Суна еза корматалла сочинение

Обновлено: 05.07.2024

1алашо: Терахьдешан тайпанаш а,кепаш а хаар.Уьш лего хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ. 1амийнарг карладаккхар.

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлха тайпанаш 1амийна вай терахьдешан?

-Маса кеп ю терахьдешан?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш ?

Вуьрх1итта ,ткъа,цхьйтта,пхиппа,ткъе итт, шиъ,ялх,ткъе шиъ.

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар

1)Кхочушдо 162-г1а шардар.

2)Кхочушдо 161 –г1а шардар.Йозанца язде терахьдешнаш.

3)Легаде терахьдешнаш шиъ,шолг1а,кхоъ,кхоалг1а,ворх1,исс,ткъолг1а.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 163-г1а шардар.

V.Жам1 дар.

-Терахьдешнаш стенах олу?

-Терахьдешнаш маса тайпа ду? Муьлхарш?

-Терахьдешан маса кеп ю?Муьлхарш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

-Классан гайтамца хийцалуш дерг муьлха терахьдош ду?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш ?

VΙ.Ц1ахь бан болх.

2.Кхочушде 157-г1а шардар.

Г1а урок.

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочун дош.

Массо а адам хьанала къахьега дезаш ду.Шена безаш болу болх бан атта хуьлу адамана. Стеган самукъадолу шена беза болх беш хилча .Шена еза корматалла караерзо дика деша а,къахьега а деза.Адамо дукха хьалхе къастайо шена корматалла.

Тахана вай язйийр йолу сочинени аш хаьржинчу корматаллех хир ю.Х1инца дуьйна аш шайна цхьа корматалла къастийча, дика доьшуш кечам бича, болх бан атта хир ду.

ΙΙΙ.Дешархошна г1оьнна хаттарш ло:

1.Ас хаьржина корматалла.

2.Х1унда хаьржина иза?

3.Муха къахьега деза и лаам кхочуш беш?Деша дезий дика?

4.Хьенан дуьхьа доьшур ду ахь?

5.Хьан г1о дийр ду хьуна?

6.Болх муха бан дагахь ву хьо?

7.Вайн махкахь бан дагахь вуй хьо болх?

8.Нахана пайдехьа хир буй хьан болх?

9.Хьуна луур дуй кхечу махка д1аваха а,цигахь къахьега а?

10.Дений,нанний х1ун эр ду ахь,хьо цу дикачу новкъа ваьккхинчу?

11.Хьайн дахарехь халонаш 1итталахь а д1ахьур буй ахь хаьржина некъ?

12.Сочинени,кица дахарца я байтаца чеккъяккха.

ΙV.Оцу хаттаршна жоьпаш луш д1аязйо дешархоша сочинени,дуьххьар листокаш т1ехь язйо,шайн предложенеш вовшах нийса а тосуш г1алаташ нисдо.

V.Ц1ахь бан болх.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ерметдош а,цуьнан грамматически билгалонаш а.

1алашо:Ц1ерметдош а,цуьнан грамматически билгалонаш а йовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Дешнийн цхьаьнакхетаршна бе къастам,царех кхоъ легаде.

Цхьа буьйса,иссе а чоь,ворх1-ворх1 совг1ат,ткъайоьсна стаг,берх1итта урок,цхьйтталг1а шо,

ткъе шийтта урам.

-Барта дийца церан тайпанаш.

-Легаде цхьа буьйса ,берх1итта урок,иссе а чоь.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Ц1ердешан,билгалдешан,терахьдешан метта лелачу къамелан декъах ц1ерметдош олу.

Ц1ерметдешан итт тайпа ду.Уьш дожаршца хийцало.

-Стенах олу ц1ерметдош?Кхин муьлхачу къамелан дакъойн метта лела иза.

-Муьлха ц1ерметдешнаш девза шуна?

-Муьлхачу къамелан дакъойх метта лела уьш?

-Предложенехь муьлха меженаш хуьлий лела?

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 167-г1а шардар.

Ц1ерметдешнаш схьаязде ,юхь,терахь,дожар,билгалдаккха.

1-чу предложенина бе синтаксически къастам.

3.Легаде со,уьш боху ц1ерметдешнаш.

4.Дешнаш т1ехь болх:

VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Хаттарш дуй ц1ерметдешан?

-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела ц1ерметдешнаш?

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

2.Кхочушде 169-г1а шардар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш.

1алашо:Ц1ерметдешнийн тайпанаш довзийтар,

уьш шайн маь1ница хьаьжжина муьлхачу

тайпанашка декъало хаийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

ΙΙΙ. Карладаккхар.

Кхоъ,к1ант,жима,иза,ткъа,коч,йовлакх,тептар,баьццара,дейтта, суна,уьш,оьзда,лекха,доттаг1,эзар,накъост,цунна,х1ара,бераш,куй.

-Шайн къамелан дакъошка а х1иттош, бог1ама д1аязде.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю кеп:

1 Яххьийн Со,тхо,хьо
2 Дерзоран Суо,со-су0,шу-шаьш
3 Доладерзоран Сан,хьан.шун
4 Дерзоран-доладерзоран Сан-сайн,тхан-тхайн
5 Гайтаран Х1ара,д1ора,цигара
6 Къстаман Х1арра,изза,муьлхха
7 Къастамза Хьенех,минех,масех
8 Дацаран Цхьа а, аддам а
9 Хаттаран Мел?маса?х1ун?
10 Юкъаметтигаллин Х1ун,мила,хьенан

-Тетрадаш т1е кеп д1аязъеш, дешархоша дуьйцу,муьлха ц1ерметдешнаш дохку х1ора тайпанна юккъе.

-Х1ора тайпанна ц1ерметдешнаш дуьйцуьйту дешархошка.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 171-г1а шардар.

2.Церан бохучу ц1ерметдешнех бе фонетически

3.Суна делира,тхьоьга веара,хьо гира,шух дагавелира,цаьрца карийра,кхуьнца веара.

-Предложенеш х1иттае дешнийн цхьанакхетарх.
-Муьлхачу тайпана чу дог1у.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

1алашо: шайна гучх ,зеделлачух лаьцна барта жима дийцар х1отто 1амор. И дийцар чулацам ца талхош , йозанца схьабала 1амор.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: хуур ду билгалйинчу темина дийцар х1отто, тайп-тайпанчу предложенех пайда а оьцуш и д1аяздан.

Метапредметни:

Регулятивни: 1емар ду шайн болх кхиамаш дика хир болчу кепара д1ах1отто.

Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршан дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду спортах лаьцна дийца оьшу дешнаш каро , царех пайдаэца.

Х1ума довзаран: 1емар ду суьрта т1ехь х1ора декъах дог1уш дерг каро. Цунна оьшу г1ирс лаха.

Личностни: Даймехкан дуьхьа спортехь кхиамаш баха лаам хир бу дешархойн.

Урок д1аяхьар.

I .Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II . Суьртах лаьцна къамел дар.

-Х1ун ю спорт? (Спорт –иза къийсадаларш ду).

-Д1аелла учебникан 49-г1а аг1о.

-Муьлш бу цу т1ехь гуш берш? (Бераш).

-Х1ун деш ду бераш? (Бераш спортах пайдаоьцуш ду).

-Х1орш 1ун деш бу ? (Футболах ловзуш бу).

-Х1ун деш бу шолг1ачу суьрта т1ера бераш? (Уьш бовдуш хьалхабовлв къовсуш бу).аш ду спортан? (Берийн жоьпаш).

-Кхин муьлха тайпан

III . Шайн юьртахь , школехь спортаца долчу г1уллакхах лаьцна къамел дар.

- Спортан муьлха тайпанаш девза шуна? (Спортан шорта тайпанаш ду: бокс, футбол, нека дар, вадар, теннис).

-Х1ун таронаш ю цун юьртахь спорах пайдаэца? ( Тхан юьртахь дуккха меттигаш ю с портах пайдаэца тойина. Уьш ю спротзалаш, бовда кечбина некъаш, нека дан боссейнаш ,футболана кечйина аренаш).

-Шун классера бераш дуй спортехь? (Тхан классера дуккха а бераш ду спортехь).

-Муьлш бу боксе лелаш? (Со , Индарби , Юсуп бокс 1амош ву).

-Шу къаийсамашка дуьгий? Дийца шайн кхиамех лаций дийца. (Тхо сих-сиха къийсамашка дуьгу. Селхана Индарбис , Муслима хьалхара меттигаш ехира. Цаьршинна мидалш елира).

-Бовдучу спортехь хьан бехира кхиамаш? (Хадижат ,Рукъет бовдучу спортехь. Цаьршиннан дуккха а мидалш ю).

-Мила ву шун классехь теннисах ловзуш? (Тхан классера дуккха бераш ду теннисах ловзуш. Амма массарел дика ловзуш вверг Мовлид ,Мансур ву. И шиъ сих-сихс кхойкху къийсамашка. Даимна толам бохьуш вог1у и шиъ).

-Мила ву шун классехь футболах ловзуш? (Футболах ловзуш дут хан классера дукха бераш. Уьш сих-сиха къийсамашка буьгу. Церан дуккха а кубкаш а , мидалаш а ю).

-Шуна х1ун дог-ойла юс портах лаьцна? (Суна дукхаеза спорт).

IV . Сочинении язъян кечам бар.

План х1оттор.

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ).

-Стенах лаьцна хир ду хьалхара дакъа? (Тхан юьртахь спорте эха таро ю).

-Х1ун эр дара аша шайн юьртахь спорте эха бинчу аьттунах лаьцна?

-Стенах лаьцна хир ду шолг1а дакъа? (Спорте лелаш болчу берех лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур ю аша цунна? (Оха а боху спортехь кхиамаш).

-Х1ун эр дара аша спорте оьхучу берех , церан кхиамех лаьцна?

-Стенах лаьцна хир ду кхоалг1а дакъа? (Спорто бохьучу пайданах лаьцна, сайн спортах лаьйна йолу ойла гойтуш).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Спорт могушаллина пайде ю).

-Доьалг1ачу декъехь спортах лаьцна шайна хетарг ала.

Уьн т1е д1аязйо план.

1. Тхан юьртахь спорте эха таро ю.

2. Оха а боху спортехь кхиамаш.

3. Спортах хуьлу пайда.

4. Суна дукхаеза спорт

-Д1аеша план. Муха д1айолор ю аша сочинени? (Спорт ч1ог1а оьшуш г1уллакх ду).

-Х1ун яздийр ду аша хьалхарчу декъе? (Тхан юьртахь шортта таронаш юс портах пайдаэца. Уьш ю спортзалаш, вада кечбина некъаш, футболана кечйина аренаш).

-Х1ун яздийр ду аша шолг1ачу декъехь?( Тхан классера дукхахдолу бераш спортехь бу. Со , Индарби , Юсуп бокс 1амош ву. Тхо сих-сиха къийсамашка дуьгу. Селхана Индарбис , Муслима хьалхара меттигаш ехира. Цаьршинна мидалш елира .Бовда къовсучу юкъахь ю Хадижат, Рукъет. Дуккха а кхиамаш бу цу шиннан.Теннисах ловзуш ву Мовлид, Мохьмад. Ч1ог1а дика ловзу и шиъ . Футболах ловзуш ду тхан классера дукха бераш. Уьш сих-сиха къийсамашка буьгу. Церан дуккха а кубкаш а , мидалаш а ю).

-Х1ун яздийр ду аша кхоалг1ачу декъе? (Спорт могушаллина пайде хила ца 1а , цо 1амаво бертахь ваха, вовшийн кхиамех дозалла дан).

-Муха ерзор ю аша сочинени? (Суна дукха еза спорт).

-Муха къастадо х1ора дакъа йозанехь? (Ц1ечу мог1анчуьра яздо).

3. Г1орторан дешнаш довзийтар.

Пайдаэца , кечйина, футбол, спортзал, дакъалоцуш, къийсамашка дуьгу, теннис, 1амаво , мог1шаллина.

-Оцу дешнех ,планах пайда а оьцуш схьабийца чулацам.(3-4 дешархочо схьабуьйцу).

V . Сада1аран миноташ.

VI . Сочинении язъяр.

(Бераша шаьш язйо сочинени. Хьехархочо г1о до предложении нийса х1оттош,оьшу дешнаш карош, маь1на т1едуза дешнаш карош).

VII . Рефлекси.

-Х1ун дара халаниг? Х1ун нисдели шун дика?

VIII .Урокан жам1.

-Х1ун керланиг хии шуна?

IX . Ц1ахь бан болх балар.

1. Бакъонаш карлаяха.

Спорт ч1ог1а пайден г1уллакх ду. Спортан шортта тайпанаш ду : футбол, бокс , боскетбол, кросс, гимнастика , лыжанаш хехкар. Уьш деригге ч1ог1а хаза а ,пайде а х1умнаш ду.

Амма къаьсттина сан самукъадолу футболах. Со футболе оьхуш ву. Оха ч1ог1а дукха тренировкаш йо. Тхо кест еста къийсамашка а оьху.

Спорта юкъахь хилар ч1ог1а могушаллина пайдехь ду.

Спорт ч1ог1а оьшуш г1уллакх ду. Тхан юьртахь дуккха меттигаш юс портах пайдаэца тойина. Уьш ю спротзалаш, бовда кечбина некъаш, нека дан боссейнаш футболана кечйина аренаш.

Тхан классера дукхах долу бераш спортехь бу. Со , Индарби , Юсуп бокс 1амош ву. Тхо сих-сиха къийсамашка дуьгу. Селхана Индарбис , Муслима хьалхара меттигаш ехира. Цаьршинна мидалш елира.

Бовда къовсучу юкъахь ю Хадижат, Рукъет. Дуккха а кхиамаш бу цу шиннан.

Теннисах ловзуш ву Мовлид, Мохьмад. Ч1ог1а дика ловзу и шиъ .

Футболах ловзуш дут хан классера дукха бераш. Уьш сих-сиха къийсамашка буьгу. Церан дуккха а кубкаш а , мидалаш а ю.

Собрала для вас похожие темы сочинений, посмотрите, почитайте:

Сочинение на тему: Хьарамло

Хьарамло — иза Дала ца магийначу новкъа лелар ду : харцо лелаяр, къола дар.

Сан кхетамехь — хьарамло хьо санна волчу бусулбачу стагана ахь беш болу тешнабехк бу.

Дахарера масал далош, ала лаьа вайн мехкан куьйгалхочо а , 1еламнаха а оццул хьехамаш барх схьацалоцу кегийчу чкъоро. Хьарам новкъа боьлху уьш , нахана Сингаттам а боккхуш.

Вай дийцинчун жам1 деш ала лаьа, Дала харцонах а , хьарамлонах а лардойла вай !

Помощь студентам в учёбе
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal
lfirmal

Образовательный сайт для студентов и школьников

© Фирмаль Людмила Анатольевна — официальный сайт преподавателя математического факультета Дальневосточного государственного физико-технического института

Нажмите, чтобы узнать подробности

Романан хиламашкахула коьртачу турпалхочун дахар цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заман кегийрхой ишттачу турпалхойх масала а оьцуш г1иллакх оьздангаллица кхиор.

3.Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун массера!

Хьеший шу марша дог1ийла! Тахана вай д1ахьур ю литературан рог1аллин урок.шайн оьшуш болу г1ирс схьаэций кечло.

Автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.

1алашо:1. Романан хиламашкахула коьртачу турпалхочун дахар цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заман кегийрхой ишттачу турпалхойх масала а оьцуш г1иллакх оьздангаллица кхиор.

3.Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун массера!

Хьеший шу марша дог1ийла! Тахана вай д1ахьур ю литературан рог1аллин урок.шайн оьшуш болу г1ирс схьаэций кечло.

Автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.

Паччахьан олаллин дукъ дазделла гIорасиз хилла, цхьанхьарчу орцане сатесна висинчу муьлххачу а къехочунна дагавогIуш хилла майра Зеламха. Амма, XX-чу бIешеран юххехь, оцу харцонна дуьхьал цо болийна и къийсам кхойтта шарахь бахлой, хеда, нийсонан масалх.

2.Ц1ера болх таллар.

Сценка: 1901-чу шарахь , шийлачу гуьйренан де серладолуш Веданан г1опера арабаьхна и тутмакхаш буьйсанна хан яьллачу хенахьСоьлжа Г1аларчу ширачу набахте кхечира. Царех шиъ, цхьацца воккхуш, хаттарш дина, камераш чу авоьллина, не1арехь лаьттачу г1арроле, мохь тоьхна, кхозлаг1ниг чувалавайтира набахтин кемсарлехь болх беш 1ачу эпсаро. Оьг1азуо айвелла, когашкара дуьйна коьрте кхаччалц тутмакхе а хьаьжна:

-Хьан ц1е муха ю?-хаьттира эпсаро.

-Зеламха,-элира и хаза хьаьвзина,1аьржа мекхаш долчу къуоначу стага.

-Ден ц1е?

-Гушмазукъа.

-Маса шо ду хьан?

-Ткъе ворх1алг1а.

-Вина меттиг?

-Веданан к1оштара, Харачойн –эвла.

-Муьлхачу къоманах ву хьо?

-Нохчо.

-корматалла?

-Ахархо.

Кхин тутмакхе хаттар ца деш . кест-кеста цу шеен ирхъхьаьвзинчу т1апачу мераца цхьаьна и хьаьрса корта айбой ,тутмакхах б1аьрг а тухуш: дег1ана юккъерачу барамехь ву, коьрта т1ера чо-1аьржа бу, цкъоцкъамаш. Мекхаш-1аьржа ду, маара а, бат а шайн барамехь ю,юьхь -ц1ена, б1аьргаш таь1ано- мокхачу басехь,йоцца лергина, ч1ениг к1ел йитина маж а-1аьрж,кхин а билгалбаккха битам бац, аьлла д1аяздира эпсаро тутмакхан массо а амат.

Шега кхин х1ун хоту, ца хууш леррина д1ахьаьжинчохь Зеламха висча , оьг1азваханчу эпсаро вон б1аьргаш а къерзош:

-Х1ун до ахь, ши б1аьрг хье т1е а баьккхина? Со Д1акхалла-м ца воллу хьо?-аьлла, аз айдира.

Кхин шена т1ера д1а ца вирзича, вист ца хуьлуш, къеззиг ойла а йина.

-Х1ан-х1а, -элира Зеламхас, шена ледаро хуучу оьрсийн метан дешнаш вовшахтесна, бегаш бечуха, вела а къежаш,-со хьакха юуш вац.

Т1аккха довхачу хе вагийча санна, хьала а иккхина:

-Къу , зуламхо. курхалча. Ас вахкор ву хьо кху чохь…Хьакха мичахь ю хоуьйтур ду хьуна ас кху чохь, ж1аьла!- бохуш мохь хьоькхура эпсаро.

Цкъа-шозза цуьнга и мохь ма хьаькха. -Цу декъазчу тутмакхо хьуна дина х1ама дац, -ала дагадеъча а, х1ан-х1а , кхузара нах кхарна шайна дика бевзаш хила а тарло аьлла, дош ца олуш, сецира тутмакхаш балош веана поручик

3. 1амицнарг т1еч1аг1дар.

Хьехархо: Вайна ма хаара тахана вай вуьйцург обарг Зеламха ву.

Хьалхе урокехь вай романан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Зеламха къонах хилар. Цуьнах лаьцна стихотворени, кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш:

- Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

- Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац

Хьехархо: Вуно хаза кицанаш дали аша Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъана даима мехала хетарг—къонахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа а баьккхинчу толамех гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхашца цо дечу кегийчу даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу.

Х1инца вай романах хиламах, авторах лаьцна хаарш карладохур ду.

-Х1ун хиламаш бу цу т1ехь буьйцуш?

Дешархошка Мамакаев М. А. кхоллараллех лаьцна дуьйцуьйту.

Хьехархочо:Мамакаевс язйина стихаш евзи шуна ?

Хьехархо: Х1инца вай тобанаш йийр ю. Аша шайн тобанашна ц1е тилла еза (дахар , маршо, яхь)

Х1ора тобанна луш т1едиллар ду.

-Дешнашца Зеламхан куц, кеп х1оттадар.

Хьехархо: кхин д1а х1ора тобанна пхиппа хаттарш ло.

1.Мила ву Солтамурд?

3.Х1ун бахьана дара Зеламха а кхин гергарнаш набахте бахийтар?

5.- Ой юха ц1а дирзича, вай стенга даха деза?-цецъелира зуда. Цубалхах шеен х1усамнана ца кхетарг хиларх тешначу Зеламха, г1аддайна вела а къежна:

-Хьалхацкъа юха дерза мА деза цига, хаьий хьуна?-хаьттира Зеламхас. И хьун ала г1ерта шен зудчуьнга?

6.Набахтера Зеламхан накъостий муьлш бу ?

7.Мила ву писарь Зеламхан?

8.Шаьш Г1излара-г1алара банке кхаьчча, х1ун аьлла коьртачу казначейн т1евирзира Зеламха?

Читайте также: