Къонах хьанах олу 4 класс план урока

Обновлено: 05.07.2024

Перед публикацией материала внимательно проверьте все данные, указанные в вашем профиле. Информация из профиля будет использована при оформлении документов. В случае неполного или неправильного заполнения профиля свидетельства, сертификаты и другие дополнительные документы будут сформированы некорректно.

Оценить 6170 0

Вай урокан ц1е ю - къамелан дакъош, предложенин меженаш. 1амийнарг карладаккхар.

Урокан 1алашо ю: нохчийн маттахь долу къамелан дакъойх, предложенин меженех аша 1амийнарг карладаккхар. Уьш вовшех къастор, церан грамматически билгалонаш шуна йовзийтар. Ткъа иштта, шуьца предложенин меженаш къастош болх бар.

Урок д1айолош цхьа жима дийцар доьшур ду вай.

Морфологи бохучу махкахь 1аш къамелан дакъош хилла. Цхьана дийнахь цара къоьвсина, муьлха къамел дакъа ду коьртаниг, муьлха къамелан дакъа хила деза Морфологи бохучу махкахь Паччахь.

- Со коьрта къамел дакъа ду. Сан дешнаша х1ума билгалйо, а шу сан билгалонаш а, дар я хилар а ду. Ткъа дешт1аьхьенаш-м хумма билгал а ца йо.

- Со доцуш хила хьажал!-халахетта Хандашна. - Со дацахьара муха эр дара ахьа Б1аьсте а еана, малх а кхетта?

-Сан дешнаш а ч1ог1а оьшуш ду, - аьлла билгалдашо. - Со дацахьара муха эр дара ахьа,сийна стигал, к1орга хи?

- А со дацахьара, -аьлла дешт1аьхьено,- предложени шуьга х1отталур а яцара.

Моьттурдац!- дуьхьал даьлла Ц1ердош.- Х1уманан билгало, х1уманан дар я хилар! Муха шу хийцало? Хьо, билгалдош,со лаьттачу дожарехь, терахьехь, классехь лаьтта. Ткъа хьо, хандош, ас аьллачу х1уманийн дар я хилар гойтуш 1а. Цундела Морфологин Паччахь со хила деза - Ц1ердош!

Дуккха а къийсалуш 1ийна уьш, коьртаниг къастош. Цхьа барт ца хила цера.

Хьоме дешархой, вай х1окху урокехь царна г1о дийр ду церан къовсамехь. Жоп лур ду, муьха къамел дакъа ду коьртаниг морфологехь.

Муьлха къамелан дакъош девза вайна? Дагадаийтий вай?

5-чу классехь вай дийцира къамелан дакъош:

Ц1ердош, Билгалдош, Ц1ерметдош, Терахьдош, Хандош.

Нохчийн маттахь, дерриге а дагардича итт къамелан дакъа ду.

Коьрта - 6 къамел дакъа: Ц1ердош – имя существительное, Билгалдош – имя прилагательное, Терахьдош – имя числительное, Ц1ерметдош – местоимение, Куцдош – наречие, Хандош – глагол

Г1уллакхан къамелан дакъош – 3 ду: Дешт1аьхье, Хуттург, Дакъалг

Кхин цхьа къамелан дакъа а ду, коьрта я г1уллакхан а доцуш, ша лаьтташ - цунах айдардош олу (оьрсийн маттахь междометие).

Къамелан дакъош (части речи)

Ц1ердош – имя существительное.

Билгалдош – имя прилагательное.

Терахьдош – имя числительное

Ц1ерметдош – местоимение. Коьрта къамелан дакъош

Куцдош – наречие.

Хандош – глагол.

Дешт1аьхье - предлоги

Хуттург - союз Г1уллакхан къамелан

Дакъалг - частица.

Айдардош - междометие

Х1ора къамелан декъан ю шеен-шен морфологически а, синтаксически а

бигалонаш. Масалш а далош хьовсур ду вай.

I. Х1ума билалъечу къамелан декъах ц1ердош олу. Цо жоп ло Х1ун? Мила?

Муьлш? бохучу хаттаршна, масала: некъ, говр, к1ант, белхало, лаьмнаш.

Вайна ма-хаъара, ц1ердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало.

Предложенехь ц1ердош, шен маь1не хаьжжина, подлежащи, кхачам, латтам, къастам, т1едерзар хила тарло.

1. Барзо узарш ца до.

Барзо - ц1ердош, подлежащи. Узарш- ц1ердош, нийса кхачам.

2. Асхьаб хьуьжаре деша вахна.

Хьуьжаре - ц1ердош, латтам.

3. Хеда, хьо хьуьжаре йог1ий?

Хеда - ц1ердош, т1едерзар.

4. Х1уманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттаршна жоп а луш долчу къамелан декъах билгалдош олу.

К1айн коч, юккъера кор, вешин к1ант, стохкалера шо.

Билгалдешан ц1ердашца уьйр хуьлу:

Масала: лекха лам,1аьржа мархаш, лулахойн керт.

Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца а хийцало:

Масала: доккха ц1а-даккхий ц1енош, доккха дитт - даккхий дитташ.

Дукха хьолахь билгалдош предложенехь къастам хуьлий лела, амма шен маь1не хьаьжжина подлежащи, кхачам, т1едерзар а хуьлу.

Бацалахь лепара бес-бесара зезагаш. (бес-бесара - къастам)

Царалахь воккханиг тхуна т1евеара. (воккханиг - подлежащи).

Тайнигех жиманиг къастийра Маликас. (жиманиг - кхачам бу).

Хьомениг, хьо х1ун лелош вара ехачу аьхка? (Хьомениг - т1едерзар ду).

Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.

Терахьдашо маса? масалг1а? бохучу хаттаршна жоп ло.

(исс, итт, шолг1а, пхуьйтталг1а).

Умидатан берх1итталг1а шо ду.

Ц1ЕРМЕТДОШ – КЪАМЕЛАН ДАКЪА ДУ.

Ц1ердашан, билгалдешан, терахьдешан метта лелачу къамелан декъах Ц1ерметдешнаш олу.

Х1етахь со жима вара. Делахь а, суна дагадог1у дерриг а.

Хьалхарчу предложенера ц1ерметдош – со, шолг1ачу предложенехь суна.

Уггар доккха къамелан дакъа хандош ду. Дикачу белхалочо санна, 24 сахьта чохь болх бо цо. Оцу къамелан декъо х1уманан дар я хилар гойту.

Хандашо жоп ло х1ун дан? х1ун хила? х1ун до? х1ун хуьлу? и.д1.кх. бохучу хаттаршна.

Яздо, доьшу, хьоьжу, шелъяла, йохъяла, шелло, доьшу, сахуьлу.

Предложенехь хандош сказуеми хуьлий лела.

Коьртачу къамелан дакъойх кхин цхьа къамелан дакъа а ду вай хьахо дезаш. Иза куцдош ду.

Куцдош йоккхачу стагах тера ду ала мегар ду, х1унда аьлча цо хоьтту Муха? Маца? Мичахь? Х1унда? Х1ун 1алашо йолуш?

Бераша гурахь синтарш дуьйг1ира.

Дуьйг1ира (маца?) гурахь. – Куцдош, латтам.

Вай хьалха ма-аллара, нохчийн маттахь, г1уллакхан къамелан дакъош а ду.

Царах лаьцна вай т1ейог1учу хенахь 1амор ду.

Уьш кхоъ ду: дешт1аьхье, хуттург, дакъалг.

Г1уллакхан къамелан дакъоша дар я хилар а ца гойту, х1ума билгал а ца йо, х1уманан билгало а ца гойту, масалла я рог1алла а ца гойту, предложенин меженаш а ца хуьлу.

Дешт1аьхьено - Ц1ердешан, Билгалдешан, Терахьдешан, Ц1ерметдешан кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойту.

(Класс чохь, стоьла к1ел)

Хуттурго - Предложенин меженаш я предложенин дакъош вовшахтосу.

(Султана мохь беттара, амма цхьа а гучу волуш вацара)

Дакъалг - дешнашна я дийначу предложенешна тайп-тайпана маь1на ло.

(Вахарий техьа Супьян эсий дажо?)

Кхин цхьа къамелан дакъа ду нохчийн маттахь - айдардош.

Х1уманан я г1уллакхан хаадалар хазахетарца, инзарваларца, азтардарца, кхайкхарца билгалдечу дешнех айдардош олу.

Эх1, ма тамашийна г1уллакх ду-кх х1ара! Ой, х1инца баккъал дешна а ваьлла, ц1а веана-кх хьо!

Хьоме дешархой! Вайна ма-гарра Морфологи бохучу пачхьалкхехь Паччахь хуьлийла дац, х1унда аьлча, массо къамелан дакъа вовшашца доьзна ду. Вовшашна г1оьнна д1ах1иттина ду. Цхьаъ юкъара д1адаьккхича Пачхьалкх юхур ю. Цундела уьш х1ора а вайн маттахь ч1ог1а оьшуш а, мехала а ду. Вай 6-чу классехь царах долу хаарш шордеш, дуккха а керла х1уманаш а довзуьйтуш болх бийр бу шуьца.

Х1инца вай карладохур ду предложенин меженех долу хаарш.

Вайна ма хаара нохчийн маттахь предложенин меженаш екъало шина тобане: коьрта а, коьртаза а. Подлежащи, сказуеми, коьрта меженаш ю. Кхачам, латтам, къастам коьртаза меженаш ю.

Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах подлежащи олу.

Арахь схьакхетта бовха малх.

(Малх подлежащи ду, сказуемино малхах лаьцна дуьйцу).

Подлежащина буха цхьа сиз хьокху. ( ______ )

Предложенехь подлежащех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах сказуеми олу.

Цо жоп ло цо (х1ун до? х1ун хуьлу? х1ун дийр ду?) иштта кхин д1а а долчу хаттаршна.

Гурахь олхазарш бовхачу махка д1адоьлху.

(х1ун до? - д1адоьлху – сказуеми, д1адоьлху (х1ун?) - олхазарш). Подлежащих лаьцна дуьйцу.

Сказуемина к1ел ши сиз хьокху.

Кхачамах лаьцна дийцале вайна хаа деза, кхачам шина кепара хилар: нийса кхачам, лач кхачам

Ц1ерниг дожар нийса дожар долун дела, дар я хилар шена т1еузуш болчу кхачамах нийса кхачам олу. Цо ц1ерниг дожаран хаттаршна жоп ло Мила? Муьлш? Х1ун? Нийса кхачам хаьдда сиз хьакхарца билгалбоккху.

Эсета хаза бедарш тоьгу.

(Эсета тоьгу (х1ун?) бедарш).

Лач дожарийн хаттаршна жоп а луш, предложенийн меженашна юккъера тайп-тайпана уьйраш а гойтуш болчу кхачамах лач кхачам олу.

Лач кхачаман хаттарш: Хьаьнга? Стенга? Хьанна? Стенна? Хьанах? Стенах? Хьанал? Стенал?

Лач кхачаман к1ела а хаьдда сиз хьокху.

Дешархоша яздархочуьнга хьошалг1а кхайкхира.

Кхайкхира (хьаьнга?) яздархочуьнга – лач кхачам.

Предложенехь х1уманан билгало гойтучу коьртазчу меженах къастам олу.

Цо хаттаршна жоп ло: Муха? Муьлха? Мичара? Хьенан? Стенан? Мацалера?

Предложенехь дукхахьолахь къастам ц1ердашна хьалха хуьлу. Далор ду вай масалш.

Бацалахь лепа ц1ен а, можа а, сийна а зезагаш.

Х1ун до? – лепа (сказуеми ду), лепа х1ун? – зезагаш (подлежащи)

Лепа муха зезагаш?- ц1ен а, можа а, сийна а (х1орш къастамаш бу)

Г1уллакх маца, мичахь, муха я мича кепара, мича 1алашонца, х1унда я мича бахьаница хуьлу гойтучу коьртазчу меженах ЛАТТАМ олу.

Цундела латтамна х1итто тарло х1ара хаттарш: Маца? Мичахь? Муха? Стенга? Х1унда? Мича бахьаница? Мича 1алашонца? Предложенехь латтам хаьдда сиз-т1адам хьакхарца билгалбоккху. Масалш далор ду вай.

Бераш школехь дика доьшуш ду. (доьшуш ду муха? – дика- латтам).

Тулг1енашца мохь бетташ, доьдура Орга.

Муха доьдура Орга?- Тулг1енашца мохь бетташ.

Х1инца х1окху урокехь вай дийцинарг т1еч1аг1деш, ц1ахь кхочушдан хьовса иштта т1едиллар. Д1а а язъяй синтаксически къастае х1ара предложенеш:

4 класс. Чеченская литература. Тема: классал арахьара ешар

1алашо : ловзаран кепехь 1амийнарг карладаккхар; Даймехкан 1аламан суьрташ довзар таллар, нохчийн литературе безам кхоллар, цуьнан хазалла ган 1амор.

Г1ирс : яздархойн суьрташ, бераша дехкина суьрташ, диттийн суьрташ, олхазарийн , акхаройн суьрташ.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

2.1алашо йовзийтар.

-Чакхдели книжкин цхьа дакъа, Цу декъа т1ехь вайна ч1ог1а дукха далийна дара Даймехкан 1аламан суьрташ.Вайн тахана ша- тайпана урок ю. Тахана вай ловзарца талла а толлуш карладоккхур ду шуна 1еминарг.

-Шу доькъур ду кхаа тобане. Шайн тобанашна шаьш харжа ц1е.

3.Муьлхачу стихотворенин яйна кийсак?

Де додий, дин хохкий доьду

Дахаран кхоьлинчу некъаца,

Буьйсанан хан-зама йоьду

Ах йича сов йолчу набарца.( Ш. Окуев. Гуьйре)

Шен кетир лоьхуш ву.

Корталех хьерчаш ю.(Гуьйре. Хь.Хасаев)

Шийла ю мел йогу 1уьйре.

Беркате шуьйра т1ам хецна,

Меллаша т1ег1ерта гуьйре.

Хьаннаш ю дашо бос эцна.(Ч1ег1ардиг. З.Сулейманова)

Латта лийчо.(Аьхкенан сурт.З Сулейманова)

Туьйранаш дуьйцу ас

Кет1арчу т1улга т1ехь(1. Мамакаев. Дагалецамаш).

4. Тидамаш бовзар.

Олхазарш 1уьйранна буьрка санна дусаделла хилча …(де шийла хуьлу)

1уьйренци дохк хилча….(де декхна хуьлу)

5.Муьлхачу дийцаран яйна кийсак?

Делахь,Халид, мА дика ду-кх ахь и туьха дохьуш. Кху шарахь ламанца дежийла дика а хилла,хьуьнхахь стоьмаш, дечигаш, х1уш дукха а хилла , ч1ог1а а оьшура туьха.(Лаьмнашкахь. Хь.Хасаев)

Олхазарш д1атарделла довлушшехь, орцал т1ехьара, маьлхан цхьа дакъа гучуделира. Моссо а олхазар малхехь а дирзина 1ара.(Шийла 1уьйре.Хь.Хасаев)

7.Сада1аран миноташ.

8.Д1аеша суьттанна йог1у к1айдарг.

(Бераша шаьш дехкинчу суьрташна йог1у к1айдарг лаха а лохий д1айоьшу)

9.Суна хаьа пхиъ х1ума.

1)Пхиъ яздархо.

3.Пхиъ дийнат.

10. Исс хаттар.

-Муьлха яздархо ца 1амийна вай кху декъехь?(З. Сулейманова, Ш. Окуев,Ж. Махмаев.)

-Муьлханиг ду л у?(сурт).

-Муьлханиг ду ч1егардиг?

--Муьлха яздархо ца 1амийна вай кху декъехь?(Хь. Саракаев,1.Мамакаев, М. Айдамирова)

-Муьлханиг ю акха газа?(сурт)

-Муьлханиг ю алкханч?

-Муьлха яздархо ца 1амийна вай кху декъехь?(Д.Кагерманов, М. Мамакаев, Ш Окуев)


РАБОЧАЯ ПРОГРАММА

ПО УЧЕБНОМУ ПРЕДМЕТУ «ЛИТЕРАТУРНОЕ ЧТЕНИЕ

КОСУМОВОЙ АЙШАТ ЗАЙНАДИЕВНЫ

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

белхан программа х1оттийна хIокху документийн бух тIехь:

Примерная основная образовательная программа начального общего образования (одобрена решением федерального учебно-методического объединения по общему образованию (протокол от 8 апреля 2015 г. № 1/115);

Учебный план образовательного учреждения на 2020/2021 учебный год.

Литературни ешар - юьхьанцарчу классийн предметашна юккъехь коьртачарах цхьаъ ю. Нохчийн матто санна, цо а 1амадо бер шера а, нийса а яздан, аьтто бо юккъара кхиарехь а, г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш т1ехь кхиош а. Х1окху предметехь кхиамаш бахаро таро ло берана юьхьанцарчу школан вукху предметашца ларош деша.

1 класс- 66 сахьт (33 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

2 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

3 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

4 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

Программа лерина ю 4 шаранна.

ПРЕДМЕТ 1АМОРАН 1АЛАШОНАШ

-кхетаме, нийса, шера къастош еша;

-ша йоьшучу текстан а, цуьнан чулацамца йолу шен юкъаметтиг а билгалйоккхуш болчу къастош ешаран коьртачу г1ирсех (соцунг1а, интонаци, маь1нин тохар, ешаран чехкалла) пайда а оьцуш, еша;

-дешаран книгин чулацамах кхиар, шенна справочни аппаратах пайда эца хаар (т1етовжар, корта, абзацаш и д1. кх. а.);

-исбаьхьаллин -кхоллараллин а, х1ума довзаран а хьуьнарш шегахь кхиор, исбаьхьаллин произведенино шена бина т1е1аткъам шен синхаамашца бовзийтар; дешан исбаьхьалле йолу эстетически юкъаметтиг кхиор;

-исбаьхьаллин текстан г1ирсашца синъоьздангаллин мехаллаш юьхьанцарчу классийн дешархошкахь кхиор; дика а, вуо а къасто хууш, кхидолчу къаьмнашка лерам болуш кхиор.

Юьхьанцарчу школехь литературни ешаран коьрта 1алашо - иза шена оьшшу книга харжа хаарца а, и кхеташ ешарца а ша-шен терго яран дешар карадерзоран хьуьнарш шегахь кхиор ю. Цу г1уллакхана ох1ла хилар билгалдолу ешначух кхеташ, дика еша хаарехь, книгаш йовзарехь а, шенна харжа хаарехь а, шен синъоьздангалла лакхаяккхарехь книга оьшуш хиларх кхетам кхиъна хиларехь а.

ПРЕДМЕТ 1АМОРЦА ДОЬЗНА ДОЛУ ЖАМ1АШ

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза личностни жам1аш:

Россин юкъара этнически а, граждански а цхьааллаш кхиор, вуьшта аьлча

ша муьлхачу къоман векал ву а, Россин пачхьалкхан гражданин ша хилар а кхетор; юкъара российски а, граждански а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а мехаллаш шегахь кхиор;

-исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь шегахь адамаллин а, демократически а мехаллаш кхиор;

-шен къоман культурех, бусулба динах а долу хаарш хилар, кхечу къаьмнех а, церан культурех, динах лаьцнарг а девзаш хилар; кхечу къаьмнийн культуре а, динца доьзначу ламасташка а ларам шегахь хилийтар;

-шен къоман г1иллакхаш а девзаш, кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а, динца а йоьзна йолу юкъаметтигаш ларъян хаар;

-доьзалан ламасташка тергаме хила везар шегахь кхиор,

1алам лардан а, шен а, нехан а могушалла ларъян езарх кхеташ хилар;

-таханлерчу дуьненахь вахаран 1алашонца шен амал кхиор; шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а девне ца вуьйлуш, машаре ваха болу лаам шегахь кхиор;

-дешархочун социальни декхарш карадерзор; дешаре лаам кхиор; дешар шена оьшуш хиларх кхетар;

-къоман а, кхийолу а литература ешарца синъоьзданагаллин мехаллаш а, эстетически синхаамаш шегахь кхиор.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза метапредметни жам1аш:

-дешаран 1алашонех а, декхарех а кхеташ хилар, кхоллараллин кепара хьесапаш кхочушдар;

-шена хьалха х1оттийнчу декхаре хьаьжжина, дешаран декъехула билгалдан леринарг къасто а, цуьнан мах хадо а, и кхочушдархьама эвсаре некъ харжа а хаар;

-ша баьхначу кхиамийн бахьанех кхеташ хилар шегахь кхиор (ткъа иштта цададаларан бахьанех а, иза лазаме ца долуьйтуш т1еэца хууш а хилар;

-коммуникативни а, х1ума довзаран а декхарш кхочушдаран 1алашонца меттан г1ирсех пайда эцар;

-дечун логически кепаш (дустар, анализ, юкъара маь1на дар) караерзор;

-кхечу къаьмнийн нийсархошца цхьаьна дечу г1уллакхашкахь юкъара 1алашонаш билгалъяр, хьан, х1ун дийрду къастор, цаьрца цхьаьна тергам латтор, ша а, вукхара а дечун цхьанакепара мах хадор; девне ца дерзош, 1оттаме дерш д1адерзор, ларамца т1еэцар кхечу къомах волчун амалехь дерг;

-базови предметийн кхетамаш, кхечу предметашца боьзна кхетамаш а караберзор, шен предметца уьш буозар.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза предметаца доьзна долу жам1аш:

-къоман а, дуьненан а, культурийн хилам а, синъоьздангаллин мехаллаш, ламасташ лардаран а, кхид1а а д1акховдоран г1ирс санна литературех кхетар;

-ша-шен кхиарехь ешаран мах лакхара хиларх кхетар; виллина йоьшуш хила везаш хилар болу лаам шегахь кхиор; дуьненах а, къоман исторех а, культурех а болу кхетамаш кхиор; юьхьанцара г1иллакх-оьздангалла кхиорехь литературо д1алоцу меттиг къасто а, дика а, вуо а х1ун ду хууш хилар;

-х1унда еша еза бохучух кхеташ хилар, цу декъехь тайп-тайпанчу ешарх пайда эцар;

-дешаран а, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин тексташ ладог1арца т1еэца а, кхеташ еша а, цхьанатайпана царах кхета а хууш хилар; стихотворенин кепехь йолу тексташ къастош ешаран юьхьанцара хаарш карадерзор;

-прозаически исбаьхьаллин произведенеш юхасхьайийца а, церан чулацамах долчу хаттаршна жоьпаш дала а, ешначу дешаран, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин текстийн бахьанин-т1аьхьалонийн з1енаш къасто а хаар карадерзор;

-меттан бакъонаш а ларъеш, йозанехь а, барта а доцца дийцарш х1итто хаар карадерзор;

-хьайца къамел деш волчуьнга а ладог1а а, цо дуьйцучуьнца реза вацахь а, делил далорца айхьа бохург т1еч1аг1дан а, г1иллакхехь вистхила а, диалог д1аяхьа а хаар карадерзор;

-исбаьхьаллин текстийн башхаллийн дуьхе а кхуьуш, дешаран, 1илманан, исбаьхьаллин тексташ вовшех къасто хаар;

-ешначу исбаьхьаллин, 1илманан, дешаран текстийн теманах, коьртачу маь1нах кхеташ хилар; исбаьхьаллин текстехь балийна меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, яздархочо мича 1алашонца уьш юкъа балийна а хаар;

-ша ешначу исбаьхьаллин произведенин мах хадо а, цунах лаьцна шена хетарг ала а хаар;

-ешначу текстехь йолу синъоьздангаллин мехаллаш йовзийта а, уьш шегахь кхио а хаар;

-оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин произведенийн персонажаш (дакъалацархой) вовшашца буста а, церан амалехь, г1уллакхашкахь цхьаьна дог1ург схьа а лохуш, царна харакатеристика яла а, цаьрга шен болу хьежам гайта а хаар;

-шена хаза хета книга шенна схьахаржа а, т1ебузучу хаамийн справочни хьостанех пайда эца а хаар.

Шуьга ду маршалла Хьомсара дешархой. Дехийла,ирс хуьлда, Ховшалаш шу охьа Могуш-маьрша шу гар- Дийнан беркат ду. 1илмане шу кхийдар- Мах боцу совг1ат.

Аг1о 107-108 шардар№ 209

Чулацамах лаьцна къамел дар. -Х1ун хила шина накъостана? -Х1ун дира цара? -Х1ун дира чано? -Х1ун моьттира чанна? -Х1ун дира дитта т1ерачо? -Муха жоп делира вукхо? -Х1ун хьоьху вайна дийцаро?

План 1.Ча т1е 1оттаелира. 2. Велла моттийтар. 3. Накъостийн къамел. г1оьнна дешнаш Ваханера, 1оттаелира, хьалавелира, висира, ехира , моьттира , д1аяхара.

Рефлекси -Со реза ву (ю) айса бинчу балхана. -Со д1оггара реза вац (ю) айса бинчу балхана, со хьожур ву дикка болх бан. -Со ца кхетта.

По теме: методические разработки, презентации и конспекты


Презентация по русскому языку Имя существительное 4 класс

Презентация по русскому языку для\ 4 класса. Обобщение по теме имя существительное. В форме теста. Контрольные и измерительные материалы.


Урок - презентация по русскому языку ""Космическое путешествие", 1 класс

Урок - презентация по русскому языку в 1 - ом классе, посвящен Дню космонавтики. Ребята отправятся в увлекательное космическое путешествие, где будут выполнять интересные задания по изученному материа.


Презентация по русскому языку "Имя прилагательное".2 класс

Презентация к уроку по русскому языку на тему "Имя прилагательное".

Презентация по русскому языку "Личные местоимения" 3 класс

Презентация по русскому языку "Личные местоимения" 3 класс.

Презентация по русскому языку для 3-4 классов "Безударные гласные"

Правописание безударных гласных букв в корне слова является слабым местом в работах большинства учащихся. Данный вид заданий предназначен для отработки данного правила. В заданиях повторяется алгоритм.


Презентация урока русского языка "Изложение" для 2 класса по программе "Перспектива"

В данной презентации представлен план урока написания изложения "Синичка" для 2 класса по программе "Перспектива".

Читайте также: