Доклад сулейманов ахмад сулейманович

Обновлено: 04.05.2024

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран 1 майхь Хьалха-Марта районан Олхазар-к1отарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара ц1а дирзинчул т1аьхьа цуо чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул т1аьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-Мартант1ера а, Олхазар-к1отара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-Г1алг1айн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо.

Сулейманов Ахьмад Дала вуно доккха пох1ма делла стаг вара. Поэт а, хьехархо а хилла ца 1аш, историк, этнограф, барта кхоллараллин а, меттан а говзанча, гочдархо, суртдиллархо, пондарча, илланча вара иза. Амма уггаре хьалха поэт вара. Поэзи – цуьнан дахар дара.

Хьаьнцца – воккхачуьнца а, жимачуьнца а бийца мотт карабора Ахьмадна. Мел дукха цуо дийцарх к1орда ца дора цуьнга ладег1а. Цкъа делахь, Ахьмадна 1аламат дукха вайн исторех, нохчийн хьалха хиллачу дахарх хаза х1умнаш хаьара, шолг1а делахь – иза, ша санна верг кхин хир воцуш, говза дийцархо а вара. Цуьнца цхьаьна нисвелларг , 1ада а вой, ладоьг1начохь вуьсура. Къаьсттина самукъадолура цуьнан берашца. Цуо 1амош долу бераш шайн нийсархойх къаьсташ хуьлура хазачу г1иллакхца, ц1ена буьйцучу нохчийн маттаца, к1орггера шайн Даймохк безарца.

Х1ора Ахьмадан произведени, халкъан а хуьлий, яьржара Нохчийчохь. Эрна дац цуьнан стихотворениш т1ехь вуно дукха эшарш яхар а, уьш х1оранна дагахь хууш хилар а.

Сулейманов Ахьмадан кхоллараллехь коьртаниг – Даймехкан, шен Даймахкана тешаме волчу Къонахчун тема ю. Иза деклараци яц. Авторан Даймахке болу безам – к1ентан шен дега, нене болу бакъ безам бу. Иза парг1ат бу ша кхайкхош мохь беттарх, тайп-тайпанчу моттарг1анех а, кепех а.

Яйра суна тулг1еш етташ х1ордо:

Карзахбуьйлуш бердах летайо.

Цкъа а бац и цуьнца къийса к1ордош,

Х1етте а, берд даим лаьтташ го.

Муьлххачу къоман а ду хьаша-да т1еэцар деза лоруш. Амма кавказхойн, массарна хууш ма хиллара, хьешал деза х1ума дац. Къаьсттина нохчийн, г1алг1айн. Шеко йоццуш, еккъа цхьа и стихотворени бен ца язйинехь а, нохчийн литературехь шен ц1е а йолуш ваха вуьсур вара Ахьмад. Цу йоцучу стихотворениновуно мехала хаамаш бо 1илманчашна нохчийн 1ер-дахарах а, этнографех а.

Ма-дарра, цхьа а хаздар доцуш, дуьцу автора хьаша-да т1еэцарх. Амма и ма-дарра дийцар цхьа а хаздар оьшуш дац. Ма-дарра хиларца хаза ду иза:

«Х1ей нах! – олий, ас мохь туху,

Серлаболу корехь чиркх. –

Вевзаш вацарх ломахь наха

«Беркат шорта хуьлда хьоьца!

Олуш ондда луьйта лоций,

Х1усамдас со воссаво.

Кхин д1а, вайна массарна а бераллехь дуьйна хийлаза ладег1на а, хьоме а долу, х1ора нохчийн зудчуьн-ненан аьхна дешнаш хеза:

«Дела ва хьо могаш-маьрша!

Ма г1елвелла хир ву хьо!

Кху тхан тишчу х1усмех вашахь,

Стихотворени чекхйолуш поэто жам1 до:

Божлахь сан дин парг1атбаьлла,

Х1инца парг1ат вер ву со.

Кхача кечбеш марсаяьлла,

Пешахь кхерсташ хир ю ц1е…

Цу кхерчарчу ц1арочул а

Хьаша вохвеш, йовхо луш,

Ю вайнехан комаьршалла!

Ду вайнехан оьзда дош!

Хаьттира ахь соьга шуьнехь 1аш вай.

«Дерриг а дуьне ду къонахчуьн меха!

Къонаха вехийца Даймехкан сийнна,

Даймехкан сий лардеш вала а ле!

Ле иза кхин ваха ца лууш санна,

Ленвоцчу сийлалле кховдаеш ц1е!

Даймахкера безам гайта,

Доттаг1ий, аш таро ло!

Цуьнан дуьхьа муха веха,

Муха ле ас гойтур ду.

Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла,

Д1аала деззачохь цкъа дош ца аьлла!

К1еззигчу х1умант1ехь цкъа осал ваьлла!

Цхьалха цкъа малхана дуьхьал ца ваьлла!

Сил езаш йолчуьнга сонта дош аьлла!

Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла!

Да-нана, Даймохк – х1ун хир ду царел деза-доккха стагна? Цу сийлахьчу кхетамна ямарт хиллачунна кхел кхайкхош ду Сулеймановн х1ара дешнаш:

Даймохк вайна цхьаъ бен ма ца белла,

Да-нана а х1ора стеган цхьацца ду.

Даймахкана, дена ямарт хиллехь,

Х1ай декъазниг, хьуна латта хьарам ду.

Орцан дукъах дато ма1аш

Туьйсуш, батто сагатдо.

Ц1еста к1удал нохчийн йо1а

Шовдан к1ел сецайо.

Хета баттах схьа1ийдалуш,

К1удал юзу шовдано.

Нур-з1аьнаршца безам муьйлу,

Йо1ах хьерчаш цу батто.

Бертаза хьо дагчохь

Хийрачу хьоь хьежа

Ницкъ а бац сан

Маржа-я1, велар-кх со

Т1улг хилла лаьтташ

Шуьйрачу цу новкъахь

Хьо наггахь ган!

Вовшийн хила доьг1на доцуш,

Дуьне дисар сох хилахь,

Хьо езнариг дагалоцуш,

Цкъа сан коше ялалахь.

Безам буьйцуш байташ язъеш,

Чурт кхала ма г1ерталахь.

Цхьа акха т1улг бог1алахь.

Букар дарцо стигал кхолош,

Буьрса чимаш хьийзадо,

Наггахь ц1евза барзах тарлуш,

Наггахь берах белхам бо.

Наггахь тишчу тхов т1е долий,

Карзахе ча кегадо.

Некъах тилларг санна, дог1ий,

Тхан ц1ийнан кор туху цуо.

Да велла диса хьо, кийрара дилха дог…

Хьайна там ва хилча, йиший бер ва хуьлий,

ма коча качло хьо,

Хьайна там ца хилча, меца борз ва хуьлий,

ма дера дарло хьо!

Сан нанас биллинчу к1едачу ва меттахь,

Хьешана диначу цу дуьхьал оти чохь

Наб кхета ца вуьтуш, мел хала хьийзаво ахь,

кийрара дилха дог…

Диканна хуьлда-кх хьан карзахдалар,

Сан ойла д1аехьна, сан синтем бохийна

обарган дакъа соьга кхийдош

Ма хьийза во ахь со, кийрара дилха дог!

Ша ала дог1у Сулейманов Ахьмада вайн мехкан паспорт – Нохч-Г1алг1айчоьнан топоними – х1отторах. Вай ц1ерадаьхначу юкъанна нохчийн, г1алг1айн массо а яртийн, ламанийн, хийн, шовданийн ц1ераш а хийцина, кхин – харц ц1ерш техкинера Нохч-Г1алгайчохь а ( цу хенахь – Грозненски областехь), Дег1астанара а, Къилбаседа Х1ирийчуьра а нохчий, г1алг1ай 1ийначу меттигашкахь. Кху махкахь нохчий баьхна ала цхьа а билгало ца йитнера Делан мостаг1аша – Сталинан, Берийн хьадалчаша, ур-атталла беллачарна доьг1на чарташ а т1ехь бухдохуш. Доь доцуш вай дайа 1алашо йолуш дина х1ума дара иза. Шайн махка юхадерза бакъо еллехь а, шаьш хийцина ц1ераш юхаметта х1итто дагахь бацара вай ц1ера даьхнарш. И харц ц1ераш йисаре сатуьйсура цара.

Халахеташ делахь а, вайна юкъахь а, къаьсттина кегийрхошна, шайн ворх1е а дайша яьхна йолу ц1ераш а йицйина, вай цадезачара техкина ц1ераш яхан буьйлабеллера цхьацца болу нах. Цу хенахь хилларг-мх1унда дуьйцура, х1инца а кест-кеста хеза вайна 1алхан-Юртах - Айвазов (Айвазовская), Таьнга-чух – Липовка, 1алхан-Г1алах – Ермоловка, иштта д1а кхин а олуш. Цул иехье а, осал а х1ун хир ду?

И шадерриг гуш а, 1еткъаш а волавелира Ахьмад топонимин т1ехь болх бан. Нохчийчоь-м йийца а ца оьшура, иза ца кхочуш цхьа а, жима а, йоккха а юрт ца йисира луларчу Г1алг1айчохь а, Дег1астанара а, Гуьржийчуьра а, Къилбаседа Х1ирийчуьра нохчий, г1алг1ай бехачу меттигашкахь а. Къилбера – къилбаседане, малхбалера – малхбузе кхаччалц мосуьйттаза чекхваьлла ша топоними х1оттош Нохчийчухула олура Ахьмадас. Цуьнан ког кхачаза цхьа а юьрт, к1отар, б1ов, г1ала, каш, зиярт, лам, раг1, арц, дукъ, 1ам, 1ин, хи, шовда, ирзо, тог1е, хоте ца йисна вайн махкахь. Х1ора меттиган ц1е боккхачу безамца йоккхура Ахьмада, царех х1ораннах шех лаьцна дийца инзаре хаза х1ума а хуьлура цуьнан. Цу меттигашца доьзна долу иттаннаш шира дийцарш, легендаш, аларш цигахь бехаш болчу нахера д1аяьздинера Ахьмадас. Цу хенахь цуо и болх бина ца хиллехь, тахана и хатта а, хаьттича дийца а стаг воцуш дисна хир дара вай.

П1елг санна ша цхьана стага бина мехалчу балхо Нохчийн мохк юха а шен бакъ болчу дайн дола берзийра. Аьлча а, вайн мостаг1аша хийцина вайн мехкан бакъ болу бух юхаметтах1оттийра. Х1инцачул т1аьхьа вайн цадезачийн кхин цкъа а аьтто хир бац нохчийн къомо эзарнаш шерашкахь шайн лаьтта т1ехь йитина хьанала лар доь доцуш яйъа. Дела реза хуьлда Ахьмадна и боккха болх цуо барна!

Воккхаве со хьуна хуъчу

Кхечу кьаьмнийн меттанех,

Хьайниг бицбеш, 1амо дезна

Уьш хьуна ца моьттинехь.

Читайте также: