Хандешан чаккхенгахь н яздар 7 класс план урока

Обновлено: 17.05.2024

Халабаджах Инна Михайловна: Русский язык: 7 класс. I полугодие. Планы-конспекты уроков

Планы-конспекты уроков русского языка для 7-го класса составлены в соответствии с действующей примерной Программой основного общего образования по русскому языку для образовательных учреждений с русским языком обучения (базовый уровень). Пособие содержит календарно-тематическое планирование, планы-конспекты 61 традиционного и нестандартного урока. План-конспект каждого урока расположен на отдельном листе с перфорацией и полями для записей. Для учителей-словесников, студентов филологических факультетов.

Добавить комментарий

Чтобы оставить комментарий вы должны авторизоваться или зарегистрироваться.

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашо: Дешархошна хаа деза, нохчийн мотт бийца атта а, хьалдолуш а хилар. Муха кхоллабелла х1инцалера нохчийн литературни мотт. Иштта хаа деза, нохчийн мотт буьйцуш берш мичхьа бехаш бу.

Урок д1аяхьар

1.1амийнарг карладаккхар

1.Муха кхета шу нохчийн поэта Сулаев Мохьмада аьллачу дешнех:

… Массарел хьоме ю вай дина эвла,

Массарел хаза бу вайн нохчийн мотт!

1.Шуна хетий иштта? Дийца шайн дахарехь нохчийн матто д1алоцучу меттигах лаций.

2. Кхеторан диктант

3. Маттах лаьцна долу хаарш т1еч1аг1дар

1. Кхочушде 1-ра шардар.

2. Нохчийн яздархойн, поэтийн фамилеш а, церан произведенийн ц1ераш д1аязъе.

3. Нохчийн маттах лаьцна хьайна дагахь хууш йолу байташ еша. Мила ву церан автор? Айхьа язйой ахьа нохчийн маттахь байташ, дийцарш. Туьйранаш?

4. 5-чуй. 6-чуй классашкахь нохчийн маттахь сочиненеш а, изложенеш а, диктанташ а язъеш кхиамаш муха бара хьан?

4. Дозуш долу къамел кхиор

5.Ц1ахь бан болх

1.Ненан маттах лаьцна кицанаш язде.

2.Сочинени- ойлаяр язъе шаьш хаьржинчу темина.

Урокан ц1е: Билгалдош, цуьнан билгалонаш

1алашо: Билгалдешан грамматически билгалонаш карлаяхар. Билгалдашах долу хаарш к1аргдар. Цо предложенехь до синтатсически г1уллакх къастор. Билгалдешан дожаршкахь хуьлу чаккхенаш.

Урок д1ахьар

1.Ц1ахь бина болх таллар

1.Дешархошка йоьшуьйту ц1ахь язйина сочиненеш- ойлаярш. Г1алаташ нисдо.

2.Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо бераша нохчийн маттах лаьцна кечдина кицанаш.

- Муха бу церан чулацам?

2.Хьалххе-хаийтаран диктант

Билгалдашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.

1. Стенах олу билгалдош?

2.Дийца цуьнан дожаршца хийцадаларх лаций.

3.Билгалдешнийн маса тайпа ду? Муьлхарш ду уьш? Даладе масалш.

4.Терахьашца а, классашца а хийцалой уьш? Даладе масалш.

3.1амийнарг т1еч1аг1дар

1.Муха хила деза х1окху дешнийн цхьанакхетарехь долу дешнаш дукхаллин терахьехь:

Доккха дитт

Йоккха хьун

Боккха некъ

Воккха к1ант

Доккха б1ар

Буткъа сара

Дуткъа к1ади

2. Легаде жима кор, йоккха байракх, йистера т1улг, юккъера ц1а.

- Муьлха чаккхенаш ю билгалдешан лач дожаршкахь?

3. Д1аязде дешнаш. Йийца церан нийсаяздаран бакъо: ал бос- ал басахь, раз некъ-раз некъаца, пурх сиз –пурх сизаца.

4. Легаде вешин машен, т1улган некъ, дешархойн тоба, ненан дог боху дешнийн цхьаьнакхетарш.

5. Легаде: юьртара стаг, стохкалера де, бешара зезагаш- дешнийн цхьаьнакхетарш.

4. Гайтаран диктант

5. Дешархошка шаьшка болх байтар

Кхочушдо 6-г1а шардар

6.Ц1ахь бан болх

1.Билгалдашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.

2. Кхочушдо 4-г1а шардар.

Урокан ц1е: Ц1ерметдош, цуьнан билгалдош.

1алашо: Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар: легар, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр, цо предложенехь деш долу синтаксически г1уллакх.

Урок д1аяхьар

1.Ц1ахь бина болх таллар. Дешархошка уьн т1ехь болх бойту кехаташца.

2.Кхеторан диктант

3. 1амийнарг карладаккхар

4. 1амийнарг т1еч1аг1дар

1. Кхочушде 7-г1а шардар

2. Комментированни яздар

5. Ц1ахь бан болх

1. Карладаккха ц1ерметдашах лаьцна 1амийнарг.

Урокан ц1е: Хандош, цуьнан билгалонаш.

1алашо: Хаа еза хандешан грамматически билгалонаш, карлаяха еза церан нийсаязъяран бакъонаш, хенаш.

Урок д1аяхьар

1.Хьалххе хаийтаран диктант

2.1амийнарг карладаккхар

3.Учебник т1ехь хандош карладаккха деллачу хаттаршна жоьпаш ло, масалш даладо.

Кхочушдо 10-г1а шардар

4.Гайтаран диктант

Уьн т1е хьалххе язйина байташ:

1.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:

1-ра кеп: 1) кхочушдо 12 –г1а шардар

2) Морфологически къастам бе хьалхарчу предложенехь долчу хандешнашна.

3)Шаьш язйинчу предложенех цхьанна морфологически къастам бе.

2-г1а кеп: 1) 12- чу шардарера т1аьххьара 9 дош юкъа а далош, предложенеш х1иттае.

Ц1ахь бан болх.

1.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.

Кхочушде 11-г1а шардар. Морфологически къастам бе хаза х1ума, хьоьца веара, лаьмнашкахь кхуьу.

Урокан ц1е: 6-чу классехь хандашах лаьцна 1амийнарг карладакхар.

1алашо: Карлаяха хандешан грамматически билгалонаш,церан нийсаяздаран бакъонаш, хенаш.

Урок д1аяхьар

1.Хьехархочун дош

2.1амийнарг карладаккхар

1.Д1аязъе предложенеш. Морфологически къастам бе царна.

1) Дайн г1илакхаш хьалхе яьккхира…

2) Догдика, къонах стаг яра Шахмирзин ненайиша.

3) Дахар а ца нисделлера цуьнан.

- Муьлха къаелан дакъош ду предложенешкахь?

Шуна ца девзаш долу къамелан дакъош дуй кхузахь?

- Схьаязде хандешнаш. Йийца церан грамматически билгалонаш; предложенехь муьлха меже хуьлий лела уьш?

- 2-чуй , 5-чуй предложенешна синтаксически къастам бе.

- муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалзачу кепехь долчу хандешнаша.

Дешнийн диктант

Орфографически 5 минут. Дешнаш т1ехь болх

- Акха бохучу дешан маса маь1на ду?

6. Дешархошка шайга болх байтар

Кхочушдо рог1ера шардар

7.Ц1ахь бан болх

1. Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха

2. Кхочушде 15-г1а шардар

Урокан ц1е: Хандешан саттамаш. Билгала саттам.

1алашо: Хаа деза, муьлха саттамаш бу хандешан. Х1ун гойту х1ора саттамо. Билгала сттам кхачам боллуш 1амо беза.

Урок д1аяхьар.

1.Орфографически 5 минот

2.Комментированни яздар

3.Керла коьчал йовзийтар

Цо гойту г1уллакх массо а хенашкахь хилар, иза билгала кхочуш хилар.

Цуьнан кхо кеп ю:

веа, веара, веана, веанера, вог1ура, вог1у, вог1ур ву;

хаьтти, хаьтира, хоьтту, хоьттур ду.

Дацараца: 1еми. Ца левзи, ца лийхи.

Ч1аг1даран: ма кхечи, ма эли, ма ваха.

Хаттаран: Кхечирий? Веарий?ттуьйлирий?

1V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 19-г1а шардар.

5.Гайтаран диктант.

1. Стенах олу билгала саттам? Даладе масалш.

2.Муха хуьлу хандешнийн кепаш? Даладе масалш?

7. Ц1ахь бан болх.

2. Кхочушде 20-г1а шардар. 7-чу предложенина синтаксически къастам бе.

Урокан ц1е: Билгала саттам.

1алашо: Хаа деза, муьлхачух олу хандешан билгала саттам,х1ун гойту цо, муьлха билгалонаш ю цуьнан.

Урок д1аяхьар

1.Ц1ахь бина болх таллар

Дешархошка болх бойту уьн т1ехь кехаташца.

2.Кхеторан диктант

3. Дешнаш т1ехь болх

4. Учебникца болх байтар

1.Кхочушде 21-г1а шардар

5. Бакъонца цадог1ург д1адаккха:

1. Летира,летта,лети,ма лети

2. Виги,вуьгур ву,вигира, ца виги.

3. Эли, элира, эр ду, аьллера.

4. Гойту, 1ойту, тойту, тоьлу.

6. Ц1ахь бан болх

1. 1-ра *карлаяккха.

2. кхочушде 22-г1а шардар. Шуьшиъ бохучу дашна морфологически къастам бе.

Урокан ц1е: Хандешан бехкаман саттам.

1алашо: Хаа деза,хандешан бехкаман саттам стенах олу. Цо х1ун гойту.

Урок д1аяхьар

1.1амийнарг карладаккхар

2. Керла коьчал йовзийтар

3.Уьн т1ехь хьалххе язйина кеп.

Цо дар я хилар мича хьелашкахь кхочушхуьлу гойту:

Иза кхоллало хандашна

т1е –ахь, -ехь, -хьара суффиксаш кхетарца:

Кхаа хенахь лела:

Вай нийсачу новкъа даг1ахь, сарахь ц1а кхочур ду.

Накъост ваг1ахьара, оха къамел дийр дара.

Хьайн хеннахь ваьллехь, хьуна ахча дала дезара.

Хьо кхетар велахь, д1аеша бакъо.

3.1амийнарг т1еч1аг1дар

1. кхочушдо 24- г1а шардар.

2.Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязде предложенеш;

Хандешнийн саттамаш билгалбаха.

1)Хьайн ден-ненан сий дахь, сий долу шву хьо.

2)Хьо дика хилахь, нах а дика хуьлу хьоьца.

3)Стаг сиха г1ахь, динара вужур ву.

4)Д1адаьлларг дицделлехь, иза юха ца дог1у.

5)Цкъа Макка Хьаьжа- ц1авахнехь, велча а бен ца хета суна.

- Шолг1ачу предложенина синтаксически къастам бе.

Ц1ахь бан болх

2.Кхочушде 26-г1а шардар.

Урокан ц1е: Хандешан лааран саттам.

1алашо: Хандешан лааран саттам бовзийтар. Кхечу хандешнийн саттамах лааран саттам къасто хаар.

Урок д1аяхьар

1амийнарг карладаккхар

Стенах олу ц1ердош. Билгалдош, терахьдош? Муха ю церан грамматически билгалонаш? Даладе масалш.

Легаде таллархо, нана, таллархой, наной. Чаккхенаш билгалъяха.

Легаде стохкалера шо, стохкалера шераш; б1ьрзе стаг, г1амарийн гунаш. Чакккхенаш билгалъяха.

Уьна а, тетерадаш т1е а д1аязъе предложенеш, синтаксически къастам бе царна:

1)Ткъолг1а де дара йочанаш йолу, амма берийн самукъадолура шахматех, шашаканех, доминох ловзуш.

2)Цергийн лоьрана т1е кхача луучарех йолхалг1а яра Малика.

3)Кхузткъалг1а шо дара сан дененан.

4)Пхийтталг1а шо долуш волу к1ант доьзалехь дош лелаш вара.

- Билгалдаха терахьдешнаш. Муьлхачу тайпанан ду уьш? Церан нийсаяздаран бакъонаш йийца.

Гайтаран диктант

Керла коьчал йовзийтар

1.-Х1ун ю вайн урокан ц1е?

-Х1унда аьлла оцу хандешан саттамах –лааран?

Лексически маь1на муха ду цуьнан? Цхьа х1ума хила лаар гойтий цо?

2.Д1аязъе уьна а, тетрадаш т1е а кеп.

Цо гойту дар я хилар кхочушхила лаар

Хандешан билгалзачу кепана т1е хьара суф. кхетарца

Карарчу хенан т1е –йла (-ийла),-ий –ла, -да, (-лда) кхетарца

Билгалчу саттамна т1е г1оьналлин хандош делара, велара, елара, белара, кхетарца.

–Де дика хуьлда хьан! –Марша вог1ийла!

Со –суо вана велира цуьнца

Алахьара дицлахьара х1оттахьара хазахьара ваг1ахьара дийцахьара тешахьара

Хуьлийла уьйдийла дохулда дуттийла лорийла хуьлийла

Вог1ур велара эр делира х1уттур велира хьоькху делира лорур елира.

- х1ун гойту лааран саттамо?

_ муха кхоллало иза хандешан билгалзачу кепах?

- Карарчу хенахь долчу хандешнех кхоллалой лааран саттам?

Жам1 дар. Муха кхоллало лааран саттамехь долу хандешнаш? Х1ун гойту цара?

-Кепан х1ора б1ог1амалга язде шайн масалш.

4. 1амийнарг т1еч1аг1дар

2. д1аязде билалзачу кепан хандешнашна уллохь церен лааран саттам:

5.Ц1ахь бан болх

2. кхочушде 29-г1а шардар.

Урокан ц1е: Хандешан т1едожоран саттам.

1алашо: Хаа деза, муьлхачух олу хандешан т1едожоран саттам, муха кхоллало иза, х1ун билгалонаш ю цуьнан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь язйина диалогаш йоьшуьту, хандешнийн саттамашбуьйцуьйтуш.

2.Хандешнийн саттамах лаьцна дуьйцу, масалш даладо.

3.Комментированни яздар.

4.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь халххе кечйина кеп:

Т1едожоран саттамо гойту:

Т1едилларан я омра даран маь1на

Пурба даларан маь1на

Г1о, г1ол; д1авало, д1авалол; эца. Эцал;

Г1охь д1аг1оха эцахьа

Г1ахьара д1аг1ахьара эцахбара

-Х1ун гойту т1едожоран саттамо? Маса маь1нехь лела иза?

-Муха ду т1едилларан я омра даран маь1нехь долу хандешнаш?

-Пурба даларан маь1нехь дерш?

-Дехаран маь1нехь долу хандешнаш дуй кепа т1ехь? Д1адеша уьш.

-Кхаа б1ог1амалге шайн масалш язде.

-Жам1 дар: Муьлхачуу хандешан саттамах олу т1едожоран саттам?

-Маса маь1нехь ела иза? Даладе масалш.

5.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушде 33-г1а шардар.

Урокан ц1е: хандешан спряженеш. 1-ра спряжени.

1алашо: Дешархошна хандешан хьалхарчу спряженех лаьцна кхетам балар.

Урок д1аяхьар.

1.1амийнарг карладаккхар.

1.Дийца хандешан билгала саттамах лаций. Даладе масалш.

2.Стенах олу бехкаман саттам? Муха кхоллало иза7

3.Т1едожоран саттамехь долу хандешнаш муьлхачу маь1нехь хуьлу?масалш даладе.

2. Дешархошка болх байтар д1ахьо шина кепехь.

Кхочушдо 35-г1а шардар

3.Керла коьчал йовзийтар.

Дешархоша хьехархочун г1оьнца уьн т1ехь х1ара кеп х1оттайо:

Цунна чудог1у билгалзачу кепехь орамехь а долу хандешнаш:

Орамера аз о-не дерзехь, чаккхе у ю:

Орамера а аь-не я е-не дерзахь, чаккхе а ю,

Айа, акхадала, арадаккха, аралалла, даа, кхалла, мала. Кхаба, вага , татта, хатта.

Йоу, акхадолу, арадоккху, аралоллу, доу, кхоллу, молу, кхобу, вог1у, тотту, хотту.

Лаа-лаьа, лаха-леха, лачкъа-лечкъа, 1ама-1ема.

4.Жам1 дар: Муьлха хандешнаш чудог1у 1-чу спряженина7 Карарчу хенахь орамера а. чаккхенгара а аьзнаш муха хийцало? Даладе масалш.

Кхочушдо рог1ера шардар.

5. Ц1ахь бан болх.

2. Кхочушдо 40-г1а шардар

Урокан ц1е: Хандешнаш шолг1а спряжени.

1алашо: Хандешан шолг1ачу спряжених кхетам балар, и муьлхачу билгалонашца кхетайо хаар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь бина болх таллар.

Дийца, стенах олу хьалхара спряжени? Даладе масалш.

Д1айоьшу ц1ахь язйина сочиненеш

2.Хьалххе хаийтаран диктант.

3. Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1е д1аяздо:

Эца-оьцу, хьеха-хьоьху, ела-йоьлу, вела-воьлу.

-Муьлха аьзнаш ду билгалза кепехь долчу хандешнийн орамехь?

-Хийцалой уьш хандешан карарчу хенахь .

Жам1 дар: Муьлха азнаш хийаш цало шолг1ачу спряжени чудог1у хандешнаш билгалзачу кепера карарчу хене довлуш? Стенах олу шолг1а спряжени?

4.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушде 42-г1а шардар.

5.Дешархошка шайга болх байтар.

Кхочушдо 44-г1а шардар.

6.Ц1ахь бан болх

2.Кхочушде 43-г1а шардар

Урокан ц1е: Хандешан кхоалг1а спряжени.

1алашо: Хандешан кхоалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзар.

Урок д1аяхьар.

1.Синтаксически пхи минот.

2.1амийнарг т1еч1аг1дар.

3.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьна а, тетерадаш т1е а д1аязйо еп:

Хандешан кхоалг1а чпряжени.

Билгалза кеп. Карара хан.

Вийца, кхийса, тила, Вуьйцу, кхуьйсу, туьлу,

Вита, 1илла, тилла. Вуьту, 1уьллу, туьллу.

-Кхоалг1ачу спряжени чудог1учу хандешийн билгалзачу кепехь орамехь муьлха аз ду?

-Уьш карарчу хене дохуш орамера а муьлхачу озе доьрзу?

Чаккхенгахь муьлха аз х1утту?

-Муьлха хандешнаш ду кхоалг1ачу спряжени чудог1уш? Жам1 де.

4. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушде 46-г1а шардар.

5. Комментированни яздар.

6. Ц1ахь бан болх.

2. Кхочушде 47-г1а шардар.

Урокан ц1е: Хандешан йоьалг1ий, пхоьаг1ий спряжени.

1алашо: Хандешан йоьалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь бина болх таллар.

2.Фронтальни хаттарш.

-Дийца, муьлха хандешнаш чудог1у 3-чу спряженина. Ц1ахь кхочушдинчу шардар т1ера даладе масалш.

-Хьалхарчуй, шолг1ачуй спряженешна чудог1учу хандешнийн карарчу хенахь муьлха аьзнаш хуьлу орамехь а, чаккхенгахь а? даладе масалш.

3.Дешархошка шайга болх байтарчу хенан д1ахьо шина кепехь:

2.-г1а кеп –кхочушдо 49-г1а шардар.

4. Керла коьчал йовзийтар.

1. – Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо билгалзачу кепехь долу хандешнаш:

Воха, хотта, дотта, 1отта, вола.

-Уьш карарчу хене х1иттадо: вуху, хутту, дутту, 1утту, вулу.

-Муха хийцало орамера о?

-Карарчу хенан хандешнаш хийцадалар гойтуш кеп х1отто тарло:

Хотта _ билгалзачу хутту _ карарчу

Дотта _ кепехь дутту _ хенахь

1отта _1утту _ -о у-не

Вола _ -о-ду вулу _ доьрзу

5.Жам1 дар. Муьлха хандешнаш ду спряжени чудог1уш? Даладе масалш.

6.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушде 50-г1а шардар.

Урокан ц1е: Хандешан нийса йоцу спряжени. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1алашо: Хаа деза, хандешан нийса йоцу спряжени х1ун ю, цуьнан билгалонаш муьлхарш ю.

Урок д1аяхьар.

Ц1ахь бина болх таллар д1ахьо дшархошка уьн т1ехь кехаташца болх а бойтуш:

Кхеторан диктант.

Берашка шайга болх байтар.

Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош .Хандешан нийса йоцу спряжени шуна хаар боккха чулацам болуш ду. К хийолу спряженеш хиъча а, х1ара спряжени цахаахь, нийса морфологически а, грамматически а къастамаш бан хало ду. Цхьана дешдекъах лаьтташ долу а, церан г1оьнца кхолладела а чолхе хандешнаш девзаш хилча, уьш атта къасталур ду предложенехь кхечу къамелан декъех, ткъа нийса д1а а язлур ду шен бакъонашца дог1уш.

Жам1 дар: Муьлха хандешнаш чудог1у нийса йоцчу спряженин? Даладе масалш.

5.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Кхочушде 54-г1а шардар.

- Нийса йоцчу спряжени чудог1учу хандешнийн лексически маь1на дийца.

Цуьнан кеп иштта хила мега:

Ян боху хандош нийса йоцчу спряжени чудог1у, х1унда аьлча:

А)иза цхьана дешдекъах лаьтташ ду, кхидолу нийса йоцчу спряжени чудог1у билгалзачу кепара хандешнаш санна: ян, дан, тан, лан;

Б)Вай1амийначу цхьана а спряжени чудог1учу хандешнех тера дац цуьнан карарчу хенахь хийцадалар: ян,йо,йина,йинера, йира,йийр ю.

6.Ц1ахь бан болх.

2.Кхочушде 55-г1а шардар.

Ван – вог1у боху хандешнаш юкъадалош предложенеш х1иттае.

Урокан ц1е: Изложенина кечам

1алашо: Берийн хаарш билгалдахар.

Урок д1аяхьар.

Изложенина кечам бар д1ахьо шина кепара.

Кхочушдо 53 –г1а шардар

Кхочушдо 55-г1а шардар

Урокан ц1е: Хандешнийн кхолладалар.

1алашо: Хаа деза, муха кхоллало хандешнаш.

Урок д1аяхьар.

1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Схьаязде хьалхарчу спряжени чудог1у хандешнаш:

Хьажа,къага,ела,ловза,ала,хаа,тийса,кхача,далийта,лакха, лалла, хийца, лаца, лаха,г1атта,хатта, даха, туса,тега,хаба,оза.

- яздина хандешнаш карарчу хене х1иттадай, нийсаяздара бакъонаш йийца.

-д1аязде хандешнаш, т1едожоран саттаме а дохуш, х1ора хандаша юххе цуьнан спряжени а язъеш:

цосту,молу, совца,кхочу, веха,кхета.

- Дийца хандешнийн карарчу хенахь нийсаяздарх лаций.

2. Кхеторан диктант.

3.Керла коьчал йовзийтар.

Кхечу къамелан дакъошна т1е г1оьналлин хандош дан кхетарца

Классашца а, хенашца а хийцалучу дала, делла г1оьналлин хандешнаша чолхе хандешнаш кхуллу:

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Оценить 725 0

Урокан тема: Хандешан х1оттаман сказуеми

1алашо: Хандешан х1оттаман сказуеми стенах олу кхетор, муха кхоллало хаийтар.

Сказуемин тайпанаш къасто хаар, 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Дозуш долу къамел кхиорца ненан матте болу безам алсамбаккхар.

I – ойла т1еерзор (Хьехархочун дош)

Х1ун тайпа сказуемиш ду кху предложенеш юккъехь дерш? Подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йиллар х1ун бахьана ду?

Хьовсал кху суьрте. Муьлш бу уьш? Суьрта т1ера Муса муха вевза вайна? (Дешархоша дуьйцу шайна хуург Мусах лаьцна) Иза Мехкадаьтта доккхучу университета студент вуйла а, 1исан ваша вуйла а хаьа шуна. Шуна хаьий цо т1ех дика школехь дешарна цунна дашо мидал еллийла вайн мехкан куьйгалхочо? Иза студет а волуш кхузза Европехь хиллийла: Голландехь, Швецехь, Италехь? Иза хинволу архитектор ву. Цо бина белхаш дика а лерина, Риме боьлхучу тобанца кху аьхка вигнера иза. Хьоме дешархой, дешар серло ю шуна! Дешна стаг оьшу массанхьа а. Дика дешалаш!

Д1аяханчу урокашкахь стенах лаьцна дийцира вай? (сказуемих лаьцна)

Х1ун тайпа сказуемиш хуьлу? (хандешан цхьалхе, ц1еран х1оттаман, хандешан х1оттаман)

Вай 1амийнарш муьлхарш ю? (хандешан цхьалхенаш, ц1еран х1оттаманаш)

Тахана стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна вай? (хандешан х1оттаман сказуемих лаьцна)

У т1ехь д1аязйо урокан ц1е.

1алашонаш а юьйцуьйту берашка.

II – карладоккхур вай 1амийнарг. (Дешархоша кар-кара а оьцуш йоьшу предложенеш)

III- керла тема йовзийтар.

Хандешан билгалзачу кепах инфинитив олу. Инфинитиваххий, муьлххачу а саттаман г1оьнан хандашаххий хиллачу сказуемих хандешан х1оттаман сказуеми олу. Масала: Суна ловза лаьа . Яхина деша лаьа . Муса лата воьду.

Хандешан х1оттаман сказуемин коьрта дакъа инфинитив ю, г1оьналлин дакъа г1оьнан хандош ду, х1унда аьлча инфинитиво сказуемин лексически коьрта маь1ан гойту, ткъа г1оьнан хандашо и маь1на гайта г1о а до, сказуемин грамматически маь1на а гойту.

Хьовсал х1окху вайн интерактивни у т1ерачу предложенешка.

Дешархой экскурсе баха кечбелира. Жимачу Хьавана тайнагех ловза лаьа. Кертал дехьа буьрка схьаян вахара Керим.

Д1аеша, шайн тетрадаш т1е д1аязъе.

IV – суьрте а хьожуш, хандешан х1оттаман сказуемиш юккъехь йолуш предложенеш х1иттае (Мерза х1ума яа еза. Шен хеннахь д1авижа веза. Бераш ловза дохку. Иштта д1а кхин а. )

V – сада1аран минот.

Хьала а г1овтий, дег1 оззош куьйгаш ирах дахийта. Цкъа, шозза, кхузза.

Охьаховша. Х1инца кху тайпа хир ду вайн ловзар: ас аьтто куьг хьаладахийтича цкъа вовшах тоха куьйгаш, охьа дахийтича – шозза.

Тоьар ду. Дика ц1ий меттах даьккхи вай. Самукъадаьккхи.

VI – шишшаммо цхьаьна бен болх.

1-ра кехат. Т1ееара шийла суьйре. Мохо дего долийра диттийн г1аш. Арахь шийла ю. Г1ала ваха кечвелира да. Стеган мах цо ша хаддийнарг бу.

2- г1а кехат. Шен т1оьрмаг учахь битира Абус. Раг1у к1ела нуй хьакха йоллура Заира. Когий, коьгий п1елгаш цхьабосса дац. Х1ора 1уьйранна цергаш йила еза. Шозза шиъ – диъ.

3- г1а кехат.Фонетика къамелан аьзнийн 1илма ду. Арахь ц1еххьана дог1а доладелира. Суна кино хьажа лаьа. 1а шийла дара. Жим-жима дог1уш дог1а дан доладелира.

Хьахарчу варианто ц1еран х1оттаман сказуемиш юккъехь йолу предложенеш язйо.

Причины гнойных выделений из влагалища

Гной – это всегда признак воспаления. Его появление может сопровождать разные.

Физикальное обследование

Физикальное обследование. При ЯБ во время обострения может отмечаться вынужденное.

Читайте также: