Ирча буьйса изложение на чеченском кратко

Обновлено: 08.07.2024

Вы можете добавить книгу в избранное после того, как авторизуетесь на портале. Если у вас еще нет учетной записи, то зарегистрируйтесь.

Ссылка скопирована в буфер обмена

Вы запросили доступ к охраняемому произведению.

Это издание охраняется авторским правом. Доступ к нему может быть предоставлен в помещении библиотек — участников НЭБ, имеющих электронный читальный зал НЭБ (ЭЧЗ).

Если вы являетесь правообладателем этого документа, сообщите нам об этом. Заполните форму.

1алашонаш:  Кхеторан: Дозуш долу къамел кхиор. Текстах а, цуьнан дакъойх а лаьцна кхетам к1аргбар. Ц1ердашах лаьцна долу хаарш шардар.   Кхиоран: Цхьацца болчу хаамаша юккъехь уьйр ларъяр. Предложенеш грамматически бакъонашца нийса йог1уш х1итто хаар, оьшучохь сацаран хьаьркаш яхка хаар шордар.   Кхетош- кхиор : Дешархойн хаарш шордар, к1аргдар. Нохчийн матте болу безам кхиор.

 Дружба – это тёплый ветер, Дружба – это светлый мир, Дружба – солнце на рассвете, Для души весёлый пир. Дружба – это только счастье, Дружба – у людей одна. С дружбой не страшны ненастья, С дружбой – жизнь весной полна. Друг разделит боль и радость, Друг поддержит и спасёт. С другом – даже злая слабость В миг растает и уйдет. Верь, храни, цени же дружбу, Это высший идеал. Тебе она сослужит службу. Ведь дружба – это ценный дар 

 Синквейн.  Доттаг1  Веза, тешаме, оьзда  Дукхавеза, лору  Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш.  Дуьненан бахам.

 Хаттарш.  Муха сурт дуьхьалх1утту шуна? Муха дог-ойла кхоллало шун? (Х1окху стихотвореница йог1уш йолу оьрсийн поэтан стихотворени хаьий шуна ? (дагаяийта хьажа).

 Хаттарш.  1.Ши доттаг1 муха хилла бахамца?  2.Ша болу шен бахам д1абелча х1ун дира къен 1аш волчо?  3.Бахам д1абеллачунна х1ун хала хийтира?  4.Базарахь х1ун элира саг1адоьхучуьнга? Цунна х1ун елира?  5.Ахчанах х1ун дира к1анта? Муха ваха хиира к1ант? (бахам д1абелларг)  6.К1ентан кет1а мила еара? Цо х1ун дехар дира?  7.Т1еийцарий к1анта йоккха стаг?  8.Шен ловзарга кхайкхинчохь х1ун къамел хилира шина доттаг1чуьн?  9.Муха ч1аг1делира церан гергарло?

Нажмите, чтобы узнать подробности

Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!

Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш муха г1иллакх ду вайн?

2.Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь х1ун ду?

3.Маца 1ама веза стаг оьзда мотт бийца?

4.Х1ун ю оьзда мотт?

5.Стенах ларвала г1о до оьздачу матто?

2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.

Синтаксически анализ.

(1)Корта т1улга т1е а биллина, хина дуьхьал вирзина, вехха 1иллира со. (2)Аьхкенан довхачу дийнахь г1еххьа малделлачу, шовда санна, ц1еначу хин кегийчу тулг1еша эсала хьоьстура дег1. (3)Бер дижочу эшаран мукъамехь декачу хиэ набаран тар туьйсуьйтура. (4)Меллаша хи чуьра хьала а шершина, гомхачу берда йистехь, б1аран 1индаг1е корта а буьллуш, аркъалнехьа бай т1е д1анисвелира со.

Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.

1) корта т1е а биллина (1-ра предложени)

2) хьоьстура дег1 (2-г1а предложени)

3) тар туьйсуьйтура (3-г1а предложени)

4) д1анисвелира со (4-г1а предложени)

Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Готтачу новкъа (1) г1али чу схьадалийра йийсарш. Зударша а (2) бераша а уьйт1е юьзира. Барза (3) тхов т1ера охьа а воьссина (4) парг1атчу боларахь (5) йийсаршна т1евахара. Нажина вевзира иза. Ч1ог1а хийцавелла (6) воккха стаг. Схьахетарехь (7) дог а хийцаделла.

Синтаксически анализ.

Предложенера кхачам схьаязбе.

Шелонах экама хебачу ангалин корех сиха дог1учу дог1анан т1адамаш деттало.

Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

2)Х1АЙТ-АЬЛЛА – АЬЛЛА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисцаяздо.

4)ВЕДАНА – долахь ц1ердешнаш жимачу элпаца яздо.

Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.

(1)Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха. (2)XIopa баттахь кехат кхочура Кхокхига шен к1антера.

(3)К1анте хаийтина дацара да кхалхар. (4)Ткъа цуънгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуьлура. (5)Къеначу цу шиннан догъэца г1ерташ санна, къонахаллех дуьзна а, самукъане а хуьлура к1ентан Аюбан xlopa кехат. (6)Шен т1аьххьарчу кехат т1ехь Аюба яздинера, мостаг1ий вайн махкара д1а а лаьхкина, накха буьззина орденаш а, мидалш а яхьаш, ц1авоьрзур ву ша бохуш. (7)И дешнаш шена хезча, коьртарчу йовлакхан т1ам б1аьргех а хьоькхуш, г1ийла елакъежара йоккха стаг.

(8)К1антера кехат мосазза деа а, соьга и дешийта йог1ура Кхокха. (9)Ши бутт сов хан д1аелира, Аюбера кехат ца кхочуш. (10)Г1айг1ане юьйжира йоккха стаг. (11)Шайн кет1арчу т1улга т1е а хоий, сарралц 1ара иза, к1ентан кехате сатуьйсуш. (12)Ткъа луларчу Пет1амата х1оразза а к1ант ц1а вог1у, иза могаш а, парг1ат а ву олий, пал тосура цунна.

(13)Цхьана дийнахь, 1уьйранна, пхийттара яьлча санна, каде йог1учу Кхокхех б1аьрг кхийтира сан. (14)Кертарчу г1антахь хиъна 1аш Къосум гира суна. (15)Цунна т1е яхара йоккха стаг.

(20)Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ. (21)Соьга б1аьца йира Къосума, стоьла т1ера шен куьзганаш схьада а олуш. (22)Оьрсийн маттахь соьга вистцахилар а дехна, кехат деша вуьйлира иза.

(23)Шен дега а, нене а кехат хьедаларна бехк цабиллар доьхура к1анта. (24)Ша могаш а, парг1ат а ву, шена сагатдан оьшуш дац, бохура кхид1а а цо.

(25)Цецваьлла хьоьжучу суна гира цуьнан ши б1аьрг т1унлуш. (26)Хала садетташ, кьийлалуш, легашка къурдаш х1уьттуш, воллура Къосум, ненан дог ца дохо г1ерташ.

(27)К1ентан ц1ерш йохуш, йоккха стаг елха х1оьттира.

(28)Сан легашка шад х1оьттира, б1аьргаш чуьра цхьа ларамаза хи хьаьдира.

(29)Юха со т1евеъча, Къосум йоккхачу стагана хьехарш деш воллура, сагатдан ца оьшу, т1амехь ма аьлла ца хуьлу, хан яларх дийна вац аьлла, дагадаийта а мегар дац бохуш. (30)Т1аьххьара а т1ера адрес схьаяздан и кехат шегахь дитар дийхира цо, Аюбе шен к1ант ца хаавелла те аьлла, кехат яздан дагахь ву ша, олуш. (31)Йоккха стаг дукха сиха реза хилира. (32)Къосумна баркаллаш а баьхна, д1аяхара Кхокха.

(33)Оцу деношкахь дикка букар яханчу цуьнан дег1 хаъал хьаланисделлера. (34)Болар а дайделлера.

(35)Дикка хан яьлла х1етахь дуьйна. (36)Шен к1анте сатуьйсуш, кхелхира йоккха стаг. (37)Дийна вац Къосум а. (38)Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.

Текстан чулацаман анализ.

1)Къосумна шерра деша ца хаьара.

2)Къосуман б1аьрса дика дацара.

3)Кехат т1ехь яздинчух Къосум ца тешара.

4)Къосум ненан дог ца дохо г1ертара.

Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.

1)Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха.

2)Ткъа цуънгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуълура.

3)Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ.

4)Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.

Лексически анализ.

2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду …

2.Масала, текстера … предложенера …

3.Текстан … предложени ешча, …

4…. вайн таро хуьлу т1еч1аг1дан …

Магадо: ялийна клишеш хийца.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета …

2.Сайн жам1 т1еч1аг1деш, … предложенера (-шкара) масал далор ду ас.

3…. предложенино (-еша) т1еч1аг1йо ойла…

Магадо: ялийна клишеш хийца.

Муха кхета хьо ДЕГАЙОВХО бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Дегайовхо – иза … Суна хетарехь, …

2.Текстан авторо вайга ойла йойту …

3.Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа …

Т1апа куйнаш дайри шуна , Гуо беш салти байри шуна , Эхартахь бен хир дац баьхна, Къемата – де дайрий шуна? Доруш, тоьгуш марчо доцуш , Доккхуш, доькъуш саг1а доцуш, охкуш, кечдеш латта доцуш, Синош догуш дайрий шуна? Къа лерина маршо езарг, Пхьа лерина Дела везарг, Шира Нашха, нохчийн безам, Ц1ергехь ягош яйрий шуна?

Оцу кхойтта шарахь цара лайна хало вайна цкъа а магойла! Цу шерашкахь кхелхинчарна Далла гечдойла!

По теме: методические разработки, презентации и конспекты


Отражены основные положения методики работы по картине и учтена специфика структуры урока:1. Предварительная установка на урок;2. Подготовка учащихся к восприятию картины (вступительное слово уч.

Сочинение по картине Нисского "Февраль. Подмосковье"

Сочинение по картине Г.Г.нисского "Февраль. Подмосковье".


къовсадалар нохчийн мотт 5 класс

нохчийн мотт къовсам 5 класс.

Урок развития речи по русскому языку. Сочинение-миниатюра по пьесе П.И.Чайковского Февраль.Масленица. ( Времена года)

Данный урок разработан в соответствии с тематическим планированием по УМК Бабайцевой. Урок предназначен для проведения в 6 классе.

Урок русского языка в 5 классе "Сочинение по картине Г.Г.Нисского "Февраль. Подмосковье"

Презентация к уроку русского языка в 5 классе.

Урок направлен на развитие устной и письменной речи учащихся, совершенствование умений и навыков написания сочинения - описания. Помогает научить художественному видению окружающе.

Читайте также: