Къонах мила ву сочинение

Обновлено: 04.07.2024

1. Дружба для къонаха священна. Ради дружбы къонах готов на любые жертвы. Настоящего друга он любит как брата, уважает как отца и почитает как дорогого гостя. Защищая своего друга, къонах не щадит своей жизни. Он в равной степени познается и в дружбе, и во вражде. Доттагалла къонахчунна деза а, сийлахь а ду. Доттаг1алла ч1аг1дархьама, къонахчо шена мел доккха а зен хуьлуйтург ду. Тешаме, бакъ волу доттаг1 къонахчунна шен ваша санна веза, шен да санна и лору, хьешан санна цуьнан сий до. Къонах доттаг1чуна тешаме а, цунна г1о деш а хила веза. Къонахчо шен доттаг1 зенах-зуламах ларвархьама шен СА а, я дег1 а кхоор дац.

2. Великодушие – это мера отношения къонаха к врагу. На войне къонах должен соблюдать меру дозволенного по отношению к врагу, не давать воли чувству гнева и озлобления. Къонахчо мостаг1чунна а харцо йийр яц, тешнабехк а бийр бац. Т1амехь къонахчо лардан деза мостаг1чуьннца ницкъан барамал т1ех дерг. Шен оьздангаллица, дераллица къизалла яр къонахчун амалца дог1уш дац.

3. Къонах не должен применять оружие против безоружного врага. Тяжело раненному врагу он обязан оказать посильную помощь так же, как сделал бы это для любого человека. Къонахчун герз тоха бакъо яц карахь герз доцчу мостаг1чунна. Яккхий чевнаш хиллачу мостаг1чунна г1о декхарийлахь ву къонах, муьлххачу а стагана санна.

4. Къонах проявляет по отношению к побежденному врагу благородство и милосердие Он предпочитает вражду с благородным врагом дружбе с ненадежным другом, так поступали наши предки. Шен эшначу мостаг1чуьннца къинхетаме а, г1иллакхе а хила веза къонах. Тешам боцчу доттаг1чуьнца гергарло лелочул, тешам болчу нахаца мостаг1алла тасадалар г1олехь лерина вайн дайша.

5. Къонах повозможности избегает поединка с более слабым противником, так как любой исход такого боя не прибавит ему славы, но может уронить его имя. Если же поединок неизбежен, то он должен дать противнику возможность выбрать оружие, и быть снисходительным к нему. Къонах шел г1аддайначунна лата дуьхьал х1оттарх ларвала веза. Х1унда аьлча, иза цо эшийча, цунна т1ехь цо толам баьккхийча, къонахчун сий лакхадер дац, мелхо а толам эхье боьрзур бу. Нагахь санна дуьхь-дуьхьал х1оьттина латар т1едожахь, къонахчо шен дуьхьал х1оьттинчуьнга герз шегга харжийта деза.

6. Къонах не должен уклоняться от боя с сильным противником. Но он всегда предпочитает мир войне, если такое возможно без ущерба интересам народа, его чести и личному достоинству. Шех лата дьхьал х1оьттинарг, шегахьчул т1ех ницкъ болуш велахь, юхавала мегард дац къонахчунна. Къонахчо т1амал машар г1олехь лерина, нагахь санна шен къомана, халкъана эшам болуш, къоман сий дойуш и машар бацахь.

7. Къонах обязан бережно хранить лучшие традиции своей фамилии, помнить своих предков, уважительно относиться к своему прошлому и к истории своего народа. Къонах шен къоман, шен тайпанан хаза г1иллакхаш лардан а, шен дай бовза а, шен дайша лелийнарг хаа а, шен халкъаца Хилла дерш 1амо а декхарийлахь ву.

8. Къонах в течение всей жизни должен заниматься совершенствованием своего духа и тела для того, чтобы служить своему народу с максимальной пользой. Къонах шен дахарехь даима 1емаш хила веза, шен халкъана ницкъ ма кхоччу, г1уллакхаш дархьама.

9. Къонах отвечает за свои слова и поступки. Он выполняет данное им другим людям слово и никогда даже ценой своей собственной жизни, не нарушает данной им клятвы. Къонах шен дашана а, ша динчунна а джовб дала декхарийлахь ву. Ша нахана дела дош цо кхочушдо. Ша лийр велахь а, цуьнан биъчна дуй къарбан.

10. Здоровое честолюбие может быть присуще къонаху, но зависть к чужой славе или богатству - недостойно его. Там где зависть, не может быть человечности, а, следовательно, искренности и милосердия. Стаг даржехь лакхаваларх, цуьнан Бахам тобаларх и ца лалуш хьаг1 лацар къонахчуьнгахь товш дац. Хьаг хиларо цуьнан сема хьекъал дохадо, шен долчух воккхавер кхоладо.

11. Чувство соперничества может помочь къонаху быстрее достичь цели, но оно неуместно по отношению к другу или брату. При этом соперничество во имя Отчизны –благородно, во имя личной славы – недостойно. Нахаца яхь хидаро къонахчунна шен 1алашоне кхача г1о до. И яхь вешиций, доттаг1чуьнций хилар дог1уш дац. Шен сий айархьама лелош дерг – эрна ду.

12. къонах должен избегать лжи и клеветы, как и людей, от которых она исходит. Он никогда не говорит на людях того, чего бы не сказал в их присутствии. О мертвых или попавших в беду къонах говорит хорошо, или не говорит ничего. Аьшпаш биттарх, хац дерг дийарх, мотт-эладита лелорах къонах ларвуш хила веза шегара а, и лелош болчарах а.

13. Правдивость и искренность къонаха истекают из мужества. Но нет ничего более недостойного для него, чем лицемерие. Оно возникает из подлости и трусости и почти всегда порождает предательство. Бакъо – къонахчун майраллин орам бу. Нахаца вон ойла йолуш хиларал доккха сакхт дац адамашлахь. Ишттачу стагера долу вониг, зулам, питана, стешхалла, тешнабехк бар. Вон ойла йолуш волчух къонах хир вац.

14. Учтивость и почтительность не должны переходить в заискивание и низкопоклонство перед богатыми и влиятельными людьми. Особую почтительность къонах должен проявлять только по отношению к женщинам и старейшим. При этом почтительное отношение к старшим – проявление воспитанности, к женщинам – проявление мужественности, к младшим – благородство. Хьалдолчийн уьш хьанал, и ц1ена нах белахь, даржехь болчийн, уьш халкъана т1ехь нийсо еш белахь, сий дан а, ларам бан а мегаш ду. Амма царна хьеставалар, уьш шена резабан г1ертар – къонахчун амалца дог1уш дац. Баккхийчаьрца, зударшца къонахчун къасттина ларам хила беза. Воккханиг ларар – г1иллакх ду, зуда ларар – стагалла ю, жиманиг ларар – оьздангалла ю.

15. Ни при каких обстоятельствах, как бы ни были тяжелы обстоятельства, къонах не посягает на чужую собственность. Эшаро хьовзорх, таро йоцуш висарх, мел халачу хьолехь ша висчи а, къонах нехан х1уманна т1е кхоьвдур вац.

16. Къонаху не противопоказано накопление богатства. Накопленное праведным путем богатство настоящего къонаха может послужить не только его интересам, но и интересам его народа и Отечества., помочь бедному и слабому. Жадность и скупость могул сделать бесполезными лучшие качества любого человека, так же, как и чрезмерная расточительность – разорить самого богатого. Щедрость же приумножает не только славу къонаха, но и его благосостояние. Къонахчунна Бахам гулбар новкъа дац. Хьанал къахьоьгуш гулбинчу бахамах беркат хуьлу. И беркат г1ийлачуьнга, мискачуьнга, Даймехкан хьашташка кхочу. Сутаралло, б1аьрмецигалло гергалонаш херадоху. Бакъ ду, х1уманан хама цабаро, кхоам цабаро стаг дакъазавоккху мел вехаш иза хиллехь а. Комаьрша хиларо беркат т1едаьха, стеган сий лакхадоккху.

17. Къонах должен мужественно переносить все тяготы жизни, выпавшие на его долю, в том числе и физические страдания, не нарушая присущие ему достоинство и вежливость. Къонахчун декхар ду шена т1ех1иттина муьлхха а халонаш лан, доьналлех, собарх, г1иллакхах ца вухуш, лазаро хьовзийчи а, сатухуш хила.

18. Къонах с уважением относится к своему оружию, чтит его, не обращается к нему без необходимости, никогда не применяет его ради наживы или неправедного дела. Къонахчо шен герз ларо деза, цуьнан сий дан а деза. Ца ваьлла бен, иза караэца а мегар дац. Шен х1ума яккхархьама ца мегаш дерг дархьама герз айа мегар дац.

19. Къонах бережно, с состраданием относится ко всему живому. Никогда без необходимости не срубит дерева, и не сломает травинку, не причинит вреда ни одному живому существу. Къонах дог лозуш а, тидаме а хила веза массо а садолчу х1уманца. Цо 1аламан цкъа а зен-зулам дийр дац.

20. Къонах всегда готов к смерти, ибо нет ничего вечного в этом мире. Но къонах не должен стремиться к смерти, она и так придет к нему в свое время, и без необходимости испытывать судьбу, так как жизнь есть высший дар Всевышнего человеку. Къонах 1ожаллина муьлххачу хенахь а кийча хила веза, цкъа т1екхочург иза хиларна. Х1унда аьлча, даиманна лаьтташ дац адамийн, дийнатийн дахар. Бакъ ду, къонахчо 1ожалло Леха оьшуш дац – иза ша т1екхочур ю. Шен кхел зен г1ерта а ца веза, дуьнен чохь уггаре дезаниг – дахар ду, и х1ора адамана везачу Далла дела ду.

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран 1 майхь Хьалха-Марта районан Олхазар-к1отарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара ц1а дирзинчул т1аьхьа цуо чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул т1аьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-Мартант1ера а, Олхазар-к1отара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-Г1алг1айн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо.

Сулейманов Ахьмад Дала вуно доккха пох1ма делла стаг вара. Поэт а, хьехархо а хилла ца 1аш, историк, этнограф, барта кхоллараллин а, меттан а говзанча, гочдархо, суртдиллархо, пондарча, илланча вара иза. Амма уггаре хьалха поэт вара. Поэзи – цуьнан дахар дара.

Хьаьнцца – воккхачуьнца а, жимачуьнца а бийца мотт карабора Ахьмадна. Мел дукха цуо дийцарх к1орда ца дора цуьнга ладег1а. Цкъа делахь, Ахьмадна 1аламат дукха вайн исторех, нохчийн хьалха хиллачу дахарх хаза х1умнаш хаьара, шолг1а делахь – иза, ша санна верг кхин хир воцуш, говза дийцархо а вара. Цуьнца цхьаьна нисвелларг , 1ада а вой, ладоьг1начохь вуьсура. Къаьсттина самукъадолура цуьнан берашца. Цуо 1амош долу бераш шайн нийсархойх къаьсташ хуьлура хазачу г1иллакхца, ц1ена буьйцучу нохчийн маттаца, к1орггера шайн Даймохк безарца.

Х1ора Ахьмадан произведени, халкъан а хуьлий, яьржара Нохчийчохь. Эрна дац цуьнан стихотворениш т1ехь вуно дукха эшарш яхар а, уьш х1оранна дагахь хууш хилар а.

Сулейманов Ахьмадан кхоллараллехь коьртаниг – Даймехкан, шен Даймахкана тешаме волчу Къонахчун тема ю. Иза деклараци яц. Авторан Даймахке болу безам – к1ентан шен дега, нене болу бакъ безам бу. Иза парг1ат бу ша кхайкхош мохь беттарх, тайп-тайпанчу моттарг1анех а, кепех а.

Яйра суна тулг1еш етташ х1ордо:

Карзахбуьйлуш бердах летайо.

Цкъа а бац и цуьнца къийса к1ордош,

Х1етте а, берд даим лаьтташ го.

Муьлххачу къоман а ду хьаша-да т1еэцар деза лоруш. Амма кавказхойн, массарна хууш ма хиллара, хьешал деза х1ума дац. Къаьсттина нохчийн, г1алг1айн. Шеко йоццуш, еккъа цхьа и стихотворени бен ца язйинехь а, нохчийн литературехь шен ц1е а йолуш ваха вуьсур вара Ахьмад. Цу йоцучу стихотворениновуно мехала хаамаш бо 1илманчашна нохчийн 1ер-дахарах а, этнографех а.

Ма-дарра, цхьа а хаздар доцуш, дуьцу автора хьаша-да т1еэцарх. Амма и ма-дарра дийцар цхьа а хаздар оьшуш дац. Ма-дарра хиларца хаза ду иза:

«Х1ей нах! – олий, ас мохь туху,

Серлаболу корехь чиркх. –

Вевзаш вацарх ломахь наха

«Беркат шорта хуьлда хьоьца!

Олуш ондда луьйта лоций,

Х1усамдас со воссаво.

Кхин д1а, вайна массарна а бераллехь дуьйна хийлаза ладег1на а, хьоме а долу, х1ора нохчийн зудчуьн-ненан аьхна дешнаш хеза:

«Дела ва хьо могаш-маьрша!

Ма г1елвелла хир ву хьо!

Кху тхан тишчу х1усмех вашахь,

Стихотворени чекхйолуш поэто жам1 до:

Божлахь сан дин парг1атбаьлла,

Х1инца парг1ат вер ву со.

Кхача кечбеш марсаяьлла,

Пешахь кхерсташ хир ю ц1е…

Цу кхерчарчу ц1арочул а

Хьаша вохвеш, йовхо луш,

Ю вайнехан комаьршалла!

Ду вайнехан оьзда дош!

Хаьттира ахь соьга шуьнехь 1аш вай.

«Дерриг а дуьне ду къонахчуьн меха!

Къонаха вехийца Даймехкан сийнна,

Даймехкан сий лардеш вала а ле!

Ле иза кхин ваха ца лууш санна,

Ленвоцчу сийлалле кховдаеш ц1е!

Даймахкера безам гайта,

Доттаг1ий, аш таро ло!

Цуьнан дуьхьа муха веха,

Муха ле ас гойтур ду.

Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла,

Д1аала деззачохь цкъа дош ца аьлла!

К1еззигчу х1умант1ехь цкъа осал ваьлла!

Цхьалха цкъа малхана дуьхьал ца ваьлла!

Сил езаш йолчуьнга сонта дош аьлла!

Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла!

Да-нана, Даймохк – х1ун хир ду царел деза-доккха стагна? Цу сийлахьчу кхетамна ямарт хиллачунна кхел кхайкхош ду Сулеймановн х1ара дешнаш:

Даймохк вайна цхьаъ бен ма ца белла,

Да-нана а х1ора стеган цхьацца ду.

Даймахкана, дена ямарт хиллехь,

Х1ай декъазниг, хьуна латта хьарам ду.

Орцан дукъах дато ма1аш

Туьйсуш, батто сагатдо.

Ц1еста к1удал нохчийн йо1а

Шовдан к1ел сецайо.

Хета баттах схьа1ийдалуш,

К1удал юзу шовдано.

Нур-з1аьнаршца безам муьйлу,

Йо1ах хьерчаш цу батто.

Бертаза хьо дагчохь

Хийрачу хьоь хьежа

Ницкъ а бац сан

Маржа-я1, велар-кх со

Т1улг хилла лаьтташ

Шуьйрачу цу новкъахь

Хьо наггахь ган!

Вовшийн хила доьг1на доцуш,

Дуьне дисар сох хилахь,

Хьо езнариг дагалоцуш,

Цкъа сан коше ялалахь.

Безам буьйцуш байташ язъеш,

Чурт кхала ма г1ерталахь.

Цхьа акха т1улг бог1алахь.

Букар дарцо стигал кхолош,

Буьрса чимаш хьийзадо,

Наггахь ц1евза барзах тарлуш,

Наггахь берах белхам бо.

Наггахь тишчу тхов т1е долий,

Карзахе ча кегадо.

Некъах тилларг санна, дог1ий,

Тхан ц1ийнан кор туху цуо.

Да велла диса хьо, кийрара дилха дог…

Хьайна там ва хилча, йиший бер ва хуьлий,

ма коча качло хьо,

Хьайна там ца хилча, меца борз ва хуьлий,

ма дера дарло хьо!

Сан нанас биллинчу к1едачу ва меттахь,

Хьешана диначу цу дуьхьал оти чохь

Наб кхета ца вуьтуш, мел хала хьийзаво ахь,

кийрара дилха дог…

Диканна хуьлда-кх хьан карзахдалар,

Сан ойла д1аехьна, сан синтем бохийна

обарган дакъа соьга кхийдош

Ма хьийза во ахь со, кийрара дилха дог!

Ша ала дог1у Сулейманов Ахьмада вайн мехкан паспорт – Нохч-Г1алг1айчоьнан топоними – х1отторах. Вай ц1ерадаьхначу юкъанна нохчийн, г1алг1айн массо а яртийн, ламанийн, хийн, шовданийн ц1ераш а хийцина, кхин – харц ц1ерш техкинера Нохч-Г1алгайчохь а ( цу хенахь – Грозненски областехь), Дег1астанара а, Къилбаседа Х1ирийчуьра а нохчий, г1алг1ай 1ийначу меттигашкахь. Кху махкахь нохчий баьхна ала цхьа а билгало ца йитнера Делан мостаг1аша – Сталинан, Берийн хьадалчаша, ур-атталла беллачарна доьг1на чарташ а т1ехь бухдохуш. Доь доцуш вай дайа 1алашо йолуш дина х1ума дара иза. Шайн махка юхадерза бакъо еллехь а, шаьш хийцина ц1ераш юхаметта х1итто дагахь бацара вай ц1ера даьхнарш. И харц ц1ераш йисаре сатуьйсура цара.

Халахеташ делахь а, вайна юкъахь а, къаьсттина кегийрхошна, шайн ворх1е а дайша яьхна йолу ц1ераш а йицйина, вай цадезачара техкина ц1ераш яхан буьйлабеллера цхьацца болу нах. Цу хенахь хилларг-мх1унда дуьйцура, х1инца а кест-кеста хеза вайна 1алхан-Юртах - Айвазов (Айвазовская), Таьнга-чух – Липовка, 1алхан-Г1алах – Ермоловка, иштта д1а кхин а олуш. Цул иехье а, осал а х1ун хир ду?

И шадерриг гуш а, 1еткъаш а волавелира Ахьмад топонимин т1ехь болх бан. Нохчийчоь-м йийца а ца оьшура, иза ца кхочуш цхьа а, жима а, йоккха а юрт ца йисира луларчу Г1алг1айчохь а, Дег1астанара а, Гуьржийчуьра а, Къилбаседа Х1ирийчуьра нохчий, г1алг1ай бехачу меттигашкахь а. Къилбера – къилбаседане, малхбалера – малхбузе кхаччалц мосуьйттаза чекхваьлла ша топоними х1оттош Нохчийчухула олура Ахьмадас. Цуьнан ког кхачаза цхьа а юьрт, к1отар, б1ов, г1ала, каш, зиярт, лам, раг1, арц, дукъ, 1ам, 1ин, хи, шовда, ирзо, тог1е, хоте ца йисна вайн махкахь. Х1ора меттиган ц1е боккхачу безамца йоккхура Ахьмада, царех х1ораннах шех лаьцна дийца инзаре хаза х1ума а хуьлура цуьнан. Цу меттигашца доьзна долу иттаннаш шира дийцарш, легендаш, аларш цигахь бехаш болчу нахера д1аяьздинера Ахьмадас. Цу хенахь цуо и болх бина ца хиллехь, тахана и хатта а, хаьттича дийца а стаг воцуш дисна хир дара вай.

П1елг санна ша цхьана стага бина мехалчу балхо Нохчийн мохк юха а шен бакъ болчу дайн дола берзийра. Аьлча а, вайн мостаг1аша хийцина вайн мехкан бакъ болу бух юхаметтах1оттийра. Х1инцачул т1аьхьа вайн цадезачийн кхин цкъа а аьтто хир бац нохчийн къомо эзарнаш шерашкахь шайн лаьтта т1ехь йитина хьанала лар доь доцуш яйъа. Дела реза хуьлда Ахьмадна и боккха болх цуо барна!

Воккхаве со хьуна хуъчу

Кхечу кьаьмнийн меттанех,

Хьайниг бицбеш, 1амо дезна

Уьш хьуна ца моьттинехь.

Submit to our newsletter to receive exclusive stories delivered to you inbox!


Васян Коваль

Лучший ответ:


Зачетный Опарыш

1. Дружбадля къонаха священна. Ради дружбы къонах готов на любые жертвы.Настоящего друга он любит как брата, уважает как отца и почитает какдорогого гостя. Защищая своего друга, къонах не щадит своей жизни. Он вравной степени познается и в дружбе, и во вражде. Доттагаллакъонахчунна деза а, сийлахь а ду. Доттаг1алла ч1аг1дархьама, къонахчошена мел доккха а зен хуьлуйтург ду. Тешаме, бакъ волу доттаг1къонахчунна шен ваша санна веза, шен да санна и лору, хьешан саннацуьнан сий до. Къонах доттаг1чуна тешаме а, цунна г1о деш а хила веза.Къонахчо шен доттаг1 зенах-зуламах ларвархьама шен СА а, я дег1 а кхоордац. 2. Великодушие– это мера отношения къонаха к врагу. На войне къонах должен соблюдатьмеру дозволенного по отношению к врагу, не давать воли чувству гнева иозлобления. Къонахчо мостаг1чунна а харцо йийряц, тешнабехк а бийр бац. Т1амехь къонахчо лардан деза мостаг1чуьннцаницкъан барамал т1ех дерг. Шен оьздангаллица, дераллица къизалла яркъонахчун амалца дог1уш дац. 3. Къонахне должен применять оружие против безоружного врага. Тяжело раненномуврагу он обязан оказать посильную помощь так же, как сделал бы это длялюбого человека. Къонахчун герз тоха бакъо яцкарахь герз доцчу мостаг1чунна. Яккхий чевнаш хиллачу мостаг1чунна г1одекхарийлахь ву къонах, муьлххачу а стагана санна. 4. Къонахпроявляет по отношению к побежденному врагу благородство и милосердиеОн предпочитает вражду с благородным врагом дружбе с ненадежным другом,так поступали наши предки. Шен эшначумостаг1чуьннца къинхетаме а, г1иллакхе а хила веза къонах. Тешам боцчудоттаг1чуьнца гергарло лелочул, тешам болчу нахаца мостаг1алла тасадаларг1олехь лерина вайн дайша. 5. Къонахповозможности избегает поединка с более слабым противником, так каклюбой исход такого боя не прибавит ему славы, но может уронить его имя.Если же поединок неизбежен, то он должен дать противнику возможностьвыбрать оружие, и быть снисходительным к нему. Къонахшел г1аддайначунна лата дуьхьал х1оттарх ларвала веза. Х1унда аьлча,иза цо эшийча, цунна т1ехь цо толам баьккхийча, къонахчун сий лакхадердац, мелхо а толам эхье боьрзур бу. Нагахь санна дуьхь-дуьхьал х1оьттиналатар т1едожахь, къонахчо шен дуьхьал х1оьттинчуьнга герз шеггахаржийта деза. 6. Къонахне должен уклоняться от боя с сильным противником. Но он всегдапредпочитает мир войне, если такое возможно без ущерба интересам народа,его чести и личному достоинству. Шех латадьхьал х1оьттинарг, шегахьчул т1ех ницкъ болуш велахь, юхавала мегарддац къонахчунна. Къонахчо т1амал машар г1олехь лерина, нагахь санна шенкъомана, халкъана эшам болуш, къоман сий дойуш и машар бацахь.




Вы можете из нескольких рисунков создать анимацию (или целый мультфильм!). Для этого нарисуйте несколько последовательных кадров и нажмите кнопку Просмотр анимации.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Романан хиламашкахула коьртачу турпалхочун дахар цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заман кегийрхой ишттачу турпалхойх масала а оьцуш г1иллакх оьздангаллица кхиор.

3.Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун массера!

Хьеший шу марша дог1ийла! Тахана вай д1ахьур ю литературан рог1аллин урок.шайн оьшуш болу г1ирс схьаэций кечло.

Автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.

1алашо:1. Романан хиламашкахула коьртачу турпалхочун дахар цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заман кегийрхой ишттачу турпалхойх масала а оьцуш г1иллакх оьздангаллица кхиор.

3.Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун массера!

Хьеший шу марша дог1ийла! Тахана вай д1ахьур ю литературан рог1аллин урок.шайн оьшуш болу г1ирс схьаэций кечло.

Автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.

Паччахьан олаллин дукъ дазделла гIорасиз хилла, цхьанхьарчу орцане сатесна висинчу муьлххачу а къехочунна дагавогIуш хилла майра Зеламха. Амма, XX-чу бIешеран юххехь, оцу харцонна дуьхьал цо болийна и къийсам кхойтта шарахь бахлой, хеда, нийсонан масалх.

2.Ц1ера болх таллар.

Сценка: 1901-чу шарахь , шийлачу гуьйренан де серладолуш Веданан г1опера арабаьхна и тутмакхаш буьйсанна хан яьллачу хенахьСоьлжа Г1аларчу ширачу набахте кхечира. Царех шиъ, цхьацца воккхуш, хаттарш дина, камераш чу авоьллина, не1арехь лаьттачу г1арроле, мохь тоьхна, кхозлаг1ниг чувалавайтира набахтин кемсарлехь болх беш 1ачу эпсаро. Оьг1азуо айвелла, когашкара дуьйна коьрте кхаччалц тутмакхе а хьаьжна:

-Хьан ц1е муха ю?-хаьттира эпсаро.

-Зеламха,-элира и хаза хьаьвзина,1аьржа мекхаш долчу къуоначу стага.

-Ден ц1е?

-Гушмазукъа.

-Маса шо ду хьан?

-Ткъе ворх1алг1а.

-Вина меттиг?

-Веданан к1оштара, Харачойн –эвла.

-Муьлхачу къоманах ву хьо?

-Нохчо.

-корматалла?

-Ахархо.

Кхин тутмакхе хаттар ца деш . кест-кеста цу шеен ирхъхьаьвзинчу т1апачу мераца цхьаьна и хьаьрса корта айбой ,тутмакхах б1аьрг а тухуш: дег1ана юккъерачу барамехь ву, коьрта т1ера чо-1аьржа бу, цкъоцкъамаш. Мекхаш-1аьржа ду, маара а, бат а шайн барамехь ю,юьхь -ц1ена, б1аьргаш таь1ано- мокхачу басехь,йоцца лергина, ч1ениг к1ел йитина маж а-1аьрж,кхин а билгалбаккха битам бац, аьлла д1аяздира эпсаро тутмакхан массо а амат.

Шега кхин х1ун хоту, ца хууш леррина д1ахьаьжинчохь Зеламха висча , оьг1азваханчу эпсаро вон б1аьргаш а къерзош:

-Х1ун до ахь, ши б1аьрг хье т1е а баьккхина? Со Д1акхалла-м ца воллу хьо?-аьлла, аз айдира.

Кхин шена т1ера д1а ца вирзича, вист ца хуьлуш, къеззиг ойла а йина.

-Х1ан-х1а, -элира Зеламхас, шена ледаро хуучу оьрсийн метан дешнаш вовшахтесна, бегаш бечуха, вела а къежаш,-со хьакха юуш вац.

Т1аккха довхачу хе вагийча санна, хьала а иккхина:

-Къу , зуламхо. курхалча. Ас вахкор ву хьо кху чохь…Хьакха мичахь ю хоуьйтур ду хьуна ас кху чохь, ж1аьла!- бохуш мохь хьоькхура эпсаро.

Цкъа-шозза цуьнга и мохь ма хьаькха. -Цу декъазчу тутмакхо хьуна дина х1ама дац, -ала дагадеъча а, х1ан-х1а , кхузара нах кхарна шайна дика бевзаш хила а тарло аьлла, дош ца олуш, сецира тутмакхаш балош веана поручик

3. 1амицнарг т1еч1аг1дар.

Хьехархо: Вайна ма хаара тахана вай вуьйцург обарг Зеламха ву.

Хьалхе урокехь вай романан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Зеламха къонах хилар. Цуьнах лаьцна стихотворени, кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш:

- Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

- Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац

Хьехархо: Вуно хаза кицанаш дали аша Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъана даима мехала хетарг—къонахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа а баьккхинчу толамех гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхашца цо дечу кегийчу даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу.

Х1инца вай романах хиламах, авторах лаьцна хаарш карладохур ду.

-Х1ун хиламаш бу цу т1ехь буьйцуш?

Дешархошка Мамакаев М. А. кхоллараллех лаьцна дуьйцуьйту.

Хьехархочо:Мамакаевс язйина стихаш евзи шуна ?

Хьехархо: Х1инца вай тобанаш йийр ю. Аша шайн тобанашна ц1е тилла еза (дахар , маршо, яхь)

Х1ора тобанна луш т1едиллар ду.

-Дешнашца Зеламхан куц, кеп х1оттадар.

Хьехархо: кхин д1а х1ора тобанна пхиппа хаттарш ло.

1.Мила ву Солтамурд?

3.Х1ун бахьана дара Зеламха а кхин гергарнаш набахте бахийтар?

5.- Ой юха ц1а дирзича, вай стенга даха деза?-цецъелира зуда. Цубалхах шеен х1усамнана ца кхетарг хиларх тешначу Зеламха, г1аддайна вела а къежна:

-Хьалхацкъа юха дерза мА деза цига, хаьий хьуна?-хаьттира Зеламхас. И хьун ала г1ерта шен зудчуьнга?

6.Набахтера Зеламхан накъостий муьлш бу ?

7.Мила ву писарь Зеламхан?

8.Шаьш Г1излара-г1алара банке кхаьчча, х1ун аьлла коьртачу казначейн т1евирзира Зеламха?

Читайте также: