Конспект мамакаев мохьмад амаевич

Обновлено: 06.07.2024

Г1ирс: Яздархочун сурт.

1.Ц1ера болх таллар.

-Вайна вевзар ву нохчин литературан бухбиллархо.Вешан довзар д1адолор дув ай нохчицн г1араваьллачу яздархочунна т1ера М.Мамакаев.

4.Керла стихотворени йовзийтар.

Хьехархочо д1айоьшу стихотворении

Чулацамах къамел дар.

-Муха гайтина поэта хьуьнан дахар?(Хьун гайтина шеен олхазаршца,шовданашца)

-Муьлха олхазарш далийна поэта стихотворенехь?Хьуна муьлха олхазарш девза?

-шу даханий хьуьнах?муха дара цигахь?

6.Бераша д1айоьшу стихотворении.

-Муьлха стихотворении йийшира вай? Хаза ярий иза? Муьлха мог1анаш бара шуна гуттар а хозбелларш?

Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна хIаллакбина къоман тоьлла яздархой Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсудди, Актемиров Мусита, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад. Чубоьхкина, ГУЛАГан лагершкахь яккхий хенаш яьхна Арсанов СаьIид-Бейс, Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев Iаьрбис, кхечаран а. Оцу инзаре халчу хьелашкахь адамаллица ца догIу Iазап шаьш токхуш, доьналлех, къонахаллех ца боьхначу нохчийн яздархойх вара Мамакаев Мохьмад.

Мохьмад зоьртала дегI долуш, воьттина вича санна, онда вара, буьрсо юьхь-сибат а долуш, дуькъачу цIоцкъамашна кIелхьарчу бIаьргийн хьажар леррина а, ойлане а хеталора. Вистхилар а, лелар а дурс аьлла дара. Цунна тIехьаьжча, эр дацара иза маситта шарахь тутмакхан Iазап лайна ву.

Ламанан вайн Iаьсца боккха наж лаьтта,
Къийсамехь ца бужуш, хийла чов лайна.
Наж Iин чохь чагIбелла, орам а хецна,
Шен чевнаш дIайоьрзуш – моьнашца бегана.

Некхана гар доккхуш нажна чов хилла,
Къийсамехь цIий дайна, цIаро Iаржбина.
Делахь а, ца къарлуш, нажо заз хецна:
Раздаьлла сийна гIа бIаьстенца леста.

Наж къизчу къийсамехь чахчабеш кхиъна,
Ирча сахьт тIедоьжча, собарца бисна,
Наж лаьтта бердаца чIагIбелла буьрса,
Даймехкан некха тIехь шурех а буьзна.

Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-МартантIахь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь . Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. “Со вина де”, “Ненаца дина къамел” поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.

Школера дешна ваьлча цхьана муьрехь комсомолехь болх бина Мамакаев Мохьмада. 1926-чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете (Коммунистический университет трудящихся Востока) деша вахийтина. Университетехь ша доьшуш волуш а нохчийн литература, культура кхиаран гIайгIа беш хилл Мамакаев Мохьмад. Нохчийн яздархошца Исаева М., Эдльдарханов I. цхьаьна цо дакъалаьцна нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журнал арахецар вовшахтухуш. “Латта” цIе йолчу оцу журналан хьалхара номер араяьлла 1927 шарахь.

Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бина пачхьалкхан органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а. 1930 шарахь Хьалха-Мартанан ВКП(б)-н Окружной комитетан секретарь хаьржина иза. Областной прокуроран болх а бина цо, “Грозненский рабочий” газетан редакторан заместитель а, тIаккха Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтан директор а Iийна иза кхечахаь балхахь хиларца цхьаьна..

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 шеран 17 августехь.

Мамакаев Мохьмадана хIетахь шен ерриг стихаш дагахь хууш хилла, накъосташна хьалха еша лууш а, йьшуш а хилла цо уьш. Цуьнан стихотворенийн хьалхара книга зорбатоьхна 1930 шарахь. "ДоттагIалла" цIе а йолуш, поэта дуьххьара язйинчу стихийн сборник яра иза. Оццу шарахь "Серло" издательствехь араяьлла Мамакаев Мохьмадан "Коминтерн" цIе йолу очерк а. Поэтан исбаьхьаллин корматалла кхуьуш яра, эвсараллица болх бо цо литературехь. Кхин цхьа шо даьлча, поэтан стихотворенийн шолгIа сборник а араяьлла. "ЧIегIардиг" цIе йолчу оцу сборник тIехь авторан шен, кхечарах къаьсташ долу исбаьхьаллин хатI хилар гойтуш йолу стихотворенеш яра. Яздан волалучу хенахь Мохьмада шен цхьайолу произведенеш псевдонимца – М. Тур – арахоьцура.

Цул тIаьхьа поэта язйина шен биографица йогIуш йолу “Со вина де”, "Ненаца дина къамел" цIерш йолу поэмаш. Царна тIехь шен бераллех, дешаран шерех лаьцна а дийцина цо. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.

Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин похIма кхоччуш кхиъна 50-60 шерашкахь. МаьIнин кIоргалла, исбаьхьаллин аьхналла шайца йолу дуккха а произведенеш язйо Мамакаев Мохьмада поэзехь а, прозехь а. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ткъех сов книга араяьлла цуьнан оцу 15-16 шарахь. Царах ю поэтически сборникаш "Сан некъан кехат" (1958), "Хаьржинарш" (1962), "Со вуха вогIур ву" (1963), "ТIулгаша а дуьйцу" (1966), "Утро над Аргуном" (1958), "Разговор с матерью"(1959), "Дуб над Ассой" (1961), "И камни говорят" (1968), прозин книгаш "Ша метахбаьлла" (1957), "Даймехкан некъаш" (1960), романаш "Революцин мурд" (1962), "Зеламха" (1968).

Философски, граждански лирика ю Мамакаев Мохьмадан поэзехь коьртаниг. Цуьнан лирически турпалхо доьналлин стаг ву, ондда дека цуьнан аз, шуьйра ойлайо цо заманах, адамийн дахарх, даймахках лаьцна. Йист йоцуш дукха беза цунна шен Даймохк, цуьнан хьалха дIадаханчу а, таханлерчу дийнан а, хиндолчун а ойлайо цо.

Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь
Йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан тIулган белшахь
Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг.

Чевнаш дIайирзина, хIиттина моьнаш,
Уьш ду-кх хаткъ кIорга яздина йоза.
Ас йоьшу цуьнца хьан къайлаха чевнаш,
Эх-бехк а, къийсам а ­– бIешерийн ойла.

Со Сибарех вина вац,
Дай Памирехь баьхна бац,
Делахь а, сан дагна езаш,
Ший а уьш гергара хета.

Енисейн тулгIийн гIовгIанаш,
Ламанца хеза и аьзнаш,
Сайн мехкан садеIар санна,
Ший а уьш сан дагна деза.

Даьржинчу сайн Соьлжа боьрахь,
Амуран лекхачу тулгIешкахь
Цхьабосса дог паргIат лаьтта,
Суна суо Даймахкахь хета.

ТIулг санна, макхъелла и нана –
Шен кIентан коша тIехь лаьтта.
ХIан-хIа, яц! Йоьлхуш яц и нана
Катоьхна и борзах хьаьрчи
ТIаккха шен кхолламна кIел сецна,
И гIаьтти дог цIарца догуш,
Ягийнчу хIусамехь бIаьрг кхетта –
ГIулч яьккхи цо, хьалха йолуш.
ЦIе яккха, доттагIа, нуьцкъалчу:
Безамо гулйина чIир ю,
Я ненан сийлахьа безам бу?

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз
Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу…
Кхоссалаш, кхоссалаш цу барзиэ бIал!
И хьан барз наьIалтца хьиэкъабеш бу.

Иштта нуьцкъала сурт хIоттадо Мамакаев Мохьмада махкана ямарт хиллачуьнга болу халкъан цабезам гойтуш.

Мамакаев Мохьмад исбаьхьаллин даше лехамен вара. Шен произведенеш тIехь леррина болх бора цо, кхиболчу яздархоша а шайн произведенеш кхоччуш къа а хоьгуш арахоьцийла а лаьар цунна. Цкъа, кхузткъалгIа шераш дуьйлалучу муьрехь цхьана нохчийн яздархочо шен ледара произведени зорбанехь арахецча, Iаламат чIогIа ца тайнера Мохьмадана. Автор мел цIе йолуш велахь а, магийта ца деза нохчийн литературин исбаьхьаллин барам лахбеш долу гIуллакхаш, арахеца а ца еза эгIаза произведенеш, бохучу маьIнехь дара Мохьмада хIетахь оьгIазаллица дина къамел. Нохчийн литература хаддаза кхуьуш хилар дара цо гIайгIабеш дерг.

Мамакаев Мохьмад шен произведенешкахь даим а халкъаца, махкаца ву. Уггар лакхара дарж ларара цо шен къоман поэт хилар. Вонехь а, диканехь а нахаца цхьаьна хилар дара цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьаьна деттало цуьнан лирически турпалхочун дог. Даймахкал хьоме цхьа хIума а ца хилла Мохьмадана. "Зама" цIе йолчу шен стихотворени тIехь поэта даггара боху: «Даймехкан сийлахьчу декхарна Дуьненахь массо а деха вай". И ойла Мамакаев Мохьмадан ерриг а кхоллараллех чекхйолуш ю.

Иштта хилла Мамакаев Мохьмад.

Мамакаев Мохьмада шен тоьллачу произведенешца исбаьхьаллин хазна йиллина нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа.

Арсанукаев Iабдулла

МАМАКАЕВ МОХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

День моего рождения. Пер. на кабард. Хабала Беров // Ошхамахо. 1959. № 5. С. 103-104.
Не родился я в Сибири… Пер. на балк. К. Отаров // Шуйохлук. 1960. Кн. 8. С. 5.
Смерть Асланбека. Пер. на осет. // Мах дуг. 1960. № 3. С. 37.
Дети-каменщики. Картина Коста. Пер. на осет. Б. Муртазов // Растдзинад. 1960. 26 окт.
История кнута. Рассказ. Пер. на осет. Н. Мамиева // Растдзинад. 1960. 26 окт.
Подвижка. Очерки и рассказы. Вступит. статья, К. Абухова. Пер. на кумык. Б. Мантикова // Махачкала. 1962.
Рассказ о нагайке. Пер. на кабард. М. Нартоков // Ошхамахо. 1962. № 1. С. 47-51.

IИЛМАНАН БЕЛХАШ, СТАТЬЯШ, КЪАМЕЛАШ

Вайн къоман музыка а, композитор Мипурнов а. Статья // Кхиам. 1934. № 1.
Поэтан некъ. Статья // ДоттагIалла. 1959. № 2.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Технологически карта.

1.Хьехархочун ц1е:

3.Предмет: Нохчийн литература.

4.Урокан ц1е: Мамакаев М.А кхолларалла.

5.Урокан тайпа: Хаарш шордаран.

6.Урокан г1ирс: Книга, тетрадь, ручка, слайдаш.

7.УМК: Арсанукаев 1.М., Эжаев У.Х.

Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш).1алашонаш.

Кхеторан: Романехь Зеламхан васт билгалдаккхар. Дахарехь х1ун 1алашо йолуш стаг ву Зеламха къастор.

Кхиоран: Романан дерриге а дийцар собаречу мукъамехь яздина хиларх кхетор.

Кхетош – кхиоран: Нохчийн литературе болу безам кхиор.

Урокан некъ.

Хьехархочун дош.

1.Кхин цкъа а боцца хаамаш бо Мамакаев Мохьмадан дахарх лаьцна.

2. Романаца доьзна долу хаттарш ло.

МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973)

Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна хIаллакбина къоман тоьлла яздархой Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсудди, Актемиров Мусита, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад. Чубоьхкина, ГУЛАГан лагершкахь яккхий хенаш яьхна Арсанов СаьIид-Бейс, Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев Iаьрбис, кхечаран а. Оцу инзаре халчу хьелашкахь адамаллица ца догIу Iазап шаьш токхуш, доьналлех, къонахаллех ца боьхначу нохчийн яздархойх вара Мамакаев Мохьмад.

Мохьмад зоьртала дегI долуш, воьттина вича санна, онда вара, буьрсо юьхь-сибат а долуш, дуькъачу цIоцкъамашна кIелхьарчу бIаьргийн хьажар леррина а, ойлане а хеталора. Вистхилар а, лелар а дурс аьлла дара. Цунна тIехьаьжча, эр дацара иза маситта шарахь тутмакхан Iазап лайна ву.

Ламанан вайн Iаьсца боккха наж лаьтта,
Къийсамехь ца бужуш, хийла чов лайна.
Наж Iин чохь чагIбелла, орам а хецна,
Шен чевнаш дIайоьрзуш – моьнашца бегана.

Некхана гар доккхуш нажна чов хилла,
Къийсамехь цIий дайна, цIаро Iаржбина.
Делахь а, ца къарлуш, нажо заз хецна:
Раздаьлла сийна гIа бIаьстенца леста.

Наж къизчу къийсамехь чахчабеш кхиъна,
Ирча сахьт тIедоьжча, собарца бисна,
Наж лаьтта бердаца чIагIбелла буьрса,
Даймехкан некха тIехь шурех а буьзна.

Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-МартантIахь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь . Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. “Со вина де”, “Ненаца дина къамел” поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.

Школера дешна ваьлча цхьана муьрехь комсомолехь болх бина Мамакаев Мохьмада. 1926-чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете (Коммунистический университет трудящихся Востока) деша вахийтина. Университетехь ша доьшуш волуш а нохчийн литература, культура кхиаран гIайгIа беш хилл Мамакаев Мохьмад. Нохчийн яздархошца Исаева М., Эдльдарханов I. цхьаьна цо дакъалаьцна нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журнал арахецар вовшахтухуш. “Латта” цIе йолчу оцу журналан хьалхара номер араяьлла 1927 шарахь.

Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бина пачхьалкхан органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а. 1930 шарахь Хьалха-Мартанан ВКП(б)-н Окружной комитетан секретарь хаьржина иза. Областной прокуроран болх а бина цо, “Грозненский рабочий” газетан редакторан заместитель а, тIаккха Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтан директор а Iийна иза кхечахаь балхахь хиларца цхьаьна..

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 шеран 17 августехь.

Мамакаев Мохьмадана хIетахь шен ерриг стихаш дагахь хууш хилла, накъосташна хьалха еша лууш а, йьшуш а хилла цо уьш. Цуьнан стихотворенийн хьалхара книга зорбатоьхна 1930 шарахь. "ДоттагIалла" цIе а йолуш, поэта дуьххьара язйинчу стихийн сборник яра иза. Оццу шарахь "Серло" издательствехь араяьлла Мамакаев Мохьмадан "Коминтерн" цIе йолу очерк а. Поэтан исбаьхьаллин корматалла кхуьуш яра, эвсараллица болх бо цо литературехь. Кхин цхьа шо даьлча, поэтан стихотворенийн шолгIа сборник а араяьлла. "ЧIегIардиг" цIе йолчу оцу сборник тIехь авторан шен, кхечарах къаьсташ долу исбаьхьаллин хатI хилар гойтуш йолу стихотворенеш яра. Яздан волалучу хенахь Мохьмада шен цхьайолу произведенеш псевдонимца – М. Тур – арахоьцура.

Цул тIаьхьа поэта язйина шен биографица йогIуш йолу “Со вина де”, "Ненаца дина къамел" цIерш йолу поэмаш. Царна тIехь шен бераллех, дешаран шерех лаьцна а дийцина цо. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.

Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин похIма кхоччуш кхиъна 50-60 шерашкахь. МаьIнин кIоргалла, исбаьхьаллин аьхналла шайца йолу дуккха а произведенеш язйо Мамакаев Мохьмада поэзехь а, прозехь а. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ткъех сов книга араяьлла цуьнан оцу 15-16 шарахь. Царах ю поэтически сборникаш "Сан некъан кехат" (1958), "Хаьржинарш" (1962), "Со вуха вогIур ву" (1963), "ТIулгаша а дуьйцу" (1966), "Утро над Аргуном" (1958), "Разговор с матерью"(1959), "Дуб над Ассой" (1961), "И камни говорят" (1968), прозин книгаш "Ша метахбаьлла" (1957), "Даймехкан некъаш" (1960), романаш "Революцин мурд" (1962), "Зеламха" (1968).

Философски, граждански лирика ю Мамакаев Мохьмадан поэзехь коьртаниг. Цуьнан лирически турпалхо доьналлин стаг ву, ондда дека цуьнан аз, шуьйра ойлайо цо заманах, адамийн дахарх, даймахках лаьцна. Йист йоцуш дукха беза цунна шен Даймохк, цуьнан хьалха дIадаханчу а, таханлерчу дийнан а, хиндолчун а ойлайо цо.

Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь
Йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан тIулган белшахь
Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг.

Чевнаш дIайирзина, хIиттина моьнаш,
Уьш ду-кх хаткъ кIорга яздина йоза.
Ас йоьшу цуьнца хьан къайлаха чевнаш,
Эх-бехк а, къийсам а – бIешерийн ойла.

Со Сибарех вина вац,
Дай Памирехь баьхна бац,
Делахь а, сан дагна езаш,
Ший а уьш гергара хета.

Енисейн тулгIийн гIовгIанаш,
Ламанца хеза и аьзнаш,
Сайн мехкан садеIар санна,
Ший а уьш сан дагна деза.

Даьржинчу сайн Соьлжа боьрахь,
Амуран лекхачу тулгIешкахь
Цхьабосса дог паргIат лаьтта,
Суна суо Даймахкахь хета.

ТIулг санна, макхъелла и нана –
Шен кIентан коша тIехь лаьтта.
ХIан-хIа, яц! Йоьлхуш яц и нана
Катоьхна и борзах хьаьрчи
ТIаккха шен кхолламна кIел сецна,
И гIаьтти дог цIарца догуш,
Ягийнчу хIусамехь бIаьрг кхетта –
ГIулч яьккхи цо, хьалха йолуш.
ЦIе яккха, доттагIа, нуьцкъалчу:
Безамо гулйина чIир ю,
Я ненан сийлахьа безам бу?

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз
Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу…
Кхоссалаш, кхоссалаш цу барзиэ бIал!
И хьан барз наьIалтца хьиэкъабеш бу.

Иштта нуьцкъала сурт хIоттадо Мамакаев Мохьмада махкана ямарт хиллачуьнга болу халкъан цабезам гойтуш.

Мамакаев Мохьмад исбаьхьаллин даше лехамен вара . Шен произведенеш тIехь леррина болх бора цо, кхиболчу яздархоша а шайн произведенеш кхоччуш къа а хоьгуш арахоьцийла а лаьар цунна. Цкъа, кхузткъалгIа шераш дуьйлалучу муьрехь цхьана нохчийн яздархочо шен ледара произведени зорбанехь арахецча, Iаламат чIогIа ца тайнера Мохьмадана. Автор мел цIе йолуш велахь а, магийта ца деза нохчийн литературин исбаьхьаллин барам лахбеш долу гIуллакхаш, арахеца а ца еза эгIаза произведенеш, бохучу маьIнехь дара Мохьмада хIетахь оьгIазаллица дина къамел. Нохчийн литература хаддаза кхуьуш хилар дара цо гIайгIабеш дерг.

Мамакаев Мохьмад шен произведенешкахь даим а халкъаца, махкаца ву. Уггар лакхара дарж ларара цо шен къоман поэт хилар. Вонехь а, диканехь а нахаца цхьаьна хилар дара цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьаьна деттало цуьнан лирически турпалхочун дог. Даймахкал хьоме цхьа хIума а ца хилла Мохьмадана. "Зама" цIе йолчу шен стихотворени тIехь поэта даггара боху: «Даймехкан сийлахьчу декхарна Дуьненахь массо а деха вай". И ойла Мамакаев Мохьмадан ерриг а кхоллараллех чекхйолуш ю.

Литературехь цкъа а, цхьаннан а ца нисло халкъан д1аяханчу историга юха ца хьожуш, нийсса д1а хьалхахьа эхар.

Зеламха роман т1ехь дуьйцу г1ара ваьллачу , шен дахаран мур нехачух тера ца хиллачу обаргах лаьцна.Романо гойту дерриг халкъан истории хийцаяла кечлучу муьрехь шена т1ехь латтош йолу политически а, социальни а г1ело кхин тоха са доцуш совъяллча, оцу г1елонна дуьхьало еш халкъана юкъара хьалхарчу рожехь уггар г1ийланаш г1овттар.

Паччахьан 1едало халкъана т1а1зар дора, ткъа обаргаша паччахьн 1едална иза доькхура.

Исторически хиллачу оцу г1уллакхийн коьртехь лаьттина халкъ ду романан коьрта турпалхо.

Мамакаев Мохьмадан романан бух хилла д1ах1оьттира исторически бккъдерш.

Дерриге а доладелира Харачуьрчу Хушуллин хаза йо1 Зезаг бахьана долуш.

Ткъа бехке ярий техьа Зезаг а,хан кхаьчна самабаьлла къона безам эцна, шен довхачу даго лоьхучунна и т1еерзарх? Ша езарг веза цунна лаарх? Х1ан – х1а довхачу даго лоьхучунна и т1еерзарх?

Иштта д1айолало Мамакаев Мохьмадан роман. Зеламхин васт кхуллуш яздархо бакъдолчунна т1ег1ерта.

1-2 дешархочуьнга чулацам схьабуьйцуьту.

1. Дерриге а стенна т1ехула доладелла дара?

2. Бехке ярий Зезаг цу г1уллакхна?

3. Дахарехь х1ун 1алашо йолуш стаг ву Зеламха?

4. Х1ун бахьанаш дара иза обарган новкъаваьккхинарш?

5. Дийца цунах лаций.

4. Урокан жам1 дар.

Слайд

МАКАЕВ IАМИН МОХЬМАД (I9I0 – I973)

Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со…

-Нохчийн литературехь йоккха меттиг дIалоцу гIараваьллачу йаздархочо Мамакаев Мохьмада.

-Иза вина ТIехьа-Марта цIе йолчу йуьртахь, ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо кхаьчначу хенахь дуьйна да-нана доцуш висина иза. Йаздархочун бераллин шераш дIадоьлху Асланбековски берийн цIийнахь а, Соьлжа – ГIалахь а.

-I926-чу шарахь дуьйна исбаьххьаллин литература кхиорехь къахьоьгуш схьавеана иза. Цунна дика хаьара шен халкъан иллеш, дийцарш, туьйранаш, гIиллакхаш. Ткъе итт сов книга йазйина цо.

в кадре — Мамакаев Мохьмад халкъан илланча вара. Цо мел йаздийриг шен халкъан бакъо чIагIйеш, цуьнан оьздангалла, къонахалла, комаьршалла гойтуш дара. Йаздархочо уггар а лакхара дарж лорура ша къоман поэт хилар. Уггар доккха ирс лору цо адам шен Даймахкаца хилар, цунна гIуллакх дар.

Слайд

Баппа – моллин куй (одуванчик)

ГIап – тIеман чIагIонна йина гIишло (крепость)

Олалла — власть

в кадре — Мамакаев Мохьмада шен дийцар тIехь йуьйцург мацахлера шира зама ю. Адам ламанца хала деха хан йу иза. Къеначу хьехархочо шен некъахочунна довзуьйту и дийцар.

слайд: -Дийцаран коьрта турпалхо ширачу МIайстара хьалдолу стаг Узарха ву. Иза оьзда а, хьекъал долуш а, нийсо йезаш а хиларна, нахана дукхавезаш хилла. Ханна жима велахь а, цуьнан лааме ладоьгIна бен, сацам тIеоьцуш ца хилла баккхийчара.

-Зуда йало хан кхаьчча, уггар хаза, куц долу дикачу ден Пхьежин йоI Зулай йалийна, шина кIирнаха той латтийна, дIадерзийна махко ловзар.

-ЧIогIа хьалдолуш, ницкъболуш хилира Узарха. Амма дукха хан йалале шех болу тешам байъира цо. Ша-шех дозалла деш, вевзар воцуш, хийцавеллера иза. Хьалдерг бен чу а ца кхойкхуш, гIийла-мискачуьнгара салам схьа а ца оьцуш, сонтавелира иза. Нехан цунах чам белира.

в кадре -Шега хаалуш болу мIайстхойн цабезам лан хала дара хьоло вукъвинчу Узархина. Цундела и маьрша нах шен оллали кIел берзо сацам бо цо.

-Цхьана дийнахь Бартхуьлучу лам тIе нах схьа а гулбой, лакхарчу кхелан сацам дIабовзуьйту къеначу Пхьежас:

Слайд

-МIайстхой, ладогIал соьга,-аьлла волавелла и. Шуна массарна ма-хаъара, бажа цхьа Iу воцуш магац. Iу воцу бажа, баьржий буьсий, берзалоший, къуйший хIаллакбо. Ткъа адам маггане мегар дац цхьа Iу ца хилча, Iу воцу халкъ, вовшийн дууш, вовшашца ца тарлуш, хIаллакьхуьлу. Цундела лакхарчу тхьамдийн кхелехь сацам а бина, вайн хьоме, хьекъале Узарха мIайстхойн эла харжар магийна оха. Реза дуй шу, нах, цу сацамна?-хаьттира Пхьежас.

Коша чуьрачул башха, цхьа а вист ца хуьлуш, Iадда сецна адам.

Йуха хаттар дина Пхьежас. Цхьа а дегI дист ца хилла тIаккха а. ТIаккха Узарха ша ваьлла нахана хьалха.

-Тхан сийлахь Пхьежа,-йамарта къежаш, къамел долийна цо,-нагахь кху нахах цхьаъ ахьа бохучунна реза вацахьара, и ша гучувер вара. Гой хьуна, кху наха хIумма а ца боху, ткъа хIорш бистцахилар, вайн дайша ма-аллара, резаболу маьIна ду хьуна.

в кадре: -Адам реза дац цара бинчу сацамна, делахь а хIинца а дуьхьалдала кийча дац иза. Церан дуьхьало бистцахиларал тIех ца йолу.

-ХIетахь дуьйна шена хетарг деш, сутара, къиза куьйгаш кхийдош мIайстхойн долахь мел дерг шена схьа а дерзийна, эла хилла охьахиъна Узарха.

-Оццул дукха даьхни шен доллушехь, и кIезиг хеташ, сутаралло бIарзвинчу Узархас цхьана къечу стагера тIаьххьара вир а дIадаьккхина хиллера. Собар кхачийна адам эххар а гIаьттина.

-Дан амал доцуш, къизачу элана дуьхьал гIаьттина адам йаздархочо дистинчу хица дусту.

Слайд

ГIовгIанца иккхина эвла, дистина хи санна, айъалуш гIаьттина.

-Тоьур ду вай диттина са! Кхин дан амал дац. ГIовтта! Говтта! – аьлла, цхьа къона Элса хьалхаваьлла, боху нахана.

-Дукха догIанаш а ихна, дистина хи кхераме ду, цо шена дуьхьал мел кхетта хIума, такхайой, йадайой, дIахьо. Иштта гуллуш, вовшахкхетта адам ницкъболуш ду, и дистина догIу хи санна, шена новкъарло йеш дерг хIаллакдина дIадаккха.

-Ламанца даьлла дарц а ду иштта кхераме, къиза. Оцу дорцан хьесапехь гIаьттинчу халкъо вохийна дIаваьккхина шайн Эла хила гIоьртина Узарха.

-ХIетахь дуьйна Эла а ца хилла йа хила цхьа а ца гIоьртина МIайстахь.

-ХIинца тIедахкарш кхочушдийр ду вай:

Слайд

-I.Узарха Эла харжа бинчу сацамна халкъ резацахилар муха довзуьйту вайна йаздархочо?

2.Къизачу Элана дуьхьал гIаьттина адам стенца дусту йаздархочо?

Слайд (хила мега жоп)

в кадре — Кхин цхьа а маьIна а ду хIокху дийцаран. Хьал долчу нехан къен – мискачарна, уьш цхьацца а бохуш, ницкъ бан аьтто хилахь а, дерриг халкъ (церан барт белахь) дохо а, кхачо а ницкъ бац.

-Цхьа баппа зезаг дохийча, цуьнан хIу махо дIаса а хьой, цхьанна метта маситта зезаг кхуьу. Иштта тIаьххьара дерриг а халкъ гIотту.

— Хьоме дешархой , шайна дика динчу нахана шегара дика гайта деза аьлла, хетий шуна? Ткъа и ца дича хуьлуш дерг а вайна кху дийцаро гайти.

— Теша лаьа, шу дегнашкахь ишттачу нахе цабезам кхоллабелла хиларх.

— Вовшашца а, гонахарчу Iаламца а къинхетаме хилар тIедиллина вайна, Дала.

— Дала Шен къинхетам бойла вайх!

-Iодика йойла шун, марша Iойла!

2-гIа дакъа

Хаарш-зер (тренажер)

Нийсаниг харжа:

I. Мамакаев Мохьмадан дахаран шераш:

2. Мичахь дIадахна йаздархочун бераллин шераш:

3.«ЦIаьхьанчу орцано сихонца айвина,

Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,

Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со.

ХIокху могIанийн автор ву:

  1. Саидов Билал;
  2. Мамакаев Мохьмад;
  3. Сулейманов Ахьмад;
  4. Мамакаев Iарби.

4. Маса книга йазъйина Мамакаев Мохьмада :

2) ткъе иттанал сов;

I) хIума а йиъна, вуьзна стаг Iовдал хуьлу бохург;

2) мацвелла бохург;

3) хьолана вукъвелла стаг нахаца болчу безамах, гIиллакхах вуху бохург ;

Мамакаев Магомет Амаевич ( 16 декабря 1910 ( 19101216 ) - 1973) — поэт, прозаик, публицист, литературный критик - один из тех, кто стоял у истоков современной чеченской литературы.Родился М. Мамакаев 16 декабря 1910 года, в чеченском селе Ачхой-Мартан в семье крестьянина.

Содержание

Биография

В 1926 году Чеченское оргбюро ВКП(б) направляет М. Мамакаева на учебу в Москву в Коммунистический университет народов Востока.

За время с 1930 по 1937 год Мамакаев избирался членом пленума и бюро обкома ВКП(б), депутатом Верховного Совета ЧИАССР.

Творчество

Строящаяся бурными темпами новая жизнь обязывала национальных писателей одновременно быть учителями и авторами школьных учебников, редакторами, возглавлять группы по ликвидации неграмотности среди населения.

В повествовании о личной жизни поэта, составляющем основную часть поэмы, заключен большой обобщающий смысл. Лирическое и эпическое воспроизведение действительности в поэме тесно переплетается.

В лучших произведениях Магомета Мамакаева есть глубина проникновения в жизнь, страстность изложения. Писатель - человек нелегкой судьбы и богатейшего опыта. Образы и поступки героев его рассказов характеризуют нравственные идеалы автора.

Ведущее место в творчестве М. Мамакаева в 50-е годы занимает тема освоения Севера. Произведения этого периода рисуют людей, живущих в труднейших условиях. И в то же время в них полностью отсутствуют нотки пессимизма, обреченности. Герои произведений Мамакаева - волевые люди, знающие жизнь, закаленные ею. Их устремления благородны. Их психология раскрывается в конкретных жизненных ситуациях.

Герои повести, как и вообще почти все действующие лица произведений Мамакаева, немногословны. Они, как и сама природа Севера, иногда кажутся угрюмыми, мрачноватыми. Но это не мешает проникнуться глубокой симпатией к этим людям, которые запоминаются прежде всего чистотой чувства, прямотой, мужеством.

В 1968 году писатель издал новый роман. Он посвящен народному герою - абреку Зелимхану из Харачоя.

Читайте также: