План урока рог1аллин терахьдешнаш 6 класс

Обновлено: 04.07.2024

Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Оценить 1846 0

1алашо: терахьдешнех лаьцна юкъара кхетам балар. Терахь дешан маь1на довзийтар (х1уманийн масалла я рог1алла билгалъяр).

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду терахьдешнаш , 1емар ду къамелехь а , йозанехь а царех пайдаэца.

2. Метапредметни:

Регулятивни: Шайн болх кхиамаш дика хир болчу кепара д1ах1отто а 1емар ду берашна. Шайн кхиамийн бахьанаш довза , царех пайдаэца 1емар ду. Кхачамбацарш ган , царех пайдаэца 1емар ду.

Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доца жоьпаш дала, хуур ду вовшех дагабовла. Берашна хуур ду шаьш дика кхеттарг накъосташна хьеха, ца кхеттарг хата.

Познавательни: берашна 1емар ду шайна оьшу г1ирс лаха , цунах пайдаэца. Бераш т1екхуьур бу терахьдешнаш шина тайпана хилар: масаллин а , рог1аллин а.Берашна хуур ду цхьанна т1ера пхеанна т1екхаччалц долчу терахьдешнна т1ехьа ъ язъяр, исс ,итттерахьдешнийн чаккхенгахь шала мукъазнаш яздар. Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар,х1ума довза а , лаха а лаам.

3. Личностни: берашна луур ду , говзалла а йолуш , шайн говзаллехь бакхий а буьйш корматтала а йолуш дешархой хила.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар. Де дика хилла хьа Танзила. Ма хаза бу и малх. И малх вайна боьлуш бу. Вайшина санна дериге дуьненна а боьлуш бу и.Вовши елаълой и малх санна . Урок д1айолае вайшим.

Вайшинна уроке деана ду хьекъале олхазар .(РОЛИК ) (Бух1а ю иза.) Слайд (2)

2. Ц1ера болх таллар.

Шардар №218, аг1о 110.

(Бераша д1адоьшу шаьш яздина билгалдешнаш, дуьйцу лааме е , лаамаза а билгалдешнийн башхаллех лаьцна).

-Х1унда яздина ц1ен, к1айн бохучу дешнийн чаккхенгахь –н? (Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешнийн чаккхенгахь яздо –н).

Д1аяханчу урокехь муьлхачу къамелан декъах лаьцна дийцира вай?Цара х1уманан х1ун гойту? Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор

Таханлера урок вайшин шатайпанара хир ю. Хьокх урокехь вайшим т1еч1аг1дийр ду вайшин хаарш, ишта девзар ду керла хаарш. Хьара урок шатапнара хьунда хир ю аьлча, ахь айхьа лохур ду тахан хаарш ишта эр ю таханлера вайн урокан ц1е.

Д1аяздел терахь классера болх (Слайд 3.)

Муьлха къамелан дакъош девза хьуна? Декъа дешнаш

Урок, хаза, ловзу, можа, кхоъ, дешархо, дика, бераш, ведира, шолг1а.

Муьлха дешнаш дисси (кхоъ, шолг1а.)

Х1етал метал хаила х1уна.

Маса мел ю аса дуьйцу

Эшахь гойту рог1алла.

Хьем ца беш, ахь ала дош,

Вай дуьйцург ду (Терахьдош.) (Слайд 5).

-Д1аеша урокан ц1е. (Терахьдош. Юкъара кхетам). (Слайд 6)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

-Х1ун кхиамаш бохур бу ахь?

-Танзила, вайна тахана девзар ду терахьдешнаш. Хуур ду стенна оьшу терахьдешнаш , цара х1ун гойту

4. Керла тема хьехар.

Терахьдешнийн тидам бар.

- Танзила , хьуна девзий цхьа а дагардар? (жоп).

Суна а девза цхьа хаза дагардар. Ладог1ал, оцу т1ехь дуьйцуш дерг .

(слайд 7)

Цхьаъ - шиъ - нана-п1елг,

Кхоъ - диъ - хьажо-п1елг,

Пхиъ - ялх - юккъерниг,

Bopxl- 6apxl - маза-п1елг,

Исс - итт -ц1азаниг,

By хьо х1инца т1аьххьарниг.

-Маса п1елг багарбира цу т1ехь? (Итт).

-Муьлхачу дешнаша г1о дира хьуна и хаа? (Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ, ялх, ворх1, барх1 исс, итт.). (слайд 8)

-Цара х1ун гойту? (П1елгаш масса бу гойту).

-Д1аязде и дешнаш.Хаттарш ло царна.

-Ладог1а кхечу дагардаре. (Слайд 9)

Тухур ю вай чот:

К1ира долош ду оршот,

Шолг1а де ду шинара,

Кхоалг1аниг- кхаара,

Доьалг1аниг -еара,

Пхьоьалг1а ду п1ераска,

Ткъа ялхалг1а - шот,

Ворх1алг1аниг ду к1ира.

Тхоьца хьо ца вог1у,

Гила гонна юккъера д1ахила!

Маса де ду к1иранчохь? (Ворх1).

-Муьлхачу дешнаша гойту оцу денойн рог1алла? (Хьалхара, шолг1а , кхоалаг1а, доьалг1а, пхоьалг1а, йолхалг1а , ворх1алг1а).(Слайд 9).

-Д1аязде и дешнаш. Хаттарш х1иттаде царна .

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

Бакъо таллар.

-Стенах олу терахьдош? Даладе масалаш. (Слайд 11).

Тухур ю вай чот: аьллачу дагардар т1ехь муьлха денош билгалдевли вайшинна

Дошаман болх: (Слайд 12).

К1иран денош -Дни недели

Оршот - Понедельник

Шинара - Вторник

Кхаара - Среда

Еара - Четверг

П1ераска - Пятница

Шот - Суббота

К1иранде - Воскресенье

Терахьдешнийн тидамбар ,билгалдахар.

Шардар № 220, аг1о 112.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлханиг ду терахьдош? (Маса шо? Итт).

Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 221 , аг1о 112.

5. Сада1аран минот.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

Терахьдешнийн нийсаяздар таллар.

Шардар № 223, аг1о 113.

-Д1адеша терахьдешнаш. Муьлхачу терахьдешнийн чаккхенгахь яздо ъ? Д1адеша уьш.

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

Урокан 1алашо: рог1аллин терахьдешнийн маь1на ,хаттар, кхолладаларан некъаш довзийтар; рог1аллин терахьдешнаш лааме а,лаамаза а хилар хаийтар; лааме масаллин терахьдешнийн кепаш,уьш кхоллаяларан некъаш довзийтар.

Кхочушдан лерина жам1аш: масаллин терахьдешнех лаьцна хаарех пайдаэцар; рог1аллин терахьдешнаш ,церан башхаллаш,хаттар довзар; церан кхолладаларан некъаш, лаамечеран кепаш таллар;лааме а,лаамаза а терахьдешнаш лега, церан дожар къасто хаар; нохчийн меттан башхаллаш йийца хаар; х1ума талла,анализ ян корматалла хилар.

Урок д1аяхьар.

I .Орг.момент.

II .Хаарийн актуализаци.

Ц1ера болх таллар.

Шардарш № 79,82, аг1онаш 52-53.

Терахьдешнийн кхолладаларан тидам бар.

-Д1адеша терахьдешнаш. Шина тобане доькъуш,д1аязде уьш.

Цхьаъ,цхьолг1а, кхоъ, кхоалг1а, диъ,доьалг1а, пхиъ, пхоьалг1а, итт,уьтталг1а, исс, уьссалг1а, берх1итта,берх1итталг1а.

-Муьлха терахьдешнаш язди аша хьалхарчу б1ог1амалг1е?Муьлхачу билгалонашца язди аша уьш?(Масаллин терахьдешнаш ду уьш).

-Муьлха терахьдешнаш язди аша хьалхарчу б1ог1амалг1е?Муьлхачу билгалонашца язди аша уьш?(Масаллин терахьдешнаш дац уьш).

-Хаттарш ло царна?

-Оцу терахьдешнех рог1аллин терахьдешнаш олу.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?(Рог1аллин терахьдешнех).

-Муьлханиг хир ю урокан коьрта 1алашо?(Рог1аллин терахьдешнаш довзар).

III .Керла тема хьехар.

Рог1аллин терахьдешнийн кхолладаларан тидам бар.

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалге шаьш яздина рог1аллин терахьдешнаш.Х1оттамца талла уьш.

Цхьо+лг1а+ , кхо+алг1а+ ,доь+алг1а+ , пхоь+алг1а+ , уьтта+лг1а+ , берх1итта+лг1а+ .

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?(Масаллин терахьдешнашна т1е суффиксаш – лг1а-,-алг1а -кхетарца).

-Тидамбе ,муьлхачу терахьдешнашна кхетта суффикс – лг1а- ? Муьлхачаьрна - - алг1а- ?(Ораман чаккхенгахь мукъа аз делахь – лг1а яздо-, мукъаза аз делахь – алг1а- ).

-Оцу терахьдешнашца дешнийн цхьанакхератш кхолла. ( Цхьолг1а январь, кхолаг1а парта, доьалг1а де, пхоьалг1а маше, уьтталг1а йо1, берх1итталг1а дешархо ).

-Муьлха терахьдешнаш ду уьш: лааме я лаамаза?Х1унда?(Лаамаза ду,уьш ц1ердешнашца цхьан долу дела).

-Т1е суффикс - ниг- тухуш, керла дешнаш кхолла царех.

Цхьо+лг1а+ниг+ , кхо+алг1а+ниг+ , доь+алг1а+ниг+ , пхоь+алг1а+ниг+ , уьтта+лг1а+ниг+ , б1ерх1итта+лг1а+ниг+ .

-Х1оттамца талла уьш.Стенан тидам би аша?(Церан шишша суффикс ю).

-Х1унда?(Цкъа хьалха , рог1аллин терахь дешнаш кхоллалуш суффиксаш – лг1а-, -алг1а- , шозлаг1а, царех лааме рог1аллин терахьдешнаш хуьлуш шолг1а суффикс кхетта – ниг- ).

-Д1аеша 53-г1а аг1он т1ера бакъо. Кхин х1ун керланиг хии шуна рог1аллин терахьдешнех лаьцна?(Лааме терахьдешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьан а кепашкахь лела).

Шардар № 83, аг1онаш 53-54.

-Д1аеша хьалхара предложени. Караде терахьдешнаш?(Хьалхарчу).

-Муьлха терахьдош ду иза?(Рог1аллин).

-Х1унда?(Цо беттанийн рог1алла гойту, масалг1а? хаттарна жоп ло).

(Иштта толлу еригге предложенеш).

IV .1амийнарг т1еч1аг1дар.

Тобанашкахь болх бар.

Шардар № 84, аг1о 54.

Барх1-барх1алг1а сурт, барх1алг1аниг;

итт-уьтталг1а ручка, уьтталг1аниг;

кхойтта-кхойтталг1а ц1а,кхойтталг1аниг;

ткъе пхиъ-ткъе пхоьалг1а дешархо; ткъе пхоьалг1аниг;

ши б1е вуьрх1итталг1а адам; ши б1е вуьрх1итталг1аниг;

шиъ-шолг1а лами,шолг1аниг;

ши эзар цхьайтта-ши эзар цхьайтталг1а шо, ши эзар цхьайтталг1аниг;

доьзткъе ялхитта-доьзткъе ялхитталг1а олхазар; доьзткъе ялхитталг1аниг;

пхи б1е шовзткъе пхийтта-пхи б1е шовзткъе пхийтталг1а дитт; пхи б1е шовзткъе пхийтталг1аниг;

ворх1-ворх1алг1а салаз-ворх1алг1аниг;

ворх1 эзар шийтта-ворх1 эзар шийтталг1а книга; ворх1 эзар шийтталг1аниг;

кхо б1е шовзткъе шиъ- кхо б1е шовзткъе шолг1а юрт, кхо б1е шовзткъе шолг1аниг.

-Муьлханаш ду царех х1оттаман терахьдешнаш?Х1ун эр дара аша церан хийцадаларан?(Х1оттаман терахьдешнаш хийцалуш , церан т1аьххьара дакъа бен ца хийцало).

Шардар №87, аг1о 55.

(Дешархоша шаьш кхочушдо шардар).

Рог1аллин терахьдешнийн дожаршца легадалар.

-Д1адеша терахьдешнаш: шолг1а керт, кхоалг1а стаг.

-Муьлха терахьдешнаш ду уьш?(Рог1аллин лаамаза терахьдешнаш ду).

-Рог1аллин лааме терахьдешнаш кхолла царех.(Шолг1аниг, кхоалг1аниг).

-Дожаршца хийца цхьацца масаллин лааме а,лаамаза а терахьдешнаш.

Ц1. шолг1а керт,шолг1аниг

Дл. шолг1ачу кертан, шолг1ачун

Л. шолг1ачу кертана, шолг1ачунна

Др. шолг1ачу керто, шолг1ачо

К. шолг1ачу кертаца, шолг1ачуьнца

Х. шолг1ачу кертах, шолг1ачух

М. шолг1ачу керте, шолг1ачуьнга

Дс. шолг1ачу кертал, шолг1ачул

-Муха хийцало лаамаза рог1аллин терахьдешнаш?(Лаамаза рог1аллин терахьдешнийн моссо лач дожаршкахь чаккхе – чу хуьлу).

-Муха хийцало лааме рог1аллин терахьдешнаш?(Лааме рог1аллин терахьдешнаш моссо а дожарехь шен-шен чаккхенаш хуьлу).

-Д1аязъе предложенеш, дожарш къастаде терахьдешнийн.

Дийцаран чулацамах кхета г1о дира Асхьабана шолг1ачу(др.д) хаттаро.

Шолг1ачо (др.д)дуьйцучуьнга лерина ладуьйг1ира Закрис, иза кхийтира,ша харц хиларх.

-Муха къастор ду лаамаза рог1аллин терахьдешан легар?(Цуьнца уьйр йолчу цердешнаш дожар къасто деза, шеца уьйр йолу ц1ердош долччу дожарехь хир ду терахьдош. Масала, кхета г1о дира стен ? хаттаро- дийриг дожарехь, цундела терахьдош а ду дийриг дожарехь).

-Муха къастор ду лааме рог1аллин терахьдешнан дожар?(Шеца уьйр йолчу дашна тера хаттар луш къастор ду. Масала, ладуьйг1ира хьан? дуьйцучуьнга? шолг1ачо -дийриг дожарехь).

1алашонаш : Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар а,т1еч1аг1дар а ; Терахьдешнаш нохчийн меттан хазна хиларна т1е тидам бахийтар ; Дешархойн терахдешнийн дошам алсамъяккхар.

Урокан тег1анаш: Хьехархочун дош Фронтальни хеттарш Хьесапдаран шардарш кхочушдар Физминот Кхоллараллин болх Тестировани Рефлекси Ц1ахь бан болх

Муьлххачу къоман меттан коьртачу декъех хуьлуш ду терахьдешнаш.Уьш мотт кхоллалучу муьрехь юкъадевлла ду. Т1еэцна дац уьш. Цундела оцу дешнийн к1айленаш к1орге ю,церан исбаьхьалла шуьйра ю,царех 1амо х1умнаш шортта ду.Хьесапдаран башха г1ирс хилла а ца 1аш,меттан хазна ю терахьдешнаш.

Фронтальни хеттарш: 1.Стенах олу терахьдош? 2.Х1ун гойту масаллин терахьдашо? 3.Х1ун гойту рог1аллин терахьдашо? 4.Шайн х1оттаме хьаьжжина маса декъе декъало терахьдешнаш? 5.Лааме а лаамаза а терахьдешнаш вовшех муха къаьста? 6.Х1ун билгало ю билгалза-масаллин терахьдешан? 7.Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш? Предложенехь муьлха меже хуьлий лела терахьдош?

Хьесап дан хаьий вайна? 47+15= 72:12= 18х10= 89-33= Кхузахь кхочушдерг а ларий,примераш йозанца д1аязъе

АЙХЬА ХЬАЙНА ТАЛЛАМ БЕ: Шовзткъе ворх1анна т1етуху пхийтта,кхочу кхузткъе шиъ Кхузткъе шийтта доькъу шийтанна,кхочу ялх Берх1итта оьцу уьттаза,кхочу б1е дезткъа Дезткъа дианна т1ера д1адоккху ткъе кхойтта,кхочу шозткъе ялхийтта

Кавказера Эльбрус-лам -5642 метар лекха бу. Саь1ид Бадуев вина 1903 шарахь. Гуьйре юлу 23 сентябрехь 14 сахьт 42 минот яьлча. Терахьдешнаш йозанца язде.

Айхьа хьайна таллам бе: Кавказера Эльбрус-лам –пхи эзар ялх б1е шовзткъе ши метар лекха бу. Саь1ид Бадуев вина цхьа эзар исс б1е кхоалг1ачу шарахь. Гуьйре юлу ткъе кхоалг1ачу сентябрехь дейтта сахьт шовзткъе ши минот яьлча.

Физминот 1.Шина б1аьргаца барх1 дилла х1аваэхь. 2.Цхьана аг1ор. 3.Х1инца вукху аг1ор. 4.Ялх дилла . 5.Исс дилла. Кхин д1а а д1ахьор вай урок.

. Шарахь 365 я 366 де хуьлу. Ткъа цхьа шо 12 баттах лаьтта. Х1ора баттахь 30 я 31 де хуьлу. Бакъду, февраль беттан 28 я 29 де хуьлу. Цхьана баттахь 4 к1ира хуьлу. Цхьана к1иранан 7 де ду. Цхьа де-буьйса 24 сохьтах лаьтта. … Терахьдешнаш схьаязде,билгалдаккха церан тайпа Харжаман диктант: Мамакаев Мохьмад вина 1910-чу шарахь. 1917-чу шарахь, дай, наний а делла, байлахь висна Мохьмад.1920-чу шарахь Асланбеков-юьртарчу берийн ц1ийне д1аийцира иза.

Цхьа эзар уьтталг1ачу шарахь, цхьа эзар вуьрх1итталг1ачу шарахь,цхьа эзар ткъолг1ачу шарахь. Кхо б1е кхузткъе пхиъ-кхо б1е кхузткъе ялх де,шийтта баттахь,ткъе итт-ткъе цхьайтта де,ткъе барх1-ткъе исс де,диъ к1ира,ворх1 де,ткъе диъ сохьтехь.

Х1окху масаллин терахьдешнех рог1аллинаш де: . Б1е,ткъа,кхоъ,пхиъ,диъ,исс,ялх,ши б1е ткъа,кхойтта,ялхийтта,шийтта, вуьрх1ийтта.

Айхьа хьайна таллам бе: Б1е Ткъа Кхоъ Пхиъ Диъ Исс Ялх Ши б1е ткъа Кхойтта Ялхийтта Шийтта Вуьрх1ийтта Б1олг1а Ткъолг1а Кхоалг1а Пхоьалг1а Доьалг1а Уьссалг1а Йолхалг1а Ши б1е ткъолг1а Кхойтталг1а Йолхуьйтталг1а Шуьйтталг1а Вуьрх1итталг1а

Х1ара хаа деза: Миля 1,6 км Пуд 16,3 кл 1 золотник 4,266 г Мехкадаьттан барель 159 л

Б1енча,цхьалла, б1онбаьчча. Муьлха къамелан дакъош ду х1ара дешнаш? Лексически болх: (тобанехь)

Дагадаийта,терахьдешнаш юкъадог1уш долу кицанаш,х1етал-металш.. Кхоллараллин болх: (тобанехь)

Тестировани I. Нийса жоп билгалдаккха.Стенах олу терахьдош?: терахьдешнаш гойту дош; х1уманан масалла а,рог1алла а гойтуш долу къамелан дакъа; мел?маса? х1ума хуьлу гойтуш долу дешнаш ?;

II. Кастаде,муьлха къамелан дакъа ду ялхарой боху дош : 1) Ялхарой бехачу махка кхечира вежарий. а) ц1ердош; б) терахьдош; в) хандош. I II . Къастаде,предложенехь муьлха меже ю терахьдош: 1) Кхо к1ант ву 1елин,ша санна кхо нохчо. а) подлежащи; б) сказуеми; в) кхачам; г) къастам.

IV . Терхьдешнаш билгалдаха: 1) кхоккха, 2) кхосаберг, 3) кхоъ, 4) трилоги. V. Ца дог1у дош д1адаккха: 1) шалха, 2) миллион, 3) шала.

VI .Нийса яздинарг билгалдаккха: Пхиппа, Кхо б1ей кхузткъей кхойтталг1аниг, итталг1а. VII .Караде г1алат: 1) виъ доттаг1а, 2) виъ йо1, 3) йиъ пхьагал .

Рефлекси Х1ун хии суна тахана урокехь? Стенах ца кхийти со? Суна урок хаза хийти……. Суна лаьара……… Суна ала лаьа…..

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урокан цIе: Терахьдешнийн тайпанаш. Масаллин терахьдешнаш.

Доккха дакъа д1алоцу терахьдешнаша вайн дахарехь.

Ц1ийнан бух боттале уггаре хьалха хьесап до муьлхачу барамехь дан деза и, хIунда аьлча, цуьнца доьзна ду цуьнан тхов нисбалар.

Хьалха заманахь, вайнахана йоза – дешар ца хуучу хенахь, хьесап дар иштта хилла:

Стагана ша вина шо, де я цхьа хилам хилла зама билгалъян хала дара. Амма йоза - дешар, терахьаш хааро вайн дахар хийцина.

Терахьдашо масалла я дагардаран рог1алла гойту. Шайн маь1не диллича, терахьдешнаш масаллин а, рог1аллин а хуьлу.

Оьрсийн маттахь масаллин – количественное, рог1аллин – порядковое числительное ду.

Х1уманийн масалла а гойтуш, маса? бохучу хаттарна жоп луш дерш масаллин терахьдешнаш ду:

Х1етал-метал хаийла шуна: цхьана куйна к1елахь волу виъ (маса?). ваша.

И дара нийсса пхийтта (маса?) шо хьалха.

Масаллин терахьдешнаш лааме а, лаамаза а хуьлу.
Масала:

Исс 1аж, кхойтта шо, ткъе пхиъ дешархо – лаамазанаш;

вурх1итта, эзар исс б1е шовзткъе шиъ – лааменаш.

Масаллин терахьдешнаш декъало х1окху тайпанашка:

Декъаран маь1на а долуш, мас – маса? бохучу хаттаршна жоп луш дерш декъаран терахьдешнаш ду:

2) Юьйцуш йолу х1уманаш ерриге юкъа а лоцуш, хуттургаца лелаш дерш гулдаран терахьдешнаш ду:

3) Дакъош а гойтуш, маса? мосалг1а? бохучу хаттарна жоп луш дерш дакъойн терахьдешнаш ду:

Кхоъ- доьалг1а, шиъ - уьтталг1а;

4) Эцаран терахьдешнаша мосазза? бохучу хаттарна жоп ло, -зза, -азза суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш:

5) Билгалза – масаллин терахьдешнаша масалла юьззина билгал ца йо:

кхо-диъ сом, кхойтт-бейтта стогар.

Пхеа тайпана терахьдешнаш юкъа а лоцуш, цхьацца предложени х1отто хьовсур ду вай шуьца:

1) Тхан классера дешархой шишша (мас-маса?) д1ах1иттира. - (декъаран);

2) Ворх1е а (маса?) доьзалхо веанера нана декъалъян. – (гулдаран);

3) Диъ-пхоьалг1аниг (мас-масалг1аниг?) шинна декъча, кхочур ду шиъ-пхоьалг1аниг (мас-масалг1аниг?);

4) Шозза шиъ диъ ду. (эцаран);

5) Кхо – виъ (мел?) стаг вара пхьоьханехь лаьтташ. - (билгалза– масаллин);

Диъ а, деаннах схьадевллачу масаллин терахьдешнийн классан гайтам хуьлу, и гайтам оцу терахьдашца долчу ц1ердашан классе хьаьжжина хийцало:

виъ стаг виъ к1ант

йиъ йо1 йиъ нана

диъ ц1а диъ кехат

биъ ког биъ мог1а

Шайца классан гайтам болчу масаллин терахьдешнех хиллачу рог1аллин терахьдешанийн классан гайтам ша ма - хиллара буьсу:

Масаллин Рог1аллин

виъ стаг - воьалг1а стаг

йиъ йо1 - йоьалг1а йо1

диъ ц1а - доьалг1а ц1а

биъ ког - боьалг1а ког

1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта т1едилларш кхочушдийр ду вай:

Дешнийн ч1аг1деллачу цхьаьнакхетаршкахь долу терахьдешнашна к1ел сиз хьокхуш, дийца, х1ун тайпа терахьдешнаш ду уьш.

Ворх1е ден т1ера схьа. Пхиъ х1оьттина. Пхи п1елг санна. Цхьа ког юха ца вала. Цхьа – ши дош ала. Шолг1а пхийттара вала. Шина даггахь.

Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.

Ворх1е (гулдаран) ду;

Пхиъ (масаллин) терахьдош ду;

Пхи (масаллин) ду;

Цхьа (масаллин) терахьдош;

Цхьа – ши (билгалза-масаллин);

Шолг1а (рог1аллин) терахьдош;

Шина (масаллин);

Х1инца х1окху предложенешкара масаллин терахьдешнаш, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца цхьаьна, билгалдаха хьовса деза вай.

1уьйранна шайн кора к1елахь, шелделла г1орийна ши хьоза гира Рамзанна. Диъ сахьт даьлчахьана, цхьа адам дац урамновкъахь гуш. 1уьйранна, исс сахьт даьлча, школехь хила дезара тхан.

Т1едилларца шу нийса ларийнехь иштта хила деза.

1уьйранна шайн кора к1елахь, шелделла г1орийна ши хьоза гира Рамзанна. Диъ сахьт даьлчахьана, цхьа а адам дац урамновкъахь гуш. 1уьйранна, исс сахьт даьлча, школехь хила дезара тхан.

Кхузахь вай билгалдаьхна масаллин терахьдешнаш, ц1ердешнашца цхьаьна.

Вайн маттахь терахьдешнашца ца лелаш ц1ердешнаш а ду.

Даьтта, шура, моз;

(ши кийла даьтта, ши ведар шура, ши банка моз).

Тахана вай дийци терахьдешнийн тайпанех а. масаллин терахьдешнех а, иштта муьлха терахьдешнаш хийцало классашца а.

Маса? бохучу хаттарна жоп луш долу дешнаш муьлхачу мог1арехь ду?

Къаьхьа, ирча, чехка.

Гуьйре, буьйса, де.

2.Муьлхачу предложенехь ду масаллин терахьдош?

Ши мача яра не1арехь.

Вайна йоьлуш йог1у б1аьсте.

Барт болччохь соцу беркат.

3. Муьлха терахьдош а, цунах схьадевлла терахьдешнаш а хийцало классашца?

Читайте также: