Поурочные планы по чеченскому языку 2 класс сочинение гуьйре

Обновлено: 04.07.2024

-Урок д1айолош, иштта цхьа т1едиллар кхочушдийр дийр ду вай.

Вайна делла дешнаш ду, уьш кегаделла ду.

Еза, дешархой, школа, шу.

Г1уллахкаш, чохь, Малика, до.

-Муха х1оттор яра вай х1окху дешнех предложени? Хьовсур ду вай.

Дешархошна шайн школа еза.
Маликас чохь г1уллакхаш до.

-Нисделин вайн дешнаш? Х1ун ди вай царех?

(предложенеш х1иттий)

-Вай х1окху урокехь дуьйцур ду предложенех лаьцна

Предложени- иза кхочушхилла яьлла ойла гойту дош я масех дош ду.

Дешнаш предложенехь маь1ница дозаделла хуьлу.

-Ткъа вай оцу предложенера дешнаш д1адаьхча хир юй те цунах предложени?

Дешархошна шайн школа……….. дешархошна шайн еза……………

-Х1ун эр дара аш? Юй уьш предложенеш? (Яц).

-Х1ундааьлча цо кхочушхилла яьлла ойла ца гойту

Слайд:

Предложенино хаам бо я шена чохь цхьа хаттар х1оттадо, дехар до я цхьа х1ума т1едожадо. Предложенин маь1не хьаьжжина церан чаккхенга т1адам(.),хаттаран(?) я айдаран(!) хьаьркаш дохку. Нагахь санна предложенехь цхьа хаам бахь, цуьнан чаккхенгахь т1адам буьллу.

Масала:

Олхазарш бовхачу махка д1адоьлху.

Слайд

Нагахь санна предложени хазахетарца, воккхаверца алахь, цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк дуьллу (!). Масала:

Ма хаза бу вайн Даймохк!

Нагахь санна предложенехь хаттар делахь, цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу(?)

Масала:

Асет, хьо тахана школе йог1ий?

-Х1инца вай хаттарш д1а а доьшуш, царна жоьпаш яздийр ду.

1.Аша школехь х1ун 1амадо?

Школехь тхо 1ема еша а, яздан а.

2.Муьлха урокаш дукхаеза хьуна?

Суна дукхаеза нохчийн меттан а, литературин а урокаш.

Муьлха предложенеш ю аш язйинарш? (дийцаран ю)

1амийнарг т1еч1аг1дар.

-Х1инца, хьоме бераш, вай цхьажимма дешнаш т1ехь болх бийр бу. Лахахь далийна дешнаш ду, ткъа шу царех предложенеш х1итто хьовса.

доьшуш ву, Муса, шолг1ачу классехь
гуттар а, лела, ц1ена, иза
вог1у, Муса, хьалххе, школе
хьехархочуьнга, ладуг1у, дика, цо
дешархо ву, дика, иза.

Болх нийса бинехь иштта хир бу.

Муса шолг1ачу классехь доьшуш ву.

Иза гуттар а ц1ена лела.

Муса хьалххе вог1у школе.

Хьехархочуьнга дика ладуг1у цо.

Дика дешархо ву иза.

-Хьовсал вай нисйинчу предложенешка. И предложенеш маь1ница йозаелла хилча х1ун ала мегар ду царех? (Текст ю)

Текст – иза маь1ница йозаелла шиъ я масех предложении ю. Текстана шен маь1не хьаьжжина ц1е тилла мегар ду.

-Х1ун ц1е туьллур яра вай лакхахь ялийначу текстана?

(Дика дешархо) – ц1е тилла мегар ду ваьш язйинчу текстана

-Т1адамийн меттана дош т1едуза.

1аламца ю даим суьйре
Дашо духар долу… (гуьйре)

Д1ахьовсал шу кху вайн махке
Аре сенъеш кхечи… (аьхке)

Гуьйре яхча едда д1а
Деъна кхечи шийла… (1а)

1алам дохдеш малх схьакхийти
Заза доккхуш кхечи… (б1аьсте)

-Стенах лаьцна яра вай ялийна предложенеш?

-Вай ялийна предложенеш ю шеран хенех лаьцна.
-Муьлхарниш ю уьш?

(1а, б1аьсте, аьхке, гуьйре)

— Иштта цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса:

-Шайна хазахетачу шеран заманах лаций кхоъ-йиъ предложени язъе.

Герггарчу хьесапехь иштта хила тарло. Масала:

Д1адели шийла 1а. Т1екхечи б1аьсте. Арахь йохлуш ю. Дитташ ду заза доккхуш. Баьццарчу бацалахь хьалакъеда бес-бесара зезагаш.

-Х1ун ала мегар ду вай язйинчу предложенех?

-Х1окху урокехь вайна девзи, предложени – кхочушхилла яьлла ойла гойтуш, къамелан цхьа дакъа хилар. Дахарехь зеделлачух пайда а оьцуш, предложенеш х1итто а, цу предложенех текст х1отто а 1еми.

Таханлера вайн урок кху т1ехь ерзор ю вай.

1одика йойла, марша 1ойла шу!

Хьехархо: Абаева Берлант Ихвановна.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Нохчийн мотт- 2 класс

1алашо : 1аламехь зеделлачух дагалоцуш, суртах, дешначу дийцарех пайда а оьцуш жима дозуш долу дийцар яздан 1амор; яздеш долу дийцар хиламашка хьаьжна дакъошка декъа 1амор, х1ора дакъа ц1ечу мог1анера доло дезар д1акхачор: 1аламе безам бахийтар.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан ц1е а, 1алашо а йовзийтар.

-Бераш, вай тахана 1амор ду , суьртах пайда а оьцуш, 1аламах лаьцна дийцар дагалаца, маь1на ца талхош , текстан бакъонаш ца талхош, 1аламехь т1аьхьа –хьалха хуьлучу хиламийн раг1 ца йохош и дийцар д1аяздан.

Илья Семёнович Остроухов оьрсийн суртдиллархо ву.Пейзажист- 1аламан суртдиллархо ву иза.

Пейза́ж ( фр. Paysage , от pays — меттиг) — исбаьхьаллин произведенехь 1аламан сурт.

Г1оьнна хаттарш :

Гуьйренан муьлха хан ю цо гайтинарг?

Муьлха басарш лелийна И.С.Остроуховс шен сурт дуьллуш?

Суьрта т1ехь шуна хазахеттарг х1ун дара довзийта.

Г1оьнна дешнаш: сирла-можа г1аш, дашо, хьуьнан ирзу, къегина басарш, хаза духар, г1аш охьаэга, къорза куз, хьуьнан некъаш, ч1ег1агаш

II .1аламехь зеделлачух лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг?

-Муха кхета малх?

-Муха хийцаделла х1аваъ? Х1унда?

-Хун хийцамаш хилла диттийн а, ораматийн а дахарехь?

-Гурахь стенга доьлху олхазарш? Х1унда?

III .. Суьрте а хьовсуш схьадийца гуьренах шайна хуург.

И.С.Остроуховн суьрта т1ехь сочинени “Дашо гуьйре”

IV .Сочинени язъян кечам бар.

-Маса дакъа хир ду сочиненин?

-Муха доло деза х1ора дакъа?

- Уггар хьалха стенах лаьцна яздийр ду вай? Муха йолор яра сочинени?

-Х1ун яздийр ду вай 1аламан хийцамех лаьцна?

V . План х1оттор.

1. Суьрта т1ехь гуш ерг муьлха хан ю ? Муьлха басарш лелийна суртдиллархочо?

2.Дитташ муха духар дуьйхина лаьтташ ду?

3. Дитташ т1ера г1аш х1ун бос болуш ду?

4.Хьуьн чуьра х1аваъ муха ду?

5. Хьуна муха хета гуьйре?

VI . Орфографически кечам.

сирла-можа г1аш, дашо бос, хьуьнан ирзу, къегина басарш, хаза духар, г1аш охьаэга, къорза куз, хьуьнан некъаш, ч1ег1агаш

VII . Сочинени кехаташ т1ехь язъяр.

VIII . Кхоллараллин белхийн тептар т1е схьаязъяр.

IX .Жам1 дар

X . Ц1ахь бан болх: бакъонаш карлаяха.

Гергара хьесап:

Дашо гуьйре.
Т1екхечи гуьйре. Суртдиллархочо къегинчу басаршца кечйина хьун. Х1аваъ дайн а, ц1ена а ду. Малх а, хьалха санна, бовха бац.

Дитташа хаза духар дуьйхина. Церан гаьннаш юккъехула схьагуш сийна стигал ю. Байн хьоькхучу махо охьаэгочу бес-бесарчу г1аша, къорза куз тесча санна, кечдина хьуьнан ирзу.

Хьуьнан некъаца, шайна юург лоьхуш, д1асауьдуш гуш ч1ег1агаш а ю.

Суна ч1ог1а хазахета гуьйре.

  • подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • по всем предметам 1-11 классов

Курс повышения квалификации

Дистанционное обучение как современный формат преподавания


Курс повышения квалификации

Инструменты онлайн-обучения на примере программ Zoom, Skype, Microsoft Teams, Bandicam

  • Курс добавлен 31.01.2022
  • Сейчас обучается 25 человек из 18 регионов


Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в образовательной организации

  • ЗП до 91 000 руб.
  • Гибкий график
  • Удаленная работа

Дистанционные курсы для педагогов

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 602 843 материала в базе

Самые массовые международные дистанционные

Школьные Инфоконкурсы 2022

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

  • 10.11.2020 886
  • DOCX 190.9 кбайт
  • 31 скачивание
  • Оцените материал:

Настоящий материал опубликован пользователем Межиева Петмат Арбиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

Автор материала

40%

  • Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • Для учеников 1-11 классов

Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов

Дистанционные курсы
для педагогов

663 курса от 690 рублей

Выбрать курс со скидкой

Выдаём документы
установленного образца!

Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки

Время чтения: 11 минут

В Белгородской области отменяют занятия в школах и детсадах на границе с Украиной

Время чтения: 0 минут

Минобрнауки и Минпросвещения запустили горячие линии по оказанию психологической помощи

Время чтения: 1 минута

Ленобласть распределит в школы прибывающих из Донбасса детей

Время чтения: 1 минута

Инфоурок стал резидентом Сколково

Время чтения: 2 минуты

Школьник из Сочи выиграл международный турнир по шахматам в Сербии

Время чтения: 1 минута

Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса

Время чтения: 1 минута

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.

-Бераш вовше а хьовсий делалол.Иштта хазахетарца д1аболор вай вайн таханлера болх.

1.Ц1ера болх таллар.

-Хьа язйина и стихотворени?(М.Мамакаев)

-Муьлха шеран зама ю кху т1ехь юьйцург?

-Гуьйренан муьлха билгалонаш гайтина кху стихотворени т1ехь?

-Дахкарца бохучу дашах муха кхийтира шу?(дохк)

-Муьлхачу шеран заманахь алссам хуьлуш ю дохк?

-Адамах даьцна дуьйцуш долу мог1анех муха кхета шу?

4-5 дешархочуьнга схьаюьйцуьту.

Сада1аран минот яр.

2. 1алашо йовзийтар.

3.Кроссворд яр.

-Хина т1ай,некъана накъост(говр).

-Хьун чохь а,арахь а кетар лелориг(уьстаг1)

-Ц1инц1алго текхо минц1алг?(ТАЙ ,МАХИЙ)

-Италин коьрта шахьар (столица Рим)

-Кавказа къаьмнийн божарийн духар?(верта)

Вай мичахь деха?(Кавкахехь)

4.Хьехархочун дош(юххедиллар).

Шима вина 1937 шаран 6 ноябрехь.

Армера цӀа веанчул техь цо чекхъеккхира Лакхара партийн школехь йолу советски белхалой кечбеш йолу курсаш. Цул техь цо болх бира райкомехь, школашкахь, редакцишкахь.

1973 шарахь чӀогӀа цомгаш хилла, болх бита дизира цуьна. Таккха иза литературан балх тӀевирзира иза. И болх ша 1986 шарахь валлалц дӀакхихьира цо.

5.Керла тема хьехар.

Муьлха дош кхолладелла оханехьа (гуьйре)

Х1ун хийцамаш хуьлу 1аламехь гуьйрана?

1.Хьехархочо д1айоьшу стихотворени.

2.Дошам

Шога- нийса йоцуш, тасалуш т1ехле йолу х1ума.

6. Чулацамах кхетор.

-Стенах лаьцна ю стихотворени?

-Гурахь х1унда хийцало зезагийн бос?

Х1ун кечамаш деш бу уьш?Шай кечам бинаъ ца 1аш
кхи хьена терго йо цара? Х1унда? Акхарошан хьа бо кечам?

Сада1аран миноташ.

7.Т1еч1аг1дар.

8.Бераша д1айоьшу стихотворени.

-Муьлхачу дешнашца д1айолало стихотворени?

-Муьлха масалш ялийна автора гуьйренан сурт х1оттош?

-Бешал хьалхара биъ мог1а хьалхарчу тобано ,Муха кхета хьо цунах? Шолг1ачу? Кхоалг1ачу?

9.Тобанашкахь болх бар.

Гуьйренах лаьцна жима сочинении яъзйира ю.Гуьйрана хуьлуш болу хийцамех лаьцна.

10.Рефлеки.

Цуьнан мах хадор.

11.Жам1 дар.

-Муьлха билгалонаш евзи шуна стихотворени ешча?

Читайте также: