Сочинение нохчийн мотт г1иллакхийн хоста

Обновлено: 04.07.2024

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Урокан 1алашо: шаьш гулбинчу г1ирсех пайда а оьцуш, монологан хьесапехь барта а, йозанан кепашкахь дийцар х1отто 1амор, иза маь1нин рог1алла а ларъеш, д1аяздан хаар; нохчийн матте безам хилар, и к1орггера 1амо лаам хилар.

Урок д1аяхьар.

I .Ц1ера болх таллар.

- Д1адеша шаьш яздина дустарш, кицанаш, фразеологизмаш.

-Маь1на де кицанийн.

-Стенах лаьцна ду уьш?(Нохчийн маттах).

-Х1унда кхоьллина уьш вайн халкъо?(Вайна меттан дозаллин мах хаийта, мотт 1алашбайта).

-Муьлха иллеш дийшира аша?(Таймин Биболатан илли, Адин Сурхон илли и.кх д1а).

-Х1ун эр дара аша оцу иллешкахь нохчийн маттах лаьцна?(Нохчийн мотт хаза а, ц1ена а гайтина иллешкахь).

II .Урокан 1алашонаш билгалъяхар.

Хьехархочо д1айоьшу стихотворени.

Доьзалехь бийцар а

Хьо винчу ненан мотт

“ Сов къен бу дешнашна,

Бац атта кхеташ”, -

Бохуш и сийсазбан

Ладог1ал цкъа соьга,

Ладог1ал, яккхий д1а

Йист йоцу х1орд санна,

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу,

Безам ахь буьйцуш -

Бека и, шех хуьлий

Хьан деган мерз!

Мерза бу, моз санна,

Лермонтовс, Толстойс а

Услара даггара хестийна и.

Б1ешераш хийла д1а

Сов хьанал бецаш

Нохчийн мотт бу.

Вайн халкъан ойланаш,

Нохчашна шайн мотт а

Нагахь хьо ца ваг1ахь

-Стенах лаьцна ю стихотворени?(Нохчийн маттах).

-Муха хета авторна шен мотт?(Автор ваккхийвуьй,цо дозалла до шен маттах).

-Х1ун боху ца нохчийн маттах лаьцна?Схьаала хаьйн дагна 1аьткъина дешнаш.

-Тахана вай язйийр ю сочинени, ненан маттах лаьцна.

-Муьлханиг хир ю урокан коьрта 1алашо?(Ненан маттах лаьцна сочинени язъяр).

III .Сочинени язъян кечам бар.

Масаллин кеп таллар.

-Схьаелла учебникан 6-г1а аг1о. Д1аеша масаллин кеп.

-Х1ун ю хьоста?Дошамца талла.

-Х1ун хаьа шуна нохчийн мотт кхоллабаларх лаьцна?(Нохчийн мотт ширачу заманчохь кхоллабелла).

- Х1ун эр дара аша хьалхарчу декъах лаьцна?Х1ун ю вайн меттан хазна?Стенах лаьтта и хазна?(Вайн меттан уггар коьрта хазна –г1иллакхе хилар ду. Г1иллакх д1агойтуш г1уллакхца,дашца хилла нохчийн меттан).

-Х1унда олу иштта?Х1ун гойту оцу дешнаша?(Оцу дешнаша воккхачуьнга, шен хенарчуьнга лерам гойту,иза шен йише, веше, дейише, девеше кхачор, уггар боккха лерам бу нохчийн).

-Кхин муьлха г1иллакхе дешнаш девза шуна?Уьш маца олу?

(Иллеш т1ера г1иллакхе к1айдаргаш уьн т1е д1аязйина хила еза).

-Кхин муьлха к1айдарг яло мегар дара масалина?

(Уьн т1е д1аяздо г1иллакхех лаьцна фразеологизмаш).

-Муьлха кицанаш девза шуна г1иллакхех лаьцна?

(Д1аяздина хила деза уьш уьн т1е).

-Х1ун эр дара аша нохчийн маттах, цуьнан г1иллакхе хазнех лаьцна? (вайна ма-гарра нохчийн дахарехь т1еэцна махиллара, нохчийн маттехь г1иллакхо д1алоцу коьрта меттиг. Цундела, нохчийн халкъан барта кхоллараллехь: иллешкахь, кицанашкахь дукха ду г1иллакхе х1уманаш.Цхьа туьйра а, илли , дийцар дац г1иллакх ца хьахош, и ца толош, Цундела аса дозалла до сайн ц1енчу маттах).

План х1оттор.

-Муха йолор ю вай сочинени?(Мотт кхоллабалар).

-Кхоллабеллачул т1аьхьа муьлха хийцамаш хилла?(Оцу маттаца г1иллакхе бистхила 1аьмма нохчашна. Бистхилар д1адаржийна барта кхоллараллехь).

-Х1ун ц1е туьллур ю оцу декъана?(Нохчийн мотт кога бахар: иллешкахь,дийцаршкахь,кицанашкахь, чохь ,арахь хазар).

-Муха ерзор ю сочинени?(Аса дозалла до нохчийн маттах).

План д1аязйо уьн т1е.

1.Мотт кхоллабалар.

2.Мотт когабахар:

А)чохь, арахь г1иллакхе балар;

Аь)кицанашкахь, иллешкахь болабалар;

Б) фразеологизмашкахь, дустаршкахь ира бекар.

3. Дозаллин т1ег1анехь латтар.

-Маса дакъа хир ду сочиненин?

-Муха долор ду х1ора дакъа?

IV .Сочинени язъяр.

Дешархойн лааме хаьжжина,хьехархочо г1о до предложенеш вовшех тосуш, орфографически г1алатех ларбала.

Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьне нан Iилма а.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.

+

3 Смотреть ответы Добавь ответ +10 баллов


Ответы 3

+

ненан мотт-нохчийн мотт! х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ мотт бу. кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. ма-дарра аьлча, дийриг а мотт бу.

вай нохчий ду. веза-воккхачу далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна нохчийн мотт! со йинчу, х1ара дерриг а дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме? ! нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. ненан матто вай 1амадо даймохк беза. цо 1амадо вайна дуьненан а, а хазалла йовза.

Ответ

+

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хилар

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилар

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хилар

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хилар

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу оьзда стаг.

Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу оьзда стаг.Нахана а, Далла а, шан шена а гуш долу оьзданггали васт - цхьаъ хуьла оьздачу стеган.

Муха хила веза бокъ волу нохчи

Муха хила веза бокъ волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.

Муха хила веза бокъ волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.

Муха хила веза бокъ волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.Г1онна мохь баьлча сихало накъост хила бакъволу нохчийн к1ант. Диканехь-г1онехь а цхьатерра дакъа лоцу нохчийн к1анта.

Муха хила веза бокъ волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.Г1онна мохь баьлча сихало накъост хила бакъволу нохчийн к1ант. Диканехь-г1онехь а цхьатерра дакъа лоцу нохчийн к1анта.Массо а цу х1уманна ши да ву – иман а, кхетам

Дош лардо шеен нохчийн к1анта. Юачуьнца оьзда хуьла и.ШЕн къоман а, шеен махка а 1у ву и. Хьаналчу балхахь къа хьегарца садоккху цуо мехка дахар.

Нохчийн мотт – вайн дахаран хазна - http://www.stolicaplus.ru/

Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт - вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.

Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.

Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.

Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн

Данный материал опубликован на сайте BezFormata 11 января 2019 года,
ниже указана дата, когда материал был опубликован на сайте первоисточника!

Читайте также: