еда хьаьрк) Х.

Хьовсур ду вай, уьш элпашкахь муха нисло. Масала:

Хьаьрк – 1 кху элпашкахь нисло: Г1, К1, П1, Т1, Ч1, Х1.

Ч1ог1а хьаьрк – Ъ цхьана элпехь нисло: КЪ.

К1еда хьаьрк – Ь кху элпашкахь нисло: АЬ, ОЬ, УЬ, ХЬ, ЮЬ, ЯЬ.

Хьаьрк – Х цхьана элпехь нисло: КХ.

Шалха элпаш довза атта хилийтархьама, уьш юкъахь долуш дешнаш д1аяздийр ду вай,

АЬ: аьлла, аьхна, аьлха

ОЬ: оьг1азе, оьпа, оьшу.

УЬ: уьшал, уьш, уьйр.

ЮЬ: юьхк, юьлу, юьгу.

ЯЬ: яьхна, яьшка, яьлла.

Г1: г1ант, г1алат, г1абакх.

Ц1: ц1а, ц1азам, ц1ено.

Ч1: ч1ара, ч1ог1а, ч1ешалг.

КХ: кхокха, кхана, кхаъ.

КЪ: къолам, къамел, къам.

К1: к1ант, к1ай, к1ира.

П1: п1елг, п1енда, п1ераска.

Т1: т1адам, т1орказ, т1ай.

ХЬ: хьоза, хьормат, хьокхам.

Х1: х1орд, х1оз, х1ара.

Цхьадолчуу дешнашкахь мукъаза шалха ши эл ул-уллохь нисдала а тарло.

БАККЪАШ, БАХХЬАШ, Ц1ОЦКЪАМ.​

Дешнашкахь цхьанаметта мукъаза шалха ши элп нисделча, хьалхарчу шалха элпан т1етуху хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а шалха элп дуьззина д1аяздо.

Масала: ЮКЪ-КЪЕ – ЮККЪЕ, Ц1ОЦ1- КЪАМ – Ц1ОЦКЪАМ, МАКХ-КХАЛ – МАККХАЛ.

Юкъарадериг цхьа дош ду: ЧЕКХХЬАЖАР.

Нохчийн маттахь цхьадолу дешнаш нисло мукъий, мукъазий шалха ши элп цхьаьнакхеташ. Ишттачу дешнашкахь, шалха ши элп дуьззина д1аяздо.

1. Кхоьссина, кхоьллина, кхаьллина, хьаькхна, къуьйлу.

2. Аьхьна, буьхьиг, юьхь, дуьхьал.

И бакъонаш дагахь латто еза аш.

Х1инца, вай дийцинарг т1еч1аг1дийр ду вай.

Д1аяздина долчу дешнашкахь г1алаташ лаха деза аш.

Сац1къар, яьт1т1а, яькхкхина, макхкхал, бахьхьаш, бакъкъаш.

Ткъа х1инца хьовса кхин цхьа т1едиллар кхочушдан. Шалха элпаш долчу дешнашна буха сиз хьакха деза.

1. Ненан оьг1азло, ло санна, ешаш ю.

2. К1еззиг дечо дуккха а дуьйцу.

3. Дукха лер хьекъал цатоар ду.

4. Яьсса х1ума ч1ог1а ека.

5. Боца муш а тоьлу десачу къамелал.

Ц1ахь вай х1инца далор долу дешнаш юкъахь а долуш, х1иттае предложенеш. Шалха элпашна буха сиз а хьакха.

Маккхал, вокхха, юккъе, ц1оцкъамаш, ц1еххьана, яккъаш.

Кхут1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Интересный конспект, но перед тем, как начать выполнять работу, детям нужно предложить размять пальч. Подробнее.

Уважаемая Любовь Ивановна! Замечательно, что Вы делитесь своими наработками, но смею заметить, что п. Подробнее.

Актуальность воспитания гражданственнос ти и патриотизма обусловлено процессами в обществе. Патриоти. Подробнее.

В статье говорят о соблюдении требований к охране слабого зрения. Правила бережного отношения к глаз. Подробнее.

До школы ребенок усваивает огромное количество информации. В это время активно развивается речь, что. Подробнее.

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Олхазар-пошталелориг (почтальон) шу кхеттехь кхокха бу.

— Ала массара кхокха.

— Муьлха аз хеза вайна кхокха дашна хьалха?

— Вайна хеза аз [кх ]

— Тахана урокехь вай дуьйцур ду Кх элпах лаьцна.

— Муха кхоллало Кх элп хьовсур ду вай хIинца.

К+х=кх

К —хьаьркана тIе х-хьаьрк тоьхча кхоллало элп Кх.

Кх элп шина хьаьрках лаьтташ ду.

— Бераш, Кх элп шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп ду?

Кх шалха элп ду, нийса боху.

— Кх элп мукъа ду я мукъаза элп ду?

— Яккха кх элпан цIе [кх ]

— Муха алало цуьнан аз, паргIат я хала?

Олучу хенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу.

— Нийса боху, кх элп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела кх мукъаза элп ду.

— Зорбанан Кх элп довзуьйтур ду вай хIинца.

Слайд:

Кх — хIара зорбанан доккха Кх ду;

кх — хIара жима зорбанан кх ду.

— Кх элп юкъахь долуш дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

Кха кхо кху кхи кхе

Акх окх укх икх екх

— Ткъа хIинца, Кх элп хьалха долуш, дешнаш деша хьовсур вай:

Слайд:

Кхокха, кхаж, кхор, кхаба, кхача, кхоьш, кхаъ, кхоллам, кхаллар.

— Ткъа хIинца Кх элп юккъехь долуш:

Слайд:

Алкханч, хьокхам, экха, текхарг, чаккхе, кхакха, тукхам,бекхам.

— ХIинца Кх элп чаккхенгахь долуш:

Слайд:

ГIутакх, пачхьалкх, гIиллакх, йовлакх, мукх, гIабакх, дакх.

ЦIераш яха суьртийн, муьлха сурт ду совнаха? ХIунда?

Слайд:

Кхоьш гIабакх саьрамсекх

Диг кхокха кхор

Нийса боху, диг дашехь аз [кх] дац.

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Кх кх яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

Кх – хIара йозанан доккха элп ду;

кх — могIанан элп ду.

Слайд:

(к) – хьалхара хьаьрк ду,

х — шолгIа хьаьрк ду.

И ши хьаьрк вовшахтесча кхоллало шалха элп кх.

МогIанан элп кх яздо йозанан белхан могIан чохь.

— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.

Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вай элп кх.

Слайд: (Анимацица йозанан элп дилларан схема гайтар)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп кх.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп кх.

Кх элп доккха а, могIанан а хуьлу.

-Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

Нийса боху и ши элп вовшехкъаьста барамца: доккха а, жима а хиларца.

— ХIинца вай яздийрду доккха элп Кх.

Слайд:

(Анимацица гойту доккха а, могIанан а элпаш Кх.)

— Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп Кх.

КхКхКх……

Слайд: анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар.

— Вай яздийр ду кх юкъахь долуш дешдакъош.

кха кхо кху кхи кхе

акх окх укх икх екх

— Бераш, шуна девзий кх элп юкъахь долу дешнаш?

Далор ду вай уьш.

Слайд:

Кхор кхаба кхоьш мекха кхокха кхакха гIабакх

— ХIинца, шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дакъошка доькъуш, дIаяздийр ду вай:

Слайд:

Кха-ба ме-кха кхо-кха кха-кха гIа-бакх

Лакхахь вай яздина дешнаш юкъахь а долуш 3 предложени язъе:

— Шайна юкъахь кх элп долчу дешнашна буха сиз хьакха.

Слайд:

Нийса жоп.

Слайд:

1. Нанас кхаба ийцира.

2. Кокхина кхокха гира.

3. Оха гIабакх кхехкийра.

— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш кхин цхьа тIедиллар кхочушдийр ду.

ХIокху дешнийн цхьа элп а хуьйцуш кхолла керла дешнаш:

Слайд:

Кхор -…

Кхел -…

Кхакха -…

Кхокха -…

— Нийса иштта хир ду:

Слайд:

Кхор – кор – лор -мор;

Кхел – бел –мел – цел – тел;

Кхакха – лакха — кхаба;

Кхокха – мокха

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп Кхкх, иштта и элп яздан а Iеми вайна.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Презентация к уроку чеченского языка. Использовалась для изучения буквы Кх.

Мукъаза къора аьзнаш [кх], [кх , ], элп Кх, кх.

Презентаци йинарг

Демельханова Майя Идрисовна

Кхетаман корехула а го доккха дуьне.

Кхетаман корехула а

го доккха дуьне.

Хьер. Бераш хьера экскурсе дахара. Хьумид хьархо ву. Хьер хино хьийзайо. Хьерахь ахьар а, дама а до. Берашна хьеро болх муха бо хиира.

Бераш хьера экскурсе дахара. Хьумид хьархо ву. Хьер хино хьийзайо. Хьерахь ахьар а, дама а до. Берашна хьеро болх муха бо хиира.

Х1етал-метал Дитта т1ехь кхуьу стогар, моз санна мерза а болуш!

Х1етал-метал

Дитта т1ехь кхуьу стогар, моз санна мерза а болуш!

1алашонаш йовзийтар Суна девзар ду… Суна 1емар ду… Суна хуур ду…

1алашонаш йовзийтар


мукъа мукъаза къора зевне к1еда ч1ог1а

к1еда ч1ог1а

Кх кх


Б1аьргаш ларде!



Сада1аран минот Мохо генаш лестадо, Соьга кхор ца баккхало. Кхоссалуш, куьг кховдор ду, Сихха кхор схьабоккхур бу! Эх1! Ма кхор бу-кха иза! Муттанах и ма бу буьзна!

Сада1аран минот

Мохо генаш лестадо,

Соьга кхор ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха кхор схьабоккхур бу!

Эх1! Ма кхор бу-кха иза!

Муттанах и ма бу буьзна!

Шишшаммо цхьаьна болх бар кхача бекхам чиркх кхетам лекха мукх кхаба акха йовлакх

Шишшаммо цхьаьна болх бар

Жам1 дар.

Суна девза ……

Суна урокехь хазахийтира……

Рефлекси

Баркалла!



-75%


Презентация к уроку чеченского языка. Использовалась при изучении звука и буквы къ.

Содержимое разработки

Мукъаза къора аьзнаш [къ], элп Къ, къ.

Мукъаза къора аьзнаш [къ], элп Къ, къ.

Кхетаман корехула а го доккха дуьне.

Кхетаман корехула а

го доккха дуьне.

Х1етал-метал Йоза 1амош баккха толам, Караэций боккха.

Х1етал-метал

Йоза 1амош баккха толам,

Караэций боккха.

1алашонаш йовзийтар Суна девзар ду… Суна 1емар ду… Суна хуур ду…

1алашонаш йовзийтар


мукъа мукъаза къора зевне

Къ къ

Батарова З.А. .

 Батарова З.А. Батарова З.А.

Батарова З.А.

къа къу къо къи къе акъ укъ окъ икъ екъ къо-лам къе-на къий-сам кха-на мукъам къо-на къо-ра э-къа къа-мел хьар-хо кхай-кхам мукъ къил-ба къе-да къор-за букъ

къа къу къо къи къе

акъ укъ окъ икъ екъ

къо-лам къе-на къий-сам кха-на

мукъам къо-на къо-ра э-къа

къа-мел хьар-хо кхай-кхам мукъ

къил-ба къе-да къор-за букъ

Б1аьргаш ларде!


 Вайна машар беза. Вайн халкъо машарехьа къийсам латтабо.

Вайна машар беза. Вайн халкъо машарехьа къийсам латтабо.

Сада1аран минот Мохо генаш лестадо, Соьга кхор ца баккхало. Кхоссалуш, куьг кховдор ду, Сихха кхор схьабоккхур бу! Эх1! Ма кхор бу-кха иза! Муттанах и ма бу буьзна!

Сада1аран минот

Мохо генаш лестадо,

Соьга кхор ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха кхор схьабоккхур бу!

Эх1! Ма кхор бу-кха иза!

Муттанах и ма бу буьзна!

Шишшаммо цхьаьна болх бар кхача бекхам чиркх кхетам лекха мукх кхаба акха йовлакх

Шишшаммо цхьаьна болх бар

Школин беш. Дукха дитташ ду школин бешахь. Дешархоша белхаш бо бешахь. Цара дика 1алашйо иза. Берийн самукъадолу бешахь.

Дукха дитташ ду школин бешахь. Дешархоша белхаш бо бешахь. Цара дика 1алашйо иза. Берийн самукъадолу бешахь.

Жам1 дар. Суна девза …… Суна 1ема …… Суна урокехь хазахийтира……

Жам1 дар.

Суна девза ……

Суна урокехь хазахийтира……

Рефлекси

Баркалла!



-75%

Читайте также: