Сочинение даймехкан 1алам на чеченском 7 класс

Обновлено: 02.07.2024

Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1 ора меттиг шех лаьцна дийца к1 ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1 овг1 анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1 ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1 оман цхьа шатайпа хазалла.
Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1 адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1 аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1 аьргашна хьалха х1 оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1 ан дара. Суна моьттура: ” Х1 инца ас б1 аьргаш схьадиллича, со сайн ц1 ахь хир ву, сайн лехамашкахь”. Гуш дерг г1 ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1 улгаш гуш, ц1 ена. И хина 1 уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1 аьрг тоха, хьайн деган к1 айле йийца гено лаьттачу б1 аьвне. Лекхачу орцана т1 е хьалавелира со.
-Эх1, хьан аьлла х1 аваан чам бац, бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1 аваъ.
“Э-е-ее-е-й!” – аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1 алецира со. Оцу аьхначу х1 авао лахдира сан к1 адвалар, д1 аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1 алашо – б1 ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1 ехь цхьаццаммо, аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1 е яз а йина. Б1 аьвнийн пенаш б1 ешерашкахь я мохе, я т1 еман ирчалле гор ца х1 оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1 иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1 овг1 анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1 инца деса ду пенаш а, б1 арзделла деса кораш а.
Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1 ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1 енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1 ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
– Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1 аваха, йита х1 ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1 ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: ” Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1 ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца, б1 аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1 аьрзе, 1 аламах хаьдда. Г1 ой вай Къоьзан-1 оме, б1 аьвнийн туьйранашка ладог1 а. Некъ дика хуьлийла вай.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн литература

Урок д1аяхьар.

1 Маршалла хаттар.

-Бераш, шу марша дог1ийла!

-Тахана 1 ра сентябрь ду-иза вайна мА-хаара Хаарийн де ду.Муха хетта шуна таханалера де?(Берийн жоьпаш)

-Дагадаийта шаьш дуьххьара школе даьхкина де.Муьлха шо дара иза?(Берийн жоьпаш)

-Шуца мила вара цу дийнахь? (Берийн жоьпаш)

-Нийса боху.Авторо шу дукхадезарца ялийна кху книжки т1е гуттара тоьлла произведенеш.И тешна ву уьш аша дика 1амориг хиларх.

-Д1аелла книгин 3-г1а аг1о.Цу т1ехь йолчу произведенин ц1е еша.Х1ун ю Гимн? (Вайн холкъан коьрта илли ду)

-Мила ву цуьнан автор? (Кадыров Х-А)

-Гимн олуш муха ладог1а деза цуьнга? (Нийса д1а а х1оьттна ладог1а деза)

-Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза)

-Ладог1ал Нохчийн республикан Гимне.(Латайо запись)

2.Дешаран книжкин хьалхара дакъа довзийтар, цу т1ера произведенеш йовзийтар.

-Д1адеша вай 1амо долош долу дакъа. (Даймехкан косташ)

-Муьлха дийцарш ду цу декъехь 1амо билгалдаьхна?

-Муьлш бу церан авторш?

-Стенах лаьцна хир ю и ши произведении? (Даймахках лаьцна)

-Суна 1емар ду нийса а, шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша .

Нийса боху кху декъа т1ехь вайна евзар ю Даймахках лаьцна произведенеш.

Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.

Вайна 1емар ду Даймохк бохучу доккхачу дашан чулацам бовза.

2.1алашо билгалъяккъар, белхан план х1оттор

-Д1аеша вай тахана 1амо билгалъяьккхинчу произведенин ц1е?(Даймехкан косташ)

-Муьлха ву цуьнан автор? ( А.Сулейманов)

-Х1ун кхиамаш хир бу вайн тахана ?Х1ун дан ницкъ кхочур бу шун кху произведении 1аморца?

Суна 1емар ду нийса , кхеташ, шера стихотворни тексташ еша.

Сан ницкъ кхочур бу хьехархочун хаттаршна жоп дала.

-Нийса боху , вайна тахана евзвр ю А.Сулеймановс язйина байташ.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ , шера стихотворни тексташ еша , 1емар ду оьшург текстехь лаха.

3.Керла тема хьехар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Хьехархочо д1айоьшу байт

Деригге дуьна схьадаларх сайна

Дуьненан бахамаш кхийдабарх схьа

Хуьйцур бац сан Даймохк

Ког биллал меттиг а ду и сан ц1а.

-Стенах лаьцна ю байт? (Даймахках)

-Муха хетта авторна шеен Даймохк? (Къаста де жоп: дозалла до, беза, тамаш бо, ца беза, хаза хетта)

-Стенах хиира шуна иза? (Дуьненан бахамех хуьйцур бац боху автора шеен Даймохк)

-Шун х1ун аьлла хета: стенах олу Даймохк?

-Даймохк иза хьо чура ара ваьлча гуш долчу бецана т1ера , зезегашна т1ера , дитташна т1ера, олхазаршна т1ера , акхарошна т1ера , хьан доьзална , юьртана , махкана т1ера д1аболало.Даймохк иза хьо вина , кхиъна , хьан да-нана дина кхиъна мохк бу.

Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

3.Чулацамах кхетам балар.

-Д1абеша хьалхара биъ мог1а.

-Х1ун кхайкхам бо автора вага? (Даймахкана ч1аг1о хилее х1отта боху)

-Х1ун ч1аг1о ялан ницкъ кхочур бу шун вайн Даймахкана?(Берийн жоьпаш)

-Шуна х1ун аьлла хета: аша дика дешча Даймахкана ч1аг1о хир юй?

-Кхин х1ун кхайкхам бо автора? (Вайн дахаран беш совйоккхуш цхьа-ши синтар дог1а боху)

-И кхайкхам кхочушбан ницкъ кхочур буй вайн? (Берийн жоьпаш)

-Д1абеша т1аьхьара барх1 мог1а. Стенах лаьцна дуьйцу царна т1ехь? (Ирсах, беркатах, бартах лаьцна)

-Х1ун боху царах лаьцна? (Уьш цхьана бен мегаш дац, царах цхьаъ делча кхуьа а ле)

-Шуна х1ун аьлла хетта: шун доьзалехь дуй и кхо х1ума?

-Вайн махкахь дуй и кхо х1ума?Х1унда?(Къаста де жоп : вай дика дехаш ду, нах болх беш бу, нах болх беш бац, бераш школе оьхуш ду , дац, нах маьрша баха , бахка йиш йолуш бу , , бац)

-Муьлха дакъа долийна вай тахана? (Даймехкан косташ)

-Муьлха стихотворенийийшира вай?

-Мила ва цуьнан автор? (А.Сулейманов)

-Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план.Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

6.Ц1ахь бан болх.

Читайте также: