Ненан васт сочинение на чеченском

Обновлено: 02.07.2024

нах деш ерг а, даккхий хилч а а т1ехь, хьоьсту ш, шен т1ома к1ел ийз ош.

Х1ора б еранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал

хаза а, шовданал ц1 ена а хета. Доьзалан ма рзо а ненехь ю. Нана ю доьзална

юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш,

церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оран на а шен - шен меттиг д1аелла,

эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, ц еран нийса

накъост хилла, керт ан а, кхерчан а 1у хилла л аьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху нано ша .Т1аккха ше н до ьзал хо маца ц1а

вог1у - те бохуш,б1аь рса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан

марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир д ара хаац суна я хаа а ц а

х1утту . Дахарехь цхьа хазахета р хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа

халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай . До г доьхначу хенахь

ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког - куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелл а

цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаь стича, лазар дайло. Веза -

Воккхачу Дала ше н къинхетамах мА й оккхийла цхьа а нана !

Хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу

кхечуь нгара? Х1ан - х1а. Иза сан нана ю: дуьненан ма рзо, б1 аьрган серло,

маьлхан нур. Иштта сан ма рзонах йоь ллачу сан нанна а синтем ца ху ьлу со

юьзна а, елаелла а ца хилча. М осазза мерзачу набарх юьйлу ш, шен г1ийлачу

узамца охьайижийн а цо со.Нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу

ненан. Ша мел с иха, юькъачу г1 овг1анашка хь ялл арх, беран аз кхочу нен ан

лере, мел генахь хиларх. Шен бера х а яьлл а лелалур ярий техьа нана? Яцара

аьлла хета суна. Бер - ненан сих схьадаьл ла ма д у . Шен дег1ан са а берал

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Литературехь ненан вастах лаьцна

Аллах1 Дела цхьаъ винчул т1аьхьа, Делан Элча (1.с.в.) бакъвинчул т1аьхьа, шен дай-наний ларар т1ехь ду Дала кхоьллинчу массо а адамна. Нохчийн къам бусалба динца дог1уш долу, Делан деза г1иллакхаш ч1ог1а лелочух цхьаъ ду. Вайн къоман даима а сийлахь декхар хилла дай-наний ларар, церан сий дар.

Нана ма ю, шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хера ца йолуьйтуш, х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхь-бехках, вовшийн хьаг1-гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш, б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац. И йоцуш муха хир дара хаац суна, я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Сийлахь волчу Аллах1 Дала шен къинхетамах ма йоккхийла цхьа а нана!

Иштта хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Нагахь беран дог г1айг1ане хилча, г1айг1анах кийра бузу ненан. Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? Яцара аьлла хета суна. Бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.

Нанна бер хаза г1ан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене. Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт. Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. Мел деза ду суна уьш, цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:

- Сийлахь Нана! Хастам хьуна!

Берийн дуьхьа яьхна хьо!

Генахь хиларх, тхаьш мацделча,

Хьан комаьрша куьйгаш го.

Нана, хьан юьхь т1ера хершнаш-

Уьш хьан берийн некъаш ду.

Хьан камаьршой, къинхетаммий,

Хан мел ели, хьекъаш ду.

Ялсамане, цхьанхьа елахь,

Ненан когаш к1елахь ю.

Нана резайинчу беран

Делахь ялсамане а ю.

Нана ю кхерч бовха латториг, доьзал эхь-ийманехь кхиориг. Нана йоцу доьзал декъаза хуьлу шен сица, беркъа хуьлу цуьнан 1ердахар, сингаттаме хуьлу цуьнан 1уьйренаш, суьйренаш. Вайна дахар деллачу, аьхна мотт 1амийначу Нанна хьалха х1окху дуьненахь мел деха декхар ду вай. И декхар такха деза вай, ненан дог хьостуш,

Ма дукха ду-кх ненах ала а, дийца а. Дийцарх кхачор а доцуш, ладег1арх к1ордор а доцуш дукха ду.

Муха гайтина те ненан васт халкъан барта кхоллараллехь а, яздархоша а, поэташа а шайн произведенешкахь? Х1ун меттиг д1алоцу цо адамийн дахарехь?

Нанас чулоцу дерриге а. Дуьненна малхо лучу малхах йовхонах терра, йовхо ло нанас, иза вайн дахаран малх бу. Цо ло вайна дахар, ирс, къинхетам, син-оьздангалла. Нанас 1амадо вай дикачунна, лардо вочух.

Нохчийн литература кхоллаелла дукха хан яцахь а, амма ненан васт вайн халкъан барта кхоллараллехь 1аламат дика гайтина ду. Нана оьзда, г1иллакхе, собаре, комаьрша, яхь йолуш ю. Цуьнан сий дар т1ехь ду муьлххачу къонахчунна, иза коьрта декхар а лоруш.

Нохчийн къоман философехь доьзал дийнна цхьа дуьне лору, оцу Дуьненахь стигал — Да ву, латта — Нана.

Нана д1аяьлча беран даг т1ера зезаз дужу. Беран самукъадалар д1адолу бохург ду иза. Ткъа ненан самукъадалар а, ирс а бераш ду, Сулейманов Ахьмада ма-яздарра:

Сийлахь нана! Берийн къинна,
Б1аьрхиш хилла, ешна хьо!
Тхо, бераш ду-кх, хьо къанйийраш.
Къона латтораш а тхо!

Иштта ненах лаьцна яздо нохчийн поэта Бисултанов Аптис:

хьо ара ца йолуш йисичахьана

хьан 1аса санна со цхьалха ву нана

хьо ламаз ца далуш йисичахьана

хьан ойла санна со шийла ву нана

1уьйренан г1айг1а ю стигалан ами

суьйренан г1айг1а ю хьан беса лами

вахаран г1айг1а ю хьан къора уьйт1е

Нана цу г1айг1анах со къаьстар вуй те

хьо ара ца йолуш йисина аьлла

вайн кет1а мел бог1у некъ акхабаьлла

хьан саг1а юкъаха дисина аьлла

п1ераска вайн ц1енна пен бетта даьлла

1уьйренан г1айг1а ю ков делла дезар

суьйренан г1айг1а ю хьох дисна дезарш

вахаран г1айг1а ю къаръелла зама

хала ду Нана и г1айг1а лан 1ама!

Оцу дешнашкахь карадо вайна, дуьззина ненан васт. Баккъал а ойла карзахйоккху оцу дешнаша. Дагна т1е1аткъам бо.

Бусалба динехь а ден-ненан сийдар т1едожош ду. Дала Къуръан чохь аьлла, Ша бохург а де, Делан Элчано (1.с.в) бохург а де, хьайн дас-нанас бохург а де. Цо гойту ден-ненан сий ларам бар, стеган лааме хьаьжна доцуш. Дала т1едиллина декхар хилар.

Нана ларарал сов, ненахой ларар а т1ехь ду стагана.

Лераме Наной, Дала сий дойла шун! Шун сий дарца дехар ду тхо кху дуьненахь, шун сий даро г1о дийр ду тхуна муьлххачу а халонех чекхдийла! Дала могшаллица, парг1атонца, шайн доьзалех даккхийдерца, Шена хастам байтарца яхйойла шун оьмар.

DELETED

Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета.
Показать полностью. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

Submit to our newsletter to receive exclusive stories delivered to you inbox!


Онтонио Веселко

Лучший ответ:


Пармезан Черница

Нана. Нена ойла дагчуьра дIаяьлла зама йогIур яц, иза йоцаш йисича а. Массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. Кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хIуманаш.

Нана дIаяьлча йоьIан дагтIера зезаг дужу олуш ду вай. Дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний холча ца хIоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. Дуьненчу девллача дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а шега болчу безамо.

Бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжа шен дега-нене, ма онда а, массо а хIума дан хууш а ву дада, ма хаза, марза ю нана бохуш. Ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика адамаш хиларе, шайн хиллачул а гIоле дахар хир дацар те церан бохуш. Да-наний ду вай дахаран новкъахь дIадуьгурш.




Вы можете из нескольких рисунков создать анимацию (или целый мультфильм!). Для этого нарисуйте несколько последовательных кадров и нажмите кнопку Просмотр анимации.

Читайте также: