Лург дожар 4 класс конспект урока

Обновлено: 05.07.2024

Обратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Оценить 2911 0

Ц1ердешнийн дожарш

______________________________________

Тема: Ц1ердешнийн дожарш

Урокан тайпа: 1амийнарг т1еч1агдар

Г1ирс: интерактивни у, слайдаш, учебник, карточкаш.

Личностни: 1амош йолу материал,юкъараллехь ,практикехь и эшарехь кхетар;

Метапредметни: дожарийн ц1ераш, церан маь1на ,рог1алла,хаттарш хаар, дожарех пайда эца хаарш кхиор,ша дуьйцург логически маь1на долуш,говза схьаала хаарш:

Предметни:хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Урок д1ах1оттор

-Де дика хуьлда шун массера а!

Тахана вайн нохчийн меттан урок ю.

-Бераш хьовсал шу х1окху малхе, ма белабелла хаза бу и, цо массарна а йовхо ло.

Х1инца и малх санна дела а лой вовше хьовсал, иштта хаза хетарца д1айолор ю вай вешан урок.

Урокана кечам бар.Хьехархочуьнга маршалла хаттар.

Х1ума довзаран жигалла.

Уроке шовкъ кхоллар

«Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шортта

Шайхи Арсанукаев

Цхьаболу нах шайн берашна оьрсийн,я ингалсин мотт хиъчахьана, церан х1окху дахарехь цхьана т1ег1ана т1ехь кхиам хилчхьана шайн декхар кхочуш хуьлу, шаьш шайн доьзал ирсе бо моьттуш. И бакъ дац, уьш Іехабелла, цхьана ханна тиларчу бахана бу.

-Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийца деза. Ша дуьйцург маь1на а долуш, говза схьаала 1амо деза, маь1ница д1аала а,мелла а нийса язъян а хуар ду вайн дожарш хууш хилча . Тахана мелла а кху урокехь ненан мотт нийса бийца хааран некъа т1ехь болх бийра бу вай, хаарш к1аргдеш, совдаха хьовсур ду.

Урокан проблема х1оттор

Актуализация знаний

Ц1ахь бина болх таллар

Ц1ахь кхочушъйина шардар таллар

Болх нийса бацахь нисбан а, 1амийнарг карладаккхар

Урокан тема а, 1алашонаш йовзийтар

Х1умнаш, адам билгалдо Мила? Х1ун ю?-хаттарш ло

Ойлаяй, хьо дийций вала…

Соьх х1ун олу ахьа ала

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахан урокехь?

-Х1ун ю ц1ердош?

-Муха хийцало ц1ердешнаш?(классашца,терахьашца,дожаршца а,)

-Маса класс ю?

-Маса терахь ду?

- Нохчийн маттахь масса дожар ду?

-Дожарш шайн хаттаршца схьа хьа дуьйцур дара вайна?

Стенах олу лач-дожарш?

-Т1акхха х1ун ю вай урокан тема хьа эра дара аша?

-1алашо х1ун ю вай урокан?

Тема а, 1алашо а йовзуьйту.

Х1ора дожаран ше-ше маь1на ду.

Ц1. –дош юьхьанцара форманехь хуьлу, нийсса х1уманан ц1е йокху.

Дл.-Х1ума цхьаннан долахь хилар гойту,я х1уманан юкъаметтигалла гойту.

Л.-Х1ума цхьанна д1алуш хилар гойту,я г1уллакх цхьанна кхочуш деш хлар гойту.

Др.-Дар хьан? Я стен? Кхочушдеш хилар гойту.

К.-Дар хьаьнца? Я стенца? Кхочушдеш хилар гойту.

Х.-Хьанах?. Я стенах? Лаьцна дуьйцуш хилар гойту.

М.-Х1уманан меттиг гойту.

Дс.-Х1ума стенах юсту гойту

Хаттаршна жоьпаш ло

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Къамел кхиор

-А) (Х1етал-металш.)

Цо совдоккху хьекъал,кхетам

Адам деза,бан къинхетам .

Нийса ойлайойту вайга,

Даг чуьра д1айоккху ойла? (дешар)

Хьуьнхахь корта беттий-беттий,

Ц1а кхаьчча дижина 1уьллу. (диг)

Цергаш ца юхку,керта а ца вуьту (дог1а)

-Б1аьста ,гурахь бедаршца ду ,

1ай пекъар дерзина ду?(дитт)

-Дарбане некъа йистанца куьш йолу бецан тайпа.(динберг)

Б)Дашна юкъахь дош караде:(парни болх)

Динберг-бер,берг,дин,де,бен,герб

Керланиг довзийтар.Дашна т1ехь болх.

Дахарца з1е тасар

Сада1аран минот

Базалго диннарг де (Видео 1,5 минот)

Схьагойтучу суьрта т1ехь дийриг до.

Берашкак са да1ийар

Ц1. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий дужур ду.

Дл. Метт сий ца дечо, шен ненан сий ца до.

Л. Матт шера хилар дац коьртаниг, говза хила веза.

Др. Матт дайн г1иллакхаш лардо.

К. Матт ч1ог1а доьзна ду г1иллакхаш, оьздингалла, лелар.

Х. Матт къахета эшац, цунах эхь хета деза.

М. Матт болу безам дагчохь, ц1ийх-т1амарх боьлла хила беза.

Дс.Ненан матт хаза а, сийлахь а х1ума дац!

Шайна д1аделлачу кехата т1ехь тобанца болх бо

Тобанца болх ба хаар

Т1еч1аг1дар

Ц1ердешнийн дожаршна т1ехь болх:

Баркалла нанна, цабезам мостаг1е, декхарийлахь ву махкана, къахийтира берах, хьоьжура кемане, воккхачу доттаг1чул, дешаран книгийца.

Коьртачунна т1ера дозуш долчунна хаттар а луш, ц1ердешнийн дожар билгалдокккху.

Ц1ердешнийн дожарш т1еч1аг1дар

Шимма цхьана бен болх

Дукхаллин терахье даха, билгалъяха грам.классаш:

Ручка, накъост, дешархо,йиша, болх, ага, рама, к1ант, кехат,седа,нана, нус, 1аж, муш.

Уллехь волчуьнца дага а волуш болх бо

Ц1ердешнийн классаш а, терахьаш а т1еч1аг1дар.

Ловзаран миноташ(тобанашкахь)

Мекха нах

къолам рама

уг1ар нал (акха хьакха)

Берашка тобанашкахь болх байтар, вовшашца цхьа барт болуш жоп билгалдаккхийтар

Урокан жам1 дар

-Х1ун карладаьккхи вай кху урокехь?

-Керла х1ун 1емира шуна?

-Стенах ца кхийтира шу?

-Урокана х1иттийна 1алашонаш кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

Хатитаршна жоьпаш ло

Урокан 1алашонаш кхочуш йина, я ца йина хьажар

карлаяха бакъонаш пар.49-53;

шардар 245-г1а;

урам,яздархо,х1аваъ дешнаш дожаршца хийца.

Ша шен мах хадор

5 -Аса тахана дика болх бира,сан цхьа а г1ала дацара!

4-Аса тахана болх бира, амма кхин а дика балур бу аьлла хета суна т1аьхьарчу урокашкахь!

Нажмите, чтобы узнать подробности

Карладаккхар: Стенах олу ц1ердош? Масса дожар ду ц1ердешан?

Х1ун маь1ан ду ц1ерниг дожаран? Цо муьлхачу хаттаршан жоп ло? Х1ун маь1ан ду доланиг дожаран? Цо муьлхачу хаттаршан жоп ло? Муьлха чакхенаш ю доланиг дожарерчу ц1ердешнийн ?

Х1ун маь1ан ду ц1ерниг дожаран? Цо муьлхачу хаттаршан жоп ло? Х1ун маь1ан ду доланиг дожаран? Цо муьлхачу хаттаршан жоп ло? Муьлха чакхенаш ю доланиг дожарерчу ц1ердешнийн ?

План- конспект по чеченскому языку на тему:

Дешаран: - ц1ердешнийн дожарех долу хаарш т1едузар; -ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш йовзитар.

Кхиоран: Ц1ердешнийн дожарех пайдаэца хаарш кхиор.

Кхетош-кхиоран: Халкъан барта кхолларалле йолу марзо кхиор.

Т1етовжаран кхетамаш:

Ц1ердош, ц1ердешнийн дожарш, чаккхе.

Керла кхетамаш:

Урок д1аяхьар

1. Вовшахтохаран мур.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун, дешархой. Кийча дуй шу урокан?

Нохчийн меттан 1амат юй? Тептар? Ручка, къолам?

2. Мотивацехула актуализаци:

1) Ц1ера болх толу (2-3 мин.)

Хьехархо : (Слайд 1) Бераш, тахана вай шуьца х1ун 1амор ду. Х1окха байте ладог1ий, ойлае.

Мила ву? ХIун ю? – леговала.

Хьенан, стенан сурт ду, ала.

Хьанна, стенна ду вай реза?

Хьан, стен вайна гIо дан деза?

Хьаьнца, стенца меттиг хуьйцу?

Хьанах, стенах лаьцна дуьйцу?

Хьаьнга, стенга хьовсур ду?

Хьанал, стенал гIоле ду?

Бераш: Тахана вай дожарш 1амор ду.

Хьехархо: (Слайд 2) Нийса бах. Ц1ердешнийн дожарех лаьцна дуьйцуш, д1ахьур ю вай х1ара урок.

Дожарш шуна хьалхарчу классашкахь дуьйна девзаш ду. Цкъа юьхьанца уьш карла а даьхна, кхид1а царах болу кхетам шорбийр бу вай.

3. Керланиг довзар.

Хьехархо: (Слайд 3) Х1ун ю ц1ердош?

-Муха хийцало ц1ердешнаш? (классашца,терахьашца,дожаршца а,)

-Маса класс ю? ( 6 класс ю)

-Маса терахь ду? (2 терахь ду)

Маса дожар ду нохчийн маттахь?

Бераш: Нохчийн маттахь барх1 дожар ду.

Хьехархо: (Слайд 4) Вайна ма-хаьара, церан шен хаттарш ду.

1. Ц1ерниг дожар мила? муьлш? х1ун?

2. Доланиг дожар хьенан? стенан?

3. Лург дожар хьанна? стенна?

4. Дийриг дожар хьан? стен?

5. Коьчалниг дожар хьаьнца? стенца?

6. Хотталург дожар хьанах? стенах?

7. Меттигниг дожар хьаьнга? стенга?

8. Дустург дожар хьанал? стенал?

Хьехархо: (Слайд 5) Дожарш шина тайпана хуьлу: нийса а, лач а.

Ц1ерниг дожарх нийса дожар олу, х1унда аьлча иза шен юьхьанцарчу кепехь хуьлу, цуьнан хаттарш ду: мила? муьлш? х1ун?.

Ц1ерниг доцчу, вукху дожарех лач дожарш олу, уьш ворх1 ду:

4. Керланиг кхинд1а хьехар.

1амат т1ера бакъо йоьшу бераша(аг1о 140)

-Х1инца (Слайд 6) бухка, хьархо боху шиъ дош дожаршца хуьйцур ду вай, цуьнан чаккхенаш билгал а йохуш.

(уьн т1ехь болх, дешнийн маь1на довзуьта)

Ц1. Бухка хьархо

Дл. Бухкаран хьархочун

Л. Бухкарна хьархочунна

Др. бухкаро хьархочо

К. бухкарца хьархочуьнца

Х. бухкарх хьархочух

М. бухкаре хьархочуьнга

Дс. Бухкарал хьархочул

(Слайд 7) Сада1аран минот.

5. Т1еч1аг1дар.

1. Тобанашкахь болх. (3мин.)

Кхаа тобано цхьац дош легадо: ирс, юьртахо, юьртахой.

Ц1. Ирс юьртахо юьртахой

Дл. Ирсан юьртахочун юьртахойн

Л. Ирсана юьртахочунна юьртахошна

Др. Ирсо юьртахочо юьртахоша

К. Ирсаца юьртахочуьнца юьртахошца

Х. Ирсах юьртахочух юьртахойх

М. Ирсе юьртахочуьнга юьртахошка

Дс.Ирсал юьртахочул юьртахойл

6.Урокан жам1 дар.

Х1ара урок ц1ердешнийн дожарех шун долу хаарш сов даха 1алашо йолуш яра.

Керла х1ун доьвзи шуна ц1ердешнийн дожарех лаьцна?

Урокехь вай бинчу белхан муха мах хадор бара аш?

Х1окху урокехь 1амийнарг карла а доккхуш, ц1ахь х1ара дешнаш легаде: дахар, некъ, дешархо, к1ира.

8. Рефлекси (Слайд 8)

Со реза ву айса бинчу балхана.

Со доггара реза вац айса бинчу балхана, со хьожур ву кхин дика болх бан.


Ц1ердош. Ц1ердешнийн терахьаш а, классаш а, дожарш а.

Г1алаташ т1ехь болх. Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш.

II– ч1ийрик (17 сахьт)

Г1алаташ т1ехь болх бар. Текст. Текстан тема а.

Текстан коьрта ойла. Текстан ц1е тиллар. Текстан план х1оттор.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Ц1ердош. Ц1ердешнийн легарш. Цхьаллин терахь.

Ц1ерниг а, доланиг а дожарш.

Лург а, дийриг а дожарш.

Коьчалниг а, хотталург а дожарш.

Меттигниг а, дустург а дожарш.

Карладаккхар. Ц1ердешнийн дожарш.

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш..

Ill ч1ийрик (19 сахьт)

Билгалдош. Юкъара кхетам.

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.

Билгалдешнийн хьалхара легар.

Билгалдешнийн шолг1а легар.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Терахьдош. Юкъара кхетам. Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

Ц1ерметдош. Юкъара кхетам

Г1алаташ т1ехь болх бар. Т1еч1аг1дар.

Хандош. Юкъара кхетам. Хандешнийн хенашца хийцадалар.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Хандешан билгалза кеп.

Хандешан чаккхенга Н яздар.

Хандешан яхана хан.

Г1алаташ т1ехь болх бар.Хандешан карара хан.

IV ч1ийрик (15 сахьт)

Хандешан йог1у хан.

Хандешнех болу кхетам карлабаккхар.

Хандешнашца ца, ма нийсаяздар.

Г1алаташ т1ехь болх бар. (Шарахь 1амийнарг карладаккхар.) Дешан х1оттам.

Къамелан дакъош. Ц1ердош. Билгалдош. Терахьдош.

Ц1ерметдош.Хандош. Хандешан карарчу хенан чаккхенаш.

Изложени (уч. аг1о 161)

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1агдар.


-75%

Организация деятельности педагога-воспитателя группы продлённого дня

Получите комплекты видеоуроков + онлайн версии










КТП по чеченскому языку для 4 класса (33.36 KB)

Читайте также: