Хь хасаев бен 3 класс конспект урока

Обновлено: 06.07.2024

Слайд 6Дийцаран мужур т яр. Х Хь. Хасаев Б Бен .
Слайд 7Дешархоша ешар .
Слайд 8План хоттор. Къаж хокхуш вара 1усман 2. Олхазар хьалаиккхира. 3. Бедан бен. 4. 1усмана мангал сацийра. 5. Н ана- доьзал .
Слайд 9Дешнаш т1ехь болх : Тог1и уьшал - хи лаьтташ ойлу т1аь1на меттиг. Къаж - мангал хьакха билгалдаькхийна доза.
Слайд 10Урокан жам1 дар. Ц1ера болх балар .

Посмотрите также:

Наверх Бесплатные презентации по различным предметам, 2016—2019
Все права на материалы, находящиеся на сайте, принадлежат их авторам. Все презентации были собраны из открытых источников.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Юкъара дешаран ардам

1.Предметни : 1емар ду шайн дагахь а,хезаш а дийцаран т1екст еша; хуур ду хьехархочун т1едилларца хоржуш еша; 1емар ду шайн г1алаташ юха ешарца нисдан а,дийцар дакъошка декъа, царна ц1ераш тахка а.

2. Метапредметни

Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан 1алашо билгалъяккхар и кхочушъян некъаш карор; шайн белхан нийса мах хадо хуур ду.

Коммуникативни: хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала хуур ду; къинхетамах, дикаллех лаьцна дийца дешнаш къасто хуур ду; къамелан говзалла кхуьур ю.

Х1ума довзаран: 1емар ду текстаца болх бан; алсамдер ду ойлаяр, тидамбар, кхетам кхуьур бу.

3. Личностни: 1аламе къинхетам болуш, цунна г1оь дан лаам болуш аматаш кхуьур ду дешархойн аматашкахь.

УРОК Д1АЯХЬАР.

I .Ц1ера болх таллар.

II . Мотт шарбар.

Буьртиг,буьртиг,буьртиг,

Бабин хаза зезагаш,

Бабин мерза ч1епалгаш,

Бай т1ехь ловзу цаьпцалгаш,

Девдда лела цицигаш,

Д1огахь кхиъна коканаш,

Мимшин букъ т1ехь к1айдаргаш,

Мархин хаза тайнигаш,

Хьаьвдда йоьлху миноташ,

Д1ахьаббе ахь хьайн б1аьргаш.

-Д1аеша массара цхьана дешдакъошца.

-Д1аеша массара цхьана дешнашца.

-Караде цу юкъахь ц1ердешнаш. Муьлхачу терахьехь ду уьш?

III .1алашонаш билгалъяхар.

Х1етал-метал хаийла шуна:

Вайн хийистера баьццара бохча? (Пхьид).

-Х1ун ю иза? (Пхьид).

-Х1унда довзийтина аса шуна и х1етал-метал?(Вайна девзар долу дийцар пхьидах лаьцна хир ду).

-Мила ву цуьнан автор? (Хь.Хасаев).

-Х1ун ю бохам? Х1ун бохам хила тарло пхьидашна?

IV .Керла тема хьехар.

(Хьехархочо т1аьххьара абзац ца йоьшуш сацайо. Кхузахь т1едуьллу дешархошна шайгара и дийцар чакхдаккхар. Х1ун дийр ду шина к1анта? Сессий дала 1аддитина д1аг1ур ву я г1о дийр ду? Аша х1ун дийр дара церан метана х1илча? Оцу хаттаршна жоьпаш д1аяздар. Цул т1аьхьа чакхдоккху дийцар).

2. Чулацам бийцаре бар.

-Хьенан ц1арах ду дийцар т1ехь дерг? (Яздархочо шеен ц1арах).

-Муьлхачу дешнаша г1о до цунах кхета? (Со, сунна, соьца).

-Муха дара де? (Аьхкенан довха де дара).

-Стенга ваханера дийцаран коьрта турпалхо? (Ч1анти-Оргий,Шаро-Оргий вовшахкхетачу г1айри т1е сада1а ваханера).

-Мила вара бухахь? (Иштта сада1авеана вара Султан).

-Х1ун хезира цаьршинна? (Пхьидаш инзаре-тамашеначу маьхьарца екаш хезира).

-Х1унда вахара ши накъост пхьидаш екачу аг1ор? (Цхьа бохам ца хилча ,пхьидаш иштта ека хан яцара иза. Цундела и х1ун ду хьажа вахара и шиъ).

-Муха сурт дара б1аьргашна гинарг? (Ор чохь пхьидийн сесий хилла. Ор чур ахи д1а а даьлла ,х1аллакхуьлуш хила уьш. Цундела г1овг1а йора пхьидаша).

-Х1ун дира Султана? (Султана ,харш а доккхуш , хи дигира ор чу. Сесий к1елхьардевлира х1аллакьхиларх).

-Муха к1ант хетта шуна Султан? Х1унда?

-Аша дийр дарий ишттаниг?

V . Сада1аран миноташ.

. Мархаш дог1анах яссало:

- Дола, дог1а, дола!

Чуьппалгаш а кхиссало,

- Мала, к1а, ахь мала.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.

VI .Керла тема кхин д1а а хьехар.

Хоржуш ешар.

-Д1аеша шина накъостана пхьидийн маьхьарий хазарх лаьцна йолу к1айдарг.

-Д1аеша пхьидашна хиллачу бохамах лаьцна йолу к1айдарг.

-Д1аеша пхьидаш к1елхьаръяхарх лаьцна йолу к1айдарг.

-Маса дакъа хир ду оцу дийцаран? (Кхоъ).

-Стенах лаьцна ду хьалхара дакъа? (Пхьидийн г1овг1а хазарх).

-Стенах лаьцна ду шолг1а дакъа? (Пхьидашна хила бохам буьйцуш).

-Стенах лаьцна ду кхоалг1а адкъа? (Султана пхьидийн сесий к1елхьардахарх лаьцна).

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Юкъара дешаран ардам

1.Предметни: 1емар ду шайн дагахь а,хезаш а дийцаран текст еша, 1емар ду хьехархочун т1едилларца хоржуш еша; 1емар ду дийаран чулацамах лаьцна кхоллараллин болх бан; дийцар дакъошка декъа, чулацам схьабийца хуур ду.

2. Метапредметни

Регулятивни: хуур ду хьехархочун г1оьнца урокан 1алашо билгалъяккха, и кхочушъян некъаш каро; 1емар ду вовшийн белхан нийса мах хадо.

Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; хуур ду адаман къинхетамах,дикачу аг1онех лаьцна дийца; къамелан оьздангалла кхуьур ю.

Х1ума -довзаран: 1емар ду текстаца болх бан, денийн аларийн маь1на талла; алсамдер ду ойлаяр,тидамбар, кхетам.

3. Личностни: шайн амалехь къинхетам ,оьздангалла кхиор ю дешархоша.

УРОК Д1АЯХЬАР.

I .Ц1ера болх таллар.

II . Мотт шарбар.

31оьмалг т1ера з1уга, д1ай-схьай ма къерза.

-Дагахь 1амаде. Нийса а, чехка а схьаала.

III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Мила ву цуьнан автор? (Хь.Хасаев).

-Стенах лаьцна хир бу аьлла хета шуна цуьнан чулацам? (Дешархойн жоьпаш).

-Муьлханаш хир ю урокан коьрта 1алашонаш?

IV .Керла тема хьехар.

2. Чулацам бийцаре бар.

-Мила ву дийцаран турпалхо ? (1усман).

-Х1ун деш ву 1усман?( Мангал хьокхуш).

-Ц1еххьана цунна х1ун гира? (Т1емаш а детташ олхазар д1адодуш).

-И х1ун яра? (Иза бад яра).

-Х1ун карийра 1усманна б1ад д1аяхначул т1аьхьа? (Бен карийра , чохь х1оаш долуш).

-Х1ун дира 1усмана? (Бена гонахара къаж 1адйитира).

-Х1унда юхаеара бад? (1усмана шен бен ца бохабой хиъча, ц1а еара бад).

-Стенга воьдура 1усман к1ира даьллачул т1аьхьа? (1усман хуьнах воьдуш вара).

-Цунна х1ун гира? (Бад шен к1орнешца йоьдуш гира).

-Муха стаг ву 1усман ? (Дика).

-Х1унда? (Цо бедан бен ца бохийна, гонахара йол ца хьакхна).

-Цо гонахара йол хьаькхнехь х1ун хир дара бедана? (Экхана карор бара бен, цо х1аллакхбийр бара бедан доьзал).

-Аша дийр дари 1усмана санна дика х1ума?

V . Сада1аран миноташ.

Иорг1а говр, йорг1а говр,

Хало, атто оха ловр.

Дига генна хьайца д1а,

Класса чохь тхо кхин ца 1а.

Кхосса-кхосса-кхоссалуш,

Яда Йорг1а, сих ца луш,

Лаьтта ког ахь билла байн,

Тата дезаш дац тхо, х1ай!

Яда, Йорг1а, кхоссало,

Каде хила, мал ма ло.

Иорг1а идда, к1адлуш ю,

Болар цуьнан лаг1луш ду.

Собар! Тоьар! Сацахьцкъа!

Кхин хьо идахь ду хьан къа.

Болар лахди, х1оьтти д1а:

Деза цуьнан сада1а.

(Берашна юкъара цхьаъ говр хоржу. Цунна т1аьхьа а х1уьттий,

x1apa байташ а олуш, класса чухула довдуш ши-кхо го боккху

VI .Керла тема кхин д1а а хьехар.

Дийцар схьадийца кечам бар.

-Дийцар т1ехь балийначу хиламех доьзча масса декъе декъа мегар дара дийцар?(Деа).

-Х1ун ц1ераш тохкур яра аша царна?(Къаж хьакхар. Бен карор. Къаж хьакхар сацор. Бедан доьзал).

План урока по родному литературе

Нохчийн литература

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду хезаш а , меллаша а дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах лаьцна шайн хаттрш х1итто. Берашна хуур ду 1ьнан 1аламан тидам бан.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

-Хьан йуьйцур яра стихотворении схьа.

2. 1алашо йовзийтар.

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)

-Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта?

3. Керла тема хьехар.

аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (1а)

-1аьнан муьлха билгалонаш ялийна дийцар т1ехь? (Арахь шийла ю , ло ду диллинаЮ хьуьнхахь олхазар дац хезаш, пхьагал к1айн ю)

-Мила ву дийцаран турпалхо? Хьена ц1арах дуьйцуш ду дийцар ? (Автор ша ву дуьйцуш)

-И стенга ваханера ? (Хьуьхах)

-Кхин мила вара цуьнца? (Бека)

-Муха дара хьуьнхахь? (Хьуьнхахь тийна ду , татанаш дац. Олхазарш цхьадерш бовхачу махка д1адахана , важа дерш гуш дац)

-Х1ун деш 1ара х1ара шиъ? (Чай молуш 1ара)

-Х1ун сурт гиира цу шина? (Едда йог1ура пхьагал. Иза кхера а елла Бекина т1е йог1аелла лаьттара. Бека цунна т1евог1авелла)

-Х1ун дира Бекас? (Шок туьйхира , пхьагал д1аедира)

-Х1ун дагадеара шина накъостана? (Пхьагал кхечу экхано эккхийна хилар)

-Стено эккхийна хилла иза? (Цхьогало)

-Муьлха олхазарш далийна дийцар юкъа? (Хенак1ур, ц1ийзарг, текха хьоза)

-Стенга левчкъина хуьлу 1ай сагалматаш?

-Муха лела веза хуьн чохь? (Меллаша)

-Х1унда? (Хьуьнан бахархой ца къахко)

4. Сада1аран миноташ .

Эх1, ма хаза бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

Куьг ахь кховдош лаккха,

1аж цу т1ера баккха.

Мохо генаш лестадо,

Соьга 1аж ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха 1аж схьабоккхур бу!

Эх1 Ма 1аж бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

б) Бераша хаттарш х1иттадо чулацамах лаьцна.

-Х1ун ду шуна дийцарехь тамашийна , ца кхеташ хисинарг? Стенах лаьцна хаа лаьа шуна?

Билгалонна хаттарш

Сагалматаш стенга йоьлху 1ай?

Муьлха олхазарш дуьсу 1а доккхуш?

Муьлханиг ду текха-хьоза?

-Муьлха кхиамаш кхочушбан ницъ кхечи шун? Х1ун диси шун дан ницкъ ца кхаьчна ? Х1ун бахьна ду ш Х1н дина аша билгалдаьккхина доцуш?уна и кхиам кхочуш ца хилар.

Читайте также: