Билгалдош грамматически къастор план урока

Обновлено: 05.07.2024

Де дика хуьлда шун,хьомсара хьехархой! Марша а дог1ийла шу!

Таханлерачу вайн цхьанакхетарехь ас шун тидаме юьллур ю айса кечйина мастер – класс.

Коьчалан ц1е : Билгалдош а,цуьнан маь1на а,морфологически билгалонаш а.

1алашо: Билгалдешан морфологически билгалонаш йовзар,церан синтаксически г1уллакх къастор.Билгалдош кхечу къамелан декъах къасто хаар.

Урокан тайпа : Керланиг 1аморан.

Урокан г1ирс :Интерактивни у,1амат,карточкаш.

Со вина Кавказан ломахьКъоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Сан нохчийн маттара илли.

Хаттар: Х1ун эр дара аш х1окху дешнех лаьцна? Буй вайн нохчийн мотт ишшта хаза а, оьзда а, зевне а.Дала и бийца а,вайн дешархошна и д1ахьеха а хьуьнар лойла вайна.

Ткъа х1инца х1окху х1етал – метална жоп дала хуур дарий шуна?

Ас гойту х1уманан билгало:

Шун къамел тодеш,ас хаздо,

Цундела даима оьшу со,

Алал – х1ун ю теша со? (билгалдош)

Х1ун эр дара аш,стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

Тобанашкахь ловзар:

Лахахь далийначу дешнашца дешнийн цхьанакхетарш даладе. Хьалхарчу тобано ц1ердешнаш даладо,шолг1ачу тобано билгалдешнаш даладоБос-

Хьенан я стенан ю-

Х1ун гойту билгалдашо?Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо? Муьлха дешнаш ду вай юьхьанца далийнарш?(ц1ердешнаш)Муьлхачу дешнашца уьйр ю билгалдешан?(ц1ердешнашца)

Легаде дешнийн цхьанакхетарш(тобанашна т1едиллар)

Ц1.доккха диттдаккхий дитташДл.доккхачу диттандаккхийчу диттийнДр.доккхачу диттодаккхийчу дитташнаЛ.доккхачу диттанадаккхийчу дитташа

К.доккхачу диттацадаккхийчу дитташцаХ.доккхачу диттахдаккхийчу диттехМ.доккхачу диттедаккхийчу дитташкаДс.доккхачу дитталдаккхийчу диттелХ1ун башшхалла ю вай легийначу дешнийн цхьанакхетаршна юкъахь?

(Уьш дожаршца а,терахьашца а хийцало)

Синтаксически таллам бе х1окху предложенина :Баьццарчу бацалахь лепара ц1ен а,можа а,сийна а зезагаш.

Муьлха меже хуьлий лела билгалдош предложенехь? (къастам)

Кхоллараллин болх.(тобанашна болх ло карточкаш т1ехь)

1-ра тобаЦ1еххьана т1екхечира( золотая) гуьйре.(Голубому) стиглахула мохо (белые) мархаш идайора.Оьхура (холодные) дог1анаш.Цара новкъарло йора ялтех (полные) аренашкахь (ускоренно) болх бечу юьртахошна.

2-г1а тоба(В тихих)хьаннашкахь самукъане дацара.(Много) а олхазарш тоххара (теплые)мехкашка д1адаханера.Охьоьхучу (золотые)г1аша когаш к1ела (желтые)кузаш тийсинера.

Т1едиллар: х1окху предложенешна юккъера оьрсийн маттахь долу билгалдешнаш гочде,маь1ница нисдеш д1аязде.Дийца уьш муьлха дешнаш ду.

Х1окху ц1ердешнашна юххехь язде лексически маь1ница дог1уш долу билгалдешнаш:

Тобаанашна т1едиллар:

Куц –кеп х1оттаде.

Тайп –тайпанчу билгалдешнех пайда а оьцуш,вевзачу стеган куц-кеп х1оттаде(и сурт хьенан ду ала дуьхьларчу тобано):

Юьхь – (беса,юткъа –еха,горга –шуьйра,хаза,тамехь,таь1начу басахь,1аьржачу аматахь,шуьйра,озаелла,оза).

Хьаж – (лекха,гота,диллина,шера,шуьйра,хебаршка ихна).

Х1етал –металш:

1.К1айн ду и,ло санна,

Мерз аду и,моз санна,

Амма моз дац (шекар)

2.Яккхий ма1аш,лергаш ду,

Когийн ондий бергаш ю,

Берашна цо шура лоХаал шуна х1ун ю и?(етт)

3.Горга ю и, ю и каде,

Яха д1а и кхоссаелла.

Хиларх даим юсаелла,

Цуьнца ду самукъане (буьрка)

Нийсаниг харжар:

Билгалдош:

Билгалдашо:

Б)х1уманан билгало гойту;

В)х1уманан дар я хилар гойту.

Билгалдашо билгало гойту:

Билгалдош Къамелан дакъаХийцало гойтуПредложенин меже

Терахьашца, дожаршца Х1уманан билгало къастамРефлекси

Материалы этого сайта размещены для ознакомления, все права принадлежат их авторам.
Если Вы не согласны с тем, что Ваш материал размещён на этом сайте, пожалуйста, напишите нам, мы в течении 2-3 рабочих дней удалим его.

1алашо:Хаа деза, билгалдош морфологически къастор бохург х1ун ду.

Иза къасторан кеп х1отто хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

-Х1ун гойту билгалдашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Дийца билгалдешнийн тайпанаш.

-Муха хийцало лаамаза билгалдешнаш?Лааменаш?

-Маса дарж ду билгалдешнийн?

-Муха хийцало т1еэцна билгалдешнаш

ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушде 62-г1а,61-ра шардарш.

2.Морфологически къастам бе билгалдаьккхиначу дешнашна:

К1ант ша йиллинчу хенахь Мусаг1аьрга схьавеара.Яхина хаьара шена т1едиллина декхар.

V.Билгалдош морфологически къастор.

Болх бо предложени т1ехь долчу билгалдешгнашца:

1.Т1аххьара а Сулиманан б1аьрг кхийтира т1орказна юххерчу г1анта т1ехь 1уьллучу Асмартан тишчу кучах йинчу тайнигах.

Предложени юкъара схьакъастадо морфологически толлуш долу билгалдош.

Юьхь.кеп:-Муха? Тиша;мух. Цхьал. Тер.юьхьанцара дарж.,хот.д.1-легар.Лаамаза.

2.Лай т1ехь цхьогалан лар гира таллархочунна

-Морфологически къастам бе.

VΙ. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 63-г1а шардар.

2.Легаде билгалдешнаш а,дешнийн цхьаьнакхетарш а:лекха,можа малх, дашо гуьйре.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

1.-Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун ю?Билгалдош стенах олу?

2.Комментировать еш оценкаш ду.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

2.Кхочушде 64-г1а шардар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош карладаккхар.

1алашо:Билгалдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар,

и юкъехь а долуш предложенеш х1итто хаар.

Билгалдашан терахь, классан гайтам ,цуьнан даржаш.

Урок д1аяхьар.

Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

ΙΙΙ. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Легаде 1аьржа буьйса, диканиг, дашо сахьт,воккханиг.

2.Дешархоша кхочушдо 65-г1а шардар

3.К1едачу куьйгаца хьаьстира цо бер.Белхалой бовхачу кхачанах кхетаза дукха хан яра.

4.Легаде сиха говр, говза пхьар

ΙV.Фронтальни хаттарш.

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Дийца билгалдешнийн тайпанаш.

-Муха хийцало лаамаза билгалдешнаш?Лааменаш?

-Маса дарж ду билгалдешнийн?

-Муха хийцало т1еэцна билгалдешнаш

-Т1еэцна лаамаза билгалдешнаш муха лела?

-Дожаршца хийцалой лааме билгалдешнш?

V.Урокан жам1 дар.

1.-Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун ю?

2.Комментировать еш оценкаш ду.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае байташ 69-г1а шардар.

2.Кхочушде 70-г1а шардар.

Г1а урок.

1алашо:1амийнарг карладаккхар,

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст язъяр.

Бераш а доцуш, ш аьшшиъ 1аш дара доккха ши стаг: Бисолтий, Салехьаттий.

Дечке ваха тохавеллера воккха стаг Бисолта. Цуьнан лулахочун Дудин Хьамзат ц1е йолуш к1ант вара 6-чу классехь доьшуш.Хьамзат а вахара Бисолтица хьуьнах.

Доккхачу хи йисте д1акхечира и шиъ. Башха кхерам боцуш дехьавелира Бисолтий, Хьамзаттий.

Бисолтас дечкийн баххьаш ц1андора.Ткъа Хьамзата ц1андина генаш цхьана метте т1ек1ел дохкура.

Дашаза дисинчу лайн майданаш т1ехь йолу олхазарийн ларш къестайора Хьамзата.

-Х1ара хьаьжой байинчу ч1ег1аган ю, х1ара къоьзачу ч1ег1аган ю, х1ара мошанан ю, -бохуш, воккхачу стагана гойтура цо уьш.

-Хьуна стенах , муха евза уьш?

-Ас тидам бина церан, д1адаханчу экханан,олхазаран лоре а хьоьжуш.Ж1аьлин ,цхьогалан, берзан, кхидолчу акхаройн,олхазарийн а лараш къастало соьга.(Х-А. Берсанов)

Грамматически т1едиллар.

1)Билгалдешнаш буха тулг1ене сиз а хьокхуш билгалдаха.

2)Мухаллин билгалдешнаш схьаязде.Дийца церан терахь,дожар,тайпа,класс,легар.

ΙΙΙ.Жам1 дар

ΙV.Ц1ахь бан болх

Билгалдешнах лаьцна карладаккхар.

Г1а урок.

Урокан ц1е: Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо: Дешархоша г1алаташ т1ехь

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Оценкаш д1адохку коментировать еш.

ΙΙΙ.Тетрадаш т1ехь г1алаташна т1ехь болх байтар дешархошна.

ΙV. Бакъонаш карлайоху.

V.Кхочушдо 64-г1а шардар.

-Билгалдешна буха сиз а хьокхуш билгалдоху.

-Морфологически толлу билгалдешнаш.

VΙ.Урокан жам1 дар.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

2.Жима дийцар язде.

Г1а урок

Урокан ц1е:Лаамаза а, лааме а билгалдешнащ дожаршца хийцадалар.

1алашо:Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш къасто хаар.

Уьш дожаршца хийца хаар.

Урок д1аяхьар.

Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Лаамаза билгалдешнаш муха хуьлу? Лааменаш?

-Маса дарж ду билгалдешан?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Классашца а, терахьашца а хийцалой билгалдешнаш?

2)Барта толу лаамаза а, лааме а билгалдешнаш.

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1)Легаде лекха лам, сирла хи,воккханиг,хьомениг боху лаамаза а, лааме а билгалдешнаш,чаккхенаш билгалъяха.

2)Кхочушде 77-г1а шардар.

3).Х1ора дешархочунна тайп-тайпана заданиш ло.Уьш кхочуш йина ваьллачу пхеанна оценкаш йохку.

-Билгалдаьхначу билгалдешнашна уллохь къовларшкахь язде муьлхачу дожарехь ду.

ΙV.Урокан жам1 дар.

-Хьалхарчу легарна чу муьлха билгалдешнаш дог1у.

-Лааменаш муьлхачу легарна чу дог1у.

V.Ц1ахь бан болх.

2)Кхочушде 79-г1а шардар.

Г1а урок

Урокан ц1е:Къамелехь билгалдешнехь-синонимех нийса пайдаэца хаар.

1алашо:Синонимех кхетам балар .

Къамелехь синонимаша муха г1о до.

Урок д1аяхьар.

Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Барта толлу 79-г1а шардар.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

К1айн эчиг,ц1ен коч, вешин куй, сийнаниг,воккханиг,йишин тетрадь, деден котар, ненан йовлакх, хазаниг,оьзданиг,тешаме доттаг1,тешамениг, оьзда к1ант, сирланиг.

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Перед публикацией материала внимательно проверьте все данные, указанные в вашем профиле. Информация из профиля будет использована при оформлении документов. В случае неполного или неправильного заполнения профиля свидетельства, сертификаты и другие дополнительные документы будут сформированы некорректно.

Оценить 1981 0

Д1аяздийр ду вай иштта дешнийн цхьаьнакхетарш:

Сийна (муха?) коч, бес-бесара (муха?) къоламаш, аннийн (стенан?) керт, вешин (хьенан?) сахьт, юккъера (муьлха?)йо1.

Коьртачу дашна т1ера, дозуш долчу дашна хаттар х1оттадо. Дозуш долчу дешнаша х1ун гойту вайна?

Цара шайца долчу ц1ердешнийн билгалонаш гойту.

Х1уманан билгало гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттарашна жоп луш долчу къамелан декъах билгалдош олу. Билгалдешан ц1ердашца уьйр хуьлу.

Дика дешархо, хаза 1алам, оьзда к1ант, говза пхьар.

Х1окху масалшкахь вайна го билгалдешан ц1ердашца йолу уьйр.

Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца а хийцало.

жима юрт - кегий ярташ, доккха зезаг - даккхий зезагаш.

оьзда стаг, оьздачу стеган, оьздачу стагана, оьздачу стага.

Билгалдешнаша гайта тарло: х1уманан бос, чам, барам, х1ума хьенан я стенан ю, стенах йина ю.

к1айн, 1аьржа, ц1ен, сийна;

муьста, дуьра, к1уо;

лекха, лоха, еха, йоца;

Даймехкан, ненан, дешархочун;

дечиган, аьчкан, кехатан, дешин;

Т1едиллар №1.

Ткъа х1инца, х1оккху предложенешкахь билгалдешнаш къастаде.

Кху доккхачу татол т1ехь тахана къаьсттина синкъераме дара.

Г1ийла хьоькхучу мохо арарчу зезагийн, бецийн, дагна там беш йолу, ц1ена хьожа яхьара. Ц1еначу стигалхула йоьдуш таь1на-боьмашчу басахь йоккха дарта яра.

Т1едиллар №2

Х1окху ц1ердешнашца маь1ница дог1у билгалдешнаш далош, дешнийн цхьаьнакхетарш д1аяздан деза аш.

Дитт, коч, стигал, керт, хьаша, юрт, доттаг1, йиша, машен, шовда, буьйса, ц1енош, майда.

Сийна, дечиган, хаза, школан, лекха, г1алара, керла, тешаме, сирла, хьоме, ламанан, даккхий, йоккха.

Оцу дешнийн цхьаьнакхетарша гойту ц1ердашна а, билгалдешна а юкъахь йолу уьйр, билгалдешнаша х1уманан тайп-тайпана башхаллаш, билгалонаш гойтуш хилар а. Вай къамелехь йоккха меттиг д1алоцу цара, амма уьш хаа, царах болу кхетам шорбан а, цхьажимма къахьега деза вай. Т1ейог1учу урокашкахь шуна шортта керланиг девзар ду билгалдешнех лаьцна, уьш 1амош вай шуна г1о а дийр ду.

Цу т1ехь вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла, марша 1ойла!

Хь. Бераш вай ц1аг1ара болх тохкаше а шине карточкашцара болх бергба.

Т1адамашта метта цига товш дола дешаш увттадеш хьат1аязде.

Укх дешаех предложении е. Синтаксически тохкам бе.

Лоалахочо са д1алора декхар ханнахьа.

2.Ц1аг1ара болх тахкар.

Хь. Бераш фу деннадар шоана ц1аг1а?

Дешархо. Упр.№ белгалдош кердадаккха.

Упражнени № 146 тахкар.

- Хьан аргда ,бераш, сенах оал белгалдош?

-Хьаювца белгалдешай разрядаш?

-Хьан дувцаргда дистареи лакхереи лаг1аш?

-Хьаювца белгалдешай суффиксаш?

-Мишта язду чоалхане мишталли белгалдешаш?

2. Хьех. Дика да ,бераш,белгалдешах шо кхийттад аьнна хетт сона. Х1анз хьожаргда вай дешархоша болх нийса баьбий.

Д1аязде таханара таьрахь,ди,классера болх.

Хьех. Бераш,хьажал укх муг1арашка.

Ховш да дарз хьекхаргда сона,

Т1аухаргья 1аьржа бийсаш,-

Са дог даим хургда къона,

Никъ са массаз хургба нийса.

Хьех. Бераш,хьан довз уж муг1араш?

Хьалхара муг1араш да.

Хьех. Хьан лохаргда цу юкъера белгалдешаш?

Фонетически тохкам бе нийса яхача белгалдеша.

Морфологически тохкам бе 1аьржа (бийсаш) яхача белгалдеша.

Хьех. Бераш хьадел шоай книжкаш , № 162 упражнени ергья вай.

Дешархоша улга т1а а ухаш упражнени декхар кхоачашду.

Хьех. Х1анз шоай истола т1а дадаш долча тесташца болх бергба вай. Хаттарашта нийса жоп гомаца хьабелгал дергда оаш. Цу балха кхо минот ха я шоана.

Читайте также: