Сочинение нохчийн къоман зуда

Обновлено: 05.07.2024

Ткъа нохчийн халкъан илли тIехь стаг кхалхар дуьне дохарца дуьстина:

Дуьне духур ду аьлча,
Суна ма моьттура
И сийна стигланаш, кеглуш,
ТIейоьлхур ю.
Дуьне дохар хиллийца
Дагна дукха везначу
Накъостах ва ваьлла,
Хьо цхьалха ва висар.

Стагаца болу лерам цхьамма бохийча, цунна дечу таIзарийн система дика билгалйина хилла вайнехан. Масала, дашца стаг сийсазвича, цунна лерина таIзар я, маслаIат деш хилча, бала беза там билгалбаьккхина хилла. Нагахь тIара тоьхнехь, цунна шен там хилла. ХIусам эвхьаза яьккхинехь (масала, ша хьошалла лелочу хIусамерчу йоIана тIехьаьвзина, и. дI. кх. а), тIера хеча йоккхуш хилла. Изза деш, я чов еш, я вуьйш хилла зудчух куьйгаш тоьхча, я и сийсаз йича.
Зударшца доьзна хIума Iаламат лерина а, чIогIа а лелош хилла нохчаша. Цхьана зудчунна дуьхьал ши боьрша стаг вуьйш хилла. Оццул деза хетта вайн дайшна зудчун дахар а, цуьнан сий а. Хетарехь, иза, цкъа делахь, зуда экама а, боьршачу стагана хьалха гIорасиз а, цунна бехке а хиларна а; шолгIа делахь, зуда — иза нана ю я хинйолу нана ю, ткъа ненан сий дайар — иза даккхийчарах зулам ду.

Човхабер вай, кIентий,
Иэхь дайна мостагIий.
ХIаллакбер вай, кIентий,
Сий доцу мостагIий!

Нохчийн къоман турпалаллин иллеш, дукха хьолахь, хIокху я кхарах терра чулацам болчу дешнашца чекхдовлу:

Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIанат,
И вича ма кхиа цу дийнан делкъалца;
Нанас дена ма волда тешам боцу ва кIанат,
И вича ма кхиа яра дуьне ва даа!
Яхь йоцчу ва кIантал яхь йолу йоI тоьлу,
Ма дала вай, кIентий, бохуриг ца хуьлуш,
Ма дала вай, кIентий, вовшех безам ва байна!
Вайн дахар хуьлда-кха нийсачу бартаца,
Хьоькхучу ва мохо цабезам дIакхоьхьуш,
Хьоькхучу ва мохо безам тIе ва кхоьхьуш!
Яхь йоцчу ва кIантал торгIал етт ма тоьлу,
Тешам боцчу ва кIантал бордах етт ма тоьлу.

Цу кхерчарчу цIарочул а,
Хьаша вохвеш йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
Ду вайнехан оьзда дош.

Цхьаволчу доттагIчул
Да вийнарг тоьлу, —
Хьоьца шен чIир нисъеш,
ЧIирхо ца воьлу.
Кхиволу доттагIа
Вешел ву гIоле, —
ТIехьа и соьцучохь,
Хьалха и волу.

Шул хьуьнарна тола хIума дацахь а,
КIентийн маршонна молу ша…

Иштта Сурхон нене кIант воьху юьртан тхьамданаша. Нанас вала а ло иза царна:

ДегIаха мерза са цара хьайга ва дехахь,
Ахь даккхий дIалолахь дегIаха мерза са…

И дан ша реза хилар юьртахошка олу Сурхос, амма царна хьалхавала сих ца ло иза, и мел жоьпалла дуйла хууш. ХIунда аьлча, кхунах, кхуо боккхучу когах, олучу дашах а доьзна ду оцу нехан хиндерг, тарло уьш а, хIара а хIаллакьхила, тарло толаме кхача а. Цундела церан Мусостаца къовсаме бовла лаам мел чIогIа бу хьожуш, цо гIиллакхехь олу:

Ма довла дакъаза, хIай юьртан тхьамданаш,
Вежарий дукха бу цу эла Мусостан,
Ша ваьхьар вуй-техьа
Мусостан олалла дожийна дерзадан.

Амма юьртахойн лаам чIогIа буйла а, ша царна билггал оьшуш вуйла а хиъча, реза хуьлий, хьалхаволу Адин Сурхо.
Оцу иллехь гойтучу къонахчун мехала амалш билгалйохур вай:
— шега дехар дича бен нахана хьалха ца валар, ша тIелоцучун доккха жоьпалла гар;
— ненан лаамна тIехь хилар;
— халкъан юкъара бала дIаайа, са дIадала а кийча хилар;
— ша-шех тоам бина, сонта, кура цахилар;
— собаре а, амма эшча каде а, майра а, доьналле а хилар.
Иштта амалш йолуш хила везаш хилла оцу заманахьлера къонах.

Ламанца дин лелац, ца хилча ленаш,
Уьш кхачаделлачохь соцуш бу дин…
Иштта бу къонахий, хIар дуьне латтош,
Къонахий дIабевлча — духур ду и…

…Терзан тIе ца дуьллу цо деший, даьхний,
Халонехь хадочехь хьуьнаран мах.
Ахдуьне мах болу шен корта буьллу,
Вайн маршо ларъечохь сагIа до шех.

Къонахийн собар ду лекха лам баккхал,
Собар ду сов доккха, кхача ца луш!
Къонахийн и собар кхачийча-м, боккъал,
ХIар маьлхан вайн дуьне духур ма ду.

БАУДДИ
(Дацдина)

Йитахьа со, сан дика ваша,
Чеха ма ехьа со, сан хаза ваша,
Мел хала дуьйцу хIара дуьне дитар,
И санна, хала ду беза нах бита.
Йитахьа со, сан дика ваша,
Чеха ма ехьа со, сан хаза ваша,
Мел хала дуьйцу са дегIаха къастар,
И санна, хала ду беза нах бита.
Йитахьа со, сан дика дада,
Хьийза ма ехьа со, сан хаза дада,
Наний, бер къастар мел хала дуьйцу,
И санна, хала ду тхойшинна къаста.
Йитахьа со, сан дика нана,
Чеха ма ехьа со, сан хаза нана,
Дог лоцуш кхетта дош мел хала дуьйцу,
Иштта чевнаш ю тхойшинна йийраш.
Ахь бохург вай дича, сайн нахаха йолу,
Ахь бохург ца дича, хьоьха со йолу,
ХIинца хIун де аса, нана ялариг?
Хьох дагаюьйлуш ю, нана ялариг.
ЦIе яьлла ма яьлла шийлачу кийра,
Боьссина бала хьаьвзинчу ва коьрте…
Iалур яц ва хьуна, дегIах са къастталц,
Iалур яц ва хьуна, хьоьца со ца хилча.

И йиш ша лекхна яьлча, мохь тоьхна йилхина, Бауддига ша ца яхийтар ла ца делла, дуучу хIуманах мотт ца тухуш, Кулсума ца даьккхира де а, буьйса а.
…Бауддис ца элира, шен расхачу динахь, шена тIехьа а хаийна, ша Кулсум ядийна вогIуш:
— Кулсум, хьан нахах яларх шек ма ялахьа, со ву-кх хьуна хьуна веззачу тайпана вайшиъ даллалц, – аьлла?
Цо и аьлча, Кулсума, Баудди къевллина тIехьахула мара а вуллуш, ца элира:
— Баудди! Хьуо цу тайпана ахьа хир ву моттийтина дела йогIий со-м хьоьга, цундела везий суна-м хьо хIинца хьалхалерчул а дукха, — аьлла?
Тховсалерчу кху Iаьнан шийлачу буса Кулсуман да Асхьаб цIе лато дечиг дан а, я шайн бугIанашка хьажа а кхин ара ца велира. Кулсум, гIора а йина, къажа а къежна Iуьллура. Иштта и Iуьллуш Iуьйран ламазна араваьллачу Асхьабана карийра, Кулсум шена евзича, цуьнан бос байра, цунах къахетта, цуьнан дог лаза а доладелира, амма цIеххьана ша Бауддига Кулсум яхча мегар а дац, цIа а юьтур яц аьлла, биъна дуй дага а беъна, Асхьаба, чехка шайн чу а иккхина, шен ший а кIант хьала а гIаттийна, Кулсум ядийна лулара шайн нуц волчу яьхьира. Дийнах дикка хан яьлча, Кулсум, лийча а йина, кхеран невцо дIа а йоьллира, тезет а лелийра. Кулсумна тIаьхьа нехан хийра зударий белхахь а, кхуьнан дестей, йижарий ца боьлхура, Асхьабах а, шайн воккхахволчу кIантах а кхоьруш.
Кулсум йитина Баудди, цхьайолчу заманна холчахIоьттинехь а, тIаьхьо меттавеара…

Бадуев Саь1ид

ЛАМАНАН ХЬОСТАНАШ
(Яцйина)

…Ламанхочун амал санна,
Онда хуьлда аьтту куьг!
Хуьлда комаьршонах дуьзна,
ДоттагIа, хьан аьрруниг!

Цу шаьлтанан диттал чIогIа
Ира хуьлда маргIал мотт!
Цунах вай дош ала догIу:
Мотт ца луьйчохь вай хIун до?

Хезний шуна: Ломахь ютту
ЧIагIонна и лекха бIов:
Бухахь — шуьйра,
Лакхахь — готта,
Тахна а и чIогIа тов!

Хезний хьуна: ширчу пхьеро
Муха бина бIаьвнан го?
Хьоькхуш, шарбеш хIора кхера
Биллина шен метта цо.

Хьан дош хир ду дешийн меха,
Ахь са диллахь цунна чу!
Даим дагах кхеташ нехан,
БIешарахь и дехар ду!

Шен дешан да воцуш мел верг
Куйнан да вац хьуна шен!
Даим сема латтаде лерг,
БIаьрг а сирла латтабе!

Тоьпан дашший, говза дошший
Дайша нийсса лерина.
Шаьлтане ца хададелларг,
Дайша дашца дерина.

Бахам байна меттиг хилахь,
Ма хеталахь цкъа а къен.
Къен ву хьуна сий, эхь дайнарг,
НаьIалт хуьлда дена шен!

Ен бухахь дерг Iайганий бен,
КIежтийсарх цо, хуур дац.
Воьлуш дийцарх, дагахь дерг шен
КIиллочо хоуьйтур дац!

Басех хахкабелла кхера,
Буххе кхаччалц, соцур бац.
Къерачу къуьнан куьйгаш тIера
Эхь Органе цIанлур дац!

КIилло стагах хьакъ ду кхарда,
Массанхьа — чохь, урамехь.
Хьайн сий жимчохь дуьйна ларде,
Бедар — цIена йоллушехь.

Аьрру куйга кад а лаций,
Дуьхьалвала хьешана.
Аьтту буйна тур а эций,
Вала дуьхьал мостагIна!

ДегIехь ницкъ сов болчу цхьамма,
Ша санна, цхьаъ эшаво.
Хьекъал долчо, гIортахь жимма,
Эзарнах а хIоз ма бо.

Гома дечиг-м нисъен ярий,
Хьаькхча ирчу дагарца!
Ткъа Iовдалниг, витахь даррехь,
Ша коша дIавиллалца!

БIегIанган дог кийрахь лелош,
Болат-шаьлта йоьхкучул,
Дог болатан хилар тоьлу,
Шаьлта дечган тоьлу цул.

+

2 Смотреть ответы Добавь ответ +10 баллов


Ответы 2

Ответ

+

Доьзал - иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1а. Доьзал - иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1елахь, я кертахь 1аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу «цхьана ц1ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.

Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1ера да, я нана д1аяьлла; я ший а д1адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1ийца гергарло хилла ца 1аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.

Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1ех1уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух. ), цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1езиг х1ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.

Доьзал - иза шина аг1ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1ума а дац к1езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1уллакхе.

Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1е тиллар т1едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1ехь винчу к1антана ц1ераш къестош ден доттаг1ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:


Дукха доьзалийн кхолламашкахь хилла-лелла хIума ду, йина аьлча, воккха ца вийнехь а, амма цул тIаьхьа мел йог1учу хенахь, йоI шен кIентел а дукхаезаш, вехаш нисло да.

Ден цIахь а, арахь а децIенна чу садиллина, беркате-м хуьлу йоI.

Схьахетарехь, нохчийн да воьлхуш йогIуш ши киртиг ю: ненан барам кех арабоккхуш а, дика, муьтIахь кхиъна ийман долу йоI маре йоьдуш а.

ЙоI дуьнен чу ялар я доьзалехь а, я юкъараллехь а дош ца хетахь а, амма экамечу, гIийлачу доьзалхочун – йоьIан карах-марахула чекхдолу доьзална, халкъана тIедогIу дика-вуо.

Шена дан амал доцург даима а къомана орцахъюьйлуш гина дуьне-м ду хIара.

Нохчийн зуда, цкъа къонах хуьлий новкъа йолура хьо, юха, са дуткъделча, гIелделла жима бер хуьлура хьох.

Амма цкъа а гина яц хьо доьналлах, яхьах йоьхна. Ас юьйцург баккъал а цIий орам нохчийн кхерчара схьабаьлла нохчийн зуда ю.

Нохчийн зударийн де герга кхачале кест-кеста ойла вайн зударийн дахарна, кхолламна тIейоьдий Iа со.

Соьлжа-ГIала юккъехула йоькъуш, дIадоьдучу хина тIехула тиллинчу тIай тIехула йолуш, юхахьажаелча ирча, буьрса догIучу хих бIаьрг кхетча, генарчу заманахь йохийна, ягийна йохийначу Дадин-Юьртара дакъазабаха дуьгучу зудаберийн сурт карладолура. Ткъа Терк Соьлжа хинал а дистина, кIорга, шуьйра ду. Хи, цIе, Iин ирча ду церан карах валар хилахь.

Ерриге а заманашкахь ма деза, цIена, сирла хилла нохчийн йоьIан сий. Шен са мерза ду хIоранна. Къанвелча а лаьа ваха, могаш воцуш висча а ца лаьа дуьненах вала. Ткъа шайн жимачу, хазачу, дахар-дуьне дезачу хенахь 46 йоI цхьабарт бина Терка чу иккхина, елла бохург дуьненан шоралла, дохалла дехачу жил-Iаламна дIакхайкхадал хIума дара.

Дукха хуучара шайлахь дуьйцуш, даккхий синош дохуш, ойла ярца дагатосура и де. Амма оьздангаллин лар цкъа а ца йов, сий, цIе ларъяран некъах мел аьлла дош, мел баьккхина ког дуьне эхарта дерззалц диц ца до наха.

ХIинца вай дехачу курачу заманахь, сий, цIе бохург дIасакхийса ваьшна магочу заманахь, хIора урамехь, юьртахь оьшу дош дош долу къонахий, сий айбина лела мехкарий.

Нохчийн зуда. Ялсаманахь уггаре а йоккха меттиг хьуна йогIу аьлла хета. Кедан юкъ санна, жимачу, горгачу Нохчийчоьнан кхерчахь хьуна тIехIиттинарш, ахь лайнарш, ахь дIасалистинарш собаран лам оьшу гIуллакхаш дара. Ахь айхьа хьайна долчул а тIех даздина дIалеладора дуьне. Хьайн эгIазчу куьйгашка беза мохь эцна йогIуш ю хьо.

Хьуна атта ирсе хила а ца хии, хьо зингат ду-кх цуьрг эцна доьду, рицкъ лаха доьду, хьо – цIоькъалом ду-кх кеман, танкан, бомбанан цIераш яйа канахь хи эцна доьду. Стиглара охьадогIу догIа а догIа дац. Уьш хьан гулделла бIаьрхиш ду, халахетча а, хазахетча а девлла бIаьрхиш.

Нохчийн зударийн де. Иза хIора дийнахь а ду, хIора хIусам церан оьздангалло хазйина ю, церан собаро латтош ю.

Зударий оьзда мел бу дийна ю Нохчийчоь.

ЗАЙНАП ЭЛЬДЕРХАНОВА

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Тахана бераша, вайна дуьйцур ду, нохчийн къоман г1иллакхех, оьздангаллех лаьцна. Xlopa занятехь нисло вайн нохчийн къоман хаза г1иллакхаш довзийтар, цаьрга безам кхоллар, вайн нехан дикачу амалех лаьцна дуьйцар.

Оьздангалла - ю вайн яхь,

Оьздангалла ду г1иллакх,

Оьздангалла ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

1алашо: къоргера кхетам балар дешархошна нохчийн г1иллакхех

а,оьздангаллехь а;

Масалашкахь берашна довзийтар ,муха лело нохчийн г1иллакхаш. Урокан г1ирс: ИКТ, урокан конспект,б1ов.

Урокан некъ.

Вовшахтохаран ми нот.

Урокан тема а,1алашо а йовзийтар.

Садаг1аран минот.

Тема йовзийтар.

(нохчийн мукъам)

1.Вовшахтохаран минот.

Де дика хуьлда шун хьоме бераш а, хьехархой а.

Тахана бераша, вайна дуьйцур ду, нохчийн къоман г1иллакхех, оьздангаллех лаьцна. Xlopa занятехь нисло вайн нохчийн къоман хаза г1иллакхаш довзийтар, цаьрга безам кхоллар, вайн нехан дикачу амалех лаьцна дуьйцар.

Оьздангалла - ю вайн яхь,

Оьздангалла ду г1иллакх,

Оьздангалла ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

Дуьне хаздинарг малх бу, буьйса хазйинарг седарчий, беттаса ду. Вайн дахар хаздинарг адамийн оьздангалла, г1иллакх ду.

Бераш! Шуна ма - хаъара вайн дайшна, дедайшна юкъахь хилла г1иллакх- оьздангалла, ларам. Пиллакх - иза адамаша вовшаца лелочу гергорлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Оьздангалла xlopa стеган леларехь, амалашкахь гучяьлла ца 1аш, шен сица а, синкхетамца хила езаш ю.

Хаза г1иллакхаш ду вай: да-нана ларар, церан хьашташка хьажар, вовшашна rlo дар, гергорло леладар, вуо болх хилча орцах довлар.

Х1инца хьан юйцур яра оьзангаллехь лаьцна?

Ма оьшу Хьо йоцуш вверг Ца хетта стаг вахарехь.

Ткъа ирс атта И бац бухку - оьцу Оьздангалла - ю вай яхь.

Оьздангалла! Адамашна хьо дахарехь, нахана

Оьздангалла! Хьан мах бац, стеган доккха ирс, карош дац- г1ирс,

Оьздангалла - ду г1иллакх, вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

-Баркалла. Хаза йийци. Бераш шу муха кхийти цу байтах?

Хь. -Оьздангалла стеган дег1аца, олачу дашца а, боккхучу когаца, массо а ханна шеца хила езаш ю.

-Пиллакхо во стаг.Пиллакхах воьхнарг стогаллах воьхнарг лору халкъо. -Нийсаду.

Ма семалла еза хьуна,

Дайча, карош цахиларна.

Сий дайна дуьненчохь ваха Цурриг оьшуш дац адамна. Цуьнца бен, т1аьхьенна дийца, Дуьсур дац хьох тешаме до

Адамашна юкъахь лелаш,

Церан ларам хьайца лелош, Жимчохь дуьйна лардан дезаш, Ду хьо механа сов деза. Лакхара бу хьан мах ч1ог1а,

Духкуш, оьцуш цахиларна.

ь. -Бариала. Стеган сий дар, ларар, иза ду нохчийн къоман оьздангаллин «ехаллех уггаре коьртаниг.

Хь. Собарх лаьцна дош хьа эр дара?

Къонахийн собар ду лекха лам баккхал, Собар ду сов доккха,

кхача ца луш, Къонахийн и собар кхачийча, баккъал,

Х1ар маьлхан вайн дуьне духур ма ду!

Садаг1аран минот

ВАЙНАХА ЛОРУШ ДОЛЧУ Г1ИЛЛАКХЕХ ЛАЬЦНА ДЕРШ:

1.Туьканахь юхкуш а йоцуш, цхьана а заманчохь, ехча, лур а йоцуш, нахана юккъехь эша а оьшуш йолу х!ума?

Болатшг ч1ог1аниг? Доттаг1ала

Массо а меттехь оьшуш йолу х1ума?-Яхь

Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?Дикалла

Барзо шен кан хийцарх, ца хуьйцуш ерг х1ун ю?Амал

Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун ю?Йовхо

Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг х1ун ю? Марзо

Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?

10. Адаман Ниллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?

11. Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду? Хьекъал

(самдолуш хилла. Бакъду, къонахчун сий даьржаш хилла, цунах лаьцна иллеш а, дшцарш а кхуллуш а хилла халкъо.

-Хьа эр дара муха кхета шу собар боху чу дашах?

-Собар хилар - хьекъал, иман хилар ду.

Стенца доьзна ду и собар?

-Пиллакх доцчуьнгах собар хир дац, иштта, собар доцчуьнгахь г1иллакх а хир дац.

-Нийса ду. Собар -иза вайн къоман уггаре а ч1ог1а леринчу г1иллакхах цхаъ хилла .Пиллакхца ю-яхь, юхь, озьдангалла, сий, ларам, нийсо, бакъо, собар.

Вайна вовшийн цкъа а вуон ма гойла, Дахарехь замано хьо ирсе война Нагахь ас вас йинехь , къинтеравала

Декъала хила хьо, Са хьоме Дада!

Б1аргаш чуьру йовхоно кийрара дог дохдо,

Буьйцучу матто дог ловзадоху.

Нанас йина чов лаза ца лозу.

Цуьнан сий динарг лорур ву махко!

-Бариала. Хаза йийци. Дега - йене болу безам, доза долуш бац.


-Бераш, шуна дукхадезий шайн Да-Нана ?

Хь. -Ткъа, хьан эр дара соьга, хаза чу г1иллакхо чулорург х1ун ду?

-Хаза г1иллакх ду:

Оьзда, хаза, к1еда - мерз а вистхилар.

-Воккханиг ларар, лераме хилар.

-Воккхачун некъ ца хедар.

-Воккхачунна хьалаг1аттар.

-Да-Нана ларар, собаре, тешаме, яхь йолуш хилар.

-Нийса ду. Вайна ма хаъара Да- Нана кхудуьнена т1ех уггаре деза лерина ду.

Бераш, къид1а вайн занятии 1алошо ю нохчийн туьйранах лаьцна дийцар. Туьрано 1амодо майра хила а, комаьрша хила а, доттг1чунна тешаме накъост хила а. Иштта, туьйранашкахь гойту нохчийн къоман оьзда г1иллакхаш, жимчо воккханиг лара везаш хилар, шен дас- на на с аьлларг кхочуш дан дезаш хилар.

Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас, кхайкхина и ворх1е к1ант т1е а валийна, цаьрга аьлла:

-Bopxle а, ваха а г1ой, цхьацца сара а бахьаш чувола, ас, суо валале , цхьа весет дийр ду шуьга!

Цхьацца сара а бахьаш, ворх1е а чу а веана, дена хьалхха д1ах1оьттина.

Дас аьлла: «И ворх1е а сара вовшах а тохий, т1ийриг а хьарчаей, цхьаъ биэ.

Шайга аьлларг дина к1енташа.

Дас воккхахволчу к1анте аьлла:

-Схьаэцал , къант, уьш кагдан хьажал.

Цу серех дина девзиг, гола т1е а те1ош, кагдан г1ертарх, ца кагделла к1анте.

Цуьнга санна , вукху вежаршка а аьлла, цаьрга а, цхаьнгга а ца кагделла девзиг.

Иаккха дас аьлла:

I xlopa сэра къаста а бай, ша - ша а баккхий, хьовсал шайга уыи кеглой.

Цо ма - аллара, серий ша - ша даьхна, кегдина.

Дас т1аккха шен к1енташка аьлла:

-Хьовсал, сан к1ентий. И аш цхьаьна вовшахтоьхна ворх1 сэра санна, шу цхьаьна, бертахь, вовший rlo деш хилахь, шух аддам а кхаьрдар дац, амма шу вовшех довлахь, наха шу а лорур дац.

-Барт цхьаъ болуш хилалаш. Барт ч1ог1а маь1на долуш х1ума ду шун.

-Бераш, оцу туьйрано х1ун гойту?

-Х1ун маь1ан дара цуьнан?

XIун весетдинера дас, шен к1енташка?

-Вовшийн лерам болуш хилалаш.

Барт цхьаъ болуш дахалаш.

-Цхьана бертахь, вовшийн rlo деш хилалаш.

-Шу барт боьхна, вовшех довлахь, наха шу а лорур дац.

-Шу вовше бертахь хилахь, шух адам а кхардар дац.

Нийса ду.

Барт ч1ог1а маь1на долуш х1 ума ду шуна.

Х1инца хьа дуьйцур ду вайн Бартах лаьцна кицанаш?

-Барт боцчу доьзалехь, беркат хир дац.

-Доьзал доккха беркат ду, дений -нанний дика белахь.

-Барт болу ши стаг, барт боцучу юртал а тоьлла.

-Барт ийг1ина доьзал ,ка йоцу стом.

Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин Мала замано а йохор яц, нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Пиллакх дезаш волчунна, и генахь дац.

Пиллакхо лех эла вина, Миллакх цахиларо злах лай вина.

Оьзда воцу стаг, хьошалг!а веъча, дика кхаба, оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду. Оьзда волчу стагаца дов хилар г1оле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

-Дела реза хуьлда шуна бераш. Хаза дешнаш долу кицанаш дийци аша. Со йоккхае т1екхуьуш долу шу вайн жима ч1ор оццулла г1иллакхех, оьздангаллех кхеташ хиларна. Шун духа ре хьаьажча а хаьа, вай нохчийн оьзда къам дуйла.

1амийнарг mleulazldap:

Стеган оьзда массо а х1ума хила деза-оша а, духар а, г1иллакхаш а.

Дийца кху урокехь вата керла х1ун хиьна?

Дийца тайна хазахеташ долу г1иллакхаш.

Ц1ахь бан болх:

дагахь 1амо байтаил (г1иллакхех лаъцна),

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьалекха б1ов ю. Вайн къоман xlopa а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакха яьккхина. Цундела xlopa нохчочун декхар ду и б1ов 1алашъяр, иза кхин а лакха яккхарехь дакъа лацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин Нала замано а йохоряц, нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца дечу Нуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Читайте также: