Урокан ц1е сочинение доьналла

Обновлено: 07.07.2024

2.Яхь, къоман оьздангалла муха го вайна Дикаевн произведенешкахь?

6.Ц1ахь бан болх балар:

Литература 11 класс,516 аг1о.

Дикаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна реферат язъяр.

Хьехарсахьт д1адахьар:

Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор:

Ц1ахь бина болх таллар:

Хь. -Де дика хуьлда шун, бераш!

Д. -Диканца дукха ехийла!.

Хь . -Хьан эр дара, стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь?

Хь . -Нийса ду. Хьан дуьйцур дара вайна Дикаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна?

… Амма хеназа кхеттачу цамгаро шен дахаран ткъе ткъаессналг1ачу шарахь(эзар исс б1е кхузткъе уьссалг1ачу шеран ткъе уссалг1ачу октябрехь)вайна юкъара д1ахьо мерзачу, аьхначу, дарбанечу дешан говзанча поэт Дикаев Мохьмад.

Хь.- Нохчийн а, оьрсийн а г1арабевллачу поэташа муха т1еийцира Дикаевн кхолларалла?

Д .-Поэтан ша-тайпа пох1ма,цо нохчийн литературе еана керла хьу,шайх пайда эцна суртх1отторан керла басарш, язйинчу произведенийн исбаьхьалла, дешан говзалла,маь1нин к1орге…билгалдоккхуш,цуьнан ц1арах довха дешнаш яздина г1арабевллачу поэташа Твардовский Александра,Тихонов Николайс,Мамакаев Мохьмада а.(…)

Хь.- Ткъа халкъо муха т1еийцира башхачу поэтан байташ?

Нанас берахь дуьйна

Суна хьо марзбина,

Хьоьца дагара дуьйцуш

Хийла ойла йина.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Ахь кхиийна, ахь стаг вина ,

Со новкъа велира.

Хьуна гена ваьлча,

Херехь зама яьлча,

Даго лоькху зурма

Суна хьо хетара.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Малх бицбина,

Нур къагийна,

Суна хьо лепара.

Хь.- Х1ун къовсамаш бара уьш, муха бира воккхачу стага царна юкъахь барт?

Д .-Ша-ша тиллина ц1е дика хеташ, дуьненчоь мел хилла дика к1ант дагалоьцуш, къонахчун ц1е къастош уьш бохкучу хенахь, воккхачу стага элира:

«Ма леха эрна аш

К1антана йоккха ц1е,

Пхийттара валийта

Вайн керла юьртахо,

Цхьангге а ца хоьттуш,

Халкъо ц1е туьллур ю,

Махкана цо дечу

Хь. Пхийттара валийта х1унда аьлла воккхачу стага, х1ун маь1на ду оцу дешнийн?

Д .-Беран пхийтта шо кхаьчча, цуьнан бералла д1айолу, иза баккхийчеран дарже волу, воккхачуьн долу декхарш т1е а оьций. Цо шен юкъ йоьхку. Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а:пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа цо шен дашах а,лелочух а жоп дала деза Далла хьалха а. Пхийтта шо кхаччалц дай-наний дара шайн доьзалхочух жоп дала дезаш.Цул т1аьхьа стаг ша ву шен дахарх жоп дала дезаш ве

Хь. - Ткъа хьан дуьйцур дара, стеган пхийтта шо кхачарца доьзна х1ун г1иллакх ду вайнехан доьзалшкахь лелош?

Д .-Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а,цунна далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ т1едожар а хоуьйтуш, уьстаг1а а боьй, саг1а доккхуш г1иллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь. Иза дика г1иллакх а ду, х1унда аьлча ша воккха хиллийла иштта д1а ца аьлча , ца хууш,шен бераллех къаста ца туьгуш, баккхийчеран декхарш(дикане-воне вахар,салам далар, хьеше маршала хаттар…) т1е ца оьцуш, стаг ткъе итт шаре волуш меттиг а нисло дела.

Хь .-Ц1ахь бан белла кхин х1ун болх бара шуна кхочушбан?

Д.- Дикаев Мохьмадан шайна хазахета илли 1амор.

Нанас берахь дуьйна

Суна хьо марзбина,

Хьоьца дагара дуьйцуш

Хийла ойла йина.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Ахь кхиийна, ахь стаг вина ,

Со новкъа велира.

Хьуна гена ваьлча,

Херехь зама яьлча,

Даго лоькху зурма

Суна хьо хетара.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Малх бицбина,

Нур къагийна,

Суна хьо лепара.

Х1ора йог1у кхане

Хьоьца йоккхур бохуш,

Винчу махка кхача

Ас сатийсинера.

Сан дай баьхна Латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Хьох къаьстина,

Дог диллина,

1алург цахиллера.

Нанас берахь дуьйна

Суна хьо марздина,

Хьоьга дагара дуьйцуш

Хийла ойла йина.

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Ахь кхиийна, ахь стаг вина ,

Вог1ург декъалхилла.

3. Керла тема йовзийтар:

Цхьацца волчо къайлах олу

Жимчу дагна лууш дерг,

Сунна-м лаьа, нехан дола

Долийла сайн къайлах дерг.

Со винчунна дика хаьа

Суна хилла там а, цатам а,

Къона велахь а сунна лаьа

Сихха бовза дешан чам;

Верта санна, нехан бала

Белш т1е тесна, баккха ког,

Салти санна, орцахвала,

Жимчу беран эца дог;

Т1амна дуьхьал куьйгаш лаьцна,

Мостаг1 вохош, хилла г1ап,

Ц1енчу лаьттах ямартлонца

Ца кхетийта цхьа а топ,

Букар дарцо хьийзош вахар,

Шелах эшарш лекхалуш,

Суна лаьа, дорцехь вага,

Халонашна къар ца луш.

Х1инца алийша , муьлхачу мог1аршкахь го вайна авторан лаам?!

Д .- Верта санна нехан бала белш т1е а тесна, ког баккха лаар(….);

Хь. - И бохург х1ун ду? Муха кхета шу оцу дешнех?

Д .-Верта –иза вайнехан белшаш т1ехь сецош долу духар ду, Верта санна нехан бала белш т1е а тесна, ког баккха лаар бохург, нехан бохамана юьстах ца лаьтташ, и бала шена беъча санна нахана т1ера д1аайарехьа г1улч яккха лаар ду.

Хь. - Кхин х1ун го вайна цу т1ехь?

Д .- Салти санна, орцахвала лаар(…);

Хь. - Цунах муха кхета шу?

Д .- Салти- иза цхьана билгалйинчу ханна Даймохк ларбан дуй а биъна д1ах1оьттина г1арол ву, мичча хенахь а ша кхайкхича орцахвалар шен декхар а долуш,иштта ша декхар волуш санна , доггаха орцахвала лаар гойту автора.

Хь. - Кхин хьан эр дара?

Д .- Жимчу беран дог эца лаар(…);

Хь. - Кхин?

Д .- Ц1енчу лаьттах ямартлонца цхьа а топ ца кхетийта, вог1учу мостаг1чунна г1ап хилла дуьхьалх1оттар(…);

Хь. - Оцу дешнех муха кхета вай? Г1ап бохучу дашах муха кхета шу?

Хь. - Кхин дуй Дикаевна ала лууш х1ума?

Д .- Шелах эшарш лекхалуш, букар дарцо хьийзош вахар(…); халонашна къар ца луш, дорцехь вага лаар(…).

Хь. - Муха кхета шу оцу дешнех?

Д .- Х1окху 1аламан суьртаца юстуш ерш дахаран халонаш ю, ткъа дахарехь уьш дуккха а нисло.

Мел дукха халонаш т1е1иттаяларх йохьах, оьздангаллех, г1иллакхах, майраллех, доьналлех ца вухуш чекхвала лаар гойту цо.

4.Т1еч1аг1дар:

Вайн къоман оьздангаллехь угаре а лакхара дарж долу стаг-къонах ву.

Хь. - - Муьлхачу нохчийн къонахойх лаьцна иллеш девза вайна?

- Оцу дешнех муха кхета шу? Х1ун ала г1ерташ хила теша Сулейманов Ахьмад оцу дешнашца?

Нохчо ву со

Дикаев Мохьмад

нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,

Ц1оькъа - лоьмо шен маьхьарца

Нанас иллин накха белла,

илли ала векалвина,

Нохчийн маттах, нохчийн махках

берахь дуьйна дозалдина.

Лермонтовна т1еман к1уьрлахь хийла гина,

Топ кхетарна цунна кхоьруш,

сайн Даймехкан сий лардина,

Сайн хьешана мерза кхача,

деган йовхо ца кхоийна,

Мостаг1чунна, бекхам боцуш,

цхьа а зулам ца дитина.

маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина,

Цунна ямарт, осал хеттарг,

къа ца хеташ, сайх хервина,

Сайн ден дакьа, ц1е - к1ур доцуш,

ца дисийта, юкъ йихкина,

1азап хьоьгу лай хуьлучул,

летта вала резахилла.

кху дуьнен чохь са лаьттачу ирсе кхочуш,

Барттий, безам, яххьий, тешам

байна, цкъа а вехар воцуш!

цхьаьна а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш.

Махках ваьлла, халкъах хаьдда,

декъалхила амал доцуш!

Хь. -Стенах дозалла до Дикаев Мохьмада шен стихотворенехь?

Нохчо ву со,

нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,

Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьарца

вижинчуьра г1аттавина,

Нанас иллин накха белла,

илли ала векалвина,

Нохчийн маттах, нохчийн махках

берахь дуьйна дозалдина.

Хь.- Вай стенна т1екхио г1ерта Дикаев ?

Сайн хьешана меза кхача, деган йовхо ца кхоийна.

Къонахчо гайтинчу даккхийчу хьуьнаршца нийсса мах болуш а, нахалахь даьржаш а хилла цуьнгара даьлла хаза г1иллакх а, цо аьлла хьекъале дош а.

C:\Documents and Settings\Admin\Рабочий стол\С0002.tif

5.Урокан жам1 дар:

Хь.- Стенах лаьцна дийцира вай х1окху урокехь?

Д.- Къонахчух лаьцна.

6.Ц1ахь бан болх балар:

Хь.- 516 аг1о. Муьлхха а цхьана къонахчух лаьцна сочинени язъяр.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Урокан 1алашо : Адамашна юккъехь лела тешам бовзийтар,тешамах лаьцна дийцар.

Вайн дайшна юккъехь хилла болу тешам,уьш тешаме муха хилла кхетош-кхиор.

Урок д1аяхьар.

Маршалла хаттар.

1алашо йовзийтар.

Тешам-иза угар хьалха адам ларар ду,адамца лелош йолу юкъаметтиг ю.

Суна хетарехь,шех тешам байна стаг ,цхьана х1уманан меха вац.

Дахарера масал далош,ала лаьа тешам-иза бацахьара,херлур дара адамашна юкъара г1иллакхаш,вовшашка болу леерам а,безам а.

Лакхахь аьллачунна т1ера билгалдолу тешам,собар,яхь,г1иллакх,безам кху дуьненан коьрта мехалла. Цара латтош дукха вайн адамийн дахар .

Тешам боцучохь хила йиш яц оьздангалла.

Дала тешам болу адамех дуьзина хуьлийла х1оранна дахар.

1) Тешам- иза…

2) Хьуна хетарехь тешаме волу стаг.

3) Дахарера масал.

Хьехархо Мугадиева Шовда Алашовна

  • подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • по всем предметам 1-11 классов

Курс повышения квалификации

Дистанционное обучение как современный формат преподавания


Курс профессиональной переподготовки

Русский язык и литература: теория и методика преподавания в образовательной организации


Курс повышения квалификации

Инструменты онлайн-обучения на примере программ Zoom, Skype, Microsoft Teams, Bandicam

  • Курс добавлен 31.01.2022
  • Сейчас обучается 25 человек из 18 регионов
  • ЗП до 91 000 руб.
  • Гибкий график
  • Удаленная работа

Дистанционные курсы для педагогов

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 602 537 материалов в базе

Самые массовые международные дистанционные

Школьные Инфоконкурсы 2022

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

  • 25.03.2021 6413
  • DOCX 22.5 кбайт
  • 18 скачиваний
  • Оцените материал:

Настоящий материал опубликован пользователем Мугадиева Шовда Алашовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

Автор материала

40%

  • Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • Для учеников 1-11 классов

Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов

Дистанционные курсы
для педагогов

663 курса от 690 рублей

Выбрать курс со скидкой

Выдаём документы
установленного образца!

Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки

Время чтения: 11 минут

В приграничных пунктах Брянской области на день приостановили занятия в школах

Время чтения: 0 минут

Школы граничащих с Украиной районов Крыма досрочно уйдут на каникулы

Время чтения: 0 минут

Инфоурок стал резидентом Сколково

Время чтения: 2 минуты

Курские власти перевели на дистант школьников в районах на границе с Украиной

Время чтения: 1 минута

Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса

Время чтения: 1 минута

Школьник из Сочи выиграл международный турнир по шахматам в Сербии

Время чтения: 1 минута

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

1.Шайна хууш йолу,шаьш 1амийна я Даймахках, я ненах лаьцна байташ йоьшу дешархоша.

2.Ненан маттах лаьцна стихотворенеш юьйцуьйту дешархошка.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Дикаев Мохьмад вина 1941-чу шарахь Бердак1ел ц1е йолчу юьртахь.Халкъ махках доккхучу хенахь кхо шо кхачаза вара иза.Цо Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институтехь доьшу.Иза кхиамца чекх а йоккхий , аспирантуре деша а воьдий, ша дешначу институтехь болх бо цо.

Дикаев Мохьмада язйинчу стихотворенеш т1ехь даьхна иллеш а, эшарш а ю.

Ц1еххьана лекъа поэтан аз,хеда цуьнан жигара болх.Иштта дог пох1ма поэтана ша карван ца хаьа, халкъан ц1е ларъян г1ертарна.Дикаев М .кхелхина 1979-чу шарахь.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца йоьшуьйту.

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

-Поэтана Даймохк хьоме хилар стенах хаьа вайна?

-1аламан суьрташ муха гайтина стихотворенехь?

-Лирически турпалхочун дог стенг кхевдина ду?

VΙ.Жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

Коментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх

2.Стихотворени дагахь 1амо.

Г1а урок

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Изложенин кечам бар.

1)Хьехархочо текст д1ешар.

Сарахь оха тхешан т1оьрмигаш кечдира.Оха цу чу г1утакхаш а, аптечка а,кедаш а,1айгаш а дехкира.Са ма-хилли тхо новкъа девлира.

Новкъахь Салас ког хадийра.Тхан санитара,цунна йод а хьаькхна,д1абихкира иза.Сала т1аккха д1авеара.

Оха сада1а билгалъяккхинчу меттигана т1екхача барх1 километр йисинера.Новкъахь тхо уьшалшна т1е 1иттаделира.Амма тхан разведчикашна дика некъ карийра.Т1аккха тхо оцу новкъа д1адахара.

Т1аьххьара сада1а севцира тхо боккха 1ам болчохь.Ц1еххьана тхуна хезира бер доьлхуш.Тхо девдда цига дахара.Жима ши йо1 тилаелла хиллера.Оха и щиъ новкъа яьккхира.

2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

- Стенга даха кечделла хиллера бераш?

- Х1ун яра бераша т1оьрмигаш чу ехкинарш?

- Мича хенахь бевллера уьш новкъа?

- Новкъахь х1ун хиллера Салина?

- Мича кхечира бераш?

- Х1ун хезира берашна?

3)Чулацам схьабийцийтар 1-2 дешархочуьнга.

4)Текст кхин цкъа а ешар.

5)Изложенин план х1оттор:

Некъана бина кечам.

К1ентан ког хадор.

Дикачу новкъа довлар.

Тилаелла жима ши йо1.

ΙΙΙ. Издожени тетрадашна т1е д1аязъяйтар.

ΙV. Белхаш схьалахьор.

V. Урокан жам1 дар.

VΙ. Ц1ахь бан болх:1амийнарг карладаккха.

Г1а урок

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

-Поэтана Даймохк хьоме хилар стенах хаьа вайна?

-1аламан суьрташ муха гайтина стихотворенехь?

-Лирически турпалхочун дог стенг кхевдина ду?

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-Муьлха туьйрана девза вайна наьрт-эрстхойх лаьцна?Муьлхарш?

-Гайсултанов 1.дийцаран коьрта турпалхо мила ву?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

-Муьлха поэташ бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

-Вайн нохчийн поэташ, яздархой бевзий шуна?Ц1ераш яха.

-Х1ун произведенеш язйина цара?Аша муьлхарш ешна?

-Тахана вай дуьйцур ду Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимовичех лаьцна.

Арсанукаев Ш. вина 1930-чу шарахь, август беттан 15-чу дийнахь Дишни-Веданахь.

Белхаш бина финансово органашкахь,районни газетан редакцехь, Н-Г1-н книжни издательствехь, ,, Орга” альманахан редактор а хила иза.

Яздан волавелла школехь доьшуш волчу шерашкахь.Дуьххьара стихотворени зорбатоьхна 1959-чу шарахь.Х1етахь дуьйна газетан аг1онашна т1ехь ,,Орга” альманах,коллективни сборникаш т1ехь.

Нохчийн-Г1алг1айн книжни издательствехь арахецна Ш.Арсанукаевн стихотворенин а,поэмийн а сборникаш. Лаьмнашкахь 1уьйре”(1965), ,,Безаман шовда”(1967), ,,Ц1еран суй”(1969), ,,Новкъахь”(1970), ,,Стихаш”(1971), ,,Сийна некъаш”(1973), ,,Лакхенан г1иллакх” (1975), ,,Баххьаш (1977), ,,Тешам(1978).

60-чу шераш дуьйла ма даллара веара Шайхи нохчийн литературехь. Цуьнан хьалхара г1улчаш и къона поэт велахь а, онда яра.

Книга ешархошка цуьнан дуьххьарлера стихаш ма йийшинехь хиира Арсанукаевн корматталла нохчийн классикийн С.Бадуевна,М.Мамакаевн поэтически кхоллараллина т1ехь дебна а, кхиъна а йог1уш хилар.

2)Стихотворенехь говза сурт х1оттор ду гойтуш дерг.Махке деанчу вонна дуьхьалвала кийча волчу лирически турпалхочун ойланаш гойту кху стихотворенехь. Иштта цуьнан меттан исбаьхьалла.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка стих ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стих.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-1аламан суьрташ муха гайтина стихотворенехь?

-Лирически турпалхочун дог стенг кхевдина ду?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о151-152 биографи еша.

Г1а урок

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

-Маца вина Дикаев М.?

-Маца йина Курумова С.?

-Маца велла Арсанукаев Ш.?

-Мульха произведенеш 1амийна вай?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

-Маца йина Ахматова Р.?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

2)Кибиевс х1окху стихотворенехь ненан мотт беза а,сийлахь а ларар ,и къоман куьзга а дина д1ах1отто безаш хилар ч1аг1до.Нохчийн мотт ц1армат буьйцуш,сийсазбеш берш емалбар гойту цо.Иштта яздархочо хоуьйту меттан сий лардан дезаш а,мотт ларам барца кхала безаш а хилар гойту.Поэто шен патриотически дог-ойла а,синхаамаш а гойту вайн кху стихотворени т1ехь.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка стих ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стих.

VΙ.Словарни болх.

Чукъари-бердах чуоьгу хи.

Ц1армат-ирча,маьттаза.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о154-155 биографи еша.

Г1а урок


Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни.


Общие условия выбора системы дренажа: Система дренажа выбирается в зависимости от характера защищаемого.

Поперечные профили набережных и береговой полосы: На городских территориях берегоукрепление проектируют с учетом технических и экономических требований, но особое значение придают эстетическим.

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций.

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Оценить 1684 0

Нохчийн литературан йиллина урок

Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.

3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!

Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)

Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна

Кутузов:- Т1ом халкъан бу, сан хьомениг,аша дийриг дерриг нийса ду. Суна бен мА дац , цхьаннан коьртахь , кивер а йоцуш,куй хилар,кхечуьнан мундира к1ела а доцуш, кетар к1ел детталуш дог хилар а. Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ г1атто хаар.

Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.

Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.

Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.

Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?

Чеченский:- Нохчийчуьра схьавалош со жима вара. Россехь кхиъна со, сайн ненан мотт бицбелла бог1у .

Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!

Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.

Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.

Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.

Хьехархо : Нийса билгалъяьккхи ахь вайн урокан тема. Тахана вайн достур ду г1араваьллачу турпалхочун васт, Дуьйцур ду цуьнан т1еман говзаллех, т11ех1оьттинчу халонашна хьалха иза гора ца хоттарх лаьцна ., аьтто хир бу цу хенан хиламашка кхача.

Хьалхарчу урокехь повестан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Александр Чеченски къонах хилар. Цуьнца боьзна ц1еран болх бара шун. Къонахаллех лаьцна стихотворении , кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш

- Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

- Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац

Хьехархо: вуно хаза кицанаш далий аша. Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъанна даима мехала хетарг- къанахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамехь, гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхца, цо дечу кегийрачу а, даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу. Х1инца вай повестан хиламах , авторах лаьцна хаарш карладаккхур ду.

-19-чу б1ешарахь Европехь цхьанакхеттачу эскарша Наполеонна дуьхьал бина т1емаш. -1812 –чу шарахь хилла Даймехкан т1ом.

- х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна

(И кхочушдан 3 минот хан ю )

Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)

2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)

Хьосту, 1ехаво, чиэхаво

Дахар – сатийсаман денош

Вазво, сий айадо,лакхавоккху

Къонах- сийлахь ц1е

Хазво, толаво, эшаво

Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант

Айаво, даьржа,кхайкхаво

Сий-къонахчун аг1о ю.

Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна

И кхочушдан 3 минот хан ю

Жам1 дар 1. Х1ун дог-ойла кхоллаелла шун повесть ешча? 2. Нагахь санна вай и зама юхалиста йиш хилча, х1ун хуьйцур дара аша 1алин дахарехь? 3.Цуьнан дахар муьлхачу вастаца гойтур дара аша? . 4. Шуна лаьарий шайн иштта дахар хуьлийла?.

5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.

Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)

Вайн халкъехь олуш ду : шен бийца къонахий доцург-къам дац, шен дийца къам доцург-къонах вац. Нохчех схьаваьлла волуш, и нохчалла шен дахаран чаккхене кхачош вехначу турпалхочун- Александр Чеченскина, иштта муьлхачу заманчохь хилла болу къонахий : Зеламха, шейх Мансур, Байсангур,Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлади , массане бу уьш - бевзаш, цабевзаш, даимна сий дийр ду вай царна. Оцу лакхене кхача Дала шуна кхетам,хьуьнар лойла.

Дешархоша бинчу белхан мах хадор: Аша массара дика болх бина , делахь суна лаьа аша шаьш шайн белхан мах хадор.

Рефлексия яр Муха хийти шуна вайн урок? Цхьа керла хаар кхолладеллий шу? Муьлха синхаамаш кхоллабелла шу? ( Хазахетар, , халахетар, синч1аг1о, цецвалар, бецахетар,)

Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,

Къийсамехь собаре - нохчийн и амалш, церан мостаг1аша а т1ехь,

массара а билгалйохуш ю.

Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.

Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.

1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.

2.Повеста т1ехь Александр Чеченский вайна дуьххьра го и жима берд олуш, ворх1- барх1 шо долуш хан ю цуьнан. Цомгаш хилла нана, меттахь дукха ца 1уьллуш, кхелхина, деца висира жима 1али. Маьрша яцара зама. Кегий къаьмнаш шайн парг1атонехьа къийсам латтош бара паччахьан эскарца. Да кест-кеста Мансуран б1оца паччахьан эскаршца лата воьдий, ша ц1ахь вуьсура 1али, луларчу зудчо тергам беш. Ц1ехьана т1елеттачу паччахьан эскаро Алда юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, меттиг таллуш схьабог1учу оьрсийн салташа, комаран дитта т1ера охьа а воккхий , г1опе д1авуьгу ворх1- барх1 шо кхаьчна жима ши к1ант. Царах цхьаъ кхио шега валар доьху Николай Раевскийс. Иштта нисло 1али оьрсийн х1усаме.

3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.

4. 1алин цкъа ца дицло воккхачу стага , Жумас, г1опехь дин хьехар: : « Шаьш т1едиссинчу х1усамна хьанала хилалаш, тешнабехках ларлолаш, шайх бехк боккхур болу х1ума мА делаш, чета эхь диллий мА лелелаш. Шаьш хьанах схьадевлла диц мА делаш. Къонахий болуш дика дай хила шун. Ша схьаваьлла юрт даима дагахь лаьтта цунна. Пхийтта шо кхаьчча шен юьрта кхачар нисделира цуьнан. Юрт гича дог тохаделира 1алин, девзира комарийн дитт, вевзира къанвелла Мажа. Т1аьхьо ша къанвала воьлча, мехкан безамна деанчу х1ух дийна хьуьн кхиийра цо. Мох баьлча а. дог1а деъча а Алда дагайог1ура цунна.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Вайна массарна ма хаззара:"Г1иллакх Ялсамани чуьра арадаьлла ду,юха цу чу даха дезаш ду".И дешнаш ч1ог1а нийса дешнаш ду.Иштта хезна суна-м:"Ялсамани гонд1ара керт а г1иллакхах йина ю"-бохуш.

Г1иллакх-оьздангаллин чарх ю олуш ду.Г1иллакхо хазвеш ву стаг,г1иллакх доцуш волчу стагах эца пайда бац,цо мел яккхийра г1аланаш йоттарх.

Амма цхьаверг шена кера дуьнена рицкъа кхачавоьлча ,хьрамлонаш лело волу,шен йиш-вешех,гергарчерах,накъостех д1ахеда.Мел дукха бахам стег хиларх,цуьнан баха мах дан х1ума дац ,цу стагехь г1иллакх-оьздингалла яцахь. Х1ара дуьне а,1алам а кхоьллинарг сийлахь Дела ву,рицкъ луш верг а И ву. Уггаре коьртаниг кху дуьненахь нийса чекхвала хаар ду.

Хьехархо:

Хь-хо:Х1инца ,вайна гуш ду-кх,массо х1ума дац ахчанца нислуш.Ахчанца эцалац

сий ,яхь,къинхетам,собар,комаьршалла,тешам,иэхь-бехк.Стеган мел дукха рицкъа,хьал-бахам хиларх пайда бац,нагахь и вайн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш цуьнгахь яцахь,цу бахамах шен сий,яхь,маршо йоьхкинехь.

Цу дерриге дешнийн маь1на даста а хьовсур ду вай.

Яхь-шина тайпана хуьлу;оьзда яхь,харц яхь.

Харц яхь-хьаг1 ю,иза кхечунна дика болх хилча халахеташ,вон болх хилча хаза хеташ,харцо лелийна а кхечул тола г1ертар ду.Иштта хила цкъа а мегар дац.Иза даккхийчех къа хилар гойту х1окху хьадисо:

"Хьог1о шун 1амалаш ягайо,ч1ог1ачу малхо буц санна"Дала лардойла вай цунах.

3.-Хьан эр дара аша собар бохучу дешан муха маь1на ду?

Собар-вайн къомо уггаре а лоручу г1иллакхех цхьаъ ду.Иза хиллачух нийса кхета а,сихаллехь зулам ца деш сацавала а иман тоар ду.

"Сихалло садаьккхина,собаро лам баьккхина"-олуш кица а ду вайн.

4.-Хьан эр дара аша къинхетам бохучу дешан муха маь1на ду?

Къинхетам-оьздачу стеган коьртачу билгалонех цхьаъ ду. Адамашца а,1аламца а къинхетаме хилар х1ора стеган сийлахь декхар ду.

5.-Хьан эр дара аша комаьршалла бохучу дешан муха маь1на ду?

Комаьршалла-и синмехалла а къинхетамца йоьзна ю.

Комаьршалла а ю шина кепара:1)бакъйолу комаьршаллий,ц1ерхазаман комаьршаллий.2)Бакъйолу комаьршалла иза боккъал Делах кхоьруш,мискачу нахах къахеташ ,хьаша-да т1еэцар дезаш хилар ду.

Доттаг1алла -ц1ийца доцу ,амма шен жоьпаллица цул а ч1ог1а долу сингергарло ду. Шина стеган дуьнене болу хьежамаш,ойланаш,г1иллакхашцхьана дар ду

Тешам-доттаг1аллехь а,муьлххачу а юкъаметтигаш лелорехь оьшу синмехалла ю.

8.-Хьан эр дара аша эхь-бехк бохучу дешан муха маь1на ду?

Эхь-бехк -Муьлххачу а адамна а хаа деза шен доьзална,лулахошна,юьртахошна ,халкъана,махкана хьалха шен декхар дуй. И декхарш довзар а,уьш кхочушдан г1ертар а-стеган эхь-бехк хилар,цуьнан оьздангаллин билгало ю.

Хьехархо:

Хь-хо: Вай ялийна вайн къоман оьзда синмехаллаш мел дукха рицкъа даларх эцалуш яц.Уьш Дала х1ора стагана шен ц1ийца ,сица луш ю.

1.Д1ахьошверг.

Халкан уггар а доккха хьал - иза х1ора доьзал сица а дег1аца а могаш хилар ду. Нагахь доьзал ч1ог1а хилахь, къам а хир ду ч1ог1а.

2.Д1ахьошверг.

Нохчийн къоман философехь доьзал дийнна цхьа дуьне лору ,оцу Дуьненахь стигал- Да ву,латта- Нана.

Стихотворенеш д1айоьшу : Раджапова Маликас, Тами

1.Д1ахьошверг:

Даймохк безар,Даймохк хазбар ,цуьнан сий дар,дахар тодар,ирс кхоллар-вайн вешан декхар ду.

2.Д1ахьошверг:

Даймахкана кхерам т1ех1оьттинчу шерашкахь майралла,доьналла гайтина к1ентий Даймахке болчу безамо цу сийлахьчу дарже.

Даймохк беза кхоьллина бу.Къонах Даймахкана хьакъ верг ву.

Стих-ни:"Яхалахь сан Нохчийчоь"д1айоьшу Хам

1.Д1ахьошверг:

Т1ах- аьлла хиларх ,стеган хаьштиг лацалур дац.Ницкъ болуш хиларх,лам меттах а баккхалур бац.Эшначу метте г1о дан кхиар т1ах-аьлла хилар ду.Дан ницкъ кхочу диканиг дар,лам меттах а баккхар санна ду.

2.Д1ахьошверг:

Вайн нигат хила деза ц1ена,Дела реза хинволчу аг1ор,адамийн дуьхьа,церан ирса дуьхьа.Бертахь хилар,вовшашна г1о дар,вовшен терго яр,ларар,вовшех дашар,хьанлла хилар.И ду стеган амалехь хазчу г1иллакхах,оьздангаллех къаста йиш йоцуш дерг.

1.Д1ахьошверг:Х1инца вайн дешархоша д1агойтур ю сценка "Ши доттаг1"

1.Д1ахьошверг:

Вахар къинхьегаман хьелашца доьзна ду.Стеган ирс,стеган сий хьаналчу къинхьегамах кхоллалуш ду.

2.Д1ахьошверг:

Хьаналчу къинхьегамах адамашкахь кхоллало беркат ,цунна ду уьш ларар,цунна ду церан сий.

Стих-ни "Баьпкан юьхк"д1айоьшу Черемханова Хеда1.Д1ахьошверг:

"Б1е эзар диканиг хьоьга даг1ахь а ,хаалахь б1е цхьаалг1аниг вон а дог1ур дуй"

2.Д1ахьошверг:

Мел мерза хир дара дахар,цкъацкъаб1аьрга хиш т1е 1енаш дацахьара.

"Курачу машенахь" дийцар дуьйцу Губашева Хадижата.

1.Д1ахьошверг:

"Коьртара куй а баьккхина,дехар дина",-олуш ду вайнехан.Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду.

2.Д1ахьошверг:

Ткъа зудчо,дехар деш,коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна ,хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

"Нохчийн хелхар"д1агойту вайн дешархоша.

Таханлера вайн цхьанакхетаран сахьт дерзо лаьара суна х1окху х1етал-металшца:

Дала аьтту бойла шун,нийсачу некъах ца туьлуш,махкахь а ц1е яхначу къонахийн дарже кхочийла шу!

Читайте также: