План урока по чеченской литературе 4 класс къоьллел хьекъал тоьлла

Обновлено: 05.07.2024

Урокан 1алашо:туьйранан чулацаман к1орггера маь1на довзийтар ;дика а,вон а,хьарам,хьанал,ямартло,тешнабехк бохучу дешнийн маь1нина дешархой т1екхиор;Нохчийн халкъан барта кхолларалла мехала ларар;Даймахке а,нохчийн матте а болу безам алсамбаккхар,дешархойн къамел кхиор.

Белхан г1ирсаш: киншка,карточкаш,компьютер,экран,слайдаш.

I. Маршалла хаттар. Урокана кечам бар.

Шуьга ду маршала

Могуш –маьрша шу гар-

Дийнан беркат ду.

1илмане шу кхийдар-

Мах боцу совг1ат.

II.Ц1ера болх таллар.

1.Х1ун хаьа вайна х1окху туьйранехь вийцинчу стагах лаьцна?

2.Х1ун къевсира воккхачу стага а,совдегаро а?

3.Муха йола аьлла кхиэлахочо йо1е?Д1аеша и меттиг.

III.Тобанашкахь болх байтар.(слайд №9 ,10,11,13,14)

1-ра тоба- Кхиэлахочо т1едиллинарг муха кхочушдина совдегаро? 2-г1а тоба- Уггаре ерстинарг гуьйре х1унда ю аьлла хета шуна? 3-г1а тоба- Хазаниг я аьлчи б1аьсте олий жоп х1унда ло йо1а. Муха кхета шу цуьнах? 4-г1а тоба- Уггар масаниг (ойла) ю х1унда аьлла? Цуьнан маь1на де.

IV. Керла тема йовзийтар.

Хьехархочо д1айоьшу текст шера, къаьсташ, кхетош.V. Сада1аран миноташ.(слайд №16)

VI. Тобанашкахь болх.

1-ра тоба-Кицнаш вовшах таса.

2-г1а тоба- Дешнашна синонимаш а ,антонимаш а даладе.

3-г1а тоба- Нохчийн а,оьрсийн а маттахь фразеологизмаш даладе.

4-г1а тоба-Дайна элп дилла.дешнаш оьрсийн матте даха.

VII. Урокан т1еч1аг1ъяр.

Сурт х1оттор. (сценка)

4.Йоь1ан хьекъало толам баккху.

VIII. Урокан жам1 дар. Рефлекси.

Чекхъяккха предложенеш Суна урок………………Тахана суна урокехь хиира…Ас тахан бинчу балхана со реза………..Хадабе шаьш бинчу белхан мах.(вовшийн мах хадабойту)Ц1ера болх: аг1о.82-86 еша,барта схьайийца.

Баркалла массарна а! Дела реза хуьлда!

Нийса вовшах таса кицнаш.

Коьртехь хьекъал ца хилча,……къамел доца хир ду.

Кхоччуш хьекъал долчуьнан ……цкъа а хир дац.

Ткъа шарчохь ца хилла хьекъал…..когаш къа хьоьгу.

Хьекъал долчу коьртехь,….хьекъал а лара.

Стеган хазалла ца лоруш,дикалла а….куралла хир яц.

Нохчийн а,оьрсийн а маттахь даладе фразеологизмаш.

Дайна элп дилла.

Туь…ра, кхи…лахо, с…вдегар, хьекъ..л,з1ок…еттарг,гуь…ре,юьстах…юьйлу.

Оьрсийн матте даха дешнаш:

1 тоба-Кхиэлахочо т1едиллинарг муха кхочушдина совдегаро?

2 тоба-Уггаре ерстинарг гуьйре х1унда ю аьлла хета шуна?

3 тоба-Хазаниг я аьлчи б1аьсте олий жоп х1унда ло йо1а.Муха кхета шу цуьнах?

4 тоба-Уггар масаниг (ойла) ю х1унда аьлла? Цуьнан маь1на де.

Алсам дешнаш х1иттаде.

Посмотрите также:

Наверх Бесплатные презентации по различным предметам, 2016—2019
Все права на материалы, находящиеся на сайте, принадлежат их авторам. Все презентации были собраны из открытых источников.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

2.1алашо йовзийтар.

3.Керла туьйра довзийтар.

1.Хьехархочо д1адоьшу туьйранан 3-г1а дакъа.

Овкъарш-дечиг дагийча бухахь юьсу х1ума,

3. Чулацамах къамел дар.

-Муха ц1а кхечира миск стаг?Цо стенан ойла йора?Хьаьнга дуьцу цо шена т1едиллинарг?

-Йо1а х1ун олу шен дега?Муха йоьду иза кхиэлахо волчу?Х1ун дира йо1а хьозанна?

-Х1ун хаьттира кхиэлахочо йо1е?Ткъа йо1а?

-Йо1а кхиэлахочуьнга юха х1унда дуьйцуьйту ша т1едиллинарг?

-Х1ун олу цуьнан жоьпана кхиэлахочо?

-Х1ун 1оттар йо йо1а кхиэлахочунна?

4.Сада1аран миноташ.

5.Бераша д1адоьшу туьйра.

-Дахарехь хила тарлой ишттаниг?Ахь х1ун эр дара совдегаре?Кхиэлахочуьнга?

-Х1унда дара кхиэлахочунна бакъ луьйш верг каро хала?

6.Къастош ешар.

-Муха яхара йо1 кхиэлахо волчу? Д1аеша и кийсак.

-Х1ун дара йо1ана кхиэлахочо т1едиллинарг? Д1адеша.

-Ян мА йола , ца йог1уш мА 1е аьлча х1ун дийр дара боху йо1а ша?Д1адеша.

-Муха кхиийна боху йо1а ша? Д1абеша и мог1анаш?

-Х1ун дара шуна гуттар а хазделларг?

Нажмите, чтобы узнать подробности

Кхочушдан лерина жам1аш:

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна хуур ду белхан дика кхиамаш хир болу г1ирс билгалбаккха , цунах пайдаэца. Хьехархочун г1оьнца шен билгалйина тема дика 1аморехь план х1оттор, цуьнан рог1аллица кхиамаш баха.

Коммуникативни: дешархошна хуур ду хьехархочун хаттаршна бух а болуш жоьпаш дала(текста юкъара, шайна гинчух масалаш а далош). Берашна хуур ду шайн хетарг къовса , т1еч1аг1дан, къамел д1адахьа.

Познавательни: берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург лаха. Берийн ойланех кхуьур ю адамийн амалехь мехалла йолу ойланаш: 1аламе безам, цуьнан хаза суьрташ гар, царех ваккхийвер.

3. Личностни: берийн хьекъалех гуллур ю адамийн амалехь оьшу мехалле аг1онаш : 1аламе безам, цуьнан хазалла ган лаам.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

3. Мотт шарбар. Меттан говзалла кхиор.

Уьн т1е д1аяздо.

Т1ах-т1их-т1ахь, т1ах-т1их-т1ахь,

Акхарой ю т1улга т1ехь

Дийнахь сарралц шаьш хестош,

Ирах кхуьйсуш, т1улгаш лестош.

- Массарел со дера ю, -

Хестамаш беш ча ма ю.

Мекарчу цу цхьогало

Х1илланца до инкарло.

Борз ю къерзош буьрса б1аьргаш:

- Кхин аш щаьш-шайн хестадахь,

Ийзор ду ас шун лергаш!

4.1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев).

-Стенах лаьцна хир ду и дийцар? Дийца шайна хетарг.

-Х1ун болх бийр бу вай и дика 1амо? Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

5.Керла тема хьехар.

Чулацамах кхетор.

-Хьенан ц1арх д1ахьуш ду дийцар? (Авторо шен ц1арах).

-Шеран муьлха зама ю цу т1ехь юьйцург? (Гуьйре ).

-Муха ю арахь? (Шийла ю).

-Х1ун яра ток йолчу серашна т1ехь? (К1ац яра).

-Мичахь яцара к1ац? (Органна т1ехула долчу сераш т1ехь яцара к1ац).

-Х1ун хиира цу т1е? (Ч1ег1аг).

-Х1ун дира ч1ег1аго? (Цок хин а олхазарш гулдира цу сера т1е).

-Х1ун бахьана дара уьш оцу серана т1е гулдаларан?(Буьйса а, 1уьйре а шийла хилча , Органна т1ехула долу х1аваъ мела хуьлу, цу т1ехь к1ац ца соцу, и хууш гулделлера олхазарш цига).

-Шун реза дуй оцу дешнашна? Шу хиллий ишттачу х1уманан тидам? Дийца цунах лаций.

5. Сада1аран миноташ.

- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

- Х1орда чохь со лелара,

К1орнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до моттуьйтуш, куьйгаш д1аса а лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, aгlop доьрзуш.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

Къастош ешар.

-Д1адеша ч1ег1аг Органна т1ехуларчу сера т1е ярах лаьцна долу дакъа.

-Муха ялийра цок хин масех ч1ег1аг? Д1аеша к1айдарг.

-Муьлха олхазарш гулделира цу т1е? Д1аеша к1айдарг.

-Муха схьакхийтира малх? Д1адеша цунан хазалла юьйцуш долу дакъа.

-Х1ун бахьана дара уьш цу т1ехула гулдаларан? Д1аеша к1айдарг.

Кхоллараллин болх.

-Шайна хазахетачу к1айдаргана иллюстрации йилла . Цунна дог1у дакъа д1аязде.

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси шу ца кхеташ?

-Муьлха произведении йийшира аша? Мила ву цуьнан автор? Стенах лаьцна ю иза?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дешархошна хуур ду произведенин чулацам стенах лаьцна хир бу хаа.Дешархошна хуур ду хезаш еша т1аьхь-т1аьхьа шайн дагахь ешар т1е а бовлуш. 1емар ду шаьш юха йоьшуш ,хьалха даьхна г1алаташ ган , уьш нисдвн.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна 1емар ду шайн болх кхиамаш хир болчу кепара д1анисбан. Шайн кхиамийн мах хадо, бахьнаш довза , царех пайдаэца.

Коммуникативни: берашна хуур ду ешначу произведене, цуьнан коьртачу маь1нех лаьцна шайна хетарг ала. Учебника т1ехь деллачу хаттаршна жоьпаш каро.

Познавательни: берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Ешначу произведенин коьрта маь1на довза , цунах кхета. Текста юкъахь коьрта(чулацамах дерг шайна чохь долу) дешнаш каро, царех пайдаэца.

3. Личностни: берийн ойланехь кхуьур ю адамийн амалехь хуьлу мехаллин аг1онаш: 1аламе безам , цуьнан доладан лаам.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

3. Мотт шарбар.

Уьн т1е д1аяздо.

Мархий, 1алхий ловзош аьлха, боьлхуш бара лаха Ваха.

-Д1адеша чехкаалар меллаша шайн дагахь. Хезаш деша. Чехка д1адеша.

4.1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Окуев).

-Стенах лаьцна хир ю произведени?

-Х1ун болх бийр бу аша иза дика 1амийта? Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

5.Керла тема хьехар.

Хьехархочун дош.

Шима Окуев -нохчийн яздархо ву.

Цунах лаьцна ала хала ду. Иза ч1ог1 корматалла йолуш стаг хилла. Цунна ч1ог1а дукхабезаш хилла шен жима Даймохк-Шуьйта, шен хазачу чехкачу татолашца, луьстачу хьаннашца, ц1еначу шовданашца, догц1еначу адамашца.Безаш хилла цундела наггахь бен цигара д1аса ца волуш хила иза.

Шен Даймохк дукхабезар хоуьйтуш цо ялош хилла х1ара притча.

Ш. Окуев нохчийн яздархо, прозаик ву.

Иза вина 1937 шарахь Г1алахь.Цуьнан да цу хенахь просвещенин системехь болх беш хилла. Амма г1алахь иза дукха ца ваьхна. Шен кхо шо каьчча иза махкахваьккхина Казахстане хьажийна. Цигахь цо чакхъяьккхина школа.

Шимас дозалла дан мегар дара шен дайх.Цуьнан дедена Орцина дика вевзаш хилла обарг Зеламха.Цо цунна хьошалла деш хилла шен ц1ахь, цунна цхьацца г1уллакхаш т1ехь ойлаян г1о деш хилла.Цуьнана деваша Беца прапорщик ша воллушехь , цунна цхьацца г1уллакхаш т1ехь г1о деш хилла.Окуев дена а гина хилла Зеламха. Иза ловзуш хилла цуьнца.

Ш. Окуев кхелхина шен 49 шо долуш 1986 ш.

Эсарца,эсар –йис.

Патаршца , Патар - 1) бутон, 2) пух козий, 3) побег, росток.

Дин- говр.

Чулацамах лаьйна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю автора юьйцуш ерг? (Гуьйре).

-Муха кхета шу оцу мог1анах? (Гурахь гуьрено барт бича сана сих-сиха юьллу йис).

-Муха хуьйсу зезагаш? (Буо-бер сана, бос баьхьна).

-Шун х1ун тидамаш гулбелла гуьйренан хийцамех? Дийца царех лаций.

6. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, меттахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

7.Керла тема хьехар.

Нийса ешарехь болх бар.

-Муьлха дог-ойла хуьлу шун и стихотворении ешча? (Г1айг1ане хуьлу).

-Муьлхачу озаца еша еза иза? (Лахдинчу озаца).

-Муьлха дешнаш къасто деза йоьшуш? (Т1аьххьара дерш. Царна т1е тидам бахийта беза).

Бераша шаьш хьалха йоьшуш даьхна г1алаташ нисдеш йоьшу.

8. Рефлекси.

-Муьлхачу дог-ойланца ерзайо аша урок? Йилла смайлик.

9. Жам1 дар.

-Муьлха произведении йийшира аша?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хаьа шуна Ш.Окуевх лаьцна?

10. Ц1ахь бан болх балар.

1алашо: бераша карлабохур бу чакхдаьллачу декъах болу хаамаш. Накъосташна хетарг лера , царна хетачуьнга ладог1а, шена хетарг бакъдан. Берийн алсамдер ду ойлаяр, къамел, хьекъал,тидам бар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: шена еша книга харжа хаар, д1агайтинчу книгаш юкъара. Шен ешаран корматаллин бах хадо хуур ду.

2. Метапредметни:

Регулятивни: урокан 1алашо билгалъяккха хаар, и кхочушъян некъаш каро хаар. Дешархошна хуур ду шайн болх кхиамаш бохур болчу кепара д1анисбан, цуьнан мах хадо.

Коммуникативни: берашна 1емар ду вовшаца къамел д1адахьа ,хаттарна вовшашца дагабовларца жоп лаха. Книги т1ехь жоп лаха, цунах пайдаэца.

3. Личностни: берийн алсамдер ду коллективехь вазавалар,иэвалар.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Ц1ера болх таллар.

3. 1алашо йовзийтар.Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

-Бераш , учебникан хьалхара дакъа чакхдели. Тахана вай йийр ю ша-тайпана урок. Амма цкъа хьалха шуна каро деза еък1овш чохь д1аловчкъина дешнаш.


РАБОЧАЯ ПРОГРАММА

ПО УЧЕБНОМУ ПРЕДМЕТУ «ЛИТЕРАТУРНОЕ ЧТЕНИЕ

КОСУМОВОЙ АЙШАТ ЗАЙНАДИЕВНЫ

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

белхан программа х1оттийна хIокху документийн бух тIехь:

Примерная основная образовательная программа начального общего образования (одобрена решением федерального учебно-методического объединения по общему образованию (протокол от 8 апреля 2015 г. № 1/115);

Учебный план образовательного учреждения на 2020/2021 учебный год.

Литературни ешар - юьхьанцарчу классийн предметашна юккъехь коьртачарах цхьаъ ю. Нохчийн матто санна, цо а 1амадо бер шера а, нийса а яздан, аьтто бо юккъара кхиарехь а, г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш т1ехь кхиош а. Х1окху предметехь кхиамаш бахаро таро ло берана юьхьанцарчу школан вукху предметашца ларош деша.

1 класс- 66 сахьт (33 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

2 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

3 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

4 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

Программа лерина ю 4 шаранна.

ПРЕДМЕТ 1АМОРАН 1АЛАШОНАШ

-кхетаме, нийса, шера къастош еша;

-ша йоьшучу текстан а, цуьнан чулацамца йолу шен юкъаметтиг а билгалйоккхуш болчу къастош ешаран коьртачу г1ирсех (соцунг1а, интонаци, маь1нин тохар, ешаран чехкалла) пайда а оьцуш, еша;

-дешаран книгин чулацамах кхиар, шенна справочни аппаратах пайда эца хаар (т1етовжар, корта, абзацаш и д1. кх. а.);

-исбаьхьаллин -кхоллараллин а, х1ума довзаран а хьуьнарш шегахь кхиор, исбаьхьаллин произведенино шена бина т1е1аткъам шен синхаамашца бовзийтар; дешан исбаьхьалле йолу эстетически юкъаметтиг кхиор;

-исбаьхьаллин текстан г1ирсашца синъоьздангаллин мехаллаш юьхьанцарчу классийн дешархошкахь кхиор; дика а, вуо а къасто хууш, кхидолчу къаьмнашка лерам болуш кхиор.

Юьхьанцарчу школехь литературни ешаран коьрта 1алашо - иза шена оьшшу книга харжа хаарца а, и кхеташ ешарца а ша-шен терго яран дешар карадерзоран хьуьнарш шегахь кхиор ю. Цу г1уллакхана ох1ла хилар билгалдолу ешначух кхеташ, дика еша хаарехь, книгаш йовзарехь а, шенна харжа хаарехь а, шен синъоьздангалла лакхаяккхарехь книга оьшуш хиларх кхетам кхиъна хиларехь а.

ПРЕДМЕТ 1АМОРЦА ДОЬЗНА ДОЛУ ЖАМ1АШ

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза личностни жам1аш:

Россин юкъара этнически а, граждански а цхьааллаш кхиор, вуьшта аьлча

ша муьлхачу къоман векал ву а, Россин пачхьалкхан гражданин ша хилар а кхетор; юкъара российски а, граждански а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а мехаллаш шегахь кхиор;

-исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь шегахь адамаллин а, демократически а мехаллаш кхиор;

-шен къоман культурех, бусулба динах а долу хаарш хилар, кхечу къаьмнех а, церан культурех, динах лаьцнарг а девзаш хилар; кхечу къаьмнийн культуре а, динца доьзначу ламасташка а ларам шегахь хилийтар;

-шен къоман г1иллакхаш а девзаш, кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а, динца а йоьзна йолу юкъаметтигаш ларъян хаар;

-доьзалан ламасташка тергаме хила везар шегахь кхиор,

1алам лардан а, шен а, нехан а могушалла ларъян езарх кхеташ хилар;

-таханлерчу дуьненахь вахаран 1алашонца шен амал кхиор; шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а девне ца вуьйлуш, машаре ваха болу лаам шегахь кхиор;

-дешархочун социальни декхарш карадерзор; дешаре лаам кхиор; дешар шена оьшуш хиларх кхетар;

-къоман а, кхийолу а литература ешарца синъоьзданагаллин мехаллаш а, эстетически синхаамаш шегахь кхиор.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза метапредметни жам1аш:

-дешаран 1алашонех а, декхарех а кхеташ хилар, кхоллараллин кепара хьесапаш кхочушдар;

-шена хьалха х1оттийнчу декхаре хьаьжжина, дешаран декъехула билгалдан леринарг къасто а, цуьнан мах хадо а, и кхочушдархьама эвсаре некъ харжа а хаар;

-ша баьхначу кхиамийн бахьанех кхеташ хилар шегахь кхиор (ткъа иштта цададаларан бахьанех а, иза лазаме ца долуьйтуш т1еэца хууш а хилар;

-коммуникативни а, х1ума довзаран а декхарш кхочушдаран 1алашонца меттан г1ирсех пайда эцар;

-дечун логически кепаш (дустар, анализ, юкъара маь1на дар) караерзор;

-кхечу къаьмнийн нийсархошца цхьаьна дечу г1уллакхашкахь юкъара 1алашонаш билгалъяр, хьан, х1ун дийрду къастор, цаьрца цхьаьна тергам латтор, ша а, вукхара а дечун цхьанакепара мах хадор; девне ца дерзош, 1оттаме дерш д1адерзор, ларамца т1еэцар кхечу къомах волчун амалехь дерг;

-базови предметийн кхетамаш, кхечу предметашца боьзна кхетамаш а караберзор, шен предметца уьш буозар.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза предметаца доьзна долу жам1аш:

-къоман а, дуьненан а, культурийн хилам а, синъоьздангаллин мехаллаш, ламасташ лардаран а, кхид1а а д1акховдоран г1ирс санна литературех кхетар;

-ша-шен кхиарехь ешаран мах лакхара хиларх кхетар; виллина йоьшуш хила везаш хилар болу лаам шегахь кхиор; дуьненах а, къоман исторех а, культурех а болу кхетамаш кхиор; юьхьанцара г1иллакх-оьздангалла кхиорехь литературо д1алоцу меттиг къасто а, дика а, вуо а х1ун ду хууш хилар;

-х1унда еша еза бохучух кхеташ хилар, цу декъехь тайп-тайпанчу ешарх пайда эцар;

-дешаран а, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин тексташ ладог1арца т1еэца а, кхеташ еша а, цхьанатайпана царах кхета а хууш хилар; стихотворенин кепехь йолу тексташ къастош ешаран юьхьанцара хаарш карадерзор;

-прозаически исбаьхьаллин произведенеш юхасхьайийца а, церан чулацамах долчу хаттаршна жоьпаш дала а, ешначу дешаран, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин текстийн бахьанин-т1аьхьалонийн з1енаш къасто а хаар карадерзор;

-меттан бакъонаш а ларъеш, йозанехь а, барта а доцца дийцарш х1итто хаар карадерзор;

-хьайца къамел деш волчуьнга а ладог1а а, цо дуьйцучуьнца реза вацахь а, делил далорца айхьа бохург т1еч1аг1дан а, г1иллакхехь вистхила а, диалог д1аяхьа а хаар карадерзор;

-исбаьхьаллин текстийн башхаллийн дуьхе а кхуьуш, дешаран, 1илманан, исбаьхьаллин тексташ вовшех къасто хаар;

-ешначу исбаьхьаллин, 1илманан, дешаран текстийн теманах, коьртачу маь1нах кхеташ хилар; исбаьхьаллин текстехь балийна меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, яздархочо мича 1алашонца уьш юкъа балийна а хаар;

-ша ешначу исбаьхьаллин произведенин мах хадо а, цунах лаьцна шена хетарг ала а хаар;

-ешначу текстехь йолу синъоьздангаллин мехаллаш йовзийта а, уьш шегахь кхио а хаар;

-оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин произведенийн персонажаш (дакъалацархой) вовшашца буста а, церан амалехь, г1уллакхашкахь цхьаьна дог1ург схьа а лохуш, царна харакатеристика яла а, цаьрга шен болу хьежам гайта а хаар;

-шена хаза хета книга шенна схьахаржа а, т1ебузучу хаамийн справочни хьостанех пайда эца а хаар.

Читайте также: