Лай т1ехь ц1ен зезагаш краткое содержание

Обновлено: 05.07.2024

Вы можете добавить книгу в избранное после того, как авторизуетесь на портале. Если у вас еще нет учетной записи, то зарегистрируйтесь.

Ссылка скопирована в буфер обмена

Вы запросили доступ к охраняемому произведению.

Это издание охраняется авторским правом. Доступ к нему может быть предоставлен в помещении библиотек — участников НЭБ, имеющих электронный читальный зал НЭБ (ЭЧЗ).

Если вы являетесь правообладателем этого документа, сообщите нам об этом. Заполните форму.

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашонаш: 1.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенин д1ах1оттам бийцар. 2.Кхечу чолхечу предложенех къасто хаар. 3. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь кхин муьлха сацаран хьаьркаш хуьлу дийцар. Чолхечу предложенийн исбаьхьаллин роль а,башхаллаш а.

  • 2.1уьйранна г1евтина Мелиматан доьзал балха д1абахара, х1унда аьлча уьш гота аха езаш бара.
  • 1.1елас аларна, ялххе а белхало гота аха вахара.
  • 2.Уьш шайн болх бина бевлира, цундела оха сихонца ялта д1адийра.

 Б1аьсте т1ееара/ йохъелира.

  • 1.Б1аьсте т1ееара, йохъелира. (т1аьхьа-хьалха кхочуш хилар (перечисление))

1. Салташа, шайга хьоьжуш, дукха са ца гатдайтира Мелиматан доьзале: са ма-дайннехь баьхкина, ц1ийнан гуо а лаьцна, д1ах1иттира уьш. 2. Ц1ийнан гуо лаьцний а, салташа лелориг х1ун ду а ца хоуьйтуш, т1е юрг1анаш а диттина, шаьш а гуобина д1ах1иттина, къайлаяьккхира Мелимат чуьрчу а, арахьара чубаьхкинчу а зударша. 3. Ц1еххьана чулилхина, салтий Байсаг1уран коча бахара. 4. Дуьхьало еш а воцу иза, куьйгех буржалш а тоьхна, къевллина машшашца д1авихкира. 5. Т1аьхьа араваьллачу Бетас вордан чу тесира шаьш кечдина верта, амма г1алг1азкхичо, охьадожа ца дуьтуш, мийра тоьхна, юха арадожийра. 6. Меллаша т1е а вахана, верта хьала а эцна, д1ах1оьттира иза

Дешархочо урокехь ша бинчу белхан мах хадор .

Ша-шен урокан мах хадор

Х1окху урокехь ХЧП къастаеллехь, г1алат а ца долуш, х1оттайо 2 балл.

Г1алат хиллехь, доккха а доцуш, х1оттайо 1 балл. Г1алаташ шиннал сов хиллехь, балл ца х1оттайо .

ЧП-н дакъошна юкъера маь1нийн уьйр къастаеллехь, х1оттайо 2 балл.

1-2 г1алат динехь, х1оттайо 1 балл. Г1алаташ шиннал сов делахь, балл ца х1оттайо.

Тобанехь бечу балха т1ехь жигара дакъа лаьцнехь, х1оттайо 1 балл.

Тобанехь бечу балха т1ехь дакъа ца лаьцнехь, балл ца х1оттайо .

 Ц1ахь бан болх: п.56, текста т1ера схьаязйинчу предложенешна синтаксически таллам бе, шайца йолчу цхьалхечарна характиристика а х1оттош. Буржалш, мекха бохучу дешнашца чолхе предложенеш х1иттае.

Ц1ахь бан болх: п.56, текста т1ера схьаязйинчу предложенешна синтаксически таллам бе, шайца йолчу цхьалхечарна характиристика а х1оттош. Буржалш, мекха бохучу дешнашца чолхе предложенеш х1иттае.

План урока чеченской литературы Окуев Ш.

Урокан кеп: Керланиг довзаран.

1.1амаран: Яздархочун Шима Окуевн кхолларалла к1орггера йовзийтар.

Стихотворенехь лирически турпалхочун 1аламе а, шен махке болу безам гайтар.

2.Кхиаран : Дешархой ойла ян а, шаьш дуьйцучуьн маь1на дан а 1амор.

3. Кетош кхиоран: Даймахке, ша винчу метте, 1аламе, ненан матте безам кхиор.

Дайн оьзда г1иллакхаш дезар а, лелор а мехала хилар гайтар.

Урок д1аяхьаран некъ.

I . Дешархой урокехь болх бан кечбар .

(Дешархоша дешаран г1ирс кечбар, урокана кечам бар)

II . Дешархойн хаарш билгалдахар жигардаккхар, балхана т1ебигар.

Шеран муьлха зама ю т1ееанарг?

- Б1аьстенан 1алам самадалар, дендалар стенах хаьа вайна?

- Х1ун яхьа б1аьстено? (йовхо)

- Йовхо кхин тайпана хуьлу.

Деган йовхо хьаьнца хуьлу? (ненаца)

- Х1ун бос хуьлу б1аьстенан? (баьццара)

-Баьццара бос стенца боьзна бу? (бусулба динца, духарца, байракхца)

1.Хьехархочо йовзуьйту урокан тема а, 1алашо а.

Уьна т1ехь яздархочун сурт а, эпиграф а ю.

2.1амийнарг карладаккхар.

.Фронтальни хаттарш:

-Муьлха говзар яра вай тIаьххьара Iамийнарг?

-Стенах олу дийцар?

- C теган дахарх цхьаъ, наггахь масех а гIуллакх гойтуш йолчу жимачу эпически говзарх олу дийцар

-Стенах лаьцна ду и дийцар?

- Дийцаран боцца чулацам карлабоккху.

-Нускал гучудоккху де тIекхачаре жимачу кIанта сатийсар муха гайтина дийцар тIехь?

-ХIун дара жимачу кIентан доттагIийн яххьаш тIехь кIентан деда Дерки араваьллачу хенахь?

-ХIун дира кегийрхоша ?

-Муха гайтина яздархочо берийн дегнаш дохар,воккхачу стеган холчухIоттар?

-Шуна муха хета цара динарг?

-Цара кагйинарг Деркин веллачу вешех йисина Iаса хилла Iай?

I ан-х I а, цара кагдинарг вайн дайх дисина г I иллакх ду, кегийчаьрца къинхетаме цахилар, воккхачуьнца лерам цахилар ду…

III -Иштта, т I екхуьучу кегийрхоша г I иллакхаш д I атесча, вайн къомах х I ун хир ду аьлла хета шуна?

- Г I иллакх юкъара д I адаьлча, адамашна юкъара марзо, безам, къинхетам д I аболу, т I аккха къам хьайбанийн амале доьрзу.

Г I иллакх доцчу наха зулам до уггаре хьалха- шаьш-шайна, тIаккха-дерриге а къомана а.

-Ас шуна тIедиллинера гIиллакхех лаьцна кицанаш Iамор. Даладел шайна хууш долу кицанаш.

- Хазачу гIиллакхо лайх эла вина, вочу амало элах лай вина.

- ГIиллакх доцург жIаьла ду.

- Оьздачу гIиллакхо лам башийна, хазачу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина.

-Ойла йоцуш динарг- гIайгIа йоцуш доьрзур дац.

- Вон хила атта ду, дика хила хала ду.

- ГIиллакх ялсаманера схьадеана а ду,ша лелийначуьнца цу чу юхадерза дезаш а ду.

- Ма хуьлда цхьаннен а гIиллакх доцу нус, тешам боцу лулахо.

-Муса Ахмадовс шен байтехь муха боху гIиллакхех лаьцна? ДIаешал.

Дайн гIиллакхаш довза,ларде,

Леладе уьш дахарехь.

Ца леладахь хир бу кхардам,

Хир ду вайна доккха эхь…

ТIечагIдар

-ХIун эр дара аш, оьзда гIиллакхаш довза, лардан гIо стен до вайна ?

Ненан матто.

-Ненан мотт кIорггера дика хууш,и безаш, дешан говзанчаш, яздархой ца хиллехьара, хир дарий вайн маттахь иштта хаза кицанаш, туьйранаш, иллеш, дийцарш?

-Х1ара апрель бутт хIун аьлла дIакхайкхийна бу вайн республикехь?

Нохчийн меттан бутт бу аьлла.

-Нохчийн меттан хьокъехь Указ маца арадаьлла?

Нохчийн меттан де дIакхайкхоран хьокъехь Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзан Ахмадовичан Указ арадаьлла 2007шеран май беттан 11-чу дийнахь.

-Муьлха де ду иза?

- Иза ду апрель беттан 25гIа де.

-Х1унда даьккхина и Указ? ХIун маьIна ду цуьнан?

- Нохчийн мотт кхиор, Iалашбар, безийтар, Iамабайтар Iалашо йолуш.

-Нохчийн маттах лаьцна муьлха дешнаш,байташ хаьа шуна?ДIаешал.

Кхоллараллин болх

Х1инца г1иллакхех хуург, цунна юкъа х1ун дог1у, коьртаниг юкъа а лоцуш, кластер х1оттор ю вай.

Яхь собар къинхетам

Доьналла Г1ИЛЛАКХ Ларам

Оьздангалла тешам

III . Керланиг довзар.

1.Хьехархочо яздархочух Шима Окуевх лаьцна къамел дар.

Сан хьоме ва лаьмнаш!

Хир вуй-те цхьа а

Суначул дукхаха

Дезашверг шу!

Ницкъ хила, дендина,

Шух вина хьаша

Кхехкачу безамна х1оттон-кха шун! (Ш.Окуев)

Иза вевзачара олура: Шимин малх, лаьмнаш,Орга, шовда, зезагаш, Шимин 1а, б1аьсте, аьхке, гуьйре шатайпана ду. Массо а шеран муьрехь 1аламехь хуьлучу хийцамех лаьцна, 1аламан хазалла тайп-тайпанчу басаршца гайтина цо.

Кусаев 1адизан дагалецамаш.

Со, вича лийчина

Ламанан шовдан чохь;

Даймехкан хазалла евзина аганахь,

Дуьххьара ког боккхучохь

Халкъ дезар дижийна

Тхан нанас сан даг чохь.

Юьйцу ас иллешца

Вайн халкъан оьздалла,

Дуьненчохь, цхьаммо, со

Халкъан к1ант ву, алахь,-

Цул доккха совг1ат дац,

Ирсе вуй хаалахь!

Х1инца вайна д1айоьшур ю 6-чу классан дешархочо Мудугаев Мохьмада Окуев Ш. 70 шо кхачарна лерина яьккхина байт.

Шуьйтахь 1аш цхьа къонах вара,

Яздархо а иза вара.

Ч1ог1а пох1ма долуш вара,

Цуьнан ц1е а Шима яра.

Араваьлча цунна гора

Хаза лаьмнаш, шовда шийла,

Техкаш гора хьаннаш сийна

Шотойн б1ов а гора лекха.

Дадас дуьйцу: вара говза

Даим лууш шен мохк бовза,

Цо язйина дика байташ,

Ойла тахна вайга йойтуш!

1)Хьехархочо васталлица ешар.

2)Кл. уьн тIехь йолчу дошамах пайда а оьцуш,

байт кхетош ешар.

3)Дешархошка рогIехь ешийтар.

4) Дешархошка васталлица ешийтар.

5)Байтан чулацам тIехь болх бар:

–Муха гайтина байтехь бIаьстенан Iаламан хийцамаш?

ДIайоьшу 1-рий, 2-г1ий байташ.

Барт бахарх бIаьрг бузац

Дерриг а хазделла,

Мел ас ладегIарх,

ГIел ца луш,дахарах

-Ша ирс долуш маца лору лирически турпалхочо?

3-гIа байт дIайоьшу.

Иллешца хестош со ву.

Нохчийчоь, со-хьан кIант,

Массарал ирс долуш

-БIаьстенан Iаламо хIун тIеIаткъам бина поэтан cинхаамашна?

4-гIий, 5-гIий байташ дIайоьшу.

Сан дог а, массанхьа

Сан дахар дирзи,

ГIел ца луш бекачу

Сан даго берзий шен

-Поэтана бIаьсте дукхаезаш хилар муьлхачу

могIанашкахь хаало вайна?

Йоьшуьйту тIаьххьара байт

Вай марша я хьо,

Сан хьомсара бIаьсте!

Вай хьо я малхаца!

Сан дог ахь хьаьсти.

Иллешца кхевси ц1е,

-ХIун керланиг дохьу бIаьстено вайн дахаре,дегнашка?

- Дикачуьнга сатийсам, Даймехкан Iаламе безам,

АллахI-Дала вайна иштта оьзда гIиллакхаш а, хаза мотт а, исбаьхьа мохк а белла хилча, вайн декхар х1ун ду?

- Далла хастам а беш, уьш лардар, лелор; иманехь а, оьзда а хилар; Делан хаза 1алам лардар.

Басе-склон горы, солнечная сторона наклонной поверхности

Пох1ма-талант, дар.

Чухчари- водопад

Зарзар-соловей

Шовда-источник, родник

5. Суьртаца болх бар.

-Хьовсал диллинчу суьрте.

- Стихотворени т1ехь а, суьрта т1ехь а цхьаьна дог1уш х1ун ду? (лаьмнаш, малх, зезагаш, 1алам дендалар, самадалар, Орга, стигал, б1ов)

IV . Девзинчуьнан маь1на дар, т1еч1аг1дар.

Тахана х1ун девзи шуна?

Шен Даймахке муха безам бара цуьнан?

Кхин х1ун езара цунна? (лаьмнаш, 1алам, Орга)

-Адам санна садоцчу х1уманан т1едерзош дош аларан исбаьхьаллин кепех олицетворени олу.

Стихотворенехь билгалъяккха олицетворени.

Даймохк, 1алам, б1аьсте бохучу дешнашна синквейн х1оттае.

V . Рефлекси.

Тахана суна урокехь хиира……..

Ас тахана бинчу балхана со реза……….

VI . Ц1ахь бан болх балар

1-ра тоба 2-г1а тоба 3-г1а тоба

Даймохк 1алам Б1аьсте

Хьоме, хаза тамашийна, хаза. Йовха, исбаьхьа.

Лору, беза, ларбо. Самукъадоккху, хьосту, цецвоккху. Дебош, кхиош, хаздеш.

Сан дай баьхна латта 1алам лардан деза вай. Адамийн дахаре беркат дохьу.

Марзо. Бахам. МУР.

Баьццара духар йовхо беш

Б1аьсте олхазарш

Деха баьццара хаза дуьне

денош буц х1ума д1аер

1. Г1иллакхо лайх эла во, г1иллакх цахиларо элах лай во. 2. Оьздачу стагаца дов хилар тоьлу, оьзда воцчуьнца гергарло хуьлучул. 3.Г1иллакхо г1ала яьккхина. 4.Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча дика лелаве, оьздачунна чохь ерг хьалха йиллича а тоьар ду. 5. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. 6. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. 7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. 8. Воккхах волчунна хьо жима вацахь, жимачунна воккха а хир вац хьо.

Окуев Шима. Лай тIехь цIен зезагаш, 1-ра книга

Окуев Шимин "Лай т1ехь ц1ен зезагаш" роман (шина декъехь йолу) 70-чу шерашкахь дуьххьара зорбане яьлла. Дешархоша х1етахь езаш т1е а эцнера иза. Йохк-эцаран книжни терхи т1ехь роман иону тахана ткъех шо сов зама яьллехь а, дешархошнадикаевза романан ц1е. Цунделах1инцашозлаг1а а зорбане йолу "Лай т1ехь ц1ен зезагаш".
Кху т1ехь автора довзуьйту ламанца бехачу нохчийн 1ер-дахар а, цигарчу нехан ша-тайпа амалш а, г1иллакхаш а. Роман т1ера хиламаш 1916-1917-чуй шерашкахь д1абоьлхуш хиларе терра, оцу заманан хьовр-з1овран къеггина сурт xIoттo аыто хуьлу авторан харцонна, къизаллина, олаллина дуьхьал къийсаме бевллачу шен коьртачу турпалхошкахула, цаьрга оцу паргГатонах-маршонах беза мах а болуьйтуш.

Читайте также: