Сочинение оьздангалла на чеченском

Обновлено: 05.07.2024

Iаж Iожана буха божар хууш ду,
Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?
ГIиллакх дитт ду, ткъа хьекъал — цу диттан стом,
ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй.

Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!
Ахь суна ца бина тешнабехк,
Ас бийр бац хьуна!
Хьан дино кхерий-кха сан жима расха дин!
Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?
ХIинца лата веза вайша кху бутон раьгIнашкахь.

Латарна кечам бина ваьллачул тIаьхьа, гIалагIазкхичо Эвтархойн Ахьмаде олу:

ГIиллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь а стаг хир вац вайн гIиллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор гIеллуш ду дийнера де мел дели, царах цхьадерш дIадовлуш а ду. Масала, нохчийн дахарера дIадаьлла ала мегар ду боьршачу стага коьртахь хIума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа а жима стаг коьртахь хIума йоцуш, эвлаюккъе стенна дуьйцу, шен кетIа а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и гIиллакх цкъа а хила а ца хилча санна дIадаьлла. Бакъду, коьртахь хIума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий хIинца а. Коьртахь хIума лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Iа. Иза шен кIорггера маьIна долуш хIума хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза.
Нохчийн дахарехь гIиллакх-оьздангалло мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла гойту халкъан барта кхоллараллин произведенеша. Иштта, цхьана халкъан узамехь ду хIара тайпа могIанаш:

Шайца шуьне ва ховша хьеший боцчу буьйсанна,
Мерза шун ца долош пхьуьйраза бисина,
Шайна уллохь дажа хьешийн дой доцчу буьйсанна,
ДIайиллинарг ца юуш, уьйтIахь дой тирсина,
Чохь хьешан аз ца хезча, йоьттинарг ца юуш,
УьйтIахь жIаьлеш угIуш – оццул хьеший хетта
Хьалха хилла къена дай, и дика къонахий
Биц ма белаш, доттагIий, Iаьржа латта мел хьоьшу…

Кхузахь адамийн гIиллакхаш долуш гайтина говраш а, жIаьлеш а. Оццул лакхара хила езаш хилла нохчийн цIийнан оьздангалла, оцу кертахь долчу хьайбанаша а лелош.
Цунах лаьцна шен цхьана стихотворенехь иштта яздо Сулейманов Ахьмада:

Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьал догIий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду.

Кхин а чIогIа тамашийна сурт хIутту халкъан цхьана туьйранехь. ГIиллакхах кхетам бу оцу туьйранехь, юьртан цхьаъ бен доцчу шовдана гонаха а бижина, хIоразза а шена яа цхьацца къона йоI ца елча, юьртахошка хи ца оьцуьйтуш болчу саьрмикан а. Оцу махкара воцу кIант шозза хи тIе веъча, хIумма а ца деш, хи оьцуьйту цо. КхозлагIа веъна, хи эцна дIавоьдуш олу цо:
— Ас, хьаша волу дела, гIиллакх лелош, вити хьо, кхузза хи тIе веъча а, хIумма а ца деш, кхин ма воьллахь. Кхин вагIахь, дийна дIагIур вац хьо.
Оцу масалша а гойту, нохчийн къомана шен дахаран маьIна хьал-бахам совбаккхарехь, я яккхий тIулгийн гIаланаш ярехь, я кхечу къаьмнийн мехкаш схьалецарехь ца гуш, дуьххьалдIа хIокху лаьтта тIехь хьанала къа а хьоьгуш, гIиллакх-оьздангаллин бехкамаш ларбеш дахарехь гуш хилар.
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьа лекха бIов ю. Вайн къоман хIора а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакхаяьккхина. Цундела хIора нохчочун декхар ду и бIов Iалашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нагахь жима стаг, ойла а ца еш, дайн гIиллакхаш емалдеш, дIатийса волалахь, я уьш кхечу Малхбузера я Малхбалера еъначу хийрачу амалшца хийца гIортахь, цо оцу бIаьвна юккъера тIулгаш дIадоху. Ткъа и тайпана нах алсамбевлча, и бIов чухарцарна кхерам а бу. Оцу хьокъехь поэта Супаев Руслана аьлла:

Хьо ма сихло шира туьйра харцо,
Дега-нене восе дош ма ала.
Уьш дIахьур бу заманан цу дарцо,
Хьуна дагахьбаллам битарца.

Книгаш тIехь ца Iамийна Iалам цара —
Латта аьхна, летта дарцаца!
Сих ма ло хьо йохо шира гIала,
Замано а отур ю и атта.

Пхенийн шеддаш долчу куьйгийн йовхо —
Хьан ден куьйгийн йовхо ю иза!
Ненан мIараш кIелахь дисна латта —
Хьан Даймехкан латта ду иза.

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин гIала замано а йохор яц, нагахь вайх хIорамма а иза Iалашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу гIуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

КИЦАНАШ:

ГIиллакх дезаш волчунна, и генахь дац.
ГIиллакхо лех эла вина, гIиллакх цахиларо элах лай вина.
Оьзда воцу стаг, хьошалгIа веъча, дика кхаба, оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду.
Оьзда волчу стагаца дов хилар гIоле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

ВОККХАЧУ СТЕГАН ДИЙЦАР

1

2

Адамийн догIмашца кхо дийнат ду шуна: цхьа жIаьла а, цхьа бежана а, цхьа вир а. ЖIаьла — и шун мотт бу шуна, и зIенашца дIадехкалаш; бежана — шун гай ду шуна, и шайн хьаьвди тIехь латтаделаш; вир — и эвхьазалла ю шуна, цуьнан логгехь хулура боьддучу агIор муш тасалаш.
Синошна элий хилалаш, шайн догIмаш цу синойн леш а делаш.
Шаьш лелочунна наха кхиэл яле, и кхиэл шаьш елаш, хIунда аьлча, наха йина кхиэл цкъа а тIера ер яц шуна, ткъа шаьш дечун хьалххе аш ойла яхь, цу нехан кхиэлах девр ду шу.
Эладитанах кхера а лой, шайн ирсах ма къасталаш, и эладитанаш дIакхаьч-кхаьчначохь бухахь карор ду шуна, цкъа а тIаьхьара а ца довлу уьш.
Цкъа хьалха шаьш кхоьллинчу Делах эхь хеталаш, тIаккха цунах кхералаш, хIунда аьлча, эхь хетар и Дела везар а, ларар а ду, ткъа кхерар – и шуна шайн догIмех къахетар ду, шаьш хьерчийначу къиношна Дала шайна Iазап дийр дуйла а хууш.
Тезета дуьзна ма гIолаш, вуьзначу стеган юьхь тIехь велар хуьлу шуна.
Ловзарга меца ма гIолаш, меца стаг гIийла хетало шуна.
Шаьш бехке долу дов, и гена далале, шайн эшамца дерзаделаш, и эшам эхь дац шуна.

3

Шаьш бехке доцу дов, шайн мостагIа къера хиллалц, дижа ма диталаш, и эхь а, эшам а бу шуна.
Къонахалла массо хIумано ловш ю шуна, къаналла цхьана Iасано бен ловш яц шуна.
КIантана тухуш а, дов деш а, цуьнан амал ма кагъелаш, иштта кхиъначу цунах вон тIемало хир ву шуна.
Зудабер цхьана а буса шийла а, меца а ма диталаш, иштта кхиъначу цунах вон зуда а, вон нана а хир ю шуна.
ЙоьIан лелар ма хестаделаш, хIунда аьлча, хуьлучунна даима ша нийса ю моьттуш, и галъер ю шуна.
Доьзалехь къовсам белахь, берашна тIе ца хIуттуш, зудий, майрий вовшашна тIехIотталаш, хIунда аьлча, шуьшиъ, цхьацца а доккхуш, эшо гIерта шуна шун доьзал.

4

(Дийцар яздина Амагов Доккас)

НОХЧО ВУ СО

Нохчо ву со,
нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,
ЦIоькъа-лоьмо шен маьхьарца
вижинчуьра гIаттавина,
Нанас иллин накха белла,
илли ала векалвина,
Нохчийн маттах, нохчийн махках
берахь дуьйна дозалдина.

Нохчо ву со,
Лермонтовна тIеман кIуьрлахь хийла гина,
Топ кхетарна цунна кхоьруш,
сайн Даймехкан сий лардина,
Сайн хьешана мерза кхача,
деган йовхо ца кхоийна,
МостагIчунна, бекхам боцуш,
цхьа а зулам ца дитина.

Нохчо ву со,
маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина,
Цунна ямарт, осал хетарг,
къа ца хеташ, сайх хервина,
Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш
ца дисийта юкъ йихкина,
Iазап хьоьгу лай хуьлучул,
летта, вала резахилла.

Нохчо ву со,
кху дуьненчохь са лаьттачу ирсе кхочуш,
Барттий, безам, яххьий, тешам
байна, цкъа а вехар воцуш!
Нохчо ву со,
цхьана а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш,
Махках ваьлла, халкъах хаьдда,
декъалхила амал доцуш!

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

ДЕШАРХОЙН Г I ИЛЛАКХ—ОЬЗДАНГАЛЛА КХИОР

Г I ИЛЛАКХ ДОЬЛХУ ДОВШ ДУ

НЕНАН МАТТАХЬ БЕТТАШ МОХЬ.

Г I иллакх-оьздангалла коьрта дакъа ду синоьздангаллин кхетош - кхиорехь. Йоккха меттиг д I алаца еза синоьздангалла кхиоро дешаран заведенешкахь . Цу хьокъехь бан безаш болу болх ч I ог I а ледара хилар билгалдаьккхина вайн нохчийн президента Р.А.Кадыровс.

Т I екхуьу чкъор кхетош - кхиоран балха т I ехь йоккха меттиг д I алоцу дай-наноша а, хьехархоша а. Дешархойн леларехь шайн ц I ера, доьзалехь долу г I иллакхаш гучадовлу. Шен духарца а, леларца оьзда йолу йо I а, г I иллакхе , иманехь волу к I ант а билгалволу школехь, вузехь, арахь д I ах I оттарца, вистхиларца. Школехь дика доьшуш долу бер оьзда, лераме хуьлу,церан дай-наной школаца уьйр йолуш хуьлу.

Хала хеташ делахь а, дай-наноша дешаран низам лардар а, беран ц I ахь терго яр ледара ду. Дешарца ойла йоцуш, шайх школехь пайда хиларна а кхоьру дешархой к I езиг бац. Нислуш ю хьехархошка а, наношка а бер к I оршаме дистхуьлуш йолу меттигаш.

Дай-наноша к I адвалар доцуш, тидам бан беза шен доьзалхочун, бала хила беза шен беро арахь лелочун. Шен берана беш болу хьехамаш сацо ца беза, терго ч I аг I ъян еза, карах даларе ца хьоьжуш. Шен доьзалхо жоьпалле озо ден а, ненан а юьхь хила еза - дахарехь берана масала гайтарца. Берана жима долуш дуьйна I амо деза диканиг, беро тидаме эца беза шена бен болу хьехамаш.

Да декхараллахь ву даима шен доьзалхочух жоп дала.

Вайн къоман г I иллакхца ду божарийн салам далар-эцар, амма и даларан шен хьелаш ду. Салам луш ца хилла шен ц I ийнан (гергарчу) стаге,

ненахошка, стунцахошка - невцо, баккхийчаьрга, зударшка, кхиазхошка, маьждигехь.

Дукха ду вайн дайшкара схьадеана к I орга маь I на долу, лардан деза

г I иллакхаш. Х I оранна хазалла, мехалла йовзуьйтуш бер кхето деза.

Ден шен барамца йолу ч I ог I аллий, ненан йовхой оьшу бер кхеторехь.

Синоьздагаллица кхетошкхиорехь йоккха меттиг д I алоцу школо.

Муьлхачу урокехь карор ю оьздангаллин, г I иллакхан хазалла хьахо меттиг.
Къаьсттина нохчийн меттан а, литературан а, этикан а, динах лаьцна дуьйцучу урокашкахь. Т I аьхьарчу урокашна сахьташ(1 сахьт к I ирнах) ч I ог I а к1езиг ду, церан ч1ог1а эшаре хьаьжча.

Хьехархочо говза дуьйцучуьнга дика ладуг I у дешархоша. Дукха масалаш ду вайн къоман фольклорехь,прозаически а, поэтически произведешкахь дешархо кхетош - кхиорехь ч I ог I а мехале амалаш юьйцуш.

Нахана юкъахь муьлха г I иллакхаш ду лоруш, муха стаг дош хета нахана?

Оцу хаттаршна жоп дала таро хуьлуьйта хьехархочун лакхарчу классашкахь классал арахьара вовшахкхетарш кечдеш, дешархошка дакъа лоцуьйтуш д I ахьо диспуташ, кхоллараллин белхахошца долу цхьанакхетарш

Вайн г I иллакхаш муха хилла ( синкъерамехь, ловзаргахь), йоь I ан, к I ентан

юкъаметтиг йийца еза шайн классан сахьташкахь:

«К I ентан яххьий, йоь I ан эххьий:

Ма гойла д I адаьлла де!

Кхана уьш д I адовлуш делахь

Ца вехаш,со тахна ле…( А.Сулейманов)

Х I ун бахьана ду техьа къоман сибат, хат I дицдан г I ертар, ненан маттаца йолу уьйр херьяр. Вайн т I екхуьучу чкъура юкъахь к I езиг бу къоман историн а, меттан а, литературан а к I оргене кхийдарш.

Нохчийн къам б I ешерашкахь г I ароллехь лаьттина къам ду, шен сина а

махкана а,гонахь долчу къаьмнийн г I иллакхаш хийцалуш х илча а.

Зама чолхе елахь а,къомана долчунна парг I ато яьллахь, ц I енчу буха т I ехь долу вайн дайн г I иллакхаш дицдина.

Дукха халонаш лайначарех, къоман хала киртигаш т I ех I итича, мотт, къоман

оьздангалла ларйичарех бу яздархой, поэташ: С.Бадуев, I .Мамакаев,

М. Мамакаев, Х.Ошаев, А.Сулейманов, М.Сулаев, Ш.Арсанукаев…

Нохчийн меттан хьехархойн декхар ду церан исбаьхьаллин дашах пайда а оьцуш, Даймахке болу безам,дайн г I иллакхийн ц I еналла, оьздангаллин лакхалла гайтар.

Оьздангалла стеган духарца я, даржаца яц. Х I ора стеган ц I ийца, сица йозуш ю оьздангалла. Нахаца дог-ойла ц I ена йолуш,г I иллакх шен сица долуш ваьхна волу поэт г I айг I ане ву ша кхелхича шен сина а, кошана лулахь маьттаза ваьхначу стеган са а, кошан барз хиларна кхоьруш.

«Сан дег I , са вовшашца

Барт боьхна дог I у.

Г I ерта уьш д I акъаста

Витина со.

Стиглах схьадаьлла са,стигла д I аг I ерта,

Лаьтто шен чкъуьйриг

Д I аийзайо!

Йо, Дела,сан дег I ахь

Д I алахь ахь лаьтте,

Сан са ахь д I ахьолахь

Дала беркате мохк белла, оьзда г I иллахаш делла, бусалба къам ду вай.

Кхечу къоман культурехь д I аэ ца веза стаг.

Кхечу къоман стагана шен къоман культура йовзийта еза.

Бусалба дог-ойла йолуш,шен къоман оьзда г I иллакхаш кхечу къаьмнашна

довзуьйтуш,,адамашна пайдехь г I уллакхаш дан кийча волуш, хила веза стаг.

Вайн махкахь вевзачу поэта А.Сулеймановс нохчийн стагана шен дахарехь сийлахь дерг х I окху дешнашкахь гайтина:

«Даймахкана хьалха гора лаьттина со дукхазза, эхь ца хеташ!

Сайн нанна хьалха гуора лаьттина со дукхазза,эхь ца хеташ.

Цо сайна пурба делча бен гена новкъа а ца ваьлла,

Дан дага лаьцна доккха г I уллакх дола а ца дина…

Даймохк дагабеъча вилхина со,эхь ца хеташ!

Даймахках къаьстича,къастийча а вилхина со къайллах, эхь ца хеташ!

Амма ца вилхина мацвелча, г I елвелча, мел йоккха харцо, сайна иэшам

Шен къоман, мехкан дерг коьрта хеташ, хьекъалах, собарах, оьздангаллех ца

бухуш, замано ца хьистинехь а, хила нохчийн литературан классикаш.

Стага шех ала дош дита деза дуьненахь ша вехачу заманчохь,ша д I аваьлча,

яккха шех ц I е йита еза.

Вайна,хьехархошна,т I ехь декхар ду т I екхуьу т I аьхье оьзда, къоман долу х I ума деза а,довза а лууш кхиор.

Хийла вай вовшахкхеттачохь дуьйцуш, олуш хезна вайна: вайн дай оьзда хилла, яхь йолуш хилла, цара вовшашца гIиллакх лелош хилла, бохуш. Вай дозалла дарца дуьйцу къонахех, дикачу нахах лаьцна.

Амма иза дац тахана вайна юкъахь и тайпана дика нах ца бисина бохург. Делахь а, вайна мел халахеташ делахь а, хIокху тIаьххьарчу шерашкахь чIогIа лахбелла адамийн вовшашка болу къинхетам, баккхийчаьрга болу лерам, вовшашна юкъахь хаалуш ю эвхьазлонаш. И эвхьазлонаш хьакхало божарех а, зударех а. Уггаре а халахетарг ду, доьзалан ненах, хIусамненах хьакхалуш а уьш хилар.

Тохара тхо кегий долчу хенахь наха шайн юьртахь я куьпахь емалвора вониг, къобалдора диканиг. Массара лоруш болу нах хуьлура хIора юьртахь а, куьпахь а. Юьртахь пхьоьханаш хуьлура, къоьжалло кхелина баккхий нах охьа а хуьйшуш, дика-вон цара дийцаре дора. Суьйранна, малхбузу IиндагIаш дахлучу хенахь, хаза хийист дIахIуттура, цигахь кегийрхой вовшах кхетара, вовшийн безамах дагара дуьйцуш. Iуьйранна я дийна юккъехь йоIе вистхилар иэхье лорура. МаьркIажал хьалхе йоI маре йодахь, ядийнарг лорура. Массо хIума а шен-шен кепехь дара, лелочун доза дара. Наха хIума аьндолчух ларлора. Буьйсанна буьртигахь хьаьжк1аш йохуш, тIаргIа къажбеш я нораш цIандеш белхеш хуьлура. Я синкъерам бора, хьеший баьхкича, церан лерамбеш.

Юьртахь зуда ялийна ловзар хилча-м, ерриге юрт бохург санна, цига дIагуллора. Нускале мотт а бостуьйтуш, лаккхарчу низамехь той дIахьора. Бакъду, юьртахь даьлла тезет а долуш, цхьана дас ловзар-м муххале а дийр дацара, ур-аттала зуда цIа юьгуш топ кхуссуш а ца хозуьйтура.

И дерриге таханлерчу денца дуьстича, вайна гуш ду-кх: Iуьйранна мичча хенахь а йоI урам новкъахь сацон а, цуьнца латта а мега. Буьйсанна хуьлучу белхийн меттана, кегийрахой телевизорш чу а бирзина Iаш бу. Наггахь юьртахь ловзар дича а, цхьацца лела ца хуучу наха и дохош меттиг хуьлу.

Дукха хан йоццуш со рузбане воьдуш а, юха цигара цIа вогIуш а сайна новкъахь гиначух цхьацца хIума хьахо лаьа суна.

…Со боккхачу новкъа воллушехьа, 40-45 шо хир долуш йолу цхьа зуда суна нисса 2-3 гIулч хьалхашха, со тергал а ца веш, новкъахь машен йогIуш юй а хьаьжна, сан некъ а хадош, дехьайолу. Иза Iовдал йоций-м хиира суна, Iовдал хилча машен йогIий а хьожур яцара…

Ас ца боху, сайн некъ хIунда хадийна, и баха сан бакъо а яц. ШарIе диллича а, мискъалазарраталл а хьо кхечарал лакхара хетавала мегар дац боху. “Со хIунда ца лери хIокхо, суна хьалхахула хIунда ели хIара?” – аьлла а дагчу куралла ягIахь, Далла гергахь кхераме ду боху. Ас бохург: “Деллахь, гIеметта хIоьттина йолчу оцу зудчунна а гIиллакх-оьздангалла х1ун ю хууш ца хилча, цуьнан доьзало хIун дийр ду техьа? Уьш хьанах тера хьалакхуьур бу техьа? Цара хIун лелор ду техьа? Хир юй те вайн юьззина къона тIаьхье?” – бохург ду.

Со цIа вогIуш а, цIа кхача йиснарг 200 метр хиллал меттиг бен яцахь а, цIа ваха йиш йоцуш лаьттара со. Оцу боккхачу новкъара хьалавоьрзучохь, тхан урамновкъахь, сан беша йисттехь ала мегар долуш, лаьтташ дара кIанттий, йоI1ий. ХIинца со хьалаволавелча церан меттиг йохайо-кх ас бохуш, сайн жималла дага а лоьцуш лаьттара со. Бакъду, со жима бер долчу хенахь лаьттинчух тера-м дацара суна гуш долу сурт. Цкъа делахь, йоI, шеца накъост а йоцуш, ша яра, я кIентан латтар а дацара башха йоIаца дагара дуьйцуш лаьттачух тера. Алссам нах дIасалела урам бара иза. ЦIа ца вахча ца волуш со а вара. Делахь а со-м йогIуш йолчу, сайн лулахочун “Беларусь” трактор а сацийна, цу тIе а хиъна, царна уллехула чекхвелира, царна новкъарло а ца еш. Цул тIаьхьа, гIеххьа хан яьллачул т1аьхьа, со корехула арахьаьжча, лаьтташ гуш дара и шиъ, амма царна уллошха тIехдуьйлуш, дIасалелаш, сол кегийра, даккхийра а адамаш гора. Ас ойла йира: “Хьажахь, церан меттиг а ца юхуш, со а валалург хилла-кх царна тIех”, – аьлла. Амма ас лелийнарг сайн гIиллакх дара.

Иэхье хIун ду а, иэхье хIун дац а хьоьхуш хила дезаш дара, къаьсттина дай-наноша. Кхин хIумма ца хилча а, вай муьлхха а цхьа буьйса схьалаьцча, тийна сахиладоллалц цхьацца маьттаза гIовгIанаш а еш, деса къамелаш дарца билгал а буьйлуш, цIармата буьйлуш, пайда боцурш лелош, урамновкъахь буьйсанаш токху вайн цхьаболчу кхиазхоша.

Дай-наношна хIунда ца хаьа шен доьзалхо чу мича хенахь вогIу, я цо хIун некъ лелабо?

Вайн доьзалш вай иштта хецна битахь, кхана Iуьйрре къоман амал йоцуш, юьхь йоцуш дисарна кхерам бу вай. ХIун дийр дара-те, хIун далур дара-те вайга?

Вай, Дела орцахволийла бохуш, Iарх гIуллакх хир дац. Вай лелочу дикачу хIуманна и орцах ваьлча а тоьар ма ду. Вай ваьш ду тахана оцу вешан доьзалшна орцахдовла дезаш дерш, уьш нийсачу новкъа баха безарш, царна цахуург хьеха декхарийлахь дерш. Доцца аьлча, царна дов дан а, ца хуьлчу даьлча тоха а йиш ерш.

Шеко яц шуна, Дела чIир оьцур йолуш ву шуна. Мискъалазарраталл а хаттар доцуш, жоп доьхур доцуш хIума дац шуна. Ойла е тахана шаьш сема долччуьра, набарх т1еоьхьнарг бен хир дац шуна. Байттамал бохучу хенахь тIаьхьа хир ду…

Цундела айса школехь бечу балха т1ехь, хьалхара меттиг д1алоцуш хета суна, дешархой г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиор, ткъа шолг1а меттехь ду 1илма 1амор.

Хьовсал, 1илманал а лакхара мах хадийна кхузахь г1иллакхан. Иза т1еч1аг1деш цхьа дешнаш ду вайн фольклорехь:

Ницкъ хиларх хуьлуш вац яхь йолу дика к1ант,
Х1илланах а хуьлуш вац тешаме дика к1ант,
Тешамо, собаро, г1иллакхо веш ву-кха,
Оьздалло, стогалло, хьекъало веш ву-кха,
Г1иллакхах вуьззина яхь йолу дика к1ант…

Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха ю г1ум. Х1етте а цхьатера ши мисхал карор яц боху цуьнца. Иштта адамаш а ма ду цхьатера доцуш, цаьрга терра ма ду церан г1иллакхаш а.

Дала, 1алам къаго кхоьллина г1а-бецан заза санна, къаьмнаш хаздан кхоьллина ду г1иллакх-оьздангалла. Ткъа и оьздангалла адамашкахь бен, кхечу садолчу х1уманашкахь хила йиш йолуш а яц.

Г1иллакх – иза адамийн вовшийн дика уьйр ю. Амма иза оьздангаллин цхьа дакъа бен дац. Г1иллакх ялсаманера схьадеана а ду, юха ялсамане дерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца.

Нохчийн къоман г1иллакхаш кхолларна ч1ог1а т1е1аткъам бина вайн махкахь хиллачу хиламаша.Кхузахь къаьсттина билгалъяха еза Шайх Мансуран, Тайми Биболатан, Имам Шемалан заманаш, иштта вайн халкъ 1864 шарахь Туркойн махка кхалхор, цул т1аьхьа 1944 шарахь дийнна халкъ Сибрех дахийтар, 1994 шарахь дуьйна Нохчийчохь масийтта шарахь хилла т1ом. Амма нохчийн къам даьхна, х1умма осала а доцуш, деккъа цхьа г1иллакх-оьздангалла бахьанехь. Цундела, вай д1акхехьа безаш болу коьрта некъ – вайн дайшкара схьадог1уш долу оьзда г1иллакхаш карладахар ду.

Суна хетарехь, шен парзаш кхочуш а деш долу кхин суннаташ а ца деш, вайнехан г1иллакх-оьздангалла лелийча а, ялсамане даха хьакъ долуш къам ду вайниг.

Дуьненахь дехаш долу дерриге а къаьмнаш вовшех юьхь-сибатца, басца къаьстина ца Iаш, шайн гIиллакхашца ма къаьста. Ткъа тахана вайна гуш дерг, вайна хезаш дерг вайнехан амалца догIуш дац. Масала: урам-новкъахь, ламазаш а туьлуьйтуш, я уьш данне а ца деш, цизаьркаш, къаьркъа, кхийолу “ирча” баккхалш юхкуш вайнехан зударий хилар и вайна массарна а эшам бу, цхьана доьзалан нана ма ю иза… ДIакхоьссина бер карийна бохург къоман а лазам бу, къанделла да-нана дIатесна лелаш бераш ду аьлча а чIогIа новкъарло хуьлу дагна. ХIунда аьлча уьш берриге а цхьа тайпа-тукхам долуш, белча дIабохка безаш, дайн кешнаш долуш нах ма бу. Доладан дезара вай вешан доьзалийн. ХIора а дас-нанас шен-шен доьзална тIехь хила ма деззара Iуналла деш хилча, вайна милцой а оьшур бацара, цара кхин болх бийр бара. Оцу доьзалех лаьтташ ма ду дерриге халкъ. Доьзал ма бу вай уггаре хьалха ларбан безаш берг, тIехь Iуналла дан дезарг. Цундела оьшу дай-наноша шайн доьзалшна, кIад а ца луш, нийса некъ хьехар.

Дуккха а болчу хийцамийн тешаш хилла вай хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Оцу дIадаханчу тIеман хиламаша хийцина техьа вайн амал? Тахана вайгахь долчу хьоле ладоьгIча, кхана вай мича кхочур ду-техьа бохург дагчу лелхаш, ойлано хьийзаво. Вай оцунах цхьацца там хуьлуш хилчхьана, стагна томана харц дерг дуьйцуш хилча, вешан къоман хIума гал ма доккху вай. Ша къонах волу нохчо, и стимал къаьхьа делахь а, бакъдерг дуьйцуш хила веза.

“Вай нохчий ду” – олу вай. Бакъду, нохчочуьнгахь хила езаш йолу яхь, гIиллакх, оьздангалла, собар, стогалла тоьаш ца хуьлу хийла.

“Вай бусалбанаш ду”, – олу вай. Амма бусалба стагна тIехь долу декхарш кхочуш ца до хийламмо. ТIаккха хуьлий вай бусалбанаш?

Таханенна пайдехь дерг лоьху, аттаниг хоьржу, кханенна ойла йийриш кIеззиг хуьлу. Нагахь цхьа хIума ваьшна пайдехь карийча, шариIатна тIетевжа вай, и вайгахьа делахь – пачхьалкхан законна тIетевжа, ваьшна гIолехь хетахь – нохчийн Iадатна тIетевжа.

Уггаре а тоьлларш хир дара вай, ваьшна хетарш Iадда а дитина, вай кхоьллинчу Везчу Дала хIун боху хьаьвсича.

Масийтта декъе декъаделла, вовшашца хера а ца дуьйлуш, бусалба дин цхьаъ хиларе терра, цхьаъ хилий даха вай? Оцу бакъ новкъа вай дIадахча ялсамане кхочу-кх вай. Ца долхахь – некъах тилла, шайтIанан буйна дахарна кхерам бу.

Делахь а, вайн къам дукхах дерг мискачу нахах лаьтташ ду, Дала ша церан до1ийна жоп луш, ца духуш схьадеана а ду. Дахарехь шайна мел дукха халонаш хиларх, къизалло хьийзадарх, и дерриге Делера дуйла а хууш, цуьнгара шайна ял хиларе са а туьйсуш, Делан диканах дог а ца дуьллуш, кху хене схьабаьхкина миска нах. Уьш бу-кх буьззина Делан лайш. Цара къийсац дуьненан даржаш. Далла кхоччуш 1амал яр бен, цара лехац дуьненан ялсамане… Уьш бу уьш, кханалерчу къематдийнахь, шаьш Кхоьллинчо диканца кхаъ боккху берш. Ткъа къонахий а бу церан даржехь, Дала дуьне ч1аг1деш, х1иттийна мокхазан лаьмнаш санна, мехкан дуьхьа кхоьллина, халкъан г1ортораш.

Дала бакъдерг довза хьекъал лойла вайна, тIаккха оцу бакъдолчунна тIаьхьадаза ницкъ а лойла вайна. Дала иштта харц дерг довза а хьекъал лойла вайна, харц долчух лардала ницкъ а лойла вайна!

Дала нисдойла вай Шен нийсачу некъа тIехь!
Дала лардойла вай Шен оьгIазаллах!
Дала лардойла вай зенах-зуламах!
Дала тIаьхье беркате йойла вайн!

Нажмите, чтобы узнать подробности

Тахана бераша, вайна дуьйцур ду, нохчийн къоман г1иллакхех, оьздангаллех лаьцна. Xlopa занятехь нисло вайн нохчийн къоман хаза г1иллакхаш довзийтар, цаьрга безам кхоллар, вайн нехан дикачу амалех лаьцна дуьйцар.

Оьздангалла - ю вайн яхь,

Оьздангалла ду г1иллакх,

Оьздангалла ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

1алашо: къоргера кхетам балар дешархошна нохчийн г1иллакхех

а,оьздангаллехь а;

Масалашкахь берашна довзийтар ,муха лело нохчийн г1иллакхаш. Урокан г1ирс: ИКТ, урокан конспект,б1ов.

Урокан некъ.

Вовшахтохаран ми нот.

Урокан тема а,1алашо а йовзийтар.

Садаг1аран минот.

Тема йовзийтар.

(нохчийн мукъам)

1.Вовшахтохаран минот.

Де дика хуьлда шун хьоме бераш а, хьехархой а.

Тахана бераша, вайна дуьйцур ду, нохчийн къоман г1иллакхех, оьздангаллех лаьцна. Xlopa занятехь нисло вайн нохчийн къоман хаза г1иллакхаш довзийтар, цаьрга безам кхоллар, вайн нехан дикачу амалех лаьцна дуьйцар.

Оьздангалла - ю вайн яхь,

Оьздангалла ду г1иллакх,

Оьздангалла ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

Дуьне хаздинарг малх бу, буьйса хазйинарг седарчий, беттаса ду. Вайн дахар хаздинарг адамийн оьздангалла, г1иллакх ду.

Бераш! Шуна ма - хаъара вайн дайшна, дедайшна юкъахь хилла г1иллакх- оьздангалла, ларам. Пиллакх - иза адамаша вовшаца лелочу гергорлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Оьздангалла xlopa стеган леларехь, амалашкахь гучяьлла ца 1аш, шен сица а, синкхетамца хила езаш ю.

Хаза г1иллакхаш ду вай: да-нана ларар, церан хьашташка хьажар, вовшашна rlo дар, гергорло леладар, вуо болх хилча орцах довлар.

Х1инца хьан юйцур яра оьзангаллехь лаьцна?

Ма оьшу Хьо йоцуш вверг Ца хетта стаг вахарехь.

Ткъа ирс атта И бац бухку - оьцу Оьздангалла - ю вай яхь.

Оьздангалла! Адамашна хьо дахарехь, нахана

Оьздангалла! Хьан мах бац, стеган доккха ирс, карош дац- г1ирс,

Оьздангалла - ду г1иллакх, вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

-Баркалла. Хаза йийци. Бераш шу муха кхийти цу байтах?

Хь. -Оьздангалла стеган дег1аца, олачу дашца а, боккхучу когаца, массо а ханна шеца хила езаш ю.

-Пиллакхо во стаг.Пиллакхах воьхнарг стогаллах воьхнарг лору халкъо. -Нийсаду.

Ма семалла еза хьуна,

Дайча, карош цахиларна.

Сий дайна дуьненчохь ваха Цурриг оьшуш дац адамна. Цуьнца бен, т1аьхьенна дийца, Дуьсур дац хьох тешаме до

Адамашна юкъахь лелаш,

Церан ларам хьайца лелош, Жимчохь дуьйна лардан дезаш, Ду хьо механа сов деза. Лакхара бу хьан мах ч1ог1а,

Духкуш, оьцуш цахиларна.

ь. -Бариала. Стеган сий дар, ларар, иза ду нохчийн къоман оьздангаллин «ехаллех уггаре коьртаниг.

Хь. Собарх лаьцна дош хьа эр дара?

Къонахийн собар ду лекха лам баккхал, Собар ду сов доккха,

кхача ца луш, Къонахийн и собар кхачийча, баккъал,

Х1ар маьлхан вайн дуьне духур ма ду!

Садаг1аран минот

ВАЙНАХА ЛОРУШ ДОЛЧУ Г1ИЛЛАКХЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

1.Туьканахь юхкуш а йоцуш, цхьана а заманчохь, ехча, лур а йоцуш, нахана юккъехь эша а оьшуш йолу х!ума?

Болатшг ч1ог1аниг? Доттаг1ала

Массо а меттехь оьшуш йолу х1ума?-Яхь

Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?Дикалла

Барзо шен кан хийцарх, ца хуьйцуш ерг х1ун ю?Амал

Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун ю?Йовхо

Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг х1ун ю? Марзо

Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?

10. Адаман Ниллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?

11. Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду? Хьекъал

(самдолуш хилла. Бакъду, къонахчун сий даьржаш хилла, цунах лаьцна иллеш а, дшцарш а кхуллуш а хилла халкъо.

-Хьа эр дара муха кхета шу собар боху чу дашах?

-Собар хилар - хьекъал, иман хилар ду.

Стенца доьзна ду и собар?

-Пиллакх доцчуьнгах собар хир дац, иштта, собар доцчуьнгахь г1иллакх а хир дац.

-Нийса ду. Собар -иза вайн къоман уггаре а ч1ог1а леринчу г1иллакхах цхаъ хилла .Пиллакхца ю-яхь, юхь, озьдангалла, сий, ларам, нийсо, бакъо, собар.

Вайна вовшийн цкъа а вуон ма гойла, Дахарехь замано хьо ирсе война Нагахь ас вас йинехь , къинтеравала

Декъала хила хьо, Са хьоме Дада!

Б1аргаш чуьру йовхоно кийрара дог дохдо,

Буьйцучу матто дог ловзадоху.

Нанас йина чов лаза ца лозу.

Цуьнан сий динарг лорур ву махко!

-Бариала. Хаза йийци. Дега - йене болу безам, доза долуш бац.


-Бераш, шуна дукхадезий шайн Да-Нана ?

Хь. -Ткъа, хьан эр дара соьга, хаза чу г1иллакхо чулорург х1ун ду?

-Хаза г1иллакх ду:

Оьзда, хаза, к1еда - мерз а вистхилар.

-Воккханиг ларар, лераме хилар.

-Воккхачун некъ ца хедар.

-Воккхачунна хьалаг1аттар.

-Да-Нана ларар, собаре, тешаме, яхь йолуш хилар.

-Нийса ду. Вайна ма хаъара Да- Нана кхудуьнена т1ех уггаре деза лерина ду.

Бераш, къид1а вайн занятии 1алошо ю нохчийн туьйранах лаьцна дийцар. Туьрано 1амодо майра хила а, комаьрша хила а, доттг1чунна тешаме накъост хила а. Иштта, туьйранашкахь гойту нохчийн къоман оьзда г1иллакхаш, жимчо воккханиг лара везаш хилар, шен дас- на на с аьлларг кхочуш дан дезаш хилар.

Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас, кхайкхина и ворх1е к1ант т1е а валийна, цаьрга аьлла:

-Bopxle а, ваха а г1ой, цхьацца сара а бахьаш чувола, ас, суо валале , цхьа весет дийр ду шуьга!

Цхьацца сара а бахьаш, ворх1е а чу а веана, дена хьалхха д1ах1оьттина.

Дас аьлла: «И ворх1е а сара вовшах а тохий, т1ийриг а хьарчаей, цхьаъ биэ.

Шайга аьлларг дина к1енташа.

Дас воккхахволчу к1анте аьлла:

-Схьаэцал , къант, уьш кагдан хьажал.

Цу серех дина девзиг, гола т1е а те1ош, кагдан г1ертарх, ца кагделла к1анте.

Цуьнга санна , вукху вежаршка а аьлла, цаьрга а, цхаьнгга а ца кагделла девзиг.

Иаккха дас аьлла:

I xlopa сэра къаста а бай, ша - ша а баккхий, хьовсал шайга уыи кеглой.

Цо ма - аллара, серий ша - ша даьхна, кегдина.

Дас т1аккха шен к1енташка аьлла:

-Хьовсал, сан к1ентий. И аш цхьаьна вовшахтоьхна ворх1 сэра санна, шу цхьаьна, бертахь, вовший rlo деш хилахь, шух аддам а кхаьрдар дац, амма шу вовшех довлахь, наха шу а лорур дац.

-Барт цхьаъ болуш хилалаш. Барт ч1ог1а маь1на долуш х1ума ду шун.

-Бераш, оцу туьйрано х1ун гойту?

-Х1ун маь1ан дара цуьнан?

XIун весетдинера дас, шен к1енташка?

-Вовшийн лерам болуш хилалаш.

Барт цхьаъ болуш дахалаш.

-Цхьана бертахь, вовшийн rlo деш хилалаш.

-Шу барт боьхна, вовшех довлахь, наха шу а лорур дац.

-Шу вовше бертахь хилахь, шух адам а кхардар дац.

Нийса ду.

Барт ч1ог1а маь1на долуш х1 ума ду шуна.

Х1инца хьа дуьйцур ду вайн Бартах лаьцна кицанаш?

-Барт боцчу доьзалехь, беркат хир дац.

-Доьзал доккха беркат ду, дений -нанний дика белахь.

-Барт болу ши стаг, барт боцучу юртал а тоьлла.

-Барт ийг1ина доьзал ,ка йоцу стом.

Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин Мала замано а йохор яц, нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Пиллакх дезаш волчунна, и генахь дац.

Пиллакхо лех эла вина, Миллакх цахиларо злах лай вина.

Оьзда воцу стаг, хьошалг!а веъча, дика кхаба, оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду. Оьзда волчу стагаца дов хилар г1оле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

-Дела реза хуьлда шуна бераш. Хаза дешнаш долу кицанаш дийци аша. Со йоккхае т1екхуьуш долу шу вайн жима ч1ор оццулла г1иллакхех, оьздангаллех кхеташ хиларна. Шун духа ре хьаьажча а хаьа, вай нохчийн оьзда къам дуйла.

1амийнарг mleulazldap:

Стеган оьзда массо а х1ума хила деза-оша а, духар а, г1иллакхаш а.

Дийца кху урокехь вата керла х1ун хиьна?

Дийца тайна хазахеташ долу г1иллакхаш.

Ц1ахь бан болх:

дагахь 1амо байтаил (г1иллакхех лаъцна),

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьалекха б1ов ю. Вайн къоман xlopa а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакха яьккхина. Цундела xlopa нохчочун декхар ду и б1ов 1алашъяр, иза кхин а лакха яккхарехь дакъа лацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин Нала замано а йохоряц, нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца дечу Нуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Читайте также: