Стагана т1ехь долу декхарш а церан оьздангаллин маь1на а реферат

Обновлено: 17.06.2024

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош . повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь дешархочунна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг . кхайкхайо адамашна кхиэл: ТаIзар сан Ду царна нийса: Уггар а лекха берд, КIорга . заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта .

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

ворх1 ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

ворх1 ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

Нохчийн г1иллакх а, оьздангалла а.

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

. садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу оьзда стаг. Оьздангалла и адмийн . йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла .

Башхалла а, адмалла а шайца йолуш г1иллакхаш ду нохчийн къоман.Уьш дерригге а цхьаьна тоьхча — Iадат — олу цуьнах. 1адат — нохчийн къоман дахаран низам ду. Г1иллакхах д1акъасто йиш яц оьздангалла. Г1иллакх а, оьздангалла а цхьаьна хьерчаш ду. Нохчийн г1иллакх — оьздангалла лелоро а, ларъяро а — кегийрхойн дегнашкахь кхиайо НОХЧАЛЛА. НОХЧАЛЛА бохучу дешан чулацам бовзуьйтуш — дуккха а тептарш яздан дезар ду. Доцца вай аьлча, Аллах1 резавеш ду НОХЧАЛЛА бохучу дашо чулоцург.

  • Бусалба дин т1еэцча, Аллах1 резавоцу г1иллакхаш нохчаша д1атесна. Нохчийн г1иллакхаш а, оьздангаллаш а Аллах1а билгалдинчу суннаташна там беш хиларх теша вай. Яханчу заманахь кхечу къаьмнийн лай а, элий а хиллехь, нохчаша и тайпа дахар

къобалдина дац. Аллах1 цхьаъ а веш, г1иллакх — оьздангалла шеца ерг — эла а, иза йоцург — лай а лоруш, б1ешерашкахь баьхна нохчий. Г1иллакх — оьздангалла шеца хиларо хьайбанах къастадо адам, иза доцург ж1аьлех тарло — алара, вайн къонахий хиллачу дайша.

Ненахошца, стунцхошца лераме а, г1иллакхе а велахь, рог1ехь шена т1едоьжна г1уллакх кхочуш а дахь — и тайпа стаг тоуьйтуш хилла вайн дикачу дайша.

Оьшуш а, пайде а долу х1ума: лелош а, лардеш а, ц1индеш а ца хилча — тиш а ло, адамо диц а до.

Вайн дайша, наноша, вежарша, йижарша нохчийн 1адатера г1иллакхаш лелор а, лардар а муха хилла довзуьйтуш, лахахь — ши — кхо масалла даладар бакъхьа хета:

1 .Зуда ялийча, иза дуьххьара х1усамна чуйоккхуш: нускална моз кхаллош а, кара жима к1ант — бер луш а, цуьнан когашка куз я верта тосуш а — г1иллакх ду нохчийн. Нускална моз кхаллоран а, цуьнан кара жима к1ант- бер даларан а маь1на довза хала ду аьлла ца хета.

К1орге йолуш маь1на а, инзаре боккха чулацам а болуш ду, нускална, керлачу х1усамнанна — когашка верта тасар. Цу нохчийн г1иллакхан дозалла а, маь1на а ма дарра довзийта, вай иза йозане дуьллуш къахьегча — дуккха а тептарш яздан коьчалла ю иза.

Доцца вай аьлча, верта: вайн дайн безам а, нохчийн къоман хазна а ю. Оццул деза, хьоме верта несанна когашка тасар — х1усамненан нохчийн къомо сий — ларам беш хилар ду.

Шена хьалха тесна верта когашца ца хьошуш, иза лаьттара схьа а эцна, дегош, тамехь д1анисдар, нускало: х1усаман а, доьзалан а, мехкан а сий лардан — ша юкъ йихкина хилар гайтар ду.

Иштта деза, доккха маь1на а, чулацам а болуш ду — нускалан когашка верта я куз тасар.

2 .Юьртахь, доккхачу тезетахь дара иза. Сан дейтта шо хир дара цу хенахь. Тезета веара юьртара воцу цхьа жима стаг. Юьртара баккхийнаш бара коьртехь хевшина 1аш. Царна юккъехь хиъна 1аш вара сан да а. И жима стаг тезета т1евогуш, цо салам а далале, хиъна1ачура г1аьттира сан да. Кхиболу баккхийнаш хевшина 1ара. До1а а дина, кхелхинчун верасашка кадам бина ваьлча: тхан дас хьал-де а хеттира цу жимачу стаге, билгалйинчу метте охьа а хаийра иза. Цул т1аьхьий а бен, охьа ца хиира сан да. Геххьа хан яьлча, тезетан дас и жима стаг — хьаша д1авохуьйтуш, цунна т1аьхьа а велира сан да — цуьнга вист а хуьлуш. Нохчийн г1иллакхехь, жиманиг т1евеъча — воккханиг г1оттуш меттиг байна вацара со.

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

И сурт дайначу сан дагчохь цакхетам кхоллабелира. Х1унда г1аьттира — те сан да цу жимачу стаганна хьаьла? — боху хаттар дара хьалха х1уьттуш. Цуьнан бахьана довза лаар дара дагехь сецна. Цу тезетара ц1а вахча, ас дега хаьттира цуьнах дерг.

  • Майртупара ма вара и тезета веана жима стаг. И т1евеъча, сан хьаьлаг1аттар: ненан сий дар а, цуьнан лерам бар а дара. Сан нана Майртуапара ма хилла — олуш, со кхетош, б1аьргех девла хиш а хаалуш, сихха жоп делира сан дас.

Сан нана а яра Майртупара. Дас цу тезетахь далийначу г1иллакхо, цу масалло, кхетийра со: ненахойн бан безачу лерамах а, цаьрца лелодезачу г1иллакхах а.

Лаа дац: — Ненавешин букъ т1ехьа вижчий а бен, парг1ат наб ца кхетта луралла шена т1ехь долчу к1антана — олуш, нохчийн кица. Ненахошца лелодезаш дуккха а ду г1иллакхаш.Уьш лелор — ненан лерам бар а, сий дар а ду.

3. Х1усаме хьаьший баьхкича, шена сил дукхаеза, хьоме нана цамгарца юй а ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна — царна хьошалла деш хилла нохчийн к1ант, Болат. Хьешашна хьошалла деш, меттиг а боккхий, хьалха чохь, цамгарца меттахь 1уьллу шен нана ган воьдуш хилла иза — цуьнгара хьал довза.

  • Нана, ахь: — Хьаша ларалахь — бохуш, со кхийна хиларна, баьхкинчу хьаьшашна хьо цамгарца юй ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна, царна хьошалла деш ву-кх со — элира боху к1анта, дуьххьара ша нанна т1ех1оьттича.
  • Со х1инца г1олехь ю хьуна. Хьаьший ледар ма биталахь — элира боху нанас к1анте, шегара хала хьал а ца довзуьйтуш.

Кхо де — буьйса даьлча, хьаьший д1абаха тохабелира. Юьртахбовллалц, т1аьхьаволуш, хьаьший д1а а хьовсийна, юхавирзина, шен х1усаме кхаьчча — нана кхелхина карийра Болатна.

Сихонца шен нана д1аерзо кечамаш бан вуьйлира и нохчийн к1ант. Кхечу юьртахь 1ашволчу шен ненавеше хаийта хьадалча а вахийтира Болатас. Дикачу говрахь маса воьду и хьадалча, Болатан х1усамера шайн говрашкахь ц1абоьлхучу хьаьшашна т1екхиира. Салам — маршалла вовшашка хеттина даьлча, хьадалчо довзийтира: Болатан нана кхелхина хилар а, ша хьошдолу г1уллакх а.

  • Иза — м бакъ дацара. Дукха хан яц, ахь вуьйцу Болатера х1усамехь хьошалг1ахь а 1ийна, тхо вовшех къаьстина — элира, цу хьешех цхьамма.
  • Иза бакъ хилар шеко яц. Ша сиха ву — олуш, говр а човхош, и хьадалча д1авахара.

Хьешех, воккхачо: — Х1ума хиларан сахьт дац. Хьовса деза вай… — олуш, юхабирзира боху уьш. Бог1учу хьаьшашна, шайна хьошалла динчу Болатеран кертахь — х1оьттина т1езет дайра. Шайн гергарчу стеган, Болатан, нана д1айоллалц, цу тезетахь а 1ийна — ц1ехьа бахара боху и хьеший. Оцу нохчийн г1иллакхо гойту, мел боккха лерам бо нохчаша хьешан — иза муьлххачу къомах велахь а.

Лакхахь, доцца олуш, 1адато нохчийн къоман дахарехь д1алоцу меттиг а йовзуьйтуш, цу 1адатан цхьадолу г1иллакхаш билгалдехи вай, къонахий хиллачу дайша, наноша, йижарша, вежарша уьш лелор а, лардар а муха хилла хоуьйтуш.

Тахана нохчийн къомехь долу чолхе хьал тидаме а оьцуш: — 1адатера г1иллакхаш нохчаша лелор а, лардар а муьлхачу т1ег1анахь а, барамехь а ду? — олуш, хаттар

х1оттийча. Цу хаттарна бакъонца долу жоп лохуш вай къахьегча, гучудолу, нохчаша цхьадолу 1адатера г1иллакхаш д1атосуш хилар. Халахетар а, чамбар а хуьлу, нохчийн г1иллакх — оьздангаллийца (1адатца) ца дог1у х1уманаш нохчашна юккъехь оьгуш хааделча.

Напишите дегайовхо. зарание ❤️

Воккхачун лерам бар г1елделла. Божаршна а, зударшна а юккъехь эвхьазлонаш алсамъевлла. Хаамийн г1ирсашкахь нохчий хаало вовшашна луьйш а, меттаза дерш дуьйцуш а, лелош а. Кхечарна хьалха дас-нанас бер караэцар а, иза хьастар а, керла зуда ялийна жима стаг дена, кхиболчу баккхийчарна гучувийлар а, жиманиг воккхачунна хьалха хиъна 1ар а, кхидерш а лелош — нохчийн 1адатера г1иллакхаш лар ца до цхьаболчу кекгийрхоша. Вайн къонахий хиллачу дайша стеган а, зудчун а мах хадош: Аллх1аца йолу юкъаметтиг ларъяр а, г1иллакх — оьздангалла хилар а коьрте оьцуш хиллехь, х1инца нохчаша, дукхахьолахь — сом хиларца хадабо адаман мах.

  • Муьлххачу а адамна, корта охьа а ца та1ош, б1аьргашна чу хьажа йиш хилар — и бу коьртачех къонахчун бахам — алара вайн дикачу дайша, кегийрхошна хьехам беш. Вайна гуш ду тахана нохчашна юккъехь оьгу дастаме х1уманаш.

Диканиг вочух къасто коьрте хьекъал а доссале, ненан шура балдашна т1ехь якъа а ялаза, кегийрхой бу яккхий мажош а йитина лелаш. Нохчийн г1иллакхехь (1адатехь) маж йитар, стага: Далла а, нахана а хьалха — шена т1е инзаре доккха жоьпалла т1елацар ду. Цундела Нохчочо, Дела резавоцурш ца дан ч1аг1о а, нигат а дой бен — атта ютуш ца хилла маж. Ледарлонаш шегара юьлуьйтучу стага маж йитича: — Маж-м газанан а хуьлу — олу нохчаша.

Далла гергахь къилахь доцу, вайн дайша лелийна а, лардина а 1адатаре г1иллакхаш, пусар дар а доцуш, нохчийн кегирхоша д1атийсар, вайга хаьттича — къоманна боккха эшам бу. И г1иллакхаш ца лардар — нохчийн къоман орам бакъабар а, ч1аг1ам г1елбар а ду.

Къоман г1иллакх — оьздангалла (1адат) лелор а, лардар а нохчашна юккъехь тахана г1ийла хиларан бахьанаш дукха ду. И бахьанаш билгалдахар кхечарна а дитина, ала лаьа, мел яккхий халонаш шайна т1ех1иттарх: дин а, мотт а, нохчийн г1иллакх — оьздангалла а (1адат) — вайн къонахий хиллачу дайша, наноша, вежарша, йижарша лардина хилар. Деши санна ц1ена, адамалла шайца йолу нохчийн г1иллакхаш, оьздангаллаш вай ца лелош а, лар ца еш а, д1атасахь, доцца вай аьлча — яйна т1аьхье хир ю вайх.

Алаг1ертарг дерзош, вежаршка, йижаршка кхойкху: Делан дош а, нохчийн мотт а, г1иллакх — оьздангалла а т1аьхьенна йовзуьйтуш — къахьегаре а, само яре а.

Къанойн Кхеташонан тхьамда — Хучин Ахьмад.

Примеры похожих учебных работ

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

. декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу .

Йо1ан эхь к1ентан яэь ма эшайойла

Шозлаг1а бахьана ду вайн кегийрачу нахана юкъахь даьржаш вайн къоман г1иллакх-оьздангаллица ца дог1у г1иллакха. Кхозлаг1а бахьана ду доьзалшна а, кегийчу нахана а, берашна а телевиденехула къоман 1адаташ дохош гойтуш долу къизаллин, оьздангаллица ца .

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

Напишите дегайовхо. зарание ❤️

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

Нажмите, чтобы узнать подробности

Вайна массарна ма хаззара:"Г1иллакх Ялсамани чуьра арадаьлла ду,юха цу чу даха дезаш ду".И дешнаш ч1ог1а нийса дешнаш ду.Иштта хезна суна-м:"Ялсамани гонд1ара керт а г1иллакхах йина ю"-бохуш.

Г1иллакх-оьздангаллин чарх ю олуш ду.Г1иллакхо хазвеш ву стаг,г1иллакх доцуш волчу стагах эца пайда бац,цо мел яккхийра г1аланаш йоттарх.

Амма цхьаверг шена кера дуьнена рицкъа кхачавоьлча ,хьрамлонаш лело волу,шен йиш-вешех,гергарчерах,накъостех д1ахеда.Мел дукха бахам стег хиларх,цуьнан баха мах дан х1ума дац ,цу стагехь г1иллакх-оьздингалла яцахь. Х1ара дуьне а,1алам а кхоьллинарг сийлахь Дела ву,рицкъ луш верг а И ву. Уггаре коьртаниг кху дуьненахь нийса чекхвала хаар ду.

Хьехархо:

Хь-хо:Х1инца ,вайна гуш ду-кх,массо х1ума дац ахчанца нислуш.Ахчанца эцалац

сий ,яхь,къинхетам,собар,комаьршалла,тешам,иэхь-бехк.Стеган мел дукха рицкъа,хьал-бахам хиларх пайда бац,нагахь и вайн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш цуьнгахь яцахь,цу бахамах шен сий,яхь,маршо йоьхкинехь.

Цу дерриге дешнийн маь1на даста а хьовсур ду вай.

Яхь-шина тайпана хуьлу;оьзда яхь,харц яхь.

Харц яхь-хьаг1 ю,иза кхечунна дика болх хилча халахеташ,вон болх хилча хаза хеташ,харцо лелийна а кхечул тола г1ертар ду.Иштта хила цкъа а мегар дац.Иза даккхийчех къа хилар гойту х1окху хьадисо:

"Хьог1о шун 1амалаш ягайо,ч1ог1ачу малхо буц санна"Дала лардойла вай цунах.

3.-Хьан эр дара аша собар бохучу дешан муха маь1на ду?

Собар-вайн къомо уггаре а лоручу г1иллакхех цхьаъ ду.Иза хиллачух нийса кхета а,сихаллехь зулам ца деш сацавала а иман тоар ду.

"Сихалло садаьккхина,собаро лам баьккхина"-олуш кица а ду вайн.

4.-Хьан эр дара аша къинхетам бохучу дешан муха маь1на ду?

Къинхетам-оьздачу стеган коьртачу билгалонех цхьаъ ду. Адамашца а,1аламца а къинхетаме хилар х1ора стеган сийлахь декхар ду.

5.-Хьан эр дара аша комаьршалла бохучу дешан муха маь1на ду?

Комаьршалла-и синмехалла а къинхетамца йоьзна ю.

Комаьршалла а ю шина кепара:1)бакъйолу комаьршаллий,ц1ерхазаман комаьршаллий.2)Бакъйолу комаьршалла иза боккъал Делах кхоьруш,мискачу нахах къахеташ ,хьаша-да т1еэцар дезаш хилар ду.

Доттаг1алла -ц1ийца доцу ,амма шен жоьпаллица цул а ч1ог1а долу сингергарло ду. Шина стеган дуьнене болу хьежамаш,ойланаш,г1иллакхашцхьана дар ду

Тешам-доттаг1аллехь а,муьлххачу а юкъаметтигаш лелорехь оьшу синмехалла ю.

8.-Хьан эр дара аша эхь-бехк бохучу дешан муха маь1на ду?

Эхь-бехк -Муьлххачу а адамна а хаа деза шен доьзална,лулахошна,юьртахошна ,халкъана,махкана хьалха шен декхар дуй. И декхарш довзар а,уьш кхочушдан г1ертар а-стеган эхь-бехк хилар,цуьнан оьздангаллин билгало ю.

Хьехархо:

Хь-хо: Вай ялийна вайн къоман оьзда синмехаллаш мел дукха рицкъа даларх эцалуш яц.Уьш Дала х1ора стагана шен ц1ийца ,сица луш ю.

1.Д1ахьошверг.

Халкан уггар а доккха хьал - иза х1ора доьзал сица а дег1аца а могаш хилар ду. Нагахь доьзал ч1ог1а хилахь, къам а хир ду ч1ог1а.

2.Д1ахьошверг.

Нохчийн къоман философехь доьзал дийнна цхьа дуьне лору ,оцу Дуьненахь стигал- Да ву,латта- Нана.

Стихотворенеш д1айоьшу : Раджапова Маликас, Тами

1.Д1ахьошверг:

Даймохк безар,Даймохк хазбар ,цуьнан сий дар,дахар тодар,ирс кхоллар-вайн вешан декхар ду.

2.Д1ахьошверг:

Даймахкана кхерам т1ех1оьттинчу шерашкахь майралла,доьналла гайтина к1ентий Даймахке болчу безамо цу сийлахьчу дарже.

Даймохк беза кхоьллина бу.Къонах Даймахкана хьакъ верг ву.

Стих-ни:"Яхалахь сан Нохчийчоь"д1айоьшу Хам

1.Д1ахьошверг:

Т1ах- аьлла хиларх ,стеган хаьштиг лацалур дац.Ницкъ болуш хиларх,лам меттах а баккхалур бац.Эшначу метте г1о дан кхиар т1ах-аьлла хилар ду.Дан ницкъ кхочу диканиг дар,лам меттах а баккхар санна ду.

2.Д1ахьошверг:

Вайн нигат хила деза ц1ена,Дела реза хинволчу аг1ор,адамийн дуьхьа,церан ирса дуьхьа.Бертахь хилар,вовшашна г1о дар,вовшен терго яр,ларар,вовшех дашар,хьанлла хилар.И ду стеган амалехь хазчу г1иллакхах,оьздангаллех къаста йиш йоцуш дерг.

1.Д1ахьошверг:Х1инца вайн дешархоша д1агойтур ю сценка "Ши доттаг1"

1.Д1ахьошверг:

Вахар къинхьегаман хьелашца доьзна ду.Стеган ирс,стеган сий хьаналчу къинхьегамах кхоллалуш ду.

2.Д1ахьошверг:

Хьаналчу къинхьегамах адамашкахь кхоллало беркат ,цунна ду уьш ларар,цунна ду церан сий.

Стих-ни "Баьпкан юьхк"д1айоьшу Черемханова Хеда1.Д1ахьошверг:

"Б1е эзар диканиг хьоьга даг1ахь а ,хаалахь б1е цхьаалг1аниг вон а дог1ур дуй"

2.Д1ахьошверг:

Мел мерза хир дара дахар,цкъацкъаб1аьрга хиш т1е 1енаш дацахьара.

"Курачу машенахь" дийцар дуьйцу Губашева Хадижата.

1.Д1ахьошверг:

"Коьртара куй а баьккхина,дехар дина",-олуш ду вайнехан.Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду.

2.Д1ахьошверг:

Ткъа зудчо,дехар деш,коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна ,хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

"Нохчийн хелхар"д1агойту вайн дешархоша.

Таханлера вайн цхьанакхетаран сахьт дерзо лаьара суна х1окху х1етал-металшца:

Дала аьтту бойла шун,нийсачу некъах ца туьлуш,махкахь а ц1е яхначу къонахийн дарже кхочийла шу!

Iаж Iожана буха божар хууш ду,
Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?
ГIиллакх дитт ду, ткъа хьекъал — цу диттан стом,
ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй.

Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!
Ахь суна ца бина тешнабехк,
Ас бийр бац хьуна!
Хьан дино кхерий-кха сан жима расха дин!
Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?
ХIинца лата веза вайша кху бутон раьгIнашкахь.

Латарна кечам бина ваьллачул тIаьхьа, гIалагIазкхичо Эвтархойн Ахьмаде олу:

ГIиллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь а стаг хир вац вайн гIиллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор гIеллуш ду дийнера де мел дели, царах цхьадерш дIадовлуш а ду. Масала, нохчийн дахарера дIадаьлла ала мегар ду боьршачу стага коьртахь хIума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа а жима стаг коьртахь хIума йоцуш, эвлаюккъе стенна дуьйцу, шен кетIа а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и гIиллакх цкъа а хила а ца хилча санна дIадаьлла. Бакъду, коьртахь хIума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий хIинца а. Коьртахь хIума лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Iа. Иза шен кIорггера маьIна долуш хIума хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза.
Нохчийн дахарехь гIиллакх-оьздангалло мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла гойту халкъан барта кхоллараллин произведенеша. Иштта, цхьана халкъан узамехь ду хIара тайпа могIанаш:

Шайца шуьне ва ховша хьеший боцчу буьйсанна,
Мерза шун ца долош пхьуьйраза бисина,
Шайна уллохь дажа хьешийн дой доцчу буьйсанна,
ДIайиллинарг ца юуш, уьйтIахь дой тирсина,
Чохь хьешан аз ца хезча, йоьттинарг ца юуш,
УьйтIахь жIаьлеш угIуш – оццул хьеший хетта
Хьалха хилла къена дай, и дика къонахий
Биц ма белаш, доттагIий, Iаьржа латта мел хьоьшу…

Кхузахь адамийн гIиллакхаш долуш гайтина говраш а, жIаьлеш а. Оццул лакхара хила езаш хилла нохчийн цIийнан оьздангалла, оцу кертахь долчу хьайбанаша а лелош.
Цунах лаьцна шен цхьана стихотворенехь иштта яздо Сулейманов Ахьмада:

Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьал догIий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду.

Кхин а чIогIа тамашийна сурт хIутту халкъан цхьана туьйранехь. ГIиллакхах кхетам бу оцу туьйранехь, юьртан цхьаъ бен доцчу шовдана гонаха а бижина, хIоразза а шена яа цхьацца къона йоI ца елча, юьртахошка хи ца оьцуьйтуш болчу саьрмикан а. Оцу махкара воцу кIант шозза хи тIе веъча, хIумма а ца деш, хи оьцуьйту цо. КхозлагIа веъна, хи эцна дIавоьдуш олу цо:
— Ас, хьаша волу дела, гIиллакх лелош, вити хьо, кхузза хи тIе веъча а, хIумма а ца деш, кхин ма воьллахь. Кхин вагIахь, дийна дIагIур вац хьо.
Оцу масалша а гойту, нохчийн къомана шен дахаран маьIна хьал-бахам совбаккхарехь, я яккхий тIулгийн гIаланаш ярехь, я кхечу къаьмнийн мехкаш схьалецарехь ца гуш, дуьххьалдIа хIокху лаьтта тIехь хьанала къа а хьоьгуш, гIиллакх-оьздангаллин бехкамаш ларбеш дахарехь гуш хилар.
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьа лекха бIов ю. Вайн къоман хIора а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакхаяьккхина. Цундела хIора нохчочун декхар ду и бIов Iалашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нагахь жима стаг, ойла а ца еш, дайн гIиллакхаш емалдеш, дIатийса волалахь, я уьш кхечу Малхбузера я Малхбалера еъначу хийрачу амалшца хийца гIортахь, цо оцу бIаьвна юккъера тIулгаш дIадоху. Ткъа и тайпана нах алсамбевлча, и бIов чухарцарна кхерам а бу. Оцу хьокъехь поэта Супаев Руслана аьлла:

Хьо ма сихло шира туьйра харцо,
Дега-нене восе дош ма ала.
Уьш дIахьур бу заманан цу дарцо,
Хьуна дагахьбаллам битарца.

Книгаш тIехь ца Iамийна Iалам цара —
Латта аьхна, летта дарцаца!
Сих ма ло хьо йохо шира гIала,
Замано а отур ю и атта.

Пхенийн шеддаш долчу куьйгийн йовхо —
Хьан ден куьйгийн йовхо ю иза!
Ненан мIараш кIелахь дисна латта —
Хьан Даймехкан латта ду иза.

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин гIала замано а йохор яц, нагахь вайх хIорамма а иза Iалашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу гIуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

КИЦАНАШ:

ГIиллакх дезаш волчунна, и генахь дац.
ГIиллакхо лех эла вина, гIиллакх цахиларо элах лай вина.
Оьзда воцу стаг, хьошалгIа веъча, дика кхаба, оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду.
Оьзда волчу стагаца дов хилар гIоле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

ВОККХАЧУ СТЕГАН ДИЙЦАР

1

2

Адамийн догIмашца кхо дийнат ду шуна: цхьа жIаьла а, цхьа бежана а, цхьа вир а. ЖIаьла — и шун мотт бу шуна, и зIенашца дIадехкалаш; бежана — шун гай ду шуна, и шайн хьаьвди тIехь латтаделаш; вир — и эвхьазалла ю шуна, цуьнан логгехь хулура боьддучу агIор муш тасалаш.
Синошна элий хилалаш, шайн догIмаш цу синойн леш а делаш.
Шаьш лелочунна наха кхиэл яле, и кхиэл шаьш елаш, хIунда аьлча, наха йина кхиэл цкъа а тIера ер яц шуна, ткъа шаьш дечун хьалххе аш ойла яхь, цу нехан кхиэлах девр ду шу.
Эладитанах кхера а лой, шайн ирсах ма къасталаш, и эладитанаш дIакхаьч-кхаьчначохь бухахь карор ду шуна, цкъа а тIаьхьара а ца довлу уьш.
Цкъа хьалха шаьш кхоьллинчу Делах эхь хеталаш, тIаккха цунах кхералаш, хIунда аьлча, эхь хетар и Дела везар а, ларар а ду, ткъа кхерар – и шуна шайн догIмех къахетар ду, шаьш хьерчийначу къиношна Дала шайна Iазап дийр дуйла а хууш.
Тезета дуьзна ма гIолаш, вуьзначу стеган юьхь тIехь велар хуьлу шуна.
Ловзарга меца ма гIолаш, меца стаг гIийла хетало шуна.
Шаьш бехке долу дов, и гена далале, шайн эшамца дерзаделаш, и эшам эхь дац шуна.

3

Шаьш бехке доцу дов, шайн мостагIа къера хиллалц, дижа ма диталаш, и эхь а, эшам а бу шуна.
Къонахалла массо хIумано ловш ю шуна, къаналла цхьана Iасано бен ловш яц шуна.
КIантана тухуш а, дов деш а, цуьнан амал ма кагъелаш, иштта кхиъначу цунах вон тIемало хир ву шуна.
Зудабер цхьана а буса шийла а, меца а ма диталаш, иштта кхиъначу цунах вон зуда а, вон нана а хир ю шуна.
ЙоьIан лелар ма хестаделаш, хIунда аьлча, хуьлучунна даима ша нийса ю моьттуш, и галъер ю шуна.
Доьзалехь къовсам белахь, берашна тIе ца хIуттуш, зудий, майрий вовшашна тIехIотталаш, хIунда аьлча, шуьшиъ, цхьацца а доккхуш, эшо гIерта шуна шун доьзал.

4

(Дийцар яздина Амагов Доккас)

НОХЧО ВУ СО

Нохчо ву со,
нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,
ЦIоькъа-лоьмо шен маьхьарца
вижинчуьра гIаттавина,
Нанас иллин накха белла,
илли ала векалвина,
Нохчийн маттах, нохчийн махках
берахь дуьйна дозалдина.

Нохчо ву со,
Лермонтовна тIеман кIуьрлахь хийла гина,
Топ кхетарна цунна кхоьруш,
сайн Даймехкан сий лардина,
Сайн хьешана мерза кхача,
деган йовхо ца кхоийна,
МостагIчунна, бекхам боцуш,
цхьа а зулам ца дитина.

Нохчо ву со,
маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина,
Цунна ямарт, осал хетарг,
къа ца хеташ, сайх хервина,
Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш
ца дисийта юкъ йихкина,
Iазап хьоьгу лай хуьлучул,
летта, вала резахилла.

Нохчо ву со,
кху дуьненчохь са лаьттачу ирсе кхочуш,
Барттий, безам, яххьий, тешам
байна, цкъа а вехар воцуш!
Нохчо ву со,
цхьана а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш,
Махках ваьлла, халкъах хаьдда,
декъалхила амал доцуш!

Хийла вай вовшахкхеттачохь дуьйцуш, олуш хезна вайна: вайн дай оьзда хилла, яхь йолуш хилла, цара вовшашца гIиллакх лелош хилла, бохуш. Вай дозалла дарца дуьйцу къонахех, дикачу нахах лаьцна.

Амма иза дац тахана вайна юкъахь и тайпана дика нах ца бисина бохург. Делахь а, вайна мел халахеташ делахь а, хIокху тIаьххьарчу шерашкахь чIогIа лахбелла адамийн вовшашка болу къинхетам, баккхийчаьрга болу лерам, вовшашна юкъахь хаалуш ю эвхьазлонаш. И эвхьазлонаш хьакхало божарех а, зударех а. Уггаре а халахетарг ду, доьзалан ненах, хIусамненах хьакхалуш а уьш хилар.

Тохара тхо кегий долчу хенахь наха шайн юьртахь я куьпахь емалвора вониг, къобалдора диканиг. Массара лоруш болу нах хуьлура хIора юьртахь а, куьпахь а. Юьртахь пхьоьханаш хуьлура, къоьжалло кхелина баккхий нах охьа а хуьйшуш, дика-вон цара дийцаре дора. Суьйранна, малхбузу IиндагIаш дахлучу хенахь, хаза хийист дIахIуттура, цигахь кегийрхой вовшах кхетара, вовшийн безамах дагара дуьйцуш. Iуьйранна я дийна юккъехь йоIе вистхилар иэхье лорура. МаьркIажал хьалхе йоI маре йодахь, ядийнарг лорура. Массо хIума а шен-шен кепехь дара, лелочун доза дара. Наха хIума аьндолчух ларлора. Буьйсанна буьртигахь хьаьжк1аш йохуш, тIаргIа къажбеш я нораш цIандеш белхеш хуьлура. Я синкъерам бора, хьеший баьхкича, церан лерамбеш.

Юьртахь зуда ялийна ловзар хилча-м, ерриге юрт бохург санна, цига дIагуллора. Нускале мотт а бостуьйтуш, лаккхарчу низамехь той дIахьора. Бакъду, юьртахь даьлла тезет а долуш, цхьана дас ловзар-м муххале а дийр дацара, ур-аттала зуда цIа юьгуш топ кхуссуш а ца хозуьйтура.

И дерриге таханлерчу денца дуьстича, вайна гуш ду-кх: Iуьйранна мичча хенахь а йоI урам новкъахь сацон а, цуьнца латта а мега. Буьйсанна хуьлучу белхийн меттана, кегийрахой телевизорш чу а бирзина Iаш бу. Наггахь юьртахь ловзар дича а, цхьацца лела ца хуучу наха и дохош меттиг хуьлу.

Дукха хан йоццуш со рузбане воьдуш а, юха цигара цIа вогIуш а сайна новкъахь гиначух цхьацца хIума хьахо лаьа суна.

…Со боккхачу новкъа воллушехьа, 40-45 шо хир долуш йолу цхьа зуда суна нисса 2-3 гIулч хьалхашха, со тергал а ца веш, новкъахь машен йогIуш юй а хьаьжна, сан некъ а хадош, дехьайолу. Иза Iовдал йоций-м хиира суна, Iовдал хилча машен йогIий а хьожур яцара…

Ас ца боху, сайн некъ хIунда хадийна, и баха сан бакъо а яц. ШарIе диллича а, мискъалазарраталл а хьо кхечарал лакхара хетавала мегар дац боху. “Со хIунда ца лери хIокхо, суна хьалхахула хIунда ели хIара?” – аьлла а дагчу куралла ягIахь, Далла гергахь кхераме ду боху. Ас бохург: “Деллахь, гIеметта хIоьттина йолчу оцу зудчунна а гIиллакх-оьздангалла х1ун ю хууш ца хилча, цуьнан доьзало хIун дийр ду техьа? Уьш хьанах тера хьалакхуьур бу техьа? Цара хIун лелор ду техьа? Хир юй те вайн юьззина къона тIаьхье?” – бохург ду.

Со цIа вогIуш а, цIа кхача йиснарг 200 метр хиллал меттиг бен яцахь а, цIа ваха йиш йоцуш лаьттара со. Оцу боккхачу новкъара хьалавоьрзучохь, тхан урамновкъахь, сан беша йисттехь ала мегар долуш, лаьтташ дара кIанттий, йоI1ий. ХIинца со хьалаволавелча церан меттиг йохайо-кх ас бохуш, сайн жималла дага а лоьцуш лаьттара со. Бакъду, со жима бер долчу хенахь лаьттинчух тера-м дацара суна гуш долу сурт. Цкъа делахь, йоI, шеца накъост а йоцуш, ша яра, я кIентан латтар а дацара башха йоIаца дагара дуьйцуш лаьттачух тера. Алссам нах дIасалела урам бара иза. ЦIа ца вахча ца волуш со а вара. Делахь а со-м йогIуш йолчу, сайн лулахочун “Беларусь” трактор а сацийна, цу тIе а хиъна, царна уллехула чекхвелира, царна новкъарло а ца еш. Цул тIаьхьа, гIеххьа хан яьллачул т1аьхьа, со корехула арахьаьжча, лаьтташ гуш дара и шиъ, амма царна уллошха тIехдуьйлуш, дIасалелаш, сол кегийра, даккхийра а адамаш гора. Ас ойла йира: “Хьажахь, церан меттиг а ца юхуш, со а валалург хилла-кх царна тIех”, – аьлла. Амма ас лелийнарг сайн гIиллакх дара.

Иэхье хIун ду а, иэхье хIун дац а хьоьхуш хила дезаш дара, къаьсттина дай-наноша. Кхин хIумма ца хилча а, вай муьлхха а цхьа буьйса схьалаьцча, тийна сахиладоллалц цхьацца маьттаза гIовгIанаш а еш, деса къамелаш дарца билгал а буьйлуш, цIармата буьйлуш, пайда боцурш лелош, урамновкъахь буьйсанаш токху вайн цхьаболчу кхиазхоша.

Дай-наношна хIунда ца хаьа шен доьзалхо чу мича хенахь вогIу, я цо хIун некъ лелабо?

Вайн доьзалш вай иштта хецна битахь, кхана Iуьйрре къоман амал йоцуш, юьхь йоцуш дисарна кхерам бу вай. ХIун дийр дара-те, хIун далур дара-те вайга?

Вай, Дела орцахволийла бохуш, Iарх гIуллакх хир дац. Вай лелочу дикачу хIуманна и орцах ваьлча а тоьар ма ду. Вай ваьш ду тахана оцу вешан доьзалшна орцахдовла дезаш дерш, уьш нийсачу новкъа баха безарш, царна цахуург хьеха декхарийлахь дерш. Доцца аьлча, царна дов дан а, ца хуьлчу даьлча тоха а йиш ерш.

Шеко яц шуна, Дела чIир оьцур йолуш ву шуна. Мискъалазарраталл а хаттар доцуш, жоп доьхур доцуш хIума дац шуна. Ойла е тахана шаьш сема долччуьра, набарх т1еоьхьнарг бен хир дац шуна. Байттамал бохучу хенахь тIаьхьа хир ду…

Цундела айса школехь бечу балха т1ехь, хьалхара меттиг д1алоцуш хета суна, дешархой г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиор, ткъа шолг1а меттехь ду 1илма 1амор.

Хьовсал, 1илманал а лакхара мах хадийна кхузахь г1иллакхан. Иза т1еч1аг1деш цхьа дешнаш ду вайн фольклорехь:

Ницкъ хиларх хуьлуш вац яхь йолу дика к1ант,
Х1илланах а хуьлуш вац тешаме дика к1ант,
Тешамо, собаро, г1иллакхо веш ву-кха,
Оьздалло, стогалло, хьекъало веш ву-кха,
Г1иллакхах вуьззина яхь йолу дика к1ант…

Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха ю г1ум. Х1етте а цхьатера ши мисхал карор яц боху цуьнца. Иштта адамаш а ма ду цхьатера доцуш, цаьрга терра ма ду церан г1иллакхаш а.

Дала, 1алам къаго кхоьллина г1а-бецан заза санна, къаьмнаш хаздан кхоьллина ду г1иллакх-оьздангалла. Ткъа и оьздангалла адамашкахь бен, кхечу садолчу х1уманашкахь хила йиш йолуш а яц.

Г1иллакх – иза адамийн вовшийн дика уьйр ю. Амма иза оьздангаллин цхьа дакъа бен дац. Г1иллакх ялсаманера схьадеана а ду, юха ялсамане дерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца.

Нохчийн къоман г1иллакхаш кхолларна ч1ог1а т1е1аткъам бина вайн махкахь хиллачу хиламаша.Кхузахь къаьсттина билгалъяха еза Шайх Мансуран, Тайми Биболатан, Имам Шемалан заманаш, иштта вайн халкъ 1864 шарахь Туркойн махка кхалхор, цул т1аьхьа 1944 шарахь дийнна халкъ Сибрех дахийтар, 1994 шарахь дуьйна Нохчийчохь масийтта шарахь хилла т1ом. Амма нохчийн къам даьхна, х1умма осала а доцуш, деккъа цхьа г1иллакх-оьздангалла бахьанехь. Цундела, вай д1акхехьа безаш болу коьрта некъ – вайн дайшкара схьадог1уш долу оьзда г1иллакхаш карладахар ду.

Суна хетарехь, шен парзаш кхочуш а деш долу кхин суннаташ а ца деш, вайнехан г1иллакх-оьздангалла лелийча а, ялсамане даха хьакъ долуш къам ду вайниг.

Дуьненахь дехаш долу дерриге а къаьмнаш вовшех юьхь-сибатца, басца къаьстина ца Iаш, шайн гIиллакхашца ма къаьста. Ткъа тахана вайна гуш дерг, вайна хезаш дерг вайнехан амалца догIуш дац. Масала: урам-новкъахь, ламазаш а туьлуьйтуш, я уьш данне а ца деш, цизаьркаш, къаьркъа, кхийолу “ирча” баккхалш юхкуш вайнехан зударий хилар и вайна массарна а эшам бу, цхьана доьзалан нана ма ю иза… ДIакхоьссина бер карийна бохург къоман а лазам бу, къанделла да-нана дIатесна лелаш бераш ду аьлча а чIогIа новкъарло хуьлу дагна. ХIунда аьлча уьш берриге а цхьа тайпа-тукхам долуш, белча дIабохка безаш, дайн кешнаш долуш нах ма бу. Доладан дезара вай вешан доьзалийн. ХIора а дас-нанас шен-шен доьзална тIехь хила ма деззара Iуналла деш хилча, вайна милцой а оьшур бацара, цара кхин болх бийр бара. Оцу доьзалех лаьтташ ма ду дерриге халкъ. Доьзал ма бу вай уггаре хьалха ларбан безаш берг, тIехь Iуналла дан дезарг. Цундела оьшу дай-наноша шайн доьзалшна, кIад а ца луш, нийса некъ хьехар.

Дуккха а болчу хийцамийн тешаш хилла вай хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Оцу дIадаханчу тIеман хиламаша хийцина техьа вайн амал? Тахана вайгахь долчу хьоле ладоьгIча, кхана вай мича кхочур ду-техьа бохург дагчу лелхаш, ойлано хьийзаво. Вай оцунах цхьацца там хуьлуш хилчхьана, стагна томана харц дерг дуьйцуш хилча, вешан къоман хIума гал ма доккху вай. Ша къонах волу нохчо, и стимал къаьхьа делахь а, бакъдерг дуьйцуш хила веза.

“Вай нохчий ду” – олу вай. Бакъду, нохчочуьнгахь хила езаш йолу яхь, гIиллакх, оьздангалла, собар, стогалла тоьаш ца хуьлу хийла.

“Вай бусалбанаш ду”, – олу вай. Амма бусалба стагна тIехь долу декхарш кхочуш ца до хийламмо. ТIаккха хуьлий вай бусалбанаш?

Таханенна пайдехь дерг лоьху, аттаниг хоьржу, кханенна ойла йийриш кIеззиг хуьлу. Нагахь цхьа хIума ваьшна пайдехь карийча, шариIатна тIетевжа вай, и вайгахьа делахь – пачхьалкхан законна тIетевжа, ваьшна гIолехь хетахь – нохчийн Iадатна тIетевжа.

Уггаре а тоьлларш хир дара вай, ваьшна хетарш Iадда а дитина, вай кхоьллинчу Везчу Дала хIун боху хьаьвсича.

Масийтта декъе декъаделла, вовшашца хера а ца дуьйлуш, бусалба дин цхьаъ хиларе терра, цхьаъ хилий даха вай? Оцу бакъ новкъа вай дIадахча ялсамане кхочу-кх вай. Ца долхахь – некъах тилла, шайтIанан буйна дахарна кхерам бу.

Делахь а, вайн къам дукхах дерг мискачу нахах лаьтташ ду, Дала ша церан до1ийна жоп луш, ца духуш схьадеана а ду. Дахарехь шайна мел дукха халонаш хиларх, къизалло хьийзадарх, и дерриге Делера дуйла а хууш, цуьнгара шайна ял хиларе са а туьйсуш, Делан диканах дог а ца дуьллуш, кху хене схьабаьхкина миска нах. Уьш бу-кх буьззина Делан лайш. Цара къийсац дуьненан даржаш. Далла кхоччуш 1амал яр бен, цара лехац дуьненан ялсамане… Уьш бу уьш, кханалерчу къематдийнахь, шаьш Кхоьллинчо диканца кхаъ боккху берш. Ткъа къонахий а бу церан даржехь, Дала дуьне ч1аг1деш, х1иттийна мокхазан лаьмнаш санна, мехкан дуьхьа кхоьллина, халкъан г1ортораш.

Дала бакъдерг довза хьекъал лойла вайна, тIаккха оцу бакъдолчунна тIаьхьадаза ницкъ а лойла вайна. Дала иштта харц дерг довза а хьекъал лойла вайна, харц долчух лардала ницкъ а лойла вайна!

Дала нисдойла вай Шен нийсачу некъа тIехь!
Дала лардойла вай Шен оьгIазаллах!
Дала лардойла вай зенах-зуламах!
Дала тIаьхье беркате йойла вайн!

Читайте также: