Нохчийн халкъ махках даккхар сочинение

Обновлено: 05.07.2024

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош . повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь дешархочунна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг . кхайкхайо адамашна кхиэл: ТаIзар сан Ду царна нийса: Уггар а лекха берд, КIорга . заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта .

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

ворх1 ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

ворх1 ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

Нохчийн г1иллакх а, оьздангалла а.

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

. садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу оьзда стаг. Оьздангалла и адмийн . йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла .

Башхалла а, адмалла а шайца йолуш г1иллакхаш ду нохчийн къоман.Уьш дерригге а цхьаьна тоьхча — Iадат — олу цуьнах. 1адат — нохчийн къоман дахаран низам ду. Г1иллакхах д1акъасто йиш яц оьздангалла. Г1иллакх а, оьздангалла а цхьаьна хьерчаш ду. Нохчийн г1иллакх — оьздангалла лелоро а, ларъяро а — кегийрхойн дегнашкахь кхиайо НОХЧАЛЛА. НОХЧАЛЛА бохучу дешан чулацам бовзуьйтуш — дуккха а тептарш яздан дезар ду. Доцца вай аьлча, Аллах1 резавеш ду НОХЧАЛЛА бохучу дашо чулоцург.

  • Бусалба дин т1еэцча, Аллах1 резавоцу г1иллакхаш нохчаша д1атесна. Нохчийн г1иллакхаш а, оьздангаллаш а Аллах1а билгалдинчу суннаташна там беш хиларх теша вай. Яханчу заманахь кхечу къаьмнийн лай а, элий а хиллехь, нохчаша и тайпа дахар

къобалдина дац. Аллах1 цхьаъ а веш, г1иллакх — оьздангалла шеца ерг — эла а, иза йоцург — лай а лоруш, б1ешерашкахь баьхна нохчий. Г1иллакх — оьздангалла шеца хиларо хьайбанах къастадо адам, иза доцург ж1аьлех тарло — алара, вайн къонахий хиллачу дайша.

Ненахошца, стунцхошца лераме а, г1иллакхе а велахь, рог1ехь шена т1едоьжна г1уллакх кхочуш а дахь — и тайпа стаг тоуьйтуш хилла вайн дикачу дайша.

Оьшуш а, пайде а долу х1ума: лелош а, лардеш а, ц1индеш а ца хилча — тиш а ло, адамо диц а до.

Вайн дайша, наноша, вежарша, йижарша нохчийн 1адатера г1иллакхаш лелор а, лардар а муха хилла довзуьйтуш, лахахь — ши — кхо масалла даладар бакъхьа хета:

1 .Зуда ялийча, иза дуьххьара х1усамна чуйоккхуш: нускална моз кхаллош а, кара жима к1ант — бер луш а, цуьнан когашка куз я верта тосуш а — г1иллакх ду нохчийн. Нускална моз кхаллоран а, цуьнан кара жима к1ант- бер даларан а маь1на довза хала ду аьлла ца хета.

К1орге йолуш маь1на а, инзаре боккха чулацам а болуш ду, нускална, керлачу х1усамнанна — когашка верта тасар. Цу нохчийн г1иллакхан дозалла а, маь1на а ма дарра довзийта, вай иза йозане дуьллуш къахьегча — дуккха а тептарш яздан коьчалла ю иза.

Доцца вай аьлча, верта: вайн дайн безам а, нохчийн къоман хазна а ю. Оццул деза, хьоме верта несанна когашка тасар — х1усамненан нохчийн къомо сий — ларам беш хилар ду.

Шена хьалха тесна верта когашца ца хьошуш, иза лаьттара схьа а эцна, дегош, тамехь д1анисдар, нускало: х1усаман а, доьзалан а, мехкан а сий лардан — ша юкъ йихкина хилар гайтар ду.

Иштта деза, доккха маь1на а, чулацам а болуш ду — нускалан когашка верта я куз тасар.

2 .Юьртахь, доккхачу тезетахь дара иза. Сан дейтта шо хир дара цу хенахь. Тезета веара юьртара воцу цхьа жима стаг. Юьртара баккхийнаш бара коьртехь хевшина 1аш. Царна юккъехь хиъна 1аш вара сан да а. И жима стаг тезета т1евогуш, цо салам а далале, хиъна1ачура г1аьттира сан да. Кхиболу баккхийнаш хевшина 1ара. До1а а дина, кхелхинчун верасашка кадам бина ваьлча: тхан дас хьал-де а хеттира цу жимачу стаге, билгалйинчу метте охьа а хаийра иза. Цул т1аьхьий а бен, охьа ца хиира сан да. Геххьа хан яьлча, тезетан дас и жима стаг — хьаша д1авохуьйтуш, цунна т1аьхьа а велира сан да — цуьнга вист а хуьлуш. Нохчийн г1иллакхехь, жиманиг т1евеъча — воккханиг г1оттуш меттиг байна вацара со.

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

И сурт дайначу сан дагчохь цакхетам кхоллабелира. Х1унда г1аьттира — те сан да цу жимачу стаганна хьаьла? — боху хаттар дара хьалха х1уьттуш. Цуьнан бахьана довза лаар дара дагехь сецна. Цу тезетара ц1а вахча, ас дега хаьттира цуьнах дерг.

  • Майртупара ма вара и тезета веана жима стаг. И т1евеъча, сан хьаьлаг1аттар: ненан сий дар а, цуьнан лерам бар а дара. Сан нана Майртуапара ма хилла — олуш, со кхетош, б1аьргех девла хиш а хаалуш, сихха жоп делира сан дас.

Сан нана а яра Майртупара. Дас цу тезетахь далийначу г1иллакхо, цу масалло, кхетийра со: ненахойн бан безачу лерамах а, цаьрца лелодезачу г1иллакхах а.

Лаа дац: — Ненавешин букъ т1ехьа вижчий а бен, парг1ат наб ца кхетта луралла шена т1ехь долчу к1антана — олуш, нохчийн кица. Ненахошца лелодезаш дуккха а ду г1иллакхаш.Уьш лелор — ненан лерам бар а, сий дар а ду.

3. Х1усаме хьаьший баьхкича, шена сил дукхаеза, хьоме нана цамгарца юй а ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна — царна хьошалла деш хилла нохчийн к1ант, Болат. Хьешашна хьошалла деш, меттиг а боккхий, хьалха чохь, цамгарца меттахь 1уьллу шен нана ган воьдуш хилла иза — цуьнгара хьал довза.

  • Нана, ахь: — Хьаша ларалахь — бохуш, со кхийна хиларна, баьхкинчу хьаьшашна хьо цамгарца юй ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна, царна хьошалла деш ву-кх со — элира боху к1анта, дуьххьара ша нанна т1ех1оьттича.
  • Со х1инца г1олехь ю хьуна. Хьаьший ледар ма биталахь — элира боху нанас к1анте, шегара хала хьал а ца довзуьйтуш.

Кхо де — буьйса даьлча, хьаьший д1абаха тохабелира. Юьртахбовллалц, т1аьхьаволуш, хьаьший д1а а хьовсийна, юхавирзина, шен х1усаме кхаьчча — нана кхелхина карийра Болатна.

Сихонца шен нана д1аерзо кечамаш бан вуьйлира и нохчийн к1ант. Кхечу юьртахь 1ашволчу шен ненавеше хаийта хьадалча а вахийтира Болатас. Дикачу говрахь маса воьду и хьадалча, Болатан х1усамера шайн говрашкахь ц1абоьлхучу хьаьшашна т1екхиира. Салам — маршалла вовшашка хеттина даьлча, хьадалчо довзийтира: Болатан нана кхелхина хилар а, ша хьошдолу г1уллакх а.

  • Иза — м бакъ дацара. Дукха хан яц, ахь вуьйцу Болатера х1усамехь хьошалг1ахь а 1ийна, тхо вовшех къаьстина — элира, цу хьешех цхьамма.
  • Иза бакъ хилар шеко яц. Ша сиха ву — олуш, говр а човхош, и хьадалча д1авахара.

Хьешех, воккхачо: — Х1ума хиларан сахьт дац. Хьовса деза вай… — олуш, юхабирзира боху уьш. Бог1учу хьаьшашна, шайна хьошалла динчу Болатеран кертахь — х1оьттина т1езет дайра. Шайн гергарчу стеган, Болатан, нана д1айоллалц, цу тезетахь а 1ийна — ц1ехьа бахара боху и хьеший. Оцу нохчийн г1иллакхо гойту, мел боккха лерам бо нохчаша хьешан — иза муьлххачу къомах велахь а.

Лакхахь, доцца олуш, 1адато нохчийн къоман дахарехь д1алоцу меттиг а йовзуьйтуш, цу 1адатан цхьадолу г1иллакхаш билгалдехи вай, къонахий хиллачу дайша, наноша, йижарша, вежарша уьш лелор а, лардар а муха хилла хоуьйтуш.

Тахана нохчийн къомехь долу чолхе хьал тидаме а оьцуш: — 1адатера г1иллакхаш нохчаша лелор а, лардар а муьлхачу т1ег1анахь а, барамехь а ду? — олуш, хаттар

х1оттийча. Цу хаттарна бакъонца долу жоп лохуш вай къахьегча, гучудолу, нохчаша цхьадолу 1адатера г1иллакхаш д1атосуш хилар. Халахетар а, чамбар а хуьлу, нохчийн г1иллакх — оьздангаллийца (1адатца) ца дог1у х1уманаш нохчашна юккъехь оьгуш хааделча.

Напишите дегайовхо. зарание ❤️

Воккхачун лерам бар г1елделла. Божаршна а, зударшна а юккъехь эвхьазлонаш алсамъевлла. Хаамийн г1ирсашкахь нохчий хаало вовшашна луьйш а, меттаза дерш дуьйцуш а, лелош а. Кхечарна хьалха дас-нанас бер караэцар а, иза хьастар а, керла зуда ялийна жима стаг дена, кхиболчу баккхийчарна гучувийлар а, жиманиг воккхачунна хьалха хиъна 1ар а, кхидерш а лелош — нохчийн 1адатера г1иллакхаш лар ца до цхьаболчу кекгийрхоша. Вайн къонахий хиллачу дайша стеган а, зудчун а мах хадош: Аллх1аца йолу юкъаметтиг ларъяр а, г1иллакх — оьздангалла хилар а коьрте оьцуш хиллехь, х1инца нохчаша, дукхахьолахь — сом хиларца хадабо адаман мах.

  • Муьлххачу а адамна, корта охьа а ца та1ош, б1аьргашна чу хьажа йиш хилар — и бу коьртачех къонахчун бахам — алара вайн дикачу дайша, кегийрхошна хьехам беш. Вайна гуш ду тахана нохчашна юккъехь оьгу дастаме х1уманаш.

Диканиг вочух къасто коьрте хьекъал а доссале, ненан шура балдашна т1ехь якъа а ялаза, кегийрхой бу яккхий мажош а йитина лелаш. Нохчийн г1иллакхехь (1адатехь) маж йитар, стага: Далла а, нахана а хьалха — шена т1е инзаре доккха жоьпалла т1елацар ду. Цундела Нохчочо, Дела резавоцурш ца дан ч1аг1о а, нигат а дой бен — атта ютуш ца хилла маж. Ледарлонаш шегара юьлуьйтучу стага маж йитича: — Маж-м газанан а хуьлу — олу нохчаша.

Далла гергахь къилахь доцу, вайн дайша лелийна а, лардина а 1адатаре г1иллакхаш, пусар дар а доцуш, нохчийн кегирхоша д1атийсар, вайга хаьттича — къоманна боккха эшам бу. И г1иллакхаш ца лардар — нохчийн къоман орам бакъабар а, ч1аг1ам г1елбар а ду.

Къоман г1иллакх — оьздангалла (1адат) лелор а, лардар а нохчашна юккъехь тахана г1ийла хиларан бахьанаш дукха ду. И бахьанаш билгалдахар кхечарна а дитина, ала лаьа, мел яккхий халонаш шайна т1ех1иттарх: дин а, мотт а, нохчийн г1иллакх — оьздангалла а (1адат) — вайн къонахий хиллачу дайша, наноша, вежарша, йижарша лардина хилар. Деши санна ц1ена, адамалла шайца йолу нохчийн г1иллакхаш, оьздангаллаш вай ца лелош а, лар ца еш а, д1атасахь, доцца вай аьлча — яйна т1аьхье хир ю вайх.

Алаг1ертарг дерзош, вежаршка, йижаршка кхойкху: Делан дош а, нохчийн мотт а, г1иллакх — оьздангалла а т1аьхьенна йовзуьйтуш — къахьегаре а, само яре а.

Къанойн Кхеташонан тхьамда — Хучин Ахьмад.

Примеры похожих учебных работ

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

. декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу .

Йо1ан эхь к1ентан яэь ма эшайойла

Шозлаг1а бахьана ду вайн кегийрачу нахана юкъахь даьржаш вайн къоман г1иллакх-оьздангаллица ца дог1у г1иллакха. Кхозлаг1а бахьана ду доьзалшна а, кегийчу нахана а, берашна а телевиденехула къоман 1адаташ дохош гойтуш долу къизаллин, оьздангаллица ца .

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

Напишите дегайовхо. зарание ❤️

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

НОХЧИЙН КЪОМАН ПАЧХЬАЛКХАЛЛА ЮХАМЕТТХ1ОТТАРАН ДЕННА ЛЕРИНА

КЛАССАЛ АРАХЬАРА

хьехархо:Абубакарова Х.С.


1алашо: Шенкъомандахар, цуьнанисторихбакъдерг
къоначучкъуранадовзийтардекхардубаккхийчеран.

Къона т1аьхье ШайнДаймохкбезаша,

исторехьхиллачуннийса мах хадошкхиор:

Селханейиццаяр, кханенанойлаяр, таханенанпусардар, шеенхалкъансиноьздангалла, шеен Даймохке болу безамгайтар.

Цу 1алашона дан леринарг:

1.Литературно-музыкальни композици кечъяр.

3. Кхайкхина цу дийнахлаьцна дийца томехь нах.

Мероприяти д1аяхьар

Г1ийла бека ладуг1учу эшаран мукъам.

Хьехархочун дош:

Цхьана генарчу хенахь, дуьйцу ширачу дийцаро, адамаша цхьастагвахийтинахиллабах,бакъдерглаха. Дукханекъбина цо, б1еннаш некъаштиллина, дукхамачашйохийна ,бакъдергцхьанхьацахилла. Цкъа цхьана лекхачу ломахь хьехгина цунна. Чухьаьжча, дукхаирча, дас тамац хьаъ хилла цу бодашкахь хиъна 1аш.

-Хьо мила ву?-хаьттинахьехачуьрасхьа.

-Со адамду,собакъдерглахаваийтина.Хьо мила ву?

-Оццулирча аса муха гойтурдухьо?

Ирчадувайбакъдерг,вайна а карийна и ишттакъизаа,ирчаа,делахь а вайнду-кхаиза. Вайн и лачкъойишяц, яцунахлачкъайишяц. Вайнцхьадакъадуиза,вешандахарехь и вайца д1акхехьа,вайн берашкавайнама-карадарра д1адала.Диц ца дан!

Г1ийла бека мукъам.

Дистхилийша, т1улгаш ,Дистхилиша,

Шуьга кхойкхуш, шуьга хоьттуш Вайсо-м.

Яьсси сецна хилар сунна дийца,

Даймохк боьхуш, Даймохк Бисча байлахь-

Иза-м цуьнан б1аьрхи дара лекъна.

Х1оккхул 1азап-мисканашна деънарг,

Х1ун бахьана, х1ун къадара, дийца.

Шул а ч1ог1а дегнаш долчу наха,

Тоьпан ира цхьамза меркъел хьийзош,

Зударий, бераш,къаной махкахбахар

Дийца соьга, т1улгаш,дистхилийша.

1-ра д1ахьошдерг:

Хин тулг1енаш сана,д1аоьху шераш,замано ерзайо муьлха а чов,амма мо буьссу,д1атийна лазар хьаьха,цо дог т1ехь даимна а мобуьту.

2-г1а д1ахьошверг:

Дохор-оцу дешан ирча маь1на хуур дац и шена т1ехь цалайначунна, буьззина харц бехкийн, питанийн, х1аллакдарна къахьон кад ца меллачунна.

Гергарчех, юххерчех, безачех къастар, ц1енчу т1амехь эгнабоцуш,мацалло, шелоно, лазарша байар-шадерг лайра нохчийн холкъо. Цу халачу шерашкахь, орамашца бухдаьккхина ца девзачу лаьтта т1е кхоьссина дитт санна, халачу хьелашкахь нохчийн халкъо гайтира шеен дахаран ницкъ, шен ораман доьналла.

Къаьсттана хала хуьлу баккхийчара шайн дагалецамаш буьйцуш, бохбина эчиган цхьамза чекхбохуш сана дагах, х1унда аьлча вай лайна вайн лазам бу иза

1-ра д1ахьошверг:

Дено-денолеш д1абовлуш бу вайна юкъара 1944-чу шарахь махках баьхна нохчий. Йоьрзуш яц къоман дег1ана а, сина а къиза йина чевнаш. Вайна юкъахь бехаш буДаймахкана генахь,хийрачу махкахь дуьнен чу бевлларш. Уьша, къоман эс а дийна мел ду, дицлур дац 1аьржачу февралан денош.

2-г1а д1ахьошверг: Х1инца вай дошлур ду хьешашна, цара дуьйцур ду шайн дагалецамах.(Вистхилалуургвистхуьла.)

Д1аолу дешархоша шаьш хаьржинаилли.

1-ра д1ахьошверг:

Тахана,оццул дукха шераш д1адевлча,дерриг берийн,къанойн,зударийн узарш вай цхьана тоьхча,къарлур дара дерриг дуьне.

Цхьана гулдан йиш хилча дерриг церан б1аьрхиш,къаьхьачу тулг1енаша дохор дара х1ара дуьне.

Х1инца вай таро хир ю дешархоша вай къам махках даккхаран хьокъехь кечдиначу суьрте хьовса.

2-г1а д1ахьошверг:

Кхойтта шаре бахбелира Даймахках къастаран некъ, амма халкъо лардира къоман г1ад,цхьа де ца даьккхира жимачо,воккхачо дай баьхна латта дицдина, дайн кешнаш дицдина.

Хьалахьаьжча ,сийна стигал,

Доьрзур дуй-те тхо тхайн махка?

Цкъа Теркан къурд бинехьара,

Цкъа лаьмнех б1аьрг тоьхнехьара,

Т1еоьцар яра Делан 1ожал,

Дог къинт1ера далахьара.

Наной ,бераш вовшахдохуш,

Аьчкан некъашца декъий дуьтуш,

Сибреха керчира ц1ерпоштан чкъургаш,

Халкъан даг т1ехь чевнаш юьтуш.

1-ра д1ахьошверг:

Кхечира халкъо сатийсина кхаъ. 1957-чу шарахь ц1а дирзира халкъ.

Делахьа,оцу халонехь а вайн халкъо ларбира ша д1абаьхьна угар беза мохь:г1иллакх,оьздангалла,яхь,вовшашна орцахдовлар,г1о дар,вовшашца йолу марзо-дайх йисна хазна.

Вай лардира вайн г1ад,лайначу халонаша,т1ех1иттинчу вонаша къизалле ца дерзийра вайн дегнаш.

Вай хастам боь дашочу маьлхан,сийначу стигалан,бай т1ерачу зезаган.

Вайна хьомеду угар деза иллеш-олхазарийн декар,берийн шабарш.

2-г1а д1ахьошверг:




Краткое описание документа:

  • подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • по всем предметам 1-11 классов

Курс повышения квалификации

Дистанционное обучение как современный формат преподавания

  • Сейчас обучается 932 человека из 80 регионов


Курс профессиональной переподготовки

Педагогика дополнительного образования детей и взрослых

  • Сейчас обучается 2330 человек из 83 регионов


Курс повышения квалификации

Педагог дополнительного образования: современные подходы к профессиональной деятельности

  • ЗП до 91 000 руб.
  • Гибкий график
  • Удаленная работа

Дистанционные курсы для педагогов

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 596 733 материала в базе

Материал подходит для УМК

Самые массовые международные дистанционные

Школьные Инфоконкурсы 2022

Нажмите, чтобы узнать подробности

Д1аоьхур ду денош, шераша хуьйцур ду шераш, амма Нохч – г1алг1айн халкъашна дицлур дац 1944 – чу шеран 23 февралан де. Цуьнан хало лайначара и сурт гинчара дагалоьцу иза ирча г1ан санна. Ткъа вайна тарло и туьйранан саьрмиках.

1 – ра д1ахошверг

Д1аоьхур ду денош, шераша хуьйцур ду шераш, амма Нохч – г1алг1айн халкъашна дицлур дац 1944 – чу шеран 23 февралан де. Цуьнан хало лайначара и сурт гинчара дагалоьцу иза ирча г1ан санна. Ткъа вайна тарло и туьйранан саьрмиках.

Малхбалехьара ирча кхаъ бохьуш еара шийла, ткъоьвне, вайн жима, кура, комаьрша, нийсо езаш хилла халкъ бехк боцуш бехке дина ирча 1уьйре. Шек а йоцуш набарха юьйлура нохчийн шира ярташ, шайн – шайнхьашташка даха кечлуш дара къинхьегаман адамаш: цхаъ -хьера, важа -хьуьнах. Амма шарделлачу дахаран раж йохош х1ора керта шишша, кхоккха г1ашсалти х1оьттира Сталинан къиза омра кхочушдан.

Хийла бала, хало, нийсояцар лайначу нохчийн халкъана, историна ца гинера и саннарг: дийнна халкъ – сийсара дуьнена даьллачу берана т1ера б1ешаре ваханчу къанонна т1е кхаччалц бехкбоцуш:

«…дайн лаьттах, лаьмнех,

дайн кешнех, дайн иллех,

Теша хала дара, лан къаьхьа дара, амма бакъдерг дара.

(Хьехархочун дош)



Чохь 1ен х1усам. Цхьана пенах кхозу нохчийн шира истанг, дечиган маьнги т1ехь йижина 1уьллу, наггахь узарш деш йоккхастаг. Лаьтта тийсинчу кхекхаш т1ехь тайнигаш ловзош 1а 3 - 4 шо хир долу йо1, чоьлуьстуш д1асахьийза 13 шо долу Х1ажар, аравала кечлуш ву да Хьамби а, к1ант а (9 шо долу) Масхьуд.

Х1ажар . Дада, вайга цхьа нах бог1у.

Хаьмби .Муьлшбу уьш?

Х1ажар . Ца хаьа. Шиъ вайн вашин санна хорма йолуш ву.

Хаьмби . Цхаъ лаьа хир ду – кх царна а. Х1ажар, хьо ц1ахь ледара ма 1елахь, тхойшиъ хьуьнха ца вахча ца волу, шайн нана ц1а кхаччалц Бабе хьожуш хилалахь, тахана къаьсттина г1ийла хета суна х1ара.

Арара аз. Во Хаьмби! Хьайна т1е х1ума юхий аравалахьа.

(Хаьмби араволу).

Арахь хуьлуш долу къамел.

Сайтемар. Ц1ечу Эскаран дезчу денна лерина собрани ю школехь вовшахтухуш, массо а боьрша стаг цига д1агулвеш ву. Хьо а цига ван веза боху кхара.

Хаьмби. Ма ч1ог1а г1уллакх долуш ву со, Сайтемар, ахь аьлчи ц1ахь вуьтур варий – те.

Сайтемар. Аьлла дош дойийла яц, Хаьмби. Д1о лаьттачу салтица ишколе г1о хьо, тхойшиъ т1аьхьакхуьу.

(Хаьмби д1авуьгу, Сайтемар а, буха сецна салти а чувог1у.)

Салти (блокнот схьа а йоккхуш).

Так, бабушка на месте, отец тоже, а где Арсамакова Петимат? Спроси.

Сайтемар. Йо1, мичхьа ю шун нана?

Х1ажар. Са ма-хилли, дехьа юьрта яхана шен нана йолчу, ц1а янза ю-кха. Делкъал т1аьхьа ц1а кхача мега иза.

Сайтемар. Мать в другое село уехала есть.

Салти. Хорошо. Старшая дочь Х1ажар, сын Масхуд, младшая дочь Камиса на месте. А что с бабушкой? Она может вставать, ходить самостоятельно?

Сайтемар. Нет, бабушка очень больной. Ухо не слышать, глаз не видеть, ноги не ходят.

Салти. Ее придется оставить. Пусть соберутся. Да поскорей. Жаль детей, но что поделаешь?

Сайтемар. Йо1, вай дукха гена новкъа довла дезаш ду. Катоххе х1ара ши бер кечде, цхьана т1оьрмигахь дама, ахьар, ша долу жижиг, т1е-к1ел таса мега йолу х1ума д1ахьарчае.

Х1ажар. Тхайн дада я нана ц1а еъча эр ду ас, суна хаац, тхо цхьанхьа доьдуш дац, тхан баба ма ю меттах ца хьалуш.

Сайтемар. Йо1, уьш д1адевлла. Ас хьайга бохург де сихонца, хьо жима яц. Ши сахьт хан ю вайна елларг. Йоккхачу стаге х1умма ма баха. Луларчу шун денйише, нислахь, хьажа эр ду ас.

Сиха лелахь х1инца, же.

Пенах кхозу истанг схьа а доккхий, цхьацца х1уманаш д1анисъеш, йо1ана г1о дан волало, Х1ажар, дист ца хуьлуш 1адийна лаьттачу шина берана цхьацца т1е х1ума юха г1ерта, салти чухула герз дуй хьоьжуш волалой лела.

Салти. Пусть собираются, бабушку придется оставить, пошли посмотрим, что делается в соседнем доме, потом вернемся.

Ший а араволу. Елха а ийзош, цкъа шина берана т1е йоьрзуш, т1аккха цхьацца йийбар, юург хьаеш, муьлха х1унде ца хууш йоьхна д1асахьийза.

Чуйог1у кхеран денйиша Мархет, лазарша хьийзо йолийнчу йоккхачу стеган узарш хеза.

Мархет. Вай хьо ма да адаме, хьо ма да адаме! Ма къематде ду х1ара!

Х1ажар, хьо х1ун деш ю?! Сихоелахь, Х1ажар, сихоелахь!

Х1ажар. Вай стенга доьдуш ду, деца, вай муха г1ур ду, арахь ло ма ду.

Мархет. Ца хаьа, ца хаьа х1умма суна, сихха кечлой арадовла алар бен. Оцу шина берана, хьайна тиша – ц1ена ца бохуш т1е х1ума йоха. Хьуна шайн ненаниг мегар ю, же сиха лелахь.

Ша катоьххана хьийза цхьацца йи йбар д1ахьерчош.

Х1ажар. Ой,тхо нана ц1а яллалц 1ийра дац. И йоцуш ара муха довлу тхо.

Мархет. Дера ца хаьа. Бабина х1ун дийр ду ца хууш хьере хилла со-м.Ша валуш воцу цомгашниг 1адда вита боху. Мила хьожур вукхуьнга? Х1ара къематде.

Х1ажар .Вай кхин юха дог1ур дац? Дадина хаьий те х1ара.И мукъна ц1а кхачахьара.Деца, сан-м яц кхарна кхин т1е юха х1ума.Кемисина кога юха мача яц.

Мархет . Х1ун дийр ду йоцчунна. Хьайна т1е кхоллахьа цхьа х1ума.Сан баба хьееш 1ойла яц. Цо цхьажимма х1ума кхоллий хьажахьа. Дерриге маьждиган майдана гулдала дезаш ду. Х1ара ши гали со тхешан ворданна т1е дилла хьожур ю. Д1ора шед ахь хьайна ги тосур. Х1ан,сан кхин 1ойла дац. Хьо сиха лелахь, Х1ажар. Хьо кхиахь бежанна, котамна х1ума тасахьа, къа ду церан.

(Мархет д1айоьду).

Масхьуд. Х1ажар, хьуна хаза х1унда ца хета, вай вашигаг1аьрга доьдуш дац. Соьга сайн салаз яийтахьа,ас Кемиса хохкур ма ю.

Х1ажар. Хаац суна –м вай стенга доьдуш ду а. Аравалий дада ц1а вог1уш гой хьажахьа.(Ша йоккхачу стагана т1е йоьду). Баба, ахь х1ума кхоллур ярий?

Йоккха стаг. Х1ан-х1а,хи лохьа.(Деана хи а молий).Х1ажар,хьо д1аса ма яьллахь. Я Аллахь, леш йолу-кха со, леш. Яда хьайн г1уллакхе хьажа. Со толучуьра яьлла.

( Чувог1у Масхьуд).

Масхьуд.1алелай, Х1ажар оцу арахь дерг, шийла ю, массо адам д1о маьждиг долчухьа доьдуш ду. Вай г1ой цига, цхьаболу зударий боьлхуш бара.

(Чуйог1у Мархет).

Мархет. Х1ажар, же арадовла кечлол.(Цхьацца доккхуш, ши гали ара доккху). Кемиса хьайн ги йолла,шед Масхьуде ло.

Х1ажар.Баба! Ткъа, цунна х1ун дан деза?

Мархет. Со хьожур ю,шу д1адуьйлало.(Бераш арадовлу). Вай Дела,хьо ма да адаме.Ас хьун дан деза кхунна?

(Сайтемар, тохарлерра ши салти чуволу).

Эпсар.Женщина, выходи скорей. Бабушку оставь, мы присмотрим за ней.

Мархет.Баба, ас хьо муху юьтур ю. Вайн Дела,хьо къематде.

Эпсар. (Автомат т1е лоцуш). Выходи скорей, а то пристрелю.(Мархет елха йоьлхуш арайолу).Сержант, ты задержись, отойдут они по-дальше, прикончишь её.

Салти. Как прикончить?

Эпсар. Очень просто,пристрелить. Таков приказ.Или ты не знаешь, как с врагами народа обращаться.Выполняй приказ!

( Салтичо автомат туху, йоккхастаг ле).

2-ра д1ахьошверг.

Хьажахьа,х1ай Сталин! Даккхахьа хьайн омра духа. Ца тоьа хьуна вайн ягийна ярташ, шахьарш, байлахь дисина бераш, жоьра бисина зударий? Кхойкху хьоьга дехаре: къена дай, наной, тхан къоьжа шира лаьмнаш, делхарца лаьмнийн шовданаш. Доьху хьоьга шайн безамо багийна,безаман ирсе кхачанза бисинчу нохчийн бос хазачу мехкарша ,дайн кхерчан дай хилла баха лиъначу к1енташа,Брест-г1опехь, Смоленскехь,Москвана ,Ленинградана уллохь эгначу нохч- г1алг1айн т1емалойн мел деллачу дог1мийн синоша.Шовзткъе итт шарах ьпаччахьана дуьхьал нийсо езаш эгначу дайн, дедайн баьрзнаша, ткъа эзар т1емало кхиийначу, буьрса экха мостаг1 х1аллакван.

Амма дац дуьхьал жоп,

Хеттарш дар доьхку.

Бажа санна вагон чу

Адамаш лоьхку…

1-ра д1ахьошверг.

Тхуна гарехь, баккхийчара дийцарехь иштта къиза, ирча деара 1944 шеран февралан 23-г1а де нохчийн, г1алг1айн къаьмнашна. Йоккхачу акхараллица, дерриг а халкъ а санна шайн махках бехара сан юьртахой а.Церан бехк болуш дацара иза.Б1е сов къонах хьажийнера юьрто Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1аме.Цуьнан сий,парг1ато ларъеш шайн синош д1аделира къоначу Тамуев 1аловдис,Цехаев Денис,Бегиев Тапас иттанаш кхинболчара.Шайгара йоккха майралла,доьналла гайтарца мостаг1чунна дуьхьал летара Масхадов 1умар,Селимсултанов Боьршик,Темирбулатов Эдда,Абдулхаджиев Решед,Отарчаев Халад,Сайпулаев 1абдул-Вах1ид,Исакхаджиев Зебит иштта д1а кхинберш. Х1уманна а бехке дацара вайн халкъ,х1етте а далийра цуьнга и къематде.

(Хьехархочун дош)

2-ра д1ахьошверг.


Кхойтта шо сов хан яьккхира нохчийн -г1алг1айн халкъаша махках даьхна. Мацаллой,цамгарший мангало буц санна эгадора эг1азе адамаш. Вайна и ца гина, амма болуш бу и гинарш,шаьш цуьнан къаьхьо лайнарш. Цкъа ладог1ий вай цаьрга.

( Дошло кхайкхина балийначу баккхийчу нахе.Хилларш дага а лоьцуш цара дуьйцу шаьш лайнарш).(Ц1ахь яьккхина видео сюжет)

1-ра д1ахьошверг.

Массо ц1а ца вирзи

Дуккха а бисина,

Ч1ирг1азойн кешнашкахь

Карийна т1аьхьара ял.

Нохчийн мотт – вайн дахаран хазна - http://www.stolicaplus.ru/

Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт - вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.

Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.

Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.

Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн

Данный материал опубликован на сайте BezFormata 11 января 2019 года,
ниже указана дата, когда материал был опубликован на сайте первоисточника!

Читайте также: