Сочинение даймехкан т1амехь б1аьхочун майралла

Обновлено: 02.07.2024

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Оценить 1677 0

Нохчийн литературан йиллина урок

Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.

3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!

Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)

Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна

Кутузов:- Т1ом халкъан бу, сан хьомениг,аша дийриг дерриг нийса ду. Суна бен мА дац , цхьаннан коьртахь , кивер а йоцуш,куй хилар,кхечуьнан мундира к1ела а доцуш, кетар к1ел детталуш дог хилар а. Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ г1атто хаар.

Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.

Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.

Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.

Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?

Чеченский:- Нохчийчуьра схьавалош со жима вара. Россехь кхиъна со, сайн ненан мотт бицбелла бог1у .

Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!

Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.

Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.

Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.

Хьехархо : Нийса билгалъяьккхи ахь вайн урокан тема. Тахана вайн достур ду г1араваьллачу турпалхочун васт, Дуьйцур ду цуьнан т1еман говзаллех, т11ех1оьттинчу халонашна хьалха иза гора ца хоттарх лаьцна ., аьтто хир бу цу хенан хиламашка кхача.

Хьалхарчу урокехь повестан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Александр Чеченски къонах хилар. Цуьнца боьзна ц1еран болх бара шун. Къонахаллех лаьцна стихотворении , кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш

- Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

- Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац

Хьехархо: вуно хаза кицанаш далий аша. Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъанна даима мехала хетарг- къанахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамехь, гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхца, цо дечу кегийрачу а, даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу. Х1инца вай повестан хиламах , авторах лаьцна хаарш карладаккхур ду.

-19-чу б1ешарахь Европехь цхьанакхеттачу эскарша Наполеонна дуьхьал бина т1емаш. -1812 –чу шарахь хилла Даймехкан т1ом.

- х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна

(И кхочушдан 3 минот хан ю )

Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)

2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)

Хьосту, 1ехаво, чиэхаво

Дахар – сатийсаман денош

Вазво, сий айадо,лакхавоккху

Къонах- сийлахь ц1е

Хазво, толаво, эшаво

Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант

Айаво, даьржа,кхайкхаво

Сий-къонахчун аг1о ю.

Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна

И кхочушдан 3 минот хан ю

Жам1 дар 1. Х1ун дог-ойла кхоллаелла шун повесть ешча? 2. Нагахь санна вай и зама юхалиста йиш хилча, х1ун хуьйцур дара аша 1алин дахарехь? 3.Цуьнан дахар муьлхачу вастаца гойтур дара аша? . 4. Шуна лаьарий шайн иштта дахар хуьлийла?.

5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.

Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)

Вайн халкъехь олуш ду : шен бийца къонахий доцург-къам дац, шен дийца къам доцург-къонах вац. Нохчех схьаваьлла волуш, и нохчалла шен дахаран чаккхене кхачош вехначу турпалхочун- Александр Чеченскина, иштта муьлхачу заманчохь хилла болу къонахий : Зеламха, шейх Мансур, Байсангур,Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлади , массане бу уьш - бевзаш, цабевзаш, даимна сий дийр ду вай царна. Оцу лакхене кхача Дала шуна кхетам,хьуьнар лойла.

Дешархоша бинчу белхан мах хадор: Аша массара дика болх бина , делахь суна лаьа аша шаьш шайн белхан мах хадор.

Рефлексия яр Муха хийти шуна вайн урок? Цхьа керла хаар кхолладеллий шу? Муьлха синхаамаш кхоллабелла шу? ( Хазахетар, , халахетар, синч1аг1о, цецвалар, бецахетар,)

Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,

Къийсамехь собаре - нохчийн и амалш, церан мостаг1аша а т1ехь,

массара а билгалйохуш ю.

Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.

Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.

1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.

2.Повеста т1ехь Александр Чеченский вайна дуьххьра го и жима берд олуш, ворх1- барх1 шо долуш хан ю цуьнан. Цомгаш хилла нана, меттахь дукха ца 1уьллуш, кхелхина, деца висира жима 1али. Маьрша яцара зама. Кегий къаьмнаш шайн парг1атонехьа къийсам латтош бара паччахьан эскарца. Да кест-кеста Мансуран б1оца паччахьан эскаршца лата воьдий, ша ц1ахь вуьсура 1али, луларчу зудчо тергам беш. Ц1ехьана т1елеттачу паччахьан эскаро Алда юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, меттиг таллуш схьабог1учу оьрсийн салташа, комаран дитта т1ера охьа а воккхий , г1опе д1авуьгу ворх1- барх1 шо кхаьчна жима ши к1ант. Царах цхьаъ кхио шега валар доьху Николай Раевскийс. Иштта нисло 1али оьрсийн х1усаме.

3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.

4. 1алин цкъа ца дицло воккхачу стага , Жумас, г1опехь дин хьехар: : « Шаьш т1едиссинчу х1усамна хьанала хилалаш, тешнабехках ларлолаш, шайх бехк боккхур болу х1ума мА делаш, чета эхь диллий мА лелелаш. Шаьш хьанах схьадевлла диц мА делаш. Къонахий болуш дика дай хила шун. Ша схьаваьлла юрт даима дагахь лаьтта цунна. Пхийтта шо кхаьчча шен юьрта кхачар нисделира цуьнан. Юрт гича дог тохаделира 1алин, девзира комарийн дитт, вевзира къанвелла Мажа. Т1аьхьо ша къанвала воьлча, мехкан безамна деанчу х1ух дийна хьуьн кхиийра цо. Мох баьлча а. дог1а деъча а Алда дагайог1ура цунна.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

hello_html_41d1c99a.jpg

1алашо : : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам бовзийтар . Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла билгалъяр. Пьеси тIехь Хамидов 1-Хь кхоллараллин къоман драматурги а, театр а кхиорехь долу маь1на.

Урокан г1ирс :

Урокан некъ :

2.Белхан кеп х1оттор .

5.Керла коьчал йовзийтар.

8.Урокан мах хадор.

9.Ц1ера болх балар.

1.Карладаккхар .

Хьалхарчу урокехь 1амийнарг карла а доккхуш, схьадуьйцуьту.

2 .Хьехархочун дош.

3.Керла коьчал йовзийтар.

Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла а, дерриге дахар а къоман театраца, искусствоца, литературица дозаделла хилла.Къаьсттинчу мехаллин бу театрехь цо бина болх. Театрехь гIуллакх деш кхиъна цуьнан драматургически говзалла, кхоллараллин похIма. Шен дерриге хьуьнарш къоман театрана, искусствона дIаделла цо.

Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь

Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу дийцаршка. Жимчохь евзина цунна къоман барта роизведенеш, уьш дагахь латтош а, шен нийсархошна юьйцуш а хилла Iабдул-Хьамида.

Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935 шарахь Серноводскерчу педагогически училище деша вахана иза. Кхузахь доьшуш волуш, кхидIа а чIагIделла Iабдул-Хьамидан халкъан исбаьхьаллин даше марзо хилар. ХIетахь педучилищехь доьшуш хиллачу Эдилов Хасмохьмада яздо: "Цунна дукха хаьара нохчийн хьалхазаманахьлера а, хIетта юкъадуьйлуш долу а халкъан дийцарш, кицанаш, забарш. Студентийн дехаршца цо уъш кест-кеста дуьйцура общежитин кертахь мукъачу денойн суьйренашкахь тхо гуллуш хиллачу майданахь. Цу дийцаршна юккъехь цо ша кхуллуш дерш а хуьлура, амма цо ца олура цу хенахь, уьш ша кхоьллина ду". Схьахетарехь, оцу хенахь дуьйна волавелла Хамидов

Iабдул-Хьамид исбаьхьаллин дешан говзалла караерзо.

Институт чекхъяьккхина валале, йоьалгIачу курсера къоман

театрехь болх бан цIа валийна Хамидов Iабдул-Хьамид. Дуккха а

тIаьхьа чекхъяьккхина цо Ленинградски театральни институтан актерийн факультет.

Фашистски Германис ямартлонца тIом болийча, дерриге а халкъ Даймохк Iалашбан мостагIчунна дуьхьалдалар гайтина пьеси тIехь. ТIеман арахь бIаьхоша а, тылехь хьаналчу къинхьегамца дерриге адамо а мостагIчунна тIехь толам баккхарехьа латтийна

турпала къийсам бу пьесин чулацамехь. Гитлеровски фашистех вайн Даймохк Iалашбан гIевттинчу бIаьхойн къонахалла, майралла, шаьш кхиийна Даймохк барам боцуш царна дукхабезаш хилар гайтина авторо. Турпалаллин драма дIайолало дагах кхетачу авторан деш-

нашца: «Хьоме доттагIий, зама дIаоьху, оьхур а ю. Амма адамийн дегнаш чуьра цкъа а дIаяьлла яц я ер а яц Даймехкан тIеман буьрсачу деношкахь, вайн халкъан сий, ирс лоьхуш, шайн синош дIаделлачийн сийлахь цIераш. Оцу сийлахьчу цIерашна юкъахь ю Нурадилов Ханпашин а, цуьнан накъостийн а цIераш. Бала къона бара Нурадилов а, цуьнан накъостий а. Амма къонахийн дахар шерашца дагардеш хила ца деза, цара шайн халкъана динчу

гIуллакхашца дагардеш хила деза. БIе шарахь ваьхнарг а ца ваьхна дукха, и шен халкъана

гIуллакх деш ца ваьхнехь, ткъа шарахь ваьхнарг а ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх деш ваьхнехь. Суна лаьа, доттагIий, цкъа а лийрбоцчу башхачу турпалхойх

суьртах долчу кхаа декъах, эпилогах лаьтташ ю иза. Пьеси тIехь 29 персонаж ю: ЦIечу Эскаран эпсарш, салтий, дошлойн эскадронан тIемалой, немцойн эпсарш, салтий, гестаповцаш, эвлара зударий, кхиболу наххий. Пьесин хиламаш тайп-тайпанчу меттигашкахь кхочушхуьлу: нохчийн юьртахь, Украинехь, Сталинградски фронтехь, немцойн блиндажехь.

Пьесин сюжет, цу тIера хиламаш кхиар иштта ду: Хьалхара сурт – нохчийн юрт, машаре дахар, Нурадилов Ханпаша эскаре ваха новкъа ваьлла, тIом болабалаза бу. ШолгIий, кхоалгIий суьрташ – тIом боьдуш бу, Украинерчу Захаровка эвлана гена йоцчу хьуьнан йийстехь мостагIчунна

тIамца дуьхьал лаьтташ бу Нурадилов Ханпаша а, цуьнан накъостий-тIемалой а. Дика кечам а бина, мостагIчунна рогIера тIелатар кхиамца чекхдоккху цара. Дуккха а фашисташ хIаллакбина, ворхI йийсаре валийна. Нурадилов Ханпаша пулеметни расчетан командир хIоттаво.

ДоьалгIа сурт – Каметин хIусам. Зударий бу тIемалошна яхьийта бедарш а, яа хIума а кхоьхьуш . Тешнабехкаца чу а вогIий, Исраьил нуьцкъаха Камета шена йига гIурту. Каметас, шалгу топ схьа а оьций, дуьхьало йо. И шиъ вовшийн карах ле. ПхоьалгIа сурт – Сталинградски фронт, Серафимович-гIалина юххехь. 1942 шеран август бутт. Нурадилов Ханпашас хIинцале ялх бIе ах бIе фашист хIалаквина, пхиъ пулеметни точка йохийна, шийтта мостагI лаьцна каравалийна. Лакхарчу сержантан дарже а ваьккхина, пулеметнин шина взводан командир хIоттийна иза.

Нурадиловн бIаьхоша шайна тIедехкина тIеман декхарш кхиамца кхочушдо. Шайн магIаршкахь зенаш хиллехь а, мостагIчун луьра атака юхатоьхна цара. ЙолхалгIа сурт – немцойн блиндаж. Минанаш тIе а нисвелла, чевнаш а хилла, гIелвеллачул тIаьхьа шаьш каравалийна Баркинхоев, Федоров леван гIерташ бу гестаповцаш. Амма

мостагIчунна оьшуш долу цхьа дош ца долу цу шингара. Федоровна тоьпаш туху, Баркинхоев кIелхьарвоккху тIекхиинчу Ханпашассий, Бульбассий. ВорхIалгIа сурт – Сталинградски фронт. Йогучу гIалин цIераш. Цхьана борза тIехь долчу ор чохь оборона лаьцна севцца

бу Нурадилов, Баркинхоев, Бульбий. Пулемет дIа а хIоттош, тIамна кечам бо цара. Цхьа гIап бен пулеметан патармаш дац, цхьаъ бен граната а яц. ХIорш лоьхуш болу немцой тIекхочуш лаьтта. Фашистийн арданг йоккха ю, хIорш кхоъ бен вац. Iаламат халчу тIамехь 202 алссам мостагIий хIалакбеш, турпалаллица Iожалла тIеоьцу кхааммо а.

Пьеса дIайолалуш ма-хиллара, иза чекхйолуш, эпилогехь а ондда дека авторан аз: «Иштта чекхделира цу башхачу кегийрхойн дахар! Хьоме накъостий, вайн ирс, паргIато Iалашъеш, шайн синош дIаделлачу сийлахьчу советски салтийн сий деш, хьалагIовтта! Диц ма де, тахана а дуьнен чохь маьI-маьIIехь тIамо ягош гIаланаш, ярташ хилар, дойуш зударий, бераш хилар.

Даймохк Iалашбеш, халкъан паргIато ларъеш, турпалалла гайтина бIаьхоша. Цара, майраллех, доьналлех ца бухуш, Даймехкан мостагIашна дуьхьалбевлла, халкъан сий лардеш, дIаделла

шайн синош. Уьш эша ца белла луьрчу мостагIашка, фашисташна тIехь толам боккхуш, турпалаллица эгна сийлахь тIемалой. Дерриге халкъ ду мостагIчуьнца болчу къийсамехь турпалалла гайтина. Иза къеггина билгалдолу пьеси тIехь. Цундела аьлла авторо шен пьесех турпалаллин драма. Даккхий хьуьнарш долу турпалхой а болуш, шен чулацамехь адамийн майралла, доьналла гойтуш йолчу драматургически произведених олу турпалаллин драма.

4.1амийнарг т1еч1аг1дар.

-Шаьш кечйина докладаш йоьшуьйту.

Хамидов Iабдул-Хьамидах лаьцна муха яздо цуьнца доьшуш

я иза вевзаш хиллачу яздархоша?

2. Дийца Хамидов Iабдул-Хьамидан дешарх а, иза яздан волаваларх а лаций.

3. Муха хилла Хамидов Iабдул-Хьамидан дахаран а, кхоллараллин а некъ?

Муха бу пьесин дIахIоттам?

5. Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла

муха билгалйолу пьеси тIехь?

6. Тайп-тайпанчу къаьмнех болчу бIаьхошна юкъара

доттагIалла а, уьш къинхетаме хилар а муха гайтина драматурго?

7. Дийца, пьеси тIехь Нурадилов Ханпашин васт кхолларан

8. Пьесин прологан, эпилоган хIун маьIна хета хьуна?

6.Хьехаме дош.

- дена – нанна муьт1ахь хилар ч1ог1а деза дийцина Делан Эллчано (Д.С.М.Х.Ц.)


Кху деношкахь 74 шо кхочу советски халкъо Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь фашистски Германина т1ехь Толам баьккхина.9-г1а май – Толаман Де – уггар а ладамечух долу дезде ду иза Россин бахархошна хилла ца 1аш, иштта хьалха хиллачу Союзан берриге а бахархошна а. Х1унда аьлча, дерриге советски халкъаш, цхьаъ санна, хьалаг1евтина, шайн дахарш ца кхоош, тасаделира мостаг1чух оцу буьрсачу т1амехь.
Баьккхира Толам. Амма беза мах бала бийзира цуьнах.
Х1ора советски доьзалах хьакхаелла 1418 дийне бахбеллачу оцу т1еман къизалла.
И Сийлахь Толам баьккхина дуккха а шераш д1адаьллехь а, май бутт болалуш вай юх-юха дагайоуьйту вайн дайша гайтина йолу майралла, доьналла, къонахалла.
Халахеташ делахь а, тахана вуно к1еззиг бисина вайна юкъахь оцу т1амехь дакъалаьцнарш, вайн лераме ветеранаш. Уггар хьалха луур дара уьш могуш хуьлуьйла, самукъане денош церан дахарехь алсам хуьлийла!
Толаман Денца, хьоме махкахой!

. Ас дозалла до

. Ас дозалла до

БIаьстенан дезде

БIаьстенан дезде

Шеран уггаре хаза, самукъане зама ю б1аьсте. И т1еяре сатесна хуьлу вай. Х1унда аьлча, гонахара 1алам самадолу хан ю иза, цуьнца схьакхета дуьххьара йолу маьлхан йовха

Нохчийн меттан семинар

Нохчийн меттан семинар

Х1ора шарахь чиллин (февраль) беттан 21-чохь массо а къаьмнаша даздеш ду Дуьненаюкъара ненан меттан де. Дагестанехь къаьсттина тидам бо оцу денна. Х1унда аьлча,

Февраль бутт цхьа шийла бара цу шарахь…

Февраль бутт цхьа шийла бара цу шарахь…

Умаров Са1ид ФСБ –н полковник вара. 4 –чу февралехь 2004 –чу шарахь, суьйранца шен юьрта – Нурадилове, Хасавюртара боьдучу новкъахь, ямартчу к1иллоша тешнабехк бина,

Оцу дийнахь массанхьа д1аг1о политически та1зарша х1аллакьбинчу нахана лерина акцеш, иэсан мероприятеш. Ткъа Россехь уьш д1аг1о, 1991-чу шарахь дуьйна 30 октябрехь. И

2. Хьалха ненах лаьцна 1амийна произведенеш карл-р:

Урокан г1ирс : Р.С. Ахматован сурт, книгаш, суьрташ

I.Урокана кечам бар .

-Де дика хуьлда массеран!

- Х1инца вай д1ахьур ю ненан метан литературан урок.

- Тахана вай дийца леринарг уггаре дезачух а,хьомечух а цхьаъ ду-Нана йийцар,ненах довха дош алар.

-Нана бохург доккха х1ума ду.Нана ю вайна дахар делларг.Нана ю шен сина эшам беш,вай кхетош,вай кхиош,вайх нах деш ерг.

- Таханлерачу урокан тема ю Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх

1.Р.Ахматован дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцар

Цхьа сингаттам баьча, хилча хазахетар,

Йог1ур ю хьоцолча-ахь д1акхайкха со.

Со йоьлуш-хьо ела, елхахь сан догъэца,

Ларъе къаьхьчу балех, хьехар суна деш

Дахаран цу ц1ергахь тоъал со а яьгна,

Х1етте а ю дуьне хазахеташ со,

Нислора, т1ам бойна олхазар а санна

Со южуш а, амма г1оттура хьала.

Ахь до суна хьехарш, ларлуш хила бохуш,

Даиман сагатдеш, ларйо хийла со.

Йина мохк, хьо –нана, шу ю-кх сан г1ортораш-

Шуьшиннех а яьлла лелалур юй со?

Ас сайн халчу хенахь лайнарш диц ца делла,

Гина, буьйса къагош, кхетта шовзткъа малх,

Дахар и ду дахар , нисло дагахь доццург ,

Т1екъамаш яц безаш кхаьрда дозаллех.

Лор яц хьо, делахь а-дарба деш ахь хийла

Когаш т1е х1оттий со, дагна г1ора луш

Ахь ницкъ а лой, майра йолий гена ара,

Буьрса дарц а эшош, бора ас сайн некъ.

Б1аьрса хьан артделла, эшна дег1ан г1ора,

Къежъелла месаш го кортали к1елахь

Къинт1ера а ялий, доьху хьоьга, нана,

Дарбане куьйгашна баккхийта цкъа барт!

а) къастош,кхетош стихотворени ешар

б) шуна ца девзаш а,маь1нех шу к1еззиг кхеташ дешнаш дуй текст т1ехь?

в) халчу дешнаш т1ехь болх бар:

тIекъамаш - (ныть); Iийжамаш яц боху ша безаш.

Артделла – бIаьра са эшна бохург ду.

4. Чулацам тIехь болх.

- ХIун тема ю аьлла хета шуна кху стих –ни?

( Нене болу безам бу.)

- Нена санна безам латто безаш кхин хIун ду вай?

- Нана ца хилча бобер лара мегар ду, ткъа Даймохк ца хилча хIун ала мегар ду вай ?

- Даймохк боцу стаг стенах тера ву ?

(Бух бойначу диттах тера ву )

- Цу дешнийн маь1нех муха кхета шу ?

(Орам ца хилча дитт дакъало)

5. Кхин цкъа а йоьшур ю вай стихотворении.

Дешархоша цхьацца б1ог1ам боьшуш йоьшу стихотворении.

Х1ора б1ог1амерчу дешнийн до маь1на.

- Муьлххачу а стеган дахарехь г1алаташ хуьлу, ткъа нана къинт1ера яккхар иза коьрта декхар ду х1ора а стеган.

- Ненан йозаллех лаьцна вайн пайхамарийн, эвлияийн а, элчанан а ду дешнаш.

Хийла вайна хезна а хир ду уьш.

( Ненан йозаллех лаьцна дийцар )

-Х1ора стага а ша мел деш долу х1ума а ненан пурбанца дан деза, вог1уш, воьдуш хаийтар массо а доьзалхочунна т1ехь ду.

III -Ненах лаьцна цхьана Р. Ахматовас язйина ца 1а.

-Хьан буьйцур бара вайна цуьнан боцца чулацам?

1. Ден а, ненан а цхьаъ бен воцу к1ант кхиъна волу. Иза воккха хиларца цара цунна оцу ломахь г1арбаьлла дика динний, г1ирссий, т1емалочун духаррий.

Кегийрхошца ламанца сакъера ваха лууш хуьлу к1ант, ткъа дас нанас пурба ца ло, пурба ца делча к1ант ца воьду.

2. Амма Даймахкана т1е кхерам беача дуьххьара ден- ненан пурба доцуш араволу к1ант. Мостаг1 юха тухуш цигахь валар нисло цуьнан.

И нене д1ахаийта ца х1утту цхьа а. Дуьххьал д1а ала а ца х1уьттуш мерз- пондарца к1ант валар д1адийцар т1еийцира накъосташа.

3. Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, набарна бер дижош нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар.

Пондара дуьйцура, нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна.

Ц1еххьана пондаран мерзаша хазийра ламанан лечан г1ерг1ар, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар.

4.Боьлхура пондар, тийжара пондар. Ладоьг1ура к1ант винчу нанас.

Гора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана. Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара.

Иза майра леттера Даймохк ларбеш мостаг1ех. Шена хилларг хиъначул т1аьхьа кийрахь йоьлхура нана.

- Хьан эр дара маца болабелла Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом?

( Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом болабелла 1941 ш )

- Хьаьнца хилла и т1ом?

- Вайн нохчийн къомо дакъа лаьцний оцу т1амехь?

( Доккха дакъа лаьцна Сийлахь- боккха Даймехкан т1амехь нохчийн къомо.Иттанаш эзарнаш вайнехан яхь йолу к1ентий майра летта т1еман арахь, дукхах берш цигахь даимна 1ахка а буьсуш.

- 1944 шарахь вайн нохчийн халкъ бехк гуьнахь а доцуш махках доккху. Вайн къомана т1екхаьчнарг йокха киртиг яра

Баккхийчара дуьйцуш хезна, оцу хенахь адаманагшна т1е х1оттийна къизалла муха хилла. Ца лабаллал боккха бала наношкахь хилла. Наношна хьалххахь бераш мацалла а, шелонна а леш хилла. Шайн бер ца далийтархьама, кийрара дог доьлхушшехь ца боьвзачу нахе д1алуш хилла бер.

- Вайн къам д1адохийна чул т1аьхьа вовшех къаьстинчу ненах а, к1антах а лаьцна ду и дийцар.

- Вайн къам ц1а дирзинчул т1аьхьа, нанна новкъахь шен к1ант дуьхьал кхета. Иза нана ехаш йолчу юьрта лоьран болх бан хьажийна хуьлу.Нохчийн къам вайна ма- хаъара хьаша ч1ог1а т1елоцуш ду.

Иштта зудчо шен хуьсаме кхойкху к1ант. Ц1еххьана нанна, шен коьртехь дукха ойланаш йолчу, цхьацца билгалонаш гучуйовлу и шен к1ант хиларх.

- Х1инца вай д1айоьшур ю и шиъ вовшех кхетарх лаьцна кийсак.

- Тидаме эцал х1инца вай бийцира шина произведении боцца чулацам

- Хьалхарчу произведенехь нене х1ун деана?

(Нене деана вон, цуьнан цхьаъ бен воцу к1ант велла)

- Шолг1ачу произведенехь авторо х1ун гайтина?

(Нанна хилла хазахетар)

- И бакъду.Нанна шен цхаъ бен ца хилла к1ант схьакараво. Иза нохчийн къам д1адохийначу хенахь ненах къаьстина хилла.

V. – Вайн халкъан ненах а, Даймахках а лаьцна дуккха а кицанаш ду.

- Хьанна хаьа, хьан дуьйцур дара вайна?

1. Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

2. Нана д1аяьлча, дех деваша хуьлу.

3. Нана елча, везавер д1адолу, деган зезаг дужу.

4. Нана елча, нана еллачунна велха.

5. Нана йилхича, бер дилхина, бер дилхича, да вилхина.

6. Нана, нана хилаза ца йолу.

7. Нанна шен бер даима жима хета.

8. Нанас берана тохале, шен куьйга к1ела г1айба боьхку.

9. Нанас боьллина сардам ца боьду – цо яийна шура дуьхьал хуьлу.

10.Нанас шена тоьхча а, бер нене кхойкху.

VI- Нана боху дош юккъехь а долуш дешнийн цхьаьнакхетарш хьан кхуллур дара?

( Ирсе нана, дика нана, оьзда нана, комаьрша нана, бусалба нана,дог ц1ена нана, къинхетаме нана, хаза нана, тешаме нана, хьоме нана, сийлахь нана, беркате нана)

VII – Вайн дешархочун Сулейманова Хедин а ю ша кхоьллина байташ ненах лаьцна.

- Дешархочо йоьшу шен байташ:

Сан нана, со йина, кхиийна нана!

Хууш дац х1ун хир кху дуьненах кхана.

Яхалахь, елалуш массо а ханна,

Къона а латталахь, хьо тахана санна.

Генахьа хилча а, ненан васт лаьтта.

Б1аьргашна хьалха а, ойланашкахь г1уьтту .

К1астаман къаьхьа кад ас генахь муьйлу.

Хьан деган йовхо дег1ах чекхъюьйлу.

Сан нана, со йина, техкийна нана!

Миччахь со елахь а, дехар ду хьоьга.

Хьайн комаьрша куьйгаш кховдаде соьга.

VIII - Ненах , Даймахках лаьцна вайн поэташа кхоьллина дуккха а байташ ю.

- Х1инца вай ладуг1ур ду цаьрга.

( Дешархоша йоьшу байташ )

IX. Урокан жам1 дар.

1- Таханлерачу урокехь хьанах лаьцна дийци вай?

( Ненах лаьцна дийци)

- Р. С. Ахматован коьрта 1алашо х1ун ю?

(Нене болу безам а, нанна халахетар ца дар а).

2. Урокан мах хадор

3. Ц1ахь бан болх балар

- Лаьар- кха, г1айг1а бала бицбина, нанойн дегнаш цхьажимма серладовлийла. Дала лойла, массо а нанна могашалла, ирсе дахар, шайн доьзалех даккхийдер!

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн литература

Урок д1аяхьар.

1 Маршалла хаттар.

-Бераш, шу марша дог1ийла!

-Тахана 1 ра сентябрь ду-иза вайна мА-хаара Хаарийн де ду.Муха хетта шуна таханалера де?(Берийн жоьпаш)

-Дагадаийта шаьш дуьххьара школе даьхкина де.Муьлха шо дара иза?(Берийн жоьпаш)

-Шуца мила вара цу дийнахь? (Берийн жоьпаш)

-Нийса боху.Авторо шу дукхадезарца ялийна кху книжки т1е гуттара тоьлла произведенеш.И тешна ву уьш аша дика 1амориг хиларх.

-Д1аелла книгин 3-г1а аг1о.Цу т1ехь йолчу произведенин ц1е еша.Х1ун ю Гимн? (Вайн холкъан коьрта илли ду)

-Мила ву цуьнан автор? (Кадыров Х-А)

-Гимн олуш муха ладог1а деза цуьнга? (Нийса д1а а х1оьттна ладог1а деза)

-Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза)

-Ладог1ал Нохчийн республикан Гимне.(Латайо запись)

2.Дешаран книжкин хьалхара дакъа довзийтар, цу т1ера произведенеш йовзийтар.

-Д1адеша вай 1амо долош долу дакъа. (Даймехкан косташ)

-Муьлха дийцарш ду цу декъехь 1амо билгалдаьхна?

-Муьлш бу церан авторш?

-Стенах лаьцна хир ю и ши произведении? (Даймахках лаьцна)

-Суна 1емар ду нийса а, шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша .

Нийса боху кху декъа т1ехь вайна евзар ю Даймахках лаьцна произведенеш.

Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.

Вайна 1емар ду Даймохк бохучу доккхачу дашан чулацам бовза.

2.1алашо билгалъяккъар, белхан план х1оттор

-Д1аеша вай тахана 1амо билгалъяьккхинчу произведенин ц1е?(Даймехкан косташ)

-Муьлха ву цуьнан автор? ( А.Сулейманов)

-Х1ун кхиамаш хир бу вайн тахана ?Х1ун дан ницкъ кхочур бу шун кху произведении 1аморца?

Суна 1емар ду нийса , кхеташ, шера стихотворни тексташ еша.

Сан ницкъ кхочур бу хьехархочун хаттаршна жоп дала.

-Нийса боху , вайна тахана евзвр ю А.Сулеймановс язйина байташ.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ , шера стихотворни тексташ еша , 1емар ду оьшург текстехь лаха.

3.Керла тема хьехар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Хьехархочо д1айоьшу байт

Деригге дуьна схьадаларх сайна

Дуьненан бахамаш кхийдабарх схьа

Хуьйцур бац сан Даймохк

Ког биллал меттиг а ду и сан ц1а.

-Стенах лаьцна ю байт? (Даймахках)

-Муха хетта авторна шеен Даймохк? (Къаста де жоп: дозалла до, беза, тамаш бо, ца беза, хаза хетта)

-Стенах хиира шуна иза? (Дуьненан бахамех хуьйцур бац боху автора шеен Даймохк)

-Шун х1ун аьлла хета: стенах олу Даймохк?

-Даймохк иза хьо чура ара ваьлча гуш долчу бецана т1ера , зезегашна т1ера , дитташна т1ера, олхазаршна т1ера , акхарошна т1ера , хьан доьзална , юьртана , махкана т1ера д1аболало.Даймохк иза хьо вина , кхиъна , хьан да-нана дина кхиъна мохк бу.

Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

3.Чулацамах кхетам балар.

-Д1абеша хьалхара биъ мог1а.

-Х1ун кхайкхам бо автора вага? (Даймахкана ч1аг1о хилее х1отта боху)

-Х1ун ч1аг1о ялан ницкъ кхочур бу шун вайн Даймахкана?(Берийн жоьпаш)

-Шуна х1ун аьлла хета: аша дика дешча Даймахкана ч1аг1о хир юй?

-Кхин х1ун кхайкхам бо автора? (Вайн дахаран беш совйоккхуш цхьа-ши синтар дог1а боху)

-И кхайкхам кхочушбан ницкъ кхочур буй вайн? (Берийн жоьпаш)

-Д1абеша т1аьхьара барх1 мог1а. Стенах лаьцна дуьйцу царна т1ехь? (Ирсах, беркатах, бартах лаьцна)

-Х1ун боху царах лаьцна? (Уьш цхьана бен мегаш дац, царах цхьаъ делча кхуьа а ле)

-Шуна х1ун аьлла хетта: шун доьзалехь дуй и кхо х1ума?

-Вайн махкахь дуй и кхо х1ума?Х1унда?(Къаста де жоп : вай дика дехаш ду, нах болх беш бу, нах болх беш бац, бераш школе оьхуш ду , дац, нах маьрша баха , бахка йиш йолуш бу , , бац)

-Муьлха дакъа долийна вай тахана? (Даймехкан косташ)

-Муьлха стихотворенийийшира вай?

-Мила ва цуьнан автор? (А.Сулейманов)

-Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план.Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

6.Ц1ахь бан болх.

Читайте также: