Элп хь план урока

Обновлено: 17.05.2024

Загружайте презентации, разработки уроков и другие методические матеры. Сразу после добавления разработки вы можете скачать свидетельство о публикации в СМИ.

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Оценить 2239 0

Урокан ц1е ю: Шалха элпаш, церан нийсаяздар.

Х1окху урокехь вай карладоккхур ду муьлхачарех олу шалха элпаш а, церан нийсаяздар а.

Фонетика 1амош, вай дийцира нохчийн маттахь 49 элп ду аьлла.

Царех нохчийн алфавитехь шалха элп 15 ду. Уьш ду:

АЬ, Г1, КХ, КЪ, К1, ОЬ, П1, Т1, УЬ, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1, ЮЬ, ЯЬ.

Царех мукъанаш 5 ду:

АЬ, ОЬ, УЬ, ЮЬ, ЯЬ.

Дисина 10 мукъаза ду:

Г1, КХ, КЪ, К1, П1,Т1, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1.

Х1инца, вай дуьйцур ду, церан кхолладаларан некъах лаьцна.

Шалха элпаш кхоллалуш царна т1екхеташ диъ хьаьрк ду:

1, Ъ (ч1ог1а хьаьрк), Ь (к1еда хьаьрк) Х.

Хьовсур ду вай, уьш элпашкахь муха нисло. Масала:

Хьаьрк – 1 кху элпашкахь нисло: Г1, К1, П1, Т1, Ч1, Х1.

Ч1ог1а хьаьрк – Ъ цхьана элпехь нисло: КЪ.

К1еда хьаьрк – Ь кху элпашкахь нисло: АЬ, ОЬ, УЬ, ХЬ, ЮЬ, ЯЬ.

Хьаьрк – Х цхьана элпехь нисло: КХ.

Шалха элпаш довза атта хилийтархьама, уьш юкъахь долуш дешнаш д1аяздийр ду вай,

АЬ: аьлла, аьхна, аьлха

ОЬ: оьг1азе, оьпа, оьшу.

УЬ: уьшал, уьш, уьйр.

ЮЬ: юьхк, юьлу, юьгу.

ЯЬ: яьхна, яьшка, яьлла.

Г1: г1ант, г1алат, г1абакх.

Ц1: ц1а, ц1азам, ц1ено.

Ч1: ч1ара, ч1ог1а, ч1ешалг.

КХ: кхокха, кхана, кхаъ.

КЪ: къолам, къамел, къам.

К1: к1ант, к1ай, к1ира.

П1: п1елг, п1енда, п1ераска.

Т1: т1адам, т1орказ, т1ай.

ХЬ: хьоза, хьормат, хьокхам.

Х1: х1орд, х1оз, х1ара.

Цхьадолчуу дешнашкахь мукъаза шалха ши эл ул-уллохь нисдала а тарло.

БАККЪАШ, БАХХЬАШ, Ц1ОЦКЪАМ.​

Дешнашкахь цхьанаметта мукъаза шалха ши элп нисделча, хьалхарчу шалха элпан т1етуху хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а шалха элп дуьззина д1аяздо.

Масала: ЮКЪ-КЪЕ – ЮККЪЕ, Ц1ОЦ1- КЪАМ – Ц1ОЦКЪАМ, МАКХ-КХАЛ – МАККХАЛ.

Юкъарадериг цхьа дош ду: ЧЕКХХЬАЖАР.

Нохчийн маттахь цхьадолу дешнаш нисло мукъий, мукъазий шалха ши элп цхьаьнакхеташ. Ишттачу дешнашкахь, шалха ши элп дуьззина д1аяздо.

1. Кхоьссина, кхоьллина, кхаьллина, хьаькхна, къуьйлу.

2. Аьхьна, буьхьиг, юьхь, дуьхьал.

И бакъонаш дагахь латто еза аш.

Х1инца, вай дийцинарг т1еч1аг1дийр ду вай.

Д1аяздина долчу дешнашкахь г1алаташ лаха деза аш.

Сац1къар, яьт1т1а, яькхкхина, макхкхал, бахьхьаш, бакъкъаш.

Ткъа х1инца хьовса кхин цхьа т1едиллар кхочушдан. Шалха элпаш долчу дешнашна буха сиз хьакха деза.

1. Ненан оьг1азло, ло санна, ешаш ю.

2. К1еззиг дечо дуккха а дуьйцу.

3. Дукха лер хьекъал цатоар ду.

4. Яьсса х1ума ч1ог1а ека.

5. Боца муш а тоьлу десачу къамелал.

Ц1ахь вай х1инца далор долу дешнаш юкъахь а долуш, х1иттае предложенеш. Шалха элпашна буха сиз а хьакха.

Маккхал, вокхха, юккъе, ц1оцкъамаш, ц1еххьана, яккъаш.

Кхут1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Интересный конспект, но перед тем, как начать выполнять работу, детям нужно предложить размять пальч. Подробнее.

Уважаемая Любовь Ивановна! Замечательно, что Вы делитесь своими наработками, но смею заметить, что п. Подробнее.

Актуальность воспитания гражданственнос ти и патриотизма обусловлено процессами в обществе. Патриоти. Подробнее.

В статье говорят о соблюдении требований к охране слабого зрения. Правила бережного отношения к глаз. Подробнее.

До школы ребенок усваивает огромное количество информации. В это время активно развивается речь, что. Подробнее.

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь довзийтар. Элпаш хь , Хь дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь . 1емар ду элпаш хь ,Хь нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , х1ора т1едилаллар кхочушдича шаьш х1ун кхиамаш боху ган. Берашна хуур ду шайн болх муьлхачу хорша берхо беза кхиамаш алсам хилийта. Дешаран кхиамаш шаьш х1ун дича бахалур бу хуур ду.

Коммуникативни: берашна 1емарду , вовшашца а , хьехархочуьнца а къамеле бовла. Берашна 1емар ду муьлхаччу адамца а лерамца къамел д1адахьа. Берашна 1емар ду шайн кхиамех баккхийбен , неханаш кхоъца т1еэца.

Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. берашна хуур ду нохчийн маттахь ша тайпана элпаш хилар , уьш йозанехь шалхачу элпашца билгалдохуш хилар.

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина д1адахьа.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Бераш , аса йоца , самукъане байташ йоьшур ю . Аша со сецчохь цхьа дош т1е тоха , маь1ница дог1уш. Дагахь латтаде , муьлха аз хеза аша аьллачу дешан юьххьехь.

Хьаьжк1ех юьзна ю тхан беш:

Воллуш ву со асар деш.

Хуьлу мерза, адамаш,

Ахьарх йина. (Хьолт1амаш) .

Дитта т1ехь ца волуш лач,

Ас схьабоккху хьаьрса — (Хьач) .

Тхан лулахо жима Мовла

Даъал дукха дезаш ву -(Хьовла) .

Лаахь хила шайна пайда,

Кхаба деза кертахь. (Хьайба)

-Муьлха дешнаш туьйхи аша т1е? (Хьайба, хьач, хьолт1амаш, хьовла).

-Х1ун ду церан юкъара? (Оцу дешнашна юьххьехь хеза аз (Хь)).

-Даладе элп ХЬ хьалхахь долуш масалаш. (Хьун , хьер).

-Элп ХЬ юккъехь долуш. (Махьмуд , дехьа , сехьа).

-Элп ХЬ чаккхенгахь долуш. (Мохь , бохь , арахь).

-Х1ун 1амор дув ай тахана?

3. 1алашо йовзийтар.

- Бераш , вайн таханлера т1едахкарш хьайбанаш чу яздина ду. Х1ораммо шега балур болу болх къастош , план х1отта е шайн белхан. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь . 1емар ду нийса а , хаза а элпаш ша-на яздан , дешдакъошкахь а , дешнашкахьа кхечу элпех хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь довзийтар , яздар.

Йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (Хь, хь).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп хь , доккха элп Хь.

-Хьанна девза йозанан жима элп хь ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Хь ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Элп Хь яздеш масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина хьаьрках Х, Ь ).

-Элп Хь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха).

Фонетически зарядка яр.

-Муьлха аз хеза ? ( Хь ).

-Аз ( Хь ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

Йозанан жима элп хь яздар.

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп хь . Уьн т1ехь а гойту элп хь муха яздан деза).

-Д1аязде и элпаш .

хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь хь

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Дешдакъохкахь элп хь яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп хь , кхечу элпех муха хотта деза.

хьа хьо хьу хьи хье

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Тидам бе , уггаре хаза яздинчу дешдакъошна буха сиз хьакха.

5. Сада1аран миноташ.

Са а даь1на, арадевлла,

Ян дох куш ду тхо зарядка.

Сихха шу д1ах1иттий довла,

Цхьана меттехь юхадовда.

Куьйгаш д1асадахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта.

Юха хьалха охьата1а, (3-4-зза)

Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)

Хьаж т1е куьг шайн х1оттаде,

Когаш д1асахилабе,

Аьтту aгlop доьрзуш, (3^-зза)

Аьрру aгlop доьрзуш, (3-4-зза)

Гонах долчу н тидамбе.

Динарг х1инца тоийта,

Дог1маш малдеш, д1ах1итта.

Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)

Вайн зарядка ели х1инца.

6. Йозанан жима элп хь дешдакъошкахь , дешнашкахь яздар.

Йозанан жима элп хь дешдакъошкахь яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп хь кхечу элпех муха хотта деза)

хьа хьо хьу хьи хье

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Бераш, хьанна карор дара ХЬА дешдакъа хьалха долуш дош? (Хьайба).

-Дешдакъа ХЬО хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Хьокхам).

-Дешдакха ХЬУ хьалхахь долу дошхьанна карор дара? (Хьумид).

-Дешдакъа ХЬЕ хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Хьер).

Йозанан жима элп хь дешнашкахь яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Ахьар , хьоза , хьарам , хьанал , хьархо ,мохь.

-Маса дешдекъах лаьтта АХЬАР дош? ХЬОЗА? ХЬАРАМ ? ХЬАНАЛ? ХЬАРХО? МОХЬ?

-Муьлха дош ду совнаха? (Мохь).

-Х1унда? (Иза цхьана дешдекъах лаьтта).

-Д1аязде и дешнаш. Хь элпана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

ХЬОСТАМ дешан схема х1оттор.

Бешшехь аьчгах бина со,

Когаш, куьйгаш ца дина.

Коьрте кхаччалц аннех бетта,

Къа ца хеташ, ж1ов т1еетта. (Хьостам).

-Х1ун ю х1етал-метал т1ехь юьйцуш ерг? (Хьостам).

-Маса дешдакъа ду ХЬОСТАМ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Хьос).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (Хь).

-Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз ? (О).

-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг дукхоалг1а аз ? (С).

-Аз (С) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а аз ? (Т).

-Аз (Т) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг дупхоьалг1 аз ? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду йолхалг1а аз ? (М).

-Аз (М) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду ХЬОСТАМ дашехь? (Ялх).

-Маса элп ду ? (Ялх).

Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (Ялх).

(Уьн т1ехь юьллу схема).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Муьлха элп девзира шуна? Элп Хь цхьалха ду я шалха ду? Муьлха аз билгалдо Хь элпо? Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду?

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь довзийтар. Элпаш хь , Хь дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь . 1емар ду элпаш хь ,Хь нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , х1ора т1едилаллар кхочушдича шаьш х1ун кхиамаш боху ган. Берашна хуур ду шайн болх муьлхачу хорша берхо беза кхиамаш алсам хилийта. Дешаран кхиамаш шаьш х1ун дича бахалур бу хуур ду.

Коммуникативни: берашна 1емарду , вовшашца а , хьехархочуьнца а къамеле бовла. Берашна 1емар ду муьлхаччу адамца а лерамца къамел д1адахьа. Берашна 1емар ду шайн кхиамех баккхийбен , неханаш кхоъца т1еэца.

Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. берашна хуур ду нохчийн маттахь ша тайпана элпаш хилар , уьш йозанехь шалхачу элпашца билгалдохуш хилар.Берашна девзар ду керла дош хьех . 1емар ду гергара дешнаш довза.

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина д1адахьа.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

ХЬЕХАРХО

-Муьлха дешнаш ду д1алевчкъинарш? (Хье , хьех , хьеха , хьехар , хьехархо, хьер , хьархо,еха , аха, аре,хара ,хох , херх).

-Муьлха дешнаш ца девза шуна? (Хьех).

-Хьех- диттан тайпа ду (липа).

-Муьлха дешнаш ду гергара? (Хьеха , хьехар , хьехархо).

-Хьер дешан гергара муьлханиг ду? (Хьархо-хьер).

-Х1ун 1амор ду вай тахана?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , тахана вайн т1едахкарш ду хьозарчийн суьрташ чохь. Схьаэца цхьацца. Х1ораммо ша х1ун кхиамаш бохур бу ала.

-Бераш , вай тахана кхин д1а а 1амор ду йозанан жима а . доккха а элпаш хь, Хь ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а хоьттина а яздан.

4 . Йозанан жима , доккха а элпаш хь , Хь яздар.

Хьехархочо д1ааларца яздо йозанан жима элп хь.

-Бераш , аса д1аэр ду элп , аса мосозза олу цхьацца элп язде. (Мог1а бузу аьлла бераш хьалха а лилхина яздеш д1абаха мегар дац. Собаре хилар кхио деза. Хьехархочо д1ааларца д1аяздо ялх элп).

-Д1адеша шаьш яздина элпаш. Дагарде . Маса элп яздина аша?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Йозанан доккха элп яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп Хь муха яздан деза).

Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь Хь

-Д1аязде шайн тептарш т1ера мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

ХЬАЧ дешан схема басар яйтар. Шарадаш.

Адам хаздеш, куьце далош,

К1ади хуьлий лела со.

Ш - на метта Хь ахь диллахь,

Токхе бахам хир бу со. (Шал-хьал)

Бедар т1ехь со хуьлуш бу,

Цунна куц ас луш ма ду.

Нагахь хьалха Хь диллахь,

Лаьттар бу со бешахь. (Кач - хьач)

-Х1ун ю хьалхарчу шаради т1ехь юьйцург? (Шал – к1ади ,хьал- бахам бу)

-Муьлхачу элпаша къастадо и ши дош? (Хь ,Ш).

-Х1ун ю шолг1ачу шаради т1ехь ялийнарг? (Кач , хьач).

-Бераш , аша басар ян еза х1ара схема. Каро деза кхунна дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Дешдакъош яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъош муха яздан деза . Тептарш т1ехь д1аязбина хила беза мог1анаш.

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

Урокаш № 61 (ешар) .

Кхочушдан лерина жам1аш

Предметни кхиамаш: мукъаза, къора аз [хь], элпаш Хь,хь довзар; дешан массо а хьелашкахь аз [хь] билгалдаккхар; керла элпаца дешдакъош, дешнаш, предложенеш нийса а, кхеташ а шера а ешар;дехий,доций мукъа аьзнаш долчу дешнийн тидам бар; доларчу ц1ерашкахь доккха элп-орфограммех пайдаэцар.

Метапредметни кхиамаш : регулятивни (р.)- урокан коьрта 1алашонаш йовзар, билгалъяхар,дагахьлаттор, кхочушъярехь терго яр; шайн белхан нийса мах хадор: коммуникативни (к.)- хьехархочун хаттаршна жоьпаш далар, ладог1ар, къамелехь дакъалацар, суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор: х1ума-довзаран (х1-д.)- дешнийн схеманашца болх бар, дешнийн хазна кхиор.

Личностни кхиамаш: 1аламе безам, доладан лаам хилар.

Урок д1аяхьар.

I . Дешаре шовкъ кхоллар.

-Бераш , аса д1айоьшур ю кегийра байташ. Аша т1етоха деза цхьа дош.

Хьаьжк 1 ех юьзна ю тхан беш :

Воллуш ву со асар деш .

Хуьлу мерза , адамаш ,

Ахьарх йина . ( Хьолт 1 амаш ).

Дитта т 1 ехь ца волуш лач ,

Ас схьабоккху хьаьрса… (Хьач).

Тхан лулахо жима Мовла

Даъал дукха дезаш ву… (Хьовла).

Лаахь хила шайна пайда ,

Кхаба деза кертахь . (Хьайба).

Яц со дечиг я т1улган хьех ,

Ду со лаьмнийн акха . (Хьех).

Эшарш лакха хаза , говза

Хууш ду тхан бешахь . (Хьоза).

-Муьлха дешнаш карий шуна? (Хьаьжкаш, хьех, хьайба).

-Алал массара хьхьхьаьжк1а,хьхьхьех,хьхьхьайба.

-Х1ун ду церан юкъара? (Церан юьххьехь ду аз [хь] ).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

-Хьанна девза шуна элп хь? Схьаэца шайгара карточкаш. Караде цу т1ера элп. Муьлха элп ду иза?

-Х1ун башхалла ю оцу элпан?Схьакараде шайгарчу элпашна юкъахь ишттаниг.

- Маса хьаьрк ю и яздеш пайдаэцнарг? (Шиъ).

-Муьлханаш ю уьш? (Х,ь).

Ишттачу элпех шалха элпаш олу . Нохчийн маттахь ду шалха элпаш, уьш яздеш шишша хьаьрках пайдаоьцу.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Х1ун хаьа шуна хь элпах лаьцна? Х1ун ду хаа луург?

II . Урокан 1алашонаш билгалъяхар.

-Х1ара х1ун ю?(Элпаш Хь,хь).

-Стенна далийна иза х1окху аг1он т1е? (Вайна довзийта).

-Муьлха 1алашо билгалъели? (Элпаш Хь,хь довзар).

-Х1орш х1ун ю? (Дешнийн схеманаш).

-Стенна ялийна уьш учебникан аг1он т1е? (Схеманашца болх байта).

-Муьлха 1алашо билгалъели? (Схеманашца болх бар).

-Х1ара х1ун ю?(Сурт ду).

-Стенна диллина и учебникан аг1он т1е? (Цунах лаьцна дийцар х1оттадайта).

-Муьлха 1алашо схьакъастий вай? (Суртах лаьцна дийцар х1оттор).

-Х1орш х1ун ю? (Дешдакъош,дешнаш,текст).

-Муьлхачу 1алашонца ялийна уьш учебникан аг1он т1е? (Вайна дешдакъош ,дешнаш,текст еша 1амийта).

-Мьлха 1алашо билгалъели вайн? (Дешдакъош,дешнаш, текст еша 1амар).

-И дерриг дика дан х1ун дан деза вай? (Ладог1а, жоьпаш дала, ойла ян, тидаме хила).

-Муьлха 1алашонаш схьакъастий вай?(Ладог1ар, жоьпаш далар, ойлаяр, тидамбар).

III . Керла тема хьехар.

1. Мукъаза къора аз [хь],элпаш Хь,хь довзийтар.

-Х1ун ю х1ара? (Хьайба).

- Маса дешдекъах лаьтта и дош?

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? Шолг1а?

- Гайта схеми т1ехь дешдакъа хьай- .

-Гайта дешдакъа ба-.

-Муьлха дешдакъа ду къевлинарг? Диллинарг? Муьлханаш ду аьзнийн иэдаларш?

- Хьхьхьайба дешан юьххьехь муьлха аз хеза?

-Ала хьхьхь . Аз [хь] мукъа ду я мукъаза ду? Зевне я къора?

-Муьлхачу элпашца билгалдо аз[хь] йозанехь.

- Схьагайта зорбанан доккха элп Хь , жима элп хь . И шиъ цхьатера ду я тайп-тайпана ду?

-Х1ара х1ун ю? (Буьхьиг).

-Маса дешдакъа ду буьхьиг дешан? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (Буь-)

-Мича меттехь хеза аз [хь] буьхьиг дашехь? (Дешан юккъехь).

-Схьагайта буь- дешдакъа схеми т1ехь, схьагайта – хьиг.

-Муьлхачу элпашца билгалдо йозанехь аз[хь]? Схьагайта зорбанан доккха элп Хь , жима элп – хь .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Суна девзи мукъаза къора аз [хь],элпаш Хь,хь. Хии элпаш Хь,хь шалха хилар.

2 . Хь элпах лаьцна байт 1амор.

X ьалххе:шена лоьхуш ижу

Хьоза уьйт1ахь к х и й с а л о

Хьовсал — д1огахь теба Пису,

Хьанна хаьа цо х1ун до?

Хьавас Пису эккхадо.

-Муьлха аз хеза юх-юха?

3. Дехий, доций мукъа аьзнийн тидам бар .

- Д1адеша сийначу шекъанца яздина дош. Маса дешдекъах лаьтта и дош? Х1унда? (Шиъ дешдакъа ду, шиъ мукъа аз долу дела).

- Муьлханаш ду уьш? ([о],[а]).

-Д1адеша мукъа аз [о] деха ,юха доца олуш. Стенан тидамби аш? (Бора дашехь мукъа аз [о] деха дешна деза, доца дешчу дешан маь1на телха).

4. . Дешдакъош дешар.

-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса д1агойту элп Хь , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.

-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А .Аз [хь] ца хадош , д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)

-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.

-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. Аз [хь] ца хадош ший цхьана д1адеша.

-Юха аса дуьллу элп У . Аз ца ходуьйтуш д1адеша.

-Юха аса дуьллу элп И . Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.

-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.

Учебникан 81-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешдакъош.

ХЬХЬАА ХЬХЬУУ ХЬХЬЕЕ
ХЬХЬОО ХЬХЬИИ

(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Суна 1еми дешдакъош деша.

5 .Б1ог1амалгашкара дешнаш дешар.

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Мила ву хьархо?

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу хьесап дашах? Хьарам дашах? Хьанал дашах?

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу мохь дашах? Бохь дашах? Маса дешдекъах лаьтта арахь дош? Муьлха дакъа ду цхьана элпах лаьтташ? Цо муьлха аз билгалдо?

-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца?

IV .Сада1аран миноташ.

V .Керла тема кхин д1а а хьехар.

1.Дийцар х1оттор.

-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш? (Бераш).

-Уьш стенга боьлху? (Уьш экскурсе боьлху).

-Стенга экскурсе боьлху уьш? (Уьш хьуьнах боьлху).

-Х1ун до цара экскурсехь? (Цара 1аламан тидам бо).

-Шу хиллий экскурсехь? Х1ун дара шуна гуттар а дагахь лаьттинарг?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Аса дийцар х1отти.

2.. Дийцар дешар.

Массара цхьана ешар.

Шайн дагахь ешар.

З1енаца ешар.

-Д1аеша хьалхара предложени. Хьаьнца дахара экскурсе? (Хьасанца экскурсе дахара тхо).

-Д1аеша шолг1а предложени. Мила ву Хьумид? (Хьумид хьархо ву).

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Стено хьийзайо хьер? (Хьер хьийзайо хино).

-Д1аеша йоьалг1а предложении. Х1ун йо цигахь? (Цигахь до дама а , ахьар а).

-Д1аеша пхоьалг1а предложении. Х1ун керланиг хиира берашна? (Тхуна хиира хьерахь болх муха бо).

-Х1ун ю аша ешнарш? (Предложенеш).

-Текст ала мегар дуй царех? (Дац).

-Х1унда? ( Предложенеш еригге яц маь1ница йозаелла).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Тхуна 1еми предложенеш еша.

3.Кхоллараллин болх

-Массара а язде элпаш Хь,хь, дилла цунна дог1у сурт.

VI . Урокан жам1 дар.

-Муьлха элп девзира вайна?

-Муьлха аз билгалдо цо? Мукъа ду я мукъаза ду?

-Цхьалха ду элп хь я шалха ду? Х1унда?

VII .Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Кхочушдан лерина жам1аш

Предметни кхиамаш: мукъаза, къора аз [а], элпаш Хь,хь кхин д1а а довзар; керла элпаца дешдакъош, дешнаш, предложенеш ешар; доларчу ц1ерашкахь доккха элп-орфограммех пайдаэцар; дешнйин омоним карор, масех маь1на долчу дешнийн тидам бар..

Метапредметни кхиамаш : регулятивни (р.)- урокан коьрта 1алашонаш йовзар, билгалъяхар,дагахьлаттор, кхочушъярехь терго яр; шайн белхан нийса мах хадор: коммуникативни (к.)- хьехархочун хаттаршна жоьпаш далар, ладог1ар, къамелехь дакъалацар, суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор: х1ума-довзаран (х1-д.)- дешнийн схеманашца болх бар, дешнийн хазна кхиор.

Личностни кхиамаш: нохчийн къоман г1арабевлла нах бевзаш, церан хьуьнарех, кхиамех Даймахках дозалла деш аматаш хилар; керла говзалла –хелхарчу йовзар, караерзо лаам хилар.

Урок д1аяхьар.

I . Дешаре шовкъ кхоллар.

1.Х1етал-металш.

Х 1 етал - метал хаийла хьуна :

Ког - ц 1 а чохь , корта - арахь ? (Хьостам).

Цхьа корта , исс лерг , пхи даь 1 ахк ?(Хьамц).

Лаьтта юьжуш , стигал г 1 оттуш дег 1 шен марг 1 ал хиллалц ?

(Хьаьжк1а).

Ша х 1 ума а ца юуш , коьрта т 1 ехь лела , мачаш елахь а , когаш берзина лела ? ( Мачийн хьостамаш ).

Ша х 1 ума а цаюуш , дерриг дуьне кхобург ? ( Хьера ).

Даим юуш , цкъа цаюзуш ? ( Хьера ).

Цергаш хьийза , багара к 1 айн 1 аь юьйлу ? ( Хьера ).

Юх ц1уналахь эла - борш ? ( Хьера ).

Бешшехь аьчгах бина со ,

Когаш , куьйгаш ца дина .

Коьрте кхаччалц аннех бетта ,

Къа ца хеташ , ж 1 ов т1еетта. (Хьостам).

-Х1ун ю х1етал-металш т1ехь юьйцуш ерш? (Хьера, хьостам, хьаьжк1а).

-Ша-ша олу вай и дешнаш : хьер, хьостам, хьаьжк1а.

-Муьлха аз хеза царна хьалхахь? (Аз [хь] хеза).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

II . Урокан 1алашонаш билгалъяхар.

-Х1орш х1ун ю? (Дешнаш).

-Стенна яздина уьш учебникан аг1он т1е? (Вайна деша 1амийта).

-Муьлха 1алашо билгалъели? (Дешнаш деша хаар).

-Х1ара х1ун ю?(Сурт ду).

-Стенна диллина и учебникан аг1он т1е? (Цунах лаьцна дийцар х1оттадайта).

-Муьлха 1алашо схьакъастий вай? (Суртах лаьцна дийцар х1оттор).

-Х1ара х1ун ю? (Дийцар).

-Х1ун да ю уьш учебникан аг1он т1ехь? (Вайна деша 1амийта).

-Муьлха 1алашо билгалъели?(Дийцар деша хаар).

-И дерриг дика дан х1ун дан деза вай? (Ладог1а, жоьпаш дала, ойла ян, тидаме хила).

-Муьлха 1алашонаш схьакъастий вай?(Ладог1ар, жоьпаш далар, ойлаяр, тидамбар).

III . Керла тема хьехар.

1. Дешнаш дешар.

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешна. Мила ву хьехархо ? (Хьехархо иза берашна хьоьхуш вверг ву).

-Маса дешдакъа ду хьехархо дешан? (Кхоъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара ?Шолг1аниг?Кхоалг1аниг?

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю хьал ? (Адам аьтту болуш хилча а олу хьал долуш ду).

-Кхин муха хъуьлу хьал ? (Цомгаш хилча а олу , вон хьал ду )

-Х1ун эр дара аша хьал дешан маь1нех лаьцна? (Хьал дешан масех маь1на ду).

-Х1ун ю хьелий ?Кхечу дашца муха эр дара? (Бежнаш).

-Предложенеш х1иттае шине дашца.

Хьаваг1еран хьелий ду. Хьаваг1еран бежнаш ду.

-Х1ун эр дара аша хьелий, бежнаш дешнийн маь1нех лаьцна? (Церан цхьа маь1на ду).

- Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду бешахь дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа?Муьлханиг ду шолг1а?Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.

-Х1унда яздина дош Махьмуд доккъачу элпаца? (Иза адаман ц1е ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Суна 1еми дешнаш деша.

Абатан 82-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.

Тобанашкахь болх.

1-ра тоба- цхьатера дакъа долчу дешнашна буха сиз хьакха, дешдакъойх иштта кхин цхьа дош х1отта.

ХЬЕХА , ХЬЕЛИЙ , ХЬЕХАР , ХЬАЧ , ХЬЕХАРХО .

ХЬЕ , РА , ХА , С , М.

2-г1а тоба- дешнашкахь цхьа элп хуьйцуш , керла дешнаш кхолла.

ХЬАРАМ- ….(ХЬАНАЛ)

3-г1а тоба- дайна элп караде.

ШЕЛ…ЕЛЛА З1ОК…ЕТТАРГ

МАЦ….ЕЛЛА ШОК…ЕТТАРГ

IV .Сада1аран миноташ.

V .Керла тема кхин д1а а хьехар.

1. Суьртах лаьцна дийцар х1оттор.

-Мила ву суьрта т1ехь верг? (Берийн жоьпаш).

-Иза нохчийн г1араваьлла хелхарча Махьмуд Эсамбаев ву. Иза вайн махкахь вевзина ца 1а. Дозанал ара а массо а меттигашкарчу адамашна хазахета цуьнан хелхар. Дуьненан массо а къаьмнийн хелхарш девзара Махьмудана. Иза х1инца вайца вай.

-Х1ун деш ву Махьмуд? (Махьмуд хелхаволу).

-Х1ун духар ду цунна т1ехь? (Цунна т1ехь ду нохчийн къоман духар).

-Шуна гиний Махьмудан хелхарш? Хьанна лаьа шуна хелхарча хила.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Суна 1еми дийцар х1отто.

Массара цхьана д1адоьшу дийцар.

Меллаша д1адоьшу дийцар.

З1енаца д1адоьшу дийцар.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муха артист ву Махьмуд? (Дика артист ву Махьмуд).

-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун боху цу т1ехь? (Вайн махкахь вевзина ца 1а иза).

- Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун боху цу т1ехь? (Вайн махкахь вевзина ца 1а иза).

- Д1аеша йоьалг1а предложени. Муха хетта цо нахана хелхарш деш? (Нахана хазахета цо хелхарш деш).

-Х1ун яра аша ешнарг? (Дийцар).

-Стенах лаьтта дийцар? (Предложенех).

-Маса предложених лаьтта дийцар? (Еа).

-Муха къастайо предложенеш йозанан текстехь?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Тхуна 1еми дийцар деша.

VI . Урокан жам1 дар.

-Чакхъяккха сан ойла:

Аз [хь] ца лакхало , цундела из аду ….(мукъаза).

Аз [хь] олуш логан пхенаш цат охало , иза ду … (къора)

Аз [хь] билгалдо элпашца …(Хь,хь)

Элпаш Хь,хь яздеш шина хьаьрках пайдаэцна , цундела уьш ду …(шалха).

Нажмите, чтобы узнать подробности

Презентация к уроку чеченского языка. Использовалась при изучении чеченского алфавита.


Суна девзар ду… Суна 1емар ду… Суна хуур ду…

Суна девзар ду…

Суна 1емар ду…

Суна хуур ду…

мукъа мукъаза къора зевне к1еда ч1ог1а

к1еда ч1ог1а

Хь хь

 Батарова З.А.


 Батарова З.А.







-75%

Читайте также: