Сочинение по чеченскому языку ненан б1аьрхиш

Обновлено: 18.05.2024

Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьне нан Iилма а.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.

Ненан бIаьрхиш (Нохчийн хьалкъан барта кхолларалла) Цхьалха цхьа к1ант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш 1алашвора цара шайн к1ант. К1ант кхиъна ваьлча, ломахь г1арабаьлла дика динний, нуьйран г1ирссий, т1емалочун барзаккъий кечдира дас-нанассий шайн к1антана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, ц1ера ара-м ца волуьйтура цара иза. Цхьана дийнахь юьртара к1ентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу к1антана а лиира цаьрца ваха. Дений, нанний т1евеъна цо элира: – Со а вахийтийша юьртарчу к1енташца дуьнене б1аьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала, 1уьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, дог1ано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара 1уьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, г1елашна сагатделла сира сай г1ерг1аш ладог1а, 1аннаш, даккъаш декош, мацалла уг1учу барзе ладог1а… Вахийтийша со к1енташца дуьнене б1аьрг тоха. – Х1ан-х1а, к1ант ма г1олахь. Пурба дац хьуна! – элира къеначу дас. – Со къинт1ера ца ели хьуна, к1ант, хьо водахь! – элира нанас. Юьртара к1ентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу к1ант висира кхерчан а, ц1ийнан а гонах хьийза. Цхьа хан яьлча, юьртара к1ентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний т1евеъна, к1анта элира: – Со а вахийтийша к1енташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечано ижонна мохаюьллуш ган, цуьнан ирачу м1араш юкъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш д1а-са яржош, и кура леча чудаийта, лечанан м1арех к1елхьара даьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу 1арчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна д1акхарстийна сийна б1аьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха т1ехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе б1аьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дег1 лардеш пха тоьхна, маь1ах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьненчохь шел сема х1ума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар къахкийна, эккхийна лаца, дуьненчохь шел маса хьума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу б1аьргашчу хьаьжна, хьаьстина, иза д1ахеца, къизчу иччархойл дукха дуьнен чохь къинхетамен нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со к1енташца экханна талла. – Ваха пурба дац хьуна, к1ант, ма г1олахь! – элира къеначу дас. – Со къинт1ера ца ели-кх хьуна, к1ант, хьо водахь! – элира нанас. Корта охьаоьллийна д1авахара к1ант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура к1ант. Ц1еххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостаг1 ву т1ег1ерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо. Юьртара к1ентий, къонахий кечбелира мостаг1ашна дуьхьал бовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира г1аг1 дег1е а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, к1ентан да а вахара мостаг1ашна дуьхьал, шен к1антана а ца хоуьйтуш, лата везачохь – лата а, вала везачохь – вала а. Шел хьалха д1акхаьчна, мог1аршца т1аме х1иттина т1емалой карийра цунна. Къаьстина ч1ог1а т1ом беш вара цхьа цавевза т1емало. Юьхь т1еоьзна з1енийн цхар, т1едуьйхина болатан барзакъ, мостаг1ийн декъех саьлнаш х1иттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а. – Мила ву и ч1ог1а т1ом беш волу т1емало? – аьлла хаьттира воккхачу стага дас. – Иза хьан к1ант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика к1ант кхийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! – элира т1емалоша. Амма хала дара и к1ант дукха вехарву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостаг1аша. Массо а цхьаъ санна цхьаний т1елетира уьш оцу турпал к1антана. Вуьйжира к1ант. Велира турпал. Т1аккха т1етаь1ира ламанхой мостаг1ашна. Х1аллак бира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу т1еман арахь мостаг1ийн… Г1оьмакхех, таррех барма а дина, т1е верта а тесна, ларвеш цу т1е а виллина, ваьхьира т1емалоша к1ант-турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кет1а… Болатан г1аг1 малхехь къегаш, кхачбеллачу баттах тера йолчу юьхьа т1ера сирла нур г1уьттуш. – Х1ей, вежарий! Собарделаш! – элира к1ентан дас. Севцира нах. Вистхилира к1ентан да: – Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац к1ентан нене х1ара ирча кхаъ д1ахаийта… Со кхоьру х1окху кхоо нана а ерна… Вац шуна юкъехь маттана говза, нене к1ант валар д1ахаийта? Массара а кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцуш, д1атийра къонахийн т1емалойн тоба. Г1еххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг. – Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца к1ант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! – элира воккхачу стага. Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира к1ант вина нана. Цунна гира вистхуьлуш стаг воцуш, г1айг1ано кортош охьаохкийна лаьттачу т1емалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу т1емалочун дакъа… Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… Ц1еххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан г1ерг1ар хазийра, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар хазийра. Цуо дуьйцура к1ант-т1емало мел майра, доьнал долуш кхиънера. Т1аьххьара а, т1еман герзаш вовшах детталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостаг1ий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, т1еман марсаллехь майрачу к1антана т1ера барзакъ болатан г1овг1анца декаш санна… Цуо дуьйцура к1ант-турпал мостаг1ехь мел майра летта, цуо уьш муха х1аллакбина. Т1аьххьара цхьа сирла ц1ена аьзнаш г1евттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан з1аьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех, цкъа а церан лийриг цахиларх… Боьлхура пондар, тийжара пондар. Ладоьг1ура к1ант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьтта т1емалой. Кхийтира нана… Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостаг1ех. Дуккха а х1аллакбинера цуо уьш. Веллер ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. Г1айг1ане цуьнан йиш… Боьлхура пондар. Тийжара пондар… Довха б1аьрхиш хьаьвдира ненан б1аьргех… Къора узарш деш бекачу пондарна т1етевжира к1ентан нана. Боьлхура пондар, йоьлхура нана… Мацца цкъа нана т1ера д1аайелча, цецах санна 1уьргаш девллера пондаран уьн т1е. Ненан довхачу б1аьрхиша дагийнера иза. Кхин а ч1ог1а г1арабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула д1аоьхура цуьнан аз. Цуо х1инца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу г1айг1анах, къахьонах, балех. Боьлхура пондар, тийжара пондар… Дег1 нисдеш, айаелира к1ант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира: – Со къинт1ера ели хьуна, сан к1ант! – Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба. – Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, 1аннаша, хиша, шовданаша… Боьлхура пондар, тийжара пондар… – Аса декъалво хьо, сан к1ант! – мохь туьйхира нанас. – Оха декъалво хьо, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба. – Оха декъалво хьо, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, 1аннаша, хиша, шовданаша. Боьлхура пондар, тийжара пондар… Оьгура ненан б1аьргех довха б1аьрхиш… сийлахь латта а дашош!

Михаил Лермонтов. Валерик. 17.11.2014 Литературное наследие, Популярно, Поэзия Оставить комментарий Лермонтов22215 октября исполнилось 200 лет со дня рождения русского поэта и писателя Михаила Юрьевича Лермонтова. Прожив неполные 27 лет, он успел создать такие шедевры, которые дали ему право войти в число великих писателей. Около трех десятков поэм, четыре сотни стихотворений, ряд прозаических и драматических произведений стали достоянием русской культуры. Кроме того, Михаил Юрьевич был художни

1алашо:Дешархошна туьйранах лаьцна дийцар,туьйранан чулацам бовзийтар.

Туьйранах болу кхетам к1аргбар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Дешархошна изложенин даьккхина оценкаш довзийтар, уьш коментировать а еш.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Нохчийн поэт Сатуев Хьусайн вина 1939 –чу шарахь.Хьалха-Мартана районан 1алхан-юьртахь

Сатуев Хьусайн Джунаидовичи дийцарш,повесташ,романаш язйина ца 1аш иштта яздина туьйранаш. Цуьнан ненавашас нохчийн халкъ барт кхолларалла йовзар, Хьусайнан и безам баларо,вайн вевзу г1араваьлла волу яздархо Сатуев Хьусайн.

Басня иза байт-туьйра ду.Иза ша тайпа жанр ю.Шена чохь к1орггера маь1на а долуш.Уьш дийнатанах,акхаройх хуьлу дукха хьолахь.Адамийн васташ а хуьлу церан.Адамашкахь нислуш долу сакхташ гучдоху баснехь. Иштта цхьаболчу хьакамийн,царна хьесталуш лелачийн сакхташ емалдеш дуьйцу кху басни т1ехь.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Котамашна х1ун 1уналла дан лиъна цхьогална?

-Шега борг1алша арз дича,х1ун кеп х1оттийра лоьмо?

-Цхьогало х1ун дира борг1алша лоьме шена арз диначул т1аьхьа?

-Арз нийсонца къастийрий лоьмо?

-Дийца, х1ун маь1ан ду кху баснин?

V.Словарни болх.

Кхаъ-кхалор-кхузахь:харцонца г1уллакх дийриг,къайлаха х1ума ялар.

VΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1ий урокаш.

1алашо:Сайдуллаевн дахаран некъ бовзийтар,

Поэмин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка басни чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Вина 1948шарахь ц1ера Мескатара Ножинюрт районер ву. Цуьнан дешнаш т1ехь мукъамаш даьхна

Димаев 1елас, ТемирбулатоваСиржана, кхечара.Уьш д1аслура Дадашева Тамара, Димаев 1елас,

Стихаш язъян валавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Сайдулаевс дозалла до шен хьехархо халкъан

яздархо Айдамиров Абузархилла.

Карарчу хенахь болх беш ву Мескатен юккъерчу школан директор.

2)Поэми т1ехь ширачу заманахь вайнехан хилла дахар,г1иллакхаш гойту яздархочо.Коьртачу турпалхочун къонахалла,оьздангалла гойту кху поэми т1ехь.Махкана т1е бохам беача къонахалла,майралла гайтар сийлахь хилар ч1аг1до.Иштта к1ентан ненан доьналла гойту кху поэми т1ехь.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Муха гайтина поэми т1ехь ширачу заманахь вайнехан хилла дахар,г1иллакхаш?

-Х1ун совг1аташ дина хилла к1антана дас-нанас?

-Шен нийсархошца сакъера а, талла а вахийта шайн к1ант х1унда ца лууш хилла дений-нанний?

-К1ант оьзда хилар стен гойту?

-Махкана т1е бохам беъча,къонахалла а, майралла а муха гайтина к1антана?

-Шуна муха хета,к1ант, ден-ненан пурба а доцуш,шен лаамехь т1ам т1е х1унда вахана?Нийса диний цо иза?

V.Словарни болх.

Боьра-чукхетта меттиг.

Тархаш-т1улгаш.

Варш-лаьмнашца хуьлуш йолу луьста,юькъа хьун йолу меттиг.

Барзакъ-духар.

Г1еланаш-стен сеш.

Ижу- толлуш лоху напха,кхача.

VΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Хьанах лаьцна ю х1ара поэма?

-Х1ун тайпа уьйр ю поэмин халкъан барта кхоллараллица?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1ий урокаш.



Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни.


Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой.


Общие условия выбора системы дренажа: Система дренажа выбирается в зависимости от характера защищаемого.

Нажмите, чтобы узнать подробности

2. Хьалха ненах лаьцна 1амийна произведенеш карл-р:

Урокан г1ирс: Р.С. Ахматован сурт, книгаш, суьрташ

Урокан некъ.

I.Урокана кечам бар.

II.Хьехархочун дош.

-Де дика хуьлда массеран!

- Х1инца вай д1ахьур ю ненан метан литературан урок.

- Тахана вай дийца леринарг уггаре дезачух а,хьомечух а цхьаъ ду-Нана йийцар,ненах довха дош алар.

-Нана бохург доккха х1ума ду.Нана ю вайна дахар делларг.Нана ю шен сина эшам беш,вай кхетош,вай кхиош,вайх нах деш ерг.

- Таханлерачу урокан тема ю Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх

1.Р.Ахматован дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцар

Цхьа сингаттам баьча, хилча хазахетар,

Йог1ур ю хьоцолча-ахь д1акхайкха со.

Со йоьлуш-хьо ела, елхахь сан догъэца,

Ларъе къаьхьчу балех, хьехар суна деш

Дахаран цу ц1ергахь тоъал со а яьгна,

Х1етте а ю дуьне хазахеташ со,

Нислора, т1ам бойна олхазар а санна

Со южуш а, амма г1оттура хьала.

Ахь до суна хьехарш, ларлуш хила бохуш,

Даиман сагатдеш, ларйо хийла со.

Йина мохк, хьо –нана, шу ю-кх сан г1ортораш-

Шуьшиннех а яьлла лелалур юй со?

Ас сайн халчу хенахь лайнарш диц ца делла,

Гина, буьйса къагош, кхетта шовзткъа малх,

Дахар и ду дахар , нисло дагахь доццург ,

Т1екъамаш яц безаш кхаьрда дозаллех.

Лор яц хьо, делахь а-дарба деш ахь хийла

Когаш т1е х1оттий со, дагна г1ора луш

Ахь ницкъ а лой, майра йолий гена ара,

Буьрса дарц а эшош, бора ас сайн некъ.

Б1аьрса хьан артделла, эшна дег1ан г1ора,

Къежъелла месаш го кортали к1елахь

Къинт1ера а ялий, доьху хьоьга, нана,

Дарбане куьйгашна баккхийта цкъа барт!

а) къастош,кхетош стихотворени ешар

б) шуна ца девзаш а,маь1нех шу к1еззиг кхеташ дешнаш дуй текст т1ехь?

в) халчу дешнаш т1ехь болх бар:

Г1ортораш-(подпорка)

тIекъамаш - (ныть); Iийжамаш яц боху ша безаш.

Артделла – бIаьра са эшна бохург ду.

4. Чулацам тIехь болх.

- ХIун тема ю аьлла хета шуна кху стих –ни?

( Нене болу безам бу.)

- Нена санна безам латто безаш кхин хIун ду вай?

- Нана ца хилча бобер лара мегар ду, ткъа Даймохк ца хилча хIун ала мегар ду вай ?

- Даймохк боцу стаг стенах тера ву ?

(Бух бойначу диттах тера ву )

- Цу дешнийн маь1нех муха кхета шу ?

(Орам ца хилча дитт дакъало)

5. Кхин цкъа а йоьшур ю вай стихотворении.

Дешархоша цхьацца б1ог1ам боьшуш йоьшу стихотворении.

Х1ора б1ог1амерчу дешнийн до маь1на.

- Муьлххачу а стеган дахарехь г1алаташ хуьлу, ткъа нана къинт1ера яккхар иза коьрта декхар ду х1ора а стеган.

- Ненан йозаллех лаьцна вайн пайхамарийн, эвлияийн а, элчанан а ду дешнаш.

Хийла вайна хезна а хир ду уьш.

(Ненан йозаллех лаьцна дийцар)

-Х1ора стага а ша мел деш долу х1ума а ненан пурбанца дан деза, вог1уш, воьдуш хаийтар массо а доьзалхочунна т1ехь ду.

III -Ненах лаьцна цхьана Р. Ахматовас язйина ца 1а.

-Хьан буьйцур бара вайна цуьнан боцца чулацам?

1. Ден а, ненан а цхьаъ бен воцу к1ант кхиъна волу. Иза воккха хиларца цара цунна оцу ломахь г1арбаьлла дика динний, г1ирссий, т1емалочун духаррий.

Кегийрхошца ламанца сакъера ваха лууш хуьлу к1ант, ткъа дас нанас пурба ца ло, пурба ца делча к1ант ца воьду.

2. Амма Даймахкана т1е кхерам беача дуьххьара ден- ненан пурба доцуш араволу к1ант. Мостаг1 юха тухуш цигахь валар нисло цуьнан.

И нене д1ахаийта ца х1утту цхьа а. Дуьххьал д1а ала а ца х1уьттуш мерз- пондарца к1ант валар д1адийцар т1еийцира накъосташа.

3. Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, набарна бер дижош нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар.

Пондара дуьйцура, нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна.

Ц1еххьана пондаран мерзаша хазийра ламанан лечан г1ерг1ар, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар.

4.Боьлхура пондар, тийжара пондар. Ладоьг1ура к1ант винчу нанас.

Гора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана. Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара.

Иза майра леттера Даймохк ларбеш мостаг1ех. Шена хилларг хиъначул т1аьхьа кийрахь йоьлхура нана.

- Хьан эр дара маца болабелла Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом?

( Сийлахь - боккха Даймехкан т1ом болабелла 1941 ш)

- Хьаьнца хилла и т1ом?

( фашистски Германица)

- Вайн нохчийн къомо дакъа лаьцний оцу т1амехь?

( Доккха дакъа лаьцна Сийлахь- боккха Даймехкан т1амехь нохчийн къомо.Иттанаш эзарнаш вайнехан яхь йолу к1ентий майра летта т1еман арахь, дукхах берш цигахь даимна 1ахка а буьсуш.

- 1944 шарахь вайн нохчийн халкъ бехк гуьнахь а доцуш махках доккху. Вайн къомана т1екхаьчнарг йокха киртиг яра

Баккхийчара дуьйцуш хезна, оцу хенахь адаманагшна т1е х1оттийна къизалла муха хилла. Ца лабаллал боккха бала наношкахь хилла. Наношна хьалххахь бераш мацалла а, шелонна а леш хилла. Шайн бер ца далийтархьама, кийрара дог доьлхушшехь ца боьвзачу нахе д1алуш хилла бер.

- Вайн къам д1адохийна чул т1аьхьа вовшех къаьстинчу ненах а, к1антах а лаьцна ду и дийцар.

- Вайн къам ц1а дирзинчул т1аьхьа, нанна новкъахь шен к1ант дуьхьал кхета. Иза нана ехаш йолчу юьрта лоьран болх бан хьажийна хуьлу.Нохчийн къам вайна ма- хаъара хьаша ч1ог1а т1елоцуш ду.

Иштта зудчо шен хуьсаме кхойкху к1ант. Ц1еххьана нанна, шен коьртехь дукха ойланаш йолчу, цхьацца билгалонаш гучуйовлу и шен к1ант хиларх.

- Х1инца вай д1айоьшур ю и шиъ вовшех кхетарх лаьцна кийсак.

- Тидаме эцал х1инца вай бийцира шина произведении боцца чулацам

- Хьалхарчу произведенехь нене х1ун деана?

(Нене деана вон, цуьнан цхьаъ бен воцу к1ант велла)

- Шолг1ачу произведенехь авторо х1ун гайтина?

(Нанна хилла хазахетар)

- И бакъду.Нанна шен цхаъ бен ца хилла к1ант схьакараво. Иза нохчийн къам д1адохийначу хенахь ненах къаьстина хилла.

V. – Вайн халкъан ненах а, Даймахках а лаьцна дуккха а кицанаш ду.

- Хьанна хаьа, хьан дуьйцур дара вайна?

1. Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

2. Нана д1аяьлча, дех деваша хуьлу.

3. Нана елча, везавер д1адолу, деган зезаг дужу.

4. Нана елча, нана еллачунна велха.

5. Нана йилхича, бер дилхина, бер дилхича, да вилхина.

6. Нана, нана хилаза ца йолу.

7. Нанна шен бер даима жима хета.

8. Нанас берана тохале, шен куьйга к1ела г1айба боьхку.

9. Нанас боьллина сардам ца боьду – цо яийна шура дуьхьал хуьлу.

10.Нанас шена тоьхча а, бер нене кхойкху.

VI- Нана боху дош юккъехь а долуш дешнийн цхьаьнакхетарш хьан кхуллур дара?

( Ирсе нана, дика нана, оьзда нана, комаьрша нана, бусалба нана,дог ц1ена нана, къинхетаме нана, хаза нана, тешаме нана, хьоме нана, сийлахь нана, беркате нана)

VII – Вайн дешархочун Сулейманова Хедин а ю ша кхоьллина байташ ненах лаьцна.

- Дешархочо йоьшу шен байташ:

Сан нана, со йина, кхиийна нана!

Хууш дац х1ун хир кху дуьненах кхана.

Яхалахь, елалуш массо а ханна,

Къона а латталахь, хьо тахана санна.

Генахьа хилча а, ненан васт лаьтта.

Б1аьргашна хьалха а, ойланашкахь г1уьтту .

К1астаман къаьхьа кад ас генахь муьйлу.

Хьан деган йовхо дег1ах чекхъюьйлу.

Сан нана, со йина, техкийна нана!

Миччахь со елахь а, дехар ду хьоьга.

Хьайн комаьрша куьйгаш кховдаде соьга.

VIII- Ненах, Даймахках лаьцна вайн поэташа кхоьллина дуккха а байташ ю.

- Х1инца вай ладуг1ур ду цаьрга.

( Дешархоша йоьшу байташ )

IX. Урокан жам1 дар.

1- Таханлерачу урокехь хьанах лаьцна дийци вай?

( Ненах лаьцна дийци)

- Р. С. Ахматован коьрта 1алашо х1ун ю?

(Нене болу безам а, нанна халахетар ца дар а).

2. Урокан мах хадор

3. Ц1ахь бан болх балар

X. Урок ерзор.

- Лаьар- кха, г1айг1а бала бицбина, нанойн дегнаш цхьажимма серладовлийла. Дала лойла, массо а нанна могашалла, ирсе дахар, шайн доьзалех даккхийдер!

Читайте также: