Зеламха романехь зударийн васташ сочинение

Обновлено: 02.07.2024

Со вуно жима волчу хенахь тхан ненан нанас уггаре хьалха суна дуьйцу хезначу туьйранашна юкъахь дара обарг Зеламхин хьокъехь до¬лу туьйра. Цкъа а диц ца ло иза 1аламат вазвеш, хестош, мискачу, къечу нахехьа rlo дохуш, церан парг1атонехьа, паччахьан хьаькамашний, меттигерчу мехкадайшний, къинхьегаман нехан хьацарх бехаш хиллачарний дуьхьал къийсам латтош хилла бо-хуш вийцар.

Кхин масех шо даьлча, 20-чу шерашкахь суна дуьххьара гина кинофильм яра Зеламхин хьокъехь дуьйцуш. Иштта веара сан кхетаме обарг Зеламха. Т1аьхьо ас дуккха а литература йийшира цуьнан хьокъехь. Суна хиира иза бакъонца мила хилла. Харачойн Зе¬ламха кхиболу обаргаш сан-на волу обарг ца хилла. Хууш ду оцу муьрехь обар-гашна юкъахь дуккха а та-лорхой, ма-дарра аьлча бандиташ а хилла хилар. Ишттачарах ца хилла Харачойн Зеламха.

Паччахьан 1едалан векалший, меттигерчу хьаькамаший, шайхаш, молланаш ду шаьш бохуш нехан ц1ий муьйлуш леллачу 1еламнахий нохч1ийн къехошкахь далло 1азап, латто харцо кхин ланницкъа цакхаьчна, шен доьзал, вина юрт д1а а тесна, обарг ваьллачу Зеламхас цкъа а, цхьа а бохам беш ца хилла къечу, хьаналчу нахана.Амма цо къахетамза бекхам беш хилла къехошна зен, зулам динчу нахана.

Дуккха а шерашкахь къий¬сам латтийна цо паччахьан деспотизмана, колониальни зуламашна, къехошкахь бал-лочу балина дуьхьал. Зелам¬ха революционер ца хилла, амма цуьнан боккха цабезам бара паччахье, цуьнан хьаькамашка, цара кегийчу къаьмнашца йолчу юкъамет-тигашкахь ницкъаш барца д1ахьош йолчу политике. Ха¬рачойн Зеламхас царна дуь¬хьал къийсам латтабора дуьххьалд1а шена хуучу кепашца, терроризман г1улла-кхех, цхьаццанна бекхам барх пайда а оьцуш. Иза цхьан волу къийсамхо вара, нагахь цо лелош долчу г1уллакхашкахь 1едалан законаша бехкедеш долу х1уманаш Хиллехь а, амма иза обарг-зуламхо, талорхо ца хилла, хилла бохуш паччахьан хьаькамаша шуьйра д1акхайкхош хиллехь а, ткъа бакъонца халкъан къийсамча - цхьалхахо хилла.

Паччахьан заманахь цхьана адаме ца лабаллал дукха, къиза ницкъаш бина Зелам-хина, набахти чохь валлийна, цуьнан доьзална на¬бахти чохь баллош а, Сибире бохуьйтуш а лерарш ди¬на. Амма къар ца велла паччахьан 1едалан хьадалчашка, къехошкахьа гlo дохуш цо латтийначу къийса-мах вуха ца ваккхавелла.

Сийлахь - йоккхачу Ок¬тябрьски социалистически революцис , гуттаренна а х1аллакбина д1абаьккхиpa паччахьан д1ах1оттам, Россехь х1оттийра керла социалистически юкъаралла, къинхьегамхойн караделира пачхьалкхан урхалла.

Хьалха хала а, къиза а хилла Зеламхин а, цуьнан халкъан а кхоллам, х1инца-кхин а сирла, ирсе, парг1ат дахар ду нохчийн. Мел воккхавер вараЗеламха таханлера Нохчичоь, шен махкахой гича!

Тахана а дийна ю Зелам-хин ши йо1: Меда а, Энисат а. Оцу, х1инца мелла а къе-налле йирзинчу шина зудчо боккхачу безамца лардо шайн дех, вежарех, шайн берриге а доьзалах лаьцна дуьйцуш долу дерриге а документаш: сурташ, книгаш, газетийн статьяш, бедарш, совг1аташ, 1умар-1елин эпса-ран погонаш.

Зеламхин йо1 Энисат революци хиллачул т1аьхьа маре яхара Советан 1едалехьа къийсамхо а, Грозный г1алахь хиллачу б1едийнан т1емийн дакъалацархо а хилла¬чу Гудаев Бакаре. Х1инца иза персональни пенсионер ву. Ирсе доьзал кхиъна церан: к1ант коммунист Гуда¬ев Рамзан жоьпаллин белхахо ву, шолг1а к1ант Докка— болх беш ву райсобесехь, кхоалг1а к1ант Хьасан коьрта бухгалтер ву; цхьа йо1 Хьавраъ берийн бешахь кхетош-кхиорхо, ткъа важа— Кхокха х1усамнана ю.Цу т1е тоха деза Энисатийн,Бакаран берийн бераш 21 хилар.

Со хилла Энисатан, Бакаран ц1ахь. Уггар хазачу меттехь, Хулхуло хин бердайистехь динчу, стоьмийн бешана юккъехь долчу ц1еношна чохь дехаш ду и шиъ, шайн берийн бераш а хьоьстуш. Церан чоьнашкахь ду деза кузаш, мебель, телеви¬зор, телефон, кхийолу йийбар. Зеламхин вукху йоь1ан Медин: цуьнан кхаа беран дахар а нисделла иштта ирсе.

—Советан 1едал ца хилле-хьара, цо г1айг1a ца бинехьара Сибарех мацалла делла хир дара тхо,—бохуш дуьйцу Зеламхин шина йо1а .— Ткъа х1инца хьовсал тхан, тхан берийн, берийн берийн а ирсечу дахаре.Тхоьх хьега мегар ду муьлхха а стаг. Цкъа гина делара xlapa да-хар тхан дена, ма дукха сатийсинера цо ишттачу дахаре, ма тешара иза xlapa дахар т1екхочург хиларх.

Зеламхас шега сатийсина нийсонан зама, къен а, хьад долуш а берш боцущ, харцо йоцуш, адамаша адамаш дацор, ницкъ болчара гlopaсиз болчарна ницкъ бар доцуш йолу парг1ат зама ю таханлерниг. Иза ю Советан 1едалан зама. Х1инца шаыл дехаш хиларх дозалла до Зеламхин т1аьхьенах болча¬ра массара а.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

20 /03/12ш 10 кл. нохчийн литература.

Дозуш долу къамел кхиор.

1.Урокана кечам бар.

2.Урокан ц1е а, 1алашо а йовзийтар.

3. Поэмин чулацам карлабаккхар.

-Муьлха зама ю поэми т1ехь юьйцург?

- Мила ву поэмин коьрта турпалхо?

- Ибрах1иман васт муха х1оттор дара аш?

- Сийлаха муха стаг ю?

- Хиллачу бохамна бехке мила ву?

5.Сочиненин план х1оттор.

1.Авторх лаьцна дош.

2.Поэмих лаьцна дош.

3.Поэмин коьрта турпалхой.

Сийлахин васт кхолларан башхаллаш гайтар.

6.Сочинени т1ехь болх бар

7Ц1ахь: сочинени т1ехьбен болх чекхбаккха

Краткое описание документа:

Файл содержит конспект урока по родной (чеченской) литературе в десятом классе. Подготовка к сочинению "Зеламхан васт" ("Образ залимхана"). Конспект поможет учителю разобрать образ Залимхана, составить словесный портрет героя,составить план сочинения, подготовить учащихся к написанию домашнего сочинения.

  • подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • по всем предметам 1-11 классов


Курс повышения квалификации

Охрана труда

  • Сейчас обучается 124 человека из 45 регионов


Курс профессиональной переподготовки

Охрана труда


Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

  • ЗП до 91 000 руб.
  • Гибкий график
  • Удаленная работа

Дистанционные курсы для педагогов

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 597 036 материалов в базе

Самые массовые международные дистанционные

Школьные Инфоконкурсы 2022

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

  • 13.08.2019 3039
  • DOCX 20.5 кбайт
  • 43 скачивания
  • Оцените материал:

Настоящий материал опубликован пользователем Сайдулаева Асият Юсуповна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

Автор материала

40%

  • Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • Для учеников 1-11 классов

Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов

Дистанционные курсы
для педагогов

663 курса от 690 рублей

Выбрать курс со скидкой

Выдаём документы
установленного образца!

Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки

Время чтения: 11 минут

Студенты российских вузов смогут получить 1 млн рублей на создание стартапов

Время чтения: 3 минуты

В Белгородской области отменяют занятия в школах и детсадах на границе с Украиной

Время чтения: 0 минут

Минпросвещения упростит процедуру подачи документов в детский сад

Время чтения: 1 минута

В Швеции запретят использовать мобильные телефоны на уроках

Время чтения: 1 минута

Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса

Время чтения: 1 минута

Инфоурок стал резидентом Сколково

Время чтения: 2 минуты

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Ьвьуь

Нохчийн литературин программа хIоттийна шолгIачу тIаьхьенан Федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандартийн лехамашна тIе тевжаш.

Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча цадолу) дешаран курсан дакъа, таро ло белхан программаш хIиттош дешаран коьчал дIасаекъа, курсан дакъош шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Программо аьтто бо дешаран цхьаалла ларъярехь а, хьехархойн кхоллараллин лаам ца боьхкуш, таронаш ло дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.

Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш массо юкъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан системица йозаелла а ю. Программо иштта шена чулоцу юкъарчу хьесапера обзораш, тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу.

Яккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, яцйина ялийна.

Коьртачу юкъардешаран ишколашкахь литературин курс тIехьажийна ю дукхакъаьмнийн Россин ца хилча цаторуш долчу культурин декъах санна, литературех болу кхетам дешархошкахь кхиорна, цо аьтто бо массо кепара къиъна ваьлла, граждански кхетам болу, къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьаьнайогIуш долу адам (личность) кхиорна.

Нохчийн литература ишколашкахь Iамор шен башхаллаш йолуш ду. Нохчий кхиаран социально-исторически башхаллаш а, къоман культурин исторически хьелаш а, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а тидаме оьцуш, дIахьо литература Iамор. Къоман башхалло шатайпа тIеIаткъам бо дешархошна литература Iаморехь, цундела культурно-исторически хьелаш тидаме а оьцуш, Iамо еза литература.

Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо дешархошна дешан исбаьхьаллин (эстетически) декхарш довзарехь, исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзорехь. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литература а, нохчийн мотт а герггара уьйраш тосуш Iаморехь.

Нохчийн литература, цуьнан цхьа дакъа а долуш, къоман культурица юххера йозаелла ю. Юкъаракультурица йоьзна литература Iаморо таро лур ю дешархошна нохчийн литература билггалдолу культурин цхьа дакъа санна иза тIеэца, ткъа иштта нохчийн литературин этнокультурни башхалла а, культура а тидаме эца. Цу кепара билгалйинчу школашкахь кочушъялур ю этнокультурни принцип.

Нохчийн литература герггарчу уьйрашца нохчийн историца а, географица а, исламан баххашца а Iаморо дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла а, синъоьздангаллин мехаллаш а кхуллур ю, шен дукхакъаьмнийн махках дозалла а дийр ду цо.

– синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а, патриотически синхаамаш а, ша къоман культурин векал хиларх кхеташ, ларам барца кхийолчу культурашца юкъаметтигаш дIакхехьа хьуьнар долуш долу адам кхиор;

– дукхакъаьмнийн российски культурин дуьненна юкъавахар, цуьнан бух тIехь интеграци яр цхьана дукхакъаьмнийн российски социуме;

– нохчийн литературех а, цуьнан синъоьздангаллин а, исбаьхьаллин мехаллех а, нохчийн яздархойн гIараевллачу произведенех, церан дахарх, кхоллараллех лаьцна долу хаарш карадерзор; нохчийн литературин произведенеш ша еша болу лаам кхиор, произведенийн юкъараадамаллин а, билггала-исторически чулацам билгалбоккхуш, оьшуш болу теоретико-литературни хаамаш балош, исбаьхьаллин произведенешна талламбан хаар кхиор;

– искусствон кхечу тайпанашна юккъехь литературин башхаллийн юкъара хаамаш а, произведенеш шайн исбаьхьаллица тIеэца а, исбаьхьаллин чам бовза а, оьрсийн литературин тексташца юста а, церан вастийн-эстетически системийн башхаллашца доьзна юкъара дерг а, къаьстарг а билгалдан хаар кхиор;

– Iамочу литературни произведених лаьцна шена хетарг ала, мах хадо хаар кхиор;

– Iамочу нохчийн произведенийн бух тIехь массо а тайпа къамелдаран кеп кхиор а, шаръяр а, исбаьхьаллин дашах, цо кхочушдечу исбаьхьаллин гIуллакхах кхеташ хилар, исбаьхьаллин дашца кхелина мотт шена караберзор.

Предметах лаьцна болу юкъара хаамаш

Оьшучу барамехь теоретико-литературни хаарш далар кхочушдо.

Программехь билгалдина хIара дакъош:

1. Литература дешан исбаьхьалла (искусство) санна.

2. Халкъан барта кхолларалла.

3. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

4. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

5. Кхечу къаьмнийн литература.

6. Обзорни теманаш.

7. Литературин теорех болу хаамаш.

8. Дешархошна билгалдина йозанан белхийн тайпанаш.

– шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;

– личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;

– хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).

– проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин - тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;

– ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;

– ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;

– тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь.

Коьртачу юкъардешаран школа чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:

1) хIума довзаран декъехь :

– барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;

– произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;

– литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;

– произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);

– литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;

2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь :

–нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;

– нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;

– Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;

– авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;

3) коммуникативни декъехь:

– тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;

– текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;

– Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;

4) эстетически декъехь:

– дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;

– эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;

– меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.

Юккъера юкъарадешаран школехь нохчийн литература Iамош ю 5 – 11 классашкахь. Дешаран планехь нохчийн литература хьеха билгалдина ду 476 сахьт. Царах 5 – 9 класашкахь – 340 сахьт, 10 – 11 классашкахь – 136 сахьт, хIор классехь кIирнах шишша сахьт. Инвариантни декъана билгалдинарг 5, 6, 7, 8 классашкахь 222 сахьт ду, вариативни декъана – 50 ду; 9, 10,11 классашкахь инвариантни 186 сахьт ду, вариативни 18 сахьт ду.

ПРОГРАММИН КОЬРТА ЧУЛАЦАМ

1-ра дакъа. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

Мамакаев Мохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ.

Мамакаев Мохьмадан поэзехь Даймехкан тема. Стеган паргIато, сий цуьнан Дймахкаца йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Поэтан лирически турпалхочо дахарх, заманах йо ойланаш. Мамакаев Мохьмадан лирикехь поэтан, поэзин тема.

Нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гадаев Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, Iаламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпанан аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Цуьнан повестийн, дийцарийн проблематика. Вайн заманан кегийрхой гIиллакх-оьздангаллица кхиоран проблемаш хIитторан башхаллаш.

Повестан композици, исбаьхьаллин гIирсаш.

Нохчийн проза кхиарехь, берашна, кхиазхошна йолу литература кхолларехь Гайсултанов Iумаран произведенийн маьIна.

Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан кхоллараллин шуьйра проблематика. Даймехкан, маршонан теманаш. Къинхьегаман стаг ларар. Лирически турпалхочун адамашка йолу къинхетаме дог-ойла.

Поэми тIехь суртхIотторан, васт кхолларан поэтически гIирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. Къоман гIиллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. Безаман а, доттагIаллин а лирика.

Сулейманов Ахьмадан произведенешкахь поэтически сурт хIотторан башхаллаш. Цуьнан кхоллараллин мехалла.

2-гIа дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

М. А. Сулаев . Дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.

Романехь кегийрхойн васташ.

Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

Романан турпалхойн Аьрзу, Маккхал, Iела.

Романан исбаьхьаллин башхаллаш.

Ахматова Раисин дахар а, поэтически кхолларалла а. Даймохк, халкъийн доттагIалла, машаре дахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. Поэтессин кхолларалла шен хенаца йогIуш хилар.

Ахматова Раисин поэзехь нохчийн йоьIан васт.

Поэтессин лирически турпалхо даима къона, шен Даймохк дукхабезаш, дахарехь хIайт-аьлла хилар.

Ахматован поэзехь безаман тема. Цуьнан лирикин башхаллаш.

Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. Поэмин тIехь къинхьегаман, безаман, поэзин, поэтан декхарийн теманаш цхьаьнайогIуш къастор.

Поэмин идейни а, исбаьхьаллин а башхаллаш

Арсанукаев Шайхин кхолларалла.

Поэтан произведенешкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Iаламан аьрха хазалла. КIорггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. Цо дуьненах, дахарх йо йоланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.

Арсанукаев Шайхи лирикан башхаллаш: чулацам, поэтически гIирсаш, исбаьхьаллин хатI.

Арсанукаев Шайхин поэзин мехалла.

Шайхиев Iалвадин кхолларалла. Цуьнан поэзин шуьйра чулацам а, маьIна а. Шайхиев Iалвади стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. Цуьнан поэзин ша-тайпана долу хатI.

Шайхиев Iалвадин кхоллараллин мехалла.

Рашидов Шаидан поэзин проблематика, коьрта башхаллаш. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.

Стихотворенеш мукъаме хилар, дуккха а стихаш эшаршка ерзор. Цуьнан стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.

Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.

Ахмадов Мусан произведенийн коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.

Ахмадов Мусан кхоллараллин обзор: бIешерашкара схьадогIу къоман оьздангаллин ламасташ хIинцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш адам эхь-бехках юхадалар, гIиллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар къомана бохаме хилар; оьздангаллех ца вухуш, гIиллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар

Ахмадов Мусан прозин исбаьхьаллин башхаллаш.

Дикаев Мохьмадан лирика. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар - цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.

Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хатI.

Абдулаев Лечин лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а. филофски чулацам а. Лирически турпалхочун амалшкахь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла. Поэтан стихан шатайпаналла.

Бексултанов Мусан кхолларалла.

Цуьнан прозехь дахар шатайпанчу исбаьхьаллин хотIехь гайтар. Яздархочо кега-мерса долчу хIумнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе, шайн кIорггера маьIна долу гIуллакхаш, хьелаш къастор.

Къоман хиндерг халкъан ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар произведенешкахь чIагIдар. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ кхолларан башхаллаш.

Яздархочун кхоллараллин маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.

Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун шен Даймахке, халкъе, болу безам. Яхь йолу кIант кхиийначу ненан сийдар. Граждански лирикин исбаьхьалла.

Бисултанов Аптин поэзин исбаьхьаллин хатI.

Эльсанов Исламан произведенешкахь хIинцалерчу дахаран сурташ, адамийн кхолламаш. Турпалхойн амалш гайтаран башхаллаш.

БойсагIар а, ТIелхаг а.

3-гIа дакъа. ХХI бIешо долалучу муьран литература.

4-гIа дакъа. Кхечу къаьмнийн литература

ГIалгIайн литературах юкъара хаамаш.

ГIалгIайн литературех хаамаш.

Яндиев Джамалдинан поэтичнски кхолларалла. Поэтан лирика. Цуьнан лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. Шен махке, халкъе болу аьхна безам. Поэтан дог халкъан лехамашца детталуш хилар. Цуьнан лирикехь Iаламан хазалла, аьхналла.

Яндиев Джамалдинан поэзин башхаллаш.

Элисин, Чербижан Анзоран, Важиян васташ.

Казбегин турпалхой – нохчий, гуьржий – шайн сий, маршо, паргIато ларъечу къийсамехь, вежарий санна, бертахь хилар.

Кулиев Кайсын – балкхаройн поэт. Цуьнан поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. Шен дахар адам ирсе кхачорна дIадала иза кийча хилар.

5-гIа дакъа. Обзорни теманаш

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш (Обзор).

Сийлахь-Боккхачу Нохчийн литературехь Даймехкан тIеман (1941–1945) тема (Обзор).

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран хьелаш а, хIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш (Обзор).

6-гIа дакъа. Литературин теори а, истори а.

Нохчийн исбаьхьаллин литература кхоллаяларан хьелаш, къоман йозанан литературин хьостанаш. Нохчийн литературехь поэзин, прозин, драматургин жанраш кхоллаяларан а, кхиаран а башхаллаш. Йозанан литературин нохчийн барта кхоллараллица уьйр хилар.

Литературин тайпанаш: эпос, лирика, драма.

Литератрин жанраш. Эпически жанраш: дийцар, повесть, роман. Лирически жанраш: стихотворени. Драматургически жанраш: комеди, драма, трагеди. Лиро-эпически произведенеш: поэма, баллада, басня, стихашкахь повесть, стихашкахь роман.

Исбаьхьаллин произведенин формех а, чулацамах а болу кхетам кIаргбар. Исбаьхьаллин прпоизведенин чулацам а, маьIна а. Тема, проблематика, сюжет, дIахIоттам (пролог, юьхьйолор, долор, кульминаци, къастор, тIаьхьара дош, монолог, диалог, лирически юьстахдийларш). Исбаьхьаллин произведенин васт, персонаж, турпалхо. Лирически турпалхо. Авторан васт. Авторан къамел.

Исбаьхьаллин произведени тIехь къовсам (конфликт). Драматургически къовсам.

Проза а, поэзи а. Церан башхаллаш.

Стих кхолларан кепаш. Стих кхолларан силлабо-тонически кеп. Стихан барамаш. Стихан гIулч. Хорей, ямб, дактиль, амфибрахи, анапест. Строфа, ритм, рифма.

Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними.

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран башхаллаш.

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран башхаллаш.

ХIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш.

Теоретико-литературна хаарш далар исбаьхьаллин произведенеш Iамош а кхочушдо, цул совнаха литературин теори Iамо хан а билгалъяьккхина Программи тIехь.

7-гIа дакъа. Литература Iамош кхочушбечу барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш.

Исбаьхьаллин произведенин чулацам тайп-тайпанчу форманашкахь схьабийцар: чулацам текстана юххера бийцар; произведенин сюжетан сиз а лардеш, коьрта хиламаш схьабийцар; шайн къеггина маьIна долу цхьа-ши эпизод йийцар; билгалволчу турпалхочух йозаелла йолу меттигаш йийцар.

Исбаьхьаллин произведенин текст маьIна деш схьайийцар.

Литературах, юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян чулацам схьабийцар.

Стихотворенеш, прозаически произведенийн дакъош дагахь дешар.

Произведени тIера исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш билгал а бохуш, эпитетийн, дустарийн, метафорийн, геперболийн олицетворенийн, иштта дIа кхиболчу а суртхIотторан гIирсийн башхаллаш къастор.

Кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1оттор.

Литературно-критически белхийн тезисаш, конспекташ.

Барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш. Царна юккъехь хир ю литературин материала тIехь язъеш ерш а, дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна язъеш ерш а.

Литературин материал тIехь язъечу сочиненийн герггарчу хьесапехь долу тайпанаш:

– исбаьхьаллин произведенийн васташ къастош йолу сочиненеш;

– произведенийн тематика къастош йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенин идейни чулацам билгалбоккхуш йолу сочиненеш;

– обзорни теми хьокъехь йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенийн хорманех лаьцна йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин литературан произведени искусствон кхечу форманехь йолчу произведенех юстуш йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенех кхоллараллица пайдаоьцуш язъеш йолу сочиненеш.

Дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух, девзинчух лаьцна язъеш йолчу сочиненеш хила тарло шайн гIаланах, юьртах, юьртахойх лаьцна. Юкъараллин дахарх, даймахках, халкъийн доттагIаллех лаьцна сочиненеш.

Шаьш цIахь ешначу книгашна рецензеш.

Шайна гинчу кинофильмашна, спектаклашна отзываш.

Литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдар (цхьаннах я масех книгех пайдаоьцуш).

Интернет ресурсашкахь йолчу материалан барта мах хадор а, рецензи язъяр а.

Шаьш ешначу книгина, хьаьвсинчу кинофильмана, телепередачина, шайна гинчу спектаклана рецензи язъяр.

Шайн школин а, г1алин (юьртан) а дахарх лаьцна къамел кечдар, доклад язъяр.

Wolfsschanze

Лермонтов, произведения про Кавказ

Измаил-Бей
Беглец
Демон
Хаджи Абрек
Аул Бастунджи
Мцыри
Герой нашего времени

Wolfsschanze

"Зеламха" Мамакаев Мохьмад - автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.
Паччахьан олаллин дукъ дазделла гIорасиз хилла, цхьанхьарчу орцане сатесна висинчу муьлххачу а къехочунна дагавогIуш хилла майра Зеламха. Амма, XX-чу бIешеран юххехь, оцу харцонна дуьхьал цо болийна и къийсам кхойтта шарахь бахлой, хеда, нийсонан масал хуьлий, ша халкъан даг чохь а вуьсуш.

"Зелимхан" М. Воцаев - Рисованный боевик по роману М. Мамакаева.

Wolfsschanze

Wolfsschanze

Идрис Базоркин "Из тьмы веков"

«Книга эта — не энциклопедия жизни ингушского народа за минувшее столетие. В ней пойдет речь о становлении личности, о борьбе характеров в условиях значительных исторических событий, о людях, создававших эту историю.

Идрис Базоркин. 1968 г.

Wolfsschanze

Айдамиров Абузар - Долгие ночи

Пожалуй, во всей истории чеченской литературы нет такого произведения, которое имело бы такой успех у читателей, как роман "Долгие ночи". На чеченском и русском.

Wolfsschanze

"Чеченцы в Русско-Кавказской войне" Далхан Хожаев

ЧАСТЬ ПЕРВАЯ
Шейх Мансур
Генерал Александр Чеченский
Сераскир Хаджи-Хасан-паша Чечен-оглы
Тайми Биболт
Гибель аула Дади-Юрт

ЧАСТЬ ВТОРАЯ
Имам Шамиль
Песня матери Шамиля
Аминат
Губаш из Гухоя и Джокола из Майсты
Имамат Чечни и Дагестана
Чеченский вилайет
Столица Дарго (Новое Дарго) и военные крепости Чечни
Армия Имамата
Артиллерия Шамиля
Битва на реке Валерик
Назрановский поход
Ичкеринское сражение 1842 года и разгром армии Воронцова в Дарго
Поход в Кабарду

ЧАСТЬ ТРЕТЬЯ
Наибы Чечни
Хатат, сын Амерхана из Дарго
Шоаип-мулла Центороевский
Юсуф-хаджи Сафаров из Алдов
Ахмад Автуринский
Усми Саадола
Солтамурад Беноевский
Байсунгур Беноевский
Борьба за независимость в Чечне после пленения Шамиля

Wolfsschanze

Wolfsschanze

Макиавелли Николо "Государь" — самая значительная и неоднозначная работа флорентийского государственного деятеля эпохи Возрождения.

Wolfsschanze

Юнус Сэшил - Царапины на осколках.

Автор является свидетелем первой войны в Чечне, интересно описывает жизнь в условиях войны а также дает интересные исторические данные.

Wolfsschanze

З. Х. Ибрагимова - Чеченцы в зеркале царской статистики (1860-1900)

Статистика, особенно архивная, неисследованная, призвана бороться с этими застойными явлениями. Она вызывает живой интерес и отклик как у профессионалов, так и у простых читателей, так как заставляет размышлять вместе с автором и ведет к новым открытиям в уже, казалось бы, изученных сферах. Полученная из массовых статистических источников скрытая информация характеризует те явления, о которых нет прямых данных и часто, хотя и не всегда, говорит о причинах изучаемого явления. Нетрадиционная методика обработки старого источника выступает в качестве условия проявления скрытой информации. Извлечение скрытой информации из массовых статистических источников раскрывает большие возможности.

В данной монографии статистический материал дан без искажений, в том виде, в каком был получен в
XIX веке. Представлены сведения, которые удалось собрать за 12 лет работы в архивах и библиотеках страны. Практически все таблицы, за редким исключением, – авторские. Предложенные источники дают простор для творчества и приглашают читателя к исследованию и развитию темы.

Читайте также: