План урока по чеченской литературе 2 класс г1иллакх хатуев 1абдул хьамид

Обновлено: 30.06.2024

Оценить 231 0

Билгалбаьхна кхиамаш:

дешархошна хаьар ду байтийн чулацаман мах хадо; хезаш еша « белхан план х1отто,ешаран 1алашонаш йовза; Берашна 1емар ду диканиг довза, вочух ларвала.Бераша ойлайир ю шайн г1алех а , махках а долу дозаллех.

Билгалбаьхна кхиамаш:

Бераша шайн белхан план х1отто хаьар ду; берашна 1емар ду шайна хетарг ала, вовшех дагабовла; берашна хаьар ду кхеташ ч1ога , хезаш еша, берашна хуур ду къастош еша, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар

Аг1о 92-93 еша

2.1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени йоьшур ю вай Тахана?Х1ун болх бийр бу вай иза толлуш?

3.Мотт шарбарехь болх бар.

-Д1адеша чехкаалар меллаша, т1аь-т1аьха чехкадовлуш.Д1агахь ала.

Букъ к1айн къиг, мукъ буткъа урс

4.Керла тема хьехар.

аь)Чулацамах лаьцн къамел дар.

-Стенах лаьцна ю байт?

-Стенца дусту яздархочо г1алийн хазалла?

-Хьа дуьллу г1алийн чу дог? Муха кхета шу цу дешнех?

-Шу хилли вайн г1али чохь?

-Х1уда мегар ду вайн г1алех вай дозалла дан?

-Дийца шайн вайн г1алийна уггаре хазахетарг?

5.Сада1аран миноташ.

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, цасоцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.

6)Керла тема кхин д1а ахьехар.

--Стенах лаьцна ю стихотворени?

-Д1абеша байтан т1аьххьара барх1 мог1а.

- Дийца, царах муха кхета шу.

Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?

-Муьлха байт д1айиши вай?

-Стенах лаьцна яра иза?

-Мила ву цуьнан автор?

9.Ц1ахь бен болх .

Аг1о 93-94 дагахь 1амо.

У вас недостаточно прав для добавления комментариев
Чтобы оставлять комментарии, вам необходимо авторизоваться.
Если у вас еще нет учетной записи на нашем сайте, предлагаем зарегистрироваться.
Это займет не более 5 минут.

Для скачивания материалов с сайта необходимо авторизоваться на сайте (войти под своим логином и паролем)

Если Вы не регистрировались ранее, Вы можете зарегистрироваться.
После авторизации/регистрации на сайте Вы сможете скачивать необходимый в работе материал.

Заказать рецензию на методическую разработку
можно здесь

Интересный конспект, но перед тем, как начать выполнять работу, детям нужно предложить размять пальч. Подробнее.

Уважаемая Любовь Ивановна! Замечательно, что Вы делитесь своими наработками, но смею заметить, что п. Подробнее.

Актуальность воспитания гражданственнос ти и патриотизма обусловлено процессами в обществе. Патриоти. Подробнее.

В статье говорят о соблюдении требований к охране слабого зрения. Правила бережного отношения к глаз. Подробнее.

До школы ребенок усваивает огромное количество информации. В это время активно развивается речь, что. Подробнее.

Пройдите курс дополнительного образования по теме: Оказание первой помощи в образовательных учреждениях

Оказание первой помощи в образовательных учреждениях Пройти обучение

Благодарность руководству образовательного учреждения за поддержку и развитие профессионального потенциала педагогического работника

Диплом за отличное владение и эффективное применение современных педагогических методик в условиях реализации ФГОС

  • Свидетельство о регистрации средства массовой информации ЭЛ № ФС 77 — 58841 от 28 июля 2014 года выдано Федеральной службой по надзору в сфере связи, информационный технологий и массовых коммуникации (Роскомнадзор).
  • Лицензия на осуществление образовательной деятельности № 4276 от 19.11.2020 года. Серия 78 ЛО № 0000171 Выдана Комитетом по образованию Правительства Санкт-Петербурга
  • В соответствии с Федеральной целевой программой развития системы образования на 2011–2015 гг. и проектом концепции федеральной целевой программы развития образования на 2016–2020 гг.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Арсанукаев Шайхин стихаш зорбане йийлина оьрсийн, украинийн, казахийн, дуккхачу кхечу кьаьмнийн метнашкахь. Цо ша а дукха къахьоьгу вежараллин къаьмнийн литературан тоьлла произведенеш нохчийн мате гочъеш. Арсанукаевс, хьакъ а йолуш, лелайо халкъан поэтан сийлахь ц1е.

Бадуев Са1ид Сулейманович

Бадуевн кхоллараллин некъ 10 – 12шаре бен бах ца Белла. Цуьнан дахаран некъ хаьдда 1937ш. Гулагехь. Оцу йоццачу хенахь Са1ид язъян ларийна иттаннаш дийцарш, повесташ, поэмаш. Иза ву пхийтта сов пьесин автор.

Бадуев Са1ид нохчийн литературан бухбиллархо ву.

Бадуев Саид- Селих Сулейманович

нохчийн г1араваьлла яздархо прозаик, драматург ву . Иза вина 1904 шарахь Соьлжа – Г1алахь совдегаран доьзалехь.

Бадуевн ц1арца доьзна ду гуттара нохчийн литературехь болу кхиамаш. Амма Бадуевн кхоллараллин некъ ч1ог1а хала бара. Цуьнан язъян йиш хилира Октябрьски революции хиллачул т1аьхьа.

Бадуевс дешна 1922 шарахь кооперативни курсашкахь, хьехархойн курсашкахь.К1еззигчу хенахь болх бо хьехархочун даржехь,цул т1ехьа ша вериг д1ало литературина.

Бадуев кхелхина 1937 шарахь.

1умар Эдилсултанович Гайсултанов

-нохчийн сийлахьцу яздархойх цхьаъ ву.

Гайсултанов 1умар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун доьзалехь.Гайсултановс шеен произведенеш леррина берашна язйина, цундела ву иза берийн яздархо.

Юьртара школа чекхъяьккхина Гайсултановс доьшу рабфакехь.

1941 шарахь эскаре воьду Гайсултанов. Цу хенахь цо дакъа лоцу луьрачу т1амехь.1943 шарахь ч1ог1а чов а хуьлий эскарера мокъавуьту 1умар.Иза д1ахьажаво Сибрех, кхузахь бара цуьнан доьзал. Болх бан волало Киргизийн финансови органшкахь.

Гайсултановн коьрта теманаш –берийн дахар, церан г1уллакхаш, царна хазделларг.Уьш ешча вайна шуьйра гучудолу цо берийн амалаш дика 1амийна хилар.

Нохчийн мотт талла ша ишколехь доьшуш дуьйна волавелла Зайнди. Ткъа ойла тIеяхийттина болх бан волавелира ишкол чекхъяьккхича. Нохчийн меттан морфологин талламан белхаш цо дIабаьхьира СССР–н Iилманийн Академин меттан институтан профессоран Яковлев Николай Феофановичан куьйгаллица. Нохчийчуьрчу къоначу талламхочунна Iаламат доккха гIо–накъосталла дира оцу воккхачу Iилманчо. Н.Ф. Яковлевн гIоьнца язйира Джамалханов Зайндис

Дикаев Мохьмад нохчийн г1араваьлла яздархо ву.

Дикаев Мохьмад вина 1941-чу шеран 1-чу сентябрехь. Нохийчоьнна иза велларг ю Соьлжа – Г1алина гена йоццуш 1уьллуш йолу юрт. 1959-чу шарахь иза деша волало Нохч – Г1ал1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, историн – филологин факультетехь, 1963 –чу шарахь кхиамца и чекх а йоккхий, циггахь хьехархочун балхахь вуьсу. Оццу шерашкахь Мохьмад вевза поэт санна а. Доккха пох1ма долу дешан пхьар сиха билгалволу.

Цуьнан шатайпа пох1ма билгалдоккху г1арабевллачу поэташа А. Твардовскийс, Н. Тихоновс, М Мамакаевс. Халкъо езаш т1еоьцу М. Дикаевн поэзии. Ларамаза дацара цуьнан дукхах йолчу байтех халкъан иллеш хилар. Хеназа хаьдда поэтан дахар. Дикаев Мохьмад кхелхина 1979 шеран 29 октябряхь.

Зайнап Сулейманова

- нохчийн берийн яздархо ю.

Зайнап Сулейманова йина семипалатинсан областерчу аксаковка ц1е йочу юьртахь.Урус- Мартанехь чакхйоккху юьртара школа.Цул т1аьхьа чакхйоккху Нохч.Г1алг1айн хьехархойн институт.Зайнапа белхаш бо хьехархочун даржехь.Цул т1аьхьа 20 шарахь республикан книжни издательствехь.Кхузахь цо караерзайо масех корматалла корректорна т1ера редакторна т1е кхаччалц.Дукхах йолу хан цо д1аелла берашна туьйранаш яздарна.

Зайнапан да нохчийн г1араваьлла яздархо Сулейманов А . ву.

Зайнапан дай наний иза жима йолуш д1асхьакъаьстина хилла. Иза кхаьбна шеен денана.

Денанас хазачу аренга йуьгуш 1аламан хазаллин тидам бойтуш , цуьнан къайленаш йовзуьйтуш хилла зайнапана.Уггар ц1ог1 цунна лаьаш дерг ша жима йолуш кхечу кмахкашкахь хилар, яздар ду. Зайнапана ч1ог1а хазахеташ хилла нохчийн шира дийцарш, протчаш, кицанаш, туьйранаш.Царана т1ера д1аболабелла цуьнан яздархочун некъ.

Зайнапан шеен доьзал бац.Таьххьарчу заманахь хилчу т1амао чуяха ц1а доцуш йитина Зайнап. Амма Зайнап х1умма оьшуш яц, шеен яздаран г1уллакх хилчахьна.Иза ехан ю ша кхоьллинчу тамашенан туьйранан дахарехь. Иза ирсе ю цу туьйранашкахь болу турпалхой ирсе хилчахьана


Мамакаев 1аьрби-нохчийн сийлахьчу яздархойх цхьаъ ву.

Вина 1918 шеран 2 декабрехь Теркайистехь, Лаха – Невре ц1е йолчу юьртахь.

Мамакаев 1арбин кхолларалла коьртачу шина муьре екъало: хьалхара мур – 1934шарера 1944 шаре кхаччалц язйина йолу произведенеш, шолг1а мур - 1945 – 1958 шерашкахь язйинарш.

Мамакаевн кхоллараллехь кортачех цхьаъ хуьлий д1ах1утту даймехкан тема. Царах цхьаерш ю х1орш: « Даймохк « ( 1958 ), « Кавказан латта « (1958 ) и д1. кх. а.

Йоккха меттиг д1алоцу Мамакаевн кхоллараллехь цуьнана иллеша а, эшарша а. Оцу эшарашкаххьий, иллешкаххьий ма - ярра гучуелира поэтан ша – тайна йолу говзалла а, цуьнана шеен башхаллаш хилар а. 1арбис кхоьллина дуккха а лирически эшарш. Уьш 1аламат исбаьхьа а, мукъамца атта алалуш а, кхин а атта дагахь 1емаш а ю. Мамакаевн кхолларалла нохчийн халкх кхеташ а, цунна 1аламат гергара а, цо лерина а ю.

Поэтан цхьамог1а стихотворенешхалкъо ша кхоьллина фольклорни иллеш а, эшарш а санна лоруш т1еэцна.

Нохчийн халкъана хьоме а, сийлахь а волу поэт шеен кхоллараллин ницкъаша угар зазадаьккхинчу хенахь 1958 шарахь вела, амма цуьнана ницкъ болу поэтически дош дехар ду.

Мамакаевн кхоллараллехь кхиа а кхпъна, кхуьуш бу нохчийн поэташ, цара баркаллица ц1е йоккху поэзехь шайн хьехархочун – Мамакаев 1арбин. Шен халкъана даггара г1уллакх дарехь вайн къоначу поэташна мехала масал ду цуьнана дахар

Вина 1910 ш, декабрехь Т1ехьа – Мартант1ехь. Хьалхе байлахь висна берийн ц1ийнехь кхиъна. Цуьнан стихеш зорбане йийла юьйлаелла 1926 ш. дуьйна. Мамакаевн дуьххьарлера поэтически сборник араяьлла 1930 ш.

Цигара ц1авирзинчул т1аьхьа 1962 шарахь дуьйна ша дийна мел ву

Кхелхина 1973 ш.

Мамакаев Мохьмад Амаевич (16 декабрь-1910-2 август 1973)-нохчийн г1араваьлла яздархо ву.

Мамакаев Магомета леррина берашна ца язйина шеен произведенеш, амма цуьнан произведенешкахь дукха а х1умнаш ду берашна хаадезаш.

Мамакаевн произведенеш шеен халкъ дукхадезарх, Даймохк дукхабезарх, 1алам дукхадезарх юьзна ю.


РАБОЧАЯ ПРОГРАММА

ПО УЧЕБНОМУ ПРЕДМЕТУ «ЛИТЕРАТУРНОЕ ЧТЕНИЕ

КОСУМОВОЙ АЙШАТ ЗАЙНАДИЕВНЫ

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов. Дешаран книжка.

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

белхан программа х1оттийна хIокху документийн бух тIехь:

Примерная основная образовательная программа начального общего образования (одобрена решением федерального учебно-методического объединения по общему образованию (протокол от 8 апреля 2015 г. № 1/115);

Учебный план образовательного учреждения на 2020/2021 учебный год.

Литературни ешар - юьхьанцарчу классийн предметашна юккъехь коьртачарах цхьаъ ю. Нохчийн матто санна, цо а 1амадо бер шера а, нийса а яздан, аьтто бо юккъара кхиарехь а, г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш т1ехь кхиош а. Х1окху предметехь кхиамаш бахаро таро ло берана юьхьанцарчу школан вукху предметашца ларош деша.

1 класс- 66 сахьт (33 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

2 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

3 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

4 класс-68 сахьт (34 к1ира, ши сахьт к1иранчохь)

Программа лерина ю 4 шаранна.

ПРЕДМЕТ 1АМОРАН 1АЛАШОНАШ

-кхетаме, нийса, шера къастош еша;

-ша йоьшучу текстан а, цуьнан чулацамца йолу шен юкъаметтиг а билгалйоккхуш болчу къастош ешаран коьртачу г1ирсех (соцунг1а, интонаци, маь1нин тохар, ешаран чехкалла) пайда а оьцуш, еша;

-дешаран книгин чулацамах кхиар, шенна справочни аппаратах пайда эца хаар (т1етовжар, корта, абзацаш и д1. кх. а.);

-исбаьхьаллин -кхоллараллин а, х1ума довзаран а хьуьнарш шегахь кхиор, исбаьхьаллин произведенино шена бина т1е1аткъам шен синхаамашца бовзийтар; дешан исбаьхьалле йолу эстетически юкъаметтиг кхиор;

-исбаьхьаллин текстан г1ирсашца синъоьздангаллин мехаллаш юьхьанцарчу классийн дешархошкахь кхиор; дика а, вуо а къасто хууш, кхидолчу къаьмнашка лерам болуш кхиор.

Юьхьанцарчу школехь литературни ешаран коьрта 1алашо - иза шена оьшшу книга харжа хаарца а, и кхеташ ешарца а ша-шен терго яран дешар карадерзоран хьуьнарш шегахь кхиор ю. Цу г1уллакхана ох1ла хилар билгалдолу ешначух кхеташ, дика еша хаарехь, книгаш йовзарехь а, шенна харжа хаарехь а, шен синъоьздангалла лакхаяккхарехь книга оьшуш хиларх кхетам кхиъна хиларехь а.

ПРЕДМЕТ 1АМОРЦА ДОЬЗНА ДОЛУ ЖАМ1АШ

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза личностни жам1аш:

Россин юкъара этнически а, граждански а цхьааллаш кхиор, вуьшта аьлча

ша муьлхачу къоман векал ву а, Россин пачхьалкхан гражданин ша хилар а кхетор; юкъара российски а, граждански а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а мехаллаш шегахь кхиор;

-исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь шегахь адамаллин а, демократически а мехаллаш кхиор;

-шен къоман культурех, бусулба динах а долу хаарш хилар, кхечу къаьмнех а, церан культурех, динах лаьцнарг а девзаш хилар; кхечу къаьмнийн культуре а, динца доьзначу ламасташка а ларам шегахь хилийтар;

-шен къоман г1иллакхаш а девзаш, кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а, динца а йоьзна йолу юкъаметтигаш ларъян хаар;

-доьзалан ламасташка тергаме хила везар шегахь кхиор,

1алам лардан а, шен а, нехан а могушалла ларъян езарх кхеташ хилар;

-таханлерчу дуьненахь вахаран 1алашонца шен амал кхиор; шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а девне ца вуьйлуш, машаре ваха болу лаам шегахь кхиор;

-дешархочун социальни декхарш карадерзор; дешаре лаам кхиор; дешар шена оьшуш хиларх кхетар;

-къоман а, кхийолу а литература ешарца синъоьзданагаллин мехаллаш а, эстетически синхаамаш шегахь кхиор.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза метапредметни жам1аш:

-дешаран 1алашонех а, декхарех а кхеташ хилар, кхоллараллин кепара хьесапаш кхочушдар;

-шена хьалха х1оттийнчу декхаре хьаьжжина, дешаран декъехула билгалдан леринарг къасто а, цуьнан мах хадо а, и кхочушдархьама эвсаре некъ харжа а хаар;

-ша баьхначу кхиамийн бахьанех кхеташ хилар шегахь кхиор (ткъа иштта цададаларан бахьанех а, иза лазаме ца долуьйтуш т1еэца хууш а хилар;

-коммуникативни а, х1ума довзаран а декхарш кхочушдаран 1алашонца меттан г1ирсех пайда эцар;

-дечун логически кепаш (дустар, анализ, юкъара маь1на дар) караерзор;

-кхечу къаьмнийн нийсархошца цхьаьна дечу г1уллакхашкахь юкъара 1алашонаш билгалъяр, хьан, х1ун дийрду къастор, цаьрца цхьаьна тергам латтор, ша а, вукхара а дечун цхьанакепара мах хадор; девне ца дерзош, 1оттаме дерш д1адерзор, ларамца т1еэцар кхечу къомах волчун амалехь дерг;

-базови предметийн кхетамаш, кхечу предметашца боьзна кхетамаш а караберзор, шен предметца уьш буозар.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза предметаца доьзна долу жам1аш:

-къоман а, дуьненан а, культурийн хилам а, синъоьздангаллин мехаллаш, ламасташ лардаран а, кхид1а а д1акховдоран г1ирс санна литературех кхетар;

-ша-шен кхиарехь ешаран мах лакхара хиларх кхетар; виллина йоьшуш хила везаш хилар болу лаам шегахь кхиор; дуьненах а, къоман исторех а, культурех а болу кхетамаш кхиор; юьхьанцара г1иллакх-оьздангалла кхиорехь литературо д1алоцу меттиг къасто а, дика а, вуо а х1ун ду хууш хилар;

-х1унда еша еза бохучух кхеташ хилар, цу декъехь тайп-тайпанчу ешарх пайда эцар;

-дешаран а, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин тексташ ладог1арца т1еэца а, кхеташ еша а, цхьанатайпана царах кхета а хууш хилар; стихотворенин кепехь йолу тексташ къастош ешаран юьхьанцара хаарш карадерзор;

-прозаически исбаьхьаллин произведенеш юхасхьайийца а, церан чулацамах долчу хаттаршна жоьпаш дала а, ешначу дешаран, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин текстийн бахьанин-т1аьхьалонийн з1енаш къасто а хаар карадерзор;

-меттан бакъонаш а ларъеш, йозанехь а, барта а доцца дийцарш х1итто хаар карадерзор;

-хьайца къамел деш волчуьнга а ладог1а а, цо дуьйцучуьнца реза вацахь а, делил далорца айхьа бохург т1еч1аг1дан а, г1иллакхехь вистхила а, диалог д1аяхьа а хаар карадерзор;

-исбаьхьаллин текстийн башхаллийн дуьхе а кхуьуш, дешаран, 1илманан, исбаьхьаллин тексташ вовшех къасто хаар;

-ешначу исбаьхьаллин, 1илманан, дешаран текстийн теманах, коьртачу маь1нах кхеташ хилар; исбаьхьаллин текстехь балийна меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, яздархочо мича 1алашонца уьш юкъа балийна а хаар;

-ша ешначу исбаьхьаллин произведенин мах хадо а, цунах лаьцна шена хетарг ала а хаар;

-ешначу текстехь йолу синъоьздангаллин мехаллаш йовзийта а, уьш шегахь кхио а хаар;

-оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин произведенийн персонажаш (дакъалацархой) вовшашца буста а, церан амалехь, г1уллакхашкахь цхьаьна дог1ург схьа а лохуш, царна харакатеристика яла а, цаьрга шен болу хьежам гайта а хаар;

-шена хаза хета книга шенна схьахаржа а, т1ебузучу хаамийн справочни хьостанех пайда эца а хаар.

Т1екхечи хаза б1аьсте. Олхазарш бовхачу махкара схьакхечи. Уьш дитташ т1ехь баннаш бо.
Дитташ а, зезагаш а зазадаьккхира. Бераш арахь ловзу. Царна ч1ог1а самукъане ду.
Школехь б1аьстехь субботникаш хуьлу. Берашна школан керт ц1анйа еза.
Б1аьстехь дукха праздникаш хуьлу. Царна юкъахь ду 9 май а, 1,2,3 май а, 1 апрель а, 8 марта.
Суна ч1ог1а хазахета б1аьсте.


Если тебя не устраивает ответ или его нет, то попробуй воспользоваться поиском на сайте и найти похожие ответы по предмету Русский язык.

Читайте также: