Д1а коч схьа коч план урока

Обновлено: 05.07.2024

Урок хIоттийнарг : Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу йуккъерчу ишколан нохчийн меттан а , литературин а хьехархо.

в кадре: -Де дика хуьлда шун !

слайд: Кагерманов Докка вина I933-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь.

Поэзехь а, прозехь а йаздан волавелла I957-чу шарахь дуьйна.

Уьш а, кхийолу а цуьнан стихаш оьрсийн маттахь цхьаьнатоьхначу гуларшкахь арайийлина.

-Дийцаран персонажаш : воккха стаг, Новраз, Хьамзат, Халид.

-Бовхачу безамца кхоьллина авторо воккхачу стеган а, шина кIентан – Хьамзатан, Халидан – васташ. Нохчийн оьздангалла, гIиллакх, цIена дог-

ойла, воккхачун гIо лаца кийча хилар гайтина цаьргахь.

Иза вайна билгалдолу дийцар тIера хIокху могIанашкахь:

Слайд:

Охьахоийла йоцуш, йоьттина йара вагон. Воккха стаг гин-гинарг хьала айалора, цунна меттиг бала. Вуьшта хьалхарчу гIантахь Iаш волу Новраз, массарначул а иза шена йуххехь воллушехь , ца гучуха Iара, корах арахьоьжуш.

ХьалагIеттина, дуьхьал а волалуш, цуьнан нийсархочо Хьамзата воккха стаг шен метта охьахаийра. ХьалагIевттинчу вукхарна баркалла а олуш, иза Хьамзате хьаьжира:

-Жиманиг, хьан Iойла йохий-кх аса.Баркалла хьуна!

-ХIумма а дац,-велакъежира Хьамзат.

в кадре: -Воккха стаг хьала ца гIоттуьйтуш, Хьамзата сихха билеташ оьцу цунна.

-Кхузахь йаздархочо, дуьхь-дуьхьал хIоттош, говза гайтина Новразан гIиллакх дацар а, Хьамзатан оьздангалла а.

-Цунна тIех ца валало йаздархо. Новразан вастаца йаздархочо Iорабоху и тайпа осала накъостий.

— Дуьххьара ГIала нисвелла воккха стаг и ваха веззачу метте дIакхетаво Хьамзата а, Халида а.

-Кхин цхьаъ ду дийцар тIехь шена тIе тидам бохуьйтуш. Шеца цу тайпана гIиллакх лаьцна кIентий шен кIента кIентан Хьамидан доттагIий хила лаьа цунна.

Слайд:

-Чу ца валош дIа ма вахийталаш и ши кIант.

Хьамида, шел хьалха а тоьттуш, чоьхьа ваьккхира и шиъ.

-Дада, суна ма ца бевза хIара кIентий. Хьенан бу хIорш?-хаьттира ХIазана.

-Делахь -хIета хIинца дуьйна дIа бевзар бу-кх хьуна Хьамидан доттагIий, — элира воккхачу стага. ДIалацал кхааммо а вовшийн куьйгаш, мар-мара а кхеташ. ХIинца дуьйна доттагIий ду шу, иза вошалла а ду. Хьанал а, тешаме а хилалаш даим а. Сий а довр дац шун цкъа а. Оьздангалла, гIиллакх жимчохь дулу дагах.

в кадре: Арахь буьрканах ловзуш Iаш волчу Новразе бехк баькхира шина кIанта:

Слайд:

-Хьуна ца хеттехь а, цабезамца хьан бIаьра хьуьйсучу адамех тхуна-м эхь хийтира. ХIун накъост хир ву хьох?

Новраз меллаша бай тIе охьалахвелира, накъостийн бехко а, цара шена тIебоьгIначу бIаьргаша а йуьхь а кхолийна.

Цо дош делира накъосташна, иштта осалалла шегара кхин ца йалийта.

в кадре: -Дийцаран чаккхенгахь гучудолу Новраз ша динчух кхетта хилар и тайпа ледарло цо шегара кхин йолуьйтург цахилар .

Оьздангалла а, гIиллакх а жимчохь дуьйна дилла деза беран дагчу.

Слайд:

ГIовтал- божарийн тIехулара духар. ХIинца баккхийчу нахана а , артисташна а тIехь ган йиш йу и тайпа бедар.

ТIекере йар –вовшашка хьал-де хоттуш вистхилар.

в кадре: — Кху тIехь вайн урок чекхйолу. Iодика йойла шун! Марша Iойла!

ЦIахь бан болх

I.Дийцаран чулацамна догIу суьрташ дахка.

2.ДоттагIаллех, гIиллакх- оьздангаллех лаций кицанаш деша.

I.Кагерманов Докка маца вина ?

а.I933 ш.

2.Кагерманов Докка йаздан волавелла:

в)I957ш.

3. Муьлхачу книгин автор ву Кагерманов Докка.

Цуьнан произведенийн, сборникийн цIераш билгалйаха.

б) Сулима, Седа, Сода

в) Зайнди, Бикату , Аруха

г) Хьамзат,Новраз, Халид, воккха стаг.

5.Новразера хIун ледарло йаьллера?

а) Цо воккхачу стагана меттиг ца белира.

б) Иза билет доцуш вара.

в)Иза кегийчу берех леттера.

г)Иза буьрканах ловзуш,охьакхийтира.

Урок хIоттийнарг : Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу йуккъерчу ишколан нохчийн меттан а , литературин а хьехархо.

ДIА - КОЧ, СХЬА - КОЧ

Хамидов Iабдул-Хьамид, доца дийцар.

Хьалха-МартантIе шайн гергара нах болчу хьошалгIа яханчу Хелисатна хIара хьошалгIа яханчу нехан лулахо йолчу Забус, чу а кхайкхина, кучана чилланан кIади делла хиллера.

Гуьйре тIекхечира. Можа бос эцна дIахIиттира дитташ. Кхинйолчу ярташкахь санна, ГIойтIахь а дукха бара керла цIенош дина бевлларш а, бовла герга баханарш а.

Бовла гергабаханчарна юкъахь яра Хелисат а. Дийнахь хьелий узуш совхозехь болх а беш, кегий бераш а Iалашдеш, чохь ша йоцург гIуллакх дан воккханиг а воцуш, цунна атта дацара цIенош дан. ХIетте а, Хелисата мало йоцуш гIуллакх дар бахьана долуш, цуьнан керла кхо цIа, рамина англи тоьхчхьана даьлла дара. Англи эца ахча а ца тоьъна, шайн лулахошка юхалург ахча доьхуш Хелисат лаьтташ, цхьаммо шайн ков тухуш хезира цунна. Чехка яхана цо ков схьадиллича, кетIахь, ела а къежна, лаьтташ яра Забу.

- Хьуна хьайн доттагIий бицбеллехь а, суна хьо-м ца йицъелла хьуна. Хьаша оьций ахь?, - аьлла, юха а елакъежира Забу.

- Оьций бохург хIун ду, дера оьцу-кх дукха хазахеташ-м. Забу яц хIара? Хьо я марша, схьаяло чу, - аьлла, Забуна мараиккхира Хелисат.

Хелисат Забу а эцна чуяхара. ГIойтIа бевза-безарш болчу еана Забу, Хелисата ша тIе муха оьцу хьожур ша, аьлла еънера. Шал шера и хууш йолу Хелисат, шен кийчча дIаяла йоцчу кIадина жимма йоьхна яра.

Карара ахча дIа а даьлла, кийчча дIаяла кIадинах хIума йоцуш сингаттаме йолчу Хелисатана дагадеара, тохара бIаьста, Забус шена кучана елла кIади, цхьаьнца хийца а хийцина, цунна юхаяла.

Шен карара поппар охьа а биллина, куьйгаш хи чохь хьакха а дина, Хелисатна тIе еара Жарадат.

- Дикин зуда, хIинца ахь гIо ца дахь чIогIа юьхьIаьржа хIуттуш ю-кх со.

- ХIун хилла? - элира Жарадата шен тIеда ши куьг кучан юхах хьаькхна, дакъа а деш.

- Тохара бIаьста, Хьалха-МартантIе тхешан гергара нах болчу хьошалгIа яханчохь, церан лулахочо чу а кхайкхина, со схьаэца ца туьггушехь, йиттане а йита а ца йитина, коч еллера суна. ХIинца и суна кIади елла зуда со йолчу еана вайн чохь Iаш ю. Карара шайнаш, хьуна ма хаъара, цIенош деш яйина ас. Йолуш йолу кIадинан кескаш а, ас берашна коч-хIума а тегна, дIаяьлла. Цо сайна елла кIади цунна юхаяла бегIийла а ца хетта, хьоьга, тарлахь, юхалург нахарташ лахьара ахь я кIади хийцахьара ахь ала еанера со.

- (Дуй буу), со цхьанхьа яхча, сайна кучана кIади елча, гIайгIа ма хуьлу суна, юхаялар муха нислур ду-техьа, бохуш, сагатдеш. (Дуй буу) олучух ларлуш хьешадена шуьйттазза кучана кIади ма елла ас, цхьайттазза суна схьа ма елла. Елла юьсийла сан, цу сайна схьаделлачу кIадинах ас сайна цхьа коч тегнехь, я доьхкина, я хийцина юха дIаделла-кх. (Дуй буу) дац уьш совгIаташ даларш, дош доцурш ду-кх.

- (Дуй буу) лур яц хьуна и кхин Жарадата-м, лахь сан цIе Жарадат ма яц хьуна, - аьлла Хелисатана тIе а таьIш, шен некха тIе тата доккхуш, буй туьйхира Жарадата.

- ДIаяла, вайшиннан къамел хьелуш лаьтта, сан хьаша а хир ю сагатдеш, - аьлла, шайн важа лулахо, Iайнаъ йолчу дIахьаьдира Хелисат. Ша деана гIуллакх Хелисата дийцича, шена кучана ша эцна штапельни кIади а елла, дIаяхийтира Iайнаа Хелисат. И кIади а яхьаш, мох санна хьаьдда, цIа кхечира Хелисат.

- Са-м ца гатди ахь, Забу? Цхьа гIуллакх ца нислуш хьеелира со. Бехк ма биллалахь, - аьлла, Забуна чай дотта безам болуш чайник схьаийцира Хелисата.

- ХIан-хIан, ас ца молу хьуна, - аьлла, бошхепара схьа а эцна, стака бертал хIоттийра Забус. - ХIинца со юза а юьзи, хьо мичахь Iаш ю а, муха Iаш ю а хии. МартантIе ягIахь, йола со йолчу, суна хазахетар ду, - аьлла, маьнги хьалха лаьтта шен каралоцу тIоьрмиг схьа а эцна, неIарехьа дIайолаелира Забу.

- Хьо Iийча, луьйш-олуш, хаза буьйса йоккхур яра вайша, Iехьа?

- ХIан-хIан, йиш яц сан. ТIаккхахула цхьаъ дийр ду вай. Iодика йойла хьан,- аьлла, Забу, неI а йиллина, араелира.

- ХIара, Забу, бе-берса яцахь а, хьуна хIара кучана хIума яла лаьа суна, - аьлла, шен карара кехата юккъе хьарчийна долу кIади дIакховдийра Хелисата.

- Делахь ма ца оьшура хIара. ХIунда хьоьгура ахь хIара лоьхуш къа? - аьлла кIади схьа а эцна, шен карарчу тIоьрмиг чу тесира Забус.

- ХIара, Хелисат, хьайна ян лаахь, йогIур ю-кх хьо. Марша Iойла хьо. Со дIагIо? - аьлла, кех а яьлла, Забу дIаяхара.

Забу керта йогIу яйча, учахь куьйра лестош Iа кхуьнан шичин зуда Курбика хьалагIаьттира.

- ЙоI, хьо ма хьеелира? Хьо схьая хьеелча, хьо дIа-х ца яхний-техьа, бохуш, сагатдеш Iий-кха хьуна со.

- Мичара дIаяхнера хьуна со, цIарна а цIе яханчу Цхьоьгин Исраьпилан йоI Хелисат йолчу яхнера-кх. Евзий хьуна иза? - аьлла, Забу уча а яьлла, аннаш тIе тесначу палса тIе охьахиира.

- Евза дера-кх, суна муха ца евза иза. Хьо хIунда яхнера цаьрга? - аьлла, хаттар а дина, Курбика, яйн куьйр а ластош, Забуна юххе охьахиира.

- Кхушара, бIаьста, чуяха меттиг а боцуш, МартантIехула йорт етташ лелаш, иза цхьа адам ду моьттуш, со йолчу а йигина, йоцуш ца тору хьаша а йина, тхешан ден да Мусост веача санна, сайн долу-доцу хьошалла а деш, лелийра ас. (Дуй буу) ас цунна йийна нIаьна, цул хьалхарчу дийнахь пхи туьма делча, дIа а ца луш, цIа еана ма яра сан. Цу тIе, дIайоьдуш, тхешан вашас сайна Бакухара совгIатана еана, олхазар санна хаза чилланан маркизет а елла, ма яхийтира ас иза, - бохуш, язъяла гIерташ, аьшпаш буьттура Забус. - Тахана со ша йолчу яхча цо суна еллачуьнга хьажахьа, - аьлла, тускар чуьра схьа а яьккхина, Курбикина хьалха охьакхоьссира цо Хелисата шена елла кIади.

- Ватта, ватта, ватта, дера елла хир яц-кх хIара-м. СовгIатана ло хIара. Кхуьнан-м цхьа бос а ма бац. ХIара хIун кIади ю, басма бу хIара? Гомашан неI санна ма екъа а ю, - бохуш, дIай-схьай а керчош, кIадине хьоьжура Курбика.

- Эхь дац, совгIатана ло, аьлла, хIара далар. Тхан ненненан Жогин кIалд чуьрчу шелага тIетосуш йолу кIади кхул дика ма яра устазор, - аьлла, гIадъяхана елаелира Забу.

Кхеран гIовгIанаш хезна тIееара КурбикгIеран ши лулахо а.

- Ой, ахь хIун дуьйцу, йоI, хIара-м эхь ду! Хьовсийша, Исраьпилан йоIа Хелисата ша чилланан маркизет а елла яийтича, дуьхьал еллачу кIадине? Вайн эвларчу ДIобин Жабраьилан кертарчу ниттийн сурташ дац кху тIе дехкинарш. ЙоI, кхунах коч ма яйталахь, вайн цIийнах болчу зударшкахь товр яц кху тайпанчу кIадинан коч, - аьлла, куьйр ластор сихдира Курбикас.

- Мичара штапел яра хIара? Штапел ца евзаш-х яций со? Гоьна тIе тухург санна моха а йоьдуш, кхо сом метарх доккхучех болу вон басма бу-кх. Тхан ден вешин Эламирзин шен говран баабеллачу когана йоьхкуш лелош яра кху тайпана кIади. Доккха хIума ду-кх, оццул лерина ша лела а йина, дIаяхийтича, Хелисатана сел вон, сел ирча хIара кIади суна яла эхь цахетар, - аьлла, оьгIазъяхана Забу ша муха лестайо а ца хууш Курбикица цхьаьна куьйр лесто елира.

Кхо дечу къамелана резайоцуш учин бIогIамна юххехь лаьттачу Курбикин лулахо йолчу зудчо элира:

Уьш совгIаташ дарш а я гергалонаш чIагIдарш а дац. Мелхо а вовшашна цатамаш бар а ду, вовшашна ца оьшу сингаттамаш бахарш а ду.

Стеган вахарехь цхьа дезде деана - зуда ялийна меттиг хилча, кIант я йоI дешна даьлча, я хаза шен гIуллакх дан гIерташ воллу да-нана доцу жимха хьаста, цунна я уьш санна долу кхидолу гIуллакхаш бахьана долуш, шен дан тарлуччул совгIат дар хаза ду. Амма схьаелла дела, дIаяла еза, бохуш, и кучамаш дIай-схьай хуьйцуш лелош дерш ца оьшурш ду. Уьш дита деза вай.

- Делахь ма нийса къамел ду иза. Кхул тIаьхьа и дIа коч, схьа коч, боху хIума ас леладахь, ас дуьйцург дош дац-кха хьуна, - аьлла, ша лестош лаьтта куьйр саца а йина, шена Хелисата делла кIади тускар чу кхоьссира Забус.

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

Выберите документ из архива для просмотра:

Выбранный для просмотра документ chech_lit_8 прогр 2016.doc

Кхеторан кехат

Документан бух

Документан д1ах1оттам

Литературин белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:

– дешархойн хаарийн т1ег1а;

– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.

Дешаран предметан юкъара характеристика

Лаккхара ийман а долуш, эстетикин мах хадо а хууш, г1иллакх-оьздангаллех массо а аг1ор адам кхиорехьдоккха маь1на ду исбаьхьаллин литература. Дешаран хьукматехь литература хьехар кхочушдо искусствон дахарца з1е тасарца, кеп а, чулацам а вовшех буозарца, историна, ламасташца, керла юкъадалорашна т1е а тийжаш,историн-культурин хаамех пайдаоьцуш, литературин теорин а, историн а коьрта кхетамаш 1амош, исбаьхьаллин произведенеш талла а,церан мах хадо а хаарш луш, литературин метан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзош а.

Дешаран хьукматехь литература хьехаран 1алашо-дешан искусство, классически а, кхечу халкъийн а литературийн хьал довзийтар; литературан социокультурин цхьана декъах сана кхетамбалар.Литература 1аморан бух-исбаьхьаллин говзарш ешар а, 1амор; историн-культурин а хиламийн а, дешан говзанчийн биографеш а йовзийтар.

Литературин говзарийн эстетикин мах хадо, царех кхета дешархой 1амор.

Дукха хенахь дуьйна исбаьхьаллин аг1ор дерриге халкъо классически аг1ор къобалйина, мехкан а, дуьненан а литературин хазна хилла д1ах1иттина исбаьхьаллин говзарш 1аморехь бен кхочушъялур яц литературин 1алашонаш. Цу т1е а доьг1на, школехь литература 1аморан 1алашо ю лаккхара исбаьхьаллин кхачам болу, дахаран бакъдерг гойту, юкъара синмехаллаш йовзуьйтуш, адамашкахь лекхара синъоьздангаллин синхаамаш кхуллуш йолу дуьненахь тоьлла йолу дешан культурин исбаьхьаллин говзарш дешархошн а йовзийтар.

8 – чу классехь нохчийн литература к1иранах 2 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш :

- барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

-тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юха схьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

-шена хаарш лаха а, карадерзо а хаар; тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашца, Интернетан гIирсашца а цхьаьна, болх бан а, справочни литературех а пайда эца хаар;

- билгалйинчу темина коьчал схьахаржа а, иза цхьана къепе ерзо а хаар; таллам бан а, цхьаъ вукхуьнца юста а, схьагайта а, жамIаш дан а, юкъара маьIна даккха а, шена хетарг тIечIагIдеш, делил дало а хаар.

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- ша дечу къамелан терго яран хаарш карадерзор;

- меттан башхаллех пайда эца хаар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь).

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:

- базови кхетамаш караберзор: мотт а, къамел а, барта а, йозанан а къамел, диалог, монолог, къамел даран хьелаш, литературни меттан норманаш, текст,;

- юкъаметтигаш а, хьелаш а тидаме а оьцуш, шен къамелехь нийса меттан дакъойх пайда эцар;

- нохчийн литературни меттан норманаш а, къамелан оьздангалла а евзаш хилар а, барта а, йозанан а аларех шен къамелехь пайда эца хаар;

- тайп-тайпанчу лингвистически а, ткъа иштта шинаметтан а словарех пайда эца хаар;

- тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ юкъарчу чулацамах кхеташ еша хаар: исбаьхьаллин (стихаш, эшарш, дийцарш, романийн, повестийн дакъош), дешаран-Iилманан (учебникаш, хрестоматеш тIера тексташ), Iилманан-гIараевлла (шуьйра девзаш долчу журналаш тIера статьяш), публицистически (хроника, информационни хаам, комментари), гIуллакхан (анкеташ, тоьшаллаш и дI. кх. а);

- лергана хазарехь юккъерчу барамехь ( хьехархочун, телевиденин, радион дикторан къамел) бовзуьйтучу хаамах кхетар;

- юкъаметтигаш дIакхехьаран тайп-тайпана хьелаш тидаме а оьцуш, массо кепара жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ кхоллар; къамел долоран юьхь шегахь а йолуш, Iер-дахаран, дешаран, социокультурни теманашна гIиллакхехь диалогаш дIаяхьа хаар;

- хаамийн хьостанах санна пайда эцарца текстаца болх бан а, текстан массо кепара анализ ян а, текстан хаамийн коьрта кепаш плане, тезисе, конспекте а юха кечъян хаар;

- текстан дакъош нохчийн маттера оьрсийн матте гочдар.

Белхан программин чулацам

Исбаьхьаллин литература – дешан искусство

Искусствон тайпанаш а, литература а.

Арсанукаев Ш. "Тимуран тур"; Тимур лам чохь.

Авалиани Л. "Хьаькхна буц".

Мамакаев М. "Лаьмнийн дийцар".

Бисултанов А. "Дег1аста".

Хасбулатов Я. "Къоьзана".

Эдилов Х-М. "Сий делахь, Латта".

Супаев Руслан "Нохчийн халкъ".

Яшуркаев С. "Маьрк1аж - боданна т1ехь к1айн хьоькх"

Анзорова Б. "Нохчийчоь - сан маьрша ага".

Саидов Б. "Вина юрт"

Сулаев М. "Пхьарматан б1аьрхиш"

Поэмин жанран башхаллаш къастор

Дадашев 1. "Дайна бер". Нохчийн шира 1адат.

Шайхиев 1алвади "Безаман декхар.

Хамидоа 1-Хь. "Д1а-коч, схьа-коч".

Нунуев С-Хь. "Лазийна шовда". Илес базанийн хьуьнах.

Классал арахьара дешар

Литературан теоран хаарш карладахарна

Литература 1амийначу дешархочунна хаа деза:

-1амийначу произведенийн авторш, ц1ерш,ц1ерийн маь1на, произведенийн чулацам, турпалхой, хиламийнуьйр;

-халкъан, литературан туьйранашна юккъехь йолу башхаллаш;

-исбаьхьаллин произведенехь монолог,д иалог , дустар, эпитет къасто;

- дагахь 1амийна произведении къастош еша.

Дешархошна 1емина хила деза:

– говзар т1ера исбаьхьаллин суьрташ шайн ойланехь юха схьах1итто;

– произведении т1ера эпизодаш схьакъастор, церан хенан йохаллин а, бахьанийн а уьйраш гайтар;

-дустарш, эпитеташ текстехь гучу а йохуш ,царех кхетамбалар;

– исбаьхьаллин говзар къастош еша;

-хьехархочо т1едилларца турпалхочун васт х1оттор.

Выбранный для просмотра документ chech_yaz_8 прогр 2016.doc

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна г1о до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхин долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а.

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Школехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Дешаран предмет Iаморан жамIаш

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула хила деза хаарш:

- нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

- вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар; къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

- шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш :

- барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

-тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

-шенна хаарш лаха а, карадерзо а хаар; тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашца, ШГГI а, Интернетан гIирсашца а цхьаьна, болх бан а, справочни литературех а пайда эца хаар;

- билгалйинчу темина коьчал схьахаржа а, иза цхьана къепе ерзо а хаар; таллам бан а, цхьаъ вукхуьнца юста а, схьагайта а, жамIаш дан а, юкъара маьIна даккха а, шена хетарг тIечIагIдеш, делил дало а хаар.

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- ша дечу къамелан терго яран хаарш карадерзор;

- меттан башхаллех пайда эца хаар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь).

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:

- базови кхетамаш караберзор: мотт а, къамел а, барта а, йозанан а къамел, диалог, монолог, къамел даран хьелаш, литературни меттан норманаш, текст, меттан система: фонетика, орфоэпи, лексика, фразеологи, дешан хIоттам, дошкхоллар, морфологи, синтаксис, орфографи, пунктуаци;

- нохчийнметтан коьрта меженаш а, церан билгалонаш а евзаш хилар, дешан, дешнийн цхьаьнакхетарийн, предложенийн тайп-тайпана таллам бан хаар;

- юкъаметтигаш а, хьелаш а тидаме а оьцуш, шен къамелехь нийса меттан дакъойх пайда эцар;

- нохчийн меттан фонетически, лексически системийн, грамматически дIахIоттаман коьрта башхаллаш евзаш хилар;

- нохчийн литературни меттан норманаш а, къамелан оьздангалла а евзаш хилар а, барта а, йозанан а аларех шен къамелехь пайда эца хаар;

- тайп-тайпанчу лингвистически а, ткъа иштта шинаметтан а словарех пайда эца хаар;

- тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ юкъарчу чулацамах кхеташ еша хаар: исбаьхьаллин (стихаш, эшарш, дийцарш, романийн, повестийн дакъош), дешаран-Iилманан (учебникаш, хрестоматеш тIера тексташ), Iилманан-гIараевлла (шуьйра девзаш долчу журналаш тIера статьяш), публицистически (хроника, информационни хаам, комментари), гIуллакхан (анкеташ, тоьшаллаш и дI. кх. а);

- лергана хазарехь юккъерчу барамехь ( хьехархочун, телевиденин, радион дикторан къамел) бовзуьйтучу хаамах кхетар;

- юкъаметтигаш дIакхехьаран тайп-тайпана хьелаш тидаме а оьцуш, массо кепара жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ кхоллар; къамел долоран юьхь шегахь а йолуш, Iер-дахаран, дешаран, социокультурни теманашна гIиллакхехь диалогаш дIаяхьа хаар;

- хаамийн хьостанах санна пайда эцарца текстаца болх бан а, текстан массо кепара анализ ян а, текстан хаамийн коьрта кепаш плане, тезисе, конспекте а юхакечъян хаар;

- текстан дакъош нохчийн маттера оьрсийн матте гочдар.

Чулацаман коьрта дакъош

Нохчийн мотт Iаморан декъехула программин чулацаман коьрта башхаллаш билгалйина коммуникативни, меттан, лингвистически, культуроведчески кхиарехь хаарш, шардарш карадерзорца доьзна. Герггарчу хьесапехь йолчу программин дIахIоттаман бухе диллинарг чулацаман и кхо дакъа ду:

- коммуникативни хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-меттан а, лингвистически а хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-культуроведчески хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам.

Меттан а, лингвистически а декъехула долчу хаарша шайна чулоцу юкъараллин хиламехь маьIне долу хIума санна маттаца доьзна хаарш карадерзор; цуьнан дIахIоттам а, кхиар а, цо ден гIуллакх а дика девзаш хилар; нохчийн литературни мотт а, оьшуш болу дешнийн барам а, къамелан грамматически дIахIоттам а карабирзина хилар; меттан хиламаш а, бакъдерш а мах хадо хаарца талла хааран хьуьнар карадерзор; тайп-тайпанчу лингвистически словарех пайда эца хаар.

Культуроведчески декъехула долчу хаарша шайна чулоцу къоман культурин кеп санна мотт тIелаца безарх а, халкъан истори а, мотт а вовшех бозабелла а, нохчийн мот къоман-культурин башхалла а хиларх кхетар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь къамел дан а, кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лело а хаар.

Программа мотт Iаморан керлачу методически некъех пайда эцаран буха тIе тевжаш ю: кхетаман-коммуникативни, гIуллакхдаран.

5-9 классашкахь нохчийн мотт караберзоран принципаш хIорш ю.

Коммуникативни принципо билгалйо мотт Iаморан Iалашо-

коммуникативни кепара охIла волуш кхиор. И Iалашо кхочушъяро шена чулоцу массо а кепара, тайпана къамелдар кхиор. Коммуникативность бохург иза дешаран гIуллакх къамелан хьажамна тIеберзийна дIахIоттор ду, ма-хуьллу и гIуллакх Iер-дахарехь нислучу хьелашца тардеш, юкъаметтигаш лелор царна герга яло хьажарца. Юкъаметтигаш дIакхехьа а, тIекаре яр а оьшуш хиларна тIе воьхуш хила беза и болх. Юкъаметтигаш лелаяр, тIекаре ян Iамар – хIара ду коьртаниг коммуникативность бохучун духехь.

Кхетаман принципе диллича, меттан коьчал тIеоьцу органически а, цхьана системехь а вовшахтоьхна, шена тIехь дешархойн къамелдаран шардарш, карадерзораш кхиош йолу дешаран коьчал санна. Кхетам болуш меттан хиламаш, бакъдерш, бакъонаш караерзоре хьовсу нохчийн мотт шера караберзор ца хилча ца торуш долчу хьоле санна. Коммуникативни а, кхетаман а декъехула йолчу принципаша билгалйо кхетаман-коммуникативни тIегIойла нохчийн мотт Iаморехь а, караберзорехь а.

Вай йийцинчу принципел совнаха, нохчийн мотт Iаморо билгалдо дешархой нохчийн къоман культуре кхачор, кхечу къаьмнийн культурашца уьйр тасарца диалог дIаяхьар а: дозаделла къамел кхиор а, кхоччуш мотт караберзор а; оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморца доьзначу хаарех ший а мотт караберзош пайда эцар, цара вовшийн бен тIеIаткъам мелла а жимбан хьажар; Iамор хууш долчунна тIетевжаш а, тIаьхьало хинйолчу кепара а дIадахьар.

Дакъойн чулацам ша-ша къаьстина бовзуьйту, амма къамел кхиор доьзна ду хIора дакъа Iаморца а, меттан ерриге а системин хIора темица а. ХIора дакъа шина блоках лаьтташ ду: хьалхара (терахь I) теманаш а, царах болу теоретически хаамаш бу белла, шолгIа (терахь 2) хьалхарчу пунктехь цIерш яьхна теманаш караерзоран хьокъехь кхочушден дешаран коьрта гIуллакхаш ду довзуьйтуш.

Программмехь доцца гайтина:

1. 5 классехь программо маттах лаьцна лучу хьалхарчу урокехь дала деза х1ара хаарш: матто адамийн уьйран а, юкъаметтиган а г1улккх кхочушдеш хилар,цуьнан юкъараллин дахарехь доккха маь1на хилар.

2. Предложенин меженаш юьйцучохь кхачаме хир ду: подлежащи ц1ерниг,дийриг дожаршкахь хилар довзийтар.Сказуеми цхьалхениг йовзийтар ,кхачамех, къастамах,латтамах,церан тайпанаш,ца къестош,юкъара кхетам балар.

хаттаран куцдош вовшах къасто 1амор.

1. 8 классехь, синтаксисехь подлежащий 1амор, деакепарчу хандешнийн синтаксически билгало йовзийтар.

2.Хаттаран ц1ерметдош, хаттаран куцдош вовшах къасто 1амор.

Белхан программин чулацам (68 сахьт)

Талламан болх

Къамел кхиоран белхаш

Нохчийн мотт халкъийн вежараллин меттанех цхьаъ бу.

5-7 классашкахь 1амийнарг карладаккхар

Дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а

Предложенин коьрта меженаш

Предложенин коьртаза меженаш

Цхьалхечу предложенийн кепаш

Предложенин цхьанатайпанара меженаш

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Предложенин шакъаьстина меженаш

Ма-дарра а, лач а къамел

КОЬРТА ХААРШ

8 класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш:

Дешнийн цхьанакхетарш, цхьалхе цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш синтаксически таллар. Тайп-тайпанчу талларех пайдаэцар.

Шинах1оттаман, цхьанах1оттаман а цхьалхе предложенеш х1иттор, цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций. Т1едерзаршций чолхеяьхна цхьале предложенеш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзаршций айдардешнашций йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш. Грамматикан хаттарийн талламан болх кхочушбан хаар.. Х1оттам боцчохь подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йилар.

5-8 классашкахь 1амийна орфограммаш, пунктограммаш юкъайог1у предложенеш, дешнаш нийсаяздан а, довзийта а хаар. Орфограммаш талла ца лучу дешнийн нийсаяздар. Сочинени а, изложени язъян хаар.


Д1а коч, cхьа коч - Туда платье сюда платье.

Выражение, которое употребляется в значении "бессмысленные,тягостные обязанности", - заглавие одноименного сатирического рассказа /1958 г./ известного чеченского писателя и драматурга А.Хамидова. Автор (прекрасный знаток фольклора, народных обычаев и языка) в этом рассказе (с присущим ему тонким юмором) рассказал о некоторых сторонах чеченской свадебной церемонии.

Особенность чеченских свадебных традиций заключается в том, что их соблюдают с щепетильной точностью, учитывая все пункты обряда, переданные предками из поколения в поколение и состоят из ряда правил, которые соблюдаются с неукоснительной точностью. Одно из них - бесконечные подарки, которые дарятся как стороной жениха, так и невесты в знак уважения сторон и скрепления родства.

В своем рассказе А. Хамидов в шутливой форме подчеркнул обременительность этого обряда, когда оно доводится до абсурда. Наблюдение писателя ушло в народ, пополнило фольклор и закрепилось в данном выражении.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а.

Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а.

Нохчийн литература

Урокан коьрта кхетам

Дешархошна хаа дезарг

Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а.

Нохчийн халкъан барта кхоллараллех лаьцна дийцар.

Барта кхолларалла х1ун ю, цуьнан тайпанаш

Чулацам лаьцна хаттарш

Сийлахь-баккхийчу оьрсийн яздархоша А. С. Фета шайн кхоллараллехь нохчийн барта произведенех пайдаэцар.

Керла коьчал йовзийтаран урок

Нохчийн барта произведенех лаьцна дийцар.оьрсийн яздархоша аьлларг довзийтар

Нохчийн барта произведенех лаьцна дийцар.оьрсийн яздархоша аьлларг довзийтар

Туьйранаш. Инзаре-тамашийна х1уманех лаьцна туьйранаш.

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Туьйранех лаьцна кхетам балар

Туьйранех лаьцна кхетам балар

Хаарех, говзаллех, кхетамех пайда оьцу урок.

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Нене болу безам шорбар, к1аргбар.

Нене болу безам шорбар, к1аргбар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

Туьйранашкахь 1ер-дахар гайтар

дешархоша бинчу кечамца

Керла коьчал 1аморан урок

Нохчийн эшарш йовзийтар.

Нохчийн эшарш йовзийтар.

дешархоша бинчу кечамца

Керла коьчал 1аморан урок

Кицанаш, х1етал-металш довзийтар.

Кицанаш, х1етал-металш довзийтар.

дешархоша бинчу кечамца

Керла коьчал 1аморан урок

дешархоша бинчу кечамца

Лирически а, турпаллин а иллеш.

Керла коьчал 1аморан урок

Иллех лаьцна дийцар.

Иллех лаьцна дийцар.

Хаарех, говзаллех, кхетамех пайда оьцу урок.

Иллин чулацам бовзийтар.

Иллин чулацам бовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Турпалхочун ненах лаьцна.

Турпалхочун ненах лаьцна.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел кхиор

Керла коьчал 1аморан

Чулацам бовзий тар

Иллин турпалхой бовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Иллин т1ехь къаьмнийн юкъара доттаг1алла.

Къаьмнийн юкъара доттаг1алла довзийтар

Къаьмнийн юкъара доттаг1алла довзийтар

Кхечу къаьнашца нохчийн хилла доттаг1аллех лаьцна

Карладаккхарца жам1 даран урок

Иллин маь1нех кхетам балар

Иллин маь1нех кхетам балар

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Керла коьчал 1аморан урок

Халкъан илланчаш бовзийтар

Халкъан илланчаш бовзийтар

Оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн барта кхоллараллех лаьцна яздинарг.

Керла коьчал 1аморан урок

Оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша нохчийн барта кхоллараллех аьлларг довзийтар

Оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша нохчийн барта кхоллараллех аьлларг довзийтар

Хаарш талларан урок

Керла коьчал 1аморан урок

Исбаьхьаллин литература йовзийтар

Исбаьхьаллин литература йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Къоман исбаьхьаллин литература йолийнарш. Дудаев 1абдин дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Исбаьхьаллин литература йолийнарш бовзийтар

Исбаьхьаллин литература йолийнарш бовзийтар

Хаарш талларан урок

Дудаев 1аьбдин произведенеш йовзийтар

Дудаев 1аьбдин произведенеш йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Сальмурзаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Сальмурзаев М. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Сальмурзаев М. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Хаарш талларан урок

Сальмурзаев М. произведенеш йовзийтар

Сальмурзаев М. произведенеш йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Нажаев Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Нажаев А. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Нажаев А. кхолларалла а, дахар а довзийтар

Хаарш талларан урок

Нажаев А. произведенеш йовзийтар

Нажаев А. произведенеш йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Авторан 1алашо а, поэмин д1ах1оттам а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Поэмин коьрта чулацам а, маь1на а.

Поэмин коьрта чулацам а, маь1на а.

Керла коьчал 1аморан урок

Айсханов Шамсуддинан дахар а, кхолларалла а.

Айсханов Шамсуддинан дахар а, кхолларалла а.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Стихийн чулацамах кхетор

Стихийн чулацамах кхетор

Дагахь 1аминарг хаттар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Стихийн чулацамах кхетор

Стихийн чулацамах кхетор

Чулацам лаьцна хаттарш

Махмаев Ж. аг1о 80

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел

Бадуев Саь1идан дахар а,

Керла коьчал 1аморан урок

кхоллараллин некъ а.

кхоллараллин некъ бовзийтар.

кхоллараллин некъ бовзийтар.

Бадуев Саь1ид а, къоман театр а. Оьрсийн яздархошца хилла доттаг1алла.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Кхечу къаьмнашца долу гергарло муха гайтина хаар

Кхечу къаьмнашца долу гергарло муха гайтина хаар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Стихийн чулацамах кхетор

Стихийн чулацамах кхетор

Дагахь 1амийнарг хаттар

Кульдевич а, цуьнан т1аьхьабозурш а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Повестан чулацам бовзийтар.

Повестан чулацам бовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хонмурд а, цуьнан доьзал а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Мица хьолехь бара Хонмурдан доьзал

Мица хьолехь бара Хонмурдан доьзал

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Хаарш кхиоран, шардаран, т1еч1аг1даран урок

Бештон, Бусанин васт х1оттор

Бештон, Бусанин васт х1оттор

Дешархойн хаарш таллар.

Дешархойн хаарш таллар.

Сочиненина кечам бар

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Мамакаев 1аьрбин дахар а, кхолларалла а.

Керла коьчал 1аморан урок

Мамакаев 1аьрбин дахар а, кхолларалла а йовзийтар

Мамакаев 1аьрбин дахар а, кхолларалла а йовзийтар

Хаарш талларан урок

Мамакаев 1аьрбин лирически произведенеш йовзийтар

Мамакаев 1аьрбин лирически произведенеш йовзийтар

Дагахь 1амийнарг хаттар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Авторан васт х1оттор 1амо

Авторан васт х1оттор 1амо

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Хамидов 1абдул-Хьамидан дахар а, кхолларалла а, цуьнан забаре дийцарш,

Керла коьчал 1амо Керла коьчал

Дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.

Дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хамидов 1абдул –Хьамид - драматург

Керла коьчал 1аморан урок

Нохчийн куьлтура кхиорехь Хамидовс лаьцна довзийтар.

Нохчийн куьлтура кхиорехь Хамидовс лаьцна довзийтар.

Хаарш, говзалла кхиоран урок

Даймохк мостаг1чух 1алашбан г1евттинчу б1аьхойн турпалла а, доттаг1алла а.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Турпалхойн доттаг1алла довзийтар.

Турпалхойн доттаг1алла довзийтар.

Изложенийн гулам 5-9 кл. аг1о 154

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел кхиор

Жам1 даран урок. Изложени йийцаре яр.

Карладаккхарца жам1 даран урок

1амийнчу произв. Обзор е

20-40 шерашкахь нохчийн литература кхиаран хьелаш.

Керла коьчал 1аморан урок

Лит-х лаьцна кхетам шорбар, к1аргбар.

Лит-х лаьцна кхетам шорбар, к1аргбар.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Прозех, драматургех лаьцна дийцар.

Прозех, драматургех лаьцна дийцар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Яздархойн кхолларалла йовзийтар.

Яздархойн кхолларалла йовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Нохчийн литература Сийлахь –боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Сийлахь –боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.хил-ла литература йовзийтар

Сийлахь –боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.хил-ла литература йовзийтар

Чулацам лаьцна хаттарш

Гайсултанов 1умаран, Мусаев Мохьмадан кхоллараллин обзор.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Гайсултанов 1 Мусаев М.кхоллараллин обзор.ян 1амор

Гайсултанов 1 Мусаев М.кхоллараллин обзор.ян 1амор

Эдилов Хасмохьмадан, Саидов Билалин,

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Эдилов Х., Саидов Б.поэзин обзор ян 1амор

Эдилов Х., Саидов Б.поэзин обзор ян 1амор

Сулаев М. произведенин обзор

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Сулаев М. произведенин обзор яр

Сулаев М. произведенин обзор яр

Нохчийн литература20 –чу б1ешеран 50-70-чуй шерашкахь.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

50-70-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

50-70-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Арсанов С-Б. Мамакаев М. поизведенин обзорян хаар

Арсанов С-Б. Мамакаев М. поизведенин обзорян хаар

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Ошаев Х. Гайсултанов 1.поизведенин обзор ян хаар

Ошаев Х. Гайсултанов 1.поизведенин обзор ян хаар

Чулацам лаьцна хаттарш

Хаарш талларан урок

Дозуш долу къамел кхиор

Дозуш долу къамел кхиор

Нохчийн литература 20 –чу б1ешеран 80-90-чуй шерашкахь.

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

80-90-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

80-90-чуй шерашкахь.литературе баьхкина яздархой бовзийтар

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Арсанукаев Шайхин поэзин обзор

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Кхоллараллах лаьцна дийцар.

Кхоллараллах лаьцна дийцар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Рашидов Ш. , Кибиев М. произведенин обзор

Хаарех , говзаллех, кхетамех пайдаоьцу урок

Яздархочун кхолларалла йовзийтар.

Яздархочун кхолларалла йовзийтар.

Чулацам лаьцна хаттарш

Читайте также: