Сочинение дицлур доцу де

Обновлено: 07.07.2024

Кху шеран май беттан хьалхара де сан дахаран ирсечу дийнех цхьаъ хилла д1ах1оьттира. Суна дагахь а доцург хилира. Цул хьалхарчу дийнахь сайга Аюбова Маликас (Соьлжа-г1аларчу дешаран Департаментан 1илманан центран нохчийн меттан методиста) з1ене а яьлла, хьо йог1ий Лаха-Невре, Джамалханов Зайндин х1усаме, аьлча, суна боккха кхаъ хилира Хьалхарчу майхь 1уьйранна итт сахьт долуш со йиллинчу метте (НР-н дешаран а, 1илманан а министерстве) д1акхечира.

Ах сахьт далале схьагулбелира кхиболу хьехархой а. Тхо вовшахтоьхнарг яра министерствон белхало Султанова Хьулимат. Цо схьахаийтира кхочушдан леринарг: Джамалханов Зайнди 90 шо кхачарца декъалвеш, и волчу х1усмехь хилар а, Мамакаев 1аьрбин музей дахар а. Гулбелчара цхьаммо а ца лечкъадора шайн хазахетар. 1алашо Лаха-Невре а лаьцна, новкъадевлира тхо.

Дукхахболу хьехархой Зайндин студенташ хилла бара. Некъан бохалла цара Зайнди дага а лоьцуш, д1акхечира тхо.

Хьалххе дуьйна тхо дог1ий хууш 1аш хиллера Зайндиг1еран доьзал. Деза хьеший дина т1еийцира цара тхо.

Дуккха а хаттарш дара сан 1илманче дала билгалдаьхна, амма цо шен къамелехь суна хаза лууш дерг, х1умма хатта а ца оьшуш, схьадийцира. Хазчу, исбаьхьчу, ц1енчу нохчийн маттахь дуьйцура Зайндис, массо а х1уманна т1ехь кицанца я хазачу аларца масал а далош. Шен къомах, махках, ненан маттах дог лозий хаалора цо дечу къамелаца. Цкъа а к1ордор дацара цуьнга ладег1а…

Тхо д1адаха тохаделча, х1усамнана Аминат дуьхьалъелира, кхачанах ца кхеташ, дохуьйтур дац, аьлла. Шуьнехь а 1ийра тхо Зайндица къамелаш а деш, цунах дага а дуьйлуш.

Ша бакъволу нохчийн х1усамда хиларе терра, Зайнди халахеташ вара, тхо шен х1усамера д1адоьлхуш. Цо тхоьгара дош даьккхира, кестта юхадог1ур ду, аьлла. Цунна даггара баркалла аларца 1одика а йина, тхаьш дагалаьцнарг кхин д1а а кхочушдан новкъадевлира тхо.

Зайнди вехачу х1усамна генахь ца хиллера Мамакаев 1аьрбин музей. Цига д1акхаьчча, 1аьрбин к1анта Эдуарда хазахетарца т1еийцира тхо. Иза а вайн махкахь дика вевзаш поэт ву. Маршалла хаьттинчул т1аьхьа д1адоладелира музей йовзар.

Х1ора стеган дахарехь а хуьлу массарна юккъехь билгалваьккхина яздархо я поэт. Жимчохь дуьйна сан даго къобалвеш, суна дукхавезаш вара Мамакаев 1аьрби. Суна дика евза цуьнан кхолларалла, къаьсттина поэзи. Эдуарда музей йиллина аьлла сайна хезча дуьйна а яра со цига кхача лаам болуш. Цундела къаьсттина мехала дара нохчийн меттан тоьллачу хьехархошца цу дийнахь музей кхачар.

Иштта музейн чоьнаш толлуш тхо лелаш, муха йолу а ца хууш, д1аелира хан. Малх чубуза герга баханера, амма цхьа а д1аваха лууш вацара. Эдуардан х1усамнанас Амната х1инцца дина довха ч1епалгаш а, г1алмакх чай а диллира тхуна хьалха. Х1усамнанас дегабаам бийр бара, шен кхачанан чам ца баьккхича. Цуьнан лаам а кхочушбира оха. Дукха хан яра аса иштта чомехь ч1епалгаш дааза.

Ца девлла ц1а дахка новкъа девлира тхо. Юьртах арадовлале т1аьхьа кхаьчначу машено совцийра. Цу т1ехь хиллера Лаха-Неврера юьртда а, Мамакаев 1аьрбин ц1арах йолчу школан куьйгалхо а. Тхо даьхкина, д1адоьлхуш дуй а хиъна, т1аьхьабаьхкина хиллера уьш, тхоьга бистхила а, тхан некъ дика бан а.

Сочинение на чеченском языке"дицлур доцу аьхкенан де".

  • Ирина
  • Литература
  • 2019-03-10 10:10:03
  • 1
  • 1

Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду НАНА

Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, разбивал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

Хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча. Мосазза мерзачу набарх юьйлуш, шен г1ийлачу узамца охьайижийна цо со.Нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу ненан. Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? Яцара аьлла хета суна. Бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.

Нана-хьо дика ю,дог-йовхо хьоьца ю

Халонна к1елхьара бералла ахь доккху,

Хало чу хьаьвзина ткъевнаца дохк ярах

Нанна бер хаза г1ан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт.Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. Мел деза ду суна уьш,цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:

Вопрос по литературе:

Сочинение на чеченском языке"дицлур доцу аьхкенан де".

Трудности с пониманием предмета? Готовишься к экзаменам, ОГЭ или ЕГЭ?

Воспользуйся формой подбора репетитора и занимайся онлайн. Пробный урок - бесплатно!

  • 26.08.2015 16:59
  • Литература
  • remove_red_eye 4609
  • thumb_up 45
Ответы и объяснения 1

Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

Хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча. Мосазза мерзачу набарх юьйлуш, шен г1ийлачу узамца охьайижийна цо со.Нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу ненан. Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? Яцара аьлла хета суна. Бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.

Нана-хьо дика ю,дог-йовхо хьоьца ю

Халонна к1елхьара бералла ахь доккху,

Хало чу хьаьвзина ткъевнаца дохк ярах

Нанна бер хаза г1ан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт.Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. Мел деза ду суна уьш,цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:

Сочинение на чеченском языке"дицлур доцу аьхкенан де".


Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.

Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг.

Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета.

Доьзалан марзо а ненехь ю.

Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш, х1оранна а шен - шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .

Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у - те бохуш, б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной.

Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац.

И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту.

Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай.

Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай.

Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо.

Охьакхетта ког - куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло.

Веза - Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

Хаттар х1утту сан даг чохь : там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара?

Иза сан нана ю : дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур.

Иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча.

Мосазза мерзачу набарх юьйлуш, шен г1ийлачу узамца охьайижийна цо со.

Нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу ненан.

Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх.

Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана?

Яцара аьлла хета суна.

Бер - ненан сих схьадаьлла ма ду.

Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.

Нана - хьо дика ю, дог - йовхо хьоьца юХалонна к1елхьара бералла ахь доккху, Хало чу хьаьвзина ткъевнаца дохк ярахНана, Нанна бер хаза г1ан санна деза ду.

И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.

Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт.

Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел.

Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог - ойла.

Мел деза ду суна уьш, цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш : - Сийлахь Нана!

Читайте также: