Мукъа аз а элп а аь 1 класс абат конспект

Обновлено: 05.07.2024

Загружайте презентации, разработки уроков и другие методические матеры. Сразу после добавления разработки вы можете скачать свидетельство о публикации в СМИ.

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Заголовок на свидетельстве будет выглядеть более красиво, если вы укажите тип разработки (Урок, Текст, Конспект и т.д.) и тему в кавычках (например, Конспе

Оценить 574 0

Кхочушданлерина жам1аш:

Дуьйцучуьнга ладог1а а, хаьттанчуннажоп дала 1амор. Цхьаьнакъахьегахаар, шозлаг1а дуьйцушкхиорхочунна г1о дан 1амор; керладешнашдовзийтар.

Г1ирс: суьрташ, 1амат.

Урок д1аяхьар.

1. Уроканболх д1ах1оттор. Маршалла хаттар.

Школовайнахьоьхуш дерг (дешархой)

Школехь дика доьшуш

Зезагаш т1ехь лепатхи,

Маршалла ас хоттушуьга,

Бергате дог1ийла де!

2. Актуализацинмур

Аг1онаш 50-51 аг1онаш т1ехь болх бар

Хьовсалсуьрта т1ехь х1ун го?

Ц1ераш яхалшайнаевзачу х1уманийн: нуй, гаьнгали, лан, маьнга, бен,нуьйр.

Мичахьхеза н аз?

1) Дешдакъошдешар: ан он ун ин ен

2) Дешнашдешар дин наб хан ле-ри-ра

Бун нар нох нал-ха

3) Дошкхолла аг1о 51

3. Садо1аран минот

Нохчийнлезгинкица зарядка яр.

4. Керла аз, элп Т 1амор.

Аг1онаш 52-53 аг1онаш т1ехь болх бар

Хьовсалсуьрта т1ехь х1ун го?

Ц1ераш яхалшайнаевзачу х1уманийн: тукар, тептар,1амат, четар,тарсал, вота.

Муьлхакерла аз хеза? Мичахьхезакерла аз?

Тептар( 1амат) – иза х1ун ю? Дошалалмасссара, мичахьхезакерла аз?

Байт ешар (дешархочо)

Муьлха аз элп 1амор дувайтахана? Керла аз дуй цудашехь? Мичахьхезауьш?

2) Дешдакъошдешар: ат от унитет

3) Дешнашдешар бат иту тата Тамара

А-бат ботт та-тол Тамура

4) Цхьанадашахмасийттадошхуьлу: таллархо – тал,талла, лар.

6. Садо1аран минот

Маьлхансерлояржале- Цхьаъ-шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде- Цхьаъ-шиъ-кхоъ.

Ииша,ваша г1аттаде Цхьаъ-шиъ-кхоъ.

Физзарядка йолае- Цхьаъ-шиъ-кхоъ

7. Урокан жам1 дар

Муьлхааз а элп а 1амийра вай?

Кхинмуьлхааьзнаш 1амийна вай?

Мукъааьзнашкардахар: а, о, у, и,е.

11. Рефлексинмур

Хьаннахазахийтиратаханлеравайн урок? Х1унда?

Айдаранхьаьрк со дика кхетна….

Хаттаранхьаьрк со дика цакхетна….

Баркалла, хьомебераш дика болхбарна!

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Урокан тема: Мукъа аз [Аь], элп Аь аь довзийтар а, яздар а.

— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой! Вайн таханлера цхьаьнакхетар Дала беркате дойла!

Вай нохчий ду, цундела вешан мотт Iамор, иза дика хаар — вайн декхар ду. Маттаца доьзна ду дахарехь вай мел лелош дерг, вайн хаза гIиллакхаш, оьздангалла а. Луъучу кепара дагахь дерг дийцало вайн маттаца, мел доккха дов а дерзадо хазачу матто. Лаа олуш ма дац: хазачу дашо лам башийна! Дала хьуьнар лойла шуна кхиамца иза Iамо!

— Бераш, ас хIинцца шуьга дийцинчух хIун олу? (Къамел)

— Стенах лаьтта къамел? (Предложенех)

— Предложенеш стенах лаьтта? (Дешнех)

— Дешнаш стенах лаьтта? (Дешдакъойх)

— Ткъа дешдакъош? (Аьзнех, элпех,)

— Аьзнаш, элпаш вовшех муха къастадо вай?

БIаьргашна гуш а, куьйга яздина а делахь – иза элп ду.

Багахь олуш а, лергашна хезаш а делахь – иза аз ду.

Аьзнаш шина кепара хуьлу: мукъа а , мукъаза а.

Царах цхьаъ вайна тахана девзар ду. Яханчу урокехь шуна девзира элп

Слайд: (суьрташца гайта аьлха, аьхке, аьста)

ДогIуш долу дош ала:

Жижиг эцале ас хьалха

Ирдо урс, тIехьоькхуш… (аьлха)

ДIахьовсал шу кху вайн махке,

Аре сенъеш кхечи… (аьхке)

Еъна кхечи хаза бIаьсте,

Асарна ахь кечъе… (аьста)

— ХIун дешнаш ду вай далийнарш?

Слайд I.

(аьлха, аьхке, аьста)

— Муьлха аз хеза оцу дешнашна юьххьехь? [Аь ]

— Амма и аз дашна юккъехь хезаш хила а тарло.

— Далор ду вай масалш аз [Аь] юккъехь долуш:

Слайд

(БIаьсте, шаьлта, бIаьрг, даьтта, наьрс)

— Аз [Аь] мукъаду я мукъазаду?

— (Мукъа ду. ХIунда аьлча, [аь] олучу хенахь кийрара схьадолучу хIаваана дуьхьало йоцуш, хецна алало).

— Маса хьаьрках лаьтташ ду иза? (Шина хьаьрках: А, ь)

— Шина хьаьрках латтахь а, цхьа аз билгалдо цо.

— Дешдакъошка декъа вай и дешнаш:

Слайд 3

БIаьс-те, шаьл-та, бIаьрг, даьт-та, наьрс

— Маса дешдекъах лаьтта дешнаш бIаьрг, наьрс?

— (Цхьана дешдекъах лаьтта.Цаьргахь мукъа аз цхьаъ бен дац)

ДIадеша дешнаш:

аьрзу б ираьнчиг наьрс

(суьрташ)

Маса дешдекъах лаьтта хьалхара дош? (шиъ — аьр-зу)

— Маса элп ду хьалхарчу дашехь? (диъ)

— Мукъа маса ду? (шиъ — аь, у)

— Мукъаза? (шиъ — р, з)

— ШолгIачу дашехь маса дешдакъа ду? (3 — би-раьн-чиг)

— Ткъа элп бархI ду. Царех мукъа кхоъ ду: и, аь, и

— Мукъаза пхиъ ду: б. р, н, ч, к

— КхоалгIачу дашехь маса дешдакъа ду?

(Цхьа дешдакъа ду- наьрс)

Диъ элп ду, царех цхьаъ мукъа ду — аь

— Мукъаза кхо элп ду: н, р, с

— Дешдакъа цхьаъ бен дац мукъа аз цхьаъ бен доцу дела.

— Вай Iамоза керла аз муьлха ду оцу дешнашкахь? [Аь]

Слайд:

хаьа, лаьа, наьрс;

маьн-га, аьх-ке, шаьл-та;

Маьж-диг, саьн-гар, аьр-зу;

даьт-та, даьх-ни, лаьм-наш.

Бераш, хIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Аь аь элп яздан.

Аь – хIара йозанан доккха элп ду;

аь — могIанан жима элп ду.

Аь — хIара зорбанан доккха элп ду

аь — хIара зорбанан жима элп ду

— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу

Слайд:

(йозанан элп дилларан схема гайтар)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп аь.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп аь.

аь аь аь аь аь аь…

— Элп доккха а, жима а хуьлу.

— Маца яздо вай доккха элп?

— Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а.

Слайд:

(гойту доккха а, могIанан а Аь аь

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

— Кепе а хьовсуш, хIинца вай яздийр ду йозанан доккха элп Аь.

Слайд: (анимацица гайтар):

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Аь.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Аь.

А А А А А А А А…

Слайд:

1. Бераш, вай хIинца иштта болх бийр бу.

Аь элп юкъахь долуш долчу дешнийн масалш далор ду вай.

Слайд:

маьждиг

лаьмнаш

шаьлта

наьрс

— Доькъур ду вай и дешнаш дешдакъошка:

Слайд:

маьж-диг

лаьм-наш

шаьл-та

наьрс

— Тидаме эца деза, вай далийнчу дешнашна юкъахь дакъошка ца декъалуш долу дош хилар. Иза (наьрс) ду.

Наьрс дашехь дешдакъа цхьаъ бен дац, мукъа аз цхьаъ бен доцу дела.

— Iамийнарг тIечIагIдеш, масех предложени дIа а язъяй, аь элп юкъахь долчу дешнашна кIел сиз хьакха.

Слайд:

Аьрзу лаьмнашкахь Iа. Иза доккха олхазар ду.

Вашас аьрзунан бен гайтира суна. Иза лаьмнашкахь бара.

Тахана вайна девзи мукъа аз а, элп а Аь аь, иза ала а, яздан а, цуьнца дешнаш дало а Iеми. Иштта далийна дешнаш дешдакъошка декъа а Iеми. Предложенеш а язйи.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

1алашо :мукъа аз (Аь), элп Аьаь довзийтар. Элп Аьаь дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни : берашна девзар ду мукъа деха , доца а аз (Аь) , мукъа элп Аьаь . 1емар ду элп Аьаь дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь деша.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета. Берашна 1емар ду шайна оьшург вовшашка а , хьехархочуьнга а хатта.

Познавательни: берашна хуур ду мукъа элпаш шалха хилар. Берашна 1емар ду элп Аьаь юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Дешнашкахь элп а хуьйцуш керла дешнаш кхолла а хуур ду берашна. Берашна хуур ду дийцаран ц1еран тидам барца , цуьнан чулацамах дерг ала.

3. Личностни : берийн безам кхоллалур къинхьегаме. Берийн лаам кхоллалур бу пайдениг дан. Шайн амалехь пайдениг кхио , вониг д1ататта а 1емар ду берашна.

Урок д1аяхьар.

1 .Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха ехийла!

Идда , девдда де чекхдели
Мокъа хан тхан д1а ма ели.

Деша , 1амо раж т1екхечи,

Класса чу тхо схьа ма кхечи.

- Тидам бе шайн оьшу г1ирс кийча хиларан.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Бераш, аса д1айоьшу кегийра байташ. Аша т1етоха маь1ница дог1уш долу дош.

Жижиг эцале ас хьалха

Ирдо урс , т 1 е хьоькхуш ( Аьлха )

Т1едуьйхина белхан духар ,

Ас шен хенахь кечдо докъар .

Шорта шура луш ю атто ,

Цу ндела тхан хуьлу . ( Аьтто )

Д 1 ахьовсал шу кху вайн махке ,

Аре сенъеш , кхечи . ( Аьхке )

Еъна кхечи хаза б 1 аьсте ,

Асарна ахь кечъе . ( Аьста )

-Муьлха дешнаш туьйхи аша т1е? (Аьста , аьтто, аьхке).

-Х1ун ду церан юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз(Аь).

-Кхин ала дешнаш аз(Аь) хьалхахь долуш. (Ьрзу , аьшкал).

-Ала аз (Аь) юккъехь долу дешнаш. (Маьнга, даьхни).

3 . 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла абатан 93-г1а аг1о. Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План х1отта е шайн белхан.

-Вайна тахана девзар ду мукъа аз а , элп а Аьаь . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь , юккъехь, чаккъенгахь деша. Вай 1амор ду дийцар деша , суьртан г1оьнца жима дийцар х1отто.

4. Мукъа аз (Аь), элп Аьаь довзийтар.

Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь аз (Аь) довза 1амор.

-Х1ара х1ун ю? (Аьшкал).

-Ала АЬАЬШКАЛ . Муьлха аз хеза АЬШКАЛ дешан юьххьехь? (Аз (Аь) хеза).

-Ала АЬАЬ . Аз (Аь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (Аь) ца лакхало).

-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз ( Аь) билгалдечу еък1овн? (Ц1ен).

-Маса дешдакъа ду АЬШКАЛ дешан? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (АЬШ)

-Х1ара х1ун ю? (Наьрс)

-Маса дешдакъа ду НАЬРС дешан? (Цхьаъ ду).

-Мича меттехь хеза аз (Аь) НАЬРС дашехь? (Дешан юккъехь)

Элп Аьаь довзийтар.

-Х1ара зорбанан доккха элп Аь ду , х1ара зорбанан жима элп аь ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду?

-Тидам бе элпийн. Маса хьаьрках пайдаэцна элп Аьаь яздеш? (Шина)

-Муьлханаш ю уьш? (А , ь).

-Элп Аь аь цхьалха ду я шалха ду?

-Элп Аьаь шалха элп ду , х1унда аьлча и яздеш пайдаоьцу шина хьаьрках.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Суна девзи мукъа аз (Аь). Мукъа элп Аьаь.

Аьаь элпах лаьцна байт 1амор.

Аьхка хьамц ма баккхалахь

Аьрга хуь л и й хаалахь!

Аьрт а хилча тхешан урс,

Аьлха хьокхи й ирдо ас.

(Хьехархочун г1оьнца 1амайо байт).

-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Аь)?

5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.

Аьаь элпаца дешдакъош кхоллар.

-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп Аьаь , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.

-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп Л . (Аь) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)

-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.

-Аса дуьллу цунна улло кхин элп С . (Аь) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.

-Юха аса дуьллу элп Р . Аз ца ходуьйтуш д1адеша.

-Юха аса дуьллу элп Х . Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.

-Юха аса дуьллу элп Н . Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.

Аьаь элп юкъадог1у дешдакъош дешар.

(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)

АЬАЬЛЛ АЬАЬРР АЬАЬНН АЬАЬШШ
АЬАЬСС АЬАЬХХ АЬАЬТТ АЬАЬГГ

(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Суна 1еми дешдакъош деша.

6. Дешнаш дешар.

Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш

Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду АЬРЗУ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (АЬР).

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю САЬНГАР ? (Сирнакашна буьхьиге хьокхуш йолу х1ума ю).

-Маса деш дакъа ду ЛАЬМНАШ дешан ? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ЛАЬМ).

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю Г1АЛМАКХО ?

-Х1ун ю ДАЬХНИ? (Бежнаш).

-Маса дешдакъа ду МАЬНГА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (МАЬН).

-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду Г1АНТ дешан? (Цхьаъ).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Суна 1еми дешнаш деша.

Абатан 93-г1а аг1он т1ера д1адеша дешнаш.

Кхоллараллин болх.

-Массара язде зорбанан доккха а , жима а элп Аьаь . Дилла цунна дог1у сурт.

7. Сада1аран миноташ.

Аьрзу

Аьрзу , майра олхазар ,

Дагна там беш ду хьан г1ар .

Лаьмнаш , ареш толлуш лела ,

Цунна хаац х1ун ду кхерар .

Аьрзу , аьрзу , ахь тхоь дийца ,

Ц 1 ехьа боьду некъ схьабийца .

Д 1 а ца долхахь х 1 инца ц 1 а ,

Тиладелла бераш 1 а .

Г1орг 1 а аз шен декош , аьрзу

Дег 1 шен нисдеш тхоьга йоьрзу :

- Сих ма ло , ц 1 а кхочур ду ,

Х 1 ун дан деза дуьйцур ду :

Баккха хьалха аьтту ког ,

Юха баккха аьрру ког .

Ловза даккха кийрара дог .

Юха - аьтту , т 1 аккха - аьрру .

Баккха , баккха шуьйра ког .

Аш и нийса кхочушдахь ,

Хир ду шу а шайн - шайн ц 1 ахь .

( Бераша , аьрзун т 1 емийн хьесапехь куьйгаш д 1 аса а оьхуьйтуш , байташ т 1 ехь дуьйцург до .)

8. Барта къамел кхиор.

Дийцар х1оттор.

-Мила ю суьрта т1ехь? Ц1е тилла цунна. (Хьава ю)

-Х1ун ю Хьаван ? (Хьаван маьнга бу).

-Хьаван маьнга хьан д1атабо? (Хьавас шеен маьнга ша д1атабо).

-Муха ю Хьаван чоь? (Хьаван чоь ц1ена ю).

-И хьан д1алистина? (Хьавас ша д1адуьсту чоь) .

-Муха йо1 ю Хьава? Аша дой иштта г1уллакхаш?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Суна 1еми дийцар х1отто.

9. Дийцар дешар.

Массара цхьана ешар.

Шайн дагахь ешар.

З1енаца ешар.

-Хьенан бу маьнга? Д1адеша жоп.

-Изамуха 1алашбо Хьавас? Д1адеша жоп.

-Х1ун дан хаьа Хьавана? Д1адеша жоп.

-Хьан д1атабо цуьнан мотт? д1адеша жоп.

-Х1ун ю аша ешнашрш? (Предложенеш).

-Текст ю ала мегар дуй царех?( Ду).

-Х1унда ? (Еригге предложенеш маь1ница йозаелла ю).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша царна? (Хьава).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Тхуна 1еми предложенеш еша.

Кицанийн маь1наш таллар.

-Д1адеша хьалхара кица. Муха кхета шу цунах? (Накъостий болчунна дика , вон деъча г1о хуьлу. Даьхни долчунна г1о ца хуьлу).

-Д1адеша шолг1а кица? Муха кхета шу цунах?( Аьхке адамо шена 1аьнна кечам бан беза. Ялта а, оьшу х1ума а гулъеш. 1ай яа х1ума ца хилча илаха еза-ида веза).

10. Жам1 дар.

-Муьлха аз девзира шуна? (Аз (Аь) )

-Аз (Аь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа)

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Аь) ? (Аьаь элпаца)

11. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

1алашо :мукъа аз (Аь), элп Аьаь кхин д1а а довзийтар. Элп Аьаь дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни : берашна кхин д1а а девзар ду мукъа деха , доца а аз (Аь) , мукъа элп Аьаь . 1емар ду элп Аьаь дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь деша.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета. Берашна 1емар ду шайна оьшург вовшашка а , хьехархочуьнга а ала.

Познавательни: берашна хуур ду мукъа элпаш шалха хилар. Берашна 1емар ду элп Аьаь юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Берийн алсамдер бу тидаме хилар , ойлаяр. Керланиг довза а , ала а лаам хир бу.

3. Личностни : берийн безам 1аламе безам кхоллалур бу. 1алам довза , цуьнан доладан лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

1 .Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Бераш , аса уьн т1е яздина дешнаш .Церан цхьацца долу дешдакъош дайна. Хьанна хуур дара уьш нисдан?

-Муьлха дешнаш ду уьш?

-Муьлха дош ду совнаха? (Даьхни).

-Х1унда ду и дош совнаха? (Вукху дешнашна юьххьехь ду элп Аь, ДАЬХНИ дашна юккъехь ду и элп).

3 . 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла абатан 94-г1а аг1о. Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План х1отта е шайн белхан.

-Вайна тахана кхин д1а девзар ду мукъа аз а , элп а Аьаь . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь , юккъехь, чаккъенгахь деша. Вай 1амор ду дийцар деша , суьртан г1оьнца жима дийцар х1отто.

4. Дешнаш дешар.

Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш

Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ДАЬХНИ ? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ДАЬХ).

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду Г1ЕБАРТО дешан? (Кхоъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Г1е).

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.

-Маса дешдакъа ду ДАЬТТА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ДАЬТ).

-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ЛАЬА дешан? (Шиъ).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Суна 1еми дешнаш деша.

Абатан 94-г1а аг1он т1ера д1адеша дешнаш.

(Хьехархочо д1адоькъу дешдакъош т1ехь долуш карточкаш. Тедуьллу берашна царех дешнаш х1иттор, оьшу сурт диллар).

АЬШ, ЗУ, КАЛ, АЬР, БА, КХА , Г1А, ДО.

5. Сада1аран миноташ.

6. Барта къамел кхиор.

Суьртан г1оьнца дийцар х1оттор.

-Х1ара х1ун ю ? (Аьрзу).

-Стенгахь деха аьрзу? (Аьрзу деха лаьмнашкахь).

-И муха олхазар ду? (Иза хаза олхазар ду).

- Стенна т1аьхьадаьлла олхазар ? (Олхазар пхьагална т1аьхьадаьлла).

-Цо х1ун до пхьагалах? (Цо пхьагал юу)

-Кхин х1ун юу аьрзуно?

-Шуна гиний аьрзу? Дийца цунах лаций.

-Х1ун кхиамаш бехи аша ?

Аса дийцар х1отти.

Массара цхьана ешар.

Шайн дагахь ешар.

З1енаца ешар.

-Х1ун ю дийцаран ц1е? (Аьрзу).

-Стенах лаьцна хир ду иза? (Аьрзух).

-Д1аеша хьалхара предложении. Х1ун боху цу т1ехь?

-Х1ун гира к1антана цигахь? Д1адеша жоп.

-Муха олхазар ду аьрзу? Д1адеша жоп.

-Х1ун до аьрзуно? Д1адеша жоп.

-Х1ун гайтира вашас? Д1адеша жоп.

-Иза стенгахь бара? Д1адеша жоп.

-Цунна герга ваха атта дуй? Д1адеша жоп.

-Мегар дуй олхазарийн баннашна т1екхийда? Х1унда?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Тхуна 1еми предложенеш еша.

-Чакхъяккха сан ойла:

Аз (Аь) ца лакхало , цундела из аду ….(мукъа).

Аз (Аь) билгалдо элпаца …(Аьаь).

Элп Аьаь яздеш пайдаэцна шина хьаьрках , цундела из аду ….(шалха ).

1алашо: мукъа аз(И) довзийтар , элп Ии довзийтар. Аьзхнех , элпех лаьцна болу хаамаш шорбар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъа аз (И) , хуур ду аз (И) билгалдар Ии элпаца. Берашна девзар ду зорбанан докха а , жима а элп а. Берашна хуур ду аз (И) схемехь билгалдаккха (дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).

Регулятивни: берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Берийн аьтту хир бу учебника аг1она т1ехь гайтинчу таронца шайн болх д1анисбан. Хьалха –т1аьхьа 1амон дериг ган , шайн планаца и билгалдаккха. Берашна 1емар ду цу планан рог1аллица шайн дешаран болх д1анисбан

Познавательни: берашна хуур ду мукъа аз (И) шина тайпана алар долуш хилар , шен маь1не хьаьжжина (деха а , доца а) Берашна 1емар ду х1етал-металшна жоьпаш лаха. Берийн тидаме хилар, ойлаяр алсамдер ду. Керла дешнаш довзарца берийн алсамъер б дешнаш довзар. Берашан хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар.

Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.

3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу нохчийн мотт бовза, нохчийн матах дозалла дан а 1емар ду царна. Нанна г1о дан лаам хир бу.

-Де дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1етал-метал хаийла хьуна?

Пхьар вац, амма морзахца-м ю. (Искогберг)

Ма1аш ю, амма сту бац, ялх ког бу, амма бергаш яц? (Искогберг)

х1ордан кема? (Иту)

-Х1ун ю х1етал –металш т1ехь ялийнарш? (Искогберг, иту)

-Алал ИИСКОГБЕРГ. Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (И) хеза)

-Алал ИИТУ муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (И) хеза)

-Х1ун ду цу шина дешан цхьатера? (Царна юьххьехь хеза аз (И))

-Х1ун 1амор ду ва йтахана? (берийн жоьпаш)

-Вайна тахана девзар ду аз (И) , элп Ии.

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 35 -г1а аг1о.

-Х1ара х1ун ю? (Керла элп ду)

-Х1ун дийр ду вай цунна? (Вайна девзар ду керла элп)

-Х1орш х1ун ю? (Дешнийн схеманаш)

-Царна х1ун дийр ду вай? (Вай 1амор ду дешнийн схеманашца болх бан)

-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)

-Цунна х1ун дийр ду вай? (Вай 1амор ду суьртах лаьйна дийцар х1отто)

-Х1ораммо шех лаьцна ала , муьлха кхиамаш бохар бу аша тахана урокехь?

Суна девзар ду керла ….
Суна 1емар ду….

-Нийса боху. Вайна тахана девзар ду керла аз (И), элп Ии. Хуур ду аз (И) мукъа я мукъза хилар. Вай 1амор ду суьртах лаьцна къамел дан, схеманашца болх бан. Шуна хуур ду мукъа аз шина тайпана алар долуш хилар. Шуна девзар ду тайп- тайпана маь1наш долу дешнаш.

4. Мукъа аз (И) довзийтар. Мукъа элп Ии довзийтар.

Суьрташца болх бар.

-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)

-Х1ара х1ун ю?(Иту ю)

-Х1ара ИТУ дешан схема ю. Маса мукъа аз ду ИТУ дашехь? (Шиъ ду)

-Маса дешдакъа ду ИТУ дашехь? (Шиъ дешдакъа ду )

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Хьалхара дешдакъа И- ду)

-Муьлханиг ду шолг1а дешдакъа? (Шолг1а дешдакъа -ТУ ду)

-ИИТУ дешан юьххьехь муьлха аз хеза? (Аз (И) хеза)

- Аз (И) Мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду)

-Х1унда ? (Иза лакхало)

-Х1ара х1ун ю?(Къиг ю)

-Х1ара КЪИГ дешан схема ю. Маса мукъа аз ду КЪИГ дашехь? (Цхьаъ ду)

-Маса дешдакъа ду КЪИГ дашехь? (Цхьаъ дешдакъа ду )

-КЪИИГ дешан юккъехь муьлха аз хеза? (Аз (И) хеза)

-Х1ара х1ун ю?(Лами бу)

-Х1ара ЛАМИ дешан схема ю. Маса мукъа аз ду ЛАМИ дашехь? (Шиъ ду)

-Маса дешдакъа ду ЛАМИ дашехь? (Шиъ дешдакъа ду )

-Мича меттехь хеза аз (И) ? (Дешан чаккхенгахь)

Элп Ии довзийтар.

-Муьлха аз девзира вайна? (Аз (И))

-Х1ун ю аз? (Вайна хезаш , вай олуш дерг аз ду).

-Ткъа х1ора аз билгалдо элпаца. Элп ган йиш юй вайн? (Ю)

-Х1ара зорбанан доккха элп И ду, х1ара зорбанан жима элп и ду.

-Стенах тера ду элп У?(Берийн жоьпаш)

-Схьаэца шайн палочкаш . Х1оттаде эл И цаьрца. (Бераша х1оттадо)

-Х1ун кхиамаш бехира аша ?

Суна керла аз а , элп а Ии девзира.

Суна хиира аз (И) мукъа хилар.

5. Сада1аран миноташ.

- Искогберг, искогберг, (т1едоьлху, цуьнан когашка хьуьйсу)

Юй хьан когахь цхьа а берг?

Муьлхха х1ума хадор ю. (гойту куьйгашца)

Мекхаш сеттош йолало и,

Даржош хьаьъна сирла хи.

Бераш цунна т1е ма г1ерта

Цулла яла е и берта

Гайта тхуна иссе берг!(т1едоьлху,хьуьйсу, дехарш до)

Цунах, доьху, ларло шу.

5. И элпах лаьцна байт 1амор.

Ирсас бедарш йиттира,

Иту хьаькхна якъийра.

Ислам вешаш вацара.

-Стенах лаьцна ю и байт? (Ирсах, Исламах лаьцна ю)

-Муьлха элп ду гуттар а гезаш? (Элп И ду)

6. Дозуш долу къамел кхиор.

-Х1ара мила ю ? (Ирса ю)

-Ирса с х1ун до? (Ирсас нанна г1о до)

-Цо х1ун до? (Цо бедаршна иту хьокху)

-Муха йо1 ю Ирса? (Ирса дика йо1 ю)

-Аша дой нанна г1о? Х1ун до аша?

Аса дийцар х1отти.

1амийнарг т1еч1аг1дар. Дешнаш таллар

-Х1ара х1ун ю? (Зингат ду)

-Маса мукъа аз ду ЗИНГАТ дашехь? (Шиъ ду)

-Маса дешдакъа хир ду ЗИНГАТ дашехь? (Шиъ)

-Х1унда? (Зингат дашехь шиъ мукъа аз ду , цундела ду шиъ дешдакъа)

(Иштта толлу дешнаш: диъ. Шиша, салаз, сирнак)

-Муьлха элп а , аз а девзи шуна?

-Элп (И) мукъа ду я мукъаза ду?

-Дагаяйита вайн план.

-Х1ун кхиамаш бехи аша ? Х1ун керланиг 1еми шуна.

1алашо: мукъа аз(И) довзийтар , элп Ии довзийтар. Аьзхнех , элпех лаьцна болу хаамаш шорбар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъа аз (И) , хуур ду аз (И) билгалдар Ии элпаца. Берашна девзар ду зорбанан докха а , жима а элп а. Берашна хуур ду аз (И) схемехь билгалдаккха (дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).

Регулятивни: берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Берийн аьтту хир бу учебника аг1она т1ехь гайтинчу таронца шайн болх д1анисбан. Хьалха –т1аьхьа 1амон дериг ган , шайн планаца и билгалдаккха. Берашна 1емар ду цу планан рог1аллица шайн дешаран болх д1анисбан

Познавательни: берашна хуур ду мукъа аз (И) шина тайпана алар долуш хилар , шен маь1не хьаьжжина (деха а , доца а) Берашна 1емар ду х1етал-металшна жоьпаш лаха. Берийн тидаме хилар, ойлаяр алсамдер ду. Керла дешнаш довзарца берийн алсамъер б дешнаш довзар. Берашан хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар.

Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.

3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу нохчийн мотт бовза, нохчийн матах дозалла дан а 1емар ду царна. 1аламе безам кхоллалур бу, цуьнан доладан лаам хир бу.

-Де дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

Стенах тера ду элп?

Д1ахьажал хьо цу ринже

И элпе: Шина уьнна т1ехула

Пурх т1етоьхна кхоалг1а.

-Муьлха элп ду байт т1ехь дуьйцуш дерг? (Элп И)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (И элпах лаьцна дуьйцур ду вай тахана)

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 36-г1а аг1о. Х1ун дийр ду вай тахана урокехь?

Вай схеманашца болх бийр бу.

Вай дийцар х1оттор ду.

-Х1ун дийр ду аша х1орамма.

4. Дешнийн схеманашца болх бар.

-Х1ун дийр ду вай тахана? (Вай 1амор ду дешнийн схеманашца болх бан)

-Х1ара х1ун ю? (Тукар ду)

-ТУКАР дашехь масса дешдакъа ду? (Шиъ дешдакъа ду)

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Ту- )

-Маса мукъа аз ду ТУКАР дешан схеми т1ехь? (Шиъ)

-Х1ара х1ун ю ? (Гомаш)

-Маса дешдакъа ду ГОМАШ дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Го- )

-Маса мукъа аз ду ГОМАШ дашехь? (Шиъ ду)

(Иштта толу дешнаш: диг, уьстаг1)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Суна 1еми дешнаш т1ехь болх бан.


5. Сада1аран миноташ.

- Искогберг, искогберг, (т1едоьлху, цуьнан когашка хьуьйсу)

Юй хьан когахь цхьа а берг?

Муьлхха х1ума хадор ю. (гойту куьйгашца)

Мекхаш сеттош йолало и,

Даржош хьаьъна сирла хи.

Бераш цунна т1е ма г1ерта

Цулла яла е и берта

Гайта тхуна иссе берг!(т1едоьлху,хьуьйсу, дехарш до)

Цунах, доьху, ларло шу.

6. Дозуш долу къамел кхиор.

-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш? (бераш ду)

-Стенга дахана бераш? (Бераш экскурсе дахана)

-Царна х1ун карийра ? (Царна шовдв карийра)

-Муха дара шовда? (Шовда ц1ена дара)

-Бераша х1ун мелира? (Бераша шовда мелира)

-Х1ун кхиамаш бехи аша ?

Аса дийцар х1отти.

-Муьлха элп а , аз а девзи шуна?

-Элп (И) мукъа ду я мукъаза ду?

-Дагаяйита вайн план.

-Х1ун кхиамаш бехи аша ? Х1ун керланиг 1еми шуна.

Предпросмотр онлайн:

Посмотрите также:

Методические материалы для учителей средних школ, 2016—2020
Все права на материалы принадлежат их авторам. Материалы были собраны из открытых источников сети Интернет
Для связи с администратором используйте почту [email protected]

Читайте также: