План урока чеченского языка 6 класс вайн мотт вайн бахам

Обновлено: 07.07.2024

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

Урокан ц1е : Вайн мотт – вайн бахам.

Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш)

Кхеторан 1алашо: Нохчийн мотт гуттар ширчех цхьаъ хилар а, и муьлхачу билгалонашца ч1аг1до а дешархошна довзийтар.

Кхиоран 1алашо: Нохчийн литературни мотт кхиарх лаьцна кхетам бала безар .

Кхетош-кхиоран 1алашо: Нохчийн матте болу бакъ безам дешархошна д1акховдо хаар.

Урокан некъ

Дешархошка маршалла хаттар, белхан меттигаш кийча хилар таллар.

Ι . Дешархойн дог-ойла т1еерзор (мативаци яр)

(ИКТ г1ирсах пайдаэцар)

Уьн т1ехь яздина ду дешнаш:

Кхераме дац суна мехаш,

Къизачу зуламан ор а –

Нохчийн мотт соьца мел беха,

Онда бу сан лаьттахь орам !

ΙΙ . Ненан маттах лаьцна хьехархочун дош.

1. Учебник т1ера №2 шардаран текстаца болх.

2. Нохчийн мотт мел беха, онда бу сан лаьттахь орам! бохучух

муха кхета шу ? (дешархошка шайна хетарг олуьйту).

Т1едиллар: Хаттарна жоп караде оцу текста т1ехь.

Кхочушде шардар №1.

- Хаттаршна жоп ло.

- Муха кхета шу поэта Хатуев Ι-Хь. х1окху мог1анех:

Вайн дахар марздо,

- Адамийн дикачу амалшна дог1уш кхин х1ун ду байта юкъахь Ийман бохучунна герга? ( Г1иллакх, оьздангалла )

Дешархошка шайна хетарг алийтар.

- Х1оттор вай г1иллакх дашна дошаман статья.

Г1иллакх [г1иллакхан, г1иллакхна, г1иллакхо, г1иллакхе, д;

дукх. тер. г1иллакхаш, д].

Хьехархочо г1иллакхах лаьцна:

Кицанашца болх

Д1аязде иштта кицанаш: Г1иллакх – оьздангаллин бакъволу ваша ву.

Стаг сийлаллин дарже кхачош дерг хаза

г1иллакх ду.

Г1иллакх ялсаманера схьадаьлла ду.

Дешархошца цхьаьна кицанийн маь1на дастар (барта).

(Кейс-технологех пайда эца мегар ду).

Дала, ша Ялсаманей, Жоьжаг1атей кхоьллина ваьлча аьлла боху:

- Соьга дан дехар дуй шуьшиннан?

- Сан ду, - аьлла исбаьхьчу Ялсаманино.

- Х1ун ду? – хаьттина Дала.

- Г1иллакх доцург сайна чу цаваийтар доьху ас – дехна Ялсаманино.

- Сайн вазаллор г1иллакх доцург хьуна чу воуьйтур ма вац ас, - дехарна

Жоьжаг1ате йистхуьлуш ца хилла.

- Хьан дац соьга дан дахар? – хаьттина Дала.

- Ас х1ун доьхур ду хьоьга. Кхин хуьлийла доцуш ирча, къиза

кхоьллина Ахь со. 1аламат хаза, исбаьхьа, самукъне Ахь кхоьллина

Ялсамане яккха г1ерташ, Хьуна хастам беш хир ву массо а. Суна чу ван

лууш цхьа а хир вац. Сан дац хьоьга дан дехар, - жоп делла Жоьжаг1атено.

- Сайн вазаллор хьо яьсса а юьтур ма яц Ас, - ч1аг1о йина Дала.

ΙΙΙ. Ц1ахь бан болх

Ненан маттах, г1иллакхах, оьздангаллех лаьцна кицанаш язде ц1ахь баккхийчаьрга а хоттуш.

ΙV. Урокан жам1 дар (Рефлекси) ИЙМАН дашана синквейн кхоллар кси). -

( Герггарчу хьесапехь иштта хила тарло:

Лакхавоккху, вазво, лору

Дуьненчуьра дан йиш яц ИЙМАН ) .

  • подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • по всем предметам 1-11 классов


Курс повышения квалификации

Охрана труда


Курс профессиональной переподготовки

Охрана труда


Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

  • Сейчас обучается 344 человека из 66 регионов
  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Дистанционные курсы для педагогов

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 613 224 материала в базе

  • ЗП до 91 000 руб.
  • Гибкий график
  • Удаленная работа

Самые массовые международные дистанционные

Школьные Инфоконкурсы 2022

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

  • 05.10.2017 609
  • DOCX 18.3 кбайт
  • 4 скачивания
  • Оцените материал:

Настоящий материал опубликован пользователем Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

Автор материала

40%

  • Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • Для учеников 1-11 классов

Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов

Дистанционные курсы
для педагогов

663 курса от 690 рублей

Выбрать курс со скидкой

Выдаём документы
установленного образца!

Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки

Время чтения: 11 минут

В Госдуме предложили ввести сертификаты на отдых детей от 8 до 17 лет

Время чтения: 1 минута

ГИА для школьников, находящихся за рубежом, может стать дистанционным

Время чтения: 1 минута

Рособрнадзор предложил дать возможность детям из ДНР и ЛНР поступать в вузы без сдачи ЕГЭ

Время чтения: 1 минута

Новые курсы: преподавание блогинга и архитектуры, подготовка аспирантов и другие

Время чтения: 16 минут

Отчисленные за рубежом студенты смогут бесплатно учиться в России

Время чтения: 1 минута

В Россию приехали 10 тысяч детей из Луганской и Донецкой Народных республик

Время чтения: 2 минуты

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Вайна массарна а хууш ду, х1окху оханан (апрель) беттан 25-г1а де, вайн мехкан куьйгалхочо Р. А. Кадыровс, Ненан меттан Де ду аьлла, д1акхайкхош, арадаьккхина указ хиларца билгалдаьлла хилар. Доккха совг1ат хилла д1ах1оьтти и дерриге къомана. Массанхьа: радиохь, телевиденехь, дешаран хьукматашкахь - д1ахьуш самукъане цхьаьнакхетарш ду.Цунна лерина вайн Дешаран Центрехь д1ахьуш ю нохчийн меттан йиллина урокаш, тайп- тайпана къийсадаларш, нохчийн яздархошца а, 1илманчашца а классал арахьара цхьаьнакхетарш .

1-ра д1ахьушверг:

Де дика хуьлда шун !

2-г1а д1ахьушверг:

Марша дог1ийла шу а тхан лераме хьеший!

3-г1а д1ахьушверг:

Тахана иштта хаза,самукъане кху чохь вай гулдаларан бахьана Ненан маттана лерина ду.

4-г1а д1ахьушверг: Сил дукхаезачу ненан ц1арах шен ц1е х1оьттина болу ненан мотт хьехочехь муха хир дац самукъане?!

1-ра д1ахьушверг: «Муьлххачу къоман коьрта билгало ю цуьнан мотт. Мотт боцуш къам хила йиш яц. ХIунда аьлча, маттаца хьаьрчина дохку хIора къоман гIиллакх-гIуллакх а, оьздангалла а, психологи а, дуьненан хьежамаш а.

2-г1а д1ахьушверг: Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, цуьнца ю вайн къоман историн лараш а.

2-г1а д1ахьушверг: Хууш ма-хиллара, 2019 шо вайн мехкан куьйгалхочун омрица Галанч1ожан к1оштан ду аьлла д1акхайкхина ду. И боккха кхаъ бу дерриге а къомана, х1унда аьлча, нохчийн къоман массо тайпа а, тукхам а цигара схьадаьлла олуш ду.

1-ра д1ахьушверг: Дика а, вуон а, мехкан кхел а цигахь кхайкхош хилла бохуш дуьйцу. Цундела, вайн къоман истори меттах1оттаян а, и исбаьхьа меттигаш т1екхуьучу т1аьхьенна йовзийта а яьккхинарг йоккха г1улч ю.

4-г1а д1ахьушверг: Оцу т1ехь мехала дакъа лоцу ненан матто,цундела оьшу иза гуттар ч1ог1а. Шен ненан маттахь ечу ойлано ларво стаг массо вочух.

3-г1а д1ахьушверг: «Вайн мотт бу Iаламал чIогIа,

Хьекъале цо йоьгIна лард,

Доккху цо къайленийн догIа,

4-г1а д1ахьушверг: Къомана хала киртиг т1ех1оьттича,оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг къоман меттан оьзда а, ц1ена а, лараме а дош ду. Х1инца ладог1а дешархоша шайна хазахеташ къастийначу байташка :

Ненан маттах лаьцна байташ

Хьан боху нохчийн мотт дашна бу къиэн?!

Муьлха а ойла цуо ялхайо говза.

Йиш яц вай д1атесна ненан мотт 1иэн,

Цуьнций бен хир дац къам дуьненна довзар!

Лаьмнашкахь малх кхетча,

Эзарнийн озаца ас лоькху йиш

Сайн ненан маттахь!

Сан меттан жовх1арш,

Х1орд хилий 1ана.

Шун аьзнех къастахь.

Дуьххьара дош ду ас

Сайн ненан маттахь!

Г1елбелла ненан мотт,

Шайн ненан маттахь!

Сайн ненан меттан!

1-ра д1ахьушверг: Нохчийн мотт –иза нохчийн къоман аз ду, къоман илли , назма ю, къоман культура, литература, искусство кхиоран коьрта хьоста а ду.

2-ра д1ахьушверг: Мотт, духар, г1иллакхаш къоман сибат ду.И сибат лардеш верг ийманца ву, шен мехкан хьакъволу къонах ву.

НЕНАН БIАЬРХИШ

(Нохчийн хьалкъан барта кхолларалла)

Дакъалоцурш:

Воккхастаг –

Пондарча- ……..

Цхьалха цхьа кIант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш Iалашвора цара шайн кIант.

КIант кхиъна ваьлча, ломахь гIарабаьлла дика динний, нуьйран гIирссий, тIемалочун барзаккъий кечдира дас-нанас шайн кIантана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, цIера ара-м ца волуьйтура цара иза.

Цхьана дийнахь юьртара кIентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу кIантана а лиира цаьрца ваха.

Дений, нанний тIевеъна цо элира:

– Со а вахийтийша юьртарчу кIенташца дуьнене бIаьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала, Iуьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, догIано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара Iуьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, гIелашна сагатделла сира сай гIергIаш ладогIа, Iаннаш, даккъаш декош, мацалла угIучу барзе ладогIа… Вахийтийша со кIенташца дуьнене бIаьрг тоха.

– ХIан-хIа, кIант ма гIолахь. Пурба дац хьуна! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Юьртара кIентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу кIант висира кхерчан а, цIийнан а гонах хьийза.

Цхьа хан яьлча, юьртара кIентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний тIевеъна, кIанта элира:

– Со а вахийтийша кIенташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечанан ирачу мIараш юккъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш дIа-са яржош, и кура леча чудаийта, лечанан мIарех кIелхьара даьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу Iарчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна дIакхарстийна сийна бIаьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха тIехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе бIаьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дегI лардеш пха тоьхна, маьIах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьненчохь шел сема хIума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар къахкийна, эккхийна лаца, дуьненчохь шел маса х1ума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу бIаьргашчу хьаьжна, хьаьстина, иза дIахеца, къизчу иччархойл дукха дуьнен чохь къинхетаме нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со кIенташца экханна талла.

– Ваха пурба дац хьуна, кIант, ма гIолахь! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели-кх хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Корта охьаоьллийна дIавахара кIант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура кIант.

ЦIеххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостагI ву тIегIерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо. Юьртара кIентий, къонахий кечбелира мостагIашна дуьхьал бовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира гIагI дегIе а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, кIентан да а вахара мостагIашна дуьхьал, шен кIантана а ца хоуьйтуш, лата везачохь – лата а, вала везачохь – вала а.

Шел хьалха дIакхаьчна, могIаршца тIаме хIиттина тIемалой карийра цунна. Къаьстина чIогIа тIом беш вара цхьа цавевза тIемало. Юьхь тIеоьзна зIенийн цхар, тIедуьйхина болатан барзакъ, мостагIийн декъех саьлнаш хIиттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.

– Мила ву и чIогIа тIом беш волу тIемало? – аьлла хаьттира воккхачу стага дас.

– Иза хьан кIант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика кIант кхийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! – элира тIемалоша.

Амма хала дара и кIант дукха вехар ву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостагIаша. Массо а цхьаъ санна цхьаний тIелетира уьш оцу турпал кIантана. Вуьйжира кIант. Велира турпал. ТIаккха тIетаьIира ламанхой мостагIашна. ХIаллак бира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу тIеман арахь мостагIийн…

ГIоьмукъех, таррех барма а дина, тIе верта а тесна, ларвеш цу тIе а виллина, ваьхьира тIемалоша кIант-турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кетIа… Болатан гIагI малхехь къегаш, кхачабеллачу баттах тера йолчу юьхьа тIера сирла нур гIуьттуш.

– ХIей, вежарий! Собарделаш! – элира кIентан дас. Севцира нах. Вистхилира кIентан да:

– Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац кIентан нене хIара ирча кхаъ дIахаийта… Со кхоьру хIокху кхоо нана а ерна… Вац шуна юкъехь маттана говза, нене кIант валар дIахаийта?

Массара а кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцуш, дIатийра къонахийн тIемалойн тоба. ГIеххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.

– Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца кIант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! – элира воккхачу стага.

Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира кIант вина нана. Цунна гира вистхуьлуш стаг воцуш, гIайгIано кортош охьаохкийна лаьттачу тIемалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу тIемалочун дакъа…

Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу кIант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… ЦIеххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан гIергIар хазийра, лоьман цIийзар, берзан угIар хазийра. Цуо дуьйцура кIант-тIемало мел майра, доьнал долуш кхиънера. ТIаьххьара а, тIеман герзаш вовшах детталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостагIий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, тIеман марсаллехь майрачу кIантана тIера барзакъ болатан гIовгIанца декаш санна… Цуо дуьйцура кIант-турпал мостагIехь мел майра летта, цуо уьш муха хIаллакбина. ТIаьххьара цхьа сирла цIена аьзнаш гIевттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан зIаьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех, цкъа а церан лийриг цахиларх…

Боьлхура пондар, тийжара пондар.

ЛадоьгIура кIант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьтта тIемалой. Кхийтира нана… Бармахь Iуьллург кхуьнан кIант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостагIех. Дуккха а хIаллакбинера цуо уьш. Веллер ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. ГIайгIане цуьнан йиш…

Боьлхура пондар. Тийжара пондар…

Довха бIаьрхиш хьаьвдира ненан бIаьргех…

Къора узарш деш бекачу пондарна тIетевжира кIентан нана.

Боьлхура пондар, йоьлхура нана…

Мацца цкъа нана тIера дIаайелча, цецах санна Iуьргаш девллера пондаран уьн тIе. Ненан довхачу бIаьрхиша дагийнера иза. Кхин а чIогIа гIарабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула дIаоьхура цуьнан аз. Цуо хIинца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу гIайгIанах, къахьонах, балех.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

ДегI нисдеш, айаелира кIант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:

– Со къинтIера ели хьуна, сан кIант!

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша…

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

– Аса декъалво хьо, сан кIант! – мохь туьйхира нанас.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

Оьгура ненан бIаьргех довха бIаьрхиш… сийлахь латта а дашош!

4-г1а д1ахьушверг: 1илманчаша билгалдаьккхина ду нохчийн мотт гуттар а ширачу меттанех цхьаъ хилар.Масийта б1е,эзар шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна,чарташна,б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина дешнаш,кхин цхьацца йоза хиларан билгалонаш.

3-г1а д1ахьушверг:

Массо аг1ор бийца, хесто таро ю вайн вешан ненан мотт. Мел хаза , исбаьхьа ду Ненах, Даймахках лаьцна долу вайн иллеш, эшарш! Царах цхьадерш тахана шайн мукъамечу аьзнашца вайн дешархоша довзуьйтур ду вайна.

Ладог1а Даймехкан мукъамашка…


1-ра д1ахьушверг:

Везачу Дала хьекъал а, собар лойла вайна, вайн дайша дитина кост-весет ненан мотт 1алашбар, нохчаллах ца дохар кхочушдан. Аллах1а шен къинхьетамах ма дохийла вай. 1одика йойла шун!

2-г1а д1ахьушверг: Тахана ненан маттах хиэраваьлларг, кхана херлур ву шен халкъах, Даймахках, эзарнаш шерашкахь къомах къам дина схьадаьхкинчу г1иллакхех.

Нажмите, чтобы узнать подробности

К1ант: Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара накъостий!

К1ант: Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель нохчийн меттан Де лоруш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу (ши эзар ворх1алг1ачу) шеран №207-г1а (ши б1е ворх1алг1а) Указ.

Йо1: Нохчийн Республикин Конституцин 10-г1а статья:

К1ант: «Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларъяр ду. И мотт буьйцуш, цуьнан дозалла деш б1ешерашкахь баьхначу нохчийн 1илманчийн, яздархойн, политикийн, динан дайн, къанойн сий-пусар дан деза…

Йо1: Лераме накъостий! Вай долчу баьхкина хьомсара хьеший бу:

К1ант: Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министерствон векал…

Йо1: Администрацин векал - …

К1ант: Яздархо, Мамакаев Мохьмадан ц1арах йолчу орденан кавалер Айдамирова Машар.

Йо1: Лераме накъостий! Таханлера вай вовшахкхетаран болх д1аболош дош ло Нохчийн Республикин Дешаран, 1илманан министерствон векале…

К1ант: Лераме накъостий! Вайна ма-хаъара, х1ара шо вайна дика вевзаш а, везаш а волчу Халкъан яздархочун Айдамиров Абузарна лерина шо ду.

Йо1: Абузара аьлла хьекъале дешнаш дало лаьа суна: «Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли.

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли…

Йо1: Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла аганан илли. Ненан эсалчу аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт.

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош, доруш.

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.

Б1ешерийн дохаллехь те1ош

Г1елонгахь баллийнчу хьуна,

Даймахко парг1ато елла,

Ирсан не1 йиллина хьуна.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Хьайн халкъан маьрша мохк хестош.

Хьо хьоьстуш кхиочу нанна –

Даймахкана кхайкхабеш хастам.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

Ненан мотт – гIиллакх-оьздангаллин хьоста.

Нохчийн Республикин хьакъйолу эшарлакхархо Тамара Адамова

К1ант: Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара накъостий!

К1ант: Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель нохчийн меттан Де лоруш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу (ши эзар ворх1алг1ачу) шеран №207-г1а (ши б1е ворх1алг1а) Указ.

Йо1: Нохчийн Республикин Конституцин 10-г1а статья:

К1ант: «Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларъяр ду. И мотт буьйцуш, цуьнан дозалла деш б1ешерашкахь баьхначу нохчийн 1илманчийн, яздархойн, политикийн, динан дайн, къанойн сий-пусар дан деза…

Йо1: Лераме накъостий! Вай долчу баьхкина хьомсара хьеший бу:

К1ант: Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министерствон векал…

Йо1: Администрацин векал - …

К1ант: Яздархо, Мамакаев Мохьмадан ц1арах йолчу орденан кавалер Айдамирова Машар.

Йо1: Лераме накъостий! Таханлера вай вовшахкхетаран болх д1аболош дош ло Нохчийн Республикин Дешаран, 1илманан министерствон векале…

К1ант: Лераме накъостий! Вайна ма-хаъара, х1ара шо вайна дика вевзаш а, везаш а волчу Халкъан яздархочун Айдамиров Абузарна лерина шо ду.

Йо1: Абузара аьлла хьекъале дешнаш дало лаьа суна: «Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли.

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли…

Йо1: Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла аганан илли. Ненан эсалчу аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт.

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош, доруш.

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.

Б1ешерийн дохаллехь те1ош

Г1елонгахь баллийнчу хьуна,

Даймахко парг1ато елла,

Ирсан не1 йиллина хьуна.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Хьайн халкъан маьрша мохк хестош.

Хьо хьоьстуш кхиочу нанна –

Даймахкана кхайкхабеш хастам.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

К1ант: Х1инца вай дош ло Айдамиров Абузаран йо1ана Машарна.

Машар ю шен дас д1акхехьна сийлахь некъ схьалаьцна, литературин декъехь хьанала къахьоьгуш, т1екхуьучу т1аьхьенна нохчийн къоман истори йовзийтаран беркате болх беш схьайог1уш.

Йо1: Лераме накъостий! Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина:

Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада,

Адин Сурхос, Бенойн Байсангара,

Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека,

Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас…

К1ант: Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна:

Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада,

Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Салихьа,

Айдамиров Абузара, Дикаев Мохьмада,

Арсанукаев Шайхис, Хатуев 1абдулхьамида,

Джамалханов Зайндис, Рашидов Шаида, иштта кхечара а.

Вайн к1оштара поэташ, прозаикаш. Чалаев Билал, Абзотов

Йо1: Вайн к1оштахь бевзина ца 1аш, ерриге а Нохчийчохь а, цул арахьа дика бевзаш, нохчийн меттан сий-лерам беш, дахаран чолхечу новкъахь дайн оьздачу г1иллакхех ца бухуш, кхоллараллин новкъахь къахьоьгуш схьабог1у:

Абзотов Нурди Акбиев Хавас

Айдамирова Машар Цуруев Шерип

Борхаджиев Хожбаудди Дагалаева Малика

Насуханов Шамиль Воздингов Махаш

СумбулатовДени Бурчаев Хьаьлим

Саиев 1умар Матаев Анзор

Юсупов Руслан Падаров 1аьрби

Гайтукаев Асланбек Асхабов 1абдул-1азиз

Адамова Тамара Хабаев Исма1ал

К1ант: Нохчийн мотт даггара хестийна Кавказан этнографа Петр Карлович Услара, вайн матте дозаллица ладег1на Михаил Юрьевич Лермонтовс, Лев Николаевич Толстойс…

Вайн мотт дуй те

Вайн мотт дуй те

К1ант: Гоьваьллачу яздархочо Берсанов Хож-Ахьмада аьлла: «Ненан мотт – нохчийн мотт, вайн безчу эвлаяаша хьо хазбеш, хьо ларбеш бийцина. Нохчийн мотт – ненан мотт, вайн дикачу къонахаша хьо базбеш, хьан сий деш, бийцина, доттаг1ашца

к1еда-мерза, мостаг1ашца буьрса, захалонна хаза, берашца экама, г1ийлачаьрца дог хьостуш…

Мотт, духар, г1иллакхаш, къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчий ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву.

Йо1: Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан сий а лардийр дац.

Йо1: Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза.

Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар.

ц1е йолу байт юьйцур ю.

яьккхина волчу Висингериев Супьяна-Лаха-Нойберарчу

№1 йолчу ишколан 7-чу классан дешархочо

Сценарий внеурочного мероприятия ко Дню чеченского языка

1алашо: вайн мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.

Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:

Дауд :

Аганан иллица со вижош, Нана,
Вайн матте сан марзо кхиийра ахь
Т1аьххьарчу т1аьхьено хестабеш кхана
хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь

Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьехархой, хьомсара накъостий!

Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар.

Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду. Иза билгалдаькхна вайн Президента Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу шеран №207 Указца.

Нохчийн Республикан Конституцин 10-г1а статья т1аьхь а яздина ду:

Раджаб:

Вай долчу хьошалг1ахь ву……. нохчийн яздархо, поэт , публицист, историк Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович

Вай х1инца вайн хьеше дош лур ду………….. хьоьга дош ло

Дауд :

Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьлличахьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Мотт - къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

Раджаб:

Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека, Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас….

Дауд:

Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев 1арбис, Дикаев Мохьмада, Хамидов Абдулхьамида, Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев 1абдулхьамида…

Раджаб :

Иза д1айоьшар ю вайн дешархоша___________


Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.

Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа сурташ,
Маршоне, даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

Дауд :

Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. XIX -чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара иштта аьлла вайн маттах лаьцна:

Раджаб:

Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,

Мел лекха ду церан сий!

Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:

Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна, яхь.

Раджаб:

Адамаш кхетош-кхиорехь а онда г1ирс бу мотт. Ненан матто 1ама до вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ.

Диканехь я вонехь

К1оргера ян воьлча

Эхь, иман я г1иллакх,

Собар лург хиллера

Ткъа х1инца Нохчийн г1иллакхех, собарах лаьцна сценка г ойтур ю вайн дешархоша

Дауд :

Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма-хиллара, баьрче баккха беза вай.

Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Раджаб :

Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,
Хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.

Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Нохчийн майралла, оьзда хийла
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!

Сийлахьчу Октябро шуьйра некъ белла,
Тахна вай ирсехьа г1улч туьйсуш ду.
Кавказан лаьмнашкахь эшаре баьлла,
Вайн дегнаш г1иттадеш нохчийн мотт бу.

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!

Раджаб :

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1оргера бовза, г1иллакхе, оьзда и бийца а ницкъ лойла вайна! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьанакхетар. Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

Читайте также: