Аьхке сочинение на чеченском

Обновлено: 08.07.2024

Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьне нан Iилма а.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.

Пришла долгожданная летняя пора, а с ней и период массовых отпусков.Может быть, вы уже успели отдохнуть, или вы запланировали свой отдых на осеннюю грибную пору, а кто-то мечтает о поездке на лыжные склоны, но наша Медина со своей подругой Шукран решили встретиться, чтобы обсудить, как они со своими семьями будут проводить лето.

Медина: Шукран, как мы редко встречаемся! Мне надо с тобой о многом поговорить и посоветоваться! — ШУКРАН, МА НАГГАХЬ БЕН ЦА ГО ВАЙШИЪ! САН ХЬОЬГА ДИЙЦА ДЕЗАШ А, ХЬОЬХ ДАГА ЯЛА ЕЗАШ А ДУККХА А ХIУМА ДУ!

Шукран: Медина, дорогая, я внимательно тебя слушаю. Мне тоже есть, что тебе рассказать. Надеюсь, мы сообща решим все наши проблемы. — МЕДИНА, САН ХЬОМЕНИГ , СО ХЬОЬГА ТЕРГАМ А БЕШ ЛАДУГIУШ Ю. САН А ДУ ХЬОЬГА ДИЙЦА ХIУМА. ВОВШЕХ ДАГА А ЙОЛУШ, ВАЙШИММА МАССО А ПРОБЛЕМАШ КХОЧУШ ЙИЙРА Ю АЬЛЛА ХЕТА СУНА.

Медина: У меня скоро будет отпуск. А дочка уже месяц как на каникулах. Мы с мужем сейчас решаем, где нам лучше отдохнуть. Как я помню, в прошлом году ты ездила с семьёй на море. Посоветуешь ли ты нам этот вид отдыха и где ты собираешься отдыхать сама в этом году? – СО КЕСТА ОТПУСКЕ ГIУР Ю. ТКЪА ЙОI КАНИКУЛАШКАХЬ ЙОЛУН ХIИНЦАЛЕ А ЦХЬА БУТТ БУ. СО МАЙРЧУЬНЦА КЪАСТОШ Ю, СА МИЧАХЬ ДАЬIЧА ГIОЛЕХЬ ХИР ДАРА. СУНА ДАГАДОГIУ, ДIАДАХАНЧУ ШАРАХЬ ХЬО ХЬАЙН ДОЬЗАЛЦА ХIОРД ТIЕ ЯХАРА. ХЬОЬХУРА ДАРИЙ АХЬ ТХУНА И ТАЙПА САДАIАР, ТКЪА ХЬО КХУ ШАРАХЬ МИЧАХЬ САДАIА ЛЕРИНА Ю?

Шукран: Море — это прекрасно. Но отдыхать на морском побережье удобнее по путевкам, тогда у вас не будет проблем ни с жильем, ни с питанием, да и пляж будет не таким переполненным. Гостиницу же можно выбрать исходя из ваших средств. Но о путевках, а также билетах на самолет или поезд обязательно надо побеспокоиться заранее. В летний период – это самая большая проблема. – ХIОРД-ИЗА ИСБАЬХЬА ДУ. АММА ХIОРДАН ЙИСТЕХЬ САДАIА ПУТЕВКАШЦА АТТА ДУ, ТIАККХА ШУН ПРОБЛЕМАШ ХИР ЯЦ ЧОХЬIОЙЛАЦА А, ЮУЧУЬНЦА А, ТКЪА ША ПЛЯЖ А ХИР ЯЦ ТIЕХЪЮЬЗНА. ХЬЕШИЙН ЦIА ШАЙГАРЧУ АХЧАНЕ ХЬЕЖЖИНА ХАРЖА МЕГАР ДУ. АММА ПУТЕВКАШНА А, ТКЪА ИШТТА САМОЛЕТАН, Я ЦIЕРПОШТАН БИЛЕТАШНА ХЬАЛХХЕХЬ ГIАЙГIА БАН ДЕЗАР ДУ. АЬХКА-ИЗА УГГАРА ЙОККХА ПРОБЛЕМА Ю.

Медина: Ты знаешь, а моя дочка мечтает о поездке в деревню. Ей так понравилось в прошлом году ухаживать за домашними животными: коровой, козой, лошадью, курами, а местная собака и кошка стали её лучшими друзьями. Она по ним очень скучает. – ТКЪА САН ЙОIА-М ЮЬРТА ЯХА ОЙЛА ЙОЛУШ Ю. ЦУННА ДIАДАХАНЧУ ШАРАХЬ ЧIОГIА ХАЗДЕЛЛЕРА ЦIЕРА ДИЙНАТАШНА ДОЛА ДЕШ: АЬТТАННА А, ГЕЗАНА А, ГОВРАНА А, КОТАМАШНА А, ТКЪА МЕТТИГЕРА ЖIАЬЛИЙ , ЦИЦИГ ЦУЬННА БАККХИЙ ДОТТАГIИЙ БАРА. ЦО ЦАРНА ЧIОГIА САГАТДО.

Шукран: Парное молоко, ягоды, грибы — что может быть лучше! Пожалуй, я тоже в этом году проведу отпуск в сельской местности, тем более, что у нас рядом красивейшие речка и озеро, где купаться можно ничуть не хуже, чем в море.- КЕРЛА ЯЬККХИНА ШУРА, ЦIАЗАМАШ, ЖIАЬЛИЙН НУСКАЛШ-ЦАРЕЛ ГIОЛЕ ХIУН ХИР ДУ! СХЬАХЕТАРЕХЬ, КХУ ШАРАХЬ АСА А САЙН ОТПУСК ЮЬРТАХЬ ДIАХЬУР Ю, ТХУНА УЛЛОХЬ ВУНО ХАЗА ХИ А, IАМ А ХИЛЧА ХIЕТИ-ВЕТИ А, ХIОРДАЛ ХIУММА А ОЬШУШ ДОЦУШ, ЛИЙЧА ЙИШ ЙОЛУН.

Медина: А где будет отдыхать твой сын-студент? – ТКЪА ХЬАН КIАНТА-СТУДЕНТА МИЧАХЬ САДОIУР ДУ ?

Шукран: Он после сдачи экзаменационной сессии с друзьями собирается пойти в поход по Кавказским заповедным местам. Жить они будут в палатках, готовить на костре, помогать местным лесникам наблюдать за дикими животными и, конечно же, ночами петь у огня бардовские песни. Он собирается снимать всё на видеокамеру, так что вы потом сможете посмотреть его путешествие на пленке. – ИЗА ЭКЗАМЕНИЙН СЕССИ ДIАЕЛЛАЧУЛ ТIАЬХЬА ДОТТАГIАШЦА КАВКАЗЕРЧУ ЙИХКИНЧУ МЕТТИГАШКАХУЛА ПОХОДЕ ВАХА ДАГАХЬ ВУ. УЬШ ЧЕТАРШ ЧОХЬ IИЙРА БУ, ЯА ХIУМА ЦIАРАН ТIЕХЬ ЙИЙРА Ю, МЕТТИГЕРЧУ ХЬУЬНХОШНА АКХАЧУ ДИЙНАТАШНА ТЕРГО ЯН ГIО А ДЕШ, ТКЪА БУЬЙСАННА ЦIАРАН ГОНАХЬ БАРДИЙН ЭШАРШ А ЛОЬКХУШ. ИЗА И ША ДЕРРИГЕ А ВИДЕОКАМЕРИН ТIЕ ДАККХА ДАГАХЬ ВУ, ЦУЛ ТIАЬХЬА ШУ ЙИШ ХИР Ю ПЛЕНКИН ТIЕХЬ ЦО БИНЧУ НЕКЪЕ ХЬАЖА.

Медина: Я ему чуть-чуть завидую. Вспоминаю свои студенческие годы и песни, которыми мы в то время увлекались. А в каникулы мы любили ездить на экскурсии по разным памятным местам. Это было не так дорого и запомнилось надолго.- СО-М ЦУНАХ ЦХЬА ЖИММА ХЬОЬГУ. СУНА ДАГАОЬХУ САЙН СТУДЕНТИЙН ШЕРАШ А, ЦУ ХЕНАХЬ ТХАЙНА МАРЗЪЕЛЛА ХИЛЛА ЙОЛУН ЭШАРШ А. ТКЪА КАНИКУЛАШКАХЬ ТХУНА ЦХЬАЦЦА ЙОЛЧУ ДАГАЛЕЦАМАН МЕТТИГАШКАХУЛА ЭКСКУРСЕ ДОЬЛХУШ ХАЗАХЕТАРА. ЦУНАХ БАШХА ДУКХА ХIУМА А ЦА ДОЛУРА, АММА ХIИНЦА А ДАГАХЬ ЛАЬТТА.

Пролежавший летом – пробегал зимой (чечен. посл.) – АЬХКА IИЛЛИНАРГ IАЙ ИДДА

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Оценить 1678 0

Нохчийн литературан йиллина урок

Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.

3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!

Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)

Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна

Кутузов:- Т1ом халкъан бу, сан хьомениг,аша дийриг дерриг нийса ду. Суна бен мА дац , цхьаннан коьртахь , кивер а йоцуш,куй хилар,кхечуьнан мундира к1ела а доцуш, кетар к1ел детталуш дог хилар а. Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ г1атто хаар.

Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.

Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.

Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.

Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?

Чеченский:- Нохчийчуьра схьавалош со жима вара. Россехь кхиъна со, сайн ненан мотт бицбелла бог1у .

Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!

Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.

Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.

Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.

Хьехархо : Нийса билгалъяьккхи ахь вайн урокан тема. Тахана вайн достур ду г1араваьллачу турпалхочун васт, Дуьйцур ду цуьнан т1еман говзаллех, т11ех1оьттинчу халонашна хьалха иза гора ца хоттарх лаьцна ., аьтто хир бу цу хенан хиламашка кхача.

Хьалхарчу урокехь повестан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Александр Чеченски къонах хилар. Цуьнца боьзна ц1еран болх бара шун. Къонахаллех лаьцна стихотворении , кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш

- Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

- Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац

Хьехархо: вуно хаза кицанаш далий аша. Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъанна даима мехала хетарг- къанахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамехь, гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхца, цо дечу кегийрачу а, даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу. Х1инца вай повестан хиламах , авторах лаьцна хаарш карладаккхур ду.

-19-чу б1ешарахь Европехь цхьанакхеттачу эскарша Наполеонна дуьхьал бина т1емаш. -1812 –чу шарахь хилла Даймехкан т1ом.

- х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна

(И кхочушдан 3 минот хан ю )

Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)

2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)

Хьосту, 1ехаво, чиэхаво

Дахар – сатийсаман денош

Вазво, сий айадо,лакхавоккху

Къонах- сийлахь ц1е

Хазво, толаво, эшаво

Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант

Айаво, даьржа,кхайкхаво

Сий-къонахчун аг1о ю.

Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна

И кхочушдан 3 минот хан ю

Жам1 дар 1. Х1ун дог-ойла кхоллаелла шун повесть ешча? 2. Нагахь санна вай и зама юхалиста йиш хилча, х1ун хуьйцур дара аша 1алин дахарехь? 3.Цуьнан дахар муьлхачу вастаца гойтур дара аша? . 4. Шуна лаьарий шайн иштта дахар хуьлийла?.

5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.

Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)

Вайн халкъехь олуш ду : шен бийца къонахий доцург-къам дац, шен дийца къам доцург-къонах вац. Нохчех схьаваьлла волуш, и нохчалла шен дахаран чаккхене кхачош вехначу турпалхочун- Александр Чеченскина, иштта муьлхачу заманчохь хилла болу къонахий : Зеламха, шейх Мансур, Байсангур,Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлади , массане бу уьш - бевзаш, цабевзаш, даимна сий дийр ду вай царна. Оцу лакхене кхача Дала шуна кхетам,хьуьнар лойла.

Дешархоша бинчу белхан мах хадор: Аша массара дика болх бина , делахь суна лаьа аша шаьш шайн белхан мах хадор.

Рефлексия яр Муха хийти шуна вайн урок? Цхьа керла хаар кхолладеллий шу? Муьлха синхаамаш кхоллабелла шу? ( Хазахетар, , халахетар, синч1аг1о, цецвалар, бецахетар,)

Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,

Къийсамехь собаре - нохчийн и амалш, церан мостаг1аша а т1ехь,

массара а билгалйохуш ю.

Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.

Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.

1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.

2.Повеста т1ехь Александр Чеченский вайна дуьххьра го и жима берд олуш, ворх1- барх1 шо долуш хан ю цуьнан. Цомгаш хилла нана, меттахь дукха ца 1уьллуш, кхелхина, деца висира жима 1али. Маьрша яцара зама. Кегий къаьмнаш шайн парг1атонехьа къийсам латтош бара паччахьан эскарца. Да кест-кеста Мансуран б1оца паччахьан эскаршца лата воьдий, ша ц1ахь вуьсура 1али, луларчу зудчо тергам беш. Ц1ехьана т1елеттачу паччахьан эскаро Алда юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, меттиг таллуш схьабог1учу оьрсийн салташа, комаран дитта т1ера охьа а воккхий , г1опе д1авуьгу ворх1- барх1 шо кхаьчна жима ши к1ант. Царах цхьаъ кхио шега валар доьху Николай Раевскийс. Иштта нисло 1али оьрсийн х1усаме.

3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.

4. 1алин цкъа ца дицло воккхачу стага , Жумас, г1опехь дин хьехар: : « Шаьш т1едиссинчу х1усамна хьанала хилалаш, тешнабехках ларлолаш, шайх бехк боккхур болу х1ума мА делаш, чета эхь диллий мА лелелаш. Шаьш хьанах схьадевлла диц мА делаш. Къонахий болуш дика дай хила шун. Ша схьаваьлла юрт даима дагахь лаьтта цунна. Пхийтта шо кхаьчча шен юьрта кхачар нисделира цуьнан. Юрт гича дог тохаделира 1алин, девзира комарийн дитт, вевзира къанвелла Мажа. Т1аьхьо ша къанвала воьлча, мехкан безамна деанчу х1ух дийна хьуьн кхиийра цо. Мох баьлча а. дог1а деъча а Алда дагайог1ура цунна.


Дашочу малха басахь долу духарца дитташа т1едуьйхина долу, хаам бо вайн еанаг дашо гуьйре юьйла.

Бовхачу махка д1аоьху олхазарш, адамаш шайн чу доьрзаш ду, 1аььнна кечамаш беш.

Денош дацло, ткъа малхо ца ло б1аьста санна йовхо.

Оьху дог1анаш, кхоьлина денош.

Т1аккха а хаза ю гуьйре.

Хьо вохуш латта охьа эгга г1аш можа долуш кхоьлина ца хетало, бамба саннаохь эгга хуьлу уьш.

Хьо дикка хьежа воьлча хелхар деш охь эга уьш.

Бераш хуьлу г1ашшех ловзуш.

Берийн духар а хийца делла, уьш йовха х1уманаш юьхан бу.

Массо а зама ю ша тайпа хаза, массо а заманан ю шен къайленаш.

Делахь, гуьйренан яхан ц1е и дашо хилар вотак вроде.


Сочинение на тему моя семья?

Сочинение на тему моя семья.


Логика?

Маша сильней даши даша слабей Маруси Маруся сильней машы кто сильней!


Сочинения на тему "Наука"?

Сочинения на тему "Наука".


Напишите сочинение на чеченском языке на тему Дашо гуьйре, что в переводе означает золотая осень?

Напишите сочинение на чеченском языке на тему Дашо гуьйре, что в переводе означает золотая осень.


Сочинение на тему :Моя жизнь?

Сочинение на тему :


Сочинение на тему гостиприимство)))?

Сочинение на тему гостиприимство))).


Сочинение на тему "Что я люблю"?

Сочинение на тему "Что я люблю".


Сочинение на тему?

Сочинение на тему.


Сочинение на тему плавание?

Сочинение на тему плавание.


Сочинение на тему б1асте на чеч яз?

Сочинение на тему б1асте на чеч яз.

На странице вопроса Сочинение на чеч яз на тему дашо гуьйре? из категории Другие предметы вы найдете ответ для уровня учащихся 1 - 4 классов. Если полученный ответ не устраивает и нужно расшить круг поиска, используйте удобную поисковую систему сайта. Можно также ознакомиться с похожими вопросами и ответами других пользователей в этой же категории или создать новый вопрос. Возможно, вам будет полезной информация, оставленная пользователями в комментариях, где можно обсудить тему с помощью обратной связи.


Купи бумагу А3 начерти свою школу с верху допустим 1й этаж и 2й кабинеты + коридоры потом пряч в каждом кабенете призы не большие но при одном условии когда они выполнят задания и в выбери кабенет в котором будет главный приз но с очень сложным задан..


Ну вобще лолли это жаргон японцев, говорящий о несовершеннолетних девочках. Еще в Японии это термин используют как влечение к малолетним девочкам то есть лоликон так что незнаю что может это значить когда мальчик говорит такое девочке, скорее всего ..



Античность не случайно называют колыбелью европейской цивилизации. В те давние времена были заложены основные направления философской мысли, создана наука как отдельная сфера культуры, совершены открытия мирового значения в области архитектуры и ску..


Спортивный комплекс "Спартанец" - открой в себе силу спартанца).


Герда побывала у старухи колдуньи . Она вспомнила как играла с Каем возле кустом красных роз и это ей помогло вспомнить Кая. Потом она пошла в царство принц и принцесса дали ей карету из золота . Когда они ехали на карете на них напали разбойники ..


Йога, кардионагрузки, бег, прыгалка, ходьба.


Сам такой)Боюсь говорить в лицо, что - то такое. Прям так и тянет держать вниз глазами. Наверное так.

Читайте также: