Нохчийн йозанан истории лаьцна доклад

Обновлено: 15.05.2024

Материалы, представленные в этом сборнике в большинстве своем уникальны, потому что в библиотеках Москвы и Санкт-Петербурга в единственном экземпляре, за что еще и еще раз огромная благодарность библиотекарям РНБ и РГБ за то, что сохранили для нашего народа памятники письменности и литературы. Люди, которые упоминаются и приведены их труды, на заре становления и укрепления чеченского языка 1920-х провели титанический труд. Первые опыты литературы, поэзии, составления учебников для школьни ков, в том числе и для неграмотных взрослых, которых в то время в Чечне было очень много. Советская власть, надо должное отдать, сделала очень много для чеченского языка. В начале 20-х годов в Чечне шли споры на какой графике письма остаться, так как многие ратовали за арабскую графику, ближе к 30-м годам переход к латинской графике, а к концу 30-х годов окончательно утвердилась кириллица на основе русского языка. Проблемы изучения родного языка наиболее сложные, но очень полезны для историка. На мой взгляд, язык чеченцев является ключом к распознанию многих загадок истории, как главный инструмент общения между людьми, является наглядным показателем развитости народа. Правда, люди, зачастую занятые сугубо хозяйственной деятельностью, начинают забывать, точнее, терять многое из родного языка в угоду повседневности. В этой публикации о чеченском языке, не будучи лингвистом, я пытаюсь придать дополнительный позитивный импульс для изучения родного и любимого языка. Все материалы сняты на смартфоне с оригиналов книг, газет и журналов. Перепечатать сегодня нет никакой возможности из-за отсутствия шрифта.

Мурдалов Муслим, научный сотрудник КНИИ (РАН) им. Х. И. Ибрагимова

Нохчийн меттан йозанан истори Iаморан белхан пособи

Дешахьалхе. Тахана зорбанера арайолуш йолу хIара гулам масех шарахь айса архивашкахь Нохчийн къоман историн бух толлуш лелаш кара а йина, гулйина, Iалашйина, зорба тоьхна, шуна — сайн махкахошна, вежаршна гайта, йовзийта лаам болуш. ХIокху чохь гулйина материалаш нохчийн маттаца йоьзна ю. Вайн мотт шен кхоллараллехь дукха гонаш тийсина, халонаш лайна, амма устазийн орцанца, Iилманан серлонца бала болучу нехан къинхьегамца, хIаллак ца хуьлуш, вай ца дезаш болучеран луург ца долуьйтуш, вайн дайша, наноша ларбеш таханлерачу дийне схьабеъна. Нохчийн мотт — шира мотт бу, цу тIехь талламаш дIабахьа беза, тесна бита мегар дац.

ХIокху гуламна юккъехь 1922-чу шарахь Тучаев Ахьмас, Эльдарханов Таьштмара, Шоипов Ага-Мирзас (Акх-Марза — ГIойтIара дешна стаг) Iарбийн графикаца яздийна нохчийн жайнаш ду.

Кхин дIа латинийн графикаца масех жайна, букварь, алфавит ю. Со тешна ву, хIокха гуламах вайн Iилман белхало- ша пайда оьцург хиларх.

Тахана Нохчийчохь долчу Iедало шен ма-хуьллу нохчийн мотт лар беш а бу, гIо деш а ду, Iилманчашна массо агIора терго а йо.

ХIокху гуламо дукха нахана нохчийн меттан исторехь дицдина долу масалаш карладохур ду: вайна ма хаъара,

1917-1944-чу шерашкахь нохчийн меттан яздаран кеп моситтаза хийцина — Iарбийн, латинийн, оьрсийн (кириллица) алфавит.

Х. Ибрагимов цIарах Росси н Iилманийн йолу Комплексни Iилманан-талламан институтан Iилман белхало Мусостан Мурдалан Iалауди Мохьмадгирийн кIант Муслим.

Тучаев Ахма. Букварь для изучения чеченского языка. Детский мир. 1922 год

Похождения Калифа. Сказка на чеченском языке Эльдарханов Иса 1923 год

Чеченская азбука. Нохчийн букварь. 1925 год

Календарь на 12 лет. 1925 год

Молодая жена старика. комедия Эльдарханов И. Г. 1926 год на ингушском языке.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Литературехь ненан вастах лаьцна

Аллах1 Дела цхьаъ винчул т1аьхьа, Делан Элча (1.с.в.) бакъвинчул т1аьхьа, шен дай-наний ларар т1ехь ду Дала кхоьллинчу массо а адамна. Нохчийн къам бусалба динца дог1уш долу, Делан деза г1иллакхаш ч1ог1а лелочух цхьаъ ду. Вайн къоман даима а сийлахь декхар хилла дай-наний ларар, церан сий дар.

Нана ма ю, шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хера ца йолуьйтуш, х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхь-бехках, вовшийн хьаг1-гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш, б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац. И йоцуш муха хир дара хаац суна, я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Сийлахь волчу Аллах1 Дала шен къинхетамах ма йоккхийла цхьа а нана!

Иштта хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Нагахь беран дог г1айг1ане хилча, г1айг1анах кийра бузу ненан. Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? Яцара аьлла хета суна. Бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.

Нанна бер хаза г1ан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене. Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт. Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. Мел деза ду суна уьш, цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:

- Сийлахь Нана! Хастам хьуна!

Берийн дуьхьа яьхна хьо!

Генахь хиларх, тхаьш мацделча,

Хьан комаьрша куьйгаш го.

Нана, хьан юьхь т1ера хершнаш-

Уьш хьан берийн некъаш ду.

Хьан камаьршой, къинхетаммий,

Хан мел ели, хьекъаш ду.

Ялсамане, цхьанхьа елахь,

Ненан когаш к1елахь ю.

Нана резайинчу беран

Делахь ялсамане а ю.

Нана ю кхерч бовха латториг, доьзал эхь-ийманехь кхиориг. Нана йоцу доьзал декъаза хуьлу шен сица, беркъа хуьлу цуьнан 1ердахар, сингаттаме хуьлу цуьнан 1уьйренаш, суьйренаш. Вайна дахар деллачу, аьхна мотт 1амийначу Нанна хьалха х1окху дуьненахь мел деха декхар ду вай. И декхар такха деза вай, ненан дог хьостуш,

Ма дукха ду-кх ненах ала а, дийца а. Дийцарх кхачор а доцуш, ладег1арх к1ордор а доцуш дукха ду.

Муха гайтина те ненан васт халкъан барта кхоллараллехь а, яздархоша а, поэташа а шайн произведенешкахь? Х1ун меттиг д1алоцу цо адамийн дахарехь?

Нанас чулоцу дерриге а. Дуьненна малхо лучу малхах йовхонах терра, йовхо ло нанас, иза вайн дахаран малх бу. Цо ло вайна дахар, ирс, къинхетам, син-оьздангалла. Нанас 1амадо вай дикачунна, лардо вочух.

Нохчийн литература кхоллаелла дукха хан яцахь а, амма ненан васт вайн халкъан барта кхоллараллехь 1аламат дика гайтина ду. Нана оьзда, г1иллакхе, собаре, комаьрша, яхь йолуш ю. Цуьнан сий дар т1ехь ду муьлххачу къонахчунна, иза коьрта декхар а лоруш.

Нохчийн къоман философехь доьзал дийнна цхьа дуьне лору, оцу Дуьненахь стигал — Да ву, латта — Нана.

Нана д1аяьлча беран даг т1ера зезаз дужу. Беран самукъадалар д1адолу бохург ду иза. Ткъа ненан самукъадалар а, ирс а бераш ду, Сулейманов Ахьмада ма-яздарра:

Сийлахь нана! Берийн къинна,
Б1аьрхиш хилла, ешна хьо!
Тхо, бераш ду-кх, хьо къанйийраш.
Къона латтораш а тхо!

Иштта ненах лаьцна яздо нохчийн поэта Бисултанов Аптис:

хьо ара ца йолуш йисичахьана

хьан 1аса санна со цхьалха ву нана

хьо ламаз ца далуш йисичахьана

хьан ойла санна со шийла ву нана

1уьйренан г1айг1а ю стигалан ами

суьйренан г1айг1а ю хьан беса лами

вахаран г1айг1а ю хьан къора уьйт1е

Нана цу г1айг1анах со къаьстар вуй те

хьо ара ца йолуш йисина аьлла

вайн кет1а мел бог1у некъ акхабаьлла

хьан саг1а юкъаха дисина аьлла

п1ераска вайн ц1енна пен бетта даьлла

1уьйренан г1айг1а ю ков делла дезар

суьйренан г1айг1а ю хьох дисна дезарш

вахаран г1айг1а ю къаръелла зама

хала ду Нана и г1айг1а лан 1ама!

Оцу дешнашкахь карадо вайна, дуьззина ненан васт. Баккъал а ойла карзахйоккху оцу дешнаша. Дагна т1е1аткъам бо.

Бусалба динехь а ден-ненан сийдар т1едожош ду. Дала Къуръан чохь аьлла, Ша бохург а де, Делан Элчано (1.с.в) бохург а де, хьайн дас-нанас бохург а де. Цо гойту ден-ненан сий ларам бар, стеган лааме хьаьжна доцуш. Дала т1едиллина декхар хилар.

Нана ларарал сов, ненахой ларар а т1ехь ду стагана.

Лераме Наной, Дала сий дойла шун! Шун сий дарца дехар ду тхо кху дуьненахь, шун сий даро г1о дийр ду тхуна муьлххачу а халонех чекхдийла! Дала могшаллица, парг1атонца, шайн доьзалех даккхийдерца, Шена хастам байтарца яхйойла шун оьмар.


1-ра д1ахьошверг:

Ненан мотт, Нохчийчоь -

Ц1ийца сан ийна,

Цундела 1алац со

Доцуш дош тийна.

(Ш. Рашидов)

2-г1а д1ахьошверг:

Сан меттан жовх1арш,

Х1орд хилий 1ана.

Стаг вац со,

Шу аьзнех къастахь.

Дуьххьара дош ду ас

Сайн ненан маттахь!

(1. Хатуев)

1-ра д1ахьошверг: Нохчийн меттан Де д1акхайкхоран хьокъехь Нохчийн

Республикин Президентан Указ:

11.05.2007 шо Соьлжа-Г1ала № 207

Нохчийн мотт 1алашбан, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура

кхиорехь, къоман башхалла ларьярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран

Нохчийн Республикин

Президент Кадыров Р.А.

2-г1а д1ахьошверг: Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара

1-ра д1ахьошверг: Вай долчу хьошалг1а веана халкъан поэт Рашидов Шаид.

2-г1а д1ахьошверг: Лераме накъостий! Вай тахана д1ахьур ду «Нохчийн

1-ра д1ахьошверг: Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель нохчийн меттан Де

лоруш, вайн Президента Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу шеран №207 Указ

2-г1а д1ахьошверг: Нохчийн Республикан Конституцин 10-г1а статья:

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору нохчийн а, оьрсийн а

ц1е санна, вайн къомана серло йохьуш, массеран а дегнашкара дика ойланаш

вовшахтохарца нуьре йойла цо, шен к1оргачу маь1ница.

2-г1а д1ахьошверг: Лераме накъостий! Х1инца ненан маттах хастаме дош олу

ишколан директора Рамзан Лечиевича

1-г1а д1ахьошверг: Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека, Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас….

2-г1а д1ахьошверг: Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев 1арбис, Дикаев Мохьмада, Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев 1абдулхьамида…

2-г1а д1ахьошверг: Гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара аьлла ду: «Ненан мотт - иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза. 1амадейша

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзунийн баннашна лулахь,

Нанас со кхийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вай халкъан турпалхой хестощ,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош,доруш.

Цу иллийн дешнашца гора

Даймехкан исбаьхьа суьрташ,

Маршоне, Даймехке безам,

Вайн дайша къийсамехь гайтар.

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш,

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.

Бекалахь ненан мотт тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къихьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

2-г1а д1ахьошверг: Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

Хьешашка – оьзда,

Доттаг1чуьнга - мерза,

Мостаг1чуьнга - буьрса,

Захалонна - хаза,

Масла1атана - к1еда,

Берашка - эсала.

Амма кхетам к1еззиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

Безалахь, эшалахь хьайн ненан мотт,

Даима бийца и к1орда ца беш.

Цуьнца ахь елахь хьайн кхолламан чот.

Цуьнца хьо х1отталахь дикаллин теш.

Хьоме ду, мерза ду шен ненан васт,

Цул деза адам дац дахарехь хьан,

Хаалахь, ненан мотт ца хилча хьашт,

Сий ца деш, тосу ахь хьайн нана д1а.

Дешнаш а тоьар ду, шорта ду элпаш,

1илманийн к1оргенаш а йийцало.

Цундела ца дохуш хьайн маттах айпаш,

Хастам а, сий-лерам цунна д1ало.

Х1ора а стаг ма ву шен къоман векал,

Х1ора а къоман бу шен ненан мотт.

Х1ораннах а хир ву ша цхьа пекъар,

Шен мотт а бицбина, цо еттахь йорт.

Кхолламан йозалла ю ненан мотт

Нагахь и бийцича ц1ена,

И буьйцуш еанехь хьан лерга потт,

Хьо дакъазволуш ву-кх денна….

1-ра д1ахьошверг: Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а, безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан сий а лардийр дац.

Вайн мотт дуй те

Маьлхан зезаг

Я ахь буьйцуш,

Хетало?

Дуьне, эхарт,

Вевза – везарг

Суна-м дерриг

Диц ма ло!

Вайн мотт дуй те

Дашо хьоза,

Мохехь, малхехь

Ийъалуш,

Хазчу иллийн

Доцуш доза,

Маьлхан нуьрца

Къийсалуш?

Х1ан-х1а, дац и

Зезаг, хьоза,

Бац и аьрха

Маса дин…

Мазал мерза,

Пхьерал говза

И марзбинарг

Ву Зайнди!

2-г1а д1ахьошверг: Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза. Мотт - иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар.

Ламнашкахь малх кетча,

Дуьйлало хиш,

Б1аьстено къагадо

Со вина латта.

Эзарнийн озаца ас лоьху йиш

Сайн ненан маттахь!

Сайн меттан жовх1арш,

Х1орд хилий 1ана.

Стаг вац со,

Шун аьзнех къастахь.

Дуьххьара дош ду ас

Сайн ненан маттахь!

Г1елбелла ненан мотт,

Ца оьшу кхин,

Аьлла шайн

Нийсархо г1аттахь,

Алалаш цуьнга:

Шайн ненан маттахь!

Карадац дешнаш,

Карадац аз

Д1ах1отто

Исбаьхьчун метта.

Цундела хестабеш,

Сий дийр ду ас

Сайн ненан меттан!

Доккхачу лаьтта т1ехь

Хазалла лоьхуш,

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан ненан мотт.

Зезагийн лесторехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь х1орд,

Ладоьг1ча шабаршца

Бешарчу ниттийн,

Соь ницкъ лург хиллера

Сан ненан мотт.

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхи,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Къагабеш б1аьргаш,

Серло лург хиллера

Сан ненан мотт.

Диканехь я вуонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь, ийман я г1иллакх,

Доьналла эшца,

Хьекъал лург хиллера

Сан ненан мотт.

Вахар а х1ун оьшу

Цунах д1ахаьдча?

Биц бина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мел дукха лехарх,

Даймехкан дозалла

Сан ненан мотт.

(Илли д1аолу Болтмурзаев Сайд-Ахмада 11 А кл.)

1-ра д1ахьошверг: Ненан мотт. Нанас аганан илли аьлла мотт. Безаш ца хилча, бийца хуур доцу мотт, бийца ца хиъча, хьо юьхьк1айн хир воцу мотт вайна марзбинчу устазийн ц1ераш яхар, уьш бовзийтар вайн декхар ду:

Ахмадов Адам

Абалханов Хьаким

Хизриева Майсет

Лалаков Халид

Рашидов Шаид

2-г1а д1ахьошверг: Нохчийчохь дика бевзаш, хьанала белхаш беш бу вайн ишколехь шайн кхоллараллин новкъа бевлла, оццул ч1ог1а хесточу вайн меттан хазалла йовза а¸ цуьнан сий-лерам бан а, дахаран чолхечу новкъахь дайн оьздачу г1иллакхех ца духуш, нийса некъ д1абахьар хьехна болу:

Осмаев Мовла

Бескаев Юсуп

Осмаев Усман

Осмаев Яраги

Ясакова Зимани

Вайн нохчийн меттан исбаьхьа хазнаш йовзуьйтуш, цуьнан г1иллакх- оьздангаллин т1ег1анаш т1ехула вайн дайн ламастийн лакхене вай кхачош, хьанала къахьоьгуш бу нохчийн меттан, литературан хьехархойн методически цхьаьнакхетараллин декъашхой. Царна даггара баркалла ала лаьа тхуна:

Селимсултанова Петимат

Исмаилова Лариса

Хасиева Гульжан

Элисеева Малика

Хасаева Малика

Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,

Мел лекха ду церан сий!

Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:

Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна яхь.

Т1еман к1ур г1иттинчохь, хьарг1анаш хьийза.

Ма даръе воьжначун чов

Осала г1иллакх ду йийсарца къийсар.

Аьрзунехь куралла тов!

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алаш де ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна яхь.

Маьрша стаг кхоьллина дуьнен т1ехь ваха ,

Беза бу адаман мах.

Деза ду лаьтта т1ехь муьхха а дахар.

Къонахе и ларде бах.

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна , дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна, яхь.

1-ра д1ахьошверг: Вайн к1оштарчу гоьваьллачу поэтана Цуруев Шерипана а лаьа нохчийн маттахь дика дош аьлла лар йита, нохчийн маттахь илли долчу махкахь оцу халкъан цинц хилла ваха. Шен байт иштта йолайо цо:

Со лийр велахь вала лаьа,

Цкъа цхьа дика нохчийн маттахь

Нохчийчоьнах назма аьлла…

Айало, ненан мотт, айарца аз хьайн.

Хьо ма бу дуьххьара 1амош берг беро.

Йиш яц хьо ца буьйцуш ялийта херо.

Хьо ма бу вовшашка буьйцуш берг вай.

Айало ненан мотт, хьайн къайле йийца,

Дахаран сан куьзга, дег1ан са хьо деца.

Сан де дайн, варх1е дайн, силсал хьо еца.

Дуьненчохь х1умма дац сан хьоьца хийца.

Айало ненан мотт, айало лакха.

Хьайн халкъан сий ойуш, бекалахь шовкъе.

Аз хецций айало, даккха дог хьоле.

Хьарсарта дег1 дигий, дог парг1ат даккха.

Хьан еца ненан мотт, дахаран хазна.

Нанас шен олуш дерг аганан илли.

Хьо доггах безаро сан б1аьргаш дилли.

Хаалахь, хьол дукха х1умма ца дезна.

Х1инча а хьоьх кхоччуш дош аьлларг ма вац.

Жовхарийн х1онц хьо ю, дахаран корта -

1илманан бух хьо бу, къайле ю шорта.

Мотт хилча къам хуьлу, и бацахь къам дац.

1-ра д1ахьошверг: Вай х1инца вайн хьеше дош лур ду. Рашидов Шаид, хьуна ду дош.

2-г1а д1ахьошверг: Таханлерчу цхьаьнакхетаран декъашхой бу хьоьга хаттарш дала лууш а, хьан байташ барта еша лууш а. Царна дош ло вай.

1-ра д1ахьошверг: Х1инца вай цхьаьнакхетаран декъашхойн хаттаршна жоьпаш лур ду-кх ахь, Шаид.

2-г1а д1ахьошверг: Дешархой, шуна ду дош.

1-ра д1ахьошверг: Вай х1инца дерзоран дош ло ишколан директорна Рамзан Лечиевичана.

1-ра д1ахьошверг: Ненан мотт х1ора къоман культуран бух хиларе терра, иза мелла а к1орггера дика 1амор вайн х1оранна декхар ду. Цундела цу хьокъехь Атабаев Султана иштта аьлла:

Ненан мотт -

Вайн безам, илли,

Ненан мотт -

Вайн г1айг1а, ирс.

Хьох ваьлларг тилла.

Ненан мотт -

Лараме г1ирс.

Ненан мотт -

Вайн халкъан т1емаш.

Ненан мотт -

Вайн бахам, сий.

Ненан мотт -

Бовза ца 1ебаш,

Шуьга, нохчий!

2-г1а д1ахьошверг: Дала ненан мотт безаран т1ехь ч1аг1дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда ма дойла цхьанне а нохчочунна! Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун!


-75%

Ьвьуь

Нохчийн литературин программа хIоттийна шолгIачу тIаьхьенан Федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандартийн лехамашна тIе тевжаш.

Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча цадолу) дешаран курсан дакъа, таро ло белхан программаш хIиттош дешаран коьчал дIасаекъа, курсан дакъош шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Программо аьтто бо дешаран цхьаалла ларъярехь а, хьехархойн кхоллараллин лаам ца боьхкуш, таронаш ло дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.

Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш массо юкъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан системица йозаелла а ю. Программо иштта шена чулоцу юкъарчу хьесапера обзораш, тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу.

Яккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, яцйина ялийна.

Коьртачу юкъардешаран ишколашкахь литературин курс тIехьажийна ю дукхакъаьмнийн Россин ца хилча цаторуш долчу культурин декъах санна, литературех болу кхетам дешархошкахь кхиорна, цо аьтто бо массо кепара къиъна ваьлла, граждански кхетам болу, къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьаьнайогIуш долу адам (личность) кхиорна.

Нохчийн литература ишколашкахь Iамор шен башхаллаш йолуш ду. Нохчий кхиаран социально-исторически башхаллаш а, къоман культурин исторически хьелаш а, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а тидаме оьцуш, дIахьо литература Iамор. Къоман башхалло шатайпа тIеIаткъам бо дешархошна литература Iаморехь, цундела культурно-исторически хьелаш тидаме а оьцуш, Iамо еза литература.

Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо дешархошна дешан исбаьхьаллин (эстетически) декхарш довзарехь, исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзорехь. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литература а, нохчийн мотт а герггара уьйраш тосуш Iаморехь.

Нохчийн литература, цуьнан цхьа дакъа а долуш, къоман культурица юххера йозаелла ю. Юкъаракультурица йоьзна литература Iаморо таро лур ю дешархошна нохчийн литература билггалдолу культурин цхьа дакъа санна иза тIеэца, ткъа иштта нохчийн литературин этнокультурни башхалла а, культура а тидаме эца. Цу кепара билгалйинчу школашкахь кочушъялур ю этнокультурни принцип.

Нохчийн литература герггарчу уьйрашца нохчийн историца а, географица а, исламан баххашца а Iаморо дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла а, синъоьздангаллин мехаллаш а кхуллур ю, шен дукхакъаьмнийн махках дозалла а дийр ду цо.

– синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а, патриотически синхаамаш а, ша къоман культурин векал хиларх кхеташ, ларам барца кхийолчу культурашца юкъаметтигаш дIакхехьа хьуьнар долуш долу адам кхиор;

– дукхакъаьмнийн российски культурин дуьненна юкъавахар, цуьнан бух тIехь интеграци яр цхьана дукхакъаьмнийн российски социуме;

– нохчийн литературех а, цуьнан синъоьздангаллин а, исбаьхьаллин мехаллех а, нохчийн яздархойн гIараевллачу произведенех, церан дахарх, кхоллараллех лаьцна долу хаарш карадерзор; нохчийн литературин произведенеш ша еша болу лаам кхиор, произведенийн юкъараадамаллин а, билггала-исторически чулацам билгалбоккхуш, оьшуш болу теоретико-литературни хаамаш балош, исбаьхьаллин произведенешна талламбан хаар кхиор;

– искусствон кхечу тайпанашна юккъехь литературин башхаллийн юкъара хаамаш а, произведенеш шайн исбаьхьаллица тIеэца а, исбаьхьаллин чам бовза а, оьрсийн литературин тексташца юста а, церан вастийн-эстетически системийн башхаллашца доьзна юкъара дерг а, къаьстарг а билгалдан хаар кхиор;

– Iамочу литературни произведених лаьцна шена хетарг ала, мах хадо хаар кхиор;

– Iамочу нохчийн произведенийн бух тIехь массо а тайпа къамелдаран кеп кхиор а, шаръяр а, исбаьхьаллин дашах, цо кхочушдечу исбаьхьаллин гIуллакхах кхеташ хилар, исбаьхьаллин дашца кхелина мотт шена караберзор.

Предметах лаьцна болу юкъара хаамаш

Оьшучу барамехь теоретико-литературни хаарш далар кхочушдо.

Программехь билгалдина хIара дакъош:

1. Литература дешан исбаьхьалла (искусство) санна.

2. Халкъан барта кхолларалла.

3. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

4. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

5. Кхечу къаьмнийн литература.

6. Обзорни теманаш.

7. Литературин теорех болу хаамаш.

8. Дешархошна билгалдина йозанан белхийн тайпанаш.

– шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;

– личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;

– хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).

– проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин - тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;

– ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;

– ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;

– тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь.

Коьртачу юкъардешаран школа чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:

1) хIума довзаран декъехь :

– барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;

– произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;

– литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;

– произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);

– литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;

2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь :

–нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;

– нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;

– Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;

– авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;

3) коммуникативни декъехь:

– тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;

– текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;

– Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;

4) эстетически декъехь:

– дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;

– эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;

– меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.

Юккъера юкъарадешаран школехь нохчийн литература Iамош ю 5 – 11 классашкахь. Дешаран планехь нохчийн литература хьеха билгалдина ду 476 сахьт. Царах 5 – 9 класашкахь – 340 сахьт, 10 – 11 классашкахь – 136 сахьт, хIор классехь кIирнах шишша сахьт. Инвариантни декъана билгалдинарг 5, 6, 7, 8 классашкахь 222 сахьт ду, вариативни декъана – 50 ду; 9, 10,11 классашкахь инвариантни 186 сахьт ду, вариативни 18 сахьт ду.

ПРОГРАММИН КОЬРТА ЧУЛАЦАМ

1-ра дакъа. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

Мамакаев Мохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ.

Мамакаев Мохьмадан поэзехь Даймехкан тема. Стеган паргIато, сий цуьнан Дймахкаца йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Поэтан лирически турпалхочо дахарх, заманах йо ойланаш. Мамакаев Мохьмадан лирикехь поэтан, поэзин тема.

Нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гадаев Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, Iаламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпанан аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Цуьнан повестийн, дийцарийн проблематика. Вайн заманан кегийрхой гIиллакх-оьздангаллица кхиоран проблемаш хIитторан башхаллаш.

Повестан композици, исбаьхьаллин гIирсаш.

Нохчийн проза кхиарехь, берашна, кхиазхошна йолу литература кхолларехь Гайсултанов Iумаран произведенийн маьIна.

Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан кхоллараллин шуьйра проблематика. Даймехкан, маршонан теманаш. Къинхьегаман стаг ларар. Лирически турпалхочун адамашка йолу къинхетаме дог-ойла.

Поэми тIехь суртхIотторан, васт кхолларан поэтически гIирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. Къоман гIиллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. Безаман а, доттагIаллин а лирика.

Сулейманов Ахьмадан произведенешкахь поэтически сурт хIотторан башхаллаш. Цуьнан кхоллараллин мехалла.

2-гIа дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

М. А. Сулаев . Дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.

Романехь кегийрхойн васташ.

Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

Романан турпалхойн Аьрзу, Маккхал, Iела.

Романан исбаьхьаллин башхаллаш.

Ахматова Раисин дахар а, поэтически кхолларалла а. Даймохк, халкъийн доттагIалла, машаре дахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. Поэтессин кхолларалла шен хенаца йогIуш хилар.

Ахматова Раисин поэзехь нохчийн йоьIан васт.

Поэтессин лирически турпалхо даима къона, шен Даймохк дукхабезаш, дахарехь хIайт-аьлла хилар.

Ахматован поэзехь безаман тема. Цуьнан лирикин башхаллаш.

Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. Поэмин тIехь къинхьегаман, безаман, поэзин, поэтан декхарийн теманаш цхьаьнайогIуш къастор.

Поэмин идейни а, исбаьхьаллин а башхаллаш

Арсанукаев Шайхин кхолларалла.

Поэтан произведенешкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Iаламан аьрха хазалла. КIорггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. Цо дуьненах, дахарх йо йоланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.

Арсанукаев Шайхи лирикан башхаллаш: чулацам, поэтически гIирсаш, исбаьхьаллин хатI.

Арсанукаев Шайхин поэзин мехалла.

Шайхиев Iалвадин кхолларалла. Цуьнан поэзин шуьйра чулацам а, маьIна а. Шайхиев Iалвади стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. Цуьнан поэзин ша-тайпана долу хатI.

Шайхиев Iалвадин кхоллараллин мехалла.

Рашидов Шаидан поэзин проблематика, коьрта башхаллаш. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.

Стихотворенеш мукъаме хилар, дуккха а стихаш эшаршка ерзор. Цуьнан стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.

Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.

Ахмадов Мусан произведенийн коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.

Ахмадов Мусан кхоллараллин обзор: бIешерашкара схьадогIу къоман оьздангаллин ламасташ хIинцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш адам эхь-бехках юхадалар, гIиллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар къомана бохаме хилар; оьздангаллех ца вухуш, гIиллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар

Ахмадов Мусан прозин исбаьхьаллин башхаллаш.

Дикаев Мохьмадан лирика. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар - цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.

Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хатI.

Абдулаев Лечин лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а. филофски чулацам а. Лирически турпалхочун амалшкахь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла. Поэтан стихан шатайпаналла.

Бексултанов Мусан кхолларалла.

Цуьнан прозехь дахар шатайпанчу исбаьхьаллин хотIехь гайтар. Яздархочо кега-мерса долчу хIумнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе, шайн кIорггера маьIна долу гIуллакхаш, хьелаш къастор.

Къоман хиндерг халкъан ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар произведенешкахь чIагIдар. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ кхолларан башхаллаш.

Яздархочун кхоллараллин маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.

Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун шен Даймахке, халкъе, болу безам. Яхь йолу кIант кхиийначу ненан сийдар. Граждански лирикин исбаьхьалла.

Бисултанов Аптин поэзин исбаьхьаллин хатI.

Эльсанов Исламан произведенешкахь хIинцалерчу дахаран сурташ, адамийн кхолламаш. Турпалхойн амалш гайтаран башхаллаш.

БойсагIар а, ТIелхаг а.

3-гIа дакъа. ХХI бIешо долалучу муьран литература.

4-гIа дакъа. Кхечу къаьмнийн литература

ГIалгIайн литературах юкъара хаамаш.

ГIалгIайн литературех хаамаш.

Яндиев Джамалдинан поэтичнски кхолларалла. Поэтан лирика. Цуьнан лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. Шен махке, халкъе болу аьхна безам. Поэтан дог халкъан лехамашца детталуш хилар. Цуьнан лирикехь Iаламан хазалла, аьхналла.

Яндиев Джамалдинан поэзин башхаллаш.

Элисин, Чербижан Анзоран, Важиян васташ.

Казбегин турпалхой – нохчий, гуьржий – шайн сий, маршо, паргIато ларъечу къийсамехь, вежарий санна, бертахь хилар.

Кулиев Кайсын – балкхаройн поэт. Цуьнан поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. Шен дахар адам ирсе кхачорна дIадала иза кийча хилар.

5-гIа дакъа. Обзорни теманаш

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш (Обзор).

Сийлахь-Боккхачу Нохчийн литературехь Даймехкан тIеман (1941–1945) тема (Обзор).

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран хьелаш а, хIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш (Обзор).

6-гIа дакъа. Литературин теори а, истори а.

Нохчийн исбаьхьаллин литература кхоллаяларан хьелаш, къоман йозанан литературин хьостанаш. Нохчийн литературехь поэзин, прозин, драматургин жанраш кхоллаяларан а, кхиаран а башхаллаш. Йозанан литературин нохчийн барта кхоллараллица уьйр хилар.

Литературин тайпанаш: эпос, лирика, драма.

Литератрин жанраш. Эпически жанраш: дийцар, повесть, роман. Лирически жанраш: стихотворени. Драматургически жанраш: комеди, драма, трагеди. Лиро-эпически произведенеш: поэма, баллада, басня, стихашкахь повесть, стихашкахь роман.

Исбаьхьаллин произведенин формех а, чулацамах а болу кхетам кIаргбар. Исбаьхьаллин прпоизведенин чулацам а, маьIна а. Тема, проблематика, сюжет, дIахIоттам (пролог, юьхьйолор, долор, кульминаци, къастор, тIаьхьара дош, монолог, диалог, лирически юьстахдийларш). Исбаьхьаллин произведенин васт, персонаж, турпалхо. Лирически турпалхо. Авторан васт. Авторан къамел.

Исбаьхьаллин произведени тIехь къовсам (конфликт). Драматургически къовсам.

Проза а, поэзи а. Церан башхаллаш.

Стих кхолларан кепаш. Стих кхолларан силлабо-тонически кеп. Стихан барамаш. Стихан гIулч. Хорей, ямб, дактиль, амфибрахи, анапест. Строфа, ритм, рифма.

Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними.

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран башхаллаш.

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран башхаллаш.

ХIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш.

Теоретико-литературна хаарш далар исбаьхьаллин произведенеш Iамош а кхочушдо, цул совнаха литературин теори Iамо хан а билгалъяьккхина Программи тIехь.

7-гIа дакъа. Литература Iамош кхочушбечу барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш.

Исбаьхьаллин произведенин чулацам тайп-тайпанчу форманашкахь схьабийцар: чулацам текстана юххера бийцар; произведенин сюжетан сиз а лардеш, коьрта хиламаш схьабийцар; шайн къеггина маьIна долу цхьа-ши эпизод йийцар; билгалволчу турпалхочух йозаелла йолу меттигаш йийцар.

Исбаьхьаллин произведенин текст маьIна деш схьайийцар.

Литературах, юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян чулацам схьабийцар.

Стихотворенеш, прозаически произведенийн дакъош дагахь дешар.

Произведени тIера исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш билгал а бохуш, эпитетийн, дустарийн, метафорийн, геперболийн олицетворенийн, иштта дIа кхиболчу а суртхIотторан гIирсийн башхаллаш къастор.

Кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1оттор.

Литературно-критически белхийн тезисаш, конспекташ.

Барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш. Царна юккъехь хир ю литературин материала тIехь язъеш ерш а, дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна язъеш ерш а.

Литературин материал тIехь язъечу сочиненийн герггарчу хьесапехь долу тайпанаш:

– исбаьхьаллин произведенийн васташ къастош йолу сочиненеш;

– произведенийн тематика къастош йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенин идейни чулацам билгалбоккхуш йолу сочиненеш;

– обзорни теми хьокъехь йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенийн хорманех лаьцна йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин литературан произведени искусствон кхечу форманехь йолчу произведенех юстуш йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенех кхоллараллица пайдаоьцуш язъеш йолу сочиненеш.

Дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух, девзинчух лаьцна язъеш йолчу сочиненеш хила тарло шайн гIаланах, юьртах, юьртахойх лаьцна. Юкъараллин дахарх, даймахках, халкъийн доттагIаллех лаьцна сочиненеш.

Шаьш цIахь ешначу книгашна рецензеш.

Шайна гинчу кинофильмашна, спектаклашна отзываш.

Литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдар (цхьаннах я масех книгех пайдаоьцуш).

Интернет ресурсашкахь йолчу материалан барта мах хадор а, рецензи язъяр а.

Шаьш ешначу книгина, хьаьвсинчу кинофильмана, телепередачина, шайна гинчу спектаклана рецензи язъяр.

Шайн школин а, г1алин (юьртан) а дахарх лаьцна къамел кечдар, доклад язъяр.

Читайте также: