План урока предложения а дешнийн цхьанакхетарш а 3 класс

Обновлено: 02.07.2024

Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.

ВложениеРазмер
dolah_a_yukara_a_ts1erdeshnash.docx 21.49 КБ

Предварительный просмотр:

Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.

1алашо: 1) дешархошна шайн хаарш низаме дало хаар;

2) ц1ердешнаш долахь а, юкъарчу а тобанашка декъаран билгалонаш йовзар;

3) нийсаяздаран бакъонаш йовзар, йозанехь церах пайдэца хаар. Кхечу къаьмнашка лерам кхоллар; дешархой къинхетамечу ойланца кхиор.

Урокан г1ирс: компьютер, проектор, экран, презентаци.

Урокан кечам бар:

Дешархойн де дика дар.

Деха 1а д1адели, вай сатийсина исбаьхьа б1аьсте т1екхечи. Набарха даьлла 1алам денлуш, шеца цхьаьна вайн ойланаш самйохуш, дикане, сатесна адамаш самукъане ган дуьйлало.

Цундела, сема хир ду вай таханлерчу урокехь, беркате з1ийдигаш хоьцур ю х1окху уроко вайн дешарехь, б1аьстено 1аламехь санна.

Ловзар. Д1анисде шайн терхи т1е. Терхи- полка

1.Х1ара бакъо стенан ю?

1) Элпаш а, церан нийсаяздар а 1амадо( графика).

2) Меттан дерриге а аьзнаш 1амадо ( фонетика).

3) Дешнийн цхьанакхетарш а, предложенеш а 1амайо (синтаксис).

4) Меттан дерриге а дешнаш 1амадо (лексика).

5) Дешан а х1оттам а, кхолладалар некъаш а 1амадо (дошкхолладалар).

6) Къамелан дакъош 1амадо ( марфологи).

III. Керла коьчал йовзийтар.

- Бераш, шуна х1ун аьлла хета, кестта д1акхаьччий те и кехат?

( Оцу т1ехь юьрта ц1е а яц, стеган фамили а яц).

- Оццал мехала дуй уьш хаар?

- Тахана вайна урокехь довза дезаш дерг х1ун ду?

(долахь а, юкъара а ц1ердешнаш).

Царна ц1е туьллур ю аш.

ден ц1е Энгель- Юрт

- Маь1ница дог1у дешнаш дуьхьал язде.

- Муха яздан деза вай и дешнаш?

- Х1унда декъна и дешнаш иштта?

3)Д1аяздинчу дешнашна дуьхьал даладе дог1у долахь дешнаш.

- Муьлхачу башхаллица цхьанатоьхна вай и дешнаш?

(Церан ц1ераш доккха элпанца яздина а ца 1аш, кавычкаш юкъа лаца еза).

(г1еххьа аз а хозуьйтуш, массара а йоьшу).

Маьлхан серло яржале –

Г1енаш лахка, човхаде-

Йиша, ваша г1аттаде-

Г1аж схьалаца, кхозало-

Куьйгаш айба, волало-

Ницкъ бохьур бу боларо-

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Х1инца вай дешархоша тобанашкахь къовсам д1ахьур бу.

Маьлхан з1аьнарш Зезагаш

Слайдаш т1ехь болх.

Юрт, г1ала (гудермес), йо1, к1ант, маьждиг (горозный), газета (гумс ), журнал (стела 1ад), хи, урам, хьукмат.(школа)

  1. Ас дешнаш гойтар ду,аш шайн тобанна дог1у дош схьаоьцур ду, къовса а тарло уьш.

т1аус х1ири Слов. болх

аьрзу г1умки г1ирг1а- ястреб

леча 1аьнди маржан- коралл

кхокха соьли самарт- изумруд

-Иштта техкинчу ц1ераша х1ун гойту вайна?

- Къаьмнийн вовшашка болу лерам.

- Майралла, 1аламе болу безам.

- Хазаллин сий дар.

Кхочушдо 234-г1а шардар.

Долахь ц1ердешнаш доккхачу элпаца а яздеш, д1аязъе дийцаран кийсак.

Х1инца вай 1амийначух беа мог1анца рефлекси йийр ю.

Хаьа х1ума билгалйо

Хии долахь, юкъара

Хаа лаьа кхин йолу грамматически билгалонаш.

VII. Ц1ахь бан болх.

  1. 1алашо 50-г1а &
  2. Кхочушдан 235-г1а шардар.

По теме: методические разработки, презентации и конспекты

5-г1а класс "Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш"
5-г1а класс "Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш"



Кхоллараллин хьесапаш.Стихотворени нийса эстетически т1еэца г1одар. Къамелан тассаман къастош ешаран аг1онаш ч1аг1ъяр.Дешархойн вастийн дуьнене бигар, хила тарло некъашца васт кхоллар. Васт дуьззина с.


1алашо: х1ун башхалла ю цхьалин терахьерчу а,дукхаллин терахьерачу а ц1ердешнашна юккъехь.Кхочушдан лерина жам1аш:1.Предметни:берашна 1емар ду цхьаллин,дукхалин терахьаш къасто.2.Метапредметни:- Регул.


Урокан ц1е :Хамидов Хьамидан 1абдул Хьамид.1920-1969

1алашо: : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам бовзийтар . Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла билгалъяр. Пьеси тIехь Хамидов 1-Хь кхоллараллин къо.

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.

Нохчийнмотт

1алашо : предложенех лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар. Предложенехь дешнийн цхьанакхетарш довза а, схьакъасто а 1амор.

Билгалбаьхнакхиамаш: бераша карлабохур бу предложенех лаьцна болу хаамаш. Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетарш х1ун ю, уьш предложенина юкъара схьакъасто а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетаршкахь дешнаш коьрта, дозуш хуьлий, царна юкъара уьйр хаттарца билгалйоккхий. Берашна 1емар ду учебника ца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болхталлар.

Шардар № , аг1о

-Д1аеша предложенеш. Маца предложени ю текстехь?(Кхоъ)

-Муьлха предложенеш ю уьш? (Хаттаран)

-Муьлха хьаьркаш дохку церан чаккхенга? (Хаттаран хьаьркаш дохку)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ДЕЧИГ дош? (Дашехь доца шеконан мукъа аьзнаш далахь Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ХЬОСТАМ дош? (Доца шеконан мукъа аьзна А,И,У хезаш хилча элп А яздо)

2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Меллаша охьаоьгу лайн чимаш. Лайн чимаш. Меллаша охьаоьгу.

-Д1аеша уьн т1е язйинарг. Муьлханиг ю предложен?(Меллаша охьаоьгу лайн чимаш)

-Муьлханаш яц предложенеш? (Лайн чимаш. Меллаша охьаоьгу)

-Х1унда? (Цара кхочушхилла ойла гойту)

-Д1аеша вайн тема. Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Предложенешкахь дешнийн цхьанакхетарийн тидам бар.

Шардар № 135 , аг1о 68.

Д1аеша хьалхара предложени. Карае коьрта меженаш. (Охьаэга–сказуеми, чимаш –подлежащи)

-Х1инца хьовсур вай цу шинна меженан муьлхачу дешнашца уьйр ю.

-Кхин муьлха меженаш ю цу предложенешкахь? (Коьртаза меженаш: меллаша, лайн)

-Меллаша дешан муьлхачу дашца ю уьйр ? (Охьаоьгу дашаца)

-Муьлханиг ду цу шиннах коьрта? (Охьаоьгу)

-Коьртачу дашна т1ера хаттар ло дозуш долчу дашна т1е? (Охьаэга муха? меллаша)

-Цхьани ала и ши дош. (Меллаша охьаэга)

-Уьш дешнийн цхьанакхетарш ду. Дешнийн цхьанакхетаршна юкъахь цхьадош коьрта хуьлу, важа дозуш хуьлу. Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар дала деза дозуш долчу дашана)

-Муьлхачу дашаца уьйр ю ЛАЙН дешан? (Чима дашац ю)

-Цхьана д1аала и дешнаш.(Лайн чимаш)

-Муьлханиг ду цу шиннах коьрта? (Чимаш)

-Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар ло дозуш долчу дашна. (Чимаш стенан? лайн)

-Уьш дешнийн цхьанакхетарш ду.

(Иштта талла а толлуш, кхочушдо шардар)

аь) Бакъо таллар.

-Д1аеша 69 аг1он т1ера баъо.

-Дешнийн уьйр предложенехь муха евза? (Хаттарийн г1оьнца)

б)Дешнийн цхьанакхетарша предложенеш юзар.

Шардар № 136 , аг1о 69.

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнийн цхьанакхетарш. Предложени кхолла царех. (Хазачу б1аьстенал юьзна гуьйре тоьлу)

-Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнийн цхьанакхетарш. Предложении кхолла царех (Хин долу хьоза, бенахь дека.

(Иштта толлуш кхочушдо шардар)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

А)Предложенера дешнийн уьйр билгалъяккхар.

Шардар № 137 , аг1о 69.

-Д1аеша предложени. Кара е коьртамеженаш. Муьлхачу дашо гойту дар? (Хоьхку)

-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун до?)

-И муьлха меже ю? (Сказуеми)

-Караде подлежащи. (Стенах лаьцна дуьйцу сказуемино? (берех)

-Хаттар ло цу дашана? (Хоьхку ХЬАН? бераша)

-И муьлха меже ю? (Подлежащи)

-Схьаязде шайн хаттаршца шишша дош.

Бераша (х1ун до?) хоьхку.

-Уьш предложенин коьрта меженаш ю. Цара гойту предложенин маь1на. Предложенин коьртачу меженех дешнийн цхьанакхетарш ца хуьлу)

-Сказуемина т1ера хаттар даларца караде цуьнца дозуш долу дош. (Хоьхку х1ун? салазаш)

-Уьш х1ун ю? (Дешнийн цхьанакхетарш ду)

-Муьлхачу дашаца ю ша т1ехь дешан? (Сказуемица хоьхку)

-Хоьхку дашана т1ера д1а хаттар лой уьйр таса. (Хоьхку мичахь? ша т1ехь)

Шардар № 138, аг1о 70

-Д1аеша предложени. Карае коьрта меженаш. (З1аьнарша –подлежащи, хазйо- сказуеми)

--Кхин муьлха дешнаш диси предложенехь? (Маьлхан, 1уьйре)

-Муьлхачу дашца ю МАЬЛХАН дешан уьйр? (З1аьнарша дашца)

-Цхьани д1аала и ши дош. (Маьлхан з1аьнарша)

-Муьлханиг ду дозуш долу дош? Коьртаниг? (Коьртаниг-з1аьнарша, дозуш дерг- маьлхан)

-Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар ло дозуш долчу дашана? (З1аьнарш СТЕНАН? маьлхан)

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашо: дешан чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтор хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду чаккхе х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна хуур ду предложенахь дешнашна юкъахь уьйр чаккхено латтош хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца 1емар ду.

Нохчийн мотт

1алашо: дешан чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтор хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду чаккхе х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна хуур ду предложенахь дешнашна юкъахь уьйр чаккхено латтош хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

Ц1ера болх таллар.

Шардар № 164 , аг1о 82.

-Муьлха дешнаш яздина аша схьа? Муьлханаш бу церан орамаш?

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Чаккхенан тидам бар.

Шардар № 165 , аг1о 82.

1ахар (Стенан?) 1ахаран ма1а

к1ант (хьанна? ) к1антана хаьа

йо1 (хьан?) йо1а боху

къолам (стенца?) къоламца яздо

кор (стенах?) корах кхетта.

-Д1адеша дешнаш. Билгалбаха шиша дешан орам. (1ахар-1ахаран орам 1ахар бу)

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-АН)

-К1ант –к1антана орам к1ант бу.

-Орамна т1ехьа х1ун дакъа ду? (-ана)

-Йо1-йо1а -орам йо1 бу.

--Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду?(-А)

-Къолам- къоламца –орам къолам бу .

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-ца)

-Кор-корах –орам кор бу.

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-ах)

-Д1аязде вайна карийна дешан дакъош.

-АН, _АНА, АХ, -А, -ЦА.

-Уьш чаккхенаш ю. Х1ун ю чаккхе ?(Дешан дакъа ду)

-Мича меттехь лаьтта чаккхе? (Дешан чаккхенгахь)

-Чаккхенаш йоцуш деша и дешнийн цхьанакхетарш.

1ахар ма1а , к1ант хаьа, йо1 боху , къолам яздо , кор кхетта.

-Стенан тидам хили шун? (Дешнийн вовшвшца уьйр яц, маь1на телхина)

-Стенна оьшу чаккхе? (Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтайо)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

Д1аеша 83 аг1он т1ера бакъо. Х1ун ю чаккхе?

-Стенна оьшу чаккхе?

аь) Йозанан болх бар

Шардар № 165, аг1о 82-83.

б) Йоьхна предложенеш нисъяр.

-Х1ун до Халида дика? (Халид дика доьшу)

-Халид дика доьшу аьлча нийса хуьлий и предложении? Х1унда? (Дешнийн уьйр ца хуьлу)

-Муьлха дош хийцо деза? (Хаалид дош Халида аьлла хийца деза дешнийн уьйр хилийта)

-Хьаьнга хоту дешархоша шаьш ца кхеташ дерг? (Шаьш ца кхеташ дерг Халиде хоту дешархоша)

-Хьан г1о до бершна? (Халид г1о до шеен накъосташна)

-Нийса хуьлий иштта? Х1унда?( Халид дешан уьйр яц вукху дешнашца)

-Муха ала деза Халид дош цу предложенехь? (Халида г1о до шеен накъосташна)

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Хаттарийн г1оьнца дешнаш хийцар.

Шардар № 167 , аг1о 83-84.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муха хийца деза КЛУБ дош шолг1ачу предложенехь? (Боьлхура стенага? клубе)

-Кхоалг1ачу предложенехь? (Стенан? коран)

-Йоьалг1ачу? (Стенгахь клубехь)

-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенехь дешнашна юкъа уьйр тосу )

Схьаязде клуб дош хаттаршца , чаккхенаш къастош.

Х1ун ? клуб стенца? клубаца

стенан? клубан стенах? клубах

стена? клубана стенга? клубе

стен? клубо стенал?клубал

аь) Дешнийн цхьанакхетарш схьаяздар.

Шардар № 168, аг1о 84.

Динберг х1ун? орамат

Стенан ? динберган 1аьрче

Стенан? динберган г1а а , х1у а

Х1ун? динберган гулъян йолайо

Стенца? динбергаца дарба лелош

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

7. Жам1 дар?

-Стенна оьшу чаккхе?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 169, аг1о наш 84-85. Бакъо аг1о 83.

Нохчийн мотт

1алашо: дешан чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтор хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду чаккхе х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна хуур ду предложенахь дешнашна юкъахь уьйр чаккхено латтош хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

Ц1ера болх таллар.

Шардар № 169, аг1о наш 84-85. Бакъо аг1о 83.

1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Дашна т1еххьа даим лаьтта,

Сайна лиъча хийца а ло.

Дешнийн уьйр ас шуна гойту

Х1ун дешдакъа хир ду. ЧАККХЕ

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Предложенехь чаккхенийн тидам бар.

Шардар № 170 ,аг1о 85.

-Д1аеша предложенеш. Стенан тидам би аша? (Дешнийн вовшвшца уьйр яц, цундела предложенин маь1на нийса дац)

-Муьлха дош хийца деза? (Йиша)

-Муха хила деза йиша шолг1ачу предложенехь? (Дукхаеза хьанна? йишина)

-Кхоалг1ачу ? (Вахара хьаьнца ? йишица)

-Йоьалг1ачу? (Ийцира хьанна? йишина)

-Пхоьалг1ачу? (Хазахета хьанна? йишина)

-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенехь дешнийн уьйр латтайо чаккхено)

аь) Дешнаш х1оттамца таллар.

Шардар № 171, аг1о 85.

-Д1аеша предложенеш. Муьлханаш ду гергара дешнаш? (Экскурсе, экскурсехь, экскурсера)

-Мулханиг бу орам? (Экскурсе)

-Кхин муьлха дакъа ду цу дешнашкахь? ЦУнах х1ун олу?

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 175, аг1о наш 86-87.

аь)Доца шеконан мукъа аьзнех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 173, аг1о 86.

-Д1аязде дешнаш. Т1адамийн метана оьшу элпаш дохкуш.

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина аша и дешнаш?

б) Йьхха предложенеш хоттар.

Шардар № 177, аг1о 87.

-Шеран муьлха зама т1екхаьчна? (Т1екхаьчна шийла 1а)

-Х1ун до лайно? (Тхевнаш , аренаш , дитташ а лайнок1ййо)

-Стенах ловзура бераш? (Кегий бераш лайн межаргех ловзура)

-Цара х1ун хоьхкура? (Цара салазаш хоьхкура)

-Д1аеш а хьалхара предложении. Караде коьрта меженаш.(Т1екхечира –сакзуеми, 1а- подлежащи)

-Муьлхачу дашаца ю уьйр 1А дешан?( Шийла)

-Уьйр билгалъяккха цу дешнийн.

(Иштта толу йоьалг1а предложении)

-Д1адеша дешнаш. (Тхевнашна, дитташа, мижаргех, бераш)

-Х1ун дан деза церан чаккхенаш каро? (Орам билгалбаккха беза)

-Муха каро йиш ю орам? (Гергара дешнаш каро деза)

-Тхевнашна дашана караде гергара дешнаш. Тхов цхьаъ хилча муха эр дара? (Тхов)

ратите внимание!
Внимательно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Заголовок на свидетельстве будет выглядеть более красиво, если вы укажите тип разработки (Урок, Текст, Конспект и т.д.) и тему в кавычках (например, Конспект урока «Теорема Пифагора

Оценить 833 0

Открытый урок чеченского языка

Учитель Закриева Зарема Даудовна

Урокан тема: Дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш.

1ашало: Хаа деза фразеологизмаш стенах олу, уьш кхечу дешнийн цхьаьнакхетарех схьакъасто а, царех пайда эца а.Даймахке безам кхиор.

Х1окху предложенешна х1иттаде оынуш долу сацаран хьаьркаш: Ахьмада а, Мохьмада а маьхьа- рий хьаькхира XIapa кехат 1усманера деана

Да ц1а вог1ур вац - элира нанас

3.Керла коьчал йовзитар

Руман, хьо вац иза? Ди- канца хуьлда хьан вар!

(/. Гайсултанов) Лоьран юьхь серлаелира, дог айаделира.

(М. Сулаев) Дуьхьала бевллачу бак- кхийчара а, кегийчара а, ког лаьтта ца кхоьтуьй- туш, бовдийна чубаьхьира хьомсара хьеший.

Буха сиз хьаькхнарш вов- шех къаста йиш йоцуш, къастича маь1на а духуш, даима цхьаьна лелаш дешнаш я дийнна предложе- неш ю.

Вовшашца уьйр ч1аг1ъел- ла, цхьаьнамарзделлачу дешнех дешнийн ч1аг1дел- ла цхьаьнакхетарш я фразеологически карчамаш олу.

Еша хьалхара предложены оыыучу интонацица.

Аларан 1алашонб хьаьжжина муха ю иза?

Тире х1унда оьшу цигахь?

Буха сиз хьаькхначу предложении х1ун маь1на ду?

(Циканиг хиларе сатесна).

Цу юкъара цхьа а дош д1адаккхалур дарий я хийцалур дарий, цуьнан маь1на ца хуьйцуш?

Муха олу вай гуттар цхьаьна хуьлучу шина ста- гах я кхечу х1уманех?

Оцу предложенешкара дешнашна ала мегар дарий уып цхьаьнамарзделла?

Иштта толлу йисина предложенеш.

Цул т1аьхьа, хьехархочо rlo а деш, шолг1ачу б1о- г1амалге д1аяздо дешйийн ч1аг1делла цхьаьнакхетар стенах олу.

Дешархошка даладойту масалш.

Ц1ахь бан болх.Рефлекси.

Кхочушде 199-г1а шардар.

109-чу аг1он т1ерачу хаттаршна барта жоьпаш дала кечло.

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Автор программы понятие "Этикет" рассматривает в самом широком смысле, ставит очень актуальные задач. Подробнее.

Особенно ценно, что именно учитель, совместно с психологом, является автором программы адаптации реб. Подробнее.

Соглашусь с мыслью учителя о необыкновенной важности духовно-нравственного воспитания у детей в млад. Подробнее.

Замечательно, что воспитатель ставит задачу развивать коммуникативные навыки у учащихся младших клас. Подробнее.

Прекрасное раскрытие темы, очень полезные приемы и стратегии, которые используются на уроках. Думает. Подробнее.

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Читайте также: