План урока по чеченскому языку 4 класс ц1ердешнийн легарш

Обновлено: 30.06.2024

1алашо: х1ун башхалла ю цхьалин терахьерчу а,дукхаллин терахьерачу а ц1ердешнашна юккъехь.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:берашна 1емар ду цхьаллин,дукхалин терахьаш къасто.

- Регулятивни:берашна хуур ду книгшца болх бан,слайдашца болх бан.

- Коммуникативни :берашна 1емар ду,шайна хиънарг накъосташна дийца.

- Позновательни:книгашца,слайдашца болх бар.

- Личности:берашна хуур ду нохчийн меттан хазалла ган,и йовза.

ВложениеРазмер
Урок 16.18 КБ

Предварительный просмотр:

1алашо: х1ун башхалла ю цхьалин терахьерчу а,дукхаллин терахьерачу а ц1ердешнашна юккъехь.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:берашна 1емар ду цхьаллин,дукхалин терахьаш къасто.

- Регулятивни:берашна хуур ду книгшца болх бан,слайдашца болх бан.

- Коммуникативни :берашна 1емар ду,шайна хиънарг накъосташна дийца.

- Позновательни:книгашца,слайдашца болх бар.

- Личности:берашна хуур ду нохчийн меттан хазалла ган,и йовза.

Де дика дойла шун бераш,лераме хьеший.

Х1ара малх санна вовшашна дела а лой,охьаховша.

2.Дешархойн ойла т1еерзор (мотивации)

Х1ара дешнаш чехка ала хьовсур ду вай .Х1ара дешнаш санна жигара урок д1ахьур ю вай.

Чехкаалар: Шина чиркхан ши шича, шина шичин ши йиша.

3.Актуализаци долчу хаарийн

Мила?Муьлш?Х1ун? и хаттарш муьлхачу дешнашна ло вай ?

Ц1ердешнех кхин вайн хаарш т1едузур ду вай .

Хьовса слайде тидаме хила.

Х1ун го вайна ?(наьрс)х1инца муха эр дара вай(наьрсаш)1аж-1ежаш.

Х1ун гойту вайна цу дешнаша хаархьама схьаелла аг1о 116 хьовса урокан тема х1ун ю.

Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар.Д1аязйо терахь,классера болх,тема урокан.

Х1ун 1амор ду вай урокехь дийца?

Бакъо йоьшу 2 дешархочо

Ц1ена яздаран минот

1.Шина б1ог1амера дешнаш декъа цхьалл.т дукх.т.

2.Книги т1ехь болх.

Муьлхачу терахьехь ду ц1ердешнаш?

Терахьашца хийца дешнаш

Шеран заманаш йийцар 1а,б1аьсте,аьхке,гуьйре.

Х1оз бийр бу вай б1аьргашца.

Ловзар цхьаъ –дукха.

-Цхь.т дош аьлча цхьа куьг ирах дахийта

-Дукх.т дош аьлча ши куьг ирах дахийта.

Суна тахана хии….

Ас кхиин а 1амор ду…..

По теме: методические разработки, презентации и конспекты


Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.

Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.



Кхоллараллин хьесапаш.Стихотворени нийса эстетически т1еэца г1одар. Къамелан тассаман къастош ешаран аг1онаш ч1аг1ъяр.Дешархойн вастийн дуьнене бигар, хила тарло некъашца васт кхоллар. Васт дуьззина с.


Урокан ц1е :Хамидов Хьамидан 1абдул Хьамид.1920-1969

1алашо: : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам бовзийтар . Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла билгалъяр. Пьеси тIехь Хамидов 1-Хь кхоллараллин къо.

ельно пишите свое имя и название материала! Они будут указаны в свидетельстве именно так, как вы их напишите.

Перед публикацией материала внимательно проверьте все данные, указанные в вашем профиле. Информация из профиля будет использована при оформлении документов. В случае неполного или неправильного заполнения профиля свидетельства, сертификаты и другие дополнительные документы будут сформированы неко

Оценить 1723 0

НОХЧИЙН МЕТТАН ЦIЕРДЕШНИЙН ЛЕГАРШ

Нохчийн меттан коьрта дожарийн цIерш а, хаттарш а иштта ду:

ЦIерниг мила? хIу н ?

Дōланиг хьенан? стенан?

Лург хьанна? стенна?

Дийриг хьа н ? сте н ?

Кōьчалниг хьаьнца? стенца?

Хотталург хьаннах? стенах?

Меттигниг хьаьнга? стенга?

Дустург хьаннал? стенал?

Муьлхха а цIердош легорхьама, хьалха дожарийн хаттарш хаа деза. Уьш Iамо гIодо лахахь ялийначу байто. Эшаран мукъамехь дагахь Iамае и.

Дожарийн хаттарш Iамон байт

Мила ву? ХIу н ю? – легōвāла.

Хьēнан, стēнан сурт ду, āла.

Хьанна, стенна ду вай рēза?

Хьа н , сте н вайна гIо да н дēза?

Хьаьнца, стенца меттиг хуьйцу?

Хьаннах, стенах лаьцна дуьйцу?

Хьаьнга, стенга хьовсур ду?

Хьаннал, стенал гIōле ду?

Мас а лā:

Мила ву? ХIу н ю? – легōвāла (кор – кораш ду)

Хьенан, стенан сурт ду, āла (коран – корийн сурт ду)

Хьанна, стенна ду вай рēза? (корана – корашна ду вай рēза)

Хьан, стен вайна гIо да н дēза? (коро – кораша гIо да н дēза)

Хьаьнца, стенца меттиг хуьйцу? (кораца – корашца меттиг хуьйцу)

Хьаннах, стенах лаьцна дуьйцу? (корах – корех лаьцна дуьйцу)

Хьаьнга, стенга хьовсур ду? (коре – корашка хьовсур ду)

Хьаннал, стенал гIоле ду? (корал – корел гIоле ду)

Билгалдаккхар-1. Байтин ритм ца талхо, и нийса еша хаа деза.

Цу тIе а доьгIна, кхузахь:

б) дийриг дожарехь хьа-стиē? аьлла, цхьа дош санна дешахь, нийса хуьлу, ткъа хьа? сте? аьлла шина даша юккъехь соцунгIа (пауза) яхь, ритм телха;

в) леговала бохург лēго хIотта, лēго дIаволало бохург ду, лелий вáла, меттахвáла, саттий вáла бохурш санна. Цуьнан транскрипци иштта ю [лиēгуōвāла].

Таханлерчу ишколийн программица нохчийн меттан цIердешнийн 4 (диъ) легар ду. Уьш къастадо цIердешнийн цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь йолчу чаккхенашца:

I. Хьалхара легарехь лору -ца чаккхе йолу цIердешнаш

II. ШолгIа легарехь лору -нца, -рца чаккхенаш йолу цIердешнаш

III. КхоалгIа легарехь лору -ица чаккхе йолу цIердешнаш

IV. ДоьалгIа легарехь лору -чуьнца чаккхе йолу цIердешнаш

К. -ца -ашца

ЦI. котам котам-аш

Дл. котам-ан котам-ийн

Л. котам-на котам-ашна

Др. котам-о котам-аша

К. котам-ца котам-ашца

Х. котам-ах котам-ех

М. котам-е котам-ашка

Дс. котам-ал котам-ел

Дл. -нан -нийн

Л. -нна -нашна

Др. -но -наша

К. -нца -нашца

М. -не -нашка

Дс. -нал -нел

ЦI. йоза йоза-наш

Дл. йоза-нан йоза-нийн

Л. йоза-нна йоза-нашна

Др. йоза-но йоза-наша

К. йоза-нца йоза-нашца

Х. йоза-нах йоза-нех

М. йоза-не йоза-нашка

Дс. йоза-нал йоза-нел

Дл. -аран -арийн

Л. -арна -аршна

Др. -аро -арша

К. -арца -аршца

Х. -арх -арех

М. -аре -аршка

Дс. -арал -арел

ЦI. наьI наьI-арш

Дл. наьI-аран наьI-арийн

Л. наьI-арна наьI-аршна

Др. наьI-аро наьI-арша

К. наьI-арца наьI-аршца

Х. наьI-арх наьI-арех

М. наьI-аре наьI-аршка

Дс. наьI-арал наьI-арел

КхоалгIа легарехь ларало цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь -ица чаккхе йолу цIердешнаш. Мас а ла: баба – бабица, дада – дадица, деца – децица, неца – нецица, йиша – йишица, ваша – вешица, шича – шичица, маьхча – маьхчица, бāжа – бāжица, къēда – къēдица; мача – мачица, жайна – жайница, жIала – жIалица, хьакха – хьакхица. КхоалгIа легаран чаккхенаш а масех вариант йолуш ю.

Л. -ина -ашна

К. -ица -ашца

М. -ига -ашка

ЦI. мач-а мач-аш

Дл. мач-ин мач-ийн

Л. мач-ина мач-ашна

Др. мач-о мач-аша

К. мач-ица мач-ашца

Х. мач-ех мач-ех

М. мач-ига мач-ашка

Дс. мач-ел мач-ел

Л. -ина -ешна

К. -ица -ешца

М. -ига -ешка

ЦI. жIал-а жIал-еш

Дл жIал-ин жIал-ийн

Л. жIал-ина жIал-ешна

Др. жIал-о жIал-еша

К. жIал-ица жIал-ешца

Х. жIал-ех жIал-ех

М. жIал-ига жIал-ешка

Дс. жIал-ел жIал-ел

ЦI. -а -арчий хьакх-а хьакх-арчий

Дл -ин -арчийн хьакх-ин хьакх-арчийн

Л. -ина -арчашна хьакх-ина хьакх-арчашна

Др. -о -арчаша хьакх-о хьакх-арчаша

К. -ица -арчашца хьакх-ица хьакх-арчашца

Х. -ех -арчех хьакх-ех хьакх-арчех

М. -ига //-е -арчашка хьакх-ига // -е хьакх-арчашка

Дс. -ел -арчел хьакх-ел хьакх-арчел

ЦI. -а -ар баб-а баб-ар

Дл -ин -еран баб-ин баб-еран

Л. -ина -арна баб-ина баб-арна

Др. -ас -ара баб-ас баб-ара

К. -ица -аьрца баб-ица баб-аьрца

Х. -ех -арах баб-ех баб-арах

М. -ига -аьрга баб-ига баб-аьрга

Дс. -ел -арел баб-ел баб-арел

Иштта легало дада, деца, неца боху дешнаш а. Тидаме эца, цхьадолу адам билгалдечу дешан Дийриг Дожарехь чаккхе -ас хилар.

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
Тахана шуна йовза йиш хир ю пхоьалг1ачу классан тема: ц1ердешнийн легарш.
Х1окху урокехь вай карладохур ду д1аяханчу урокехь 1амийна долу ц1ердешнийн дожарш, церан чаккхенаш. Кхетам лур бу ц1ердешнийн легарш муьлхачу дожарехь билгалдовлу.
Дожарш а, церан хаттарш а карладохур ду вай:
1. Ц1ерниг мила? муьлш? х1ун?
2. Доланиг хьенан? стенан?
3. Лург хьанна? стенна?
4. Дийриг хьан? стен?
5. Коьчалниг хьаьнца? стенца?
6. Хотталург хьанах? стенах?
7. Меттигниг хьаьнга? стенга?
8. Дустург хьанал? стенал?
Дош дожаршца хийцадаларх легар олу. Нохчийн маттахь диъ легар ду.
Ц1ердешнийн легарш цхьаллин терахьан коьчалниг дожаран чаккхенашца къаьста.
Дожарш
1-ра легар
2-ра легар
3-ра легар
4-ра легар
Ц1ерниг
Доланиг
Лург
Дийриг
Коьчалниг
Хотталург
Меттигниг
Дустург
къолам къоламан къоламна къоламо къоламца къоламах къоламе къоламал
б1аьсте б1аьстенан б1аьстенна б1аьстено б1аьстенца б1аьстенах б1аьстене б1аьстенал
ваша
вешин
вешина
вашас
вешица
вешех
веше
вешил

таллархо
таллархочун
таллархочунна
таллархочо
таллархочуьнца
таллархочух
таллархочуьнга
таллархочул

Х1окху таблицехь вайна го легийна дешнаш: къолам, б1аьсте, ваша, таллархо.
Тидам бе ц1ердешнийн коьчалниг дожарехь йолчу чаккхенийн.
Къоламца, б1аьстенца, вешица, таллархочуьнца.
Хьалхарчу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь – ца, -аца чаккхенаш йолу ц1ердешнаш.
Ткъа цхьадолчу дешнашкахь шеко кхоллуш хуьлу, чаккхе -ца язъян еза, я –аца язъян еза, и тайпа шеко ца хилийта вайн маттахь иштта бакъонаш ю:
Хьалхарчу легарна чудог1у ц1ерниг дожарехь чаккхенгахь мукъаза
элпаш Л, Р, М, Н долу ц1ердешнаш масала: мангал, кетар, тешам.
Лург, коьчалниг дожаршкахь иштта дешнийн чаккхенашна хьалха мукъа элп ца яздо.
Масала: мангал-мангална-мангалца, кетар-кетарна-кетарца, тешам — тешамна – тешамца
Къевлинчу цхьана дешдекъах лаьтташ долчу ц1ердешнашкахь лурггий, коьчалниггий дожаршкахь чаккхенна хьалха мукъа элп яздо.
Масала: бел-белана-белаца; стаг-стагана-стагаца
Шолг1ачу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь -нца,- рца чаккхенаш йолу ц1ердешнаш.
Масала:
Коьчалниг дожар: наб-наб(а)рца, гата-гат(а)нца
Кхоалг1ачу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь –ица чаккхе йолу ц1ердешнаш.
Масала:
Коьчалниг дожар: баба-бабица, деца-децица,
Доьалг1ачу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь –чуьнца чаккхе йолу ц1ердешнаш.
Масала:
дешархо-дешархочуьнца, хьехархо-хьехархочуьнца
1. Чаккхенаш билгалйохуш легаде ц1ердешнаш: болх, б1аьсте, ваша, таллархо.
Тидам бе коьчалниг дожарехь лаьтташ долчу ц1ердешнийн чаккхенашна, нийса хаттар а х1оттош.
Болх – (Стенца?) балхаца – цуьнан чаккхе – аца ю, иза вай ма-аллара хьалхарчу легаран чаккхе ю.
Б1аьсте – (стенца?) – б1аьстенца – чакхенгахь –нца го вайна, иза шолг1ачу легаран чаккхе ю.
Ваша (хьаьнца?) – вешица – кхузахь чакхенгахь –ица го вайна, иза кхоалг1ачу легаран чаккхе ю.
Таллархо (хьаьнца?) – таллархочуьнца – чакхенгахь –чуьнца ду, иза доьалг1ачу легаран чаккхе ю.
Х1ара таблица дагахь латтаяхь шуна атта хир ду ц1ердешнийн легарш довза а, церан чаккхенаш билгалъяха а.

Урок кечйинарш:
Гебаева Малика Руслановна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна


Ц1ердош. Ц1ердешнийн терахьаш а, классаш а, дожарш а.

Г1алаташ т1ехь болх. Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш.

II– ч1ийрик (17 сахьт)

Г1алаташ т1ехь болх бар. Текст. Текстан тема а.

Текстан коьрта ойла. Текстан ц1е тиллар. Текстан план х1оттор.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Ц1ердош. Ц1ердешнийн легарш. Цхьаллин терахь.

Ц1ерниг а, доланиг а дожарш.

Лург а, дийриг а дожарш.

Коьчалниг а, хотталург а дожарш.

Меттигниг а, дустург а дожарш.

Карладаккхар. Ц1ердешнийн дожарш.

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш..

Ill ч1ийрик (19 сахьт)

Билгалдош. Юкъара кхетам.

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.

Билгалдешнийн хьалхара легар.

Билгалдешнийн шолг1а легар.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Терахьдош. Юкъара кхетам. Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

Ц1ерметдош. Юкъара кхетам

Г1алаташ т1ехь болх бар. Т1еч1аг1дар.

Хандош. Юкъара кхетам. Хандешнийн хенашца хийцадалар.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Хандешан билгалза кеп.

Хандешан чаккхенга Н яздар.

Хандешан яхана хан.

Г1алаташ т1ехь болх бар.Хандешан карара хан.

IV ч1ийрик (15 сахьт)

Хандешан йог1у хан.

Хандешнех болу кхетам карлабаккхар.

Хандешнашца ца, ма нийсаяздар.

Г1алаташ т1ехь болх бар. (Шарахь 1амийнарг карладаккхар.) Дешан х1оттам.

Къамелан дакъош. Ц1ердош. Билгалдош. Терахьдош.

Ц1ерметдош.Хандош. Хандешан карарчу хенан чаккхенаш.

Изложени (уч. аг1о 161)

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1агдар.


-75%

Профессиональная компетентность педагогов в условиях внедрения ФГОС

Получите комплекты видеоуроков + онлайн версии










КТП по чеченскому языку для 4 класса (33.36 KB)

Читайте также: