План конспект урока по чеченскому языку 3 класс на тему орамехь шалха мукъа элпаш яздар

Обновлено: 06.07.2024

Загружайте презентации, разработки уроков и другие методические матеры. Сразу после добавления разработки вы можете скачать свидетельство о публикации в СМИ.

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Оценить 2226 0

Урокан ц1е ю: Шалха элпаш, церан нийсаяздар.

Х1окху урокехь вай карладоккхур ду муьлхачарех олу шалха элпаш а, церан нийсаяздар а.

Фонетика 1амош, вай дийцира нохчийн маттахь 49 элп ду аьлла.

Царех нохчийн алфавитехь шалха элп 15 ду. Уьш ду:

АЬ, Г1, КХ, КЪ, К1, ОЬ, П1, Т1, УЬ, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1, ЮЬ, ЯЬ.

Царех мукъанаш 5 ду:

АЬ, ОЬ, УЬ, ЮЬ, ЯЬ.

Дисина 10 мукъаза ду:

Г1, КХ, КЪ, К1, П1,Т1, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1.

Х1инца, вай дуьйцур ду, церан кхолладаларан некъах лаьцна.

Шалха элпаш кхоллалуш царна т1екхеташ диъ хьаьрк ду:

1, Ъ (ч1ог1а хьаьрк), Ь (к1еда хьаьрк) Х.

Хьовсур ду вай, уьш элпашкахь муха нисло. Масала:

Хьаьрк – 1 кху элпашкахь нисло: Г1, К1, П1, Т1, Ч1, Х1.

Ч1ог1а хьаьрк – Ъ цхьана элпехь нисло: КЪ.

К1еда хьаьрк – Ь кху элпашкахь нисло: АЬ, ОЬ, УЬ, ХЬ, ЮЬ, ЯЬ.

Хьаьрк – Х цхьана элпехь нисло: КХ.

Шалха элпаш довза атта хилийтархьама, уьш юкъахь долуш дешнаш д1аяздийр ду вай,

АЬ: аьлла, аьхна, аьлха

ОЬ: оьг1азе, оьпа, оьшу.

УЬ: уьшал, уьш, уьйр.

ЮЬ: юьхк, юьлу, юьгу.

ЯЬ: яьхна, яьшка, яьлла.

Г1: г1ант, г1алат, г1абакх.

Ц1: ц1а, ц1азам, ц1ено.

Ч1: ч1ара, ч1ог1а, ч1ешалг.

КХ: кхокха, кхана, кхаъ.

КЪ: къолам, къамел, къам.

К1: к1ант, к1ай, к1ира.

П1: п1елг, п1енда, п1ераска.

Т1: т1адам, т1орказ, т1ай.

ХЬ: хьоза, хьормат, хьокхам.

Х1: х1орд, х1оз, х1ара.

Цхьадолчуу дешнашкахь мукъаза шалха ши эл ул-уллохь нисдала а тарло.

БАККЪАШ, БАХХЬАШ, Ц1ОЦКЪАМ.​

Дешнашкахь цхьанаметта мукъаза шалха ши элп нисделча, хьалхарчу шалха элпан т1етуху хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а шалха элп дуьззина д1аяздо.

Масала: ЮКЪ-КЪЕ – ЮККЪЕ, Ц1ОЦ1- КЪАМ – Ц1ОЦКЪАМ, МАКХ-КХАЛ – МАККХАЛ.

Юкъарадериг цхьа дош ду: ЧЕКХХЬАЖАР.

Нохчийн маттахь цхьадолу дешнаш нисло мукъий, мукъазий шалха ши элп цхьаьнакхеташ. Ишттачу дешнашкахь, шалха ши элп дуьззина д1аяздо.

1. Кхоьссина, кхоьллина, кхаьллина, хьаькхна, къуьйлу.

2. Аьхьна, буьхьиг, юьхь, дуьхьал.

И бакъонаш дагахь латто еза аш.

Х1инца, вай дийцинарг т1еч1аг1дийр ду вай.

Д1аяздина долчу дешнашкахь г1алаташ лаха деза аш.

Сац1къар, яьт1т1а, яькхкхина, макхкхал, бахьхьаш, бакъкъаш.

Ткъа х1инца хьовса кхин цхьа т1едиллар кхочушдан. Шалха элпаш долчу дешнашна буха сиз хьакха деза.

1. Ненан оьг1азло, ло санна, ешаш ю.

2. К1еззиг дечо дуккха а дуьйцу.

3. Дукха лер хьекъал цатоар ду.

4. Яьсса х1ума ч1ог1а ека.

5. Боца муш а тоьлу десачу къамелал.

Ц1ахь вай х1инца далор долу дешнаш юкъахь а долуш, х1иттае предложенеш. Шалха элпашна буха сиз а хьакха.

Маккхал, вокхха, юккъе, ц1оцкъамаш, ц1еххьана, яккъаш.

Кхут1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

— Хьалхарчу урокехь вай дийцира дешан хIоттаман коьртачу декъах – орамах лаьцна.

— Йозанехь гIалаташ доцуш, нийсаязъяран бакъонаш а, дешнийн маьIнаш а довза деза.

— ХIокху урокехь кхин цхьа керла бакъо евзар ю вайна.

— Вайн маттахь, оьрсийн маттахь санна, цхьадолчу дешнашкахь шиъ цхьатерра мукъаза элп яздеш меттиг хуьлу.

— Царех шала мукъаза элпаш олу.

— Церан нийсаяздар дагахь латто деза.

— Шала мукъаза элпаш юкъахь долу дешнаш дIадоьшур ду вай.

СЛАЙД: (суьрташка а хьовсий цIераш яха)

Етт

хIуттут

датта

полла

дитт

баппа

джуккар (болх ца бо накхармоза)

— Iаламехь дуккха а нисло шала мукъаза элпаш долу дешнаш.

— Кхин мичахь карор дара вайна уьш?

— Вай дехаш ду йоккхачу Россин пачхьалкхехь.

— Пачхьалкхан куьйгалла деш ву паччахь. Пачхьалкхехь тайп – тайпана меттанаш дуьйцуш къаьмнаш ду.

— Олучу хенахь шала мукъаза элпаш цхьа аз хуьлий дека, цундела фонетически талам беш, шала мукъаза элпаш долчу дешнашкахь элпаш аьзнел сов хир ду

СЛАЙД:

Таллам – 6 элп, 5 аз

Баппа – 5 элп, 4 аз

— ХIинца шала мукъаза элпаш долу дешнаш могIанехь сехьа муха доху хьовсур ду вай.

СЛАЙД:

етт

дитт

балл

исс

нитт

мотт

бутт

— ХIара дешнаш могIанера дехьа даха йиш яц, хIунда аьлча, уьш цхьана дешдекъах лаьтташ ду.

— ХIинца хьовсур ду вай орамехь шала мукъаза элпаш долу долу дешнаш керлачу могIане сехьа муха доху.

СЛАЙД:

Илли, гIиллакх, кхаллар, баппа, латта

— Дош дешдакъошка докъу, шала цхьа элп могIанехь дуьту, важа сехьадоккху. Масала:

СЛАЙД: (Нийса жоп)

Ил – ли

гIил – лакх

кхал – лар

бап – па

лат – та.

— Иштта вай хIокху бакъонна тIе догIу.

СЛАЙД:

Цхьадолчу дешнийн орамехь шала мукъаза элпаш яздо. Уьш цхьана могIанера вукху могIане дохуш вовшех къастадо.

— Дийцинарг тIечIагIдеш, тIедиллар кхочушдийр ду вай.

— Декъа йиш йолчохь дешдакъошка а доькъуш, дIаязде дешнаш.

СЛАЙД:

ДоттагI, таллархо, Iуьллу, балл, лоппаг, поппар, маккхал, бутт, даьтта.

— ТIедиллар нийса кхочуш динехь жоп иштта хила деза.

СЛАЙД:

Дот-тагI

тал–лар-хо

Iуьл-лу

балл

лоп-паг

поп-пар

мак-кхал

бутт

даьт-та.

— Бутт, балл (кхечу басца) дешдакъошка ца декъало, цундела уьш могIанехь сехьадаха бакъо яц.

— Предложенешкахь маьIница догIу дешнаш юкъа яздеш, хIара тIедиллар кхочушдийр ду вай.

СЛАЙД

Бабин цIен-къорза…….. бара.

Тхан уьйтIахь ……. бIарийн ……..дара.

Нана цIеношна ……….хьокхуш яра.

Со волчу сан………веара.

ГIоьнна дешнаш: етт, доккха, дитт, поппар, доттагI.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.

Слайд:

Бабин цIен-къорза етт бара.

Тхан уьйтIахь доккха бIарийн дитт дара.

Нана цIеношна поппар хьокхуш яра.

Со волчу сан доттагI веара.

— Алфавитан рогIаллехь дIанисдийр ду вай хIара дешнаш.

СЛАЙД

Иччархо, кхаллар, аттйокх, гIуллакх, чуьппалг, даьтта, баппа, нитташ, латта, туьппалг.

— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду:

СЛАЙД:

Аттйокх, баппа, гIуллакх, даьтта, иччархо, кхаллар, латта, нитташ, туьппалг, чуьппалг.

— ХIокху урокехь вайна хии нохчийн маттахь шала мукъаза элпаш долуш дешнаш хуьлий а, церан нийсаяздар дагахь латто дезий а.

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашо: Хаа деза, муьлхачарех олу шалха элпаш а, уьш маса ду а. Царех мукъанаш маса ду а, мукъа аьзнаш маса ду а. Хаа деза, йозанехь церан нийсаяздаран бакъонаш а, цаьрца предложенеш х1итто а.Оьздангалла кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Ойла т1еерзор.

2.1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.

Къастам бохучу; дашера билгалдаха аьзнаш а, элпаш а. Цул т1аьхьа шайна царех хууш дерг д1аязде (уьна а, тетрадаш а т1е).

Ке п: къастам - 6 аз, б элп.

къ - [къ] - мукъаза, легашна т1ера,

а - [а] - мукъа аз,

с - [с] - мукъаза, къора,

т [ т ] ~ мукъаза, къора,

а - [а] - мукъа аз,

м - [м] - мукъаза, зевне.

Иштта къастам бо учебник т!ера кхеторан до- шам юкъара 5 дашна: акхаро, б1аьштиг, вотанча к1отар, луьйдиг.

3. Оцу дешнийн лексически маь1на дийца. Х1иттае цаьрца предложенеш. Шинна бе синтаксически къас- там.

Кеп: Сийна луьйдигаш юура къорзачу aттo. (Цхьалхе, дийцаран, яьржина).

4.Ц1ахь бина боях таллар.

Дешархошка йоынуьйту ц1ахь язйина кегийра сочиненеш. Бераша техкина ц1ераш йог1уш юй сочиненийн чулацамца?

Масех дешархочуьнга, дага а лоцуш, схьабуьйцуьйту сочиненийн чулацам.

5.Керла коьчал йовзийтар.

Дешархошка йоыиуьйту 29-г1а §. Ца кхеташ бакъо цу т1ехь елахь, хьехархочо кхетабо уыи.

Дага а лоцуш, уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо шалха мукъа элпаш. Уьш маса ду?

Цул т1аьхьа яздо шалха мукъаза элпаш. Уьш маса

Йозанехь мукъаза шалха ши элп юх-юххе нисделча, церан нийсаяздаран цхьа а бакъо юй?

Оцу бакъонца нисдеш, д1аязде xlapa дешнаш:

Лаккхара, 1уьйре, Къоьзан-1ам, оьпа, ч1ара, м1ара, п1елг, пхьарс, аьшкал, г1айг1а, х1аваъ9 ц1е, дукъо, дезткъа, деккъа, яххьаш, юткъа, т1еч1аг1дар.

6.Харжаман диктант.

1абдин, мута1еламашна, молланашна а юкъахь 1аьрбийн йозанах а, къор1анах а дика кхеташ ву аьлла, ц1е яхара. Мута1еламаша олура, цо яьккхина xlapa дуьне т1аьхьало йоцуш а, эхартана г1уллакх дан де- заш а хилар ч1аг1деш йолу назма. Ткъа назманан ке- пехь йо1е кехат 1абдисчул дика ца яздора цхьаммо а. Цундела цуьнан доттаг1 хуьлура йо1 мел езаелла мута1елам. (М. Ахмадов)

Юкъахь шалха элпаш долу дешнаш билгалдаха, схьаязде уып.

Муха яздо шалха мукъаза ши элп юх-юххехь нисделча?

7.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушде 142-г1а шардар.

Пхоьалг1ачу предложенина бе синтаксически къастам.

Т1ехьашха, текхна бохучу дешнашна бе фонетически къастам.

Ке п: т1ехъашха - т1е - хьаш - ха.

т1 - [т1] - мукъаза, къора,

е - [э] - мукъа,

хь - [хь] - мукъаза, къора,

а - [а] - мукъа,

ш - [ш] - мукъаза, къора,

х - [х] - мукъаза, къора,

а - [а] - мукъа.

Шолг1ачу предложенина юкъара схьаязде дешнйн цхьаьнакхетарш. Билгалдаха коьрта а, дозуш долу а дешнаш.

Презентация по родному языку


10 – гIа октябрь.
Классехь бен болх.
ПI пI ПI пI ПI пI ПI пI ПI пI ПI пI
ПIераска ду пхоьалгIа де,
ПIелгашна тIехь дIадагарде.

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Оршот – понедельник
Шинара – вторник
Кхаара – среда
Еара – четверг
П1ераска – пятница
Шот – суббота
К1ира - воскренье

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Аь,гI,кх,къ,кI, оь,пI,тI,уь,хь,хI, цI,чI, яь, юь - 15 шалха элп.

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Нохчийн маттахь йозанехь шалхачу элпашца билгалдо аь, гI, кх, къ, кI, оь, пI, уь, хь, хI, цI, тI, чI аьзнаш.

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Шардар 55, аг1о 27

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Сада1аран минот
П1елгаш
Оха язди, дукха язди,
Йозано тхан п1елгаш к1адди.
П1елгаш, 1адда ма 1елаш,
Хьалхий-т1аьхьий идалаш.
Кхийса-кхийса-кхийсалуш,
Ида, ида, к1ад ца луш.

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Т1адамийн метта оьшу элпаш а дохкуш д1аязде дешнаш.

…стаг1, …па, …шка, …айба, ..оза, …елг, дотта…, …ала, …еза, …орд, …хк, …адам, , …ор .

Презентация по родному языку "шалха элпаш"

Презентация по родному языку

Т1адамийн метта оьшу элпаш а дохкуш д1аязде предложенеш.

А…мадан жима …еза ду. Мо…мада бе…а 1алашйо. Хьасана а…ар дера сискал ян.
Азас йишина …ажар йира.

Читайте также: