Сочинение г1иллакх на чеченском 9 класс

Обновлено: 04.07.2024

Хийла вай вовшахкхеттачохь дуьйцуш, олуш хезна вайна: вайн дай оьзда хилла, яхь йолуш хилла, цара вовшашца гIиллакх лелош хилла, бохуш. Вай дозалла дарца дуьйцу къонахех, дикачу нахах лаьцна.

Амма иза дац тахана вайна юкъахь и тайпана дика нах ца бисина бохург. Делахь а, вайна мел халахеташ делахь а, хIокху тIаьххьарчу шерашкахь чIогIа лахбелла адамийн вовшашка болу къинхетам, баккхийчаьрга болу лерам, вовшашна юкъахь хаалуш ю эвхьазлонаш. И эвхьазлонаш хьакхало божарех а, зударех а. Уггаре а халахетарг ду, доьзалан ненах, хIусамненах хьакхалуш а уьш хилар.

Тохара тхо кегий долчу хенахь наха шайн юьртахь я куьпахь емалвора вониг, къобалдора диканиг. Массара лоруш болу нах хуьлура хIора юьртахь а, куьпахь а. Юьртахь пхьоьханаш хуьлура, къоьжалло кхелина баккхий нах охьа а хуьйшуш, дика-вон цара дийцаре дора. Суьйранна, малхбузу IиндагIаш дахлучу хенахь, хаза хийист дIахIуттура, цигахь кегийрхой вовшах кхетара, вовшийн безамах дагара дуьйцуш. Iуьйранна я дийна юккъехь йоIе вистхилар иэхье лорура. МаьркIажал хьалхе йоI маре йодахь, ядийнарг лорура. Массо хIума а шен-шен кепехь дара, лелочун доза дара. Наха хIума аьндолчух ларлора. Буьйсанна буьртигахь хьаьжк1аш йохуш, тIаргIа къажбеш я нораш цIандеш белхеш хуьлура. Я синкъерам бора, хьеший баьхкича, церан лерамбеш.

Юьртахь зуда ялийна ловзар хилча-м, ерриге юрт бохург санна, цига дIагуллора. Нускале мотт а бостуьйтуш, лаккхарчу низамехь той дIахьора. Бакъду, юьртахь даьлла тезет а долуш, цхьана дас ловзар-м муххале а дийр дацара, ур-аттала зуда цIа юьгуш топ кхуссуш а ца хозуьйтура.

И дерриге таханлерчу денца дуьстича, вайна гуш ду-кх: Iуьйранна мичча хенахь а йоI урам новкъахь сацон а, цуьнца латта а мега. Буьйсанна хуьлучу белхийн меттана, кегийрахой телевизорш чу а бирзина Iаш бу. Наггахь юьртахь ловзар дича а, цхьацца лела ца хуучу наха и дохош меттиг хуьлу.

Дукха хан йоццуш со рузбане воьдуш а, юха цигара цIа вогIуш а сайна новкъахь гиначух цхьацца хIума хьахо лаьа суна.

…Со боккхачу новкъа воллушехьа, 40-45 шо хир долуш йолу цхьа зуда суна нисса 2-3 гIулч хьалхашха, со тергал а ца веш, новкъахь машен йогIуш юй а хьаьжна, сан некъ а хадош, дехьайолу. Иза Iовдал йоций-м хиира суна, Iовдал хилча машен йогIий а хьожур яцара…

Ас ца боху, сайн некъ хIунда хадийна, и баха сан бакъо а яц. ШарIе диллича а, мискъалазарраталл а хьо кхечарал лакхара хетавала мегар дац боху. “Со хIунда ца лери хIокхо, суна хьалхахула хIунда ели хIара?” – аьлла а дагчу куралла ягIахь, Далла гергахь кхераме ду боху. Ас бохург: “Деллахь, гIеметта хIоьттина йолчу оцу зудчунна а гIиллакх-оьздангалла х1ун ю хууш ца хилча, цуьнан доьзало хIун дийр ду техьа? Уьш хьанах тера хьалакхуьур бу техьа? Цара хIун лелор ду техьа? Хир юй те вайн юьззина къона тIаьхье?” – бохург ду.

Со цIа вогIуш а, цIа кхача йиснарг 200 метр хиллал меттиг бен яцахь а, цIа ваха йиш йоцуш лаьттара со. Оцу боккхачу новкъара хьалавоьрзучохь, тхан урамновкъахь, сан беша йисттехь ала мегар долуш, лаьтташ дара кIанттий, йоI1ий. ХIинца со хьалаволавелча церан меттиг йохайо-кх ас бохуш, сайн жималла дага а лоьцуш лаьттара со. Бакъду, со жима бер долчу хенахь лаьттинчух тера-м дацара суна гуш долу сурт. Цкъа делахь, йоI, шеца накъост а йоцуш, ша яра, я кIентан латтар а дацара башха йоIаца дагара дуьйцуш лаьттачух тера. Алссам нах дIасалела урам бара иза. ЦIа ца вахча ца волуш со а вара. Делахь а со-м йогIуш йолчу, сайн лулахочун “Беларусь” трактор а сацийна, цу тIе а хиъна, царна уллехула чекхвелира, царна новкъарло а ца еш. Цул тIаьхьа, гIеххьа хан яьллачул т1аьхьа, со корехула арахьаьжча, лаьтташ гуш дара и шиъ, амма царна уллошха тIехдуьйлуш, дIасалелаш, сол кегийра, даккхийра а адамаш гора. Ас ойла йира: “Хьажахь, церан меттиг а ца юхуш, со а валалург хилла-кх царна тIех”, – аьлла. Амма ас лелийнарг сайн гIиллакх дара.

Иэхье хIун ду а, иэхье хIун дац а хьоьхуш хила дезаш дара, къаьсттина дай-наноша. Кхин хIумма ца хилча а, вай муьлхха а цхьа буьйса схьалаьцча, тийна сахиладоллалц цхьацца маьттаза гIовгIанаш а еш, деса къамелаш дарца билгал а буьйлуш, цIармата буьйлуш, пайда боцурш лелош, урамновкъахь буьйсанаш токху вайн цхьаболчу кхиазхоша.

Дай-наношна хIунда ца хаьа шен доьзалхо чу мича хенахь вогIу, я цо хIун некъ лелабо?

Вайн доьзалш вай иштта хецна битахь, кхана Iуьйрре къоман амал йоцуш, юьхь йоцуш дисарна кхерам бу вай. ХIун дийр дара-те, хIун далур дара-те вайга?

Вай, Дела орцахволийла бохуш, Iарх гIуллакх хир дац. Вай лелочу дикачу хIуманна и орцах ваьлча а тоьар ма ду. Вай ваьш ду тахана оцу вешан доьзалшна орцахдовла дезаш дерш, уьш нийсачу новкъа баха безарш, царна цахуург хьеха декхарийлахь дерш. Доцца аьлча, царна дов дан а, ца хуьлчу даьлча тоха а йиш ерш.

Шеко яц шуна, Дела чIир оьцур йолуш ву шуна. Мискъалазарраталл а хаттар доцуш, жоп доьхур доцуш хIума дац шуна. Ойла е тахана шаьш сема долччуьра, набарх т1еоьхьнарг бен хир дац шуна. Байттамал бохучу хенахь тIаьхьа хир ду…

Цундела айса школехь бечу балха т1ехь, хьалхара меттиг д1алоцуш хета суна, дешархой г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиор, ткъа шолг1а меттехь ду 1илма 1амор.

Хьовсал, 1илманал а лакхара мах хадийна кхузахь г1иллакхан. Иза т1еч1аг1деш цхьа дешнаш ду вайн фольклорехь:

Ницкъ хиларх хуьлуш вац яхь йолу дика к1ант,
Х1илланах а хуьлуш вац тешаме дика к1ант,
Тешамо, собаро, г1иллакхо веш ву-кха,
Оьздалло, стогалло, хьекъало веш ву-кха,
Г1иллакхах вуьззина яхь йолу дика к1ант…

Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха ю г1ум. Х1етте а цхьатера ши мисхал карор яц боху цуьнца. Иштта адамаш а ма ду цхьатера доцуш, цаьрга терра ма ду церан г1иллакхаш а.

Дала, 1алам къаго кхоьллина г1а-бецан заза санна, къаьмнаш хаздан кхоьллина ду г1иллакх-оьздангалла. Ткъа и оьздангалла адамашкахь бен, кхечу садолчу х1уманашкахь хила йиш йолуш а яц.

Г1иллакх – иза адамийн вовшийн дика уьйр ю. Амма иза оьздангаллин цхьа дакъа бен дац. Г1иллакх ялсаманера схьадеана а ду, юха ялсамане дерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца.

Нохчийн къоман г1иллакхаш кхолларна ч1ог1а т1е1аткъам бина вайн махкахь хиллачу хиламаша.Кхузахь къаьсттина билгалъяха еза Шайх Мансуран, Тайми Биболатан, Имам Шемалан заманаш, иштта вайн халкъ 1864 шарахь Туркойн махка кхалхор, цул т1аьхьа 1944 шарахь дийнна халкъ Сибрех дахийтар, 1994 шарахь дуьйна Нохчийчохь масийтта шарахь хилла т1ом. Амма нохчийн къам даьхна, х1умма осала а доцуш, деккъа цхьа г1иллакх-оьздангалла бахьанехь. Цундела, вай д1акхехьа безаш болу коьрта некъ – вайн дайшкара схьадог1уш долу оьзда г1иллакхаш карладахар ду.

Суна хетарехь, шен парзаш кхочуш а деш долу кхин суннаташ а ца деш, вайнехан г1иллакх-оьздангалла лелийча а, ялсамане даха хьакъ долуш къам ду вайниг.

Дуьненахь дехаш долу дерриге а къаьмнаш вовшех юьхь-сибатца, басца къаьстина ца Iаш, шайн гIиллакхашца ма къаьста. Ткъа тахана вайна гуш дерг, вайна хезаш дерг вайнехан амалца догIуш дац. Масала: урам-новкъахь, ламазаш а туьлуьйтуш, я уьш данне а ца деш, цизаьркаш, къаьркъа, кхийолу “ирча” баккхалш юхкуш вайнехан зударий хилар и вайна массарна а эшам бу, цхьана доьзалан нана ма ю иза… ДIакхоьссина бер карийна бохург къоман а лазам бу, къанделла да-нана дIатесна лелаш бераш ду аьлча а чIогIа новкъарло хуьлу дагна. ХIунда аьлча уьш берриге а цхьа тайпа-тукхам долуш, белча дIабохка безаш, дайн кешнаш долуш нах ма бу. Доладан дезара вай вешан доьзалийн. ХIора а дас-нанас шен-шен доьзална тIехь хила ма деззара Iуналла деш хилча, вайна милцой а оьшур бацара, цара кхин болх бийр бара. Оцу доьзалех лаьтташ ма ду дерриге халкъ. Доьзал ма бу вай уггаре хьалха ларбан безаш берг, тIехь Iуналла дан дезарг. Цундела оьшу дай-наноша шайн доьзалшна, кIад а ца луш, нийса некъ хьехар.

Дуккха а болчу хийцамийн тешаш хилла вай хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Оцу дIадаханчу тIеман хиламаша хийцина техьа вайн амал? Тахана вайгахь долчу хьоле ладоьгIча, кхана вай мича кхочур ду-техьа бохург дагчу лелхаш, ойлано хьийзаво. Вай оцунах цхьацца там хуьлуш хилчхьана, стагна томана харц дерг дуьйцуш хилча, вешан къоман хIума гал ма доккху вай. Ша къонах волу нохчо, и стимал къаьхьа делахь а, бакъдерг дуьйцуш хила веза.

“Вай нохчий ду” – олу вай. Бакъду, нохчочуьнгахь хила езаш йолу яхь, гIиллакх, оьздангалла, собар, стогалла тоьаш ца хуьлу хийла.

“Вай бусалбанаш ду”, – олу вай. Амма бусалба стагна тIехь долу декхарш кхочуш ца до хийламмо. ТIаккха хуьлий вай бусалбанаш?

Таханенна пайдехь дерг лоьху, аттаниг хоьржу, кханенна ойла йийриш кIеззиг хуьлу. Нагахь цхьа хIума ваьшна пайдехь карийча, шариIатна тIетевжа вай, и вайгахьа делахь – пачхьалкхан законна тIетевжа, ваьшна гIолехь хетахь – нохчийн Iадатна тIетевжа.

Уггаре а тоьлларш хир дара вай, ваьшна хетарш Iадда а дитина, вай кхоьллинчу Везчу Дала хIун боху хьаьвсича.

Масийтта декъе декъаделла, вовшашца хера а ца дуьйлуш, бусалба дин цхьаъ хиларе терра, цхьаъ хилий даха вай? Оцу бакъ новкъа вай дIадахча ялсамане кхочу-кх вай. Ца долхахь – некъах тилла, шайтIанан буйна дахарна кхерам бу.

Делахь а, вайн къам дукхах дерг мискачу нахах лаьтташ ду, Дала ша церан до1ийна жоп луш, ца духуш схьадеана а ду. Дахарехь шайна мел дукха халонаш хиларх, къизалло хьийзадарх, и дерриге Делера дуйла а хууш, цуьнгара шайна ял хиларе са а туьйсуш, Делан диканах дог а ца дуьллуш, кху хене схьабаьхкина миска нах. Уьш бу-кх буьззина Делан лайш. Цара къийсац дуьненан даржаш. Далла кхоччуш 1амал яр бен, цара лехац дуьненан ялсамане… Уьш бу уьш, кханалерчу къематдийнахь, шаьш Кхоьллинчо диканца кхаъ боккху берш. Ткъа къонахий а бу церан даржехь, Дала дуьне ч1аг1деш, х1иттийна мокхазан лаьмнаш санна, мехкан дуьхьа кхоьллина, халкъан г1ортораш.

Дала бакъдерг довза хьекъал лойла вайна, тIаккха оцу бакъдолчунна тIаьхьадаза ницкъ а лойла вайна. Дала иштта харц дерг довза а хьекъал лойла вайна, харц долчух лардала ницкъ а лойла вайна!

Дала нисдойла вай Шен нийсачу некъа тIехь!
Дала лардойла вай Шен оьгIазаллах!
Дала лардойла вай зенах-зуламах!
Дала тIаьхье беркате йойла вайн!

Нажмите, чтобы узнать подробности

Вайна массарна ма хаззара:"Г1иллакх Ялсамани чуьра арадаьлла ду,юха цу чу даха дезаш ду".И дешнаш ч1ог1а нийса дешнаш ду.Иштта хезна суна-м:"Ялсамани гонд1ара керт а г1иллакхах йина ю"-бохуш.

Г1иллакх-оьздангаллин чарх ю олуш ду.Г1иллакхо хазвеш ву стаг,г1иллакх доцуш волчу стагах эца пайда бац,цо мел яккхийра г1аланаш йоттарх.

Амма цхьаверг шена кера дуьнена рицкъа кхачавоьлча ,хьрамлонаш лело волу,шен йиш-вешех,гергарчерах,накъостех д1ахеда.Мел дукха бахам стег хиларх,цуьнан баха мах дан х1ума дац ,цу стагехь г1иллакх-оьздингалла яцахь. Х1ара дуьне а,1алам а кхоьллинарг сийлахь Дела ву,рицкъ луш верг а И ву. Уггаре коьртаниг кху дуьненахь нийса чекхвала хаар ду.

Хьехархо:

Хь-хо:Х1инца ,вайна гуш ду-кх,массо х1ума дац ахчанца нислуш.Ахчанца эцалац

сий ,яхь,къинхетам,собар,комаьршалла,тешам,иэхь-бехк.Стеган мел дукха рицкъа,хьал-бахам хиларх пайда бац,нагахь и вайн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш цуьнгахь яцахь,цу бахамах шен сий,яхь,маршо йоьхкинехь.

Цу дерриге дешнийн маь1на даста а хьовсур ду вай.

Яхь-шина тайпана хуьлу;оьзда яхь,харц яхь.

Харц яхь-хьаг1 ю,иза кхечунна дика болх хилча халахеташ,вон болх хилча хаза хеташ,харцо лелийна а кхечул тола г1ертар ду.Иштта хила цкъа а мегар дац.Иза даккхийчех къа хилар гойту х1окху хьадисо:

"Хьог1о шун 1амалаш ягайо,ч1ог1ачу малхо буц санна"Дала лардойла вай цунах.

3.-Хьан эр дара аша собар бохучу дешан муха маь1на ду?

Собар-вайн къомо уггаре а лоручу г1иллакхех цхьаъ ду.Иза хиллачух нийса кхета а,сихаллехь зулам ца деш сацавала а иман тоар ду.

"Сихалло садаьккхина,собаро лам баьккхина"-олуш кица а ду вайн.

4.-Хьан эр дара аша къинхетам бохучу дешан муха маь1на ду?

Къинхетам-оьздачу стеган коьртачу билгалонех цхьаъ ду. Адамашца а,1аламца а къинхетаме хилар х1ора стеган сийлахь декхар ду.

5.-Хьан эр дара аша комаьршалла бохучу дешан муха маь1на ду?

Комаьршалла-и синмехалла а къинхетамца йоьзна ю.

Комаьршалла а ю шина кепара:1)бакъйолу комаьршаллий,ц1ерхазаман комаьршаллий.2)Бакъйолу комаьршалла иза боккъал Делах кхоьруш,мискачу нахах къахеташ ,хьаша-да т1еэцар дезаш хилар ду.

Доттаг1алла -ц1ийца доцу ,амма шен жоьпаллица цул а ч1ог1а долу сингергарло ду. Шина стеган дуьнене болу хьежамаш,ойланаш,г1иллакхашцхьана дар ду

Тешам-доттаг1аллехь а,муьлххачу а юкъаметтигаш лелорехь оьшу синмехалла ю.

8.-Хьан эр дара аша эхь-бехк бохучу дешан муха маь1на ду?

Эхь-бехк -Муьлххачу а адамна а хаа деза шен доьзална,лулахошна,юьртахошна ,халкъана,махкана хьалха шен декхар дуй. И декхарш довзар а,уьш кхочушдан г1ертар а-стеган эхь-бехк хилар,цуьнан оьздангаллин билгало ю.

Хьехархо:

Хь-хо: Вай ялийна вайн къоман оьзда синмехаллаш мел дукха рицкъа даларх эцалуш яц.Уьш Дала х1ора стагана шен ц1ийца ,сица луш ю.

1.Д1ахьошверг.

Халкан уггар а доккха хьал - иза х1ора доьзал сица а дег1аца а могаш хилар ду. Нагахь доьзал ч1ог1а хилахь, къам а хир ду ч1ог1а.

2.Д1ахьошверг.

Нохчийн къоман философехь доьзал дийнна цхьа дуьне лору ,оцу Дуьненахь стигал- Да ву,латта- Нана.

Стихотворенеш д1айоьшу : Раджапова Маликас, Тами

1.Д1ахьошверг:

Даймохк безар,Даймохк хазбар ,цуьнан сий дар,дахар тодар,ирс кхоллар-вайн вешан декхар ду.

2.Д1ахьошверг:

Даймахкана кхерам т1ех1оьттинчу шерашкахь майралла,доьналла гайтина к1ентий Даймахке болчу безамо цу сийлахьчу дарже.

Даймохк беза кхоьллина бу.Къонах Даймахкана хьакъ верг ву.

Стих-ни:"Яхалахь сан Нохчийчоь"д1айоьшу Хам

1.Д1ахьошверг:

Т1ах- аьлла хиларх ,стеган хаьштиг лацалур дац.Ницкъ болуш хиларх,лам меттах а баккхалур бац.Эшначу метте г1о дан кхиар т1ах-аьлла хилар ду.Дан ницкъ кхочу диканиг дар,лам меттах а баккхар санна ду.

2.Д1ахьошверг:

Вайн нигат хила деза ц1ена,Дела реза хинволчу аг1ор,адамийн дуьхьа,церан ирса дуьхьа.Бертахь хилар,вовшашна г1о дар,вовшен терго яр,ларар,вовшех дашар,хьанлла хилар.И ду стеган амалехь хазчу г1иллакхах,оьздангаллех къаста йиш йоцуш дерг.

1.Д1ахьошверг:Х1инца вайн дешархоша д1агойтур ю сценка "Ши доттаг1"

1.Д1ахьошверг:

Вахар къинхьегаман хьелашца доьзна ду.Стеган ирс,стеган сий хьаналчу къинхьегамах кхоллалуш ду.

2.Д1ахьошверг:

Хьаналчу къинхьегамах адамашкахь кхоллало беркат ,цунна ду уьш ларар,цунна ду церан сий.

Стих-ни "Баьпкан юьхк"д1айоьшу Черемханова Хеда1.Д1ахьошверг:

"Б1е эзар диканиг хьоьга даг1ахь а ,хаалахь б1е цхьаалг1аниг вон а дог1ур дуй"

2.Д1ахьошверг:

Мел мерза хир дара дахар,цкъацкъаб1аьрга хиш т1е 1енаш дацахьара.

"Курачу машенахь" дийцар дуьйцу Губашева Хадижата.

1.Д1ахьошверг:

"Коьртара куй а баьккхина,дехар дина",-олуш ду вайнехан.Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду.

2.Д1ахьошверг:

Ткъа зудчо,дехар деш,коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна ,хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

"Нохчийн хелхар"д1агойту вайн дешархоша.

Таханлера вайн цхьанакхетаран сахьт дерзо лаьара суна х1окху х1етал-металшца:

Дала аьтту бойла шун,нийсачу некъах ца туьлуш,махкахь а ц1е яхначу къонахийн дарже кхочийла шу!

Оценить 746 0

Г1ИЛЛАКХАХ МА ДОХИЙ ВАЙ!

Д1аоьху зама… Х1ан-х1а, д1ауьду. Уьду иза-м, шен болар эцна. Т1аьхьауьду вай. Са а, пха а кхачийна. Мича кхача г1ерта-м ца хаьа. Вовшашка б1аьрахьажа, довха дош ала, дагт1ера г1айг1а-бала айа, жиманиг хьаста, воккхачун дог эца…

Бакъдерг аьлча, жиманиг ца хьосту бохург-м бакъдац, воккханиг совволу-кх доьзалшна. Шен бер нанна дезий-м муьлхачунна а кхеташ а, хууш а ду. Амма нахана юккъехь гуттар а шен бер хьестар товш ца хета. Автобусаш т1ехь а, маршруткаш т1ехь а шен бер цкъа а ца гича санна, хьоьстуш хуьлу цхьаберш. Вайн къоман г1иллакхашца дог1уш ца хилла иза!

Ас бохург бер кхерош етташ кхио деза бохург дац. Со ванне а вац та1зарна т1ера.

К1анта ца дешарна нанна хьехархой бехке хийтира. Нанна цхьа бер 1ама ца делча, хьехархочо х1ун дан деза?

Дас-м со дика веъна а элира, воьхна а хьаьвзира. Амма сан дог лазаделира. Ас дош даьккхира дегара, цо берана кхин тухур яц аьлла.

Бераш кхиориг, 1амориг дукха хьолах нана ю. Бераш де озаболуьйтург а нана ю.

Ден-ненан хьалха кхиъначу ткъа шарачохь дас цкъа а човхийна а, тоьхна а яц суна. Амма дас ц1ерга эккха аьлча, эккха кийча хила. Дуьхьал дош далор-м хьеха а ма де.

Къахета-кх ишттачу ненах, цуьнан бер деха бен 1емина дац! Шайга аьлла г1уллакх а ца до, ахча ца лахь.

Тоьпаца, турца массо а дахаран шеддаш хедалац.

Х1ун бехк бу цу беран и г1иллакх-оьздангалла-м шайн доьзалера схьайог1уш ю, уггар хьалха доьзал, т1аккха ю школа.

Сайна Деле собар а дехна, боху ас: «Ткъа 21 век кхаччалц вайн ворх1е дайша ца йойуш вайга схьакхачийна, 1алашйина и г1иллакх-оьздангалла вайна т1екхаьчча вай х1урпака йина яйа еза, б1ешерашкахь хьалха и да-нана д1акхийса дина тускарш юха оьшур дуй-те иштта хилча?

Адин Сурхо а вийци оха, Таймин Бийболат а вийци, нохчаша Сибрехь лайнарг а дийци оха, мацаллех, баланех лаьцна а дийци.

Д1адаханчух лаьцна царна дийца ден-ненан зама яц. Я дийца а ца лаьа. Амма со тешна ву, 1илманан к1орге ца йовзахь а, ца лаахь а, царна иштта урок йицлур яц, уьш г1иллакхах бухур бац.

Суна уггар а мехала ду цу школера дешна бевлла дешархой доггах соьга могаш-маршалла хаттар а, некъ цахадор а, уьш г1о дан кийча хилар а.

Есть те, кто убежден, что за падением нравов неизбежно грядет, нравственное возрождение, слава Аллаху, в Чечне есть еще къонахи, не потерявшие честь и совесть. На них вся надежда. Къонахи во все времена были элитой чеченского общества. Их высокий авторитет среди людей был обусловлен тем, что они были носителями лучших качеств своего народа. Более того, они стояли на страже обычаев и традиций. Благодаря уму и авторитету, они оберегали соотечественников от дурных поступков и имели много способов воздействия на того, кто не желал соблюдать нормы общественной морали. В этом контексте нужно особенно подчеркнуть, что физического воздействия на провинившегося не оказывали. Г1иллакх не признает насилия ни в какой форме, и не в каких обстоятельствах. Кровная месть редкое исключение из правил. Даже поверхностный анализ фактов общественной жизни чеченцев сразу наталкивает на вывод, что многие наши сегодняшние беды оттого, что мудрые люди оттеснены на обочину общественной жизни. Безусловно, смута в Чечне началась из-за того, что на первом плане оказались никчемные люди. Их низкие моральные качества и алчность ввергли чеченский народ в кровавую трагедию. Сейчас, когда мы медленно, но верно выходим из смуты, есть необходимость не только заново обустроиться, но и возродить духовно-нравственную жизнь общества. В хоре голосов, призывающих к возрождению, немало умных, аргументированных предложений. Плохо лишь то, что в этом хоре голосов едва слышно или вовсе не слышно тех, кто считает необходимым начинать возрождение с духовно-нравственной сферы. В суете нынешнего времени многие забывают, что нормы Г1иллакх - это своеобразные стороны, которые делают нас чеченцами, объединяют нас. Аналитики давно заметили, что Чечня теряет управляемость, когда люди не понимают друг друга, т.е., когда нет согласия. Поэтому любые наши действия вне контекста нашей морали обречены на провал. Испокон веков наши предки знали об этом и поэтому рассматривали окружающий мир через призму Г1иллакх. Все, что не укладывалось в его нормы, для них было чуждо и непонятно. Очевидно, что и сейчас много среди нас живущих в мире иллюзий, думающих, что наши вековые ценности потеряли свою актуальность. Наверное, поэтому мы так долго и нудно выбираемся из смуты, а колоссальная энергия человеческая тратится впустую, то есть весь пар уходит в свисток.

Примерно также трактует это понятие другой исследователь чеченского общества Ю. Сэшил, которому принадлежат следующие слова: «Таким образом, общепринятые нормы поведения были моральным каноном для чеченца и его с детства знакомили с ними, пропитывали духом и буквой закона отцов.

Чеченский кодекс поведения, может не менее тонкая штука, чем этикет версальского двора, только без вычурности и телячьих нежностей.

Называется он г1иллакх - расписывает поведение человека с детства до старости. И даже сама смерть человека должна состояться в пределах норм Г1иллакх.

Перевести это понятие на другой язык трудно, приблизительно означает: совесть, воспитанность, манеры поведения, культура, уважение к другим и к себе, ответственность, умение говорить, слушать и так далее. Данный институт не угнетал человека, но держал в рамках, не позволяя уклоняться от стержня общественной морали. Оьзда стаг и Г1иллакх неразрывны, не могут существовать раздельно, они в одной упаковке - человеческом теле. Если упаковка не имеет содержания - пустая тара. Поэтому два понятия срастаются в одно:

1.Любовь к Аллаху, родине и к своим близким.

2.Знать язык, обычаи и традиции своего народа и поступать в соответствии с ними.

3.Уметь ладить с людьми.

5.Уметь держаться с достоинством.

6.Быть честным и вежливым, иметь совесть и чувствовать справедливость.

7.Уметь хранить тайну.

8.Не спорить с глупцами.

9.Не считать свое мнение истиной в последней инстанции.

10.Ни при каких обстоятельствах не заниматься недостойными делами.

11.Не стесняться спросить других, если сам в чем-то сомневаешься.

12.Уметь разбираться в людях.

13.Продолжать дело предков.

14.Не предаваться забавам и развлечениям чрезмерно.

16.Терпимость во всем.

17.Уметь контролировать свои чувства, сохранять невозмутимость в радости и горе.

18.Верность данному слову.

19.Иметь чувство сострадания

21.Ценить то, что имеешь благодаря Аллаху.

22.Не трогать чужое, а если нашел, вернуть.

23.Уметь различать добро и зло.

24.Любить и беречь природу родного края.

25.Быть непреклонным в выполнении долга кровной мести.

27.Заботиться о своей чести и ради чести своей Родины, тейпа, семьи быть готовым на любой подвиг, на самопожертвование.

Это не все нормы Г1иллакха. Кроме того, каждая норма существует только в тесной связи и в единстве со всеми другими. На основе вышесказанного можно сказать, что кодекс чести вайнаха или нормы г1иллакх - это совокупность правил поведения человека в семье и в обществе.

Читайте также: