План урока чолхе карара предложенеш

Обновлено: 04.07.2024

1алашо: 1амийначух хаарш таллар. Керлачу коьчалх кхетам балар. Дозуш долу къамел кхиор. Чолхе –карарчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш дахкар т1еч1аг1дар.
Урокан д1аяхьар. 1. Урокана кечам бар. 2. Хьалха 1амийнарг карладаккхар:
а) Фронтальни хаттрш.
-Стенах олу предложени? - Шайн маь1не хьаьжжина маса кепара хуьлу предложенеш? -Стенах олу чолхе предложени? -Чолхе предложенеш маса кепара хуьлу? - Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш муьлхарш ю? -Муьлха синтаксически г1ирсаш бу чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкара цхьалхе преложенеш вовшахтосуш? -Чолхе-карара предложенеш муьлхарш ю? -Х1ун башхо ю коьртачу а, т1етухучу а предложенешна юкъахь? - Муьлха синтаксически г1ирсаш бу чолхе-карарчу предложенешкара коьрта т1етуху а преложенеш вовшахтосуш? -Билгалъяха хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а. -Т1етухучу предложенийн муьлха тайпанаш девза вайна? - Муьлхачу билголонашца евза вайна кхачаман т1етухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш? Масалш даладе. -Къастаман т1етухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш стенах олу? Масалш даладе.

Оценить 1159 0

нохчийн мотт. 9 кл.

Урокан ц1е: Хенан т1етуху предложенеш.

1алашо: 1амийначух хаарш таллар. Керлачу коьчалх кхетам балар. Дозуш долу къамел кхиор. Чолхе –карарчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш дахкар т1еч1аг1дар.

Урокан д1аяхьар. 1. Урокана кечам бар. 2. Хьалха 1амийнарг карладаккхар:

а) Фронтальни хаттрш.

-Стенах олу предложени? - Шайн маь1не хьаьжжина маса кепара хуьлу предложенеш? -Стенах олу чолхе предложени? -Чолхе предложенеш маса кепара хуьлу? - Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш муьлхарш ю? -Муьлха синтаксически г1ирсаш бу чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкара цхьалхе преложенеш вовшахтосуш? -Чолхе-карара предложенеш муьлхарш ю? -Х1ун башхо ю коьртачу а, т1етухучу а предложенешна юкъахь? - Муьлха синтаксически г1ирсаш бу чолхе-карарчу предложенешкара коьрта т1етуху а преложенеш вовшахтосуш? -Билгалъяха хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а. -Т1етухучу предложенийн муьлха тайпанаш девза вайна? - Муьлхачу билголонашца евза вайна кхачаман т1етухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш? Масалш даладе. -Къастаман т1етухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш стенах олу? Масалш даладе.

б) Ц1ахь кхочуш дина шардар таллар. ( 197-г1а шардар)

3. Нийсаязъяран миноташ. Билгалдешнаш цхьаьна яздан деза я дефисехула яздан деза? Шаьш нийса яздина хилар бакъонца ч1аг1де.

Лоха (лекха), нохчийн (оьрсийн), дог (ц1ена), к1айн (1аьржа), уьстаг1ий (лелоран), зуда (беран), де(ненан), вай(нехан), Дай (мехкан), ц1ен(къорза).

4. Керлачух кхетам балар.

а) Со арахь лаьтташ,шуц1адог1ура. б) Со арахь мел лаьтта, сан шелваларсовдолура.

Толлу хьалхара предложени.

-Х1ун тайпа предложении ю иза? (цхьалхе) -Стенах хаьа вайна иза? (Цу предложенехь цхьаъ подлежащи а, цхьаъ сказуеми а ду.) Билгалйоху коьрта меженаш. (Дог1ура маца? Со арахь лаьтташ)

-Х1ун меже ю иза? (Хенан латтам. ). -Стенах кхоллабелла иза? (деепричастин карчамах).

Шолг1а предложени а толлу. -Х1ун тайпа предложении ю иза? ( Чолхе—карара)

Саншелваларсовдолура.-коьрта предл.ю. Со арахь мел лаьтта- т1етух у предл.ю. -Муьлхачу даша т1ера хаттар ло т1етухучу предложенига? ( Совдолура маца? Со арахь мел лаьтта). -Х1ун маь1на думаца?бохучу хаттаран?(Хенан маь1на). -Цундела х1ун тайпа т1етуху предлоджени лара мегар ду иза? ( Хенан т1етухе предложени).

1.Классехь йоьшу оцу темих лаьцна параграф.

2. Язйойту гайтаман диктант ( цхьацца дешархочо классан уьн т1е д1а а язъеш) .

Ялх сахь мосазза долу, балхара йог1учу шен нанна дуьхьалвоьдура к1ант. Шена и дуьхал мел вог1у а хазахетара нанна. Шаьшшиъ ц1а кхаьчча, д1адолалора къамелаш: нанас шен балха лоций, к1анта шен дешарх лоций.

Билгалйоху коьрта а, т1етуху а предложенеш. Дуьйцу т1етухучун маь1на.

6. 207 шардарехь долчу кицанийн маь1на дастар.

8. Дозуш долу къамел кхиор.

Т1едиллар ду: хенан латтамашца йолу цхьалхе предложенеш а, хенан т1етухучаьрца йолу чолхе-карарапредложенеш ялор ( лаххарчу барамехь шиша).

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

Модуль(тема) Чолхе предложенеш

Урокан ц1е: 9 классехь чолхечу предложених лаьцна 1амийнарг

карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.

Урокан тайпа (тип): 1амийнарг карладаккхаран урок.

Хьехаран кеп (форма): ша-ша,шишша цхьаьна,тобанашкахь болх бар.

Методаш: проблемни,кластер,барта, гайтаме,практически.

1алашо : 1) Предметни (кхеторан): чолхечу предложенех 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар;

2) Метапредметни (кхиоран):

Регулитивни: билгалйинчу темина коьчал схьалаха а, шен белхан план х1отто хаар, планан рог1алла ларъяр, цуьнан х1ора муьрехь кхочушъечу 1алашонех кхетар, шен дан ницкъ кхаьчнарг ган, цунах пайдаэцар, ницкъ ца кхаьчнарг ган, цуьнан бахьнаш довзар, йозанан а, барта а къамел кхиор.

Познавательни : зезагийн ц1ерш йовзийтар(дешнийн дошам)

Коммуникативни: Шен хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш далар,тобанашкахь бечу балхехь накъосташна шена хуург дийцар, цаьрга шена оьшург хаттар.

3.Личностни (кхиаран): нохчийн матте а, къоман театре а болу безам кхиор. Ойлаяр, тидам бар , къамел хьекъал кхиор.

Урокан г1ирс: учебник, ручка, тептар, кехаташ, компьютер, проектор, экран, презентаци.

УМК:Джамалханов З.Д.,Вагапова Т.М.,Эсхаджиев Я.У.,Овхадов М.Р., Абдулкадырова Р.А.

Урок д1аяхьар:

Дешархойн де дика дар.

Деха 1а д1адели, вай сатийсина исбаьхьа б1аьсте т1екхечи. Набарха даьлла 1алам денлуш, шеца цхьаьна вайн ойланаш самайохуш, дикане сатесна адамаш, самукъане ган дуьйлало.

Цундела, сема хир ду вай таханлерчу урокехь, беркате з1ийдигаш хоьцур ю х1окху уроко вайн дешарехь, б1аьстено 1аламехь санна.

II Карладаккхар (актуализаци)

Ловзар. Д1анисде шайн терхи т1е. (слайд) Терхи- полка

-Х1ара бакъо стенан ю?

1) Элпаш а, церан нийсаяздар а 1амадо( графика).

2) Меттан дерриге а аьзнаш 1амадо ( фонетика).

3) Дешнийн цхьанакхетарш а, предложенеш а 1амайо (синтаксис).

4) Меттан дерриге а дешнаш 1амадо (лексика).

5) Дешан а х1оттам а, кхолладалар некъаш а 1амадо (дошкхолладалар).

6) Къамелан дакъош 1амадо ( марфологи).

-2. Х1ун ду х1окху шина декъа юкъахь юкъара?(проблема) (слайд)

1) Х1орд ловза а баьлла, х1урдакема доьхна. Цу т1ера цхьа стаг х1урдо цхьана г1айре

т1е юьстахкхоьссина. Оцу г1айре т1ехь шаберш зударий хилла, юкъахь цхьа а борша

стаг а воцуш. И зударий ч1ог1а хаза хилла, цхьа а ирча ю аьлла билгалъяккха зуда

йоцуш.Зударша сацам бина и стаг, зуламе валале, ирахъолла. Цу стага зударшка цхьа х1ума аьлла. Зударша цул т1аьхьа ца вуьйш витина и стаг.

Жоп: д1ах1оттам чолхе хилар. Хьалхарниг чолхе х1етал-метал, шолг1аниг чолхе предложени.

-Ас билггал и чолхе предложени х1унда ялийна аьлла хета шуна? (х1ара шо театран шо ду аьлла кхайкхийна ду вайн махкахь)

- Театраш евзий шуна вай республикера?( Х.Нурадиловн ц1арах ерг, М.Лермонтовн ц1арах ерг,берийн театр)

-Нохчийн муьлха спектакльш евза шуна?

-Шуна ма хаъара х1ара дешаран шо доладелчхьана вай чолхечу предложенех лаьцна 1амош дара.

- Муьлхачу 1илманан декъа юкъадог1у чолхе предложенеш 1амош долу дакъа?( синтаксис)

lll .Кластер уьн т1ехь х1оттор,далийна масалш тептарш т1е д1аяздар.

-Дагадаийта,нохчийн маттахь х1ун алара кластерх? (гезгмаша)

-Чолхе предложени муьлхачух олу? (Шина я масех цхьалхечу предложенех лаьттачух чолхе предложени олу)

-Маса тобане екъало чолхе предложенеш ?( Чолхе – цхьаьнакхетта предложенеш (сложно-сочиненные предложения) Чолхе-карара предложенеш (сложно-подчиненные предложения)Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш(бессоюзные сложные предложения)

-Муьхачух олу чолхе-цхьаьнакхетта предложени ?( Цхьабосса бакъо а йолуш, цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложенех чолхе – цхьаьнакхетта предложени олу)

Масал даладе:

Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац.

-Муьлхачу г1ирсаша вовшех юзу и цхьалхе предложенеш? (дозаран г1ирс – дозаран хуттург- а-)

-Муьлха хуттургаш лела чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь? (цхьаьнакхетаран)

- Цхьаьнакхеран хуттургаш хуьлу - (дозаран хуттург- а, къасторан хуттург –я, дуьхьалара хуттургаш : амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а)

Масалш даладе:

-Муьлхачух олу чолхе-карара предложени? (Цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший йолчух чолхе-карара предложени олу)

Масала: Вина мохк мазал а мерза бу бохуш, кица ду вайн къоман.

- Чолхе предложени лаьтта -( коьртачух а, т1етухучух а)

-Т1етухучу предложенийн кепаш муьлхарш ю? (къастаман, кхачаман, латтамийн)

-Латтамийн т1етуху предложенеш кхи а муьлхачу дакъошка екъало ? (хенан, бахьанин, 1алашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман).

Масалш даладе:

-Хуттургаш йоцу чолхе предложени муьлхачух олу ?( Цхьаьнакхетаран а я карара а хуттургаш а йоцуш я хуттургийн дешнаш а доцуш, цхьана эшарца (интонацица), маь1нин уьйраца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьтташ йолчу чолхечу предложенех хуттургаш йоцу чолхе предложени олу)

- Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь йолу цхьалхе предложенеш муьлхачу маь1нехь лела. Ц1ераш яха церан? ( Нийсачу кхачаман маь1на, хенан маь1на, хенан маь1на, бехкаман маь1на, т1аьхьалонан маь1на, бахьанин маь1на)

Масалш далор (барта)

lV . Тобанашкахь,шишша цхьаьна,ша-ша болх бар

1.Тобанашца бен болх

1-ра тоба (виъ дешархо)________________________________

2-г1а тоба (виъ дешархо)________________________________

-Йолийна чолхе-карара предложенеш т1етухучу предложенешца чекхъяха.

Т1аккха цунна дагадеара, (х1ун?)

(х1ун бахьана долуш?), …со школе д1а ца ийцира-кх деша.

Г1аларчу девеше, (х1ун?) … аьлла, хаам бира нанас.

-Нийса юй уьш? (Вовшака толлуьйту ялийна предложенеш)

Гергарчу хьесапехь иштта чекхъяха мегар дара уьш т1етухучу предложенешца.

Т1аккха цунна дагадеара, (х1ун?) шен кхана мангала ваха дезар.

Йоза ца хаьа аьлла, со школе д1а ца ийцира-кх деша. Х1ун бахьана долуш?

Г1аларчу девеше, деша вог1у аьлла, хаам бира нанас.

2. Шишша цхьаьна болх бар

1. _____________________________3,4 варианташ

Нийса жоьпаш: 3-9; 4-9; 5-24; 6-3.

3.Ша-ша бен болх (карточка)

1.Куметов Турпал

Чолхе предложенеш екъало кхаа декъе:

Нийса доцург харжа:

1) чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш;

2) чолхе-карара предложенеш;

3) юьхьан предложени;

4) хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.

V . Жам1ийн диагностика.(ша-ша болх бар)

1)Воккхачу дадас меллаша корта те1абора, амма цхьа дош ца элира. - предложени муьлхачу тайпана ю?

1) цхьалхе, цхьанатайпанарчу меженашца

3) хуттургаш йоцу чолхе

2. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац. - предложени муьлха тайпана ю:

1) чолхе - карара

2) хуттургаш йоцу чолхе

4) цхьалхе, цхьанатайпанарчу меженашца

3.Олдам шайн куьпахь а г1араваьллера, гуттар а ойланаш еш, г1ийла ву бохуш. - предложенера т1етуху предложени муьлха тайпана ю?

+4) даран суьртан ю

Vl . 1амийнарг т1еч1аг1дар.

-Стенах олу синтаксис?

-Чолхе предложени муьлхачух олу?

-Чолхе предложени муьлхачу дакъошка декъало?

VII .Дешнийн дошам (зезагийн ц1ерш йовзийтар)

Хилча ледара ду эхь;

Ма латталаш 1индаг1ехь,

Хьалакарчаде шайн пхьош.,-

Болх бан белла вайн . (ДОШ)

Ровзан - роза

банату - пион

жовзан - лилия

пет1амат - мак

байса - авран лекарственный ,

бантуси -камелия

к1айдарг -ромашка.

V I ll. Рефлекси (чекхъяха предложенеш)

Вай урок чекхъяла герга яхна,суна ала лаьа….

Соьга уггар ч1ог1а даделларг .

Суо х1ун бахьана долуш хаставо ас.

Сайн накъостий х1ун бахьана долуш хастабо ас.

Стенах цецвели со.

Суна дуьххьара хии…

Суна хетарехь,х1ун ца дадели соьга?Х1унда ца хии сунна иза.

Суна урок хаза хийти….

Vlll . Урокан жам1 дар (дешархойн хаарийн мах хадор)

Бераш, аш дика дакъалеци таханлерчу урокехь. Баркалла шуна!

IX. Ц1ахь бан болх балар:

X .Хьехархочун т1аьххьара дош:

Таханлера вайн урок суна чекхъяккха луур дара Ш.Арсанукаевн дешнашца:

Презентация

Шиъ а, сов а лард йолу предложенех чолхе предложени олу.

Презентация "Чолхе предложенеш" 4 класс

Презентация

Презентация "Чолхе предложенеш" 4 класс

Презентация

Б1аьсте тоххара т1екхаьчна, дитташа баьццара духар дуьйхина

Б1аьсте тоххара т1екхаьчна, дитташа баьццара духар дуьйхина

271-г1а шардар.
Б1аьсте тоххара т1екхаьчна, дитташа баьццара духар дуьйхина. Малх схьакхетаза бара, амма байн мох хьекха болийра. Гонаха г1овг1а яра, шийла мох хьоькхура. Стиглахь малх гучубелира,амма дог1а ца тийра.

Слайды и текст этой презентации Открыть в PDF

9 класс Нохчийн меттан йиллина урок «9 классехь чолхечу предложених лаьцна 1амийнарг карладаккхар

Нохчийн меттан а,литературан а хьехархо Магомедов Сайдхьусайнан Падам

 1аьнах ма кхера: цунна т1аьххье б1аьсте йог1уш ю, гуьйренах кхера: цунна т1аьхьа 1а дог1уш ду.


1аьнах ма кхера: цунна т1аьххье б1аьсте йог1уш ю,
гуьйренах кхера: цунна т1аьхьа 1а дог1уш ду.
(Вайнехан алар)

Ловзар. Д1анисде шайн терхи т1е. Х1ара бакъо стенан ю? 1) Элпаш а, церан нийсаяздар

Ловзар. Д1анисде шайн терхи т1е. Х1ара бакъо стенан ю?

1) Элпаш а, церан нийсаяздар а 1амадо-
2) Меттан дерриге а аьзнаш 1амадо -
3) Дешнийн цхьанакхетарш а, предложенеш а 1амайо -
4) Меттан дерриге а дешнаш 1амадо -
5) Дешан а х1оттам а, кхолладалар некъаш а 1амадо -
6) Къамелан дакъош 1амадо -

( фонетика)
(синтаксис)
( графика)
( марфологи)
(лексика).
(дошкхолладалар)

Нийса жоьпаш:1) Элпаш а, церан нийсаяздар а ---- ( графика) 1амадо2)

1) Элпаш а, церан нийсаяздар а ---- ( графика)
1амадо
2) Меттан дерриге а аьзнаш ---- ( фонетика)
1амадо
3) Дешнийн цхьанакхетарш а, ---- (синтаксис)
предложенеш а 1амайо
4) Меттан дерриге а дешнаш ---- (лексика)
1амадо
5) Дешан а х1оттам а, кхолладалар ---- (дошкхолладалар)
некъаш а 1амадо
6) Къамелан дакъош ---- ( марфологи)
1амадо

Х1ун ду х1окху шина декъа юкъахь юкъара?(проблема) 1) Х1орд ловза а баьлла, х1урдакема доьхна. Цу

Х1ун ду х1окху шина декъа юкъахь юкъара?(проблема)

1) Х1орд ловза а баьлла, х1урдакема доьхна. Цу т1ера цхьа стаг х1урдо цхьана г1айре
т1е юьстахкхоьссина. Оцу г1айре т1ехь шаберш зударий хилла, юкъахь цхьа а борша
стаг а воцуш. И зударий ч1ог1а хаза хилла, цхьа а ирча ю аьлла билгалъяккха зуда
йоцуш.Зударша сацам бина и стаг, зуламе валале, ирахъолла. Цу стага зударшка цхьа х1ума аьлла. Зударша цул т1аьхьа ца вуьйш витина и стаг.

Читайте также: