Болат г1ала йожар краткое содержание

Обновлено: 05.07.2024

Че тут написано то

Ахь ма бицар моттам бац цу т1ехьаъ?))) мне твои посты читать трудно, а тут столько страниц🤦‍♀

😂😂это тебе математику трудно. мне все понятно там

@shamaevami. Конечно, тебе понятно все, Преподаешь как не как😁😁

Хьуна даг ца дохш хум дацкх😅

Читала когда то, но уже забыла

"Маьркьеж бодан т1ехь,к1айн хьоькх" за одну ночь йийшар ас

@shamaevami. 180 страниц яр цуь

@makka301296 ешам йийшар сарахь примерно к семи часам охь хиан 1уьйран 6 елар со дешна,хатя нам сказали читать только пять страниц

@makka301296 да,огромное произведение

@shamaevami. И цахаъ Сун 7-8 классехь дешна моьтш ю со айс и

@makka301296 яра. т1аьххьара а цхьан дуьс и шиъ. г1ала йохинчу меттехь. суна шаерг дагахь хаа и.😂

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

1алашонаш: литературни турпалхочух болу кхетам кхиор; повестехь болчу къовсаман башхаллех кхета дешархошна г1одар; дешархошна текстаца шайнна болх бан хаар карадерзор турпалхошна характеристика яла оьшур йолу материал исбаьхьаллин произведени т1ера билгалъяккха хаар кхиор; литературни турпалхо боху кхетам к1аргбар; литературни турпалхочунна характеристика яла а, кхечу турпалхочуьнца иза вуста хаа а 1амор; дозуш долу къамел кхиор; патриотически дог-ойла а, халкъан мостаг1ашкахьа цабезам а кхиор.

Урокан тайпа: керла хаарш кхиоран а, карадерзоран а урок.

Урок д1аяхьар

I . Ц1ахь бина болх таллар

II . Урокан 1алашо а, декхарш а довзийтар

III . Урокан теми т1ехь болхбар

1. Повестан турпалхошна характеристика ялар

Лечех, Хвичох лаьцна барта дийцар (тобанашца)

маь1не дешнаш, цитаташ

Шина вастан цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а

Х1ун ду юкъара дерг Лечин а, Хвичон а?

Муха ду церан куц-кеп, мел хан йолуш ву, схьавалар, къовсамехь муха гойту цара шаьш?

Лечи а, Хвичо а цхьанахенара ши к1ант; ламанца бехачу мог1арерчу нахах схьаваьлла; шуьйра белшаш йолуш, онда жима ши стаг; билгалвара майраллица; шиммо а майралла гайтира талорхошца д1ахьочу къийсамехь, Болат-г1ала йоккхуш.

Х1ун билгалдо автора церан аматашкахь?

Реманна гонаха хьийзаш вара кхиъна вог1у жима ши стаг. Цхьаннан берх1итта шо дара, вукхуьнан верх1итта. Ший а 1аьржа ц1ена бедар юьйхина, когахь буьхьигаш хьалахьаьвзина маьхьсеш йолуш вара. Шиннан а юкъах кхелина шаьлтанаш яра

-Эла волчохь мича кепара гойту шаьшшиъ шина к1анта?

- Леча кест-кеста ойланашка волий х1унда хуьлура, х1ун ду цуьнан сагатдийриг?

-Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а. Оцу 1аморашкахь шина к1ентан муьлха амалш билгалйовлу вайна?

- Х1ун 1алашо ю шина к1ентан? Х1ун некъ бу шина к1анта юьхьарлаьцнарг?

-Муха гайтина автора шен къоначу турпалхошна юкъара доттаг1алла?

-Къоначу шина турпалхочун муьлха амалш ю шуна герга?

-Юьхьарлаьцначу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян к1енташна г1о динарг мила ву?

-Шина к1ентан х1ун мах хадор бара аша?

Текст т1ера масалш далош кхочушбо и болх дешархоша.

Хьехархо. Жам1. Портрет- турпалхочунна характеристика яларан г1ирс. Деталашца ца бовзийтина яздархочо шен турпалхой. Церан характеристикехь коьртаниг – и ший шуьйра белшаш а йолуш, онда жима ши стаг хилар ду. Яздархочун тидамехь дерг – церан доьналла а, майралла а, церан хьуьнарш а ду. Портретехь цо къастийнарг церан ницкъ, хьуьнар, майралла, т1емалойн дикаллаш ю.

2. Хьехархочун комментари

Леча а, Хвичо а даиманна а бохург санна цхьаьна гойту повестехь. И шиъ цхьабарт болуш а, вовшашна чу садиллина а, вовшийн ч1ог1а терго еш а ву. Цу шина к1ентан ойланаш хьанал ю,1алашонаш беркате ю. Цушиммо юьхьаралаьцна некъ халкъ парг1ат даккхаран некъ бу. Оцу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян цу шинна г1о до воккхачу стага Иагос. Воккха стаг шина к1ентан терго еш вара, цо бийцира Лечина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, новкъаваьккхира цо и шиъ. Лечин а, Хвичон а хьуьнарш а, г1иллакх-оьздангалла а кхиарехь мехала бара ши к1ант эла волчохь волуш Иагос церан бина тергам. Шаьш дагалаьцнарг хьекъалца а, кхетамца а дар бахьанехь шайн 1алашоне кхочу Леча а, цуьнан накъостий а. Нахана даккхий зенаш деш болу Болат-г1алара талорхой боха а бой, церан г1ала йожайо Лечас а, цуьнан накъосташа. Оцу тасадаларехь шайгара майралла а, доьналла а гойту шина к1анта. Ялх шо хьалха шеца цхьаьна йийсаре йигна йолу Кхокха а, кхиболу йийсарш а парг1атбоху Лечас а, цуьнца болчара а.

Халкъ даим лоллехь латто хала хуьлу. Шена парг1ато йоккхуш, цо эшаво муьлхха а мостаг1. Халчу хенахь халкъана хьалха бовлу дика к1ентий, цара халкъ г1аттадо мостаг1чунна дуьхьал бечу къийсамна. Иштта къовсам халкъ толарца д1а а боьрзу. Халкъана хьалха бевллачарах бу Леча, Куьйра, Лоьма, Чала, кхиберш а.

Гайсултанов 1умара шена хьалха х1иттийна 1алашонаш исторически хиларал сов, эпически а ю. Хьалхалера дахар гайтарца цхьаьна цо гойту халкъо шен парг1атонехьа, машарехьа д1ахьош болу къийсам а, цу халкъа юкъара схьабевлла, зуламечу нахана духьал г1овттуш болу к1ентий а.

Цхьана аг1ор маьрша нах йийсар а беш, уьш кхечу мехкашкахь д1а а бухкуш, цунах шайн бахам а бина 1аш болу талорхой, вукху аг1ор маьрша беха нах го вайна повестехь.

- Гайсултанов 1умара шен повестехь дийцинарг дахарехь хилларг дуй те? Цу т1ехь буьйцу турпалхой исторически нах буй те? Мел бакъ ву яздархо исторически хилларш довзийтарехь?)

(Ма-дарра аьлча и тайпа талораш дар нислуш хилла ширчу заманахь, амма кхидерг яздархочо ша кхоьллина ду. Коьртаниг – цу хенан халкъан дахар ма-дарра гайта яздархочун ницкъ кхачар ду. Иза цо говза кхочуш а дина. Повесть йоьшучу хенахь вайна хаало цу хенан дахар, цуьнан турпалхошца цхьаьна вай даха а деха цхьана ханна, и ешна довллалц, вайна уьш беза а ло, царах дог а лозу вайн, эххар царах дозалла а до вай).

+

2 Смотреть ответы Добавь ответ +10 баллов


Ответы 2

+

но тебе нужно все посчитать и сделать по линейке ровно

+

URL Чтобы зайти на сайт/страницу мы вводим URL-адрес (Uniform Resource Locator) в браузере. URL-адрес также известный как Веб-адрес, указывает браузеру путь сайта/страницы.

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1.Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш.

2.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.

3.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.

3. Дешархошка хаттарш, т1едахкарш.

1.Муьлха зама ю повестехь юьйцуш ерг?

2.Стенга боьлхуш хилла Нажаг1ар? Новкъахь х1ун тешнабехк бира царна талорхоша?

3. Муьлш хилла талорхой, х1ун ницкъаш беш хилла цара маьршачу нахана?

4. Мича меттехь хилла Болат-г1ала? И тайпа ц1е х1унда тиллина хилла цунна?

5. Х1ун 1алашо йолуш йийсар деш хилла маьршачу нахана талорхоша?

6. Талорхойн баьчча Барза муха стаг ву?

7. Шаьш йийсаре лоьцуш Нажаг1ара муха гайтира шаьш?

4. Т1едиллар.

Лечин а, Кхокхин а къамел д1аязде.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о 52-60 еша, хаттаршна жоьпаш.

1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.

2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Гуьржийн махка муха кхечира Лема?

2. Лечий, гуьржи Хвичой хьан вацош хилла, реми т1е а х1оттийна?

3. Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а? Мила хилла царна г1о деш церан 1алашо кхочушъярехь?

4. Лечин сагатдийриг х1ун дара, х1ун ойланаш йора цо?

5. Т1аьххьара а х1ун дан сацийра Лечас а, Хвичос а, хьенан г1оьнца? Хвичона х1унда лиира Лечица цхьаьна вада?

4. Т1едиллар.

Юха а деша Лечина ша вина юрт а, нана а дагаярах лаьцна долу мог1анаш.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о 61-76 еша, хаттаршна жоьпаш.

1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.

2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Куьйра Малх-Аре кхачаран бахьана дийца.

2.Х1ун сацам бира Малх-Арарчу бахархоша Куьйра шаьш долчу веанчул т1аьхьа?

3. Барзас ваийтина геланча т1е муха ийцира юьртарчу наха? Х1ун аьлла вахийтира иза цара юха Болат – г1ала д1а?

4. Х1ун кхаъ баьккхира Куьйрас Лечин нене? И кхаъ муха т1еийцира цо?

4. Т1едиллар.

Барта дийца, Лечий, цуьнан наний вовшахкхетарх лаций. Текст т1ера и мог1анаш, схьа а лахий, юха д1адеша.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о 76-85 еша, хаттаршна жоьпаш.

1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.

2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Болат-г1алин гонахарчу бахархойн собар кхачийнарг х1ун дара? Т1аккха х1ун сацам бира цара?

2. Муха аьтто белира Чалин Болат-г1ала яккха?

3. Говзачу х1иллано х1ун кхоьллира талорхошна юккъехь?

4. Х1ун ловзар дара Болат-г1алахь? Кхокхин маьрша ялар муха хилира?

5. Дийца, муха яьккхира арара т1елеттачарий, чохь г1евттинчу йийсарший Болат-г1ала?

6. Болат-г1ала йожаран х1ун бахьана дара?

7. Муха хийти шуна х1ара повесть? Х1ун ойла кхоллаялийти х1окхо шун?

4. Урокан жам1 дар.

5. Ц1ахь: аг1о 85-90 еша, хаттаршна жоьпаш.

1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Малхо а, мохо а дог1маш огуш, пхерчий, х1оьънаш т1улгех леташ, мостаг1чо къиза лараш т1ехь юьтуш б1ешерашкахь г1аролехь лаьттина шира б1аьвнаш, царех поэта дозалла дар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Малхо а, мохо а дог1маш огуш, пхерчий, х1оьънаш т1улгех леташ, мостаг1чо къиза лараш т1ехь юьтуш б1ешерашкахь г1аролехь лаьттина шира б1аьвнаш, царех поэта дозалла дар. Хийла гина йолу б1аьвнаш: Чингисханан эскаран тулг1енаш, Астаг1чу Тимаран къиза б1о, б1ешерашкахь ламанхоша лехна ирсе дахар – вайн къоман историн тешаш хилла д1ах1иттар. Стихотворенин мотт, поэтан айаме дог- ойла.

3. Дешархошка хаттарш.

1.Муха хийти шуна х1ара стихотворени? Х1ун ойла кхоллаялийти цо шун?

2. Адамийн дахарехь х1ун меттиг д1алоцуш хилла оцу б1аьвнаша?

3.Вайн махкара б1аьвнаш вайн къоман историца йоьзна хилар стен гойту?

4.Поэта б1аьвнаш дийна йолуш санна гайтаран х1ун бахьана ду аьлла хета шуна?

5. Поэтана б1аьвнаш хьоме а, царах цуьнан дог лозуш а хилар стенах хаало вайна?

4. Т1едиллар.

Баккхийчу наха дуьйцуш шайна хезна б1аьвнех долу дийцар д1аязде.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о 94-95 стих.дагахь 1амае, хаттаршна жоьпаш.

1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш. Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш.

2.Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Европехь фашизмана дуьхьал бинчу т1амехь майрачу иччархочо шегара гайтина доьналла а, къоналла а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Маца, мичахь вина очеркан турпалхо?

2. Дайн, вежарийн доьналлин г1уллакхаша х1ун 1аткъам бина жимачу Абухьаьжина?

3. Муха хилла цуьнан бераллин дахар?

4. Маца д1адуьйладелла Идрисов Абухьаьжин б1аьхаллин г1уллакхаш? Муьлхачу меттигашкахь бина цо т1емаш?

5. Идрисов Абухьаьжа массарна а дукхавезаран х1ун бахьана ду?

4. Урокан жам1 дар.

1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш. Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш.

2.Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Европехь фашизмана дуьхьал бинчу т1амехь майрачу иччархочо шегара гайтина доьналла а, къоналла а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Маца д1адуьйладелла Идрисов Абухьаьжин б1аьхаллин г1уллакхаш? Муьлхачу меттигашкахь бина цо т1емаш?

2. Идрисов Абухьаьжа массарна а дукхавезаран х1ун бахьана ду?

3.Муха хилира Абухьаьжех снайпер?

4. Абухьаьжа тидам болуш, х1уманна духе кхуьуш снайпер хилар стен т1ехь гучудолу?

5. Шегара х1ун тайпа хьуьнарш гайтина т1еман шерашкахь Идрисов Абухьаьжас? Пачхьалкхо х1ун совг1аташ делла цунна?

4. Т1едиллар.

Текст т1ера масалш а далош, Абухьаьжин снайперски балхах лаций дийца.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о 107-113, хаттаршна жоьпаш.

Урокан ц1е: Классал арахьара дешар.

1алашо: Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар. Поэтан шен Даймахках а, ша схьаваьллачу халкъах а дозалла даран ойла а,патриотически синхаам а гойтуш стихотворенехь дека айаме аз.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1. Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар.

2.Поэтан шен Даймахках а, ша схьаваьллачу халкъах а дозалла даран ойла а,патриотически синхаам а гойтуш стихотворенехь дека айаме аз.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Стенах дозалла до стихотворенин лирически турпалхочо?

2. Поэтан Даймахке болу безам муха билгалбо стихотворенехь?

3. Мила ву лирически турпалхочо, къа ца хеташ, шех д1ахервеш верг?

4. Хьешаца а, мостаг1чуьнца а муха хила веза боху поэта?

5. Поэта герга дерг а, цо коьрта лоруш дерг а х1ун ду?

6. Къаьмнийн доттаг1аллех лаьцна муха яздо поэта?

7. Даймохк, халкъ, маршо мел герга ду поэтана?

8. Х1ун ойла кхоллало шун х1ара стихотворени ешча?

9. Шуна хетарехь, муха хила веза вуьззина к1ант, оьзда йо1? Мила лара мегар ду вуьззина нохчо?

4. Т1едиллар.

Дагахь 1амае стихотворени.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о117-118 дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.

1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Стихотворенехь Даймахках лаьцна йолу ойланаш а, лехамаш а. Дика г1иллакхаш лардар, да-нана дезар, барт хилар лахар яздархочо коьртачех ларар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

Стихотворенехь Даймахках лаьцна йолу ойланаш а, лехамаш а. Дика г1иллакхаш лардар, да-нана дезар, барт хилар лахар яздархочо коьртачех ларар. Халонаш т1екхаьчча, оьздангаллех, стогаллех ца вохар. Ненан сибат Даймахкаца нисдеш, даздар.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Х1ун г1иллакхаш ду поэта, шен дагна дезаш ду бохуш, дуьйцурш? Уьш иштта мехала х1унда лору цо?

2.Ден, ненан сий муха лара деза боху поэта?

3. Поэта ша арадаьккхина г1уллакх Даймехкан декхар х1унда лору?

4. Стенна орцах ваьлла поэт?

5. Даймехкан сий муха лору поэта?

6. Хало т1ех1оьттича, муха гайта веза ша стага?

7. Стихотворенин коьрта маь1на муха ду?

9. Даймехкан косташ кхочушдарехь х1ун дан деза вайх х1ораммо а?

4. Т1едиллар.

Дагахь 1амае стихотворени.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о 121-123 дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.

1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар. Стихотворенехь ненан – берзан шен к1езане болу сатийсам а, безам а гайтаран башхалла. К1еза шех даккхар нана- барзо цалар а, адамашна цо бина бекхам а.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.

2. Керла коьчал йовзийтар.

1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар.

2.Стихотворенехь ненан – берзан шен к1езане болу сатийсам а, безам а гайтаран башхалла. К1еза шех даккхар нана- барзо цалар а, адамашна цо бина бекхам а. Авторан царах дог лазар.

3.Стихотворенин меттан исбаьхьалла.

3. Дешархошка хаттарш.

1. Хьанна йоьлхуш, хьаьнга орца дохуш ю нана-борз?

2. Шен к1еза лачкъийначарна х1ун бекхам бан йоллуш ю нана-борз?

3. Стен т1еийзайора божлина нана-борз?

4. Ненан безам сел боккха хилар мичхьа гучудолу?

5. Шен к1еза д1адаьхьначарна х1ун бекхам бира барзо?

6. Шена орцах еана нана хааеллачу к1езано дечух лаций дийца.

7. Авторан нана-барзах а,цуьнан к1езанах а дог лозуш хилар стен хоуьйту вайна?

8. Х1ун маь1на ду х1окху стихотворенин?

9. Стихотворени ешча, х1ун ойла кхоллаелира шун?

4. Т1едиллар.

Стихотворенин чулацамца дог1у берзалойх лаьцна шайна дуьйцуш хезна дийцар д1аязде.

5. Урокан жам1 дар.

6. Ц1ахь: аг1о 126-129 цхьа кийсак дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.

Читайте также: