Вина мохк мазал мерза сочинение

Обновлено: 05.07.2024

Месяца на чеченском 1. Нажи-бутт – январь 2. Мархи-бутт – февраль 3. Биэкарг-бутт – март 4. Тушоли-бутт – апрель 5. Сели-бутт – май 6. Мангал-бутт – июнь 7. Мятсел-бутт – июль 8. Эгиш-бутт – август 9. Тав-бутт – сентябрь 10. Ардар-бутт – октябрь 11. Эрх-бутт – ноябрь 12. Огой-бутт – декабрь

Заметка удалена или не является публично доступной

Ойла ехьа: вайх цхьаьннан ахча дайча, мел сингаттаме, мел гlайгlане хуьлу вай, и лоьхуш мел къахьоьгу вай и карадаллалц. Юха а хьажахьа: мел дукха суннаташ дайна-кх вайн, тесна дитина-кх вай. Ткъа царна гlайгlане хиллий вай? Царна сингаттаме хиллий вай? Вайн дахарехь и суннаташ лелор юхадерзон къахьегний вай?! Баккъал а, и бахьанехь вайн дахарехь вай бала хьоьгучух ду - вай динаран а, дирхlаман а сий-пусар сов деш хилар, уьш мехала ларар Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) суннател а

✔️Сайна хазахетарг чуйилла Шайна луург схьаэца йиш ю, хьарамчу гlуллакхна ца лелийчхьана!

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

hello_html_4db1846a.jpg

Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.

Шовданаша ц1анбина т1улгаш санна,буса къаьсттина серла богу Къилбаседа санна ,1уьйренаш ,суьйренаш мел ю эзарний шерашкахь ехийла хьо-сан Нохчийчоь!

Submit to our newsletter to receive exclusive stories delivered to you inbox!


Мари Умняшка

Лучший ответ:


Таня Масян

Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.

Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.

-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.

Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:

- Адам! Ларлуш охьавосса, - аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.

Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду - зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду - вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн литература дешархошна ч1ог1а кхетош -кхиор хьехар 1аламат мехала ду.Х1унда аьлча ,дешархой т1аьхьа кхио хала болх бу из.

1алашо:Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех кхетам балар;

дозуш долу къамел кхиор;

яздархочун кхолларалле, Даймахке,ненан матте безам кхиор.

Т1ехьажаман г1ирсаш: яздархочун сурт;

Даймехкан 1аламан суьрташ, бераша дехкина суьрташ.

I. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

II Ц1ахь бина болх таллар.

Нажа Шерипов Элбек

-Х1ун къуьйсуш хилла пьесин турпалхой?

-Х1ун хеташ хилла х1оранна а?

-Муха къастийна воккхачу стага Нажас церан дов?

(…шу кхуьй а бакълуьйш ду…Х1оранна а ша вина а, веха а меттиг хаза а хета, дика а хета! Суна массарал а хаза меттиг Нохчийчоь ю…)

Х1ун маь1на ду х1окху дийцаран?

(Винчу махкал хаза а , хьоме а х1умма а дац)

-Шуна х1ун хаьа Айдамиров Абузарах лаьцна?

-Маца, мичахь вина иза?

-Д1а маца кхелхина иза?

Х1аъ, 2005-чу шеран май баттахь д1авахана вайна юкъара и бакъволу къонаха, поэт, яздархо, историк, публицист Айдамиров Абузар.Дала гечдойла цунна! Амма иза ваха висна хьаналчу нохчийн дегнашкахь. Цунна доза доцуш дукхабезара вайн исбаьхьа Даймохк, нохчийн къам. Иза жима волуш ваьллера винчу махках…

-Х1унда къаьстина хилла иза Даймахках?

-Маса шо хилла к1ентан цу хенахь?

-Муха дара цуьнан дахар Сибрех?

-Стенга сатуьйсура к1анта хийрачу махкахь?

-Язъян маца волавелла иза?

-Муьлха говзарш язйина цо?(Дешархоша ц1ераш йоху говзарийн)

-Х1ун гойту цо шен говзаршкахь?

(Къоман дахар: хилларш, лайнарш; нохчийн дика а, вон а амалш; Даймехкан хазалла, цуьнга болу безам.)

IV - Аш даккхий хилча йоьшур ю и говзарш, ткъа х1инца вай 1амор ю

Дешнашца болх: сийначу духарца кхелина 1алам.

-Д1аязде и дешнаш шайн луг1аташ т1е.

Хьехархочо васталлица байт д1аешар.

Дешархошка еша а йоьшуьйтуш, чулацам т1ехь болх бар:

-Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу байтехь?

-Муьлхачу дешнаша гойту поэта винчу махке сатийсина хилар?

(Карий хьо ас дагахь

-Кхузахь вайна х1ун гучудолу?

(Поэтана Даймохк бицбелла цахилар,цунна иза сих-сиха г1енах дуьхьалтийсина хилар)

-Шолг1ачу байтехь х1ун боху винчу махках лаьцна?

(Ахь со т1еийцира, нанас бер санна, хьаьстина…)

-Кхоалг1чу байтехь- ша муха хьоьжу боху винчу махке?

-Х1унда ца 1еба иза мел хьежарх?

-Йоьалг1ачу байтехь гайтинарг х1ун ду?

(Даймехкан исбаьхьа 1алам)

-Муха хета 1алам?

(Дийна долуш санна)

-Стенца ду боху лирически турпалхочо шен ирс?

-Муха бу стихотворенин мотт?

-Стенца бусту лирически турпалхочо Даймохк?

Дешархошка васталлица ешийтар.

V Пейзажах кхетам карлабаккхар:

-Ешал йоьалг1а байт. Х1ун ду кхузахь гойтург?

-Стенца гайтина сурт?

-Стенах олу пейзаж?

(Литературни говзарехь исбаьхьчу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах пейзаж олу)

2 –Даймахках лаьцна кицанаш муьлхачу тобанна дукха хаьа?

Даймохк мазал мерза бу.

Нехан махкахь эла хуьлучул шен махкахь лай хилар тоьлу.

Даймохк-нана, нехан мохк-десте.

Даймохк-ялсамане, нехан мохк-жоьжаг1ате.

Мохк боцу аьрзу къийго а тергал ца йо.

Нехан махкахь вехачул шен махкахь валар тоьлу

Даймохк мостаг1чух ларбе, къайле хьесталучух ларъе.

Даймахках ваьлларг-т1емаш доцу хьоза.

-Х1етал-метал хаийла шуна:

-Нана санна, цхьаъ бен боцург?

-Гена мел вели дукхабезарг?

-И сингаттамехь хилча, вайн ч1ог1а дог 1ийжарг?

-Кицанашкахь мазал мерза лоруш берг?

-Поэташа, яздархоша исбаьхьаллин дашца хестош берг?

-Х1аваъ аьхна а, дарбане а дерг?

-Латта токхе а ,беркате а дерг?

-Шовданаш шийла а , сирла а дерг?

-Лаьмнаш лекха а , кура а дерг?

-Нехан махкахь хилча, шена ч1ог1а сагатдийриг?

-Вайна, нана санна, хьоме берг?

-Цундела вай ларбан безарг?

-Бераш, х1ун ду Даймохк безар, ларбар бохург?

-Муха кхета шу цунах?

(Мотт дика 1амор; иза хаза, оьзда бийцар; оьзда г1иллакхаш лардар лелор; 1алам лардар, дитташ, зезагаш кхиор; ц1ена лелар )

VII Урокан жам1 дар.

-Пайдениг х1ун 1емина вайна х1окху урокехь?

(Даймохк хьоме хилар, иза ларбан безар)

Дешархоша урокехь дакъалацаран мах хадор.

VIII Ц1ахь бан болх.

74, 76-78 аг1онаш. Байт дагахь 1амо.

-Элбек ву шена Даймахках лаьцна кхин цхьа илли хаьа бохуш.Ладог1а лаьий шуна?

НОХЧАЛЛА

НОХЧАЛЛА

НОХЧАЛЛА запись закреплена

Даймохк! Нохчийн х1у кхетам бу цу дашца?

Даймохк - иза цхьа лаьмнаш, хиш, аренаш хилла ца 1а. Даймохк - иза уггар а хьалха х1окху лаьттан адамаш ду, церан вовшашца йолу оьзда юкъаметтигаш, г1иллакхаш, марзонаш, баккхийчеран хьекъал, 1еламнехан беркате серло, кегийрхойн доьналла, мехкарийн оьздангалла, нахана юккъера нийсо (Муса Ахмадов) .

Нохчийн поэташа тайп-тайпачу дешнашца бийцина Даймахке болу безам.

Вайн латта…
Дайша, ц1ийца хьандина
Вайна хьанал дина,
Хьомсара х1ара латта
Вай хьоьшу атта!

Дайша ца кхоийна ц1ий,
Хилийта кху мехкан сий!
Харцоно хьовзорах готта,
Ницкъ хилла лекха б1ов йотта!

Дайша говза 1амийна вай,
Сий дан кху лаьттахь мел деха вай.
Ямартло эшийна бакъонна г1атта,
Халоно мел цестарх ца къарлуш латта!

Дезна суна лекха лаьмнаш,
Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
Сан Даймехкан аматаш.

Езна Iуьйре, нуьрах йогу,
Екхна сийна стигланаш.
Ийман, ислам, ихьсан долу,
ГIийла, миска адамаш.

Лаьа даим ирсе гойла,
Оьзда, гIилкхе нохчийн къам.
Дала цунна хьуьнар лойла,
Яккха ирхе, баккха лам.

Винчу махке йолу марзо,
Йийца, дилла меттиг яц.
Дено-дено кхуьу, хазло,
Цуьнца дуста хIумма дац.

Читайте также: